Паччахьаллех лаьцна доьалгӀа тептар:

тӀаьххьара паччахьаш

Дешхьалхе

Паччахьаллийн гӀуллакхийн доьалгӀачу тептар тӀехь кхидӀа а дуьйцуш ду Исраилан шина пачхьалкхах лаьцна – Паччахьаллийн гӀуллакхийн кхоалгӀачу тептар тӀехь долийнарг. ХӀара тептар шина декъе декъа тарло: 1) шина пачхьалкхах лаьцна долу гӀуллакхаш, Ӏийса дуьнен тӀе валале уьссалгӀачу бӀешеран юккъера дуьйна, 722-чу шарахь хиллачу Шамран-гӀала эшорна а, къилбаседера пачхьалкх йохорна а тӀекхаччалц (1-17 кортош); 2) ЯхӀудан пачхьалкхах лаьцна долу гӀуллакхаш, Исраилан пачхьалкх йоьхча дуьйна, 586-чу шарахь хиллачу Бавеларчу Набухди-Нецар-паччахьо Ярушалайм-гӀала схьаяккхарна а, иза йохорна а тӀекхаччалц (18-25 кортош). Бавелхойн куьйга кӀел хиллачу ЯхӀуд-мехкан мехкадех Гадал-ЯхӀух лаьцна дийцар а, Бавел-махкахь хиллачу набахти чуьра яхӀудхойн паччахь хилла волу ЯхӀу-Яхин арахецарх лаьцна дийцар а тептаран чаккхенехь ду.

И бохамаш хуьлура, исраилхой а, яхӀудхой а, церан паччахьаш а Далла тешаме цахилар бахьана долуш. Ярушалайм-гӀала йохор а, халкъ йийсаре дӀадигар а Исраилан халкъана хиллачу хӀуманашна юкъахь тидам къаьсттина чӀогӀа тӀебохуьйтуш дерш ду.

Оцу тептар тӀехь уггар лараме пайхамар хилла волу Эли-ЯхӀу дуьнен чуьра дӀаваьллачул тӀаьхьа пайхамаралла лелош хилларг ЭлишаӀ ву.

1

Эли-ЯхӀу-пайхамар а, Ахьаз-ЯхӀу-паччахь а

1 Ахьаб-паччахь веллачул тӀаьхьа Муаби-мехкан халкъ исраилхошна дуьхьал гӀаьттира.

2 Ахьаз-ЯхӀу-паччахьна, Шамран-гӀалахь долчу шен цӀенойн лакхарчу цӀийнан дечиган гурахула чу а воьжна, чов хилира. Цо геланчаш бахийтира, цаьрга иштта а олуш: «Даха а гӀой, Ӏекхран-гӀаларчу цӀу-дела волчу БаӀал-Забубе+ 1:2 *БаӀал-Забуба *– иза «Мозийн Эла» бохург ду.* хатта: „ХӀокху чевнах хьалхавер вуй те со?“ – алий». 3 ТӀаккха Везачу Элан Малико тишабхочуьнга Эли-ЯхӀуга элира: «Вало, хьала а гӀаттий, Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, исраилхошна тӀехь олалла дечу паччахьо бохуьйтуш болчу геланчашна дуьхьал а гӀой, цаьрга иштта ала: „Исраилан халкъан Дела вац ткъа? ХӀунда доьлху шу Ӏекхран-гӀаларчу цӀу-деле БаӀал-Забубе хаттар дан? 4 Паччахьо и дарна, Везачу Эло иштта боху: ‘Хьо, вижина Ӏуьллучу меттара кхин хьала а ца гӀоттуш, лийр ву’“».

Эли-ЯхӀу-пайхамар и дӀаала вахара. 5 Бахийтинарш Ахьаз-ЯхӀуна тӀе юхабирзира. Паччахьо цаьрга элира: «Шу юха хӀунда дирзи?»

6 Геланчаша жоп делира: «Тхуна дуьхьал цхьа стаг кхийтира. Цо тхоьга элира: „Дуьйло, шаьш схьахьажийначу паччахьна тӀе юхадерза. Аша цуьнга дӀаала: ‘Иштта боху Везачу Эло: Исраилан халкъан Дела вац ткъа? Ахьа хӀунда бохуьйту Ӏекхран-гӀаларчу цӀу-дела волчу БаӀал-Забубина тӀе хаттарца? Цундела хьо, вижина Ӏуьллучу меттара кхин хьала а ца гӀоттуш, лийр ву’“».

7 Паччахьо хаьттира цаьрга: «ТӀехьаьжна муха вара, шуна дуьхьал а веана, шуьга и дешнаш аьлла волу стаг?»

8- 1:8 Маттай 3:4; Марк 1:6. Цара жоп делира: «Цу стеган дегӀа тӀехь дукха чоьш+ 1:8 *Дукха чоьш *– я иштта: *тӀаргӀанах йина бедарш.* а дара, гӀодаюкъах дихкина тӀаьрсиган доьхка а дара».

Ахьаз-ЯхӀус элира: «Иза тишабхо волу Эли-ЯхӀу ву».

9 Шовзткъе итт тӀемалочуьнца волу хьаькам вахийтира цо Эли-ЯхӀуна тӀе. Иза Эли-ЯхӀуна тӀевахара. Ткъа Эли-ЯхӀу ломан боххьехь вара. Хьаькамо Эли-ЯхӀуга элира: «Делан стаг! Паччахьо чувосса боху хьоьга».

10- 1:10, 12 Лака 9:54. Эли-ЯхӀус жоп делира цуьнга: «Со Делан стаг велахь, стигалара цӀе а йоьссина, хьо а, хьан тӀемалой а дӀакхоллийла цо». Юха, стигалара цӀе а йоьссина, оцу цӀеро тӀемалойн хьаькам а, цуьнан шовзткъе итт тӀемало а дӀакхаьллира.

11 ТӀаккха паччахьо кхин а цхьа тӀемалойн хьаькам а, цуьнан шовзткъе итт тӀемало а вахийтира Эли-ЯхӀуна тӀе. Оцу тӀемалойн хьаькамо а элира: «Делан стаг, паччахьо сихха чувосса боху хьоьга!»

12 Эли-ЯхӀус, жоп луш, элира: «Со Делан стаг велахь, стигалара цӀе а йоьссина, хьо а, хьан тӀемалой а дӀакхоллийла цо». Стигалара цӀе а йоьссина, оцу цӀеро тӀемалойн и хьаькам а, цуьнан шовзткъе итт тӀемало а дӀакхаьллира.

13 ТӀаккха кхозлагӀа а вахийтира паччахьо тӀемалойн хьаькам шен шовзткъе итт тӀемалочуьнца. Цо, лома тӀе хьала а ваьлла, Эли-ЯхӀуна хьалха гора а вахана, дехарш а деш, элира: «Делан стаг! Сох а, оцу хьан лай волчу шовзткъе итт тӀемалочух а къинхетам бехьа. Тхо дийна дитахьа! 14 Гой хьуна, стигалара йоьссинчу цӀеро сол хьалха схьавеана волу тӀемалойн ши хьаькам, хӀорра а, шен шовзткъе итт тӀемалочуьнца цхьаьна дӀакхаьллина. Амма сох хӀинца къинхетам бахьара ахь!»

15 Везачу Элан Малико Эли-ЯхӀуга элира: «Кхера а ца кхоьруш, дӀагӀо цуьнца». ТӀаккха Эли-ЯхӀу, хьала а гӀаьттина, тӀемалойн хьаькамца паччахьна тӀевахара. 16 Эли-ЯхӀус элира паччахье: «Иштта боху Везачу Эло: „Ахьа, Ӏекхран-гӀаларчу цӀу-далла БаӀал-Забубина тӀе хаттарш эцна геланчаш бахийтира, Исраилан халкъан Дела воцуш санна, Дала бохург хаархьама. Цундела, вижина Ӏуьллучу цу меттара кхин хьала а ца гӀоттуш, лийр ву хьо“».

17 Эли-ЯхӀу-пайхамарехула Везачу Эло ма-аллара, Ахьаз-ЯхӀу велира. ТӀаккха Ахьаз-ЯхӀун метта паччахь хӀоьттира цуьнан ваша Йорам+ 1:17 *Цуьнан ваша Йорам *– ма-дарра аьлча, тептар тӀехь «ваша» дӀаяздина дац. Амма цхьадолчу ширачу гочдаршна тӀехь иза тӀетоьхна ду.*, хӀунда аьлча Ахьаз-ЯхӀун шен кӀант вацара. Иза дара яхӀудхойн паччахь волчу ЯхӀушаптин кӀанта ЯхӀурама олалла динчу шолгӀачу шарахь.

18 Ахьаз-ЯхӀу-паччахьо динчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.

2

Дала Эли-ЯхӀу-пайхамар стигала хьалаваккхар

1 Везачу Эло йилбазмохана юкъахь Эли-ЯхӀу-пайхамар стигала хьалавоккху хан тӀекхаьчначу хенахь, Эли-ЯхӀу Галгал-гӀаларчу ЭлишаӀца новкъахула вогӀуш вара. 2 Эли-ЯхӀус ЭлишаӀе элира: «ЭлишаӀ, хьо кхузахь сацахьа, хӀунда аьлча со Везачу Эло Бетал-гӀала хьажийна».

Ткъа ЭлишаӀа жоп делира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чӀагӀо йо ас, со хьох дӀакъаьстар вац аьлла». И шиъ Бетал-гӀала дӀавахара

3 Бетал-гӀаларчу пайхамарийн тобано, ЭлишаӀана дуьхьал а еана, цуьнга хаьттира: «Хаьий те хьуна, тахана Везачу Эло хьан олахо хьо волчуьра дӀаоьцург хилар?»

ЭлишаӀа жоп делира: «Суна хаьа иза, амма аша цунах лаций цхьаьнгге а ма дийца».

4 Эли-ЯхӀус юха а элира: «ЭлишаӀ, хьо кхузахь сацахьа, хӀунда аьлча Везачу Эло со Ерихон-гӀала хьажийна».

ЭлишаӀа жоп делира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чӀагӀо йо ас, со хьох дӀакъаьстар вац аьлла». И шиъ Ерихон-гӀала дӀавахара.

5 Ерихон-гӀаларчу пайхамарийн тобано, ЭлишаӀана дуьхьал а еана, цуьнга хаьттира: «Хаьий те хьуна, тахана Везачу Эло хьан олахо хьо волчуьра дӀаоьцург хилар?»

«Суна хаьа иза, амма аша цунах лаций цхьаьнгге а ма дийца», – жоп делира ЭлишаӀа.

6 Эли-ЯхӀус юха а дийхира ЭлишаӀе: «ЭлишаӀ, хьо кхузахь сацахьа, хӀунда аьлча Везачу Эло со Йордан-хи долчу хьажийна».

ЭлишаӀа элира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чӀагӀо йо аса, со хьох дӀакъаьстар вац аьлла». И шиъ дӀаволавелира. 7 Пайхамарийн тобанах волу шовзткъе итт стаг, царна тӀаьхьа а ваьлла, геннахь дӀахӀоьттира. Ткъа Эли-ЯхӀу а, ЭлишаӀ а, Йордан-хина тӀе а кхаьчна, цигахь дӀахӀоьттира. 8 ТӀаккха, шен тӀехула юху бедар схьа а эцна, иза хьарча а йина, хи чу туьйхира Эли-ЯхӀус. Хи дӀасадекъаделира, и шиъ екъачухула дехьавелира. 9- 2:9 Карлабаьккхинарг 21:17. Уьш хих дехьабевлча, Эли-ЯхӀус ЭлишаӀе элира: «Хьуна уллора со Дала стигала хьалаваккхале, аса хьайна дан луург деха соьга».

ЭлишаӀа элира: «Хьоьца долу са, сайца шозза сов хила лаьара суна».

10 Эли-ЯхӀус жоп делира: «Ахьа доьхург хала хӀума ду. Нагахь санна хьан бӀаьргашна со стигала хьалавоккхуш гахь, ахьа доьхург хир ду хьуна, ткъа ца гахь – хир дац».

11 Къамел а деш, и шиъ новкъахула вогӀучу хенахь, цӀеххьана схьаеанчу цӀеран гӀудалкхо а, цӀеран говраша а дӀасакъастийра уьш. ТӀаккха йилбазмохана юкъахь Эли-ЯхӀу стигала хьалавахара. 12- 2:12 Сулим 13:14. ЭлишаӀа, хьала а хьоьжуш, воккхаверца мохь туьйхира: «Ва сан да! Исраилхойн тӀеман гӀап а, церан ницкъ а ма бара хьо!» – аьлла. ЭлишаӀана кхин ца гира Эли-ЯхӀу.

Цо, катоьхна, шена тӀера бедарш, этӀа а йина, шина декъе йийкъира. 13 ТӀаккха, Эли-ЯхӀуна тӀера охьайоьжна йисина йолу тӀехулара бедар схьа а эцна, ЭлишаӀ юхавирзира. Иза Йордан-хин йистехь сецира. 14 И бедар, хьарча а йина, ластийна, хи чу туьйхира ЭлишаӀа. Цо элира: «Мичахь ву Веза Эла? ХӀаъ, мичахь ву Эли-ЯхӀун и Дела?» ЭлишаӀа Эли-ЯхӀун бедар хи чу тоьхча, хи дӀаса а декъаделла, ЭлишаӀ дехьавелира. 15 Ерихон-гӀаларчу пайхамаршна геннара гира схьавогӀу ЭлишаӀ. Цара элира: «Эли-ЯхӀун са ЭлишаӀана чу доьлла». Пайхамарш, цунна дуьхьал а бахана, лаьтта кхаччалц охьатаьӀира. 16 Цара ЭлишаӀе элира: «Хьажахьа, хьан ялхой долчу тхуна юкъахь доьналла долу шовзткъе итт стаг ву. Бахийтахьа уьш хьайн олахо схьалаха. Везачу Элан Сино цхьана лома тӀехь я тогӀи чохь охьавиллина хир ву иза».

«Ца оьшу. Ма бахийта», – элира ЭлишаӀа.

17 Амма пайхамарша дукха дехарш дарна эхь а хетта, ЭлишаӀа элира: «Бахийтийша, делахь». Шовзткъе итт стаг Эли-ЯхӀу лаха вахара. Цара кхаа дийнахь лийхира иза, амма царна иза ца карийра. 18 Ерихонехь сецначу ЭлишаӀана тӀе уьш юхабирзича, цо пайхамаршка элира: «Аса ца элира шуьга, ма гӀо и лаха?»

ЭлишаӀ-пайхамаран тамашийна гӀуллакхаш

19 Ерихон-гӀаларчу бахархоша ЭлишаӀ-пайхамаре элира: «Гой хьуна, тхан эла, хӀара гӀала лаьтта меттиг, хьуна ма-гарра, дика ю, амма, кхузара хи дика цахиларна, зударий остабовлу».

20 Пайхамаро элира: «Чу туьха а диллий, цӀена кад ло соьга». Цуьнга кад дӀабелира. 21 ЭлишаӀ хин коьрте тӀевахара. Оцу хи чу туьха а тесна, цо элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Аса хӀара хи цӀандина. ХӀинца чул тӀаьхьа кхин хир дац кху хинехула я валар, я зударий остабовлар“». 22 ЭлишаӀа аьлла ма-хиллара, и хи хӀинца а цӀена ду.

23 Цигара дӀа Бетал-гӀала вахара ЭлишаӀ. Иза новкъахула вогӀучу хенахь, гӀалара арабевллачу кхиазхоша, цунах бийла а буьйлуш, бохура: «ДӀавала, кӀунзал баьлларг! ДӀавала!»

24 ЭлишаӀ юхахьаьжча, и бераш гира цунна. Цо Везачу Элан цӀарах неӀалт хьажийра царна. ТӀаккха хьуьнхара араяьллачу шина стен чено царах шовзткъе ши бер этӀийра.

25 Оцу меттера дӀа Кармал-лома тӀе вахара ЭлишаӀ. Цул тӀаьхьа иза Шамран-гӀала юхавирзира.

3

Исраилхоша муабахошца тӀом бар

1 ЯхӀудхойн паччахь волчу ЯхӀушаптис паччахьалла деш долу берхӀитталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Ахьабан кӀант ЯхӀурам. Цо шийтта шарахь, Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира исраилхошна тӀехь. 2 Йорам-паччахьо а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора, шен дас а, шен нанас а дина хиллачу барамехь ца динехь а. Шен дас БаӀал-харцдела лоруш дӀахӀоттийна тӀулг хӀаллакбина дӀабаьккхира Йорама. 3 Амма НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтина доллу къинош цо кхидӀа а летадора, царна тӀера дӀа а ца воьрзуш.

4 Муабахойн паччахьан МешаӀан дуккха а жаш дара. ХӀора шарахь а цхьа бӀе эзар Ӏахар а, цхьа бӀе эзар койн тӀаргӀа а бохьуьйтура МешаӀ-паччахьо исраилхойн паччахьна. 5 Ткъа Ахьаб велча, муабахойн паччахь исраилхойн паччахьна дуьхьалвелира. 6 ТӀаккха Йорам-паччахьо, Шамран-гӀалара ара а ваьлла, массо а исраилхошна юкъара эскархой тӀамана схьагулбира. 7 Цо яхӀудхойн паччахьна ЯхӀушаптина тӀе нах бахийтира. Цуьнга иштта дӀаала элира Йорам-паччахьо: «Муабахойн паччахь суна дуьхьалваьлла, хьо вогӀий соьца муабахошна дуьхьал тӀом бан?»

ЯхӀушаптис жоп делира: «Дера вогӀу! Вай гергара ма ду. Сан халкъ – хьан халкъ ду. Сан дой – хьан дой ду», – аьлла. 8 ЯхӀушаптис хаьттира: «ТӀамца муьлхачу новкъахула даха деза тхо?»

«Эдоман яьссачу аренан новкъахула», – жоп делира Йорама.

9 Иштта цхьаьна новкъа бевлира исраилхойн, яхӀудхойн, эдомхойн а паччахьаш. ВорхӀ дийнахь хьийзаш болу некъ бича, церан эскарна а, царна тӀаьхьахӀиттина догӀучу шайна тӀехь кира+ 3:9 *Кира *– дӀасакхоьхьу мохь.* дахьачу дийнаташна а мала хи ца дисира. 10 ТӀаккха исраилхойн паччахьо иштта элира: «Хьажахьа! Везачу Эло, вай кхо паччахь цхьаьна а тоьхна, муабахойн кара дӀавалархьама схьавалийна-кх?»

11 ЯхӀушаптис хаьттира: «Везачу Элан пайхамарех цхьа а вац те кхузахь, цуьнгахула Везачу Эле хаттар дайта?»

«Цкъа мацах Эли-ЯхӀу-пайхамаран ялхо хилла волу Шаптин кӀант ЭлишаӀ ву кхузахь», – аьлла, жоп делира исраилхойн паччахьан тӀеман хьаькамех цхьаммо.

12 «Цуьнгахула Везачу Элера хаам хуьлу», – элира ЯхӀушаптис. ТӀаккха исраилхойн паччахь а, ЯхӀушапти а, эдомхойн паччахь а ЭлишаӀана тӀевахара.

13 ЭлишаӀа исраилхойн паччахье элира: «Сан хӀун бала бу хьоьца? Хьайн ден а, ненан а хиллачу пайхамаршна тӀе гӀо».

ТӀаккха исраилхойн паччахьо цуьнга элира: «ХӀан-хӀа! ХӀунда аьлча Веза Эла ма ву, тхо кхо паччахь цхьаьна а тоьхна, муабахойн кара дӀавалархьама схьавалийнарг!»

14 ЭлишаӀ-пайхамаро элира: «Шена ас гӀуллакх деш волчу а, дийна волчу а массо а ницкъийн Везачу Элах чӀагӀо йо аса, яхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти айса лоруш вацахьара, со хьо волчу агӀор хьожур а вацара, хьо ган а луур дацара суна аьлла. 15 Ткъа хӀинца схьавалавел суна тӀе дечиг-пондар локхуш верг».

Дечиг-пондар локхуш волчо пондар локхучу хенахь ЭлишаӀах Везачу Элан куьг хьакхаделира. 16 Цо элира: «Иштта боху Везачу Эло: „ХӀокху тогӀи чохь дуккха а саьнгарш яха“. 17 ХӀунда аьлча Везачу Эло иштта боху: „Шуна я мох баьлла, я догӀа догӀуш ца гушшехь, хӀара тогӀи хих юзур ю. И хи шуна а, шайна тӀехь кира кхоьхьучу дийнаташна а, шун хьайбанашна а мала хир ду“. 18 Амма Веза Эла иза дина Ӏийр вац, Цо муабахой а дӀалур бу шун кара. 19 Аша церан массо а чӀагӀйина йолу гӀаланаш а, массо а коьрта гӀаланаш а хӀаллакйийр ю. Аша дерриг а тоьлла долу дитташ а хедор ду, массо а хин хьоста а лакъор ду. Аренгара тоьлла долу лаьттан дакъош а, тӀе тӀулгаш а кхиссина, талхор ду».

20 ШолгӀачу дийнахь, Ӏуьйренан сагӀа доккхучу хенахь, цӀеххьана, Эдомера схьабогӀучу новкъахула хи схьахьаьдира. Латта хих дуьзира.

21 Паччахьаш шайца тӀом бан арабевлла аьлла, дӀахезнера массо а муабахошна. Цундела тӀеман гӀирс лелалуш болу массо а нах, жимачунна тӀера воккхачунна тӀекхаччалц, схьагулбинера цара. Мехкан дозанехь дӀахӀиттийнера уьш. 22 Ӏуьйранна уьш хьалххе хьалагӀевттира. Хина тӀехула къеггина малх хьалабелира. Генна дӀахьаьжначу муабахошна и хи, цӀий санна, цӀен бос болуш тарделира. 23 Цара элира: «Иза цӀий ду. Паччахьаша, вовшах а летта, вовшийн хӀаллакбина хир бу. ХӀинца, муабахой, шу хӀонс схьаэца арадовла!»

24 Муабахой исраилхойн меттаматтана тӀебаьхкира. ХьалагӀевттина исраилхой, муабахошна дуьхьал а бевлла, царна тӀелетира. Муабахой исраилхойх дӀабевдира. Ткъа исраилхоша, муабахойн махка чу а бевлла, уьш байира 25 Исраилхоша муабахойн гӀаланаш хӀаллакйира. Аренгара тоьллачу дакъошна тӀе, хӀораммо а цхьацца тӀулг а кхоьссина, уьш ца мегачу дехира цара. Дерриге а хьостанаш лакъийра цара. Тоьлла долу дитташ а дӀахедийра. Цхьа Кхир-Хьарсат-гӀала бен дийна ца йиснера. Амма ширдолаг кхуьссурш, гӀалина го а бина, цунна а тӀелетира.

26 Шаьш эшош хилар гича, муабахойн паччахьо, эдомхойн паччахьна тӀеваха некъ баккха дагахь, карахь тур лелош волу ворхӀ бӀе тӀемало вигира шеца, амма уьш чекх ца бовлабелира. 27 ТӀаккха муабахойн паччахьо шел тӀаьхьа паччахь хила везаш волу шен кӀентех воккхаха верг, схьа а эцна, шера а, шуьйра а болчу пена тӀехь шен далла лерина сагӀина вагийра. Оцу гӀуллакхо исраилхой чӀогӀа эргӀадбехира. Цундела уьш, цигара юха а бевлла, шайн лаьтта тӀе юхабирзира.

4

ЭлишаӀ а, йисина Ӏаш йолу миска зуда а

1 Пайхамарийн тобанера волчу цхьана стеган зудчо, елха а йоьлхуш, бохура ЭлишаӀе: «Хьан ялхо хилла волу сан майра велла. Хьуна хаьа-кх, иза Везачу Элах кхоьруш стаг хиллий. ХӀинца иза декхарийлахь хилла волу стаг, ван а веана, сан ши кӀант дӀавига воллуш ву, царах шена леш бан дагахь».

2 ЭлишаӀа цуьнга, жоп луш, элира: «Аса хӀун гӀо дийр дара те хьуна? Хьан цӀахь хӀун ю дийцахьа соьга».

Зудчо элира: «Сан цӀахь хӀумма а яц-кх, зайтдаьтта чохь долу цхьа жима кхаба йоцург».

3 ЭлишаӀа элира: «Яло, ара а ялий, массо а хьайн лулахошкара яьсса кхабанаш а ехий, уьш дуккха а схьагулъе. 4 Цул тӀаьхьа, хьайн цӀа чу а гӀой, хьайна а, хьайн шина кӀантана а тӀаьхьа неӀ тӀечӀагӀа. ТӀаккха хьайн зайтдаьтта оцу массо а кхабанаш чу дотта, юз-юьзнарг юьстах а йоккхуш».

5 И зуда ЭлишаӀ волчуьра дӀаяхара. ЦӀа а еана, шена а, шен шина кӀантана а тӀаьхьа неӀ тӀечӀегӀира цо. Шина кӀанта яьсса кхабанаш нанна тӀейохьура, ткъа цо уьш зайтдаьттанах хьалаюзура. 6 Массо а кхабанаш хьалаюьзча, нанас шен кӀанте дехар дира: «Схьакховдаехьа соьга кхин а цхьа кхаба». КӀанта цуьнга жоп делира: «Кхин яьсса кхабанаш яц», – аьлла. ТӀаккха даьтта догӀучуьра сецира. 7 И зуда Делан стаг волчу еара. Цо дерриг а дӀадийцира цуьнга. ЭлишаӀа цуьнга элира: «Яло, и зайтдаьтта дӀа а дохкий, хьайн декхарш дӀало. Ткъа дисначу ахчанах хьо хьайн берашца ехар ю».

ЭлишаӀ а, Шунам-гӀалара хьалдолу зуда а

8 Цхьана дийнахь ЭлишаӀ Шунам-гӀала веара. Цигахь ехаш цхьа хьалдолу зуда яра. Оцу зудчо ЭлишаӀе дехар дира, ша йолчохь хӀума яахьара аьлла. Иштта оцу меттехула чекх мосазза волу а, цигахь хӀума а юуш, соцура ЭлишаӀ. 9 Оцу зудчо шен майрачуьнга элира: «Суна хаьа, сих-сиха вайн цӀенна уллохула чекхволу и стаг Дала вазвина пайхамар вуйла. 10 Вайн нийсачу тхов тӀехула, цхьа гӀат тӀе а дай, жимо цхьа чоь тое вай, цу чу оцу стагана дӀавижа мотт а, стол а, гӀант а, къуьда а билла вай? ТӀаккха, иза вайга веача, цу чохь Ӏан йиш хир яра цуьнан».

