Векало ПахӀала

коринтхошка

яздина шолгӀа кехат

Дешхьалхе

Векало ПахӀала коринтхошка яздина шолгӀа кехат цаьрца шен йолу юкъаметтиг хала йолчу хенахь дахьийтина дара. Коринт-гӀалин динан тобанехь цхьаберш чӀогӀа дуьхьалбевллера ПахӀална. Делахь а ПахӀала гойту, ша цаьрца чӀогӀа куьйге ваха лууш хилар а, ткъа иза хиллачул тӀаьхьа ша чӀогӀа воккхавеш хирг хилар а.

Цу кехатан хьалхарчу декъехь (1–7 кортош) Коринт-гӀаларчу динан тобанца йолчу шен юкъаметтигах лаьцна дуьйцу ПахӀала. Динан тобанехь цхьаболчара шена йинчу кхиссаршна а, дуьхьалонна а ша делла жоп иштта чӀогӀа хӀунда хилла кхетадо цо. Амма цуьнан жоп иштта чӀогӀа хиларна, уьш метта а баьхкина, цуьнца куьйге бахана. Цундела ПахӀал воккхавеш ву. Цул тӀаьхьа (8–9 кортош) цо доьху оцу динан тобане ЯхӀуд-махкарчу эшамехь болчу церан динан вежарийн дуьхьа комаьршаллица сагӀанаш далар. ТӀаьхьарчу кортошкахь (10–13 кортош) ша бакъволу векал хилар гойту ПахӀала, хӀунда аьлча Коринт-гӀалахь цхьаболчара шаьш бакъдолу векалш ду моттуьйтура, ПахӀал харцвекал ву а бохуш.

1

1- 1:1 Векалийн 18:1. Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векал волчу ПахӀала а, вайн динан вашас Тимапис а, Делан долахь йолчу, Ӏийсах тешачеран Коринтерачу тобане а, берриге Ахай-махкахула Ӏаш болчу массо а Делан долахь болчаьрга а яздо хӀара кехат.

2 Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, синпаргӀато а хуьлийла шуна.

ПахӀала Далла баркалла алар

3 Декъала хуьлда вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан Да волу Дела. Иза къинхетаман Да а ву, массо а тайпанчу синтеман Дела а ву. 4 Цо вайн муьлххачу а гӀайгӀанехь вайна синтем ло, Цо вайна беллачу оцу синтемца муьлххачу а гӀайгӀанехь болчу кхечарна а вайгахула синтем хилийтархьама. 5 Дала леррина Къобалвинчуьнца вай боькъуш болу Цуьнан лазамаш алсамбийларе терра, Цо вайна луш болу синтем а алсамбуьйлу. 6 Оха баланаш хьоьгуш хилча – иза шун синтеман а, кӀелхьардовларан а дуьхьа ду. Тхо догъоьцуш хилча – иза шун синтеман дуьхьа ду, хӀунда аьлча оцу синтемо шуна чохь доьналла кхуьуьйту, оха хьоьгуш болу баланаш шуьга а хьегийтархьама. 7 Тхо чӀогӀа тешна ду шух, хӀунда аьлча тхуна хаьа, нагахь оха хьоьгу баланаш шуьца бекъалуш хилча, тхан деган синтем а бекъало шуьца.

8- 1:8 1 Коринтхошка 15:32. Динан вежарий, оха Асиа-махкахь хьегна баланаш шуна ца бовзуьйтуш Ӏан ца лаьа тхуна. Тхаьш дийна дуьсур дац моттал холчу хӀиттийнера тхо. Уьш лан тхан ницкъ ца кхаччал, сов баккхий бара и баланаш. 9 Тхайн дагахь-м тхаьшна даларан кхел йина моьттуш дара тхо. Иза хиллера, тхо тхайх тешна а доцуш, амма белларш а юхаденбеш волчу Делах тешна хилийтархьама. 10 Дала оцу даларан боккхачу кхерамах кӀелхьардехира тхо, Цо кӀелхьардохур а ду. ХӀинца чул тӀаьхьа а Цо кӀелхьардохур ду аьлла, тешна а ду тхо. 11 Тхуна тӀера доӀанаш а деш, цу гӀуллакха тӀехь аша гӀо до тхуна. Иштта, дукхахболчу наха деш долчу доӀанашка Дала ладогӀарна, Цо тхо декъалдийр ду. Ткъа цундела дуккха а долчу халкъо Далла хастамаш бийр бу.

ПахӀала Коринте ца ваха сацам бар

12 Оха дозалла а до, тхан дегнаша тоьшалла а до, дуьнен тӀехь тхо лелар а, шуьца йолу юкъаметтиг а Далла хьалха догцӀена а, хӀумма а къайла ца доккхуш а хилла аьлла. Ткъа иза адаман хьекъалца а доцуш, Делера долчу диканца дара. 13 Цундела и кехат дешча, шу кхетар доцу хӀума ца яздо оха. Сан дегайовхо ю, цхьадолчух-м шу хӀинцале а кхетта хиларе терра, шу тхох кхоччуш кхетарг хиларх, вайн Веза Эла волчу Ӏийсан дийнахь оха шух дозалла дийриг хиларе терра, аша а тхох дозалла дийриг хиларх.

15 Ишттачу тешарца со дагахь вара уггар хьалха шу долчу ван, шун шолгӀа а декъалалла хилийтархьама. 16- 1:16 Векалийн 19:21. Со Македоне воьдучу хенахь шу долчухула а ваьлла, тӀаккха, юхавоьрзуш, юха а шу долчу ван ойла яра сан, шуьга со ЯхӀуд-махка новкъа а воккхуьйтуш. 17 И Ӏалашо сайна хьалха хӀоттош, аса ойла а ца еш-м ца дина те иза? Я аса, кху дуьненарчара санна, сайгара олу ткъа цкъа «хӀаъ», тӀаккха «хӀан-хӀа»? 18 Дела тешаме хиларх чӀагӀо а еш, боху аса, оха шуьга бохург дацара цхьана метта цкъа «хӀаъ», тӀаккха «хӀан-хӀа». 19- 1:19 Векалийн 18:5. ХӀунда аьлча шуна юкъахь Цунах лаьцна оха – аса а, Салис а, Тимапис а – хьехамаш бина волу Делан КӀант, Дала леррина къобалвина Ӏийса, ма вацара цхьана хенахь цкъа «хӀаъ», тӀаккха «хӀан-хӀан» олуш. Цуьнгахула Делан «хӀаъ» хилла дӀахӀоьттира. 20 ХӀунда аьлча Дала мел дина ваӀданашна дуьхьал Дала леррина Къобалвинчуьнгахула «хӀаъ» ду. Цундела Делан сийлаллина Дала леррина Къобалвинчуьнгахула вай « Амин» олу. 21 Шуьца цхьаьна тхо Ша леррина Къобалвинчух тешаш чӀагӀдина лоттуьйтуш Верг – Дела ву. Цо вай къобал а дина, 22 Шен мухӀар тӀетохарца вай къаста а дина, Ша лур ду аьлла динчу закъалтана Шен Са делла Цо вайн дегнаш чу.

23 Далла хьалха сайн дахарх чӀагӀо йо ас, со хӀинццалц Коринте цаваран бахьана шу кхоош хилар ду аьлла. 24 Иза дац шун тешарна тӀехь олалла до бохург. Амма шун даккхийдер хилийта шуьца цхьаьна гӀуллакх деш ду тхо, хӀунда аьлча шайн тешар тӀехь чӀагӀо йолуш ду шу.

