Векало

Яхьъяс

яздина шолгӀа кехат

Дешхьалхе

Векало Яхьъяс яздина шолгӀа кехат «тхьамдано» яздина ду «хаьржинчу зудчуьнга а, цуьнан берашка а». Схьахетарехь, и «зуда» цхьа динан тоба ю, ткъа и бераш цу тобанан декъахой бу. ХӀокху доццачу кехат тӀехь яздархочо кхайкхам бо, вовшийн деза бохуш. Цул сов, харцхьехамчех а, церан хьехамех а ларло боху цо.

1

1 Тхьамда волчу аса яздо хаьржина зуда йолчу хьоьга а, хьан берашка а. Суна шу баккъал а деза, ткъа суна дезна а ца Ӏаш, билггал долу бакъдерг девзинчу массарна а дезаш ду шу. 2 ХӀунда аьлча билггал бакъдерг вайца долуш а ду, абадехь хир а ду.

3 Да волчу Делера а, Ден КӀант волчу Цо леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, къинхетам а, синпаргӀато а хир ю билггал долу бакъдерг девзаш а, вовшийн дезаш а долчу вайца.

Билггал бакъдерг а, безам а

4 Суна чӀогӀа хазахийтира, вайга стигаларчу Дас весет ма-дарра, хьан берех цхьадерш билггал бакъдолчуьнца лелаш хилар. 5- 1:5 Яхьъя 13:34; 15:12, 17. Ткъа хӀинца ас яздо хьоьга, зуда, керла а доцуш, амма юьхьанца дуьйна а хиллачу весетах лаьцна. И весет вай вовшийн дезаш хила деза аьлла ду. 6 (Ткъа безам иштта бу: стигаларчу Ден весеташ лар а деш, вай лелар.) Иза шуна юьхьанца дуьйна а хезна долу весет ду, и лардеш шу лелийтархьама.

7 ХӀунда аьлча адамаш Ӏехош болу дуккха а нах баьржина дуьнен чохь. Цара Дала леррина къобалвина волу Ӏийса, адам санна, дуьнен чу валар тӀе ца дуьту. Иштта волу хӀора стаг адамаш Ӏехориг а, Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг а ву. 8 Къа а хьегна, вай даьккхинарг, аша дайа а ца дойуш, цунах юьззина ял шайна схьаэца хьовсалаш.

9 Дала леррина Къобалвинчун хьехамаша бохучунна тӀе а детташ, уьш лар а ца беш волчу муьлххачун а Делаца уьйр яц. Дала леррина Къобалвинчун хьехамаш лар а беш, Ӏаш волчун Деца а, КӀантаца а уьйр ю. 10 Нагахь шеца и хьехамаш а боцуш, ткъа кхин хьехамаш бахьаш цхьаъ шу долчу вагӀахь, аша цӀа чу а ма вита иза, цуьнга маршалла а ма хатта. 11 ХӀунда аьлча цуьнга маршалла хоттуш верг цуьнан зуламечу гӀуллакхийн декъашхо хуьлу.

Чаккхе

12 Дуккха а дара сан шуьга яздан, амма иза шекъанца кехата тӀехь яздан ца лаьа суна. Ткъа аса сатуьйсу, шу долчу а веана, юьхь-дуьхьал а волуш, дерриг а дӀадийцаре, вай даккхийдер кхоччуш дуьззина хилийтархьама.

13 Маршалла доуьйту хьоьга хаьржина йолчу хьан йишин бераша а.