11 Цхьана дийнахь ЭлишаӀ цига веара. Иза, хьала тӀе а ваьлла, оцу цӀа чохь садаӀа охьавижира. 12 ЭлишаӀа шен ялхо волчу ГӀайхьазига элира: «Схьакхайкхахьа оцу шунамхочуьнга». Ялхочо иза схьакхайкхира. Шунамхо, схьа а еана, цунна хьалха дӀахӀоьттира. 13 Шен ялхочуьнга ЭлишаӀа элира: «Хаттахьа оцу зудчуьнга: „Ахьа тхан оццул гӀайгӀа ярна, оха хӀун дика дийр дара те хьуна? Хьайх лаьцна паччахье я эскаран хьаькаме хӀумма а дӀаала лаьий те хьуна?“».

Амма цу зудчо жоп делира: «ХӀан-хӀа, ца оьшу. Со сайн халкъана юкъахь ехаш ма ю».

14 ТӀаккха ЭлишаӀа шен ялхочуьнга хаьттира: «ХӀун дика дийр дара те оцу зудчунна?» – аьлла.

ГӀайхьазис жоп делира: «Суна цуьнан кӀант воцийла хаьа, ткъа цуьнан майра воккха стаг ву».

15 «Схьакхайкхахьа цуьнга», – элира ЭлишаӀа. Ялхочо зудчуьнга схьакхайкхира. Иза неӀаре дӀахӀоьттира. 16- 4:16 Доладалар 18:4. ЭлишаӀа элира цуьнга: «Цхьа шо дӀадаьлча, хӀоккху хенахь, хьан карахь кӀант хир ву!»

Ткъа оцу зудчо дуьхьал элира: «ХӀан-хӀа, сан эла! Ма Ӏехаехьа хьайн ялхо йолу со, ва Делан стаг!»

17 Амма и зуда берах хилира. ТӀедеанчу шеран ЭлишаӀа цуьнга аьллачу хенахь цу зудчун кӀант хилира.

18 КӀант хьалакхиира. Цхьана дийнахь кха тӀехь ялта хьокхучаьрца цхьаьна волчу шен дена тӀевахара иза. 19 ЦӀеххьана: «Сан корта лозу! Сан корта лозу!» – элира кӀанта.

«Шен нанна тӀе дӀавигал иза», – элира дас ялхочуьнга. 20 Ялхочо и кӀант, дӀа а вигна, шен нене дӀавелира. Делккъалц шен ненан карахь а Ӏиллина, кӀант велира. 21 Нанас, хьала а яьлла, Делан стеган метта тӀе охьавиллира шен кӀант. НеӀ тӀе а чӀагӀйина, иза цу чуьра араелира. 22 ТӀаккха шен майра схьа а кхайкхина, цо цуьнга элира: «Доьху аса хьоьга, цхьа ялхо а, вир а схьаялаяйтахьа. Со, сихха Делан стагана тӀе а кхаьчна, юхайоьрзур яра».

23 Майрачо элира цуьнга: «Ахьа хӀун до тахана Делан стагана тӀеяхана? Я керла бутт а ца болабелла, я шоьтан де а дац!»

«Дерриг а дика ду», – аьлла, жоп делира зудчо. 24 ТӀаккха, вир дӀа а йожийтина, шен ялхочуьнга цо элира: «Сихха, вир дӀа а озош, дӀаволало! Аса хьайга саца аллалц, саца а ма сацалахь». 25 И зуда Кармал-лома тӀехь волчу Делан стагана тӀеяхара.

Делан стагана геннара гира шена тӀейогӀу шунамхо. Цо шен ялхочуьнга ГӀайхьазига элира: «Хьажахьа, и йогӀург шунамхо ю-кх! 26 Вало, цунна дуьхьал а гӀой, хатта цуьнга: „ХӀун хилла, могуш юй иза? Хьан хӀусамда а, кӀант а могуш вуй?“»

ГӀайхьази цунна тӀекхаьчча, зудчо элира: «Дерриг а дика ду». 27 Ткъа Делан стаг лаьтташ волчу лома тӀе ша хьалаяьлча, шунамхо цуьнан когех тасаелира. ГӀайхьази иза дӀаяккха дагахь тӀеволавелира, амма Делан стага цуьнга элира: «Ӏадйита ахьа иза, и холчохь ю. Ткъа Везачу Эло иза, соьга схьа а ца олуш, къайладаьккхина сох».

28 «Сан эла! Аса ма ца вийхира хьоьга кӀант? Со Ӏеха ма ехьа, ца элира аса хьоьга?» – бохура шунамхочо.

29 ЭлишаӀа ГӀайхьазига иштта элира: «Хьайн гӀодаюкъ а ехкий, сан Ӏаса схьа а эций, дӀаволало. Новкъахь саца а ма саца, цхьаьнгге вист а ма хила. Нагахь хьайна дуьхьал цхьаъ кхетахь, цуьнга маршалла а ма хатта. Хьо дӀакхаьчча, хӀара Ӏаса оцу кӀентан юьхь тӀе йилла».

30 Амма кӀентан нанас элира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чӀагӀо йо аса, хьо воцуш со дӀагӀург ца хиларх!» ТӀаккха ЭлишаӀ, хьала а гӀаьттина, цунна тӀаьххье дӀавахара. 31 ГӀайхьази кху шиннал хьалха дӀакхечира. Цо и Ӏаса кӀентан юьхь тӀе охьайиллира, амма кӀант вист ца хуьлура я меттах ца волура. ТӀаккха ГӀайхьази, ара а ваьлла, ЭлишаӀана дуьхьалвахара. «И бер сама ца долу», – элира цо.

32 ЭлишаӀ цӀа чу велира, ткъа цуьнан меттахь Ӏуьллуш велла кӀант вара. 33 ЭлишаӀа неӀ тӀечӀегӀира. Ишиъ цхьаьна висича, ЭлишаӀа Везачу Эле доӀа дира. 34- 4:34, 35 Сулим 17:21. ТӀаккха, кӀантана тӀе а вахана, цунна тӀехула дӀаса а ваьржина, охьавижира ЭлишаӀ. Цо шен бат кӀентан бетана тӀе, шен бӀаьргаш цуьнан бӀаьргаш тӀе, шен кераяккъаш цуьнан кераяккъаш тӀе ехкира. КӀентан дегӀ дохделира. 35 ЭлишаӀ, хьала а гӀаьттина, дӀа а, схьа а волавелира. Цул тӀаьхьа, юха а кӀантана улло а вахана, цунна тӀехь дӀасаваьржира ЭлишаӀ. ТӀаккха кӀанта, ворхӀазза хьоршам а тоьхна, шен бӀаьргаш дӀабиллира. 36 ГӀайхьазига схьа а кхайкхина, ЭлишаӀа элира: «Шунамхо схьакхайкхахьа». ГӀайхьазис схьакхайкхира шунамхо. Иза чу еача, ЭлишаӀа: «Схьаэца хьайн кӀант», – элира цуьнга. 37 Зуда, ЭлишаӀана тӀе а яхана, цуьнан когашка а йоьжна, лаьтта кхаччалц охьатаьӀира цунна. ТӀаккха, шен кӀант схьа а эцна, чуьра араелира иза.

ЭлишаӀ-пайхамаро дина кхидолу тамашийна хӀуманаш

38 Махкахь мацалла хӀоьттича, ЭлишаӀ Галгале юхавирзира. Пайхамарийн тобанна хьехам бечу хенахь, шен ялхочуьнга ЭлишаӀа элира: «Боккха яй тӀе а биллий, яа хӀума кечъе пайхамарийн тобанна». 39 Царах цхьаъ хасстоьмаш даха кха тӀе вахара. Цунна акха кемсийн таьлланг санна йолу цхьа орамат карийра, амма иза кхин тайпа акха орамат яра. Орамат тӀера цхьадолу стоьмаш а гулдина, царах шен бедаран юх юьзира пайхамаро. Цо, юха а вирзина, уьш, хеда а дина, чорпи чу тесира, шена уьш хӀун стоьмаш ду ца хуъушехь. 40 Пайхамарийн тобанна чорпа йоьттира. Уьш и яа буьйла-ма-белли, массара а маьхьарий хьаькхира: «Делан стаг, кху ена чохь Ӏожалла тӀейоуьйту хӀума ю!» – аьлла. Цаьрга чорпа ца яаелира. 41 ЭлишаӀа элира: «Дама схьадал». Цо иза ена чу тесира. ТӀаккха цо элира: «ХӀинца чорпа дӀаяийта нахе». Иштта цхьа а зе ца дира нахана цара йиинчу хӀумано.

42 ЭлишаӀана тӀе БаӀал-Шалшера цхьа хьенех веара. Цо Делан стагана шен дуьххьарлерчу ялтин дакъа деанера. Цуьнан тӀоьрмаг чохь ткъех мекхан бепиг а, керлачу кӀен кенаш а дара. «Уьш нахана дӀа а лой, даийта цаьрга», – элира ЭлишаӀа. 43 Цуьнан ялхочо элира: «БӀе стагана муха лур ю аса хӀара?»

Амма ЭлишаӀа жоп делира: «ДӀало ахьа адамашна и рицкъа. Даийта цаьрга и бепиг. Везачу Эло иштта боху: „Уьш юучух бузур а бу, церан кхин а юьсур а ю“». 44 ТӀаккха ялхочо и юург пайхамарийн тобанна хьалха охьайиллира. Уьш, Везачу Эло ма-аллара, шаьш юучух буза а буьзира, церан кхин а йиса а йисира.

5

НаӀаман туовар

1- 5:1-14 Лака 4:27. Арам-мехкан+ 5:1 *Арам-мохк *– иза хӀинцалерчу Сири-мехкан цхьа дакъа хилла.* паччахьан тӀемалойн хьаькам вара НаӀаман. Иза ладаме а, ларам болуш а стаг вара шен паччахьна хьалха, хӀунда аьлча арамхошка толам цуьнгахула баккхийтинера Везачу Эло. НаӀаман ша дика тӀемало вара, амма дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар яра цуьнан дегӀаца. 2 Арамхой шайн тобанашца исраилхошна тӀелеттера. Цкъа иштта уьш цига бахана болуш, цара Исраил-махкара цхьа жима йоӀ йийсаре ялийнера. Иза НаӀаманан зудчунна хьалхара гӀуллакхаш деш яра. 3 Оцу йоӀа НаӀаманан зудчуьнга элира: «Нагахь сан олахо НаӀаман Шамран-гӀалахь Ӏаш волчу пайхамарна тӀекхачахьара, цо цамгарх товийр вара иза». 4 НаӀамана шен паччахье дӀадийцира исраилхойн йоӀа шега аьлларг. 5 «Хьо хӀинцца дӀавало цига, аса исраилхойн паччахье яздина кехат дохьуьйтур ду хьоьца» – элира паччахьо.

НаӀамана, дӀа а вахана, ткъа пунт дети а, ялх эзар шекхал барамехь деши а, хуьйцуш тӀеюха итт бедар а схьаийцира шеца. 6 Цо кехат дӀаделира исраилхойн паччахье. Цу кехат тӀехь яздина дара: «ХӀокху кехатца аса сайн ялхо волу НаӀаман воуьйту, цунна тӀера чкъуран цамгар хьоьга дӀаяккхийтархьама».

7 Исраилхойн паччахьо, кехат дӀа а дешна, шена тӀера бедар а этӀийна, элира: «Со Дела-м вац, адам дер я дендар карахь долуш? Суна тӀе хӀунда ваийтина цо дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу стаг, тове аьлла? ХӀинца хаа ду шуна, иза суна тӀамца дуьхьалвала бахьана лоьхуш вуйла».

8 Делан стагана ЭлишаӀана дӀахезира, исраилхойн паччахьо шена тӀера бедар этӀийна аьлла. ТӀаккха цо паччахьна тӀе ялхо вахийтира, ахьа хьайна тӀера бедар стенна этӀийна аьлла. «И стаг суна тӀеваийта, Исраил-махкахь пайхамар вуйла хаийтархьама» – элира ЭлишаӀа.

9 ТӀаккха НаӀаман, дой а далош, шен гӀудалкха тӀехь схьакхечира. Иза ЭлишаӀан цӀийнан кевнехь сецира. 10 ЭлишаӀа шен ялхо вахийтира цуьнга дӀаала: «Ваха а гӀой, Йордан-хи чохь ворхӀазза лийча, тӀаккха хьан дегӀ, карла а даьлла, цӀанлур ду». 11 НаӀаман, чӀогӀа оьгӀаз а вахана, дӀавахара. Цо элира: «Суна-м моьттура, ЭлишаӀа, суна дуьхьал а хӀоьттина, шен Везачу Деле а кхойкхуш, сан дегӀах куьг а хьаькхна, цамгар дӀайоккхур ю. 12 Дамасакхера Амана а, Парпар а цӀе йолу хиш хӀумма а оьшуш дац-кх массо а Исраил-махкарчу хил? Оцу хиш чу ваьлчхьана, цӀанлур вацара со?» Иза а аьлла, оьгӀаз а вахана, юха а вирзина, дӀавахара НаӀаман.

13 Цуьнан ялхоша, тӀе а бахана, элира цуьнга: «Тхан эла, нагахь санна пайхамар цхьа доккха хӀума хьоьга ала воллуш хиллехь, ахьа ладугӀур дацара цуьнга? Цо хьоьга де аьлларг-м оццул хала хӀума а дац: „Хи чохь лийча, тӀаккха цӀанлур ву хьо“, – алар бен». 14 ТӀаккха НаӀаман, хин тогӀи чу охьа а воьссина, ворхӀазза Йордан-хи чу велира, Делан стага шега ма-аллара. Цуьнан дегӀ, жимачу беран санна, карла а даьлла, цӀанделира. 15 НаӀаман, шеца хилла болу нах а балош, ЭлишаӀ волчу юхавеара. Цо, пайхамарна хьалха дӀа а хӀоьттина, элира: «ХӀинца хиъна суна хӀокху дуьнен чохь, Исраилан халкъан Дела воцург, кхин дела воцийла. ДӀаэцахьа хьайн лай волчуьнгара хӀара совгӀат».

16 Пайхамара элира: «Шена айса гӀуллакх дечу дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо аса иза схьаоьцург ца хиларх».

НаӀамана мел дехарш дарх а, ЭлишаӀ реза ца хилира совгӀат дӀаэца. 17 ТӀаккха НаӀамана элира: «Иза иштта делахь, ахьа хьайн лай волчу суна шина вирбӀарзане дахьалур долччул исраилхойн латта лохьа, хӀунда аьлча аса кхин цкъа а доккхур дац дагоран сагӀа а, сагӀина хӀума а яхьар яц цхьанна а кхечу деланашна, Веза Эла воцчунна. 18 Ткъа хьан лай волчу аса Везачу Эле доьху, сан цхьана гӀуллакхна гечдехьа: нагахь сан олахо волчу арамхойн паччахьо Римун-гӀалахь цӀу-далла Ӏибадат деш, иза суна тӀетовжахь, со цуьнца цхьаьна суждане ваха везар ву. Эццахь со суждане вахарна, суна гечдойла Везачу Эло».

19 Делан стага элира: «Маьрша гӀойла хьо». НаӀаман дӀаволавелира.

Иза ЭлишаӀан цӀенна жимма дехьаваьлча, 20 Делан стеган ЭлишаӀан ялхочо ГӀайхьазис ша-шега элира: «Сан олахочунна ца лии оцу арамхочуьнгара НаӀаманера цо деана совгӀат схьаэца. Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо аса, цунна тӀаьхьа а ведда, аса сайна цхьа хӀума схьаоьцург хиларх». 21 ГӀайхьази НаӀаманна тӀаьхьаведира. Шена тӀаьхьа ведда вогӀург а гина, НаӀаман, гӀудалкх тӀера охьа а воьссина, вогӀучунна дуьхьалвахара. «ХӀумма-м ца хилла?» – хаьттира цо ГӀайхьазига.

22 «ХӀумма а ца хилла, – аьлла, жоп делира ялхочо. – Сан олахочо хьоьга хӀара ала ваийтина со: „Эпрайм-лаьмнашкарчу пайхамарийн тобанера ши пайхамар веана со волчу хӀинцца. Доьху хьоьга, царна ши пунт дети а, хуьйцуш тӀеюха ши бедар а яийтахьа“».

23 НаӀамана элира: «Схьаэцахьа йиъ пунт дети». Цо дехарш дора, схьаэца бохуш. ТӀаккха дети а, хуьйцуш юха ши бедар а, шина тӀоьрмаг чу а йиллина, иза дӀабихкира НаӀамана. Шен ялхойх шиъ, ГӀайхьазина хьалха а ваьккхина, и тӀоьрмагаш цаьрга дӀабахьийтира цо. 24 Уьш гунна тӀебевлча, церан карара тӀоьрмагаш схьаийцира ГӀайхьазис. И хӀуманаш цӀа чохь дӀалачкъийра цо, ткъа ши ялхо дӀавахийтира. 25 ГӀайхьази, чу а веана, ЭлишаӀана хьалха дӀахӀоьттира. ЭлишаӀа цуьнга хаьттира: «Хьо стенга ваханера, ГӀайхьази?»

«Хьан лай волу со-м цхьанххьа а ца ваханера», – аьлла, жоп делира ГӀайхьазис.

26 «И бакъ дац, – элира пайхамаро ялхочуьнга. – Сан дог хьоьца дара, и стаг, шен гӀудалкха чуьра охьа а воьссина, хьуна дуьхьалвогӀуш. Ахча, бедар, зайт-диттийн боьлакаш, кемсийн бошмаш, уьстагӀий, хьелий, леш я гӀарбашаш цхьаьнггара а схьаоьцу зама ма яц хӀара! 27 ХӀинца дуьйна НаӀаманан хилла йолу чкъуран цамгар хьуна а, хьан тӀаьхьенна а тӀехь хир ю массо а ханна».

Оцу чкъуран цамгаро ло санна кӀайвина, аравелира ГӀайхьази ЭлишаӀ волчуьра.

6

Йордан-хи чуьра диг схьадаккхар

1 Пайхамарийн тобано ЭлишаӀе элира: «Хьуна юххехь тхо Ӏаш долу хӀара меттиг тхуна готто ю. 2 Оха, Йордан-хи йисте а дахана, хӀораммо а цигара цхьацца диттан хен схьа а эцна, тхайна Ӏан меттиг югӀур ю цигахь».

«Мегар ду, дӀагӀо шу», – элира ЭлишаӀа.

3 Оцу тобанера цхьаммо дийхира: «Хьайна хала дацахь, хьо а волахьа тхоьца», – аьлла.

«Дика ду, вогӀур ву со», – элира ЭлишаӀа. 4 Иза цаьрца вахара. Йордан-хина тӀекхаьчча, дитташ хедо буьйлабелира уьш. 5 Царах цхьаммо дитт охьадожочу хенахь, цуьнан диг хи чу дуьйжира, дага карахь а юьсуш. Цо, мохь а хьаькхна, элира: «Ва, сан эла! Иза-х аса духалург даьккхина ма дара!»

6 Делан стага хаьттира: «Мичахь чудоьжна иза?»

Вукху пайхамаро гайтира и меттиг. ЭлишаӀа, дечигах чеш а даьккхина, иза хи чу а кхоьссина, дагаран аьчка декъе нека дайтира. 7 «ДӀаэца хьайна», – элира ЭлишаӀ-пайхамаро. Вукхо шен куьг дӀа а кховдийна, диг схьаийцира.

Арамхой бӀаьрзе барца эшабар

8 Арамхойн паччахь тӀамца исраилхошна дуьхьалвелира. Цо, шен тӀеман хьаькамех дага а волуш, цаьрга дӀахаийтира цхьана меттигехь шен меттамотт дӀахӀотторг хилар. 9 Делан стага исраилхойн паччахьна тӀе геланча вахийтира. Цо паччахье хаам бира: «Оцу меттигашкахула чекх ма валалахь, хӀунда аьлча цигахь арамхоша кӀело йина», – аьлла. 10 Исраилхойн паччахьо тӀемалой бахийтира Делан стага билгалъяьккхинчу меттиге хьовса. Цигарчу нахе цо дӀахьедар а дина, шаьш мостагӀех ларбира цара. Иштта, цкъа-шозза хилла а ца Ӏаш, дукхазза а хилира.

11 Арамхойн паччахь оцу гӀуллакхна дог доьхна вара. Цо, шен тӀеман хьаькамаш а гулбина, цаьрга хаьттира: «Схьадийцийша соьга, мила ву шух, исраилхойн паччахьца а тайна, суна ямартло йийриг».

12 «Тхох-м цхьа а вац, сан паччахь. Амма исраилхойн ЭлишаӀ-пайхамар ву, цо шайн паччахье ур-атталла ахьа хьайн охьавуьжучу цӀа чохь аьлларг а дӀадуьйцу», – жоп делира паччахьан тӀеман хьаькамех цхьаммо.

13 ТӀаккха арамхойн паччахьо элира: «Даха а гӀой, иза мичахь ву хьовса шу. Аса, эскархой а бахийтина, иза лоцуьйтур ву».

Пайхамар Дотан-гӀалахь ву аьлла, хаам бира паччахье. 14 Цо дой а, гӀудалкхаш а йолу доккха эскар дахийтира цу гӀала. Цара буьйсанна, схьа а баьхкина, гӀалина го бира. 15 Оцу Ӏуьйранна ЭлишаӀан ялхо хьалххе хьалагӀаьттира. Иза араваьлча, гӀалина гобаьккхина лаьтташ долу, юкъахь дой а, гӀудалкхаш а йолу эскар гира цунна. Цо ЭлишаӀе элира: «Ва, сан эла, вай хӀун дан деза те?»

16 ЭлишаӀа элира: «Хьо кхера ма ло! Вайца берш, цаьрца болчарал сов бу». 17 ТӀаккха ЭлишаӀа, доӀа а деш, элира: «Ва Веза Эла! Кхуьнан бӀаьргаш схьаделлахьа, са гайтархьама». Везачу Эло оцу ялхочун бӀаьргаш схьадиллира. ТӀаккха цунна гира ЭлишаӀана гонах лам цӀеран дойх а, гӀудалкхех а буьзна хилар.

18 Арамхой шена тӀегӀоьртича, ЭлишаӀа Везачу Эле доӀа дира. Цо дийхира: «БӀаьрзе бехьа уьш», – аьлла. Везачу Эло, ЭлишаӀа ма-деххара, бӀаьрзе бира уьш. 19 «ХӀара аша бан беза некъ а ма бац, хӀара аша лоьху гӀала а ма яц. Суна тӀаьхьахӀитта, аша лоьхучу стагана тӀедуьгур ду аса шу», – элира ЭлишаӀа цаьрга. Иштта уьш Шамран-гӀалина тӀебигира ЭлишаӀа.

20 Шаьш Шамран-гӀала схьакхаьчча, ЭлишаӀа элира: «Веза Эла! Церан бӀаьргаш схьаделлахьа, царна са гайтархьама». Везачу Эло церан бӀаьргаш схьадиллира, тӀаккха шаьш Шамран-гӀалахь хилар гира царна.

21 Шена уьш гича, исраилхойн паччахьо ЭлишаӀе хаьттира: «Сан да, уьш байа безий те аса?»

22 «ХӀан-хӀа, ма байа ахьа уьш, – жоп делира ЭлишаӀа. – Ахьа-айхьа туьраца а, Ӏодаца а йийсаре бигнарш бойур ма бацара. Царна бепиг а, хи а ло. Юург а яийна, хи а малийна, цӀа дӀахеца ахьа уьш шайн паччахьна тӀе». 23 Исраилхойн паччахьо царна доккха той дӀахӀоттийра. Цара йиъна а, мелла а чул тӀаьхьа, цо уьш цӀа дӀахьажийра шайн паччахьна тӀе. Цул тӀаьхьа кхин ца яьхкира арамхойн эскарийн ардангаш исраилхойн лаьтта тӀе.

Шамран-гӀалина гуобар

24 И дерриг хиллачул тӀаьхьа арамхойн паччахьо Бен-Хьадида, шен дерриг а эскар схьагулдира. ТӀаккха, Шамран-гӀалина тӀе а вахана, цунна го бира цо. 25 Цу хенахь йоккха мацалла хӀоьттира оцу гӀалахь. Ур-атталла виран коьртах а дато дезткъа ахча доьхура, ткъа кхокхийн боьхаллин+ 6:25 *Кхокхийн боьхалла *– схьахетарехь, иза цхьана хасстоьман цӀе яра.* цхьана кедах дато пхи ахча доьхура.

26 Цхьана дийнахь исраилхойн паччахь гӀалин шуьйра а, нийса а болчу пенна тӀехула лелаш вара. Ткъа цхьана зудчо, чӀогӀа елха а йоьлхуш, бохура: «Сан паччахь, гӀо дехьа суна».

27 Паччахьо жоп делира цунна: «Везачу Эло а хьуна гӀо ца дича, аса хӀун гӀо дийр ду хьуна? Сан хьуна яла хӀумма а яц. Я кӀа а, я чагӀар а дуй ткъа соьгахь?» 28 ТӀаккха паччахьо хаьттира оцу зудчуьнга: «Хьуна хӀун лаьа?»

Зудчо дийцира паччахье: «ХӀокху зудчо соьга элира: „Ахьа хьайн кӀант схьало, иза тахана вуур ву вай, ткъа сайниг кхана вуур ву“. 29- 6:29 Карлабаьккхинарг 28:57; Тийжамаш 4:10. Оха, сан кӀант кхехка а вина, виира. ШолгӀачу дийнахь аса элира: „Схьава хьайн кӀант, хӀинца иза вуур ву вай“. Амма цо шен кӀант дӀалачкъийна!»

30 Шена и дешнаш дӀахезча, паччахьо шен тӀехулара бедар этӀийра. Иза шуьйра а, нийса а болчу пенна тӀехула чекхволуш, нахана цуьнан дегӀа тӀера сингаттаман бедар гира. 31 «Везачу Эло, Шен лааме хьаьжжина, луьра таӀзар дойла суна, нагахь Шаптин кӀант волчу ЭлишаӀан корта тахана цуьнан белшаш тӀехь бисахь!» – элира паччахьо. 32 Исраилхойн паччахьо геланча вахийтира ЭлишаӀана тӀе.

ЭлишаӀ шен цӀа чохь вара. И волчохь хевшина Ӏаш къаной а бара. И геланча шена тӀе а вале, ЭлишаӀа элира: «Суна хаийтинарг хаьий те шуна? Оцу адамаш хӀаллакдеш волчо, сан корта тӀерабаккха, цхьаъ схьахьажош ву! И геланча схьакхаьчча, неӀ дӀакъовлалаш! НеӀ тӀе а таттий, чу ма виталаш иза. Цунна тӀаьххье схьавогӀучу цуьнан олахочун когийн тата а ду суна хезаш!» 33 ЭлишаӀ къаношка и бохуш воллучу хенахь, геланча цунна тӀе схьавеара. Цо паччахьан дешнаш схьаэлира: «ХӀара бала Везачу Элера тӀебеана бу! ХӀунда Ӏан веза со, Веза Эла варе ла а доьгӀуш?»

