ДӀаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна дӀаяздина
шолгӀа тептар
Дешхьалхе
ШолгӀачу тептар тӀехь кхидӀа а дуьйцуш ду ДӀаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна дӀаяздинчу хьалхарчу тептар тӀехь долийнарг. ХӀара тептар кхаа декъе декъа тарло: 1) Сулим-паччахьо олалла дар (1-9 кортош); 2) ЯрбаӀам-паччахьо куьйгалла а деш, Сулим-паччахьан кӀантана РахьбуӀамна къилбаседера тайпанаш дуьхьалдовлар (10 корта); 3) ЯхӀудан пачхьалкхехь хиллачух лаьцна дийцар (11-36 кортош). Тептаран чаккхенехь дуьйцу Ӏийса дуьнен чу валале пхи бӀе дезткъе йолхалгӀачу шарахь Ярушалайм-гӀала йожарх лаьцна.
1Сулима шена хьекъалалла доьхуш дина доӀа
(Сулим 3:1-15)
1 Даудан кӀентан Сулиман шен пачхьалкхана тӀехь куьйгалла дар чӀагӀлуш лаьтташ дара. Цуьнан Веза Дела цуьнца вара. Цо Сулим вазвира.
2 Сулим-паччахьо омра дира, берриг а исраилхой схьагулбе аьлла: тӀеман коьрта хьаькамаш а, тӀеман хьаькамаш а, кхелахой а, берриг а Исраил-махкара массо а куьйгалхо а, доьзалийн баьчча а. 3 Иштта Сулим а, берриг а гулбелларш а ГавӀон-гӀаларчу гу тӀе бахара, хӀунда аьлча Везачу Элан ялхо волчу Мусас яьссачу аренгахь ша волуш дина гуламан четар цигахь хӀинца а лаьтташ дара. 4- 1:4 Дауд 6:1-17; Арадаккхар 13:5-14; 15:25–16:1. Делан бертан тӀорказ Кхиръят-ЯӀарим-гӀалара Ярушалаймехь ша кечйинчу метте схьадеанера Дауда, цунна четар а дина. 5- 1:5 Арадаккхар 38:1-7. Ткъа Хьорин кӀентан Урин кӀанта Бацалиала бина сагӀа доккху цӀестан кхерч цигахь, ГавӀонерачу гу тӀехь, Везачу Элан четарна хьалха битинера. Цигахь Сулим-паччахь а, цуьнца баьхкинарш а Везачу Элах дагабевлира. 6 ТӀаккха, гуламан четар долчу, Везачу Элана хьалха, оцу цӀестан кхерча тӀе а кхаьчна, цунна тӀехь эзар дийнат а дагош, сагӀа даьккхира Сулим-паччахьо.
7 Цу буьйсанна Сулимна гӀенахь Дела дуьхьалхӀоьттира. Цо элира: «Деха хьайна луъург».
8 Сулим-паччахьо Деле жоп делира: «Ахьа, сан дена Даудана доккха дика дина, со цуьнан метта паччахь а хӀоттийна. 9- 1:9 Доладалар 13:16; 28:14. Ва Веза Дела, кхочушхуьлийла Ахьа сан дена Даудана йина чӀагӀо. Лаьттан чан санна дукха долчу халкъана тӀехь, Ахьа, со паччахь а вина, дӀахӀоттийна дела, 10 лохьа суна хьекъалалла а, хаарш а, хӀокху халкъана тӀехь аса куьйгалла муха дан деза хаархьама, хӀунда аьлча хьаьнга далур ду хӀокху Хьан дуккха а долчу халкъана тӀехь урхалла?»
11 Дала Сулиме элира: «И ахь дехнарг хьан деган лаам хиларна а, бахам а, хьал а, сийлалла а, хьайн мостагӀийн синош хӀаллакдар а, иштта хьайн дахаран хан яхъяр а ца доьхуш, Аса хьо паччахь хӀоттийначу Сан халкъана тӀехь урхалла дархьама, хьайна хьекъалалла а, хаарш а ахьа дехарна, 12 лур ду Ас хьуна хьекъалалла а, хаарш а. Иштта бахам а, хьал а, сийлалла а лур ду Аса хьуна, хьол хьалха хиллачу паччахьийн а, хьол тӀаьхьа хир болчийн а доцучу тайпана».
Сулиман ницккъий, бахаммий
(Сулим 10:26-29)
13 ТӀаккха Сулим-паччахь ГавӀонерачу гу тӀехь долчу гуламан четар долчуьра Ярушалайме юхавирзира. Цо исраилхошна тӀехь паччахьалла дира. 14- 1:14 Сулим 4:26. Сулим-паччахьо гӀудалкхаш а, дой а гулдира+ 1:14а *Дой гулдира *– я иштта: *дошлой гулбира.*. Иштта цуьнан цхьа эзар йиъ бӀе гӀудалкх а яра, шийтта эзар дин а бара+ 1:14б *Шийтта эзар дин а бара *– я иштта: *шийтта эзар дошло а вара.*. Цо уьш гӀудалкхаш дӀахӀоттош йолчу гӀаланашкахь а, ша волчохь Ярушалаймехь а дӀатарйира. 15 Детин а, дешин а барам тӀулгаш долччул дукха хилла дӀахӀоттийра цо Ярушалайм-гӀалахь. Лаьмнийн кӀажашкахь долчу диттийн барам а дезачу баганан диттийн бараме нисбина, дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо. 16- 1:16 Карлабаьккхинарг 17:16. Ткъа говраш Мисар-махкара а, Килик+ 1:16 *Килик *– Ӏебархойн маттахь: *Кхавей.* цӀе йолчу махкара а ялайора Сулим-паччахьо. Паччахьан совдегарша Килик-махкахь и говраш ахчанах схьаоьцура. 17 Мисар-махкара ялочу гӀудалкхан мах ялх бӀе дато шекхал+ 1:17 *Шекхал *– цхьа шекхал итт грамм барамехь ду.* бара, ткъа цигара балочу динан мах цхьа бӀе шовзткъе итт дато шекхал бара. Иштта уьш ерриш а хьетахойн а, арамхойн а паччахьашна схьаялайора совдегарша.
2Сулим-паччахьо Делан цӀа дан а, керт ян а кечам бар
(Сулим 5:1-18)
1 Везачу Элан цӀе язъян лерина долу цӀа а, шена лерина долу паччахьан цӀа а дан сацам бира Сулима. 2 Деза кира лелош волу кхузткъе итт эзар стаг а, лаьмнашкахь тӀулг схьабоккхуш волу везткъа эзар стаг а, царна тӀехьожуш волу кхо эзар ялх бӀе хьаькам а вара цуьнан.