2

1 Аса сайн дагахь сацам бира, со шу долчу вогӀуш, юха а шун дог дохош ца ван. 2 ХӀунда аьлча аса юха а шун дог дохийча, хьан дийр дара суна хазахетар, аса халахетийтина долчу шу доцучара? 3 Оцу дерригенах а лаьцна аса яздира шуьга, со веанчу хенахь шуьгара хазахетар лоьхучу сайна халахетар ца хилийта. Со шух массарах тешна ву, сан хазахетар шуна а массарна хазахетар ду аьлла. 4 Аса боккхачу дегалазамца, дегаӀаткъамца, дуккха а долу сайн бӀаьрхишца яздинера шуьга и кехат. Иза шун дог лазорхьама яздина дацара. Шуьга болу сайн тӀех боккха безам шуна бовзийта яздинера аса иза.

Вовшашна къинтӀерадовла дезар

5 Нагахь цхьаммо дог дохийнехь а, цо сан дог ца дохийна, амма цхьана декъана шун массеран а дохийна, тӀех луьра ца олуш дитича. 6 Дукхахболчара дина таӀзар тоьар ду иштта волчунна. 7 Цундела шуна гӀолехь ду, хӀинца цунна къинтӀера а девлла, цуьнан догъэцча, иза йоккхачу гӀайгӀане ца вахийта. 8 Аса доьху шуьга цундела, цуьнга шайн безам хилийтар. 9 Иза аса яздинера, шу зийначул тӀаьхьа, шу массо а хӀуманна тӀехь соьга ладугӀуш дуй те хьажархьама. 10 Шу къинтӀера девллачунна со а ваьлла, хӀунда аьлча со хӀуманна къинтӀера вала везаш хилча а, аса иза шуна диканна дина Дала леррина Къобалвинчунна хьалха, 11 иблисе цхьана а тайпанчу мекарлонца шуна тӀехь толам ца баккхийтархьама. Вайна-м цуьнан лаамаш бевзаш ма бу.

Троя-гӀалахь ПахӀалан синтем бар

12- 2:12, 13 Векалийн 20:1. Дала леррина Къобалвинчух болу хаза кхаъ дӀакхайкхо Троя-гӀала со веанчу хенахь, Везачу Эло суна цигахь къахьега неӀ дӀайиллира. 13 Амма со синтем байна вара, хӀунда аьлча цигахь суна сайн динан ваша волу Тита ца карийра. И бахьанехь, церан Ӏодика а йина, со Македоне вахара.

Дала леррина Къобалвинчуьнгахула толам баккхар

14 Амма Далла баркаллаш бохийла вай! Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вайна тӀехь толам а баьккхина, муьлххачу хенахь а вай толаман тобанехь лоьлуьйту Цо. Дала леррина Къобалвинарг вовзаран хаза хьожа вайгахула массанхьа а дӀасаяржайо Цо. 15 КӀелхьарбовларан некъа тӀе бевллачарна а, хӀаллакьхиларан новкъахь болчарна а юкъахь Дала леррина Къобалвинчо Далла доккху хаза хьожа йогӀу сагӀа санна ду вай. 16 ХӀаллакьхиларан новкъахь болчарна иза Ӏожаллин хьожа ю, уьш валаре а буьгуш. Ткъа кӀелхьарбовларан новкъахь болчарна иза хаза хьожа ю, уьш дахаре а буьгуш. Хьаьнга далур дара и дерриге а? 17 Делан дош талхадечу дукхахболчаьрца тхо нисдан йиш яц. Мелхо а, оха и дош доггах а, Делан цӀарах а, Цунна хьалха а кхайкхадо, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна а долуш.

3

Дала адамашца бина керла барт

1 Тхо юха а тхаьш хесто дуьйладала деза те? Цхьаболчу нахана юкъахь ма-хиллара, вайна юкъахь а лела деза те шуьга дӀа я шуьгара схьа долу хестадаран кехаташ? 2 Шу шаьш ду тхан дегнаш чохь дӀаяздина долу тхан хестадаран кехат. Иза массо а адамна девзаш а ду, массара доьшуш а ду. 3- 3:3 а: Арадаккхар 24:12; б: Ярми-ЯхӀу 31:33; Яхьазкхиал 11:19; 36:26. Аша гойту Дала леррина Къобалвинчун кехат шаьш хилар, оха динчу гӀуллакхан жамӀ долу. И кехат шекъанца доцуш, ткъа дийна долчу Делан Синца яздина ду. ТӀулга тӀехь яздина доцуш, ткъа адамийн дегнаш чохь яздина ду иза.

4 Оцу тайпана болу Делах тешам бу тхан Дала леррина Къобалвинчуьнгахула. 5 Цхьа хӀума дан похӀма тхайгара ду-м дера ца моьттура тхуна, ткъа тхан и похӀма Делера ду. 6- 3:6 Ярми-ЯхӀу 31:31. Цо Ша делла тхуна похӀма керлачу а, йозанца боьзна а боцуш, ткъа синца боьзна болчу а бартана гӀуллакх дан. ХӀунда аьлча йозанца яздинчо адам доь, ткъа Делан Сино адам дендо.

7- 3:7 Арадаккхар 34:29. Шайца валар дахьаш долу, дешнашца тӀулга тӀехь яздина дерг хилла дӀахӀоьттича, Делан сийлалла гучудаьккхира. Исраилхой ур-атталла Муса-пайхамаран сийлаллин нур лепачу юьхь тӀе ца хьажалора, и нур лагӀлуш хиллехь а. Иза а иштта сийлалла долуш хилча, 8 цул дуккха а сов сийлалла долуш хир дац ткъа Делан Сино дийриг?! 9 Кхелъярца чекхдолуш дерг а оццул сийлалла долуш хилча, мел тӀех сийлалла долуш ду Далла хьалха адам бакъдарца чекхдоккхург. 10 ХӀунда аьлча оцу хенахь сийлалла долуш хилларг хӀинца долчул сов долчу сийлалло кхоьлина хуьлуьйту. 11 Нагахь дӀадер дерг а сийлалла долуш хилча, тӀаккха хӀара цкъа а дӀадер доцург кхин а сийлалла долуш ду.

12 Тхайн иштта сатийсар долу дела, майрра къамел дан йиш ю тхан. 13- 3:13 Арадаккхар 34:33. Исраилан халкъ довр долчу сийлаллин нуьре ца хьежийтархьама, шен юьхь-дуьхьал пардо уллуш хилла волу Муса-пайхамар санна ма дац вай. 14 Амма церан хьекъал артдина дара. Делаца бинчу ширачу бартах лаьцна долу тептарш шаьш доьшучу хенахь, и санна долу пардо церан кхетамна дуьхьалара дӀадаккхаза дуьсу. Ткъа нагахь санна стаг Дала леррина Къобалвинчуьнца воьзна бен вацахь, и пардо дӀадоккху. 15 Таханлерчу дийнахь а Муса-пайхамаран Товрат-хьехамаш адамаша боьшуш церан дегнаш тӀехь пардо хуьлу. 16- 3:16 Арадаккхар 34:34. Йозанашкахь яздина ма ду: «Иза Везачу Элехьа мосазза воьрзу, и пардо дӀадоккхура»+ 3:16 *16-гӀа аят иштта гочдан мегар дара: *«Стаг Везачу Элехьа мосазза воьрзу, и пардо дӀадоккху».*. 17 Веза Эла – Са ду. Ткъа Везачу Элан Са долчохь – паргӀато а ю. 18 Ткъа вай массара а дуьхьал пардо доцучу яххьашца, куьзгано санна, Везачу Элан сийлалла дӀагойту. Массо а хенахь вайн сийлалла сов а йоккхуш, вай Цуьнан васте хуьйцуьйтуш ду Делан Са долчу Везачу Эло.