7

1 ЭлишаӀа элира: «Везачу Элан даше ладогӀийша! Иштта боху Везачу Эло: „Кхана хӀоккху хенахь тоьллачу деман цхьана саьхьан мах цхьа шекхал бен хир бац, ткъа мекхан шина саьхьан мах а хир бу цхьа шекхал. Иза Шамран-гӀалин кевнехь духкур ду“».

2 ТӀаккха паччахьо шен куьг тӀетовжош волчу тӀеман хьаькамо Делан стаге элира: «Нагахь Везачу Эло стигалахь кораш даьхча а, хила тарлой те иза?»

Вукхо жоп делира: «Хьан бӀаьргашна иза гур ду, амма цунах хӀумма а ахьа юур яц!»

Арамхойн эскар дӀададар

3 Шайна тӀехь дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу виъ стаг вара гӀалин кевнехь хиъна Ӏаш. Цара вовшашка бохура: «Кхузахь ваьш даларе ла а доьгӀуш, хевшина Ӏийна хӀун дийр ду вай? 4 Шамран-гӀалахь мацалла ю, вай цига дахча а лийр ду. Ткъа вай кхузахь хевшина Ӏийча а лийр ду. Арамхой севцинчу метте гӀой вай? Ваьш цара дийна дитахь, Ӏийр ду вай, ткъа дайахь – лийр ду». 5 Суьйранна арамхойн меттаматтана тӀебахара уьш. Улло а бахана, уьш хьаьвсича, цигахь цхьа а адам дацара. 6 ЙогӀучу гӀудалкхийн татанаш а, дойн терсар а, догӀучу доккхачу эскаран гӀовгӀа а ю моттадалийтинера Везачу Эло арамхойн эскарна. ТӀаккха цара вовшашка аьллера: «Тешна, вайна дуьхьал тӀом байтархьама, исраилхойн паччахьо хьетахойн а, мисархойн а паччахьаш лаьцна хир бу». 7 МаьркӀажхенахь шайн четарш а, дой а, варраш а юьтуш, шайн меттамотт дӀа а тесна, шайн синош кӀелхьар а дохуш, дӀабевддера уьш.

8 Цамгар кхетта волу и виъ стаг, меттаматтана йисте а кхаьчна, четарех цхьанна чувелира. Цара яа а йиира, мала а мелира цу чохь. ТӀаккха четар чуьра дети а, деши а, тӀеюха бедарш а, схьа а эцна, дӀа а бахана, и хӀуманаш дӀалачкъийра цара. Юха а бирзина, цара шолгӀачу четар чуьра а еза хӀуманаш, схьа а эцна, уьш а дӀалачкъийра. 9 Цара вовшашка элира: «Вай нийса лелаш дац! Хаза хаам хилла де ду хӀара, ткъа вай, и дӀа а ца буьйцуш, Ӏаш ду. Нагахь вай кхузахь сатассалц Ӏахь, вайна таӀзар дийр ду. Вай, дахана, паччахьан цӀахь хӀара гӀуллакх дӀахаийта деза». 10 Цара, тӀе а бахана, гӀалин кевнехь лаьттачу гӀаролехь болчаьрга схьакхайкхира. Цара, дерриг а дӀа а дуьйцуш, элира: «Тхо арамхойн меттаматтана тӀедахара, амма цигахь цхьа а адам дацара я адаман аз а дацара хезаш. Ткъа лаьтташ яра йихкина говраш, варраш. Даьсса четарш дара, шаьш ма-хиллара, лаьтташ».

11 ГӀаролехь болчара и кхаъ дӀакхайкхийра, иза паччахьан цӀа чу а кхечира. 12 Паччахьо, буьйсанна хьала а гӀаьттина, шен тӀеман хьаькамашка элира: «Арамхой шуна хӀун дан бохку дуьйцур ду ас шуьга. Царна хаьа вайга мацалла хӀоьттинийла, цундела уьш, шаьш болчуьра дӀа а бевлла, аренгахь дӀахьулбелла. Царна дагахь хир ду: „Исраилхой гӀалара арабевлча, уьш дийна боллушехь схьа а лецна, вай гӀали чу девр ду“».

13 Паччахьан тӀеман хьаькамех цхьаммо элира: «Вайн дийна бисина болу пхи дин, схьа а эций, вайн нах бахийта цига. И говраш хӀетте а лийр ю-кх, гӀалахь белла болу массо а нах санна. Уьш а бахийтина, хьовсий вай, цигахь хӀун ду?» 14 Говраш а йоьжна, ши гӀудалкх а, нах а бахийтира паччахьо арамхойн эскарна тӀаьхьа. «ГӀой, хьовсийша, хӀун ду те эццахь дерг», – элира паччахьо. 15 Уьш Йордан-хина тӀекхаччалц дӀабахара. Сихбелла, бевдда боьлхучу арамхоша охьаэгийна бедарш а, герз а дара некъан бохалла Ӏуьллуш. Паччахьо бахийтинчара, юха а бирзина, иза цуьнга дӀадийцира. 16 Халкъо, ара а даьлла, арамхойн четарш чуьра ерриг а хӀума схьаийцира. Везачу Эло ма-аллара, тоьллачу деман саьхьан мах цхьа шекхал, ткъа мекхан шина саьхьан мах а изза хилира.

17 Куьг тӀетовжош хилла волу шен тӀеман хьаькам паччахьо гӀалин кевнехь гӀаролехь дӀахӀоттийнера. Ткъа халкъо и тӀеман хьаькам кевнехь хьаьшира. Иза цигахь велира. Ша волчу паччахь веанчу хенахь, Делан стага цуьнга хир ду ма-аллара, дерриг а кхочушхилира. 18 Делан стага паччахье: «Кхана хӀоккху хенахь тоьллачу деман цхьана саьхьан мах цхьа шекхал хир бу, ткъа мекхан шина саьхьан мах а хир бу цхьа шекхал. Иза Шамран-гӀалин кевнехь духкур ду», – аьллачу хенахь, 19 тӀеман хьаькамо аьллера Делан стаге: «Нагахь Везачу Эло стигалахь кораш даьхча а, хила тарлой те иза?» Ткъа Делан стага хӀетахь аьллера: «Хьан бӀаьргашна иза гур ду, амма цунах хӀумма а ахьа юур яц!» 20 Оцу ялхочунна аьлларг хила а хилира: халкъо кевнехь хьаша а хьаьшна, иза велира.

8

Шунамхочунна цуьнан аренан дакъа юхадалар

1 Ша веллачуьра денвина хиллачу кӀентан нене ЭлишаӀ-пайхамаро аьллера: «Хьала а гӀаттий, хьо а, хьан цӀеранаш а цхьанхьа шайн Ӏен таро йолчу метте дӀагӀо, хӀунда аьлча Везачу Эло сацам бина, кху махкахь ворхӀ шарахь мацалла лаьттар ю аьлла». 2 Оцу зудчо Делан стага шега аьлларг динера. Цо а, цуьнан цӀерачара а, дӀа а бахана, пӀелаштамхойн махкахь ворхӀ шо даьккхинера.

3 ВорхӀ шо чекхдаьлча, и зуда юхайирзира пӀелаштамхойн махкара. Цо, паччахь волчу а яхана, шен цӀа а, шен аре а шена схьаялар дийхира. 4 Ткъа паччахь цу хенахь Делан стеган ялхочуьнца ГӀайхьазица къамел деш вара. Цо бохура: «Дийцахьа соьга ЭлишаӀа мел динчу тамашийначу гӀуллакхех лаьцна». 5 ЭлишаӀа веллачуьра кӀант денварх лаьцна ГӀайхьази къамел деш воллучу хенахь, цу кӀентан нана, паччахье шен цӀа а, аре а юха а шен дола яккхийтахьара бохуш, доьхуш йоллура. Ткъа ГӀайхьазис элира: «Сан паччахь волу олахо, хӀара шиъ ду-кх ЭлишаӀа денвина кӀант а, цуьнан нана а». 6 Паччахьо оцу зудчуьнга хеттарш дира, ткъа зудчо дерриг а дӀадийцира. ТӀаккха паччахьо шен кертахь гӀуллакх деш болчех цхьаъ вахийтира цуьнца. Паччахьо элира: «Оцу зудчунна цуьнан долахь хилларг дерриг а юхадерзаде. Иза цӀера яьлла хиллачу хенахь дуьйна таханлерчу денна тӀекхаччалц, цуьнан кха тӀера баьллачу пайданах цунна доггӀург дӀа а ло».

ЭлишаӀ-пайхамаррий, Хьазиаллий

7 Арамхойн паччахь Бен-Хьадид цомгуш волчу хенахь, ЭлишаӀ Дамасакхе веанера. Делан стаг цу гӀала веана аьлла хаам паччахьна тӀе кхаьчча, 8 паччахьо Хьазиале элира: «СовгӀат схьа а эций, Делан стагана дуьхьал гӀо. Цуьнга Везачу Эле хаттар дайта: „Кху цамгарх толур вуй со?“ – аьлла». 9 Шовзткъа эмкална Дамасакх-гӀалара уггар тоьлла долу совгӀаташ тӀе а дехкина, Хьазиал ЭлишаӀана тӀевеара. Цунна хьалха дӀа а хӀоьттина, Хьазиала элира: «Арамхойн паччахь волчу хьан кӀанта Бен-Хьадида, хьуна тӀеваийтина со: „Кху цамгарх толур вуй те со?“ – аьлла, хаттар дан».

10 ЭлишаӀа цуьнга жоп делира: «ДӀа а гӀой: „Хьо толур ву“, – ала цуьнга. Амма Везачу Эло, Бен-Хьадид лийр ву аьлла, дӀадиллина суна», – элира ЭлишаӀа. 11 ЭлишаӀ Хьазиале леррина дӀахьоьжура, иза воххалц. ТӀаккха Делан стаг вилхира. 12 Хьазиала хаьттира: «Хьо хӀунда воьлху, сан эла?»

«Дера воьлху, ахьа Исраилан халкъана хӀун зулам дахьар ду сайна хиъна дела. Ахьа церан гӀепаш ягор ю, кӀентий тур детташ бойур бу, декхаш долу бераш а хьоьшур ду, берах болу зударий а цоьстур бу», – жоп делира ЭлишаӀа.

13- 8:13 Сулим 19:15. Хьазиала элира: «Хьан лай волу со, жӀаьла, мила вара оццул доккха долу гӀуллакх кхочушдаллал?»

ТӀаккха ЭлишаӀа элира: «Везачу Эло дӀадиллина суна арамхойн паччахь хила хьо билгалваьккхина хилар».

14 ЭлишаӀ волчуьра дӀа а вахана, шен паччахь волчу веара Хьазиал. Паччахьо хаьттира: «ХӀун элира хьоьга ЭлишаӀа?»

«Цо соьга элира, хьо толур ву», – аьлла, жоп делира Хьазиала. 15 ШолгӀачу дийнахь Хьазиала, стомма юргӀа схьа а эцна, иза, хи чохь даша а дина, паччахьан юьхь тӀе тесира, ткъа важа велира. Цуьнан метта Хьазиал, паччахь а хилла, дӀахӀоьттира.

ЯхӀудхойн паччахь ЯхӀурам

(2 Шерашкахь 21:1-20)

16 Ахьабан кӀанта Йорама Исраилан халкъана тӀехь паччахьалла до пхоьалгӀа шо долуш, ЯхӀудан халкъана тӀехь ЯхӀушапти паччахь волуш, яхӀудхойн кхин паччахь дӀахӀоьттира ЯхӀушаптин кӀант ЯхӀурам. 17 ЯхӀураман ткъе шийтта шо дара, иза яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттича. Цо бархӀ шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. 18 Иза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош, Ахьабан цӀийнах берш ма-леллара, хӀунда аьлча Ахьабан йоӀ цуьнан зуда яра. ЯхӀурама а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. 19- 8:19 Сулим 11:36. Делахь а Везачу Элана, Шен ялхо волчу Даудан дуьхьа, ЯхӀудан халкъ хӀаллакдан ца лаьара. Цуьнан тӀаьхьенна гуттаренна а паччахьалла дар лур ду аьлла, Даудана чӀагӀо ма йинера Везачу Эло.

20- 8:20 Доладалар 27:40. ЯхӀурама паччахьалла дечу хенахь Эдоман халкъ, ЯхӀудан халкъан карара кӀелхьара а долуш, цунна дуьхьалделира. Цара шайн паччахь дӀахӀоттийра. 21 ЯхӀурам шен ерриге а гӀудалкхашца ЦаӀир-гӀала вахара. Иза, буьйсанна тӀе а гӀоьртина, шайна го бина болчу эдомхошна а, гӀудалкхашна тӀера церан хьаькамашна а тӀелетира. Ткъа яхӀудхойн эскархой шайн цӀеношка дӀасабевдира. 22 Эдоман халкъ таханлерчу денна тӀекхаччалц яхӀудхойн карара дӀадалларх иштта Ӏаш ду. Оццу заманахь Либна-гӀала а яхӀудхошна дуьхьалъяьллера.

23 ЯхӀурамах лаьцна – цо мел динчу гӀуллакхех лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 24 ТӀаккха ЯхӀурам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза царна уллохь Даудан гӀалахь дӀавоьллира. ЯхӀураман метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Ахьаз-ЯхӀу.

ЯхӀудхойн паччахь Ахьаз-ЯхӀу

(2 Шерашкахь 22:1-6)

25 Исраилхойн паччахь волчу Ахьабан кӀанта Йорама паччахьалла до шуьйтталгӀа шо долуш хилира яхӀудхойн паччахьан ЯхӀураман кӀантах Ахьаз-ЯхӀух паччахь. 26 Ахьаз-ЯхӀу паччахь хӀоьттинчу хенахь, цуьнан ткъе ши шо дара. Цо цхьана шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе Ӏатал-ЯхӀу яра. Иза исраилхойн паччахь волчу Ӏумарин кӀентан йоӀ яра. 27 Ахьаз-ЯхӀу а вара Ахьабан цӀийнах болчийн некъахула лелаш. Ахьабан цӀийнах болчара санна, цо а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора, хӀунда аьлча шен ненехула иза Ахьабан цӀийнаца гергарло долуш вара.

28 Ахьабан кӀантаца Йорамца арамхойн паччахьна Хьазиална дуьхьал тӀом бан вахара Ахьаз-ЯхӀу. Иза ГалӀадера Рамат-гӀалахь дара. Арамхоша Йорамна чов йира. 29 Йорам-паччахь тӀамера юхавирзира, Рамат-гӀалахь арамхойн паччахьца Хьазиалца тӀом бечу хенахь шена арамхоша йинчу чевнашна ИзраӀал-гӀалахь дарбанаш леладайтархьама. Ткъа яхӀудхойн паччахь волу ЯхӀураман кӀант Ахьаз-ЯхӀу а веанера ИзраӀал-гӀала, цомгуш волу Ахьабан кӀант Йорам муьлхачу хьолехь ву хьажархьама.

9

ЯхӀу исраилхойн паччахь хиларна даьттанца къобалвар

1 ЭлишаӀ-пайхамаро, къоначу пайхамарех цхьаъ шена тӀе а кхайкхина, цуьнга элира: «Хьайн гӀодаюкъ а ехкий, хӀара зайтдаьтта чохь долу кхаба схьа а эций, ГалӀад-махкарчу Рамат-гӀала дӀагӀо. 2 Хьо цига дӀакхаьчча, Нимшайн кӀентан ЯхӀушаптин кӀант ЯхӀу схьа а къаставой, цунна тӀе а гӀой, цуьнга шен накъосташна юкъара схьавола а алий, иза ша чухуларчу цӀа чу ваккха. 3 ТӀаккха, хьайгара зайтдаьтта чохь долу кхаба схьа а эций, и даьтта цуьнан коьрта тӀе а доттий, цуьнга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Хьо Исраилан халкъана тӀехь паччахь хила къобалво Аса’. Цул тӀаьхьа, неӀ дӀа а еллий, дӀавада, сеца а ца соьцуш“».

4 Къона пайхамар ГалӀад-махкарчу Рамат-гӀала вахара. 5 Иза цига дӀакхаьчча, охьахевшина болу тӀеман хьаькамаш гира цунна. Къонахчо элира: «ТӀеман хьаькам, хьоьга ала цхьа дош ду сан».

ЯхӀус хаьттира: «Тхох муьлхачуьнга ду хьан дош?»

«Хьоьга ду, тӀеман хьаькам», – аьлла, жоп делира къонахчо. 6- 9:6 Сулим 19:16. Иза, хьала а гӀаьттина, цӀа чу велира. Къонахчо, цуьнан коьрта тӀе зайтдаьтта а доьттина, элира цуьнга: «Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „Хьо паччахь хила къобалво Аса Везачу Элан халкъ долчу Исраилан халкъана тӀехь. 7 Ахьа хьайн олахочун Ахьабан цӀа хӀаллакдан деза. Иза ахьа дийр ду Изабалан карах беллачу Сан пайхамарийн а, Везачу Элан хиллачу массо а ялхойн а Ӏаьнначу цӀийна тӀера Соьга бекхам байтархьама. 8 Ахьабан дерриг цӀа а хӀаллакьхир ду. Аса хӀаллаквийр ву Ахьабан цӀийнах схьаваьлла массо а боьрша стаг – чувоьллина я маьрша иза велахь а. 9 НабатӀан кӀентан ЯрбаӀаман цӀенна а, АхьъяхӀун кӀентан БаӀшин цӀенна а диннарг дина дӀахӀоттор ду Аса Ахьабан цӀенна а. 10- 9:10 Сулим 21:23. Ткъа Изабалах лаьцна аьлча, ИзраӀална уллохь долчу цхьана кха тӀехь жӀаьлеша юур ю иза, цхьаммо а иза дӀаюллур а яц“». ТӀаккха, неӀ дӀа а йиллина, къонах дӀаведира.

11 ЯхӀу паччахьан вукху тӀеман хьаькамашна тӀевахара. Хьаькамаша хаьттира цуьнга: «ХӀумма-м ца хилла? И лартӀехь воцург стенна веанера хьуна тӀе?»

«Шуна и стаг а вевза, цо хӀун боху а хаьа», – жоп делира ЯхӀус.

12 Цара элира: «И бакъ дац. Дийцал ахьа тхоьга».

ЯхӀус шега аьлларг дӀадийцира. ТӀаккха цо тӀетуьйхира: «Къонахчо бохура: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Аса Исраилан халкъана тӀехь паччахь хила къобалво хьо’“».

13 Цара сихха, хӀораммо а шен-шен бедар схьа а эцна, цуьнан когашка тӀегӀанаш тӀе охьатесира. ТӀаккха, коьман маӀа а локхуш, маьхьарий а детташ, элира: «ЯхӀу – паччахь ву».

Исраилхойн паччахь Йорам вер

14 Нимшайн кӀант волчу ЯхӀушаптин кӀанта ЯхӀус Йорам-паччахьна дуьхьал барт бира. (Массо а исраилхошца Йорам-паччахьо ГалӀад-махкара Рамат-гӀала ларйинера арамхойн паччахь волчу Хьазиалах. 15 Ткъа Йорам-паччахь ша-м ИзраӀал-гӀала юхавирзинера, арамхоша шена йинчу чевнашна дарбанаш леладайта. И чевнаш Йорамна хиллера, цо арамхойн паччахьца Хьазиалца тӀом бечу хенахь.) ЯхӀус элира: «Нагахь шу реза делахь, ИзраӀал-гӀала хаам эцна ца вахийтархьама, цхьа а гӀалара ара ма валийта». 16 ЯхӀу, гӀудалкх тӀе а хӀоьттина, ИзраӀал-гӀала вахара, хӀунда аьлча Йорам цигахь хӀинца а цомгуш волуш Ӏуьллуш вара. ЯхӀудхойн паччахь Ахьаз-ЯхӀу а вара цига веана, Йорам мухачу хьолехь ву хьажа.

17 ИзраӀал-гӀалин бӀов тӀехь лаьтташ гӀарол вара. Цунна ЯхӀуца йогӀу эскаран арданг гира. Цо хаам бира: «ЙогӀу цхьа арданг го суна», – аьлла.

Йорама элира: «Цхьа бере а къаставой, иза царна дуьхьалвахийта, хаттар а дойтуш: „Машарца догӀий шу?“»

18 ТӀаккха цхьа бере, дин тӀе а хиъна, ЯхӀуна дуьхьалвахара. Цо элира: «Паччахьо хоьтту: „Машарца вогӀий те хьо“?»

ЯхӀус жоп делира: «Хьуна хӀун ду иза? Суна тӀаьхьахӀотта хьо».

ГӀароло хаам бира: «Бере царна тӀекхечи, амма юхавоьрзуш вац», – аьлла. 19 ТӀаккха кхин а цхьа бере вахийтира. Беречо, царна тӀе а вахана, элира: «Паччахьо хоьтту: „Шу машарца догӀий те?“»

ЯхӀус жоп делира: «Хьуна хӀун ду иза? Суна тӀаьхьахӀотта хьо».

20 ГӀароло хаам бира: «Иза а царна тӀекхечи, амма юхавоьрзуш вац. Ткъа тхуна дуьхьал лаьтташ волчун болар Нимшайн кӀентан ЯхӀун боларх тера ду, хӀунда аьлча цо хьераваьллачо санна лелайо гӀудалкх».

21 Йорама элира: «ГӀудалкх дӀайожа!» Цуьнан гӀудалкх дӀаюьйжира. ТӀаккха исраилхойн паччахь Йорам а, ЯхӀудхойн паччахь Ахьаз-ЯхӀу а шайн гӀудалкхаш тӀехь ЯхӀуна дуьхьалваха аравелира. И шиъ ЯхӀуна дуьхьалвахара, израӀалхочун Набутин аренгахь вовшах а кхеташ. 22 Йорама, шена ЯхӀу гича, хаьттира: «ЯхӀу, машарца вогӀий те хьо?»

«Машар муха хуьлу, хьан нанас Изабала долийна долу цӀушна Ӏибадат дар а, бозбунчаллаш лелор а хӀинца а долуш хилча?» – аьлла, жоп делира ЯхӀус.

23 Куьйгашца гӀудалкх юха а ерзош, говраш дӀа а лелхош, Йорама элира: «Ахьаз-ЯхӀу! Вайна ямартло йина!» 24 Ткъа ЯхӀус, шен куьйга Ӏад а дуьйлина, Йораман белшашна юккъе пха туьйхира. И пха Йораман дагах кхийтира. Иза шен гӀудалкх чу охьавуьйжира. 25 Шен гӀудалкх лелош волчу Бадекъаре ЯхӀус элира: «Схьа а эций, израӀалхочун Набутин лаьттан декъа тӀе охьакхосса иза. Дагабаийтал хьайна, гӀудалкхана тӀехь вайшиъ цуьнан дена Ахьабана тӀаьхьахӀоьттина вогӀучу хенахь, Везачу Эло цунах лаьцна бина хаам: 26- 9:26 Сулим 21:19. „Билггал Набутин а, цуьнан кӀентийн а цӀий гинера Суна селхана, – боху Везачу Эло. – Аса бекхам бийр бу хьуна кху аренна тӀехь“. Цундела, схьа а эций, Везачу Эло ма-аллара, аренна тӀехь охьакхосса иза».

ЯхӀудхойн паччахь Ахьаз-ЯхӀу вер

27 Хилларг а гина, яхӀудхойн паччахь Ахьаз-ЯхӀу Байт-ХӀаган-гӀалина тӀебоьдучу новкъа тӀехула дӀаиккхира. ЯхӀус, гӀудалкх цунна тӀаьхьа а хохкуш, элира: «Иза а, вей, дӀаваккха шен гӀудалкхана тӀехь». ИбалӀам-юьртана юххехь йолчу Гур олучу метте Ахьаз-ЯхӀус шен гӀудалкх лаьллича, цунна чов йира цара+ 9:27 *...цунна чов йира цара *– иштта ширачу гочдар тӀехь ду. Ӏебархойн тептар тӀехь и дешнаш дац.*. Ахьаз-ЯхӀу, МагӀидда-гӀала дӀа а кхаьчна, цигахь велира. 28 Цуьнан тӀеман хьаькамаша, иза Ярушалайме а ваьхьна, шен къубба чохь, цуьнан дай дӀабоьхкинчу Даудан гӀалахь дӀавоьллира.

29 Ахьаз-ЯхӀу яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттинера, Ахьабан кӀанта Йорама паччахьалла до цхьайтталгӀа шо долуш.

Зуда-паччахь йолу Изабал ер

30 ЯхӀу ИзраӀал-гӀала кхечира. Ткъа Изабал, шена и хаам беанчу хенахь, бӀаьргашна тӀе басарш а хьекхна, шен месаш то а йина, корехула арахьоьжуш лаьтташ яра. 31 ЯхӀу кевнах чоьхьаваьлча, Изабала элира: «Хьо машарца вогӀий те, хьайн паччахь вийна волу Зимари?+ 9:31 *Зимари *– иза исраилхойн тӀеман хьаькам вара, исраилхойн паччахь вийна волу. ДӀадеша Сулим 16:8-12.*»

32 Шен юьхь корехьа а ерзийна, ЯхӀус хаьттира: «Мила ву кхузахь, соьгахьа верг?» – аьлла. Корах арахьаьжира паччахьан цӀийнара ши-кхо ялхо. 33 ЯхӀус элира: «Корах аратаса иза». Изабал аратесира. Пенна тӀе а, говраш тӀе а деттаделира цуьнан цӀийн тӀадамаш. Изабалан дегӀа тӀехула шен гӀудалкх яьккхира ЯхӀус. 34 Чу а веана, ша хӀума йиъна а, мелла а ваьлча, цо элира: «Шена тӀехь неӀалт долу иза, схьа а лахий, дӀайолла, хӀунда аьлча иза паччахьан йоӀ ю». 35 Нах иза дӀайолла бахара, амма цунах йисина коьртан туьта, когийн а, куьйгийн а даьӀахкаш йоцург, хӀумма а ца карийра царна. 36- 9:36 Сулим 21:23. Юха а баьхкина, цара хаам бира. ЯхӀус элира: «Иштта дара Везачу Элан дош, Шен ялхочун тишабхо волчу Эли-ЯхӀугахула Цо аьлла долу: „ИзраӀалхойн аренгахь Изабалан дилха жӀаьлеша дуур ду. 37 Изабалан дакъа, кхо санна, израӀалхойн декъа тӀехь Ӏуьллур ду. ТӀаккха цхьаммо а эр дац: ‘Изабал ю иза’“».