3 Цора-гӀаларчу паччахьна Хьирамана+ 2:3 *Хьирам *– Ӏебархойн маттахь кхузахь «Хьурам» ю. Иза Хьираман кхин цӀе ю.* тӀе нах бахийтира Сулим-паччахьо, цуьнга дӀаалийта: «Ахьа сан дена Даудана чохь Ӏан паччахьан цӀа дечу хенахь, баганан дечиг а духкуш, гӀуллакх дина ма-хиллара, суна а гӀо дехьа. 4 Аса хӀинца сайн Везачу Делан цӀе язъян лерина долу цӀа дан долош ду. И цӀа аса дӀакъастор ду, цигахь Цунна лерина хаза хьожа йогӀу хӀуманаш ягаяйтархьама а, даздина баьпкаш шен рожехь дӀахӀиттадайтархьама а, хӀора Ӏуьйранна а, суьйранна а, иштта шоьтан дийнахь а, керла бутт болалуш дезачу деношкахь а, тхан Везачу Далла лерина долчу къастийначу дезачу деношкахь а дийнаташ дагоран сагӀанаш дахийтархьама а. Иза иштта гуттаренна а тӀедиллинера Дала Исраилан халкъана. 5 Аса ден долу цӀа доккха хир ду, хӀунда аьлча тхан Дела массо деланел а воккха ву. 6- 2:6 Сулим 8:27; 2 Шерашкахь 6:18. Иза-х стигалшна – ур-атталла уггар лекхачу стигалшна а чу ца тарваллал ву. Цхьаннан а ницкъ кхочур буй те Цунна цӀа дан? Со мила вара, Цо Шен цӀа дан пурба суна даллал? И цӀа – Цунна лерина сагӀа доккху меттиг бен хир ма яц! 7 Ткъа хӀинца цхьа говза пхьар ваийтахьа со волчу. Деших а, детих а, цӀастанах а, эчигах а хӀуманаш ян а хууш, иштта таьӀна цӀечу а, цӀарула-цӀечу а, сийначу а басахь долчу тех хӀуманаш ян хууш а, хадорца хӀуманашна куьцаш деш волу стаг хила веза иза. Сан дас Дауда ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалайм-гӀалахь а къобалбина хиллачу говзанчашца цхьаьна белхаш бийр бара цо. 8 Баганан а, зоьзан а дечиг а, Ливанун-махкара цӀен дечиг а даийтахьара ахьа, хӀунда аьлча суна хаьа, хьан белхалой Ливанун-хьун хьакха говзалла йолуш буйла. Сан белхалоша хьайчаьрца цхьаьна болх бийр бара, 9 кеч а дина, алссам дечиг суна охьадиллийтархьама. ХӀунда аьлча аса деш долу цӀа доккха а, исбаьхьа а ду. 10 Аса хьан хьун хьокхучарна кхача латтор бу: бӀе эзар гали кӀа а, бӀе эзар гали мукх а, ткъа эзар черма чагӀар а, ткъа эзар черма зайтдаьтта а».
11 Цора-гӀалин паччахьо Хьирама, Сулиме жоп а луш, кехат яздира. Цо бохура: «Шен халкъе болчу безамна Везачу Эло цунна тӀехь хьо паччахь дӀахӀоттийна». 12 Хьирама кхин а элира: «Декъала ву стигала а, латта а кхоьллина волу Исраилан Дела волу Веза Эла! Везачу Элана лерина цӀа а, шена паччахьан цӀа а дан воллуш волу, хаарш а, кхетам а болуш волу хьекъале кӀант Дауд-паччахьна веллера Цо. 13 Хьекъал а долуш, говза стаг волу Хьирам-Аби-ЯхӀу+ 2:13 *Хьирам-Аби-ЯхӀу *– иза Хьираман кхин цӀе ю.* воуьйту аса хьо волчу. 14 Иза Данан тӀаьхьенах йолчу зудчун кӀант ву. Цуьнан да цорахо ву. Деших а, детих а, цӀастанах а, эчигах а, тӀулгах а, дечигах а, таьӀна цӀечу а, цӀарула-цӀечу а, сийначу а басахь долчу тех а, дуткъачу кӀадих а хӀуманаш ян а, хадорца хӀуманашна тайп-тайпана куьцаш дан говзалла а ю цуьнан. Шега делла муьлхха а суртдаран гӀуллакх кхочушдан тарлур ду цунна. Шена тӀедиллинарг дерриг а кхочушдийр ду цо хьан а, сан олахо волчу хьан ден Даудан а говзанчашца цхьаьна. 15 Ткъа хӀинца, сан олахо, айхьа доуьйтур ду аьлла кӀа а, мукх а, зайтдаьтта а, чагӀар а даийтахьа хьайн ялхой долчу тхуна. 16 Сан ялхоша, хьуна оьшшучул Ливанун-хьун а хьаькхна, и дечиг хӀордахула, машшашца цхьаьна а дихкина, Яппи-гӀала дӀакхачор ду, ткъа ахьа иза Ярушалайме дӀахьур ду».
Везачу Элан цӀа дан доладо
(Сулим 6:1-38)
17 Шен дас Дауда доьзалийн цӀераш дӀаязъечу тептар тӀе тӀаьхьа Исраилан махка цу хенахь тӀебаьхкина хилла болу берриг а нах дӀаязбайтира Сулима. Уьш цхьа бӀе шовзткъе кхойтта эзар ялх бӀе стаг вара. 18 Царах кхузткъе итт эзар кира лелорхо а, везткъа эзар лаьмнашкара тӀулг баккхархо а, и халкъ балхана тӀедерзадайта кхо эзар ялх бӀе тӀехьожуш волу стаг а билгалваьккхира Сулима.
31- 3:1 Доладалар 22:22. Ярушалаймерчу Мори-лам тӀехь Везачу Элан цӀа дан долийра Сулима. Оцу лома тӀехь Веза Эла Сулиман дена Даудана дуьхьалхӀоьттинера. Иза хиллера явсайхо волчу Орнан хьаьттахь. Дауд-паччахьо кечйинера и меттиг. 2 Иза дара Сулима паччахьалла дечу доьалгӀачу шеран шолгӀачу беттан шолгӀачу дийнахь. 3 Сулима деш долчу Делан цӀийнан бух иштта бара: бахалла – кхузткъа дол (ширачу дустарехь), шоралла – ткъа дол. 4 ЦӀийнан шораллехь цунна хьалха йина уче яра, ткъа дол шуьйра а, бӀе ткъа дол лекха а йолуш. И уче чухула цӀена деши диллина йинера. 5 ГӀишлон коьрта цӀа баганан дечигах дина дара, тӀехула деши а дуьллуш. Цу дешин тӀехула хурма-диттийн а, юьйцинчу зӀенийн а суьрташ дехкира. 6 ТӀаккха, куц а доккхуш, тӀехула деза тӀулгаш дехкира. И деши Парвайм-махкара деана дара. 7 ЦӀенна а, цуьнан ханнашна а, неӀсагӀанашна а, пенашна а, корашна а, неӀаршна а тӀехула деши диллира, ткъа пенаш тӀехь каруб-маликийн суьрташ дехкира. 8- 3:8 Арадаккхар 26:33, 34. Везачу Элан цӀа чохь, цуьнан шораллин бараме хьаьжжина, уггаре а еза чоь яйтира Сулим-паччахьо. Цуьнан яхалла а, шоралла а ткъатткъа дол яра. Цу цӀа чу дахара цхьа эзар ши бӀе пунт деши. 9 Хьостамий а динера, хӀора хьостам шовзткъе итт шекхал+ 3:9 *Шекхал *– цхьа шекхал итт грамм барамал яра.* деших а беш. Иштта лакха тӀехь йолчу чоьнашна а деши диллира.