4

Кхийрачу кхаби чохь йолу хазна

1 Делан къинхетамца оцу тайпана долу гӀуллакх дан тхайн йиш хиларна, тхо дог доьхна дац. 2 Мелхо а, оха дитина массо а къайлаха а, эхье а долу гӀуллакхаш. Нах Ӏеха а ца бо, Делан дош харцахьа а ца доккху оха. Ткъа тхаьш билггал бакъдерг адамашна дӀаделларна, Далла хьалха хӀора адаман эхь-бехкана оха дӀагойту тхаьш муьлш ду. 3 Нагахь оха кхайкхош болчу хазачу кхоана дуьхьал цхьанна пардо хӀуттуш делахь, иза валаран некъа тӀехь болчарна ду иштта. 4 Бакъволчу Делах ца тешачеран хьекъал бӀарздина кху дуьненан харцдала, Делан вастехь волчу Дала леррина Къобалвинчун сийлаллех лаьцна болчу хазачу кхоан серло царна ца гайтархьама. 5 Оха беш болу хьехамаш тхайх лаьцна бац, амма Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах бу. Ткъа тхо Ӏийсан дуьхьа шун ялхой ду. 6- 4:6 Доладалар 1:3. ХӀунда аьлча: «Боданера серло схьакхетал!» – аьлла волчу Дала тхан дегнаш серладаьхна, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсан юьхь тӀехь лепаш йолчу Делан сийлаллех болчу кхетаман серло вайн хилийтархьама.

7 Ткъа и хазна оха тхешан кхийра кхабанаш чохь лелайо. Иза ду тӀех боккха болу ницкъ, тхоьгара а боцуш, Делера хилар хаийтархьама. 8 Тхуна массо а агӀор кест-кеста ницкъ бо, амма тхо кхоччуш хьаьшна дӀа ца даьхна. Наггахь холчу хӀиттадо тхо, амма оха дог ца дуьллу. 9 Тхо лелхадо, амма дитина дац тхо. Тхо охьадохку, амма тхо хӀаллак ца хуьлу. 10 Ӏийсан валар гуттара а тхешан догӀмашца леладо оха, Цуьнан дахар тхайн догӀмашкахула гучудаккхархьама. 11 ХӀунда аьлча дийна долуш Ӏийсан дуьхьа хӀора денна а Ӏожаллин кхерамехь хуьлу тхо, тхайн лийр долчу догӀмашкахула Цуьнан дахар гучудаккхархьама. 12 Цу тайпана Ӏожалла шен Ӏалашо тхуна тӀехь кхочушъян гӀерта, дахар шуна кхачийтархьама.

13- 4:13 Забур 115:1 (Грекийн). Йозанаш тӀехь яздина ду: «Со тешаш хиларна, со вистхилира». Тхешан тешаран дух цу дешнашца цхьаьнадогӀуш долу дела, тхо а, теша а тешаш, дистхуьлу, 14 тхаьшна хаьа дела, Веза Эла волу Ӏийса веллачуьра Денвинчо тхо а Цуьнца дендийр дуйла, шуьца цхьаьна тхо Шена хьалха дӀа а хӀиттош. 15 Оха и дерриг а шун дуьхьа деш ду. Ткъа иза а деш, Делан дика дуккха а адамашна дӀакхочу, Делан сийлаллина Далла боху баркаллаш алсам а довлуьйтуш.

Тешарца лела

16 Цундела тхан дегнаш ца духу. Вайн догӀмаш тишлуш делахь а, вайна чуьра са де дийне мел дели а карладуьйлу. 17 Йоццачу ханна тхан хуьлучу баланаша, цкъа а йовр йоцу сийлалла яхьар ю тхуна. И сийлалла барам боцуш совъюьйлу оцу баланел. 18 Тхо гуш долчуьнга ца хьоьжу, амма гуш доцучуьнга хьоьжу. ХӀунда аьлча гуш дерг цхьана заманна бен дац, ткъа гуш доцург гуттара а хир ду.

5

1 Иштта, вайна хаьа, кху лаьттахь вайн четар санна долу хӀара догӀмаш хӀаллакьхилча, Дала луш долу стигалшкара цӀа вайн хилар. Иза куьйга дина а доцуш, гуттара а хин долу цӀа ду. 2 Вешан хӀинца долчу догӀмашкахь вай сатийсарца синош доху, стигалшкара долу вайн керла цӀа, бедар санна, ваьшна тӀедухар лууш. 3 И духар ваьшна тӀедухийтинчул тӀаьхьа, вай дерзина карор ма дац! 4 Лаьттара четарш санна долчу хӀокху догӀмашна чохь а долуш, баланаша ницкъ барна синош доху вай. ХӀунда аьлча вайна ца лаьа тӀеюьйхина хӀума йоцуш ваьш хуьлийла, амма стигалшкара долу керла духар ваьшна тӀедухийтина хила лаьа вайна, дахаре лен дерг дӀакхаллийтархьама. 5 Оццу гӀуллакхна кхоьллина ду вай Дала. Цо Шен Са делла вайна закъалтана.

6 Цундела тхо массо а ханна тешам болуш ду, цӀенош санна долчу оцу догӀмашна чохь а долуш, Везачу Элана уллохь долчу тхайн керлачу цӀеношна генахь хилар тхаьшна хуъушехь. 7 ХӀунда аьлча тхо, гуш долчуьнца а доцуш, тхешан тешарца дехаш ду. 8 Иштта, доьналла а долуш, лаьттарчу дегӀана чуьра а кхелхина, Везачу Элана уллохь Ӏаш хилар гӀолехь ма хета тхуна. 9 Цундела тхуна, догӀмашна чохь долуш я царна чуьра кхелхина долуш, Везачу Элана тамехь дерг хилийта лаьа. 10- 5:10 Римхошка 14:10. ХӀунда аьлча вай дерриш а Дала леррина Къобалвинчун кхелана хьалха дӀахӀитта дезаш ду. Вайх хӀораммо а ваьш кху дегӀа чохь дехачу хенахь динчуьнга хьаьжжина, дика я вон и делахь, доггӀург схьаоьцур ду.

Дала леррина Къобалвинчуьнгахула Делаца болу барт

11 Везачу Элах кхерар хӀун ду тхайна хаьа дела, адамаш кхето гӀерта тхо. Далла тхох лаьцна дерриг а хаьа. Тхох лаьцна долу дерриг а шуна а хууш хиларе сатуьйсуш ву со. 12 Оха юха а хестош дац тхаьш шуна хьалха. Ткъа оха тхайх дозалла дан таро ло шуна. Иза оха ло, даг чохь долчух дозаллаш ца деш, ткъа тӀехула долчу хӀуманех дозаллаш деш болчаьрга дуьхьал ала шун хӀума хилийтархьама. 13 Тхо хьекъалх девлча, иза Делан дуьхьа ду. Ткъа тхо хьекъале даьхкича, иза шун дуьхьа ду. 14 ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинчун безамо лелош ду тхо. Нагахь Цхьаъ массеран а дуьхьа велла хилча, тӀаккха, массо а адам делла аьлла, жамӀ ма дина оха. 15 Иза массеран а дуьхьа велла, дехаш долу адамаш хӀинца шайн дуьхьа а доцуш, амма, вала а велла, веллачуьра денвина волчун дуьхьа дахийтархьама.

16 Цундела хӀинца дуьйна цхьа а адам кху дуьнен чуьра болчара санна ца лору оха. Нагахь Дала леррина Къобалвинарг оха кху дуьнен чуьра болчара санна лерина хиллехь а, хӀинца оха иштта кхин ца лору Иза. 17 Иштта, Дала леррина Къобалвинчуьнца верг – юхакхоьллинарг ву. Шира дахар дӀадаьлла, хӀинца керланиг хилла дӀахӀоьттина! 18 Ткъа и массо а хӀума Делера схьа ду. Дала Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вай Шеца тайтира. Цо тхуна тӀе диллина адамаш Шеца таран гӀуллакх. 19 Адамаша летийна къинош царна дуьхьал ца лоруш, Ша леррина Къобалвинчуьнгахула дуьне Шеца тойтуш вара Дела. Дала тхуна тӀедиллина адамаш Шеца тойтуш болу и кхаъ дӀакхайкхор.