10

Ахьаб-паччахьан тӀаьхье ер

1 Ахьабан Шамран-гӀалахь кхузткъе итт кӀант вара. ЯхӀус, кехаташ а яздина, Шамран-гӀалахь болчу израӀалхойн хьаькамашка а, къаношка а, Ахьабан берийн Ӏуналла а деш, царна тӀехьожуш болчаьрга а дӀасадахьийтира уьш. Церан чулацам иштта бара: 2 «Шу долчохь шун олахочун кӀентий бу, шуьгахь гӀудалкхаш а, дой а, чӀагӀо йина гӀала а, герз а ду. Цундела хӀара кехат шайга дӀакхаьчча, 3 аша шайн олахочун берех тоьлла а, доьналла долуш волу а кӀант схьакъаставе. Иза шен ден паччахьан гӀанта тӀе а хаавай, шайн олахочун цӀийнан агӀор дӀа а хӀоттий, тӀом бе».

4 Цара, чӀогӀа кхера а белла, элира: «Шина паччахье а ян ца елла цунна дуьхьало, ткъа оха хӀун дийр дара?» 5 Паччахьан цӀийнан хьаькамо а, гӀалин хьаькамо а, къаноша а, берийн Ӏуналла а деш, царна тӀехьожуш болчара а ЯхӀуна тӀе нах бахийтира. Цара бохура: «Тхо хьан ялхой ду-кх. Ахьа тхайга де аьлларг, дийр ду оха. Цхьа а паччахь хӀоттор вац оха. Хьайна хеттарг де ахьа».

6 ТӀаккха ЯхӀус шозлагӀа а иштта яздина кехат дахьийтина цаьрга: «Нагахь санна шу сан а делахь, аса бохург аша деш а делахь, шайн олахочун кӀентийн кортош тӀера а дахий, кхана хӀоккху хенахь со волчу ИзраӀал-гӀала схьадуьйла».

Ткъа Ахьаб-паччахьан кхузткъе итт кӀант вара. Церан дола а деш, царна тӀехьожуш гӀалара тоьлла хьолахой бара. 7 Шайга и кехат дӀакхаьчча, цара, паччахьан кӀентий байа а байина, церан кортош тускарш чу а дехкина, уьш ИзраӀал-гӀала ЯхӀуна тӀе дӀадахьийтира.

8 Геланчо ЯхӀуга хаам бира: «Паччахьан кӀентийн кортош схьадеана», – аьлла.

ЯхӀус элира: «Царах ши хола а яй, Ӏуьйре тӀеяллалц кевнехь шина а агӀор охьадахкий, дита уьш». 9 Ӏуьйранна ЯхӀус, ара а ваьлла, дӀа а хӀоьттина, дерриг а халкъе элира: «Шу бехке дац. Гой шуна, аса, сайн олахочунна дуьхьал ямартлонца барт а бина, иза вийна. Ткъа уьш берриг а хьан байина? 10 ХӀинца дӀахаалаш, Везачу Эло Ахьабан цӀийнах лаьцна аьлла дош цхьа а эрна довр дац. Шен ялхо волчу Эли-ЯхӀугахула Ша аьлларг Везачу Эло кхочушдина». 11- 10:11 ХӀушаӀ 1:4. Иштта ИзраӀал-гӀалахь Ахьабан цӀийнах дийна бисинарш а, цуьнан хьалхара болу хьоладай а, доттагӀий а, динан дай а хӀаллакбира ЯхӀус. Цуьнан тӀаьхьенах цхьа а дийна ца висира.

Ахьаз-ЯхӀу-паччахьан гергара нах байар

12 ЯхӀу, хьала а гӀаьттина, Шамран-гӀала дӀавахара. Новкъахь, жаӀуй вовшахкхетачу Байт-Ӏекхад олучу меттигехь, 13 яхӀудхойн паччахьан Ахьаз-ЯхӀун гергарнаш дуьхьалкхийтира цунна. ЯхӀус хаьттира цаьрга: «Шу муьлш ду?»

«Тхо Ахьаз-ЯхӀун гергарнаш ду. Паччахьан кӀенташка а, паччахьан ненан Изабалан кӀенташка а маршалла хатта арадевлла тхо», – жоп делира цара. 14 ЯхӀус элира: «Цара, дийна боллуш уьш дӀа а лаьцна, Байт-Ӏекхадан гӀунна уллохь байира. Уьш шовзткъе ши стаг вара, ткъа царах цхьа а дийна ца висира».

Ахьаб-паччахьан кхиболу гергара нах байар

15 Цигара дӀавахча, шена дуьхьал вогӀу Рахбин кӀант ЯхӀу-Надаб гира ЯхӀуна. Маршалла а хаьттина, ЯхӀус элира цуьнга: «Хьан дог а дуй те соьгахьа дирзина, сан дог хьоьгахьа дирзина ма-хиллара?»

ЯхӀу-Надаба элира: «Ду».

«Иза иштта делахь, хьайн куьг схьакховдаде». Вукхо шен куьг дӀакховдийра. ЯхӀус иза шен гӀудалкх тӀе хьалаваьккхира. 16 Цо элира: «Соьца дӀа а волий, со Везачу Элана тӀевирзина хиларе хьажахьа». ЯхӀу-Надаб гӀудалкхана чу охьахиира. 17 Уьш Шамран-гӀала дӀакхаьчча, ЯхӀус цигахь Ахьабан дийна мел виснарг хӀаллаквира. Цо уьш, тӀаьхье а ца юьтуш, хӀаллакбина дӀабехира. Везачу Эло Эли-ЯхӀугахула аьлла ма-хиллара, кхочушхилира дерриге а.

БаӀална Ӏибадат деш берш хӀаллакбар

18 ЯхӀус дерриг а халкъ схьагулдира. Цо халкъе элира: «Ахьаба кхоччуш Ӏамал ца йора БаӀална, ткъа ЯхӀус цунна гӀуллакх дар совдоккхур ду. 19 БаӀалан массо а пайхамарш, массо а цунна Ӏамал еш берш, массо а цуьнан динан дай а, цхьа а схьаваза стаг а ца вуьтуш, схьагулбе суна тӀе, хӀунда аьлча аса доккха сагӀа доккхур ду БаӀална лерина. Ткъа схьа ца вогӀуш висинарг цхьа а дийна вуьтур вац». (ЯхӀус хӀилланца деш дара иза, БаӀална Ӏамал еш болу берриш а хӀаллакбархьама.) 20 ЯхӀус элира: «БаӀална лерина беза гулам хӀоттабе». Иштта дӀакхайкхийра гулам хӀотто безар. 21 Берриг а Исраил-махкахула дӀасабаржийра ЯхӀус и хаам. БаӀална Ӏамалъеш болу массо а нах схьагулбелира. Ца вогӀуш цхьа а ца висира. Уьш БаӀалан цӀа чу бевлира. И цӀа цхьана йистера вукху йисте кхаччалц дуьзира. 22 ТӀеюху бедарш ларъеш волчуьнга ЯхӀус элира: «БаӀална Ӏамал еш болчу массарна а тӀеюха бедарш схьая». Цу стага царна тӀеюха бедарш схьаеара. 23 Шеца Рахбин кӀант ЯхӀу-Надаб а вуьгуш, БаӀалан цӀенна чувелира ЯхӀу. «Талла а таллий, дика хьажа, цхьа а Везачу Элана гӀуллакх дечарах вуй те хӀокху чохь, хӀунда аьлча кху чохь БаӀална Ӏамал еш берш бен хила ца беза». 24 Иштта дийнаташ дагоран сагӀанаш а, кхидолу сагӀанаш а даха БаӀал-цӀун цӀенна чубевлира уьш. Ткъа ЯхӀус цӀенна арахьа везткъа стаг дӀахӀоттийнера, цо цаьрга аьлла: «Аса шун кара беллачех цхьаъ кӀелхьарвалахь, шен куьйга иза кӀелхьарвалийтинчун са оцу кӀелхьарваьллачун синан метта хир ду».

25 Дийнаташ дагоран сагӀанаш даьхна чекхдевлча, ЯхӀус гӀаролхошка а, хьаькамашка а элира: «Даха а гӀой, царах цхьа а ца вуьтуш, байа уьш». Уьш туьран ираллица байа а байина, шаьш болчохь а битина, гӀаролхой а, хьаькамаш а БаӀалан цӀийнан чухуларчу чӀагӀйинчу чоьнна чубахара. 26 Цу чуьра цӀу-делан дечиган бӀогӀам ара а баьккхина, иза багийра цара. 27 Иштта кегбира БаӀална хӀоттийна тӀулг а, дохийра БаӀалан цӀа а. И меттиг хӀинца а цӀанонна воьду меттиг ю.

28 Иштта ЯхӀус исраилхошна юкъара БаӀална Ӏибадат дар дӀадаьккхира. 29- 10:29 Сулим 12:28-30. Амма НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама Исраилан халкъе летадайтинчу къинойх дӀа ца вирзира ЯхӀу – Бетал-гӀалахь а, Дан-гӀалахь а деших дина долчу эсашна наха Ӏибадат дарна тӀера. 30 Везачу Эло ЯхӀуга элира: «Ахьа Суна хьалха бакъахьадерг доггах кхочушдина, Ахьабан цӀенна Сан дан безам болу гӀуллакх чекх а даьккхина, цундела хьан тӀаьхьенах доьалгӀачу гаранна тӀекхаччалц берш хир бу исраилхойн паччахьаш». 31 Амма ЯхӀу Исраилан халкъан Везачу Делан товрат-хьехамаш доггах ларбаран некъа тӀехь ца лелара. ЯрбаӀама Исраилан халкъе летадайтинчу къиношна тӀера дӀа ца вирзира иза.

ЯхӀу-паччахьан валар

32 Цу деношкахь Везачу Эло исраилхойн лаьттан дакъош схьадаха долийра. Хьазиал, исраилхошна тӀехь толам а баьккхина, йоккха кӀошт яьккхира цаьргара шен дола. 33 И кӀошт яра Йорданан малхбалехьа йолчу меттехь, ӀаруӀер-гӀалара дуьйна Арнон-хина тӀекхаччалц. Цу чу догӀура ГалӀад а, Башан а мехкаш. Цигахь Гадан, Раабанан а, Маннашан а тайпанаш дехаш дара.

34 ЯхӀус динчу хӀуманех лаьцна – цо мел динчух а, цуьнан майрачу гӀуллакхех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. 35 ТӀаккха ЯхӀу, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Шамран-гӀалахь дӀавоьллира. ЯхӀун метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант ЯхӀу-Ахьаз. 36 Ткъа ЯхӀус, Шамран-гӀалахь а Ӏаш, исраилхошна тӀехь паччахьалла дина хан ткъе бархӀ шо яра.

11

ЯхӀудхойн зуда-паччахь йолу Ӏатал-ЯхӀу

(2 Шерашкахь 22:10–23:15)

1 Шен кӀант велла аьлла шена хезча, Ахьаз-ЯхӀун нанас Ӏатал-ЯхӀус сацам бира паччахьан тӀаьхьенах верг массо а хӀаллакван. 2 Амма Ахьаз-ЯхӀун йиша йолчу, ЯхӀурам-паччахьан йоӀа ЯхӀу-ШебаӀа Ахьаз-ЯхӀун кӀант Юаш, паччахьан байа безачу кӀенташна юкъара схьа а эцна, дӀавигира. И кӀант а, иза вакхош йолу зуда а дӀавуьжучу цӀа чу дигира цо. Иштта, Ӏатал-ЯхӀух къайла а ваьккхина, дийна висира Юаш. 3 Ӏатал-ЯхӀус цу махкахь паччахьалла деш йолчу заманчохь, ялх шарахь, оцу кӀентан дола дечу оцу зудчо Везачу Элан цӀа чохь къайлаваьккхира иза.

4 Цуьнан ворхӀалгӀа шо долуш, динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа, паччахьан гӀаролхошна а, паччахьан цӀийнан гӀаролхошна а юкъара хьаькамаш схьакхайкха нах а бахийтина, уьш Везачу Элан цӀийне ша волчу схьабалийра. ЯхӀу-ЯдаӀа цаьрца барт бира. ТӀаккха динан дас, Везачу Элан цӀа чохь цаьрга чӀагӀо а яйтина, паччахьан кӀант Юаш гайтира царна. 5 ЯхӀу-ЯдаӀа, омра а деш, элира цаьрга: «Аша хӀара кхочушде: шоьтан дийнахь шух схьадогӀуш долчу кхоалгӀачу декъо паччахьан цӀенна ха де. 6 Царах вукху кхоалгӀачу декъо – Сур олучу кевнехь, ткъа тӀаьххьара кхоалгӀачу декъо паччахьан гӀаролхошна тӀехьа долчу кевнехь ха де. Иштта, паччахьан цӀенна тӀехь аша рогӀ-роггӀана ха де. 7 Ткъа шоьтан дийнахь мукъадовлучу шух массарах а долчу шина декъо Везачу Элан цӀахь волчу паччахьна ха де. 8 Иштта аша, шайн хӀораннан а карахь герз а долуш, массо а агӀор паччахьна ха де. Нагахь цхьаъ, шуна тӀе а веана, юкъагӀортахь я тӀевагӀахь, иза вей дӀаваккха. Паччахь миччахьа вахача а, цуьнан Ӏуналла де».

9 Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа де аьлларг дерриг а кхочушдира хьаькамаша. Цара хӀораммо а шоьтан дийнахь схьабогӀу а, мукъабовлу а тӀемалой шайца ЯхӀу-ЯдаӀана тӀебалийра. 10 Везачу Элан цӀа чохь лаьтташ долу Дауд-паччахьан хилла гоьмукъаш а, турсаш а динан дас гӀаролхойн хьаькамашна дӀасадийкъира. 11 Иштта, шайн карахь герз а долуш, паччахьан гӀаролхой дӀахӀиттира цигахь. Уьш дӀахӀиттира паччахьна гонах – Везачу Элан цӀенна аьтту агӀонна тӀера аьрру агӀонна тӀекхаччалц, сагӀа доккхучу кхерчана уллохь а, Везачу Элан цӀенна уллохь а. 12 ЯхӀу-ЯдаӀа, паччахьан кӀант ара а ваьккхина, цунна тӀе таж а диллира, паччахьалла дарх лаьцна болу хьехамаш шена тӀехь язбина тептар а дӀаделира. ТӀаккха иза паччахь дӀахӀотто даьтта тӀе доттарца къобалвира. Наха, тӀараш а детташ, маьхьарий хьоькхура: «Вехийла паччахь!» – бохуш.

13 Шена гӀаролхойн а, халкъан а аьзнаш хезча, Ӏатал-ЯхӀу Везачу Элан цӀенна юххехь лаьттачу халкъана тӀеяхара. 14 ТӀаккха, лакхенна тӀехь, ша латта ма-везза, лаьтташ волу паччахь гира Ӏатал-ЯхӀуна. Паччахьна уллохь лаьтташ хьаькамаш а, турба локхуш берш а бара. Цу махкахь долу дерриг а халкъ, самукъане а дара, цара лоькхуш турбанаш а яра. Ӏатал-ЯхӀус, шен тӀехула юьйхина йолу бедар ятӀа а йина, мохь хьаькхира: «Ямартло йина! Ямартло йина!» – аьлла.

15 Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа, эскаран хьаькамаш болчу гӀаролхошка омра а деш, элира: «Иза могӀаршна юкъара дӀаяккха, ткъа цунна тӀаьхьахӀуьттурш туьраца байа». ХӀунда аьлча динан дас аьллера: «Везачу Элан цӀийнан кертахь ма ейта иза». 16 Паччахьан цӀенна уллохь йолчу Говрийн Керта иза схьакхаьчча, церан буьйна яхара иза. Цигахь цуьнан са даьккхира цара.

Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа дина юхаметахӀиттораш

(2 Шерашкахь 23:16-21)

17 Цул тӀаьхьа халкъе а, паччахье а Везачу Элаца барт байтира ЯхӀу-ЯдаӀа, шаьш Везачу Элан долахь долу халкъ хилийтархьама. Иштта паччахьна а, халкъана а юкъахь а барт бира ЯхӀу-ЯдаӀа. 18 ТӀаккха махкарчу дерриг а халкъо, БаӀал-харцделан цӀа а дахана, и цӀа дохийра. Цара БаӀалан сагӀа доккху кхерчаш а, цӀуш а бохийна дӀабехира. Иштта БаӀалан динан да волу Матани а вийра цара сагӀа доккхучу кхерчашна хьалха.

Цул тӀаьхьа динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа Везачу Элан цӀенна ха дан нах дӀахӀиттийра. 19 Динан дас, шеца хьаькамаш а, паччахьан гӀаролхой а, паччахьан кертан гӀаролхой а буьгуш, Юаш-паччахь Везачу Элан цӀийнера паччахьан цӀенна тӀе валийра. ТӀаккха паччахьан гӀаролхойн кевнна тӀе боьдучу новкъахула паччахьан цӀа кхечира уьш. Юаш-паччахь шен паччахьан гӀанта тӀе охьахиира. 20 Мехкан дерриге а халкъ самукъане дара, гӀала а дӀатийра, хӀунда аьлча Ӏатал-ЯхӀу паччахьан цӀенна уллохь, тур а тоьхна, йийнера.

21 Юашан ворхӀ шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича.

12

ЯхӀудхойн паччахь волу Юаш

(2 Шерашкахь 24:1-16)

1 Исраилхошна тӀехь ЯхӀус паччахьалла деш долу ворхӀалгӀа шо долуш, Юаш паччахь дӀахӀоьттира. Цо шовзткъа шарахь, Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе ЦивъяхӀу яра. Иза Беар-ШабаӀ-гӀалара яра. 2 Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа шена хьехамаш бечу массо а ханна Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора Юаша. 3 Делахь а, тӀехь сагӀа доккху гунаш цо дӀадахаза диснера, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора.

4- 12:4 Арадаккхар 30:11-16. Динан дайшка Юаша иштта элира: «Гулде Везачу Элан цӀенна наха дахьаш мел долу Далла лерина ахча – ясакх санна хӀора стагана тӀера дӀадала дезаш долу ахча а, Далла динчу ваӀданца доьзна долу ахча а, адамаша шайн лаамехь Везачу Элан цӀенна луш мел долу ахча а. 5 ХӀора динан дас, Делан цӀийнан хазна карахь йолчу цхьаьнгара ахча схьа а эцна, цунах Везачу Элан цӀа тодан деза, ерриге а йохийна меттигаш дӀа а тоеш».

6 Амма Юаша паччахьалла до ткъе кхоалгӀа шо долчу хенахь а, Везачу Элан цӀа чохь йоьхна меттигаш динан дайша хӀинца а тойина яцара. 7 Цундела Юаш-паччахьо, динан да ЯхӀу-ЯдаӀ а, кхиболу динан дай а схьа а кхайкхина, цаьрга элира: «Везачу Элан цӀа чохь йоьхна йолу меттигаш то хӀунда ца йо аша? Аша кхидӀа ма эцалаш шайн хазна карахь йолчаьргара ахча, Везачу Элан цӀа дӀатодарна бен». 8 ТӀаккха динан дайша барт бира нахера ахча кхин шайга дӀа ца эца. Везачу Элан цӀа шаьш тодийр дац аьлла, сацам а бира цара.

9 Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа, цхьа гӀутакх схьа а эцна, цунна тӀехула агӀор херо а даьккхина, иза сагӀа доккхучу кхерчана аьтту агӀорхьа Делан цӀийнан керта чу воьддучу дӀахӀоттийра. Кертан неӀарехь ха деш лаьттачу динан дайша Везачу Элана наха дахьаш долу ахча, схьа а оьций, оцу гӀутакх чу тосура. 10 Цу гӀутакх чохь дуккха а ахча гулделча, динан коьртачу дас а, паччахьан йозанчо а, ахча схьа а оьций, дагар а дой, галеш чу дуьллура иза. 11 ТӀаккха и ахча Везачу Элан цӀа нисдаран балхана тӀехь куьйгалла деш болчу нахе дӀалора. Ткъа цара иза дечиган пхьерашна а, гӀишлош еш болчарна а, 12 тӀулгаш дуттучарна а, тӀулг хьокхучарна а доькъура. Иза дойура дечиг а, хьаькхна тӀулг а эцарна а, Везачу Элан цӀа чуьра йоьхна меттигаш тоян а, и цӀа меттахӀоттош нислуш долчу массо а кхечу гӀуллакхашна а. 13 Делахь а, Везачу Элан цӀенна дахьаш долчу ахчанах ца йойтура дато бошхепаш а, милт хадо тукарш а, боганаш а, турбанаш а, цу цӀенна лерина муьлхха а тайпана дашо я дато пхьегӀаш а. 14 Белхан куьйгалхошна дӀалора и ахча, ткъа цара цунах Везачу Элан цӀа тодора. 15- 12:15 Сулим 22:7. Белхалошна дӀасадекъа ахча дӀаделлачу адамашкара хьесап ца хоьттура, хӀунда аьлча уьш тешаме нах бара. 16- 12:16 Ӏамалъяр 7:7. ГӀуда такхаран а, къинан а сагӀанех долу ахча Везачу Элан цӀа чу ца дахьара – иза динан дайн долахь дара.

17 Цу хенахь арамхойн паччахьо Хьазиала, Гати-гӀалина дуьхьал тӀом а бина, иза дӀалецира. ТӀаккха Ярушалаймана тӀелата дагадеара Хьазиална. 18 Амма яхӀудхойн паччахьо Юаша, яхӀудхойн паччахьаш хилла болчу шен дайша ЯхӀушаптис а, ЯхӀурама а, Ахьаз-ЯхӀус а Везачу Элан цӀенна сагӀина мел деана хӀума а схьаийцира цу чуьра. Иштта ша сагӀина мел деана хӀума а, Везачу Элан цӀийнан а, паччахьан цӀийнан а хазнаш чохь шена мел карийна деши а, схьа а эцна, арамхойн паччахьна Хьазиална дӀадахьийтира Юаша. ТӀаккха Хьазиал тӀе ца летира Ярушалаймана.

19 Юашан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.

20 ТӀаккха Юаш куьйгаллехь болчу хьаькамаша, цунна дуьхьал ямартлонца барт а бина, Силле воьдучу новкъахь йолчу Байт-Милло олучу меттигехь иза вийра. 21 Юаш вийна волу хьаькамаш бара: ШимӀатан кӀант Юзабди а, Шумаран кӀант ЯхӀу-Забди а. Юаш велира. Иза а дӀавоьллира шен дай дӀабоьхкинчу Даудан гӀалахь. Юашан метта, паччахь а хилла, дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Амци-ЯхӀу.

13

Исраилхойн паччахь волу ЯхӀу-Ахьаз

1 ЯхӀудхойн паччахь волчу Ахьаз-ЯхӀун кӀанта Юаша паччахьалла деш долу ткъе кхоалгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Ахьаз. Цо вуьрхӀитта шарахь, Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира. 2 Цо Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтина доллу къинош цо а летадора, царна тӀера дӀа а ца воьрзуш. 3 ТӀаккха Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Исраилан халкъана. Арамхойн паччахь волчу Хьазиалан а, цуьнан кӀентан Бен-Хьадидан а караделира Везачу Эло и халкъ дуккха а ханна. 4 ТӀаккха ЯхӀу-Ахьаза гӀо доьхуш доӀа дира Везачу Эле. И доӀа Везачу Элана дӀахезира, хӀунда аьлча Цунна гуш дара арамхойн паччахьо Исраилан халкъана беш болу ницкъ мел чӀогӀа бу. 5 ТӀаккха Везачу Эло исраилхошна уьш кӀелхьарбохург вахийтира. Цо арамхойн карара схьабехира уьш. Иштта исраилхой, хьалха санна, кхерам а боцуш, шайн цӀенош чохь Ӏаш бара. 6 Амма ЯрбаӀаман цӀийно исраилхошка летадайтинчу къиношна тӀера дӀа ца бирзира уьш. Цара и къинош кхидӀа а летадора. Ткъа цара дела санна лоручу цӀу-зудчунна Ашерана лерина болу дечиган бӀогӀам Шамран-гӀалахь кхидӀа а лаьтташ бара.

7 ЯхӀу-Ахьаз-паччахьан эскарх виснарг шовзткъе итт дошло а, итт тӀеман гӀудалкх а, итт эзар гӀашло а бен вацара, хӀунда аьлча арамхойн паччахьо и эскар дохийна дӀадаьккхира, когаш кӀел хьоьшу чан санна эскархой а беш.

8 ЯхӀу-Ахьаза лелийначу кхидолчу хӀуманех лаьцна – цо мел динчух а, цуьнан майрачу гӀуллакхех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. 9 ТӀаккха ЯхӀу-Ахьаз, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Шамран-гӀалахь дӀавоьллира. ЯхӀу-Ахьазан метта керла паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант ЯхӀуаш.

Исраилхойн паччахь ЯхӀуаш

10 ЯхӀудхойн паччахьо Юаша паччахьалла до ткъе вуьрхӀитталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь дӀахӀоьттира ЯхӀу-Ахьазан кӀант ЯхӀуаш. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо ялхитта шарахь паччахьалла дира. 11 Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора цо. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дӀа ца вирзира иза. Изза къинош цо а летадора. 12 ЯхӀуаша лелийначу кхидолчу хӀуманех лаьцна – цо мел динчух а, цуьнан майрачу гӀуллакхех а, яхӀудхойн паччахьца Амци-ЯхӀуца цо бинчу тӀамах а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. 13 ТӀаккха ЯхӀуаш, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Цуьнан метта керла паччахь хилла дӀахӀоьттира ЯрбаӀам. Исраилхойн паччахьаш дӀабоьхкинчу Шамран-гӀалахь дӀавоьллира ЯхӀуаш а.

ЭлишаӀан валар

14- 13:14 Сулим 2:12. ЭлишаӀана цамгар кхийтира. Цу цамгарх тӀаьхьо иза вала а велира. ЭлишаӀ волчу исраилхойн паччахь ЯхӀуаш веара. Цо, ЭлишаӀана тӀе а хӀоьттина, велха а воьлхуш, бохура: «Ва сан да! Исраилхойн тӀеман гӀап а, церан ницкъ а ма бара хьо!»

15 ЭлишаӀа цуьнга элира: «СекхаӀад а, пхерчий а схьаэца». ЯхӀуаша схьаийцира секхаӀад а, пхерчий а. 16 Исраилхойн паччахье ЭлишаӀа элира: «Хьайн куьйгаца Ӏад дула». Паччахьо шен куьйгаца Ӏад дуьйлира. ТӀаккха ЭлишаӀа шен куьйгаш паччахьан куьйгашна тӀедехкира. 17 «Малхбалехьа долу кор дӀаделла», – элира ЭлишаӀа. Паччахьо кор дӀадиллира. «Пха кхосса», – элира цо. Паччахьо пха кхоьссира. ТӀаккха ЭлишаӀа элира: «Везачу Элера болу, толам баккхаран пха бу иза! Арам-махкана тӀехь толам баккхаран пха бу иза! Ахьа, буьззина толам а боккхуш, Апакх-гӀалахь арамхой хӀаллакбийр бу».