10- 3:10-13 Арадаккхар 25:18-20. Везачу Элан цӀийнан уггаре а дезачу цӀа чохь шина каруб-маликан сурт дайтира Сулима, царна тӀе деши а дуьллуьйтуш. 11 Каруб-маликийн беа тӀоман йохалла ткъа дол яра. Цхьана каруб-маликан пхи дол хиллал беха болу тӀам пенах хьакхалора, ткъа оццул беха болу важа тӀам вукху каруб-маликан тӀомах хьакхалора. 12 Оццу барамехь болу шолгӀачу каруб-маликан цхьа тӀам а пенах хьакхалора, ткъа церан чухула долу тӀемаш цӀенна юккъехь вовшахкхетара. 13 Оцу каруб-маликийн беа тӀоман йохалла ткъа дол яра. Уьш шайн когаш тӀехь лаьттара. Церан яххьаш Везачу Элан цӀийнан йоккхачу хьалхарчу чоьнна тӀе ерзийна яра. 14- 3:14 Арадаккхар 26:31. Иштта сийначу а, таьӀна-цӀечу а, цӀарула-цӀечу а басахь долчу кӀадих а, дуткъачу кӀадих а кирхьа дайтира цо, цу тӀехь каруб-маликийн суьрташ а дохкуьйтуш.
ЦӀестан ши бӀогӀам
(Сулим 7:15-22)
15 Везачу Элан цӀенна хьалха цӀестан ши бӀогӀам дӀахӀоттабайтира паччахьо. ХӀора бӀогӀаман лакхалла ткъе пхийтта дол яра. Оцу бӀогӀаман буьххье дилла цӀастанах ши таж доьттира. Церан хӀораннан а лакхалла пхиппа дол яра. 16 Юьйцина зӀенаш а яйтира цо, уьш шина бӀогӀамна тӀе а йохкуьйтуш. Царна тӀе, куц а доккхуш, наран цхьа бӀе стоьман сурт диллийтира. 17 ТӀаккха и бӀогӀамаш Везачу Элан цӀенна хьалха дӀахӀиттабайтира: цхьа бӀогӀам аьтту агӀор, важа аьрру агӀор. Аьтту агӀор дӀахӀоттийначунна, «Якин» аьлла, цӀе тиллира (иза «Дала дӀахӀоттор» бохучух тера ду). Аьрру агӀор дӀахӀоттийначух «БоӀаз» элира, (иза «Делан нуьцкъалалла» бохучух тера ду).
4Везачу Элан цӀа чохь лело йина хӀуманаш
(Сулим 7:23-51)
1- 4:1 Арадаккхар 27:1, 2. Иштта Сулим-паччахьо сагӀа даккха лерина болу цӀестан кхерч а байтира: иза ткъа дол хиллал беха а, ткъа дол шуьйра а, итт дол лекха а бара. 2 Лалийначу цӀастанах боккха яй байтира цо. Цуьнан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц болу барам итт дол бара. Пхи дол кӀорга а бара иза. Оцу ен го ткъе итт дол бара. 3 ЦӀастанах дина стерчий а дара гобаьккхина цу ен кӀел, цуьнца цхьаьнадоьттина. Уьш шина моггӀара дехкинера, церан лакхалла итт дол яра. 4 И яй цӀастанах бинчу шийтта старана тӀехь лаьтташ бара. Царах кхоъ къилбаседехьа, кхоъ малхбузехьа, кхоъ къилбехьа, кхоъ малхбалехьа берзийна бара. Ткъа церан тӀехьенаш ена кӀел, юккъехьа, ерзийна яра. 5 Оцу ен стоммалла куьйган кераюккъалц яра, ткъа цуьнан йистош дӀаделладеллачу петӀамат-зезаган куьцехь йинера. Цу чу кхузткъе итт эзар чами хиллал хи доьдура. 6- 4:6 Арадаккхар 30:17-21. Иштта цӀестан итт юьхь-куьг дуьлург а яйтира цо. Царах пхиъ къилбехьа агӀор, важа пхиъ къилбаседехьа агӀор дӀахӀоттаяйтира, цу чохь дагоран сагӀина деана дийнатийн дакъош цӀандархьама. Ткъа цӀестан боккха яй динан дайшна бинера, уьш цу чохь Далла гергахь цӀанбалархьама.
7- 4:7 Арадаккхар 25:31-40. Хила ма-безза болу итт стогар байтира цо деших. Уьш Везачу Элан цӀа чу биллийтира: пхиъ – къилбехьа агӀор, важа пхиъ – къилбаседехьа агӀор. 8- 4:8 Арадаккхар 25:23-30. Далла лерина долу бепиг тӀедилла итт стол яйтира цо. Уьш Везачу Элан цӀа чохь пхиъ къилбехьа агӀор, важа пхиъ къилбаседехьа агӀор дӀахӀиттаяйтира цо. Иштта деших цхьа бӀе кад а байтира.
9 Динан дайн керт а, йоккха керт а яйтира цо. Иштта йоккхачу кертана чуволу кевнаш дайтира, царна йоьзан варкъ а дуьллуш. 10 Чохь хи долу и боккха цӀестан яй Везачу Элан цӀийнан къилба-малхбалехьара агӀор дӀахӀоттабайтинера Сулима.
11 Иштта Хьирама кхин а тесаш, кегий белаш, кегий кедаш дира. Цу тайпана чекхбехира Хьирама Сулим-паччахьна Делан цӀа чохь ша беш болу белхаш:
12 ши бӀогӀам а,
царна гонах таьжнийн ши го а,
оцу таьжнийн суьрташ тӀедехкина долчу бӀогӀамийн боххьехь бойнан ши сурт а.
13 Оцу бойнан шина суьрта тӀе билла биъ бӀе цӀестан нар-стом бира Хьирама. И стоьмаш шишша могӀарехь оцу бӀогӀамашна тӀе дехкинчу таьжнашна тӀерачу бойнийн суьрташ тӀе дехкира.
14 КӀелхӀотторгаш а, царна тӀеюьллу юьхь-куьг дуьлургаш а,
15 цӀестан боккха яй, цунна бухара шийтта цӀестан сту а,
16 тесаш, белаш, мӀерий, церан массо а кхиболу гӀирс а бира цо.
Сулим-паччахьан дехарца Хьирам-Аби-ЯхӀус+ 4:16 *Хьирам-Аби-ЯхӀу *– иза Хьираман кхин цӀе ю.* Везачу Элан цӀенна мел йина хӀума а заьнгала динчу цӀастанах йинера.
17 И ерриг а хӀума Йордан-хин тогӀи чохь сацкъарах йинчу кепаш чохь йоттийтинера Сулим-паччахьо. Иза дара Сакхат а, ЦӀардан а олучу меттигашна юккъехь. 18 И хӀуманаш вуно дукха яйтинера Сулима, цундела уьш еш дайинчу цӀастанан барам буста а ца лора.
19 Иштта Делан цӀа чохь оьшур йолу массо а хӀума яйтинера Сулим-паччахьо: дашо кхерч а, Далла лерина долу бепиг тӀедуьллу стоьлаш а, 20 церан къуьданашца болу а, цӀеначу деших боьттина болу а стогарш (уьш, тӀедиллина ма-хиллара, уггар езачу чухуларчу чоьнна хьалха латабора), 21 зезагийн суьрташ а, чӀурам хӀотторгаш а, морзахаш а (и ерриг хӀума а цӀеначу деших йинера), 22 цӀеначу деших дина тукарш а, боганаш а, хаза хьожа йогӀу хӀума чуюьллуш долу кедаш а, богуш болу кӀора дӀасабахьа нойш а. Делан цӀийнан неӀарш (уггар езачу чоьнан чуьра неӀарш а, Делан цӀийнан важа неӀарш а) деших йинера.