20 Тхо Дала леррина Къобалвинчун цӀарах дахкийтинарш ду, ткъа Дала Ша тхоьгахула шуьга хаам беш санна хуьлу. Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа доьху оха шуьга: «Делаца шаьш тайтийша!» 21 Шена тӀехь цхьа а къа доцуш Верг Дала вайн дуьхьа къинош летийнарг санна вира, Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вайх Шена хьалха бакъдинарш хилийтархьама.

6

1 Делаца цхьаьна къахьоьгуш долчу оха чӀогӀа дехар до шуьга, Делера шаьш тӀеэцна долу дика эрна ма хилийтийша. 2- 6:2 ЕшаӀ-ЯхӀу 49:8. ХӀунда аьлча Дала аьлла:

«Халкъе Со резахиларца хьоьжучу заманчохь

Суна хьан аз хезира,

кӀелхьардоккхучу дийнахь

Аса гӀо дира хьуна».

Ткъа хӀинца тӀееана Дела вайга резахиларца хьоьжу и зама, хӀинца ду и кӀелхьардовларан де.

3 Цхьана а хӀуманна тӀехь цхьанна а вас хилийта бахьана ца хуьлуьйту оха, тхаьш деш долу гӀуллакх емал ца дайтархьама. 4 Мелхо а, массо а агӀор Далла гӀуллакх дийраш санна тхаьш хилар гойту оха: баланаш а, халонаш а, бохамаш а доьналлица тхаьш ловш. 5- 6:5 Векалийн 16:23. Иза оха гойту тхайна еттачу хенахь, тхо набахти чохь дохкуш, карзахбевллачу наха тхо лелхийна лелош, тхаьш къахьоьгуш, буьйсанна наб яйна лелаш, мацалла ловш. 6 Иштта, тхайн цӀеначу дахарца, кхетамца, собарца, эсала хиларца, Делан Синца, шалхонаш йоцучу цӀеначу безамца, 7 билггал бакъдерг кхайкхорца, Делан ницкъаца гойту оха иза. Бакъваран герз тхан аьтту а, аьрру а куьйгашкахь ду. 8 Тхан ларам а бо, тхо сийсаза а доху. Тхуна лен а лоь, тхо хеста а до. Тхох харцлуьйш дерш до, амма тхо бакъонца лела. 9 Тхо гӀарадевлла доцуш лору, амма тхо массарна а девза. Тхо делла лору, ткъа тхо лан а ца ле. Тхуна луьра таӀзар до, ткъа тхо дайа а ца дойу. 10 Тхуна халахетарш до, ткъа тхо гуттара а самукъане ду. Тхо къен ду, амма дуккха а болчарна хьал ло оха. Тхан хӀумма а яц, амма массо а хӀуманан дай ду тхо.

11 Коринтхой! Оха цӀеначу дегнашца къамел до шуьца. Тхан дегнаш дӀаделладелла ду шуна. 12 Тхо шух дӀа ца къехка, ткъа шу шайн дегнашкахь тхох дӀакъехка. 13 Аса сайн берашка санна боху шуьга: «Шайн дегнаш дӀа а деллий, тхо шайца ма-хиллара, хилийша шу а тхоьца».

Дийна волчу Делан цӀа хилар

14 Ӏийсах тешар доцучаьрца цхьана дукъа кӀел ма лелийша. ХӀун юкъаметтиг ю те бакъдолчунна а, харцдолчунна а юкъахь? ХӀун уьйр ю те серлонна а, боданна а юкъахь? 15 ХӀун барт бу те Дала леррина Къобалвинчунна а, иблисана+ 6:15 *Иблис *– ма-дарра аьлча: *Белиар. *Иза иблисан цу заман чохь лелачу цӀерех цхьаъ ю.* а юкъахь? ХӀун цхьаалла ю те тешаш волчунна а, тешаш воцчунна а юкъахь? 16- 6:16 а: 1 Коринтхошка 3:16; 6:19; б: Ӏамалъяр 26:12; Яхьазкхиал 37:27. ХӀун цхьаьнадогӀург ду те Делан цӀенна а, цӀушна а юкъахь? Тхо дийна волчу Делан цӀа ма ду! Дала Ша ма-аьлла:

«Царна юкъахь вехар ву Со,

уьш болчохь лелар ву Со.

Со церан Дела хир ву,

ткъа царах Сан халкъ хир ду».

17- 6:17 ЕшаӀ-ЯхӀу 52:11. Цундела Везачу Эло боху:

«Царна юкъара дӀа а довлий,

царах дӀакъасталаш.

Суна хьалха боьха долчу хӀуманах ма хьакхалойша,

тӀаккха Аса тӀеоьцур ду шу».

18- 6:18 Дауд 7:14; 1 Шерашкахь 17:13; ЕшаӀ-ЯхӀу 43:6; Ярми-ЯхӀу 31:9. «Со шун Да хир ву,

ткъа шу Сан кӀентий а, йоӀарий а хир ду, –

боху массо а ницкъийн Везачу Дала».

7

1 Сан хьоме доттагӀий! Дала вайна и ерриге а чӀагӀонаш йина дела, вешан догӀмаш а, синош а бехдеш мел долчух цӀанде вай. Деле болчу ларамах дуьзна а долуш, чекхдовллалц ваьш Цунна дӀало вай.

ПахӀалан хазахетар

2 Тхо шайн дегнаш чу тардалийтийша! Оха цхьанна а вониг ца дина, цхьа а дакъаза ца ваьккхина, цхьаьнггара а тхайна пайдехь дерг а ца лехна. 3 Шух бехк баккхархьама ца боху аса иза. Аса хьалха а аьллера, шуьца цхьаьна даллал а, дехаш хиллал а шу тхан дегнаш чохь ду. 4 Сан шуьца майра дийца йиш ю. Мел дозалла до аса шух. Тхаьш оццул баланехь доллушехь, аша динчу иракарахӀитторах вуьзна а ву со, сан хазахетар тӀех а даьлла.

5- 7:5 2 Коринтхошка 2:13. Тхо Македоне даьхкинчу хенахь, цхьана а тайпана синтем бацара тхан. Массо а агӀор ницкъ хиллера тхуна, арахула тӀебеана цатемаш а, тхешан чохь болу кхерамаш а бахьана долуш. 6 Амма Шена муьтӀахь болчарна синтем луш волчу Дала, Тита схьа а кхачийна, тхан синош паргӀатдехира. 7 И синтем хилар, Тита схьакхачарна хилла а ца Ӏаш, аша цуьнан догъэцарна а дара. Цо дийцира, шу тхо ган лууш хиларх а, шайгара мел даьллачунна шу дохкодовларх а, со ларван шу кийча хиларх а лаьцна. Цундела со кхин а чӀогӀа дог айаделла вара.

8 Сайн кехатца айса шуна халахетийтарна со дохковаьлла хиллехь а, хӀинца айса и яздарна дохко ца волу со, цу кехато шуна халахетар кӀеззиг йолчу ханна бен ца дина дела. 9 Сан хӀинца долу хазахетар шуна айса халахетар дина аьлла дац, амма оцу халахетарехула, метта а даьхкина, Далла тӀедерзар шун хиларна ду. Шун халахетар Делан лаамехь хилла дара, цундела тхох цхьана а тайпана зулам ца даьлла шуна. 10 Делан дуьхьа хиллачу гӀайгӀано кӀелхьарвалар хуьлуьйтуш долу Далла тӀеверзар до – и хиларна, стаг дохко ца волу. Ткъа дуьненан гӀайгӀано Ӏожалла тӀейоуьйту. 11 Хьовсийша, Делан дуьхьа шуна хиллачу халахетаро шу мел доггах дӀагӀоьртуьйту. Иза дина а ца Ӏаш, шу бехке цахилар шуна дӀахаийта лаар дойту цо. Ткъа, цул сов, мел эргӀаддевлла а, аша мел орца доху а, со ган шун мел боккха лаам бу а, мел чӀогӀа шу тӀедирзина а, царна таӀзар хиларна шу мел кийча ду а хаийтина цо. Массо а оцу хӀуманна тӀехь шаьш цӀена хилар гайти аша.