18 ЭлишаӀа элира: «Дисина пхерчий схьаэца». Паччахьо уьш схьаийцира. ТӀаккха ЭлишаӀа элира: «Лаьтта тоха и пхерчий». Кхузза лаьтта а тоьхна, паччахь сецира. 19 Делан стага, оьгӀаз а вахана, элира цуьнга: «Ахьа пхоьазза я йолхазза лаьтта тоха ма дезара пхерчий. ТӀаккха кхоччуш хӀаллакбийр бара ахьа арамхой. Ткъа хӀинца кхузза бен толам боккхур бац ахьа царна тӀехь».

20 ЭлишаӀ велира, наха иза дӀавоьллира.

ХӀора шарахь бӀаьста муабахойн ардангаш исраилхойн махка чу йогӀура. 21 Цхьана хенахь масех исраилхо хилла цхьа велла стаг дӀавуллуш. Шайна тӀейогӀу муабахойн цхьа арданг гича, цара велларг ЭлишаӀан къубби чу тесна хилла. Къубби чу дужучу хенахь и дакъа ЭлишаӀан даьӀахкех дӀахьакхаделла, тӀаккха, ден а велла, шен когаш тӀе дӀахӀоьттира и стаг.

Исраилхоша арамхошца бина тӀом

22 Арамхойн паччахьо Хьазиала Исраилан халкъана ницкъ бора ЯхӀу-Ахьаз паччахьаллехь лаьттинчу массо а хенахь. 23 Веза Эла Шен диканца цаьрца а вара, Цо царах къинхетам а бира, цаьргахьа а воьрзуш. Ша ИбрахӀимца а, Исхьакхаца а, Якъубца а бинчу бертан дуьхьа, хӀинцалерчу ханна тӀекхаччалц Цунна ца лаьара уьш хӀаллакбан я уьш Шена уллора дӀататта.

24 Арамхойн паччахь Хьазиал велча, цуьнан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Бен-Хьадид. 25 ТӀом болчу хенахь Хьазиала масех гӀала схьаяьккхинера ЯхӀуашан дегара ЯхӀу-Ахьазера, амма ЯхӀуаша и гӀаланаш юхаехира Хьазиалан кӀантера Бен-Хьадидера. ЯхӀуаша кхузза толам баьккхира Бен-Хьадидана тӀехь, исраилхойн гӀаланаш юха а йохуш.

14

ЯхӀудхойн паччахь волу Амци-ЯхӀу а, исраилхойн паччахь волу ЯхӀуаш а

(2 Шерашкахь 25:1-24)

1 Исраилхойн паччахь волчу ЯхӀу-Ахьазан кӀанта ЯхӀуаша паччахьалла до шолгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Юашан кӀант Амци-ЯхӀу. 2 Цуьнан ткъе пхи шо дара, иза паччахь хӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо ткъе исс шарахь паччахьалла дира. Амци-ЯхӀун ненан цӀе ЯхӀу-Ӏаднат яра. Иза Ярушалаймера яра. 3 Амци-ЯхӀус Везачу Элана нийса хеташ долу гӀуллакхаш дора, амма цу тӀехь шен дега Дауде ца кхочура иза. Цо шен дас Юаша лелийна доллу гӀуллакхаш леладора. 4 Делахь а тӀехь сагӀа доккху гунаш цо дӀадахаза дисина дара, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора.

5 Паччахьалла шен карадирзина даьлча, цо паччахь хилла волу шен да вийна болу а, цуьнан куьйгаллехь хилла болу а хьаькамаш байира. 6- 14:6 Карлабаьккхинарг 24:16. Амма Мусан товрат-хьехамийн тептар тӀехь яздинчуьнга хьаьжжина, цу хьаькамийн бераш ца дайира Амци-ЯхӀус, хӀунда аьлча цигахь Везачу Эло, весет а деш, аьллера: «Бераша далийтина зулам бахьанехь церан дайша валаран таӀзар такха ца деза. Иштта шайн дайша далийтина зулам бахьанехь, бераша а валаран таӀзар такха ца деза. Амма хӀораммо а шех даьлла зулам бахьана долуш, валаран таӀзар ша такха деза».

7 Амци-ЯхӀус Дуьра тогӀи чохь итт эзар эдомхо хӀаллаквира. ТӀамца СилаӀ-гӀала схьа а лаьцна, цунна Якхтаал аьлла, цӀе тиллира цо. Тахханалц а цу гӀалин цӀе изза ю.

8 ТӀаккха Амци-ЯхӀус исраилхойн паччахь волчу ЯхӀун кӀентан ЯхӀу-Ахьазан кӀантана ЯхӀуашана тӀе геланчаш бахийтира: «Ара а валий, юьхь-дуьхьал хӀотта вайшиъ», – дӀаала аьлла. 9 Ткъа исраилхойн паччахьо ЯхӀуаша яхӀудхойн паччахьна Амци-ЯхӀуна жоп делира: «Ливанун-махкарчу коканийн кулло Ливанун-махкарчу баганан диттана тӀе, нах а бахийтина: „Хьайн йоӀ сан кӀанте маре яийтахьа“, – аьлла. Амма Ливанун-махкара экха схьа а деана, цо и коканийн колл дӀахьаьшна. 10 Ахьа эдомхошна тӀехь толам баьккхина. Ткъа хӀинца айхьа и толам баьккхина аьлла, хьан дог курадаьлла. Хьайн кураллаш а еш, цӀахь Ӏе хьо. Хьайна бохам хӀунда лоьху те ахьа? ТӀаккха хьо а хӀаллаквийр вара, хьоьца ЯхӀуд-мохк а хӀаллакбийр бара».

11 Амма Амци-ЯхӀус ла ца дуьйгӀира шега аьллачуьнга. ТӀаккха исраилхойн паччахь ЯхӀуаш яхӀудхойн паччахьна Амци-ЯхӀуна дуьхьалвелира. И шиъ тӀамца ЯхӀуд-махкарчу Байт-Шамаш олучу гӀалахь дуьхь-дуьхьал кхийтира. 12 Исраилхоша яхӀудхойн эскар дохийра. ТӀаккха эшнарш шайн-шайн цӀа дӀасабевдира. 13 Байт-Шамашехь исраилхойн паччахьо ЯхӀуаша яхӀудхойн паччахь волчу Ахьаз-ЯхӀун кӀентан Юашан кӀант Амци-ЯхӀу схьалецира. ТӀаккха ЯхӀуаша, Ярушалайме а вахана, цигарчу Эпрайман кевнера дуьйна сонехь долчу кевнна тӀекхаччалц диъ бӀе дол барамехь болу Ярушалайман пен бохийра. 14 Везачу Элан цӀа чуьра а, паччахьан хазни чуьра а дерриг деши а, дети а, массо пхьегӀа а схьаийцира ЯхӀуаша. Иштта, лечкъийна, царах хӀума яккха дагахь, шена адамаш а дуьгуш, Шамран-гӀала юхавирзира иза.

15 ЯхӀуаша лелийначу кхидолчу хӀуманех – цо мел динчух а, цуьнан майрачу гӀуллакхех а, цо яхӀудхойн паччахьца Амци-ЯхӀуца бинчу тӀамах а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. 16 ТӀаккха ЯхӀуаш, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Исраилхойн паччахьашна уллохь иза Шамран-гӀалахь дӀавоьллира. ЯхӀуашан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант ЯрбаӀам.

ЯхӀудхойн паччахь волчу Амци-ЯхӀун валар

(2 Шерашкахь 25:25-28)

17 ЯхӀудхойн паччахь волчу Юашан кӀант Амци-ЯхӀу исраилхойн паччахь хилла волу ЯхӀу-Ахьазан кӀант ЯхӀуаш веллачул тӀаьхьа пхийтта шарахь вехира. 18 Амци-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.

19 Ярушалаймехь Амци-ЯхӀуна дуьхьал ямартлонца барт бира. Иза Лахиш-гӀала ведда дӀавахара. ТӀаккха, цунна тӀаьхьа Лахиш-гӀала нах а бахийтина, Амци-ЯхӀу цигахь вийра. 20 Амци-ЯхӀун дакъа говраш тӀехь Ярушалайме схьадеара. Иза а шен дай дӀабоьхкинчу Даудан гӀалахь дӀавоьллира. 21 ТӀаккха дерриг а ЯхӀудан халкъо ялхитта шо кхаьчна волу Ӏузи-ЯхӀу+ 14:21 *Ӏебархойн тептар тӀехь: *Ӏазар-ЯхӀу. *Цуьнан кхин а Ӏузи-ЯхӀу цӀе а ю.* шен ден Амци-ЯхӀун метта паччахь дӀахӀоттийра. 22 ЯхӀуаш, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхеттачул тӀаьхьа Ӏузи-ЯхӀус, Эйлат-гӀала ЯхӀуд-махкана юха а ерзийна, иза меттахӀоттийра.

Исраилхойн паччахь ЯрбаӀам

23 ЯхӀудхойн паччахь волчу Юашан кӀанта Амци-ЯхӀус паччахьалла до пхийтталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь дӀахӀоьттира ЮшаӀан кӀант ЯрбаӀам. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо шовзткъе цхьана шарахь паччахьалла дира. 24 ЯрбаӀама а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дӀа ца вирзира иза. 25- 14:25 Юнус 1:1. ЯрбаӀама Исраилан халкъана юхадерзийра Хьамат-Ӏинера дуьйна Ӏариба-тогӀин хӀорда тӀе кхаччалц долу латта. И дерриг а дара Исраилан халкъан Везачу Дала Шен ялхо волчу Аматин кӀантехула Юнусехула аьлларг. Иза Гати-Хьепар олучу меттигера схьаваьлла пайхамар вара.

26 Везачу Элана гуш дара массо а исраилхоша – чубоьхкина я маьрша уьш белахь а – хьоьгуш долу къиза Ӏазап. Цхьа а вацара Исраилан халкъана гӀо дан. 27 Везачу Эло Ша Исраилан халкъан цӀе стигал кӀелара дӀаяйа аьлла ца хиларна, ЯхӀуашан кӀентан ЯрбаӀаман куьйгахула кӀелхьарбехира Цо уьш.

28 ЯрбаӀама динчу массо а кхидолчу хӀуманех лаьцна – цо мел динчух а, цо лелийначу майрачу гӀуллакхех а, яхӀудхойн долахь хилла йолу Дамасакх а, Хьамат а гӀаланаш Исраил-махкана юхаерзаярх а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. 29 ТӀаккха ЯрбаӀам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Исраилхойн паччахьашна уллохь иза Шамран-гӀалахь дӀавоьллира. ЯрбаӀаман метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Закри-ЯхӀу.

15

ЯхӀудхойн паччахь волу Ӏузи-ЯхӀу

(2 Шерашкахь 26:1-23)

1 Исраилхойн паччахьо ЯрбаӀама паччахьалла до ткъе ворхӀалгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь хилира Амци-ЯхӀун кӀант Ӏузи-ЯхӀу+ 15:1 *Ӏузи-ЯхӀу *– Ӏебархойн тептар тӀехь: *Ӏазар-ЯхӀу. *Иза Ӏузи-ЯхӀун кхин цӀе ю. Оцу тептар тӀехь цхьадолчу аяташкахь цунах Ӏазар-ЯхӀу олу, ткъа кхечу аяташкахь цунах Ӏузи-ЯхӀу олу.*. 2 Цу хенахь Ӏузи-ЯхӀун ялхитта шо дара. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шовзткъе шийтта шарахь паччахьалла дира. Ӏузи-ЯхӀун ненан цӀе Яхул-ЯхӀу яра. Иза Ярушалаймера яра. 3 Шен дас Амци-ЯхӀус лела мел динарг санна, Ӏузи-ЯхӀус а леладора Везачу Элана нийса хетарг. 4 Делахь а тӀехь сагӀа доккху гунаш дӀадахаза дисина дара, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора. 5 Везачу Эло Ӏузи-ЯхӀу-паччахьна дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар кхетийтира. Иза велла дӀаваллалц и цамгар цунна тӀехь лаьттира. Цундела иза къаьстина лаьтташ долчу цӀа чохь Ӏаш вара. Ткъа паччахьан кӀанта Йовтама паччахьан цӀенна тӀехь хьаькамалла а дора, мехкан халкъана тӀехь урхалла а дора.

6 Ӏузи-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 7- 15:7 ЕшаӀ-ЯхӀу 6:1. ТӀаккха Ӏузи-ЯхӀу, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Царна уллохь иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Ӏузи-ЯхӀун метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Йовтам.

Исраилхойн паччахь Закри-ЯхӀу

8 ЯхӀудхойн паччахьо Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла до ткъе берхӀитталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира ЯрбаӀаман кӀант Закри-ЯхӀу. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо ялх баттахь паччахьалла дира. 9 Закри-ЯхӀус а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дӀа ца вирзира иза. 10 Закри-ЯхӀуна дуьхьал ямартлонца барт а бина, Явешан кӀанта Шалума, халкъана хьалха цунна чов а еш+ 15:10 *Халкъана хьалха цунна чов а еш *– цхьадолчу грекийн ширачу гочдарш тӀехь: *ИбалӀам-гӀалахь цунна чов а еш.*, иза вийра. Ткъа ша цуьнан метта паччахь хӀоьттира.

11 Закри-ЯхӀус лелийначу кхидолчу гӀуллакхех лаьцна яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.

12 Иштта Везачу Эло ЯхӀуга аьлла дешнаш кхочушхилира. Цо аьллера: «Хьан тӀаьхьенах доьалгӀачу гаранна тӀекхаччалц берш хир бу исраилхойн паччахьаш». Иза иштта хила а хилира.

Исраилхойн паччахь Шалум

13 ЯхӀудхойн паччахьо Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла до ткъе ткъайоьсналгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Явешан кӀант Шалум. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо цхьана баттахь паччахьалла дира.

14 Тирца-гӀалара Гадин кӀанта Менахьима, ара а ваьлла, Шамран-гӀалахь Явешан кӀант Шалум вийра, ша цуьнан метта паччахь дӀа а хӀуттуш. 15 Шалуман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо ямартлонца бинчу бартах лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. 16 Оцу хенахь Менахьим, Тирца-гӀалара ара а ваьлла, Тапсахь-гӀалина тӀелетира. ГӀалина чохь мел болчу нахана а, цунна гонах бехачу нахана а тӀелетира иза, хӀунда аьлча цара гӀалин кевнаш дӀа ца диллинера. Берах йолу массо а зуда цестина хӀаллакьяйтира цо.

Исраилхойн паччахь Менахьим

17 ЯхӀудхойн паччахьо Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла до ткъе ткъайоьсналгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Гадин кӀант Менахьим. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо итт шарахь паччахьалла дира. 18 Менахьим-паччахьо а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. Ша паччахьалла деш мел яьккхинчу хенахь НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дӀа ца вирзира иза. 19 Цу хенахь Ашур-махкара волу паччахь ПӀула+ 15:19 *ПӀула *– цуьнан кхин цӀе яра: *ТигӀлат-Палиасар.* Исраил-махкана тӀегӀоьртира. Менахьима эзар гали дети делира ПӀуле, цуьнга шена гӀо а дойтуш, шен паччахьалла чӀагӀдархьама. 20 ХӀора хьолахочунна тӀе шовзткъе итт шекхал дети+ 15:20 *Шовзткъе итт шекхал дети *– иза ах кийланал цхьажимма сов ду.* далар тӀедожийра Менахьима. И ахча Ашур-мехкан паччахье дӀаделира цо. ТӀаккха Ашур-мехкан паччахь, Исраил-махкахь а ца вуьсуш, дӀавахара.

21 Менахьиман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. 22 ТӀаккха Менахьим, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Менахьим-паччахьан метта паччахь хилира цуьнан кӀант Пакхихь-ЯхӀу.

Исраилхойн паччахь Пакхихь-ЯхӀу

23 Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла до шовзткъе уьтталгӀа шо долуш, Исраилан халкъана тӀехь паччахь хӀоьттира Менахьиман кӀант Пакхихь-ЯхӀу. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира. 24 Пакхихь-ЯхӀус а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу къинойх дӀа ца вирзира иза. 25 Пакхихь-ЯхӀу-паччахьан коьрта хьаькам Пикхахьи вара. Иза Рамли-ЯхӀун кӀант вара. Цо, Пакхихь-ЯхӀуна дуьхьал ямартлонца барт а бина, ГалӀад-гӀалара шовзткъе итт стаг шеца схьа а эцна, Шамран-гӀалахь паччахьан цӀийнан чӀагӀйинчу чохь паччахь вийра. Цуьнца цхьаьна АргӀаб а, Ария а вийра цо. ТӀаккха Пикхахьи паччахь хилла дӀахӀоьттира Пакхихь-ЯхӀу-паччахьан метта.

26 Пакхихь-ЯхӀу-паччахьан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.

Исраилхойн паччахь Пикхахьи

27 ЯхӀудхойн паччахь волчу Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла деш долу шовзткъе шуьйтталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Рамли-ЯхӀун кӀант Пикхахьи. Цо ткъа шарахь, Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира. 28 Пикхахьис а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу къинойх дӀа ца вирзира иза.

29 Исраилхойн паччахьо Пикхахьис паччахьалла дечу заманахь, Ашур-мехкан паччахьо ТигӀлат-Палиасара, схьа а веана, Ӏаюн, Абал-Байт-МаӀак, Янохь, Кхедаш, Хьацор гӀаланаш, иштта ГалӀад-мохк, Галилай-мохк – шайна чу берриге а Наптал-мохк чу а лоцуш – дӀалецира. Цигара нах, йийсаре а буьгуш, Ашур-махка дӀакхалхийра цо.

30 Элан кӀанта ХӀушаӀа, Рамли-ЯхӀун кӀантана Пикхахьина дуьхьал ямартлонца барт а бина, цунна тӀе а летта, иза вийра. Иштта, Ӏузи-ЯхӀун кӀанта Йовтама паччахьалла до ткъолгӀа шо долуш, Пикхахьин метта паччахь дӀахӀоьттира ХӀушаӀ. 31 Пикхахьин кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.

ЯхӀудхойн паччахь Йовтам

(2 Шерашкахь 27:1-9)

32 Исраилхойн паччахь волчу Рамли-ЯхӀун кӀанта Пикхахьис паччахьалла до шолгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттира Ӏузи-ЯхӀун кӀант Йовтам. 33 Цуьнан ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Йовтама ялхитта шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цӀе Яруша яра, иза ЦӀадукъин йоӀ яра. 34 Шен дас Ӏузи-ЯхӀус санна, Йовтама а Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора. 35 Делахь а тӀехь сагӀа доккху гунаш дӀадахаза дисина дара, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора. Ткъа Везачу Элан цӀийнан кертара Лакхара Ков юхаметтахӀоттийнарг Йовтам вара.

36 Йовтаман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 37 Цу заманахь арамхойн паччахь Рицан а, Рамли-ЯхӀун кӀант Пикхахьи а вахийтира Везачу Эло яхӀудхошца тӀом бан. 38 Ткъа Йовтам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Царна уллохь ша схьаваьллачу Даудан гӀалахь дӀавоьллира иза. Йовтаман метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Ахьаз.

16

ЯхӀудхойн паччахь Ахьаз

(2 Шерашкахь 28:1-27)

1 Рамли-ЯхӀун кӀанта Пикхахьис паччахьалла до вуьрхӀитталгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттира Йовтаман кӀант Ахьаз. 2 Ахьазан ткъа шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Цо Ярушалаймехь ялхитта шарахь паччахьалла дира. Ша схьаваьллачу Дауде терра а ца лелаш, шен Везачу Далла нийса хеташ долу гӀуллакхаш ца леладора Ахьаза. 3- 16:3 Карлабаьккхинарг 12:31. Иза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош. Цо ур-атталла шен кӀант цӀерах чекхваккхийтира, Везачу Эло Исраилан халкъана юкъара дӀалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гӀуллакхаш лела а деш. 4 Гунаш тӀехь а, баьрзнаш тӀехь а, муьлххачу а ӀиндагӀ луш долчу диттана кӀел а сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора Ахьаза.

5- 16:5 ЕшаӀ-ЯхӀу 7:1. ТӀаккха арамхойн паччахь Рицан а, исраилхойн паччахь Рамли-ЯхӀун кӀант Пикхахьи а, Ярушалайм дӀалаца дагахь, Ахьазана дуьхьал тӀом бан вахара. Цара Ярушалаймана го бира, амма толам ца баккхабелира цаьрга. 6 Цу хенахь арамхойн паччахьо, Эйлат-гӀала Араман халкъана юха а ерзош, цу гӀалара яхӀудхой дӀалаьхкира. Эдомхой цо Эйлат-гӀала бахийтира, уьш кху заманахь а цигахь бехаш бу. 7 Ахьаза шен геланчаш бахийтира Ашур-мехкан паччахьна ТигӀлат-Палиасарна тӀе. Цо элира: «Со хьан ялхо а, хьан долахь верг а ву. Схьа а волий, суна дуьхьалбевллачу арамхойн а, исраилхойн а паччахьийн карара кӀелхьарваккхахьа со». 8 ТӀаккха Ахьаза Везачу Элан цӀа чохь а, паччахьан цӀийнан хазни чохь а долу деши а, дети а, схьа а эцна, Ашур-мехкан паччахьна совгӀатна дахьийтира. 9 Ашурхойн паччахьо ладуьйгӀира Ахьаз-паччахьо бохучуьнга. Иза Дамасакхана дуьхьал тӀом бан вахара. Дамасакх схьа а лаьцна, цигара бахархой цо Кхир-гӀала дӀакхалхийтира, ткъа Рицан вийра.

10 Цул тӀаьхьа Ахьаз-паччахь Дамасакхе Ашур-мехкан паччахьна ТигӀлат-Палиасарна дуьхьалвахара. Ахьазана Дамасакхехь лаьтташ болу сагӀа доккху кхерч гира. Цо оцу сагӀа доккхучу кхерчан жима кеп а яйтина, иза дӀа муха хӀотто беза дуьйцуш долу кехат а яздина, уьш динан дега УръяхӀуга дӀадахьийтира. 11 ТӀаккха динан дас УръяхӀус шега Дамасакхера Ахьаз-паччахьо схьабаийтинчу кепехь сагӀа доккху кхерч бира. Ахьаз-паччахь Дамасакхера юхаверзале динан дас УръяхӀус и кхерч бина дӀахӀоттийра. 12 Паччахьна, ша Дамасакхера цӀа веача, и сагӀа доккху кхерч гира. Цо, кхерчана тӀе а вахана, цу тӀехь сагӀа даьккхира. 13 Дийнаташ дагоран сагӀа а, кӀен сагӀа а, чагӀаран сагӀа а даьккхира цо цу кхерчана тӀехь. Бертан сагӀа а доккхуш, кхерчан агӀонаш тӀе цӀийн цинцаш туьйхира паччахьо. 14- 16:14 Арадаккхар 27:1, 2; 2 Шерашкахь 4:1. Керлачу кхерчана а, Везачу Элан цӀенна а юкъахь Везачу Элана дӀакъастийна цӀестан кхерч бара лаьтташ. Амма Ахьаз-паччахьо, и кхерч, схьа а эцна, шен керлачу кхерчана къилбаседехьа агӀор охьабиллира. 15 Динан дега УръяхӀуга, омра а деш, Ахьаз-паччахьо элира: «Оцу боккхачу кхерчана тӀехь Ӏуьйренан дийнаташ дагоран сагӀа а, суьйренан кӀен сагӀа а даккха. Иштта цу тӀехь паччахьан а, кху махкара массо а адамийн а дийнаташ дагоран сагӀанаш а, кӀен сагӀанаш а, адамийн чагӀаран сагӀанаш а даха. Муьлхха а дагоран сагӀа доккхуш даьлла цӀий а, муьлхха а сагӀина дахьаш долчу дийнатийн цӀийн цинцаш а тӀетоха оцу кхерчана тӀе. Ткъа цӀестан кхерч пал туьйсуш лелор бу аса». 16 Ахьаз-паччахьо омра ма-дарра, дерриге а кхочушдира динан дас УръяхӀус.

17- 16:17 Сулим 7:23-39; 2 Шерашкахь 4:2-6. Ахьаз-паччахьо чкъургаш тӀехь йолчу кӀелхӀотторгашна тӀера деакӀов пенаш а, еш а дӀадехира. Иштта боккха цӀестан яй а дӀабаьккхира, цӀестан стерчашна тӀера иза тӀулган цӀенкъа охьа а буьллуш. 18 Везачу Элан цӀийнан кертахь шоьтан дийнахь дӀахӀуттучу гуламна лерина йина тхевнан кӀело а дӀаяьккхира Ахьаза. Иштта паччахьан арахула Везачу Элан цӀа чу вогӀийла а дӀаяьккхира. Иза Ашур-мехкан паччахьан дуьхьа дира Ахьаза.

19 Ахьазан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 20- 16:20 ЕшаӀ-ЯхӀу 14:28. ТӀаккха Ахьаз, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Царна уллохь иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Ахьазан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Хьузакх-ЯхӀу.

17

Исраилхойн паччахь волу ХӀушаӀ

1 ЯхӀудхойн паччахь волчу Ахьаза паччахьалла деш долу шийтталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Элан кӀант ХӀушаӀ. Цо исс шарахь, Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира. 2 ХӀушаӀа а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. Амма шел хьалха хиллачу исраилхойн паччахьаша санна дукха зуламаш ца дора ХӀушаӀа. 3 Ашур-мехкан паччахь Шалманесар ХӀушаӀана дуьхьалвелира. ТӀаккха ХӀушаӀах, Шалманесарна ял а луш, цуьнан ялхо хилира. 4 Амма Ашур-мехкан паччахьна хааделира ХӀушаӀа шена дуьхьал барт бина хилар. ХӀушаӀа Мисар-мехкан Су-паччахьна тӀе+ 17:4 *Мисар-мехкан Су-паччахьна тӀе *– я иштта: *Сайс-гӀалахь волчу Мисар-мехкан паччахьна тӀе.* геланчаш хьажийнера, ткъа Ашур-мехкан паччахьна, ша хьалха луш ма-хиллара, ял ца еллера цо. Цундела Ашур-мехкан паччахьо, ХӀушаӀ дӀа а лаьцна, иза набахти чу воьллира.