51- 5:1 Дауд 8:11; 1 Шерашкахь 18:11. Иштта чекхбехира Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀенна шена бан лиъна болу берриг а белхаш. Шен дас, Дауда, Далла лерина лелош хилла мел йолу сийлаллин-еза хӀуманаш цу цӀа чу ехкира Сулима. Делан цӀийнан хазни чу деши а, дети а, кхин йолу хӀуманаш а дӀаелира цо.
Бертан тӀорказ Делан цӀа чу диллар
(Сулим 8:1-9)
2- 5:2 Дауд 6:12-15; 1 Шерашкахь 15:25-28. ТӀаккха Исраилан халкъан къаной а, исраилхойн тайпанийн а, гаранийн а, доьзалийн а берриг а баьччанаш а Ярушалайме шена тӀекхайкхира Сулима, хьалха Цийон олуш хиллачу Даудан гӀалара Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ схьадаийтархьама. 3 Иштта шеран ворхӀалгӀачу беттан дезачу деношкахь+ 5:3 *Дезачу деношкахь *– схьахетарехь, адамаш кхалораш чохь Ӏаш долу деза денош ду уьш.* дерриг а Исраилан халкъ Сулим-паччахь волчу гулделира. 4 Исраилхойн массо а къаной цига баьхкича, левихоша бертан тӀорказ схьаийцира. 5 Бертан тӀорказ а, гуламан четар а, цу чохь мел хиллачу сийлаллин-езачу хӀуманашца, схьа а эцна, дӀадаьхьира динан дайша а, левихоша а. 6 Ткъа Сулим-паччахь а, иштта иза волчу гулделла Исраилан дерриг халкъ а дезачу тӀорказна хьалха лаьттара. Цара Далла лерина дийнатийн сагӀанаш дохура. Далийна бежанаш а, жа а дукха хиларна дагар а ца далора. 7 Динан дайша Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ, схьа а деана, Делан цӀийнан чухуларчу а, уггар а езачу чоьнна чохь шен метте, каруб-маликийн суьртийн тӀемашна кӀел, охьадиллира. 8 Оцу маликийн суьртийн тӀемаш цу тӀорказна тӀехула дӀасадаржийна дара, цундела тӀорказ а, цуьнан схьалоцу гӀуркхаш а цара дӀахьулдора. 9 И гӀуркхаш деха хиларна, церан юьхьигаш гучуйовлура езачу чоьнна чуьра уггар езачу чухуларчу чоьнна хьалха агӀор. Амма арахула и юьхьигаш гуш яцара. Уьш тахханалц а цу чохь лаьтташ ю. 10- 5:10 Карлабаьккхинарг 10:5. Оцу дезачу тӀорказ чохь, Мусас чуйиллина хилла йолу тӀулган ши экъа йоцург, кхин хӀумма а яцара. ТӀулган и экъанаш Муса-пайхамаро цу чу ехкинера, Хьариб олучу меттигехь Везачу Эло Исраилан халкъаца барт а бина, иза Мисар-махкара арадаьккхинчул тӀаьхьа.
Везачу Элан сийлалла
11 Динан дай езачу чоьнна чуьра арабевлира. Ткъа цул хьалха цигахь хиллачу берриге а динан дайша, къастамаш а ца беш, Далла хьалха шаьш цӀанбинера. 12 Зурманчаш болу берриге а левихой – Асайп, ХӀайман, Ядутун, церан кӀентий а, вежарий а – тӀехь дуткъачу кӀадих дина духар а долуш, цӀастанан жима негӀарш а, тайп-тайпана дечиган пондарш а лоькхуш, сагӀа доккхучу кхерчан малхбалехьа агӀор лаьтташ бара. Цаьрца цхьаьна цхьа бӀе ткъа динан да вара, турбанаш лоькхуш. 13- 5:13, 14 Арадаккхар 40:34, 35. Турба лоькхурш а, илланчаш а, цхьаъ болуш санна, эбина мукъам балош лаьттара, Везачу Элана хастамаш а беш, Цунна баркалла а бохуш. Турбанашца а, цӀастанан жимачу негӀаршца а, кхечу гӀирсашца а цхьаьна айдинчу озаца цара Везачу Элана хастамаш бора:
«Веза Эла ма дика ву!
Цуьнан безам хедар боцуш бу!»
Оццу юкъана Везачу Элан цӀа мархах дуьзира. 14 И марха бахьана долуш, динан дай шаьш гӀуллакх дечохь латта а ца лора, Делан цӀа Везачу Элан сийлаллин нуьрах дузарна.
6Сулим-паччахь халкъе вистхилар
(Сулим 8:12-21)
1 ТӀаккха Сулима элира:
«Везачу Эло Шен боданехь Ӏан лаам бу аьллера.
2 Ткъа аса Хьуна исбаьхьа цӀа дӀахӀоттийна,
Хьо цу чохь абаденналц вахийта».
3 Дерриг а Исраилан халкъ дара цигахь лаьтташ. Халкъехьа а вирзина, Сулим-паччахьо декъалдира иза. 4- 6:4-9 Дауд 7:1-13; 1 Шерашкахь 17:1-12. ТӀаккха паччахьо элира: «Декъала ву Исраилан халкъан Веза Дела, сан дена Даудана, Ша делла дош Шен куьйгаца кхочушдина Волу! Цо аьллера сан дега: 5 „Мисар-махкара Сайн халкъ Айса арадаьккхичхьана дуьйна схьа, Исраилан тайпанийн мехкашкара цхьа а гӀала ца къастийра Аса, Сан цӀе язъян лерина цӀа хилийтархьама. Я цхьа а адам ца хаьржира Аса, Сайн Исраилан халкъана тӀехь баьчча хилийта. 6 Ткъа хӀинца Ярушалайм-гӀала схьахаьржина Аса, Сайн цӀе язъян лерина цӀа цигахь хилийта, ткъа Дауд хаьржина Аса, Сайн Исраилан халкъана тӀехь олалла дайта“.
7 Сан дена Даудана чӀогӀа лиира Исраилан халкъан Везачу Делан цӀе язъян лерина долу цӀа дӀахӀотто. 8 Амма Везачу Эло аьллера сан дега Дауде: „Суна хаьа, Сан цӀе язъян лерина долу цӀа хӀоттадан хьан чӀогӀа лаам хилар. Хьуна и лаар дика ду. 9 Амма хьо вац Аса и цӀа дӀахӀотто хаьржинарг. Хьох ваьлла волчу хьан кӀанта дийр ду Сан цӀе язъян лерина долу цӀа“.
10 Иштта Везачу Эло Ша делла дош кхочушдира. Сан ден метта Исраил-мехкан паччахьан гӀанта тӀе хиира со, хӀинца со паччахь а ву, Везачу Эло ма-аллара. Аса Исраилан халкъан Везачу Делан цӀе язъян лерина долу цӀа а дӀахӀоттийна. 11 Везачу Эло Исраилан халкъаца бина барт тӀеязбина йолу тӀулгийн экъанаш шена чохь Ӏуьллу тӀорказ цу цӀа чу охьадиллина аса».