12 Айса иштта яздинехь а, вониг далийтинчун я шена вониг хиллачун дуьхьа ца яздинера аса шуьга, амма Далла хьалха аша тхан мел гӀайгӀа бо шуна дӀаделладалийтархьама яздинера. 13 Цундела тхуна синтем хилира.

Тхуна, синтем хилла а ца Ӏаш, кхин а доккха хазахетар хилира Титин хазахетар бахьана долуш, аша массара а цуьнан са иракарахӀотторна. 14 Цу тайпана аша юьхьӀаьржачу ца хӀоттий со, дозаллица шух лаьцна аса цуьнга дийцинчунна тӀехь. Мелхо а, массо а хӀуманах билггал бакъдерг оха шуьга дийцаре терра, Титина хьалха аса шух дина дозалла бакъ хили. 15 Шун массеран а муьтӀахь хилар а, кхерамца а, дегадарца а аша ша тӀеэцар а дагадеача, кхин а чӀогӀа шух дог дӀаийна хуьлу цуьнан. 16 Со чӀогӀа воккхавеш ву, массо а хӀуманна тӀехь а шуна тӀетовжа сайн йиш хиларна!

8

Комаьршаллица сагӀина хӀума ялар

1- 8:1-4 Римхошка 15:26. Ткъа хӀинца, динан вежарий, оха дӀахоуьйту шуьга Македон-махкарчу динан тобанашна Дала деллачу диканах лаьцна. 2 Шаьш баккхий баланаш хьоьгуш боллушехь, цу тобанийн доккха хазахетар а, йоккха къоьлла а хьалдолчу комаьршалле делира. 3 Со теш ву цара доггах, шайн дала йиш йолччул а, сов а деллачунна. Шайн лаамца 4 цара чӀогӀа дийхира тхоьга, шайна там хилийтархьама, Ярушалаймехь болчу Делан нахана дан леринчу дикачу гӀуллакхехь шайга а дакъалацийтахьара бохуш. 5 Тхуна хила ма-лаъара хилла а ца Ӏаш, уьш хьалха Везачу Элана тӀе а боьрзура, тӀаккха Делан лаамца шаьш тхуна къобал а бора. 6 Цундела оха Тите чӀогӀа дийхира, ша долийна долу и дика гӀуллакх доладаре терра, чекхдаккха а шуна гӀо де аьлла. 7 Ткъа шун кхиамаш алсамбуьйлу тешарехь а, дашехь а, кхетамехь а, даггара хиларехь а, шайн тхоьга болчу безамехь а+ 8:7 *Шайн тхоьга болчу безамехь *– цхьадолчу тептарш тӀехь иштта ду: *тхан шуьга болчу безамехь.*. Массо а оцу гӀуллакхашца шу тӀехдуьйлуш хиларе терра, шаьш дечу оцу дикачу гӀуллакхна тӀехь а тӀехдовлуш хуьлийла шу.

8 Иза шуна тӀедуьллуш ца боху аса, амма, кхиболчеран даггара хилар а гойтуш, шун безам билггал доггах буйла зуьйш ву со. 9 ХӀунда аьлча вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дика девза шуна. Ша хьал долуш воллушехь, шун дуьхьа къий а велла, Шен къоьлла бахьана долуш шу хьал долуш хилийтархьама, дина Цо иза.

10 Цу тӀехь шуна пайденна долу цхьа хьехар до аса, хӀунда аьлча стохка и дика гӀуллакх долийна а ца Ӏаш, и доло лаам а хилла шун. 11 Шаьш дан долийна гӀуллакх хӀинццехь кхочушде. Цу тайпана шун хӀетахьлерчу доггах хиллачу лаамах тарлур ду шайн долчу хьолах цу гӀуллакхна аша дакъа дӀадалар. 12 Нагахь цхьаъ шен хӀума дӀадала доггах лаам болуш велахь, Дала иза, цуьнан дала йолчу тароне хьаьжжина, тӀеоьцур ду, дала таро йоцург ца хьехош.

13 Шуна хало еш, ткъа кхечеран аьтто хилийта деш дац иза, амма массарна а цхьабосса хилийтархьама деш ду. 14 ХӀинца шун совдаьллачо церан кхачамбацар меттахӀоттор ду. Ткъа тӀаьхьо церан совдаьлларг шун эшам болчун метта хир ду. Цу тайпана шуна массарна а иза цхьабосса хир ду. 15- 8:15 Арадаккхар 16:18. Делан Йозанаш тӀехь яздина ма-хиллара: «Дукха гулдиначун совнаха а ца хуьлура, ткъа кӀезиг гулдиначунна тӀеоьшуш а ца хуьлура».

Тита а, цуьнца цхьаьна гӀуллакх дийраш а

16 Тхуна санна, Титин даг чу а шуна гӀо дан лаам тесна волчу Далла баркалла боху оха. 17 Тхан дехар тӀеэцна а ца Ӏаш, Тита, шен а боккха лаам хиларна, шен деган лаамца дӀавогӀу шу долчу. 18 Хаза кхаъ дӀакхайкхор бахьанехь, массо а динан тобанашкахь хестош волу кхин а цхьа динан ваша дӀавоуьйту оха цуьнца. 19 Цул сов, и дика гӀуллакх дарна тӀехь тхуна улловаккха хаьржина ву иза динан тобанашна юкъара. Тхаьш гӀо дан кийча хилар гойтуш, Везачу Элан сийлаллина кхочушдо оха и гӀуллакх.

20 ХӀара гулдина доккха хьал бахьанехь, цхьаннан а тхаьшна тӀехтохам ца хилийта ларлуш ду тхо. 21- 8:21 Кицанаш 3:4 (Грекийн). ХӀунда аьлча Везачу Элана хьалха хилла а ца Ӏаш, адамашна хьалха а оьзда дерг дан дагахь ма ду тхо.

22 Тхайна юкъара кхоолгӀа динан ваша а воуьйту оха цаьрца цхьаьна. Дукхазза а массо а тайпана гӀуллакхашна тӀехь зийча, иза чӀогӀа кийча хилар зеделира тхуна. Иза хӀинца кхин а чӀогӀа лууш ву шу долчу ван, ша шух кӀорггера теша дела. 23 Титех лаьцна аьлча – иза сан юххера стаг ву, шуна гӀуллакх дарехь соьца цхьаьна къахьоьгуш волу. Ткъа кхечу тхан динан вежарех аьлча – уьш Дала леррина Къобалвинчунна сийлалла яхьаш болу динан тобанашна юкъара къобалбинарш бу. 24 Цундела динан тобанашна хьалха тоьшаллаш дейша шайн безамах лаьцна, оха хьакъ долуш шайх дозалла дар а гойтуш.

9

Динан вежаршна деш долу гӀо

1 Бакъдерг аьлча, аса-м шуьга яздан а ца оьшу Делан нахана гӀо дан дезарх лаьцна. 2 Шун доггах хилар а гуш, шух дозалла до аса македонхошна хьалха: «Стохка дуьйна а Ахаера динан тобанаш доггах хӀума яларан гӀуллакхна кийча ю» – бохуш. Шун доггах хиларо царах дукхахберш иракарахӀиттабора. 3 Ткъа шу долчу аса динан вежарий бохуьйту, оха шух дина дозалла эрна а ца хуьлуьйтуш, амма, аса ма-аллара, шу кийча хилийтархьама. 4 Соьца шу долчу македонхой бахкар а нисделла, ткъа шу кийча ца хилар царна дӀахиънехьара, шу хӀиттина а ца Ӏаш, шух тешна Ӏаш долу тхо а юьхьӀаьржачу хӀуьттур ма дара! 5 Цундела оцу динан вежаршка дехар дан деза аьлла хийтира суна, уьш сол хьалха шу долчу дӀа а баьхкина, аша хьалххехь ваӀда а деш, лур ду аьлла совгӀат цаьрга кечдайтархьама. Цу тайпана и совгӀат, ницкъаца даьккхина а доцуш, ткъа шун-шайн лаамца делларг санна кийча хир ду.