Шамран-гӀала йохар

5 Берриг а Исраил-махкана тӀегӀоьртира Шалманесар. Шамран-гӀалина тӀе а веана, кхаа шарахь го бина латтийра цо и гӀала. 6 ХӀушаӀа паччахьалла до уьссалгӀа шо долуш дӀалецира Ашур-мехкан паччахьо Шамран-гӀала. Исраилхой, Ашур-махка дӀа а бигна, Хьалахь-гӀалахь а, Газун-кӀоштахь долчу Хьабур-хина йистехь а, Мадай-мехкан гӀаланашкахь а баха охьаховшийра цо.

7 И дерриг а хилира, шаьш Мисар-махкарчу паччахьан карара а, оцу махкара а арадаьхна волчу шайн Везачу Далла дуьхьал исраилхоша къинош летийна дела. Исраилхоша кхечу деланашна Ӏибадат дора, 8 Везачу Эло шайн лаьттара дӀалелхийначу къаьмнаша лелийна доллу хӀума лела а дора, иштта исраилхойн паччахьаша хӀиттийна зуламе ламасташ цара а леладора. 9 Шайн Везачу Далла нийса хеташ доцу гӀуллакхаш къайлаха леладора исраилхоша. Цара шайн массо а гӀаланашкахь тӀехь сагӀа доккху гунаш дӀахӀиттийра, ха деш йолу бӀов йолуш йолчу жимачу гӀалина тӀера дуьйна чӀагӀйинчу йоккхачу гӀалина тӀекхаччалц. 10- 17:10 Сулим 14:23. Исраилхоша шаьш Ӏаш болчохь харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а хӀиттинера хӀора гуна тӀе а, хӀора ӀиндагӀ луш долчу диттана кӀел а. 11 Шаьш долчуьра Везачу Эло лелхийна долчу къаьмнаша санна, оцу массо а сагӀа доккхучу гунаш тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀуманаш ягайора цара. Иштта, Веза Эла оьгӀазвохуьйту зуламе гӀуллакхаш дора цара. 12 Цара цӀу-деланашна Ӏибадат дора, ткъа Везачу Эло исраилхошка аьллера: «Иза ма леладелаш».

13 Везачу Эло Шен массо а пайхамаршкахула а, хиндерг гуш волчуьнгахула а, Исраилан халкъе а, ЯхӀудан халкъе а дӀахьедар а деш, аьллера: «Шаьш лелачу зуламечу некъаш тӀера юхадовла, Аса шун дайшна тӀедиллина долу а, Сайн ялхой болчу пайхамаршкахула шуна дӀабеллачу товрат-хьехамна тӀехь долу а Сан весеташ а, парзаш а ларде». 14 Амма цара ла ца дугӀура. Уьш а, шайн Везачу Делах тешар доцу шайн дай санна, аьрхабевллера. 15 Уьш дӀабирзира Везачу Элан парзех а, церан дайшца Цо бинчу бартах а. Цара ла ца дуьйгӀира Везачу Эло шайга, дӀахьедар а деш, аьллачуьнга. Цара цӀу-деланашна Ӏибадат дора, уьш хӀумма а йоцург боллушехь, цу тайпана шаьш а хӀумма а боцурш а хилла. Шайна гонах долу къаьмнаш санна бехаш бара исраилхой, Везачу Эло шайга, весет а деш, аьлла доллушехь: «Ма делаш цара дийриг». 16- 17:16 Сулим 12:28. Халкъо шайн Везачу Делан весеташ дӀатеттира. Цара шайна деших доьттина ши эса а дӀахӀоттийра, Ашера-харцдалла лерина болу дечиган бӀогӀам а бира. Цара стигалшкахь мел болчу ницкъашна Ӏибадат а дора, БаӀал-харцдалла Ӏамал а йора. 17- 17:17 Карлабаьккхинарг 18:10. Цара шайн бераш цӀерах чекхдохуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура. Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора цара, Иза оьгӀаз а вохуьйтуш. 18 Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара исраилхошна. Цо уьш Шена уллора дӀатеттира. ЯхӀудан цхьа тайпа доцург, царах цхьа а ца висира!

19 ЯхӀудхоша а ца лардора шайн Везачу Делан весеташ. Цара а леладора исраилхойн Ӏадаташ, исраилхоша дийрриг а деш. 20 Иштта, Везачу Эло дӀатеттира дерриг а Исраилан халкъ. Цо дуккха а баланаш тӀе а бахкийтира цунна, талорхойн кара дӀа а белира уьш. ТӀаьххьара а Шена гучуьра дӀа а бехира Везачу Эло исраилхой.

21 Везачу Эло исраилхой Даудан цӀийнах дӀакъастийча, НабатӀан кӀант ЯрбаӀам шайн паччахь дӀахӀоттийра цара. Ткъа ЯрбаӀама, исраилхой Везачу Элах дӀа а берзийна, доккха къа латадайтира цаьрга. 22 ЯрбаӀам-паччахьо летош доллу къинош летадора исраилхоша а. И къинош леточуьра совцуш а бацара исраилхой, 23 Везачу Эло уьш дӀататталц, Шен ялхой болчу массо а пайхамаршкахула Цо аьлла ма-хиллара. Исраилхой шайн махкара Ашур-махка дӀакхалхийнера, уьш хӀинца а цигахь бехаш бу.

Исраил-махкахь ашурхоша кхин къаьмнаш даха охьаховшор

24 Ашур-мехкан паччахьо Бавел а, Кут а, Ӏаву а, Хьамат а, Сепарвайм а гӀаланашкара халкъаш арадехира. Уьш исраилхойн метта Шамран-мехкан гӀаланашка схьабалийра цо. Шамран-мохк шайн дола а баьккхина, схьадалийна долу и халкъаш цигара гӀаланашкахь даха охьахевшира. 25 Цигахь даха доладелча, и халкъаш Везачу Эле ларамах дуьзна ца хилла. Цундела Везачу Эло царна юкъа лоьмаш дохуьйтура. Лоьмаша цхьаберш хӀаллакбора. 26 ТӀаккха Ашур-мехкан паччахьна тӀе хабар даьхьира: «Шамран-мехкан гӀаланашка схьа а далийна, ахьа охьаховшийначу халкъашна цу махкарчу Дала тӀедехкинарш ца девза. Цундела Цо царна юкъа лоьмаш дахийтина, ткъа цу лоьмаша и халкъ хӀаллакдо, царна цу махкарчу Дала тӀедехкинарш ца девза дела», – аьлла. 27 Ашур-мехкан паччахьо, омра а деш, элира: «Цигара арабаьхна болчу динан дайх цхьаъ оцу махка вахийта. Иза цига дӀа а хьажавой, цу мехкан Дала тӀедехкинарш а довзуьйтуш, иза цигахь вахийта». 28 ТӀаккха Шамран-махкара арабаьхначарах цхьа динан да, Бетал-гӀала схьа а веана, Везачу Элана Ӏамал муха ян еза а хьоьхуш, цигахь вехаш вара.

29 Амма хӀора халкъо шайн-шайн деланийн цӀуш бора. И цӀуш сагӀа доккхучу гунаш тӀехь шамранхоша динчу харцделанийн цӀеношкахь дӀахӀиттабора цара. Иштта шаьш даха охьахевшинчу хӀора а гӀалахь дира цара. 30 Бавел-гӀаларчу наха шайна Сакхат-Банут олу цӀу-дела вира, Кут-гӀаларчу наха – Нургал, Хьамат-гӀаларчу наха – Ашимаъ цӀераш йолу цӀу-деланаш дӀахӀиттийнера. 31 Ӏаву-гӀалахь – Нибхьаз а, Тартакх а цӀуш бира, сепарваймхоша шайн бераш цӀергахь дагадора шайн цӀу-деланашна Адир-Маликана а, Ӏанам-Маликана а уьш сагӀина а дахьаш. 32 Цу тӀе Везачу Элана а Ӏамал йора цара. СагӀа доккхучу гунаш тӀе шайна юкъара динан дай хаьржира цара. Уьш гӀуллакх деш бара гунаш тӀехь долчу харцделанийн цӀенош чохь. 33 Цара Везачу Элана Ӏибадат дора, амма, шаьш арадаьхначу къаьмнийн ламасташка хьаьжжина, шайн деланашна а Ӏамал йора цара.

34- 17:34 Доладалар 32:28; 35:10. ХӀинца а шайн хӀетахьлера Ӏадаташ леладо цара. Уьш Везачу Эле ларамах буьзна бац, ткъа Везачу Эло «Исраил» аьлла цӀе тиллинчу Якъубан тӀаьхьенна делла парзаш а, тӀедехкинарш а, товрат-хьехам а, весеташ а цара лар ца до. 35- 17:35 Арадаккхар 20:5; Карлабаьккхинарг 5:9. Везачу Эло, Исраилан халкъаца барт а беш, царна тӀедиллинера: «Кхечу деланашна Ӏибадат а ма де, царна корта а ма бетта, Ӏамал а ма е, сагӀа а ма даккха. 36- 17:36 Карлабаьккхинарг 6:13. Ткъа шу Мисар-махкара Шен боккхачу ницкъаца а, схьакховдийначу куьйгаца а арадаьхна волчу Везачу Элана Ӏибадат а де, Цунна Ӏамал а е, Цунна сагӀа а даккха. 37 Везачу Эло шайна дӀаяздина парзаш а, тӀедехкинарш а, товрат-хьехам а, весеташ а гуттара а лардан деза аша. Кхечу деланашна Ӏамал ян ца еза аша. 38 Аса шайца бина барт биц а ма бе, кхечу деланашна Ӏамал а ма е. 39 Веккъа шайн Веза Эла волчу цхьана Далла Ӏамал е, тӀаккха Цо шу кӀелхьардохур ду шун массо а мостагӀех». 40 Амма исраилхоша Цуьнга ла ца дугӀура. Цара шаьш хьалха лелийна доллу гӀуллакхаш леладора.

41 Оцу халкъаша Везачу Элана а Ӏибадат дора, амма шайн цӀу-деланашна а Ӏамал йора. ХӀинца а церан бераша а, берийн бераша а, шайн дайша лелийна доллу гӀуллакхаш леладо.

18

ЯхӀудхойн паччахь Хьузакх-ЯхӀу

(2 Шерашкахь 29:1, 2; 31:1)

1 Исраилхойн паччахь волчу Элан кӀанта ХӀушаӀа паччахьалла до кхоалгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттира Ахьаз-паччахьан кӀант Хьузакх-ЯхӀу. 2 Иза паччахь дӀахӀуттуш цуьнан ткъе пхи шо дара. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, ткъе исс шарахь паччахьалла дира Хьузакх-ЯхӀус. Цуьнан ненан цӀе яра Аби-ЯхӀу, ткъа иза Закри-ЯхӀун йоӀ яра. 3 Ша схьаваьллачу Дауд-паччахьо лела мел динарг санна, Хьузакх-ЯхӀус а леладора Везачу Элана нийса хеташ дерг. 4- 18:4 Лелар 21:9. СагӀа доккху гунаш дӀадехира цо, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш хьийшира, Ашера цӀе йолчу харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш хедийра. Ткъа Муса-пайхамаро бина болу цӀестан лаьхьа Хьузакх-ЯхӀус кагбира, хӀунда аьлча цу хенахь а исраилхоша Нахьуштан цӀе йоккхуш болчу цунна хаза хьожа йогӀу хӀуманаш ягайора. 5 Исраилан халкъан Везачу Делах тешара Хьузакх-ЯхӀу. Цул хьалха, я цул тӀаьхьа и санна волу паччахь ца велира яхӀудхойн массо а паччахьашна юкъахь. 6 Везачу Элана тешаме а волуш, цкъа а Цунах дӀа ца вирзира Хьузакх-ЯхӀу. Мусагахула Везачу Эло бина хьехамаш кхочушбора цо. 7 Веза Эла гуттара а вара цуьнца, ткъа ша дечу массо а гӀуллакхаш тӀехь аьтто хуьлуш вара Хьузакх-ЯхӀу. Ашур-мехкан паччахьна дуьхьал а волуш, цунна муьтӀахь вацара Хьузакх-ЯхӀу. 8 Ха деш йолу бӀов йолчу жимачу гӀалина тӀера дуьйна йоккхачу чӀагӀйинчу гӀалина тӀекхаччалц, пӀелаштамхошна тӀехь толамаш бехира цо, Ӏази-гӀалина а, цуьнан гонах йолчу аренна а тӀекхаччалц.

9 Хьузакх-ЯхӀус паччахьалла до доьалгӀа шо долуш, ткъа исраилхойн паччахьан Элан кӀанта ХӀушаӀа паччахьалла до ворхӀалгӀа шо долуш, Ашур-мехкан паччахьо Шалманесара, тӀе а гӀоьртина, Шамран-гӀалина го бира. 10 Кхо шо даьлча, Шалманесара дӀалецира и гӀала. Цу тайпана Хьузакх-ЯхӀус паччахьалла до йолхалгӀа шо, ткъа исраилхойн паччахьо ХӀушаӀа паччахьалла до уьссалгӀа шо долуш, дӀалаьцнера Шамран-гӀала. 11 Ашурхойн паччахьо исраилхой Ашур-махка дӀабигира. Хьалахь-гӀалахь а, Хьабур-хина йистехь йолчу Газун-гӀалахь а, мадайхойн гӀаланашкахь а баха охьаховшийра цо уьш.

12 И дерриге а хилира, исраилхоша шайн Везачу Деле ла ца догӀарна а, Цуьнца бина барт шаьш бохорна а. Везачу Элан ялхо волчу Мусас шайна тӀе мел диллинчуьнга цара ла а ца дугӀура, цуьнан парзаш кхочуш а ца дора цара.

Ашурхоша Ярушалаймана кхерам туьйсу

(2 Шерашкахь 32:1-19; ЕшаӀ-ЯхӀу 36:1-22)

13 Хьузакх-ЯхӀус паччахьалла до дейтталгӀа шо долуш, Ашур-мехкан паччахьо Санхьариба, ЯхӀуд-мехкан массо а аьлла чӀагӀйинчу гӀаланашна тӀе а гӀоьртина, уьш дӀалецира. 14 ЯхӀудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхӀус Лахиш-гӀала ашурхойн паччахьна тӀе геланчаш бахийтира. Цо бохура: «Со бехке ву. Ӏадвитахьа со. Ахьа бохху ял дӀалур ю аса хьуна». ТӀаккха ашурхойн паччахьо яхӀудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхӀуна кхо бӀе гали дети а, ткъе итт гали деши а далар тӀедожийра. 15 Цу тайпана Везачу Элан цӀа чохь а, паччахьан хазнашна чохь а мел долу дети дӀаделира Хьузакх-ЯхӀус. 16 Везачу Элан цӀа чохь ша дӀахӀиттийначу дешин неӀаршна тӀера а, неӀарийн гураш тӀера а деши, схьа а даьккхина, Ашур-мехкан паччахьна дӀаделира цо. 17 Ашурхойн паччахьо Лахиш-гӀалара шен тӀеман коьрта хьаькам а, шен паччахьан кертара коьрта эла а, шен эскаран цхьа хьаькам а шен доккхачу эскарца Хьузакх-ЯхӀу-паччахьна тӀе Ярушалайме бахийтира. Уьш Ярушалайме дӀакхечира. Схьа а баьхкина, лакхарчу Ӏома чуьра хи охьадогӀучохь, наха хӀуманаш юьттучу аренна тӀебоьдучу новкъахь, дӀахӀиттира уьш. 18 Цара паччахье схьакхайкхира. Паччахьан цӀахь хьаькам волу Хьалкхи-ЯхӀун кӀант Элъякъим а, йозанча волу Шибна а, хилларг дӀаяздеш волу Асайпан кӀант Юахьи а, ара а ваьлла, царна тӀевеара. 19 Ашурхойн эскаран хьаькамо элира цаьрга: «Иштта дӀаала Хьузакх-ЯхӀуга:

„Ашурхойн сийлахьчу паччахьо хоьтту хьоьга: ‘Хьан бӀобулуш дерг хӀун ду?’ 20 Ахь боху хьайн говзалла а ю, тӀеман ницкъ а бу, амма уьш даьсса дешнаш ду. Ткъа хьанах ю хьан дегайовхо, хьо суна дуьхьалваллал? 21 Кагъелла Ӏаса санна болчу оцу Мисар-махкана тӀетовжа ойла йолуш ву те хьо? Шена тӀе цхьаъ товжахь, иза куьйгах чекхъер ма ю! Иштта ву шех тешна Ӏаш болчу массаьрца а Мисар-мехкан паччахь волу пирӀун.

22 Я аша олу те: ‘Тхайн Везачу Делах тешна Ӏаш ду тхо’? Делахь а Хьузакх-ЯхӀус, цу Далла лерина сагӀа доккху гунаш а, шайна тӀехь долу кхерчаш а дӀа а даьхна, ЯхӀудан а, Ярушалайман а халкъе ма олура: ‘Ярушалаймехь болчу хӀокху кхерчана хьалха бен Ӏибадат ма де’. 23 Вало, сан олахо волчу ашурхойн паччахьца берта гӀо хьо. Аса ши эзар дин хьуна белча а, царна тӀе ховшо береш карор барий хьуна? 24 Сан олахочун уггар кӀезиг лоруш болчу ялхойн цхьа тхьамда а юхаваккха муха гӀерта хьо, Мисар-махко хьайна тӀеман гӀудалкхаш яларх а, дошлой бахкийтарх а тешна хьо Ӏаш хилча? 25 Везачу Элан лаам ца хилча, кху лаьтта тӀе вогӀур варий со иза хӀаллакдан? Ша Везачу Эло элира соьга: ‘Ваха а гӀой, хӀокху махкана тӀе а латий, иза хӀаллакбе’“».

26 Хьалкхи-ЯхӀун кӀанта Элъякъима а, Шибнас а, Юахьис а эскаран хьаькаме элира: «Тхо арамхойн маттах кхета, цундела тхоьца арамхойн мотт бийца. Оцу пенна тӀехь лаьтташ долчу халкъана а хезаш, Ӏебархойн маттахь ма дийца тхоьца».

27 Эскаран хьаькамо жоп делира: «Веккъа цхьана хьан олахочунна тӀе а, хьуна тӀе а бен ваийтина-м вац со сан олахочо хӀара дешнаш дӀаала? ХӀан-хӀан, хӀокху пенна тӀе охьахевшина долчу, шуьца цхьаьна шайн боьхалла а юур долчу а, шайн хьатӀ муьйлур долчу а кху адамашка а дӀаала веана со».

28 ТӀаккха эскаран хьаькамо, хьала а гӀаьттина, чӀоггӀачу озаца Ӏебархойн маттахь элира: «ЛадогӀалаш ашурхойн сийлахьчу паччахьан дешнашка! 29 ХӀара ду паччахьо бохург: „Хьузакх-ЯхӀуга шаьш ле ма дайта. Цуьнга сан карара шу кӀелхьардахалур дац. 30 ‘Везачу Эло вай кӀелхьар а дохур ду, и гӀала Ашур-мехкан паччахьан кара а йохуьйтур яц’ – бохуш, Везачу Элах а тешна, шаьш Хьузакх-ЯхӀуга ле ма дайта. 31 Ла ма догӀа Хьузакх-ЯхӀуга! Ашурхойн паччахьо иштта боху: ‘Соьца берта а гӀой, суна тӀедуьйла. Шух хӀораммо а шен долахь йолчу кемсийн таьлланга тӀера а, инжирийн дитташ тӀера а стоьмаш доийла, иштта хӀораммо а шен долахь йолчу гӀу чуьра хи а молийла, 32 аса, ван а веана, шена тӀехь кӀа а, чагӀар а долуш, бепиг а, кемсийн бошмаш а йолуш, зайт-дитташ а, моз а долуш, шун латта санна долчу лаьтта тӀе шаьш дӀадиггалц. Цу тайпана шу дехар а ду, лийр а дац. ‹Везачу Эло вай кӀелхьардохур ду›, – бохуш, шаьш ледеш волчу Хьузакх-ЯхӀуга ла ма догӀа. 33 Ткъа кхечу къаьмнийн деланех цхьаммо а шен мохк ашурхойн паччахьан куьйгах кӀелхьарбаьккхиний? 34 Мичахь бу Хьамат-гӀалин а, Арпад-гӀалин а деланаш? Мичахь бу Сепарвайм а, ХӀинаӀ а, Ӏева олучу гӀаланийн деланаш? Шамран-гӀала а кӀелхьаръяьккхиний цуьнан деланаша сан карара? 35 Оцу мехкийн мел болчу деланех муьлхачо кӀелхьарбаьккхина шен мохк сан куьйгах? ТӀаккха Везачу Эло Ярушалайм сан карара схьайоккхур ю аьлла хетий шуна?’“»

36 Дуьхьал цхьа а дош ца олуш, дӀатийна Ӏаш дара халкъ, хӀунда аьлча паччахьо омра динера: «Цунна дуьхьал жоп ма ло», – аьлла. 37 ТӀаккха паччахьан цӀийнан хьаькам волчу Хьалкхи-ЯхӀун кӀанта Элъякъима а, йозанчо Шибнас а, хилларг дӀаяздеш волчу Асайпан кӀанта Юахьис а, шайн тӀехулара бедарш а этӀийна, Хьузакх-ЯхӀуна тӀе а баьхкина, ашурхойн эскаран хьаькамо шайга аьлларг дӀадийцира.

19

Паччахьо ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаре хьехам бар дехар

(ЕшаӀ-ЯхӀу 37:1-7)

1 Шена и хабар ма-хеззи, шен тӀехулара бедарш а этӀийна, сингаттаман духар тӀе а дуьйхина, Везачу Элан цӀа долчу вахара Хьузакх-ЯхӀу. 2 Паччахьан цӀийнан хьаькам Элъякъим а, йозанча Шибна а, динан дайн тхьамданаш а, сингаттаман духарш тӀе а духийтина, Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарна тӀебахийтира цо. 3 Цара элира ЕшаӀ-ЯхӀуга: «Иштта боху Хьузакх-ЯхӀус: „Сингаттаман а, таӀзар даран а, эхь тӀедаран а де ду хӀара, хӀунда аьлча бер дуьнен чу доккхучу, амма и бер дан ницкъ ца кхочучу зудчух тарделла вай. 4 Цуьнан олахо волчу ашурхойн паччахьо схьахьажийначу эскаран хьаькамо дийна волу Дела емалвеш аьлла дешнаш хьан Везачу Далла дӀахаза тарло. Хьан Везачу Дала цунна таӀзар дан тарло, Шена дӀахезна и дешнаш бахьана долуш. Ткъа ахь дийна бисинчарах доӀа дехьа“».

5 Хьузакх-ЯхӀу-паччахьан ялхой шена тӀе баьхкича, 6 ЕшаӀ-ЯхӀус цаьрга элира: «ДӀаала шайн паччахье, Везачу Эло иштта боху: „Ашурхойн паччахьан ялхоша, Со емал а веш, аьллачу, хьайна хезначу дешнех ма кхера. 7 Хьажалахь! Аса цунна чу са дуьллуьйтур ду, тӀаккха цхьа хаам а хезна, иза шен махка юхавоьрзур ву. Ткъа Аса шен махкахь туьраца хӀаллаквийр ву иза“».

Ашурхоша кхин цкъа а кхерам боуьйту

(ЕшаӀ-ЯхӀу 37:8-20)

8 Ашурхойн паччахь Лахиш-гӀалара дӀавахна аьлла шена хезча, и эскаран хьаькам Ярушалаймера дӀавахара. Цунна шен паччахь Либна-гӀалина дуьхьал тӀом беш карийра. 9 ТӀаккха Санхьариб-паччахьна хезира, хушахойн паччахь ТирхӀакъа шена тӀелата араваьлла аьлла. Иза а хезна, цо геланчаш бахийтира яхӀудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхӀуна тӀе, 10 цуьнга дӀаала: «Хьан Шех дегайовхо йолчу хьайн Деле хьо ле ма вайта, Цо хьайга: „Ярушалайм ашурхойн паччахьан кара дӀалур яц“, – аьлча. 11 Хьуна-х ма хезна, ашурхойн паччахьаша массо а мехкашна хӀун дина, уьш хӀаллак а деш? Ткъа хьо кӀелхьарвоккхур ву ткъа? 12 Сан дайша хӀаллакдинчу къаьмнийн деланаша уьш кӀелхьарбаьхний? Газун а, ХӀаран а, Рацап а гӀаланашкара а, Тилассар-махкахь йолчу Ӏеданера а бахархой кӀелхьарбаьхний цара? 13 Мичахь бу Хьамат а, Арпад а, Сепарвайм а, ХӀинаӀ а, Ӏева а цӀераш йолчу гӀаланийн паччахьаш?»

14 Хьузакх-ЯхӀус, геланчашкара кехат схьа а эцна, дийшира. ТӀаккха, Везачу Элан цӀийне а вахана, Далла хьалха и кехат схьадаржийра цо. 15- 19:15 Арадаккхар 25:22. Везачу Элана хьалха доӀа а деш, Хьузакх-ЯхӀус элира: «Каруб-маликашна тӀехула йолчу Ӏаршна тӀехь охьахиъна Ӏаш волу, Исраилан халкъан Веза Дела! Дуьнен чуьра массо а пачхьалкхийн Дела Хьо цхьаъ ву. Ахь кхоьллина стигал а, латта а. 16 Хьайн лерг тӀе а дай, ладогӀахьа, Веза Эла, Хьайн бӀаьргаш схьа а беллий, хьажахьа, Веза Эла. ЛадогӀахьа Санхьариба, дийна Дела волу Хьо емалвеш, дуьйцучуьнга. 17 Ва Веза Эла, бакъ ду-кх ашурхойн паччахьаша, и халкъаш хӀаллак а деш, церан латтанаш а дассийна, 18 церан цӀу-деланаш цӀерга кхиссина. Ткъа уьш-м деланаш а боцуш, адамийн куьйгаша дечигах а, тӀулгах а дина суьрташ дара, цундела уьш хӀаллакдан тарлора. 19 Ткъа хӀинца, тхан Веза Дела, кӀелхьардахахьа тхо цу паччахьан куьйгех, тӀаккха дуьнен чуьра массо а пачхьалкхашна хуур дара, Веза Эла волу Хьо воцург, кхин Дела воцийла».

ЕшаӀ-ЯхӀугахула Дала делла жоп

(ЕшаӀ-ЯхӀу 37:21-38)

20 Амосан кӀанта ЕшаӀ-ЯхӀус Хьузакх-ЯхӀуга хабар дахьийтира: «Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „Ахьа Соьга ашурхойн паччахьна дуьхьал дина доӀа хезна Суна. 21 ХӀара ду Веза Эла волчу Аса цунна дуьхьал олу дош:

‘Емалъеш, йоьлур ю хьох Цийонан йоӀстаг,

Ярушалайман йоӀа хьуна тӀаьхьа цаяшарца куьг тосур ду.