Сулима дина доӀа
(Сулим 8:22-53)
12 ТӀаккха, Везачу Элан сагӀа доккхучу кхерчана хьалха дӀа а хӀоьттина, гулделлачу массо а Исраилан халкъана хьалха Сулим-паччахьо шен куьйгаш хьалаайира. 13 Кертана юккъехь хьалаайаелла йолу цӀестан лакхе яйтинера Сулима. Цуьнан яхалла а, шоралла а пхиппа дол яра, ткъа лакхалла кхо дол яра. Сулима, цу тӀе а ваьлла, схьагулбеллачу массо а исраилхошна хьалха гора а вахана, шен куьйгаш стигала хьалакховдийра. 14 Цо элира: «Ва Исраилан халкъан Веза Дела! Я стигалахь, я лаьттахь вац Хьох тера волу Дела. Вайна юкъахь болу барт лар а беш, цунна Хьо тешаме хуьлу доггах Хьайна тӀаьхьахӀиттинчу Хьайн лешна. 15 Ахь кхочушдина Хьайн лай волчу сан дена Даудана Айхьа делла дош. Ахьа иза Хьайн багара даьккхинера, ткъа тахана Хьайн куьйгаца кхочушдина. 16- 6:16 Сулим 2:4. Ткъа хӀинца, Исраилан халкъан Веза Дела, кхочушдехьа Хьайн лай волчу Дауде, сан дега, Айхьа аьлларг: „Нагахь хьан тӀаьхьенах болчара, хьо Суна хьалха ма-леллара, товрат-хьехамца а лелаш, шайн некъаш тешаме хиларца лардахь, даим а хьан тӀаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тӀехь“. 17 Ткъа хӀинца, Исраилан халкъан Веза Дела, бакъ хуьлийла Ахьа сан дена делла долу Хьан дош.
18- 6:18 2 Шерашкахь 2:6. Амма бакъдерг аьлча, Делан Ӏойла а дуй ткъа адамашца кху лаьттахь? Стигала а, я стигалан лакхенашка а ца тарлуш волу Хьо, хӀокху ас дӀахӀоттийначу Хьан цӀа чу-м тарлойла а дац. 19 Делахь а, дӀахозийла Хьуна сан доӀа а, Хьан лай волчу сан дехар а, ва сан Веза Дела! Тергам бойла Ахьа, Хьайга дехарш деш кхойкхуш волчу Хьайн лен кхайкхаман а, доӀанан а. 20- 6:20 Карлабаьккхинарг 12:11. Ахьа Хьайн цӀе кху чохь хир ю аьллачу хӀокху цӀенна тӀе боьгӀна хуьлийла Хьан бӀаьргаш дийнахь а, буса а! ЛадугӀийла Ахьа Хьан лай волчун доӀане, иза, хӀокху меттехьа а вирзина, Хьоьга кхойкхучу хенахь. 21 ДӀахозийла Хьуна Хьайн лай волчун доӀанаш а, Хьайн Исраилан халкъан доӀанаш а, цара, хӀокху меттехьа а бирзина, Хьайга доӀа дечу хенахь. Хьо стигалшкахь Ӏаш ву, ткъа оха доьху Хьоьга, цигахь тхан доӀа дӀа а хазий, гечдехьа тхуна.
22 Масала, нагахь цхьа стаг вукхунна хьалха бехке а хилла, иза Хьан сагӀа доккхучу кхерчана хьалха дӀахӀоттавахь, хӀокху Хьан цӀа чохь, ша бехке вац аьлла, цуьнга дуй баийта тарло. 23 ТӀаккха стигалахь волчу Ахьа, дӀахазий, кхел ехьа Хьайн лешна тӀехь, бехке верг жоьпе а озош, цаьргара даьлларг церан шайн кортошна тӀе а дожош. Ткъа бехке воцург бехказаваккхахьа, цуьнан бакъ хиларе терра цунна доггӀург а деш.
24 Масала, Хьан Исраилан халкъ Хьуна хьалха къилахь хиларна, мостагӀчо иза эшор ду. Нагахь и халкъ, Хьоьга кхайкхамаш а беш, кху цӀа чохь волчу Хьоьга доӀанаш а, дехарш а деш, Хьоьгахьа дерзахь, 25 стигалшкахь церан доӀа дӀа а хазий, гечдехьа хӀокху Хьайн Исраилан халкъан къиношна. Айхьа хьалха царна а, церан дайшна а делла долчу лаьтта тӀе уьш юхаберзабехьа.
26 Ткъа, масала, цара Хьуна хьалха къинош летадарна, Ахьа, стигалш дӀа а къевлина, догӀа доуьйтур дац. Амма, масала, цара, кху меттехьа а бирзина, доӀанаш а деш, Хьоьга кхайкхамаш а беш, Ахь шаьш охьатаӀийна дела, шаьш летийначу къиношна дохко а бевлла, уьш юха а Хьуна тӀеберза тарло. 27 ТӀаккха, доьху Хьоьга, стигалшкахь церан доӀанаш дӀа а хазий, гечдехьа Хьайн лай долчу Исраилан халкъан къиношна. Гайтахьа царна нийса некъ, Ахьа Хьайн халкъана тӀаьхьалонна деллачу хӀокху Хьайн лаьтта тӀе догӀа даийтахьа.
28 Нагахь хӀокху лаьтта тӀе адамашна я мацалла тӀеягӀахь, я адамаш хӀаллакдеш цамгарш кхетахь, я, мел долу хӀума дагош, бовха мох балахь, я адамаша дийна долу дерриге ялта а мекхано диъна дӀадаккхахь, я цӀоз, я нӀаьна тӀелатахь, я шайн лаьтта тӀехь адамаш Ӏен ца дуьтуш, мостагӀий тӀегӀортахь, я муьлхха а бохам хилахь, я ун кхетахь, 29 тӀаккха, нагахь дерриг а Хьан Исраилан халкъана юкъара муьлххачу а адамо, шен лазарш а гина, шех даьллачу къиношна дохко а даьлла, кху Хьан цӀенна тӀе куьйгаш хьала а айина, Хьоьга доӀанаш а, дехарш а дахь, 30 доьху Хьоьга, Хьо Ӏаш волчу стигалахь, церан доӀа дӀа а хазий, царна геч а дехьа, гӀо а дехьа. ХӀора стагана а, цуьнан гӀуллакхашка хьаьжжина, цунна доггӀург дӀалохьа, хӀунда аьлча Хьуна цхьанна девза адамийн дегнаш. 31 Дехьа иза массо а адам Хьох кхерийтархьама а, Хьан некъашкахула лелийтархьама а, Ахьа тхан дайшна деллачу кху лаьттахь тхо мел деха.
32 Исраилхой а боцуш, кхин къомах долу адамаш а догӀур ду Хьан цӀеран дуьхьа. ХӀунда аьлча царна а хезар ду Хьан сийлаллин-езачу цӀарах лаьцна а, Хьан нуьцкъалаллех лаьцна а, Хьан схьакховдийначу куьйгах лаьцна а. Уьш а богӀур бу, кху Хьан цӀенна тӀе а бирзина, доӀанаш дан. 33 ТӀаккха, доьху Хьоьга, Хьо Ӏаш волчу стигалшкахь церан доӀанаш дӀа а хазий, дехьа цара а Хьайга мел дехнарг, лаьттахь мел долчу къаьмнашна а Хьайн цӀе йовзийтархьама а, уьш Хьайх кхерийтархьама а, Хьан Исраилан халкъ санна. ТӀаккха массо а меттигашкара дерриг а халкъашна а хуур ду, ас дӀахӀоттийна хӀара цӀа Ахь-Айхьа даздина хилар.