6 Цу тӀе аса боху: кӀезиг дӀадуьйчо – кӀезиг ялта схьагулдийр ду, ткъа комаьршаллица дӀадуьйчо – алссам ялта схьагулдийр ду. 7 ХӀораммо а шен даго боххучул ло, дохко а ца волуш, дала деза аьлла а ца луш. ХӀунда аьлча самукъане а волуш луш верг Далла веза. 8 Делан ницкъ бу шуна мел деш долу дика алсамдалийта. Цу тайпана, массо а хӀуманна тӀехь а, гуттара а шуна мел оьшург хир ду шун, ткъа цунах алссам дуьсур ду шуна муьлхха а дика гӀуллакх дан. 9- 9:9 Забур 111:9. Делан Йозанаш тӀехь яздина ма-хиллара:

«Тоам боллуш дӀало цо мискачу нахана,

ур-атталла абаденналц а лаьтта цуьнан нийсо».

10- 9:10 ЕшаӀ-ЯхӀу 55:10. ДӀадуьйш волчунна хӀу а, юуш волчунна юург а Кхочуьйтучо шуна а хӀу кхочуьйтур ду, иза алсам а доккхур ду, ткъа шун нийсонца леларехула Цо шортта ялта лур ду. 11 Иштта муьлххачу а хенахь комаьрша хӀума дӀакховдо алссам хьал а лур ду шуна Цо. ТӀаккха дуккхаммо а, аша комаьршаллица дӀакховдийнарг тхоьгахула дӀа а эцна, Далла баркаллаш бохур ду. 12 ХӀунда аьлча аша кхочушдечу хӀокху гӀуллакхо, Делан нахана оьшург хилийтина а ца Ӏаш, Далла олу баркаллаш дуккха а тӀехдовлуьйтур ду. 13 Оцу шун гӀуллакхо шух до тоьшалла бахьана долуш, Далла хастамаш бийр бу, нахана хьалха шу тешна болчу Дала леррина Къобалвинчун хазачу кхоана шу муьтӀахь хиларна а, шайн долахь дерг цаьрца а, кхиболчу массаьрца а комаьршаллица доькъуш шу хиларна а. 14 Шайн дегнашкахь шу дага а дохкуьйтуш, шуна тӀера доӀанаш дийр ду цара, Дала шуна дина инзаре доккха дика бахьана долуш. 15 Далла баркалла олийла вай, Цуьнан дийцалур а доцу совгӀат бахьанехь!

10

ПахӀала шен динан гӀуллакх лардар

1 Шуна дуьхьал волчу хенахь эсала волуш, ткъа дуьхьал воцучу хенахь майра волчу аса, ПахӀала, Дала леррина Къобалвинчуьнгара долчу эсалаллица а, Цуьнгара болчу къинхетамца а кхетадо шу. 2 Аса дехар до шуьга, шу долчу веанчу хенахь, тӀех майралла гайта ма дезийталаш сан. Цхьаболчу, тхо кху дуьнен чуьра берш санна лелаш ду бохучарна, и сайн тӀех йолу майралла гайта ваьхьар ву со. 3 ХӀунда аьлча оха, массо а адам санна, кху дуьнен чохь тхаьш доллушехь, цара санна, тӀемаш ца бо. 4 Тхайн тӀемашкахь оха леладо герзаш кху дуьнен чуьра герзаш дац. Мелхо а, Дала цу герзашна Шен ницкъ белла, цаьргахула тхоьга гӀепаш хӀаллакьяйтархьама. Мекара ойланаш а, 5 Дела вовзарна дуьхьал лакхайоккху муьлхха а куралла а йохайо оха цаьрца. Муьлххачу а ойланашна цаьрца йийсар до оха, уьш Дала леррина Къобалвинчунна муьтӀахь ярхьама. 6 Дала леррина Къобалвинчунна шун муьтӀахь хилар ма-бохху кхочушхилла даьлча, тхо кийча ду, цунна дуьхьал долчу муьлххачу хӀуманна а таӀзар дан.

7 Ткъа гӀуллакх билггал муха ду, шу-шаьш хьовсал! Ша Дала леррина Къобалвинчуьнца ву аьлла тешна волчунна хаа деза, тхо а шаьш санна, Цуьнца дуйла. 8 Нагахь аса, шун гӀуллакх дохорна а доцуш, ткъа иза тодархьама, Везачу Эло тхайна деллачу олаллех долу дозаллаш кхин а совдаьхна хилча а, тӀаккха а юьхьӀаьржачу хӀуттур вацара со. 9 Амма шуна ма моттийла, со кехаташца шу кхеро гӀерта аьлла. 10 ХӀунда аьлча со цавезачара олу: «Цуьнан кехаташ маьӀна долуш, ницкъ болуш ду, ткъа иза ша дуьхьал волуш эгӀаза ву, цо до къамел дегаза а ду». 11 И бохуш волчунна хаа деза, тхо шуна юкъахь доцчу хенахь тхайн кехаташ тӀехь оха яздеш дерг а, тхо шуна юкъахь долуш оха ден дерг а цхьаъ дуйла.

12 Тхуна ца лаьа шаьш лакхара хеташ болчу цхьаболчаьрца дустадала а, царах тардала а. Цара, шаьш вовшашца а дустуш, дуьхь-дуьхьал а хӀуьттуш, шайн сонталла гойту. 13 Дала тхуна билгалдаьккхинчу гӀуллакхан дозанашкахь бен дозаллаш дийр дац оха, ткъа билгалдаьккхинчу гӀуллакхан дозанашна юкъахь шу ма ду. 14 Тхайна билгалдаьккхинчу дозанел тӀех ца девлира тхо, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ шуьга дӀа а кхайкхош, шу долчу тхаьш кхаьчча. 15 Дала тхайна деллачу дозанал тӀех а девлла, тхаьш дина доцучу гӀуллакхех дозаллаш деш дац тхо. Мелхо а, оха сатуьйсу, шун тешар чӀагӀ а луш, Дала тхаьшна тӀедиллинчул тӀех а ца довлуш, кхин а дуккха а гӀуллакхаш шуна юкъахь дан. 16 ТӀаккха шу долчохь кхайкхийна ца Ӏаш, шуна генахь болчу кхечу мехкашкахь а кхайкхо йиш хир ю тхан хаза кхаъ. Цу тайпана, кхечу цхьаннан дозанашкахь динчу гӀуллакхех дозалла дийр дац оха.

17- 10:17 Ярми-ЯхӀу 9:24. Йозанашкахь ма-аьлла: «Ша дозалла дан лууш волчо – Везачу Элах дозалла дойла». 18 ХӀунда аьлча ша-шех дозалла деш верг къобал ца во, амма Везачу Эло дозалла деш верг къобалво.