22 Мила ву ахь емалвинарг а, сийсазвинарг а?

Хьанна дуьхьал аз айдина ахь,

Хьанах ца вешаш хьайн бӀаьргаш хьалаайина?

Исраилан Везачу Далла иштта дуьхьалваьлла-кх!

23 Веза Эла емал а веш,

хьайн геланчашкахула ахьа бохура:

‹Сайн дуккха а йолчу гӀудалкхашца

ломан лакхенашка хьалаваьлла со,

Ливанунан уггар лакхарчу регӀа тӀе.

Цуьнан уггар а лекха баганан дитташ а,

тоьлла долу зоьзан дитташ а хедийна аса.

Цуьнан уггар а генарчу меттигашка а,

хьаннашна юкъахь къаьсттина юькъа йолчу хьуьнах а кхаьчна со.

24 Хийрачу мехкашкахь гӀунаш схьа а йостуш,

царна чуьра хи мийлина аса.

Сайн когийн айрашца Мисар-махкара

дерриг а хиш лакъийна аса›.

25 Ас дуккха а хьалха и дерриг а дагатесна хилар

хьуна ца хезна те?

Ширачу заманахь дуьйна цунах ойла а йина,

хӀинца иза Аса кхочушдина,

чӀагӀйина гӀаланаш хьоьгахула ясса а йойтуш,

царах къапалгийн саьлнаш а йойтуш.

26 Цу гӀаланийн бахархой ницкъ а байна хилла,

кхерамна бега а беш, царна тӀе эхь деана.

Арара буц я экам зӀийдагаш санна бу уьш.

Тхов тӀехь хьалабаьлла бай санна бу уьш,

кхиале берриг а марца а мерцина,

малхбалера хьоькху бовха мох бахьана долуш.

27 Амма Суна хаьа хьо охьахиъча а,

араваьлча а, чуваьлча а.

Суна евза хьан Сайна дуьхьал йолу дералла а.

28 Хьан Суна дуьхьал дералла хиларна а,

хьан цавашар Сан лере кхачарна а,

хьан мерӀуьргех Сайн чӀуг а чекхйоккхур ю,

хьан бага Сайн дуьрстанан гаьллаш а йохкур ю Аса.

Хьо схьавеанчу новкъахула

юха а верзор ву Аса’“.

29 ХӀара билгало ло Ас хьуна, Хьузакх-ЯхӀу: кху шарахь охьаэгначу ялтин хӀух кхиъна долу ялта, иштта тӀедогӀучу шарахь ша тӀедаьлларг а дуур ду аша. Ткъа кхоалгӀачу шарахь ялта дӀа а дей, иза чу а дерзаде, кемсийн бошмаш а дӀае, церан стоьмаш а баа. 30 ЯхӀудан цӀийнах дийна висинчо юха а лахахь орамаш а хоьцур ду, лакхахь стом а лур бу. 31 ХӀунда аьлча Ярушалаймера схьабогӀур бу дийна биснарш а, Цийон-ломара богӀур бу шаьш кӀелхьарбевлларш а. Иза массо а ницкъийн Везачу Делан хьагӀ йоцучу эмгаралло кхочушдийр ду.

32 Цундела ашурхойн паччахьах лаьцна Везачу Эло иштта боху: „Иза цу гӀали чу а вер вац, цу чу цо ур-атталла цхьа пха а кхуссур бац. Карахь турс долуш гӀалина тӀе а вогӀур вац иза, цунна гонах баьрзнаш а дийр дац цо. 33 Ша схьавеанчу новкъахула юхавоьрзур ву иза, амма цу гӀали чу вогӀур вац, – боху Ас, Везачу Эло. – 34 Аса ларйийр ю хӀара гӀала, Сайн дуьхьа а, Сайн ялхочун Даудан дуьхьа а кӀелхьар а йоккхур ю иза“».

35 Цу буьйсанна хӀара хилира: Везачу Элан Малико, дӀа а дахана, Ашурхойн эскаран меттаматтара цхьа бӀе везткъе пхи эзар стаг хӀаллаквира. Дийна бисина болу ашурхой Ӏуьйранна хьалагӀевттича, царна лаьттахь Ӏохку декъий гира. 36 Ашурхойн паччахь Санхьариб, юха а ваьлла, Нунав-гӀала веара. Цигахь иза сецира. 37 Шен дела волчу Нисрухан цӀа чохь Ӏибадат дечу хенахь, цуьнан кӀенташа Адир-Малика а, Шар-Эцара а, тур а тоьхна, вийра иза. Юха и шиъ Арарат-махка дӀаведира. ТӀаккха Санхьарибан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кхин кӀант Эсар-Хьадун.

20

Хьузакх-ЯхӀу-паччахь цомгуш хилар а, товалар а

(ЕшаӀ-ЯхӀу 38:1-8, 21, 22; 2 Шерашкахь 32:24-26)

1 Цу деношкахь Хьузакх-ЯхӀу, цомгуш а хилла, валарна гергакхаьчнера. Амосан кӀант волчу ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро, иза волчу а веана, элира цуьнга: «Иштта боху Везачу Эло: „Хьайн цӀентӀехь болчаьрга весет де, хӀунда аьлча, цомгуш волчуьра то а ца луш, хьо лийр ву“».

2 Юьхь пенехьа дӀа а ерзийна, Везачу Эле иштта доӀа дира Хьузакх-ЯхӀус: 3 «Ва, Веза Эла! Дагадаийтахьа со Хьуна тешаме а волуш, доггах тӀевирзина а хуьлуш, Хьайна хьалха лелар. Ас гуттар а Хьуна нийса хеташ дерг леладора». ТӀаккха къаьхьа вилхира Хьузакх-ЯхӀу.

4 ЕшаӀ-ЯхӀу паччахьан цӀийнан юккъерачу кертара ара а валале, Везачу Элан дош кхечира цуьнга: 5 «Юха а верзий, Сан халкъан олахочуьнга Хьузакх-ЯхӀуга ала: „Иштта боху хьо схьаваьллачу Даудан Дела волчу Везачу Эло: ‘Суна хьан доӀа а хези, хьан бӀаьрхиш а ги. Аса хьо товийр ву. КхоалгӀачу дийнахь Везачу Элан цӀийне гӀур ву хьо. 6 Ас хьан дахарна пхийтта шо хан тӀетухур ю. Ашурхойн паччахьан куьйгах хьо а, хӀара гӀала а кӀелхьарйоккхур ю Аса. Сайн дуьхьа а, Сайн ялхо волчу Даудан дуьхьа а ларйийр ю Аса хӀара гӀала’“».

7 ЕшаӀ-ЯхӀус элира: «Ӏаьвдина инжирийн курс схьаэца». Ӏаьвдина инжирийн курс схьа а эцна, иза оцу ноткъа ечу меттигна тӀейиллира цара. ТӀаккха паччахь товелира. 8 Хьузакх-ЯхӀус ЕшаӀ-ЯхӀуга хаьттира: «ХӀун билгало хир ю, Везачу Эло со то а вина, кхоалгӀачу дийнахь со Везачу Элан цӀийне гӀур ву аларан?»

9 ЕшаӀ-ЯхӀус жоп делира: «Везачу Эло Ша аьлларг кхочушдийриг хиларан билгало хӀара хир ю: лами тӀера ӀиндагӀ итт тӀегӀанна хьалхадаккха я юхадаккха лаьа хьуна?»

10 Хьузакх-ЯхӀус элира: «ӀиндагӀана атта хир ду итт тӀегӀанна хьалхадала. ХӀан-хӀа, лами тӀера ӀиндагӀ итт тӀегӀанна юхадалийта».

11 ЕшаӀ-ЯхӀу Везачу Эле кхайкхира. Ткъа Везачу Эло Ахьаз-паччахьан лами тӀера ӀиндагӀ ша тӀедаханчу итт тӀегӀанна юхадаккхийтира.

Бавел-махкара болу геланчаш

(ЕшаӀ-ЯхӀу 39:1-8)

12 Цу хенахь Бавел-мехкан паччахь волчу Балу-Адданан кӀанта Мардух-Балу-Адданана кехаташ а, совгӀат а дахьийтира Хьузакх-ЯхӀуна, иза цомгуш ву аьлла, шена хезна дела. 13 Геланчаш тӀе а эцна, Хьузакх-ЯхӀус царна гайтира шен чӀоь-цӀа+ 20:13 *ЧӀоь-цӀа *– иза тӀаьхьалонна йолу хӀума дӀаюьллуш долу цӀа ду.* чохь мел дерг – дети а, деши а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, деза хьакхарш а – герз чохь долу цӀа а, шен хазнашкахь мел дерг а. Хьузакх-ЯхӀус шен паччахьан цӀа чохь а, шен массо а пачхьалкхехь а царна гайтаза хӀумма а ца дитира. 14 Юха ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро, Хьузакх-ЯхӀу-паччахь волчу а веана, хаьттира цуьнга: «ХӀун бохура оцу наха? Мичара баьхкинера уьш?»

Хьузакх-ЯхӀус жоп делира: «Уьш генарчу махкара баьхкинера, Бавелера», – аьлла.

15 «Хьан цӀа чуьра хӀун гира царна?» – аьлла, хаьттира ЕшаӀ-ЯхӀус.

«Сан цӀахь мел долу хӀума а гира царна. Сан хазнаш чохь хӀумма а ца йисна ас царна гайтаза», – элира Хьузакх-ЯхӀус.

16 ТӀаккха ЕшаӀ-ЯхӀус элира Хьузакх-ЯхӀуга: «ЛадогӀа, Везачу Эло хӀун боху: 17- 20:17 ТӀаьххьарнаш 24:13; 2 Шерашкахь 36:10. „Цхьа хан йогӀур ю, хьан цӀа чохь мел дерг а, хьан дайша кху дийне кхаччалц гулдинарг а Бавеле дӀахьош. ХӀумма а бухадуьсур дац“, – боху Везачу Эло. 18- 20:18 ТӀаьххьарнаш 24:14, 15; Даниал 1:1-7. Ахьа байтина болчу, хьох схьабевллачу хьан кӀентех цхьаберш а дӀабуьгур бу. Бавелан паччахьан цӀахь баьӀна ялхой бийр бу царах».

19 Хьузакх-ЯхӀус жоп делира: «Ахь Везачу Элера беана хаам дика бу». Амма шен дагахь цо ойла йира: «Сан дахаран деношкахь машар а, синтем а хир бу» – бохуш.

Хьузакх-ЯхӀун паччахьаллин чаккхе

(2 Шерашкахь 32:32, 33)

20 Хьузакх-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цуьнан майрачу гӀуллакхех а, цо бинчу хи латтош болчу Ӏомах а, цо лаьтта кӀелхула гӀали чу хи далош аьхкинчу саьнгарх а лаьцна – дӀаяздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 21 Хьузакх-ЯхӀу а, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Хьузакх-ЯхӀун метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Маннаш.

21

ЯхӀудхойн паччахь волу Маннаш

(2 Шерашкахь 33:1-20)

1 Маннашан шийтта шо хилла, иза паччахь дӀахӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шовзткъе пхийтта шарахь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе Хьапцаби яра. 2- 21:2 Ярми-ЯхӀу 15:4. Везачу Эло исраилхошна юкъара дӀалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гӀуллакхаш а леладеш, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора Маннаша. 3 Шен дас Хьузакх-ЯхӀус дохийна дӀадаьхна долу сагӀа доккху гунаш юхаметтахӀиттийра цо. Иштта цо, исраилхойн паччахь волчу Ахьаба санна, БаӀална сагӀа доккху меттигаш а кечйора, Ашерана лерина болу дечиган бӀогӀам а дӀахӀоттабора. Цо стигалшкахь мел болчу ницкъашна, суждане а оьхуш, Ӏибадат дора. 4- 21:4 Дауд 7:13. Везачу Элан цӀа чохь а цӀушна сагӀа доккху кхерчаш дӀахӀиттийра Маннаша, оцу цӀийнах лаьцна «Ярушалайм-гӀалахь Сайн цӀе абаденна язъяйта лаьа Суна» – Везачу Эло аьлла доллушехь а. 5 Везачу Элан цӀийнан шинна а кертахь стигалшкахь мел болчу ницкъашна сагӀа доккху кхерчаш дӀахӀиттийра цо. 6 Маннаша шен кӀант цӀерах чекхвоккхуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура, беллачийн синош тӀедоьхуш болчарах а, жинашца тайначарах а дагаволура. Цу тайпана, Веза Эла оьгӀаз а вохуьйтуш, Цунна зуламе хеташ долу дуккха а гӀуллакхаш леладора цо. 7- 21:7, 8 Сулим 9:3-5; 2 Шерашкахь 7:12-18. Ашера-харцдалла лерина ша бина дечиган бӀогӀам, схьа а эцна, Делан цӀа чохь дӀахӀоттийра Маннаша, цунах лаьцна Везачу Эло Дауде а, цуьнан кӀанте Сулиме а иштта аьлла доллушехь: «Ярушалайм-гӀалахь – исраилхойн шийтта тайпанан латтанашна юкъара Айса хаьржина йолчу меттигехь – хӀокху Сайн цӀа чохь Сайн цӀе язъяйта лаьа Суна гуттаренна а. 8 Нагахь санна Аса царна мел тӀедиллинарг – Сан ялхо волчу Мусас царна тӀедиллина берриг а товрат-хьехам – цара леррина кхочушбахь, Айса церан дайшна деллачу лаьтта тӀера исраилхойн когаш кхин цкъа а дӀабуьгуьйтур бац». 9 Амма цара ла ца дуьйгӀира Цуьнга. Маннаша харц некъа тӀе бехира уьш: Везачу Эло, исраилхошна хьалхара дӀа а даьхна, хӀаллакдинчу кхечу къаьмнаша лелийначул а сов зуламаш леладора цара.

10 Иштта, Шен ялхой болчу пайхамаршкахула Везачу Эло элира: 11 «ЯхӀудхойн паччахьо Маннаша дегаза долу къинош летийнера. Шел хьалха хиллачу эмархоша лелийначул а сов зуламаш леладора цо, ткъа шен цӀушца яхӀудхошка къинош летадайтира цо. 12 Цундела иштта боху исраилхойн Веза Дела волчу Аса: хӀинца Аса бохам тӀебоуьйтур бу Ярушалаймана а, ЯхӀудан халкъана а, оцу бохамах лаьцна мел хезнарг, кхерам а тесна, дегӀах зуз даллал цец а воккхуш. 13 Айса Шамран-гӀалина дуьхьал лелийна терза а, Ахьаб-паччахьан цӀенна охьайиллина санисбийриг а Ярушалайм-гӀалина а дуьхьалйоккхур ю Аса. Адамо, цӀан а йина, Ӏункар хӀоттош йолу пхьегӀа санна, цӀанйийр ю Аса Ярушалайм. 14 Аса Сайн долахь долчу халкъах бисинарш буьтур бу, уьш мостагӀийн кара дӀа а лур бу. ХӀонс санна хир ду и адамаш церан мостагӀашна. 15 Иза Аса дийр ду, цара, Суна зуламе хеташ долу гӀуллакхаш а деш, шайн дай Мисар-махкара арабевллачу дийнахь дуьйна хӀинццалц схьа Со оьгӀазъэхийтарна».

16 Иштта, Маннаша яхӀудхошка къа латадайтира, ткъа цундела цара Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. Цул сов, Маннаша, бехке боцучеран цӀий а Ӏанош, Ярушалайм-гӀала цхьана йистера вукху йисте кхаччалц цӀийх юьзира.

17 Маннашан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух а, цо летийначу къинойх а лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 18 ТӀаккха Маннаш, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза шен паччахьан цӀерачу бешахь дӀавоьллира. И беш Ӏузин беш яра. Маннашан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Амин.

ЯхӀудхойн паччахь Амин

(2 Шерашкахь 33:21-25)

19 Аминан ткъе ши шо хилла, иза паччахь дӀахӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе Машулимат яра. Иза Ютберачу Хьаруцин йоӀ яра. 20 Шен дас Маннаша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора Ӏаммина а. 21 Ӏаммин а хилла, шен да ваьхна ма-хиллара, вехаш. Цо а шен дас Маннаша Ӏибадат дина хиллачу цӀушна Ӏамал йора, царна хьалха суждане а воьдуш. 22 Шен дайн Дела волу Веза Эла витира Ӏаммина. Везачу Элан некъаца ца лелара иза.

23 Аминан ялхоша, ямартлонца цунна дуьхьал барт а бина, шен паччахьан цӀахь иза вийра. 24 ТӀаккха цу махкарчу халкъо Амин-паччахьна дуьхьал ямартлонца барт бинарш берриш а хӀаллакбира. Цара Аминан метта цуьнан кӀант Юши-ЯхӀу, паччахь а вина, дӀахӀоттийра.

25 Аминан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 26 Ӏаммин Ӏузин бешахь йолчу шен къубби чохь дӀавоьллира. Ӏамминан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Юши-ЯхӀу.

22

ЯхӀудхойн паччахь Юши-ЯхӀу

(2 Шерашкахь 34:1, 2)

1- 22:1 Ярми-ЯхӀу 3:6. Юши-ЯхӀун бархӀ шо хилла иза паччахь дӀахӀуттучу хенахь. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо ткъе цхьайтта шарахь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе Ядидат яра. Иза Боцкхат-гӀаларчу Ӏади-ЯхӀун йоӀ яра. 2 Юши-ЯхӀус Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора. Массо а хӀуманна тӀехь ша схьаваьлла волу Дауд-паччахь леллачу новкъахула лелара Юши-ЯхӀу. Цу некъа тӀера я аьтту, я аьрру агӀор дӀа ца ваьлла иза.

Товрат-хьехамийн тептар карор

(2 Шерашкахь 34:8-28)

3 Юши-ЯхӀу-паччахьо олалла деш долу берхӀитталгӀа шо долуш, шен йозанча волу Машулиман кӀентан Ацал-ЯхӀун кӀант Шапани вахийтира цо Везачу Элан цӀийне. Паччахьо элира: 4 «Динан коьртачу дена Хьалкхи-ЯхӀуна тӀе а гӀой, Везачу Элан цӀийнан кевнехь лаьтташ болчу гӀаролхоша нахера схьагулдинчу ахчанан хьесап дайта цуьнга. 5 И ахча Везачу Элан цӀенна тӀехь болх беш болчу белхалошна тӀехьовсучу нехан кара дӀадала деза. Ткъа цара дӀадекъа деза и ахча Везачу Элан цӀа тодеш болчарна: 6 дечиг пхьерашна а, гӀишло ечарна а, пенаш дуттучарна а. Иштта дечиг а, хьаькхна тӀулгаш а схьаэцийта цаьрга, Везачу Элан цӀа тодархьама. 7- 22:7 ТӀаьххьарнаш 12:15. Шаьш оцу белхалошна дӀалуш долчу ахчанан хьесап а ма де, хӀунда аьлча царах теша мегар ду».

8 Динан да волчу Хьалкхи-ЯхӀус йозанче Шапанига элира: «Суна товрат-хьехамийн тептар карийна Везачу Элан цӀа чохь». Хьалкхи-ЯхӀус и тептар Шапанига делира, ткъа вукхо иза дӀадийшира. 9 Йозанча Шапани паччахь волчу юхавеара, цуьнга хаам а беш. Цо элира: «Хьан ялхоша, Везачу Элан цӀенна хьалха долу ахча, схьа а эцна, Делан цӀа тодеш белхаш беш болчарна тӀехьожуш болчийн кара дӀаделла». 10 ТӀаккха йозанчо Шапанис элира: «Динан дас Хьалкхи-ЯхӀус тептар делла соьга». Шапанис и тептар паччахьна хьалха дийшира.

11 Товрат-хьехамийн тептар тӀера дешнаш шена дӀахезча, паччахьо шен тӀехулара бедар этӀийра. 12 ТӀаккха паччахьо, динан дена Хьалкхи-ЯхӀуна а, Шапанин кӀантана Ахьикхамина а, Мика-ЯхӀун кӀантана Ӏахбарна а, йозанчина Шапанина а, паччахьан ялхочунна Ӏаси-ЯхӀуна а тӀе а дуьллуш, элира: 13 «Даха а гӀой, сан дуьхьа а, берриге а яхӀудхойн дуьхьа а оцу карийначу тептар тӀехь долчух лаьцна Везачу Элах дагадовла. Везачу Элан дералла вайна тӀехь чӀагӀъелла, вайн дайша хӀокху тептаран дешнашка ла ца дуьйгӀина дела. Вайх лаьцна цигахь мел яздинчуьнга хьаьжжина, лело дезарг лела ма ца дора цара».

14 ТӀаккха динан да Хьалкхи-ЯхӀу а, Ахьикхам а, Ӏахбар а, Шапани а, Ӏаси-ЯхӀу а Ярушалайман шолгӀачу декъахь Ӏаш йолчу а, шегахь Делера болу хаам беш йолчу а Хьулдатана тӀебахара. (Цуьнан майра вара Хьархьасан кӀентан Тикхавин кӀант волу Шалум, ткъа иза духарийн цӀенна тӀехь куьйгалхо вара.) Цара цуьнца къамел дира. 15 Хьулдата цаьрга элира: «ХӀара боху исраилхойн Везачу Дала: „Шаьш Суна тӀехьажийначу стаге хӀара дӀаала: 16 ‘Иштта боху Везачу Эло: ‹Аса бохам боуьйтур бу кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а тӀе, яхӀудхойн паччахьо дешна долчу тептар тӀера дерриг а дешнаш тӀехь ма-хиллара. 17 Со дӀа а тесна, хаза хьожа йогӀу хӀума кхечу деланашна а ягош, шаьш мел лелочу хӀуманца Со дарвеш шу леларна, Сан оьгӀазло хир ю кху меттигна тӀехь, дӀайовр йоцу алу санна›’. 18 Веза Эла волчу Сох дагавалийта аьлла шаьш схьахьажийначу яхӀудхойн паччахье аша дӀаала: ‘Иштта боху исраилхойн Везачу Дала хьуна хезначу дешнех лаьцна: 19 Аса кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а дуьхьал аьлла дешнаш хьайна дӀа а хезна, хьан дог кӀад а луш, Суна хьалха ахь хьо лахварна а, хьайн тӀехулара бедар этӀа а йина, Суна хьалха хьо велхарна а, Суна хьо дӀахезна, – боху Везачу Эло. – 20 И бахьанехь хьо, синтемца дӀа а кхелхина, хьайн дайшна тӀевохуьйтур ву Аса, ткъа хьо хьайн къубби чу охьавуьллур ву. Хьан бӀаьргашна гур бац Аса кху меттигна тӀебоуьйтур болу и массо а бохамаш’“».

Паччахьна тӀедаьхьира и жоп.

23

Юши-ЯхӀус кхечу деланашна Ӏамалъяр дӀадаккхар

(2 Шерашкахь 34:3-7, 29-33)

1 Юши-ЯхӀу-паччахьо ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а берриге а къаной схьагулбайтира. 2 Паччахь Везачу Элан цӀийнан керта вахара. Цуьнца цхьаьна цига дахара ЯхӀуд-мехкан дерриге халкъ а, Ярушалайман берриге бахархой а, динан дай а, пайхамарш а, доллу халкъ а, уггаре ладаме доцучу адамашкара дуьйна уггаре лараме долчу адамашна тӀекхаччалц. ТӀаккха паччахьо Везачу Элан цӀенна уллохь карийначу Дала бинчу бертан тептар тӀера дерриге а дешнаш дӀадийшира, уьш цигахь лаьтташ долчу массо халкъана дӀа а хозуьйтуш. 3 БӀогӀамна юххе а хӀоьттина, паччахьо Везачу Элана хьалха Цуьнца бина болу барт карлабаьккхира – цо дош делира Везачу Элана тӀаьхьахӀотта а, шен доллучу даггара, доллучу синца Цуьнан весеташ а, бакъонаш а, парзаш а лардан а, оцу бертан тептар тӀера дешнаш кхочуш а деш. ТӀаккха дерриге а халкъо чӀагӀо йира и барт кхочушбан.

4- 23:4-6 Сулим 21:3; 2 Шерашкахь 33:3. ТӀаккха Юши-ЯхӀу-паччахьо омра дира, динан коьртачу дега а, вукху динан дайшка а, Везачу Элан цӀийнан кертарчу гӀаролашка а, оцу кертахь цӀу-деланашка БаӀална а, Ашерана а, стигалшкахь мел болчу ницкъашна а Ӏамал еш дӀахӀоттийна мел йолу хӀума араяккха аьлла. Юши-ЯхӀу-паччахьо и ерриг хӀуманаш Ярушалайм-гӀалина арахьа йолчу Кхидрун-тогӀи чохь ягаяйтира, ткъа уьш ягийча бисина болу чим Бетал-гӀала дӀабаьхьира. 5 ЯхӀудхойн паччахьаша къобалбинера динан дай, ткъа цара хаза хьожа йогӀу хӀума ягайора БаӀал-харцдалла а, малхана а, баттана а, седарчашна а, стигалшкахь мел болчу ницкъашна а. Юши-ЯхӀу-паччахьо дӀабехира ЯхӀуд-мехкан массо гӀаланийн а, Ярушалайм-гӀалина гонах мел йолчу меттигийн а сагӀа доккхучу гунашкахь хаза хьожа йогӀу хӀума яго яхӀудхойн паччахьаша къобалбина мел болу и харц динан дай. 6 Везачу Элан цӀийнан кертахь Ашера-цӀунна боьгӀна болу бӀогӀам Юши-ЯхӀу-паччахьо арабаккхийтира. Ярушалайм-гӀалара ара а баьккхина, Кхидрун-тогӀи чохь багийра иза. Ткъа йисинчу хӀуманех чим бина, иза цӀеяхана боцучеран къуббанашна тӀехула дӀасабаржабайтира цо. 7 Цул тӀаьхьа Юши-ЯхӀу-паччахьо Везачу Элан цӀийнан кертахь лаьтташ болчу цӀуйн дуьхьа сийсаза лелаш болчу «безачу» божарийн цӀенош дохадайтира. (Цигахь Ашера-цӀунна Ӏамал ечу хенахь тӀеюхуш йолу бедарш юцура зударша.) 8 Юши-ЯхӀу-паччахьо массо динан дай, ЯхӀуд-махкара ара а баьхна, Ярушалайм-гӀали чубехира. Берриге а ЯхӀуд-махкахь – ГибаӀ-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀ-гӀала кхаччалц – динан дайша тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума ягийна меттигаш бехъяйтира цо. Юши-ЯхӀу-паччахьо иштта гӀалин кевнна уллохь болчу газа-цӀушна лерина болу сагӀа доккху гу бохабайтира. ГӀалин хьаькам хиллачу ЮшаӀан кевнехь чуволлучохь, гӀалин кевнан аьрру агӀор, бара и гу. 9 Ткъа, хьалха цӀушна Ӏамалъеш хиларна, оцу динан дайшна Ярушалайм-гӀалахь Везачу Элана хӀоттийначу сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь сагӀа даккха ца магадора. Делахь а вукху динан дайшца цхьаьна совсаза бепиг даа магийтина дара царна.