34 Наггахь Ахьа Хьайн халкъе омра дийр ду, даха а гӀой, шайн мостагӀех лата аьлла. Масала, хӀокху Ахьа хаьржинчу гӀаланехьа а, Хьан цӀе язъян лерина дӀахӀоттийначу цӀенна тӀе а бирзина, цара Хьоьга доӀанаш дахь, 35 доьху Хьоьга, дӀахазахьа стигалшкахь церан доӀанаш а, церан дехарш а, бакъ а бехьа уьш.
36 Нагахь Хьан халкъо Хьуна хьалха къинош летадахь (ткъа къа ца латош адам дан а дац), тӀаккха Ахьа, масала, царна оьгӀаз а вахана, уьш мостагӀашка эшабойтур бу. Ткъа мостагӀаша, царна йийсар а дина, генарчу я юххерчу хийрачу махка дӀабига мега уьш. 37 Масала, оцу шаьш йийсаре бигначу мехкашкахь Хьан халкъо, ша летийначу къиношна дохко а даьлла, Хьоьга доӀанаш дийр ду. Цу халкъо ала тарло: „Оха къа латийна, тхо нийса дацара, тхо бехке ду“. 38 Ткъа нагахь шаьш йийсаре дигначу оцу мостагӀийн махкахь, уьш шайн цӀеначу даггара Хьуна тӀе а бирзина, Ахьа шайн дайшна деллачу лаьттехьа а, Айхьа хаьржинчу гӀалехьа а, Хьан цӀе язъян ас дӀахӀотийначу Хьан цӀенна а тӀе а бирзина, цара доӀанаш дахь, 39 ас доьху Хьоьга, Хьо Ӏаш волчу стигалшкахь, церан доӀанаш дӀа а хазий, бакъбехьа уьш. Хьан халкъо Хьуна хьалха летийначу къиношна гечдехьа.
40 Сан Дела! Хьан бӀаьргаш а хуьлийла дӀабиллина, Хьан лергаш а хуьлийла сема кху меттехь дечу доӀанашна. 41- 6:41, 42 Забур 131:8-10. Ткъа хӀинца, Веза Дела, Хьо Ӏийр волчу метте дӀахӀоттахьа – Хьо а, Хьан нуьцкъалаллин тӀорказ а. Хьан динан дай кӀелхьарбахар, духар санна, тӀедуьйхина хуьлийла. Хьан долахь берш Хьан диканах баккхийбеш хуьлийла. 42 Веза Дела! Хьайн юьхь Айхьа къобалвинчунна тӀера дӀа ма ерзаехьа. Дагадаийтахьа Хьайн лай волчу Даудана Ахьа Хьайн безам кховдийна хилар».
7Везачу Элана лерина дина ЦӀа
1- 7:1 Ӏамалъяр 9:23, 24. Сулим-паччахь доӀа дина ваьлча, стигалара цӀе йоьссира, сагӀин кхерча тӀера дагош долу сагӀанаш а, кхидолу сагӀанаш а Дала тӀеийцира. Ткъа Везачу Элан ЦӀа Цуьнан сийлаллин нуьро дуьзира. 2 Везачу Элан ЦӀа Цуьнан сийлаллин нуьро дузарна, динан дай Везачу Элан ЦӀа чу ца бахалора. 3- 7:3 Арадаккхар 16:34; 2 Шерашкахь 5:13; Ӏезар 3:11; Забур 100:5; 106:1; 107:1; 118:1; 136:1; Ярми-ЯхӀу 33:11; 1 Шерашкахь 16:34; Забур 99:5; 105:1; 106:1; 117:1; 135:1. И охьайоьссина цӀе а, цу Везачу Элан ЦӀенна тӀе доьссина долу Цуьнан сийлаллин нур а шайна гича, майданахь болу берриг а исраилхой бертал ийгира. Везачу Элана хастамаш бира цара, Иза дика волу дела а, Цуьнан безам цкъа а хедар боцу дела а. 4 Ткъа паччахьо а, дерриге халкъо а Везачу Элана сагӀа даьккхира. 5 Сулим-паччахьо ткъе ши эзар сту а, бӀе ткъа эзар уьстагӀ а беара сагӀина. Иштта Сулим-паччахьо а, дерриге халкъо а Делан цӀа даздира. 6 Динан дай бара шайн декхарш кхочушдеш лаьтташ. Дауд-паччахьо кечбайтинчу зурманийн гӀирсашца лаьтташ бара левихой. «Везачу Элан безам цкъа а хедар бац» а бохуш, Везачу Элана хастамаш мосазза бо, Дауд-паччахьо и зурманийн гӀирсаш лелабойтура. Левихошна дуьхьал а лаьтташ, динан дайша коьман маӀаш лоькхура. Исраил-мехкан дерриге а халкъ лаьтташ дара цигахь. 7 Везачу Элан цӀийнан кертара юккъехь йолу меттиг Далла хьалха сийлаллица язйира Сулим-паччахьо, цигахь дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанаш дохура, бертан сагӀанийн дийнатийн мохь а ягайора. ХӀунда аьлча Везачу Элан цӀенна хьалхахь лаьтташ болчу сагӀа доккхучу йоьзачу кхерчана тӀе дерриг а и сагӀанаш ца тарлора.
8 Цу хенахь ворхӀ дийнахь Сулим-паччахьо а, дерриг а Исраилан халкъо а даздира и деза де. Берриг а исраилхой гулбеллера цигахь, Хьамат-Ӏинера дуьйна Мисар-мехкан дозанехь долу хина тӀекхаччалц. 9 ВорхӀ дийнахь Везачу Элана сагӀа доккху кхерч а базбира, кхин а ворхӀ дийнахь четаршна чохь Ӏаш долу денош а даздира, ткъа цул тӀаьхьа тӀедеанчу дийнахь цу денойн даздаран тӀаьхье йира. 10 ТӀаккха ворхӀалгӀачу беттан ткъе кхоалгӀачу дийнахь паччахьо халкъ шайн цӀа дӀадахийтира. Халкъан дегнаш хазахетта а, самукъадаьлла а дара, Даудана а, Сулимна а, Шен Исраил-мехкан халкъана а Везачу Эло динчу диканна.