11

Харцвекалш

1 Со жимма сонта хиларна, сатохахьара аша суна. Билггал сатохийша суна! 2 Дикачу агӀор йолу эмгаралла ю сан шуьца, иза Делера а ю. Ас шуна захало дийцира цхьана стагаца, иза Дала леррина Къобалвинарг ву. Цунна хьалха, цӀена йоӀстаг санна, шу дӀахӀитто лаьа суна. 3- 11:3 Доладалар 3:1-5, 13. Амма со кхоьру, шен хӀилланца лаьхьано Ӏехийна йолу Хьава санна, Дала леррина Къобалвинчунна догцӀена а, даггара а тешаме хиларх мухха а шун хьекъалш ледийр дуй те аьлла. 4 ХӀунда аьлча аша самукъадаларца тӀеоьцу оха шуна хьехнарг а воцуш, кхин Ӏийса шайна хьоьхуш верг. Иштта, тхоьгара схьаэцначу Синах а, хазачу кхоах а тера доццушехь, кхин тайпана долу са а, хаза кхаъ а атта тӀеоьцу аша!

5 ХӀунда аьлча оцу шун «лакхарчу векалел» со цхьана а хӀуманна тӀехь а оьшуш ца хета суна. 6 Кхоччуш хаза къамелаш ца дан там бу аса, амма кхетам тӀехь цатоам бац сан. Цунах-м оха массо а хӀуманна тӀехь шу тешийна.

7 Хаза кхаъ айса шуна дӀакхачош, шуьгара мах а ца боккхуш, шу лакхадахархьама, со лахара а хоьтуьйтуш лелаш хилча, къа латийна хуьлий те аса? 8 Шуна гӀуллакх дархьама, кхечу динан тобанашкара лечкъош верг санна хуьлура со, цаьргара ахча схьа а оьцуш. 9- 11:9 Пилапхошка 4:15-18. Шу долчохь тхо долуш, цхьацца хӀуманна тӀехь тхаьшна эшам хуьллушехь, шуна цхьанна а бала ца бора оха тхайх. ХӀунда аьлча суна оьшуш дерг Македонера баьхкинчу динан вежарша кхочушдора. Массо а хӀуманна тӀехь шуна сайх бала ца бан гӀиртира со, хӀинца чул тӀаьхьа гӀертар а ву. 10 Дала леррина Къобалвинчун бакъдерг билггал сайна чохь хиларца аса чӀагӀо йо, Аса дозалла дар Ахай-махкахь цхьаммо а соьгара дӀадоккхур дац аьлла. 11 ХӀун бахьана ду те цуьнан? Дуй те иза, суна шу ца деза бохург? Далла хаьа, суна шу мел деза!

12 Амма хӀинццалц леллачу тайпана кхидӀа а лелар ву со, оцу вукху «векалийн», шаьш тхох тера векалш ду аьлла, дозалла дан йиш ца хилийта. 13 ХӀунда аьлча уьш харцвекалш а, мекара гӀуллакхдийраш а бу. Цара шаьш Дала леррина Къобалвинчун векалш ду моттуьйту. 14 Иза инзарвала хӀума дац, хӀунда аьлча иблисо ша а моттуьйту ша серлонан малик ду. 15 Цундела доккха хӀума а дац, нагахь цуьнан гӀуллакх деш тӀаьхьахӀиттинчара шаьш Делан лаамна гӀуллакхаш до моттийтича а. Амма церан чаккхе церан гӀуллакхашка хьаьжжина хир ю.

Векал волчу ПахӀала хьегна баланаш

16 Аса юха а боху: цхьанна а со сонта ву ма мотталаш. Ткъа шайна со иштта хеташ велахь а, со сонтаниг санна тӀеэцийша, сан жимма а сайх дозалла дан йиш хилийта. 17 Айса дуьйцург Везачу Элаца волуш санна ца дуьйцу аса, ткъа шен къамелах тешна Ӏаш волчу сонтачо санна дуьйцу. 18 Кху дуьнен чуьра болчара санна, дукхахболчара дозалла деш хилча, аса а дийр ду дозалла. 19 ХӀунда аьлча аша, кхетам болуш долчу адамаша, дог дарца садетта оцу сонтачарна. 20 Аша са ма туху, шайх леш дича а, шайна бала бича а, шайга харж яйтича а, шайна кураллаш йича а, шайн юьхь тӀе йиттича а. 21 Сайн эхьана эр ду аса, цу тайпана долу гӀуллакхаш лело тхан ницкъ ца кхочура.

Нагахь цхьана хӀуманна тӀехь цхьаъ дозалла дан ваьхьаш велахь – аса сонтачо санна боху – со а ваьхьар ву дозалла дан. 22 Уьш Ӏебархой буй? Со а ву. Уьш исраилхой буй? Со а ву. Уьш ИбрахӀиман хӀух буй? Со а ву. 23- 11:23 Векалийн 16:23. Уьш Дала леррина Къобалвинчунна гӀуллакх дийраш буй? Аса хьераваьллачо санна дуьйцу, амма со царал а сов Дала леррина Къобалвинчунна гӀуллакх дийриг ву. Цара чул а дукха къахьоьгура аса. Царал а дукха набахти чохь воллура. Царна чул а дукха шодмаш еттара суна. Уьш хуьлучул а дукхазза а Ӏожаллин кхерамехь хуьлура со. 24- 11:24 Карлабаьккхинарг 25:3. ЯхӀудхоша пхоьазза шед йиттина суна, хӀоразза а ткъе ткъайоьсназза а тухуш. 25- 11:25 а: Векалийн 16:22; б: Векалийн 14:19. Кхузза гӀожмаш йиттина суна. Цкъа тӀе тӀулгаш кхиссина суна. Со тӀехь а волуш, хӀордкема кхузза дуьйхира, аса цхьа дей-буьйсий хӀорда чохь а даьккхира. 26- 11:26 а: Векалийн 9:23; б: Векалийн 14:5. Мосуьйттазза араваьлла леларг хилла а лелла со. ТӀедевллачу хишкахьара кхерамаш а хилла суна. Талорхошкахьара кхерамаш а хилла суна. Сайн тайпанах болчу нахехьара а кхерамаш хилла. Кхечу къаьмнашкарчу нахехьара кхерамаш беана. ГӀалахь а, яьссачу аренгахь а, хӀорда тӀехь а кхерам болуш лелла со. Динан харцвежаршкахьара кхерамаш лайна аса. 27 Иштта къахьоьгуш а, болх беш а хилла со. Дукхазза а наб йоцуш а, меца волуш а, хьогах волуш а, кхача боцуш а, шело ловш а, тӀеюха бедар йоцуш а хан яьккхина аса. 28 Кхузахь хьахийна хӀуманаш доцург, ерриге а динан тобанийн баланийн Ӏаткъам кхочу суна. 29 Мила ву гӀело хьоьгуш, аса а шеца гӀело хьоьгуш воцург? Мила ву галвалийтина, со кийрахь шех вогуш а воцуш?

30 Айса дозалла дан дезахь, сайн гӀорасиза хиларх дозалла дийр ду аса. 31 Гуттара а декъала волу Веза Эла волчу Ӏийсан Да волчу вайн Далла хаьа, со харц луьйш воцийла. 32- 11:32 Векалийн 9:23-25. Со Дамасакхехь волчу хенахь, ХӀарти-паччахьан мехкадас Дамасакх-гӀалин Ӏуналла дора, со схьалаца дагахь. Ткъа со корехула тускар чохь пенаца охьаваийтира. Иштта кӀелхьарвелира со цуьнан карара.

12

Дала ПахӀална хӀиттийна суьрташ а, дӀаделладаларш а

1 КхидӀа дозалла дан деза сан, цунах бала цхьа а тайпана пайда бацахь а. Везачу Эло сайна хьалха хӀиттийначу суьртех а, дӀадиллинчу хӀуманех а лаьцна дуьйцур ду аса. 2 Суна Дала леррина Къобалвинчуьнца волу цхьа стаг вевза. Дейтта шо хьалха, (дегӀаца я синца ваьккхина ца хаьа суна, иза Далла бен хуур дац) и стаг кхоалгӀачу стигала хьалаваьккхина хилла. 3 И стаг, (дегӀаца я синца делахь а, суна иза ца хаьа, цхьана Далла бен) 4 ялсамане кхачийна. Цигахь цхьаьнгге а алалур доцу дешнаш хезна цунна. И дешнаш цхьаммо а ала мегар дац. 5 Ишттачу стагах дозалла дойла ю сан. Ткъа сайх дозалла дойла яц сан, сайн гӀорасизаллех доцург. 6 Нагахь сайна дозалла дан лиъча а, со сонта хир вац, аса бакъдерг дуьйцу дела. Амма айса сайх дозаллаш дарх юхауьйзу аса со, шух цхьанна соьгара гиначул а, соьгара хезначул а совдерг ца хетадалийтархьама.