10- 23:10 а: Ярми-ЯхӀу 7:31; 19:1-6; 32:35; б: Ӏамалъяр 18:21. Юши-ЯхӀу-паччахьо сийсазъяьккхира Бен-ХӀинам-тогӀи чохь йолу Тупат олу меттиг, цхьана а стаге кхин цкъа а шен кӀант я йоӀ цигахь Мулка-цӀунна лерина цӀерах чекх ца бахийтархьама. 11 ДӀаяханчу заманахь яхӀудхойн паччахьаша говраш а, гӀудалкхаш а хӀиттайора Везачу Элан цӀийнан керта чу воллучохь, паччахьан кертара куьйгалхо волчу Ната-Маликан цӀенна юххехь. Малхан далла къобалйинера и говраш а, гӀудалкхаш а. Юши-ЯхӀу-паччахьо и говраш цигара дӀаяхийтира, ткъа гӀудалкхаш ягаяйтира. 12- 23:12 ТӀаьххьарнаш 21:5; 2 Шерашкахь 33:5. Яханчу заманахь яхӀудхойн паччахьаша Ахьазан цӀенойн тӀехула долчу цӀийнан тхов тӀе тӀулгех сагӀа доккху меттиг кечйинера. Иштта Маннаш-паччахьо а Везачу Элан цӀийнан шинна а кертахь сагӀа доккху меттигаш кечйинера. Ткъа Юши-ЯхӀу-паччахьо и ерриге сагӀа доккху меттигаш йоха а яйтина, йисина къапалгаш Кхидрун-тогӀи чу кхиссийтира. 13- 23:13 Сулим 11:7. Ярушалайм-гӀалина малхбалехь болу а, ХӀаллакдаран ломана+ 23:13а *ХӀаллакдаран лам *– иза «Зайт-диттийн ломан» кхин цӀе ю, иза емалъеш олуш йолу.* къилбехь болу а сагӀа доккху гунаш а сийсаздехира Юши-ЯхӀу-паччахьо. И гунаш исраилхойн паччахь волчу Сулима дӀахӀиттийнера цӀаданхоша Ӏамал еш йолчу дегазчу Ӏаштарт-цӀунна а, муабахоша Ӏамал еш волчу боьхачу Камош-цӀунна а, Ӏамминхоша Ӏамал еш волчу дегазчу МилкӀом-цӀунна+ 23:13б *МилкӀом-цӀу *– я иштта: *Мулка-цӀу.* а лерина. 14 Юши-ЯхӀу-паччахьо дохадайтира харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, дӀадахийтира Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а. Ткъа и меттигаш беллачийн даьӀахкех юьзира.

15- 23:15 Сулим 12:33. Иштта кхин а Юши-ЯхӀу-паччахьо бохийна дӀабаьккхира Бетал-гӀалахь болу сагӀа доккху кхерч. Исраилхошка къинош летадайтинчу НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама цигахь, сагӀа доккхучу гу тӀехь, дӀахӀоттийна хилла и кхерч. Цигахь мел йолу хӀума ягийна дӀаяккхийтира цо, Ашера-харцдалла лерина болу бӀогӀам а тӀехь. Йисина хӀуманаш ата а аьтта, царах чан яйтира паччахьо. 16- 23:16 Сулим 13:2. Юши-ЯхӀу-паччахьна, дӀахьаьжча, оцу лома тӀехь къуббанаш гира. Цо, нах а бахийтина, цигара даьӀахкаш схьаяийтира. ТӀаккха и даьӀахкаш оцу сагӀа доккхучу кхерча тӀехь ягаяйтира, и кхерч сийсазбаккхархьама. Иштта кхочушхилира+ 23:16 *Иштта кхочушхилира... къубба гира *– иштта тӀетоьхна ду ширачу грекийн гочдар тӀехь. Ӏебархойн тептар тӀехь цу дешнийн метта иштта дӀаяздина ду: *Везачу Эло Делан стагехула хир ду ма-аллара, кхочушдира Юши-ЯхӀу-паччахьо и дерриг а.* Везачу Элан дош. Делан стага хаам бинера, иштта хир ду аьлла, ЯрбаӀам-паччахь дезачу деношкахь кхерчана хьалха лаьттачу хенахь. Юши-ЯхӀу-паччахьна, дӀахьаьжча, и гӀуллакх хир ду аьллачу пайхамаран къубба гира. 17- 23:17 Сулим 13:30-32. Цо хаьттира: «И хӀун чурт ду суна гуш дерг?»

Цу гӀаларчу бахархоша жоп делира цуьнга: «ЯхӀуд-махкара вогӀуш хиллачу Делан стеган къубба ю иза. Ткъа цо яханчу заманахь ахьа хӀинца Бетал-гӀалин сагӀа доккхучу кхерчана дуьхьал динарг аьллера».

18 Юши-ЯхӀу-паччахьо элира: «Меттах ма ваккха иза, цуьнан даьӀахкаш цхьаммо а ма хьае».

ТӀаккха цара меттах ца ехира цу стеган а, Шамран-махкара вогӀуш хиллачу пайхамаран а даьӀахкаш.

19 Иштта, Юши-ЯхӀу-паччахьо Шамран-махкарчу гӀаланашкахь сагӀа доккхучу гунаш тӀехь дӀахӀиттийна цӀу-деланийн цӀенош а дохадайтира. Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахнера цу кеппара долу цӀенош исраилхойн паччахьаша дӀахӀиттадарна. Ша Бетал-гӀалахь диннарг оцу гунаш тӀехь йолчу сагӀа доккхучу меттигашна а дира Юши-ЯхӀу-паччахьо. 20 Ишттачу меттигашкара динан дай Юши-ЯхӀу-паччахьо байина дӀабахийтира. ТӀаккха адамийн даьӀахкаш цу сагӀа доккхучу меттигашна тӀехь ягийра. Ткъа иштта Ӏамал ен меттигаш йоха а яйтина, ша Ярушалайме юхавирзира Юши-ЯхӀу-паччахь.

Пасахь олу деза де даздар карладаккхар

(2 Шерашкахь 35:1-19)

21 ТӀаккха Юши-ЯхӀу-паччахьо халкъе омра дира. Цо элира: «Везачу Эло тхоьца бинчу оцу бертан тептар тӀехь яздина ма-дарра, дазде аша шайн Везачу Далла лерина долу „ Пасахьан“ деза де». 22 Исраилан халкъана тӀехь мехкан куьйгалхоша олалла дечу хенахь дуьйна, исраилхойн а, яхӀудхойн а паччахьийн деношна тӀекхаччалц цкъа а цу тайпана даздина дацара «Пасахьан» деза де. 23 Юши-ЯхӀус паччахьалла деш долу берхӀитталгӀа шо долуш Везачу Элана лерина долу и «Пасахьан» деза де Ярушалайм-гӀалахь даздира.

Юши-ЯхӀу-паччахьо дина керла гӀуллакхаш

24 Юши-ЯхӀу-паччахьо хӀаллакбира ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а беллачийн синош тӀедоьхуш берш а, жинашца тайнарш а, цӀахь болу цӀуш а, кхиболу цӀуш а, массо а кхидолу дегаза хӀуманаш а. Юши-ЯхӀу-паччахьо дира и дерриге а, Везачу Элан цӀа чохь динан да волчу Хьалкхи-ЯхӀуна карийначу товрат-хьехамийн тептар тӀера тӀедехкинарш кхочушдархьама. 25 Юши-ЯхӀу-паччахьал хьалха я цул тӀаьхьа ца ваьллера и санна шен доллучу даггара, доллучу синца, боллучу ницкъаца Везачу Элана тӀевирзина верг, массо а хӀуманна тӀехь Муса-пайхамаран хьехамаш кхочушбеш верг.

26 Амма Маннаш-паччахьо мел дина дегаза хӀуманаш бахьана долуш, Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахийтинера. ХӀинца а ЯхӀудан халкъана оьгӀазваханчуьра юха ца вирзира Веза Эла. 27 Везачу Эло элира: «Ас ЯхӀудан халкъ юхатоттур ду Сайна дуьхьалара, Айса юхатеттина Исраилан халкъ санна. Иштта Айса къастийна йолу Ярушалайм а, хӀара Сан цӀа а, Ас шех лаьцна: „Сан цӀе хир ю цу чохь“ – аьлла долу, дӀатоттур ду Ас Сайна хьалхара».

Юши-ЯхӀус паччахьалла даран чаккхе

(2 Шерашкахь 35:20–36:1)

28 Юши-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 29 Юши-ЯхӀус паччахьалла дечу хенахь Мисар-мехкан паччахь волу Наху-пирӀун Эпрат-хин йисте вахана хилла, Ашур-мехкан паччахьна гӀо дархьама. Юши-ЯхӀу-паччахь пирӀунна дуьхьал тӀом бан аравелла хилла. Ткъа пирӀуно, МагӀидда-гӀалахь шена Юши-ЯхӀу гича, иза вийна. 30 ТӀаккха Юши-ЯхӀун ялхоша цуьнан дакъа, Ярушалайм-гӀала а деана, шен къубба чохь дӀадоьллира.

ЯхӀуд-мехкан халкъо Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Ахьаз, къобал а вина, шен ден метта паччахь вина дӀахӀоттийра.

ЯхӀудхойн паччахь ЯхӀу-Ахьаз

(2 Шерашкахь 36:2-4)

31 ЯхӀу-Ахьазан ткъе кхо шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо кхаа баттахь паччахьалла дира. ЯхӀу-Ахьазан ненан цӀе Хьамутал яра. Иза Либна-махкара йолу Ярми-ЯхӀун йоӀ яра. 32 ЯхӀу-Ахьаз паччахьо а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. 33 Наху-пирӀуно, Ярушалаймехь ЯхӀу-Ахьазе паччахьалла ца дайта, иза Хьамат-махкарчу Рабила-гӀалахь набахти чу воьллира. Наху-пирӀуно гӀуда такхар тӀедожийра ЯхӀуд-махкана. Шена ши бӀе пунт дети а, ши пунт деши а даьккхира пирӀуно яхӀудхошкара. 34- 23:34 Ярми-ЯхӀу 22:11, 12. ТӀаккха Наху-пирӀуно Юши-ЯхӀу-паччахьан Элъякъим цӀе йолу кхин кӀант хӀоттийра, шен ден метта паччахь вина. Наху-пирӀуно Элъякъиман цӀе хийцира, цунах ЯхӀу-Якхам аьлла. Ткъа ЯхӀу-Ахьаз пирӀуно Мисар-махка дӀавигира, иза цигахь дӀа а кхелхира.

ЯхӀудхойн паччахь волу ЯхӀу-Якхам

(2 Шерашкахь 36:5-8)

35 ЯхӀу-Якхам-паччахьо дети а, деши а лора пирӀунна. И хӀума кхочушдархьама, цо хӀора а стагера, цуьнан долахь долчу лаьттан мехе хьаьжжина, деши а, дети а доккхура.

36- 23:36 Ярми-ЯхӀу 22:18, 19; 26:1-6; 35:1-19. ЯхӀу-Якхаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо цхьайтта шарахь паччахьалла дира. ЯхӀу-Якхаман ненан цӀе Забудат яра. Иза Рума-гӀаларчу Пади-ЯхӀун йоӀ яра. 37 ЯхӀу-Якхам-паччахьо а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора.

24

1- 24:1 Ярми-ЯхӀу 25:1-38; Даниал 1:1, 2. ЯхӀу-Якхама паччахьалла дечу хенахь, Бавел-мехкан паччахь волу Набухди-Нецар ЯхӀуд-махкана тӀегӀоьртира. Кхаа шарахь Ӏийра ЯхӀу-Якхам-паччахь Набухди-Нецаран олаллина кӀел. ТӀаккха ЯхӀу-Якхам-паччахь Набухди-Нецарна дуьхьалвелира. 2 Везачу Эло ЯхӀу-Якхам-паччахьна дуьхьалбехира хашадхойн а, арамхойн а, муабахойн а, Ӏамминхойн а тӀемалой, цаьрга ЯхӀуд-мохк хӀаллакбайтархьама, Шен ялхой болчу пайхамаршкахула Ша ма-аллара. 3 Везачу Элан лаамца хилира и дерриге а ЯхӀудан халкъаца, иза Шена дуьхьалара юхататтархьама. Везачу Эло иза дира Маннаш-паччахьо дукха къинош леторна а, цо сийсаза долу гӀуллакхаш дарна а, 4 иштта цо бехк боцу дукха адам хӀаллакдарна а. Маннаш-паччахьо Ярушалайм-гӀала цу нехан цӀийх юзар бахьана долуш, цунна гечдан ца лиира Везачу Элана.

5 ЯхӀу-Якхаман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 6 ТӀаккха ЯхӀу-Якхам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Ткъа цуьнан кӀант ЯхӀу-Яхин керла паччахь хилла дӀахӀоьттира шен ден метта.

7 Мисар-мехкан паччахь шен махка чуьра тӀом бан кхин ара ца велира, хӀунда аьлча Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тӀера Эпрат-хина тӀе кхаччалц долу латтанаш дӀалецира Бавел-мехкан паччахьо Набухди-Нецара.

ЯхӀудхойн паччахь ЯхӀу-Яхин

(2 Шерашкахь 36:9, 10)

8 ЯхӀу-Яхинан берхӀитта шо кхаьчнера, иза паччахь дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо кхаа баттахь олалла дира. ЯхӀу-Яхинан ненан цӀе Нахьушат яра. Иза Ярушалаймерчу Эли-Натин йоӀ яра. 9 ЯхӀу-Яхин-паччахьо а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора.

10 Цу хенахь Бавел-мехкан паччахьан Набухди-Нецаран тӀеман хьаькамаша, Ярушалайм-гӀалина тӀе а гӀоьртина, цунна го бира. 11 ТӀаккха Бавел-мехкан паччахь волу Набухди-Нецар гӀалина тӀевеара, шен тӀеман хьаькамаша гӀалина го бинчу хенахь. 12- 24:12 Ярми-ЯхӀу 22:24-30; 24:1-10; 29:1, 2. ЯхӀудхойн паччахь волу ЯхӀу-Яхин а, цуьнан нана а, цуьнан ялхой а, цуьнан тӀеман хьаькамаш а, цуьнан кертара хьаькамаш а шаьш Набухди-Нецаран кара бахара. Иштта, Бавел-махкарчу Набухди-Нецар-паччахьо олалла ден борхӀалгӀа шо долуш, цо ЯхӀу-Яхина йийсар дира. 13 ТӀаккха Набухди-Нецар-паччахьо Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цӀийнан хазни чохь мел йолу хӀума а, паччахьан кертара мехала мел йолу хӀума а дӀаяьхьира. Везачу Эло аьлла ма-хиллара, хьалха исраилхойн паччахь хиллачу Сулима Везачу Элан цӀенна лерина яйтина хилла йолу массо а дашо хӀуманаш дӀаяьхьира Бавел-мехкан паччахьо. 14 Цул тӀаьхьа массо ярушалаймхой арабехира цо, массо элий а, берриг доьналла долу эскархой а дӀабигира. Иштта, йийсаре дӀадигна долу дерриг адам итт эзар дара. Царна юкъахь бара дечиган а, эчиган а говза пхьераш. ЯхӀуд-махкахь, уггаре а миска нах боцурш, цхьа а ца висира.

15- 24:15 Яхьазкхиал 17:12. Цу тайпана, ЯхӀу-Яхин-паччахь, цуьнан нана, цуьнан зударий, паччахьан кертахь гӀуллакх деш хилларш, лаккхарчу даржашкахь хилла нах – уьш берриш а Ярушалайм-гӀалара Бавел-махка кхалхийра Бавел-мехкан паччахьо. 16 Бавел-мехкан паччахьо Бавел-махка йийсаре дӀадигира шена чохь ворхӀ эзар тӀемало волу дерриг эскар а, цхьа эзар говза пхьар а, аьчка-пхьар а. Цу дӀабигначарна юкъахь уггар а доьналла долу тӀемалой бара.

17- 24:17 Ярми-ЯхӀу 37:1; Яхьазкхиал 17:13. Бавел-мехкан паччахьо Ярушалайм-гӀалахь керла паччахь дӀахӀоттийра. Иза вара ЯхӀу-Яхинан ден ваша волу Матан-ЯхӀу. Матан-ЯхӀун цӀе а хийцина, ЦӀадукъ-ЯхӀу аьлла, цӀе тиллира цунна Бавел-мехкан паччахьо.

ЯхӀудхойн паччахь ЦӀадукъ-ЯхӀу

(2 Шерашкахь 36:11-23; Ярми-ЯхӀу 52:1-3а)

18- 24:18 Ярми-ЯхӀу 27:1-22; 28:1-17. ЦӀадукъ-ЯхӀун ткъе цхьа шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цхьайтта шарахь паччахьалла дира цо. ЦӀадукъ-ЯхӀун ненан цӀе Хьамутал яра. Иза Либна-гӀалара Ярми-ЯхӀун йоӀ яра. 19 ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо а, шен да ЯхӀу-Якхама санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. 20- 24:20 Яхьазкхиал 17:15. Ярушалайм-гӀалин а, ЯхӀуд-мехкан а бахархой Шена уллора дӀататтал чӀогӀа оьгӀазваханера Веза Эла. Иштта ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвелира.

25

Ярушалайман йожар

(2 Шерашкахь 36:13-21; Ярми-ЯхӀу 52:3б-11)

1- 25:1 Ярми-ЯхӀу 21:1-10; 34:1-5; Яхьазкхиал 24:2. ЦӀадукъ-ЯхӀус паччахьалла до уьссалгӀа шо долуш, шеран уьтталгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь, Бавел-мехкан паччахь Набухди-Нецар, шен дерриг эскар а эцна, Ярушалаймана тӀамца тӀевахара. ГӀалина уллохь меттамотт дӀа а хӀоттийна, ерриг а гӀалина гонах гунаш дира цо, иза схьаяккха кечам бархьама. 2 ЦӀадукъ-ЯхӀус паччахьалла до цхьайтталгӀа шо тӀекхаччалц гӀала го бина лаьттира. 3 Цу шеран боьалгӀачу беттан уьссалгӀа де тӀекхаьчча, дӀахӀоьттина мацалла гӀалин бахархошна даа хӀумма а ца дуьсуш чӀогӀа яра. 4- 25:4 Яхьазкхиал 33:21. МостагӀчо гӀалин пенах доккха Ӏуьрг даьккхича, Ярушалаймерчу берриг а тӀемалоша дӀабовда кечам бира. Хашадхой гӀалина го бина лаьттинехь а, буьйсанна паччахьан бешана уллохь болчу шина пенна юккъехь долчу кевнехула массо а эскар гӀали чуьра араделира. Иза дедда Ӏариба-тогӀи чу дӀадахара. 5 ТӀаккха хашадхойн эскар паччахьна тӀаьхьаделира. Ерихон-гӀалин аренашкахь уьш ЦӀадукъ-ЯхӀуна тӀаьхьакхиира. Ткъа паччахьан эскарера массо а тӀемало цунна уллора дӀасаведира. 6 ЦӀадукъ-ЯхӀу, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Рабила-гӀала схьавалийра. Цигахь цунна кхел йира. 7- 25:7 Яхьазкхиал 12:13. ЦӀадукъ-ЯхӀун кӀентий цунна хьалха байира. Ткъа иза, ши бӀаьрг а баьккхина, цӀестан буржалш а тоьхна, Бавеле дӀавигира.

Везачу Элан цӀа дохор

(Ярми-ЯхӀу 52:12-33)

8 Набухди-Нецара паччахьалла дечу ткъайоьсналгӀачу шеран пхоьалгӀачу беттан ворхӀалгӀачу дийнахь паччахьан гӀаролхойн хьаькам волу а, Бавелан паччахьан ялхо волу а Набузар-Адан Ярушалайме веара. 9- 25:9 Сулим 9:8. Цо Везачу Элан цӀа а, паччахьан цӀа а, Ярушалаймера массо а цӀа а цӀе тесна дагийра. Иштта, Ярушалаймехь долу дерриг а коьрта цӀенош дагийра. 10 Оцу хьаькаман куьйгаллехь долчу хашадхойн эскаро Ярушалаймана гонах долу пенаш а дохийра. 11 Паччахьан гӀаролхойн хьаькамо Набузар-Адана Ярушалаймехь дисина кхидолу халкъ а, говза гӀишлош йийраш а, Бавелан паччахьан агӀор бевлларш а йийсаре дӀабигира. 12 Оцу махкара къечу халкъана юкъара цхьадолу адамаш дитира цу хьаькамо, цаьрга кемсийн бошмашкахь а, кхашкахь а болх байтархьама.

13- 25:13 а: Сулим 7:15-26; 2 Шерашкахь 3:15-17; б: Сулим 7:23-26; 2 Шерашкахь 4:2-5. Хашадхоша дохийна дӀадехира Везачу Элан цӀенна хьалха долу цӀестан бӀогӀамаш а, цӀийнан кертахь меттахйохуш йолу цӀестан бухахӀотторгаш а, иштта цӀестан хӀорд а. Дерриг а цӀаста цара Бавеле дӀадаьхьира. 14- 25:14 Сулим 7:45; 2 Шерашкахь 4:16. Цара иштта дӀадаьхьира тесаш а, белаш а, тукарш а, хаза хьожа йогӀу хӀума чуюьллу кедаш а Везачу Элана лерина гӀуллакх дечу хенахь лелош хилла йолу цӀастанах йина мел йолу пхьегӀаш а. 15 Деших а, детих а мел йина хӀуманаш а дӀаяьхьира паччахьан гӀаролхойн хьаькамо, царна чуйогӀура богуш болу кӀора дӀасакхоьхьу нойш а, цӀий чудутту боганаш а. 16 Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀенна лерина бина ши бӀогӀам а, боккха яй а, меттахйохуш йолу кӀелхӀотторгаш а чӀогӀа еза яра. Оцу хӀуманашна дахана долчу цӀастанан барам буста а ца лора. 17 Цхьана бӀогӀаман лакхалла берхӀитта дол яра. Цу бӀогӀам тӀехь цӀестан таж дара, кхо дол лакхалла а йолуш. Цу тӀехь цӀастанах бина цаца а, наран стоьмаш а дара. Вукху бӀогӀамна тӀехь а дара иштта бина цаца а, наран стоьмаш а.

ЯхӀудхой Бавел-махка дӀакхалхор

(Ярми-ЯхӀу 52:24-27)

18 Паччахьан гӀаролхойн хьаькамо коьрта динан да волу Сари-ЯхӀу а, шолгӀа динан да волу Цапни-ЯхӀу а, Везачу Элан цӀа чу воьдийла ларъеш волу кхо гӀаролхо а йийсаре дӀавигира. 19 ГӀалахь хӀетталц а бисинчарах цо дӀавигира тӀемалойн хьаькам волу ваьӀна стаг а, паччахьан пхиъ хьехамча а, нах эскаре дӀаязбеш волу эскаран коьрта йозанча а, иштта гӀалахь шайна схьакарийна волу кхузткъа кхиволу стаг а. 20 Уьш берриш а паччахьан гӀаролхойн хьаькамо Набузар-Адана Бавелан паччахьна тӀе Рабила-гӀала дӀабигира. 21 Хьамат-гӀалин махкахь йолчу Рабила-гӀалахь Бавелан паччахьо, уьш байа аьлла, омра дира.

Иштта яхӀудхой шайн махкара йийсаре дӀабигира.

ЯхӀуд-мехкан куьйгалхо волу Гадал-ЯхӀу

(Ярми-ЯхӀу 40:7-9; 41:1-3)

22- 25:22-24 Ярми-ЯхӀу 40:7-9. Бавелан паччахьо Набухди-Нецара ЯхӀуд-махкахь дитинчу халкъана тӀехь куьйгалхо вина дӀахӀоттийра Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу. 23 ТӀеман массо а хьаькамна а, церан нахана а хезира, Бавелан паччахьо Гадал-ЯхӀу мехкан куьйгалхо дӀахӀоттийна аьлла. ТӀаккха уьш МицӀпа-гӀала бахара Гадал-ЯхӀуна тӀе. Уьш бара: Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал, Къаьрхьин кӀант Йохьан а, натӀупатхо волчу Танхьуматан кӀант Сари-ЯхӀу а, маӀхахочун кӀант Яъзан-ЯхӀу а, церан нах а. 24 Гадал-ЯхӀус, царна а, церан нахана а хьалха, чӀагӀо а еш, элира: «Хашадхойн баьччанех ма кхера. ХӀокху махкахь даха охьа а ховша, Бавелан паччахьна муьтӀахь а хила, тӀаккха шуна дика хир ду».

25- 25:25 Ярми-ЯхӀу 41:1-3. Амма шеран ворхӀалгӀачу баттахь, шеца итт стаг а валош, паччахьан цӀийнах схьаваьлла волу, Эли-ШамаӀан кӀентан Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал веара Гадал-ЯхӀуна тӀе. Цара Гадал-ЯхӀуна чов йира, иза велира. Иштта Гадал-ЯхӀуца цхьаьна МицӀпа-гӀалахь болу яхӀудхой а, хашадхой а байира ИсмаьӀала. 26- 25:26 Ярми-ЯхӀу 43:5-7. Иза бахьанехь дерриг а халкъ – кӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц – тӀеман хьаькамашца цхьана Мисар-махка дӀадедира, шаьш хашадхойх кхерарна.

ЯхӀу-Яхин набахти чуьра араваккхар

(Ярми-ЯхӀу 52:31-34)

27 ЯхӀудхойн паччахьо ЯхӀу-Яхина Бавеларчу набахтехь ткъе вуьрхӀитта шо даьккхича, Авил-Мардуха иза набахтера аравалийтира. Иза хилира Авил-Мардух Бавелан паччахь хилла дӀахӀоьттинчу шеран шуьйтталгӀачу беттан ткъе ворхӀалгӀачу дийнахь. 28 Авил-Мардуха цуьнца бертахь къамел дора, ткъа Бавел-махкахь йийсарехь болчу кхиболчу паччахьийн ларамал цуьнан лекха ларам бира. 29 ЯхӀу-Яхинна пурба делира шена тӀера тутмакхан духар дӀадаккха. Дуьнен чохь ша мел йоккхучу йисинчу хенахь кест-кестта паччахьна уллохь яа хӀума йоура цо. 30 ЯхӀу-Яхин дуьнен чуьра дӀаваллалц, хӀора дийнахь Бавелан паччахьо цунна мел оьшург а латтадора.