Веза Эла Сулим-паччахьна кхин цкъа а дуьхьалхӀоттар
(Сулим 9:1-9)
11 Иштта дина чекхдаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан ЦӀа а, паччахьан цӀа а. Везачу Элан ЦӀенна тӀехь а, шен цӀенна тӀехь а ша дан дагалаьцнарг дерриге а хила ма-дезза кхочушдира Сулим-паччахьо. 12 ТӀаккха буса Сулим-паччахьна дуьхьал хӀоьттира Веза Эла. Цо элира: «Суна хьан доӀа хезира. ХӀинца Аса Сайна къастайо хӀара меттиг, хӀокхунах сагӀа доккху цӀа хилийтархьама. 13 Нагахь Аса, стигал дӀа а къевлина, догӀа ца даийтича а, я цӀоз тӀе а хецна, цуьнга латта даийтича а, я адам хӀаллак а деш, цамгар яржийча а, 14 Сан долахь долу халкъ Суна муьтӀахь хилла, доӀанаш деш, Соьгахьа дерзахь, шайн харц некъаш тӀера дӀа а далахь, тӀаккха стигалахь хезар ду Суна Сайн халкъан аз, цуьнан къиношна геч а дийр ду Ас, цуьнан латта а тодийр ду Ас. 15 ХӀинца дуьйна Сан бӀаьргаш а дӀадиллина хир ду, Сан лергаш а сема хир ду кху меттехь дечу доӀанашна. 16 ХӀинца дуьйна Ас даздина хӀара ЦӀа, Сайн цӀе цу чохь абаденна язъяйта лаьа Суна. Сан бӀаьргаш а, Сан дог а цу чохь хир ду массо а заманахь. 17 Нагахь хьо, хьайн да Дауд-паччахь ма-леллара, Суна хьалха лелахь, Аса хьайна тӀедиллинарг ахь кхочушдахь, Сан хьехамаш а, бакъонаш а ларъеш хьо лелахь, 18- 7:18 Шамъал 2:4; Сулим 2:4. Ас чӀагӀдийр ду хьан паччахьалла, Айса хьан дега, Дауд-паччахье, чӀагӀо еш ма-аллара: „Хьан тӀаьхьенах хир волчу цхьаццаммо даим паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тӀехь“. 19 Нагахь Аса шайна делла долу Сан весеташна а, Сан хьехамашна а тӀера дӀа а девлла, уьш дитина, аша кхечу деланашна гӀуллакх деш, царна корта беттахь, 20 тӀаккха Айса деллачу Сайн лаьтта тӀера Исраилан халкъ орамашца дӀадоккхур ду Ас. Ткъа хӀара Сайн цӀе язъян Айса къобалдина ЦӀа Сайна дуьхьалара дӀадоккхур ду. ТӀаккха дерриге а халкъашна хьалхахь кицанаш а далош, беламаш а беш, цӀе йохуьйтур ю Ас хӀокху Сайн цӀийнан.
21 Ткъа оцу дезачу цӀийнах лаьцна, иза сийлахь делахь а, чекх мел волучо инзарваларца хаттар дийр ду: „И хӀунда дина те Везачу Эло оцу махкана а, оцу Шен цӀенна а?“
22 Юха, царна жоп луш, наха эр ду: „Мисар-махкара шаьш арабаьхна волу Веза Эла, шайн дайн Дела, дӀа а тесна, уьш кхечу деланашна тӀаьхьа а бевлла, царна Ӏамал а еш, Ӏибадат дан буьйлабаларна дина царна иза. Цундела Везачу Эло баийтина царна тӀе и берриг бохам“».
8Сулиман сийлахь гӀуллакхаш
(Сулим 9:10-28)
1 Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀа а, шен паччахьан цӀа а дечу юкъана ткъа шо дӀаделира. 2 Цул тӀаьхьа шена Хьирама елла гӀаланаш а юхаметтахӀиттийра цо. Царна чохь исраилхой баха охьаховшийра Сулима. 3 ТӀаккха, Хьамат-Цоба а вахана, иза дӀалецира цо. 4 Иштта яьссачу аренгахь йолу Тадмар-гӀала а, тӀаьхьалонна кечдина сурсаташ чохь латто гӀаланаш а дӀахӀиттийра Сулима Хьамат-махкахь. 5 Лакхара Байт-Хьорон, Лахара Байт-Хьорон цӀе йолу чӀагӀйина гӀаланаш дӀахӀиттийра Сулима, гонах пенаш а, дӀакъовлуш долу кевнаш а деш. 6 Иштта, юхаметтахӀоттийра цо БаӀалт-гӀала а, шен долахь йолу тӀаьхьалонна кечдина сурсаташ чохь латтош йолу ерриг гӀаланаш а, говраш южу гӀудалкхаш латтош йолу гӀаланаш а, дошлойн говраш чохь латтош йолу гӀаланаш а. Ерриг Ярушалайм-гӀалахь а, Ливанун-махкахь а, шен долахь мел долчу лаьтта тӀехь шена ян лиъна йолу массо а хӀума йина дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо. 7 Исраилан халкъ доцург, кхин адамаш а дара цигахь. Уьш дара хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а, 8 тӀаьхьенех дисина адамаш, исраилхоша хӀаллак ца деш дитина долу. Царах Сулим-паччахьо белхаш беш болу леш бинера. Уьш тахханалц леш бу. 9 Ткъа исраилхойх Сулим-паччахьо леш ца бора, цаьрга шен белхаш байтархьама. Уьш я паччахьан тӀемалой, я тӀеман хьаькамаш, я тӀеман коьрта хьаькамаш, я гӀудалкхийн а, дошлойн а эскарш карахь долуш болу баьччанаш бара. 10 Сулим-паччахьна белхаш беш болчарна тӀехь урхалла дан дӀахӀоттийна ши бӀе шовзткъе итт стаг хилла.
11 Ткъа пирӀунан йоӀ, Даудан гӀалара дӀа а яьккхина, цунна ша динчу цӀа чу яьккхира Сулима. ХӀунда аьлча Сулима бохура: «Исраилхойн паччахьан Даудан цӀа чохь сан зудчун соьца Ӏан йиш яц, Везачу Элан тӀорказ чу диллина мел хилла йолу меттиг язйина йолу дела».
12 Везачу Элан цӀенна хьалха сагӀа даккха ша дӀахӀоттийначу кхерчана тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанаш дохура Сулима. 13- 8:13 а: Лелар 28:9, 10; б: Лелар 28:11-15; в: Арадаккхар 23:14-17; 34:22, 23; Лелар 28:16–29:39; Карлабаьккхинарг 16:16. Сулима дийнаташ дагоран сагӀанаш дохура, Муса-пайхамаран хьехамаша ма-бохху, шоьтан деношна а, бутт болалуш долчу деношна а, шеран кхаа дезачу денна а: совсазчу баьпкан дезачу денна а, ШавуӀот цӀе йолчу ялта чудерзоран дезачу денна а, кхалорийн дезачу денна а. 14 Шен дас Дауда тӀе-ма-диллара, Сулим-паччахьо динан дай дӀахӀиттийнера шен-шен рогӀехь гӀуллакх дан. Иштта левихой а дӀахӀиттийнера цо, хастамаш барна тӀехь куьйгалла дан а, хӀора дийнан хьаште хьаьжжина, динан дайшна гӀо дан а. ХӀора кевнехь дӀахӀиттийна гӀаролхой хилла, шен-шен рожехь гӀарол деш. И весет динера Делан стаг волчу Дауда. 15 Динан дайх а, левихойх а лаьцна паччахьо тӀедиллинчу цхьанна а хӀуманна тӀехь а, хазнашна дола дарна тӀехь а дерриг а, ма-бохху, кхочушдора цара.
16 Сулим-паччахьан берриге а белхаш – Везачу Элан цӀийнан бух боьттичхьана дуьйна иза дина чекхдаллалц – кхочушхилира. Иштта дина чекхдаьккхира Везачу Элан цӀа.
17 ТӀаккха Ӏецйон-ГӀебаррий, Элаттий гӀаланашка вахара Сулим. И гӀаланаш хӀордан йистерачу эдомхойн махкахь яра. 18 Шен ялхошкахула хӀордкеманаш а, хӀордах лаьцна дерг дика хууш болу кемалелорхой а хьажийра Хьирама цига. Цара, Сулиман ялхошца цхьаьна Апар-махка а бахана, исс бӀе пунт деши а даьккхина, иза Сулим-паччахь волчу схьадеара.