7 Делера долу даккхий дӀаделладаларш бахьана долуш со кура ца валийта, сан дегӀах цхьа кӀохцал дахийтинера: со хьийзорхьама, иблисан геланча ваийтинера! 8 Везачу Эле кхузза дехнера аса, и кӀохцал сох дӀакъастаде аьлла. 9 Ткъа Везачу Эло соьга элира: «Тоьар ду хьуна Соьгара долу дика, хӀунда аьлча Сан ницкъ хьан гӀорасизаллехула кхоччуш гучубоккху». Суна чохь Дала леррина Къобалвинчун ницкъ хилийтархьама, сайн гӀорасизаллех долу дозаллаш совдохур ду аса. 10 Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа иза хиларна, со реза ву сайн гӀорасизаллина а, со дола хетарна а, халонашна а, суна тӀаьхьабовларна а, цатемашна а, хӀунда аьлча со гӀорасиза волччу хенахь сан ницкъ а хуьлу.

ПахӀала коринтхойн гӀайгӀа бар

11 Сайх сонтаниг вира аса, амма иза аша дайтира соьга. Сох дозаллаш аша дан дезара, хӀунда аьлча со хӀумма а воцург велахь а, оцу шун «лакхарчу векалел» со цхьана а хӀуманна тӀехь а оьшуш вац. 12 Шуна юкъахь а хуьлуш, мел долчу собарца со векал хиларан тоьшалла дора ас: аса тамашийна гӀуллакхаш а, инзаре хӀуманаш а, нуьцкъала гӀуллакхаш а дора. 13 Шуна сайх бала ца бар доцург, кхечу динан тобанашца чул шуьца хӀун вон хилира со? Оцу бехкана къинтӀерадовлалаш суна.

14 ХӀинца кхозлагӀа а шу долчу ван кийча ву со. Аса бала бийр бац шуна сайх. Шуьгара хӀумма а ца доьху аса, ткъа шу лоьху. Бераш дац шайн дена-нанна бахам бан дезаш, амма дас-нанас шайн берашна бан беза иза. 15 Лаа а лууш, сайн мел болу бахам а, ур-атталла со-со а дӀалур вара ас шун дуьхьа. Шуьга болу сан безам сов а болуш, соьга болу шун безам лагӀлур буй те?

16 Шу реза хир ду аьлла хета суна, шуьгара хӀума сайна схьа ца эцна ас. Амма цхьаболчара боху, аса иза сайн мекарлонашца а, хӀилланашца а шуьгара схьаяьккхина. 17 ТӀаккха шу долчу веанчу цхьанненгахула а сайна пайда ийцирий те аса шуьгара яьккхинчух? 18 Аса Тите шу долчу вахар дийхира, цуьнца цхьаьна динан вежарех цхьаъ вохуьйтуш. Шуьгара хӀумма а схьаийцирий цо? Дийриг цхьана синехула деш дацара оха, цхьана новкъахула лелаш дацара тхо?

19 Тхо шайна хьалха бехказадуьйлу-м ца моьтту те шуна хӀинца а? ХӀан-хӀа! Дала леррина Къобалвинчуьнца а долуш, оха Далла хьалха боху шуьга. Ткъа и дерриге а, хьоменаш, шу синца чӀагӀдархьама деш ду. 20 Кхоьру со, шу долчу веача, сайна луур доцучу тайпана шу хилла карорна. Иштта со кхоьру, со хила луур доцучу кепехь шуна со караварх. Кхоьру со, шуна юкъахь ишттаниг карадарна: девнаш дийлар, хьагӀ хилар, дералла, шена пайда лехар, мотт беттар, харцдерг кхоллар, кураллаш хилар, низам цахилар. 21 Со кхоьру, шу долчу юхавеача, сан Дала шуна хьалха со лахара хетийтарх. Хьалха къинош а летийна, ткъа хӀинца а сийсаза леларх а, хьарамлонаш лелаярх а, меттаза леларх а дӀа ца бирзина болчу дукхахболчарна тӀехь сайн велха дезарх кхоьру со.

13

Хьехамашший, маршаллашший

1- 13:1 Карлабаьккхинарг 17:6; 19:15. Со кхозлагӀа а вогӀу шу долчу. Делан Йозанаша боху: «ХӀорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула бен чӀагӀдийр дац». 2 Со шозлагӀа веанчу хенахь, аса дӀахьедар динера къинош летош болчаьрга а, кхиболчу массаьрга а, ткъа хӀинца, со шу долчу дӀавале, ас кхин цкъа а дӀахоуьйту цаьрга: со юха дӀавеача, цхьаннах а къинхетам бийр бац аса. 3 Соьгахула бохуш верг Дала леррина Къобалвинарг хиларан тоьшалла лоьху те аша? Шуьца ларош волу Иза гӀорасиза вац. Мелхо а, Цо Шен ницкъ шуна юкъахь гойту. 4 ХӀунда аьлча Иза гӀорасизниг санна жӀарах дӀатоьхнехь а, амма Делан ницкъаца дийна ву. Иштта тхо а ду, Цуьнца долуш гӀорасиза делахь а, амма шун дуьхьа тхо Делан ницкъаца дехар ду Цуьнца цхьаьна.

5 Баккъалла а тешарехула шаьш дехаш дуй те аьлла, шаьш-шайн зелаш. Шаьш-шайн талла. Я шуна ца хаьа те, Дала леррина Къобалвина Ӏийса шуьца вуйла? Я зерах чекх ца девлла те шу? 6 Зерах чекх ца довлалуш тхо ца диснийла шуна хуур ду аьлла, со тешна ву. 7 Оха Деле доӀанаш до, шуьга цхьана а тайпана зулам ца дайтар доьхуш. Иза оха ца доьху, тхаьш зерах чекхдевлла хилар гайтархьама, амма тхо зерах чекх ца девлла шуна моьттушехь, шуьга дика дайтархьама доьху. 8 ХӀунда аьлча билггал бакъдолчунна дуьхьалдовла ницкъ бац тхан, амма цунна гӀоле хӀума дан ницкъ болуш ду. 9 Тхо гӀорасиза долчу хенахь, шу ницкъ болуш хиларна даккхийдеш ду тхо. Оха Деле доӀанаш до, шун кхоччуш кхиар хилар доьхуш. 10 Со шу долчу вале, яздо аса шуьга, шу долчу веача, Везачу Эло сайна хӀаллакдан а доцуш, синца чӀагӀдарна деллачу олаллица со шуьца тӀех буьрса ца хилийтархьама.

11 Чекхволуш, динан вежарий, маршалла ло ас шуьга! Кхоччуш хила гӀерталаш, сан кхайкхамашка ладогӀалаш, шайн ойланашца цхьаалла йолуш хилалаш, машарца Ӏелаш. ТӀаккха безаман а, машаран а волу Дела шуьца хир ву.

12 Доггах+ 13:12 *Доггах *– ма-дарра аьлча: *Беза барт баккхарца...* вовшашка маршаллаш хатта.

Делан долахь болчу массара а маршаллаш доуьйту шуьга.

13 Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дика а, Делан безам а, Делан Синан тӀекаре а хуьлийла шуьца массаьрца а.