9Шеба-махкара зуда-паччахь
(Сулим 10:1-13)
1- 9:1-9 Маттай 12:42; Лака 11:31. Шеба-махкарчу зуда-паччахьна а хезира Сулим-паччахьан цӀе яхар. Иза Сулим волчу Ярушалайме еара, халчу хаттаршца и зерхьама. И зуда-паччахь еара, шеца йоккха эмкалийн ковра а ялош. Цу эмкалшна тӀехь доьттина деана хаза хьожа йогӀучу бецех даьккхина хьакхарш а, дукха деши а, деза тӀулгаш а дара. Сулим-паччахь волчу а еана, шен дагахь мел долчух лаьцна къамел дира Шеба-махкара еанчу паччахьо. 2 Ткъа Сулим-паччахьо цо деллачу массо а хаттаршна жоп делира, цхьа а хаттар ца дисира, цуьнга жоп ца далалуш. 3 Шеба-махкара еанчу паччахьна гира Сулиман хьекъалалла а, цо дина паччахьан цӀа а. 4 Иштта цунна гира кхузахь боу кхача а, паччахьан уллоранаш Ӏаш йолу хӀусамаш а, ялхой оьзда хилар а, церан духар а, чагӀардуттургаш а, церан духар а, Везачу Элан цӀийнан кертахь Сулим-паччахьо дохуш долу дийнаташ дагоран сагӀанаш а. И дерриг а шена гича, иза чӀогӀа инзаръяьллера.
5 Цо элира Сулим-паччахье: «Сайн махкахь суна хезнера хьан гӀуллакхех лаьцна а, хьан хьекъалаллех лаьцна а. Иза бакъ хилла. 6 Амма цара дийцинчух со тешар яцара, со ян а еана, сайн бӀаьргашна иза галлалц. ХӀаъ, хьан хьекъалаллин ах дакъа а соьга дийцина ца хилла. Хьан хьекъалалла суна хезначул дуккха а сов ду. 7 Мел ирс долуш хила деза хьан адамаш! Ма ирс долуш хила беза хьан ялхой, хӀора денна хьуна гӀуллакх деш, хьан хьекъале къамел хезаш болу! 8 Декъала хуьлда хьан Веза Дела, хьуна реза а хилла, хьо Шен паччахьан гӀанта тӀе, Шен цӀарах паччахьалла дайтархьама, охьахаийна волу! Исраилан халкъе Шен болчу безамна а, и халкъ гуттаренна а чӀагӀдархьама а, Везачу Эло хьо паччахь хӀоттийна, цу халкъана тӀехь хьоьга кхел яйтархьама а, нийсо лелаяйтархьама а».
9 Сулим-паччахьна ши бӀе шовзткъа пунт деши а, хаза хьожа йогӀучу бецийн дуккха а хьакхарш а, деза тӀулгаш а делира цо. Шеба-мехкан паччахьо Сулим-паччахьна елла йолу хаза хьожа йогӀу хӀуманаш саннарш цул хьалха цкъа а ца хиллера.
10 Апар-махкара деши деанчу Хьираман а, Сулиман а ялхоша цӀен дечиг а, деза тӀулгаш а деанера. 11 Оцу цӀечу дечигах Везачу Элан цӀенна а, паччахьан цӀенна а тӀейоьду тӀегӀанаш йира. Иштта зурманчашна оьшу мерз-пондарш а, дечиг-пондарш а дайтира паччахьо оцу дечигах. ЯхӀуд-махкахь хӀетталц цкъа а деана а, я гина дацара и санна долу дечиг.
12 Сулим-паччахьо а елира Шеба-махкарчу зуда-паччахьна цунна еззнарг а, цо еххнарг а. Цо еанчул дуккха а сов елира цунна Сулим-паччахьо. Цул тӀаьхьа зуда-паччахь ялхошца шен махка юхайирзира.
Сулим-паччахьан хьал
(Сулим 10:14-25)
13 Сулим-паччахьна хӀора шарахь цхьа эзар кхо бӀе ткъе шийтта пунт деши дахьара. 14 Цул сов йохкаэцар лелош болчара а, совдегарша а цунна деши дала дезара. Иштта берриг а Ӏаьрби-махкарчу паччахьаша а, цуьнан шен мехкадайша а деши а, дети а дахьара Сулим-паччахьна. 15 ТӀаккха туьйсинчу деших дина ши бӀе доккха турс а дайтира Сулим-паччахьо. ХӀора турсана ялх бӀе шекхал+ 9:15 *Шекхал *– цхьа шекхал итт грамм барамехь ду.* туьйсина деши дахнера. 16 Иштта кхин а кхо бӀе кегий турсаш дайтира цо, хӀора турсана кхо бӀе шекхал туьйсина деши а дуьллуш. Туьйсина деших дина и турсаш «Ливанун-мехкан хьун» олучу цӀенош чу дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо.
17 Пийлан кӀомсарех доккха паччахьан гӀант дайтира паччахьо, цунна тӀе а цӀена деши диллира. 18 Оцу гӀантана тӀеваха йиллина ялх тӀегӀа яра. ГӀантаца хоьттина йина дашо когийн кӀело яра. ГӀантан шина а агӀор куьйган голахӀотторгаш яра, царна хӀоранна а уллохь дина лоьман суьрташ дара. 19 Кхин а шийтта лоьман сурт дара, оцу ялх тӀегӀанна шинна а агӀор цхьацца лаьтташ. Оцу тайпана долу паччахьан гӀант хӀетталц цхьанна а пачхьалкхехь дина дацара.
20 Сулим-паччахьан хьеший тӀеоьцуш лелош йолу пхьегӀаш дашо яра. «Ливанун-мехкан хьун» цӀе йолчу цӀенош чохь лаьтташ йолу кхийолу хӀуманаш а ерриг а цӀеначу деших йина яра. Детих йина хӀумма а яцара, хӀунда аьлча Сулим-паччахь волчу заманахь детин мах чӀогӀа лахара бара. 21 Кхечу мехкашца йохкаэцаран гӀуллакхна вовшахтоьхна хӀордана тӀехула лелаш хинкеманаш дара Сулим-паччахьан. Хьирам-паччахьан хӀордахоша леладора и кеманаш. ХӀора кхаа шарахь цкъа хӀордкеманаш, деши, дети, пийлан кӀомсарш, маймалш, тӀаус-олхазарш а дахьаш, юхадоьрзура.
22 Дуьненна чуьра массо а паччахьийн чул а инзаре дукха хьал а, хьекъалалла а долуш вара Сулим-паччахь. 23 Дуьненна чуьра массо а паччахьашна лаьара Сулим-паччахь ган, Дала цунна делла долу инзаре хьекъалалла шайна хазийтархьама. 24 ХӀора шарахь дукха адам догӀура, Сулим гархьама. Шаьш догӀуш царах хӀораммо а совгӀаташ дахьара: детих, деших йина хӀуманаш, тӀеюху бедарш, герз, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш, говраш, бӀарзанаш.
25- 9:25 Сулим 4:26. Йиъ эзар+ 9:25а *Грекийн гочдар тӀехь: *Йиъ эзар. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *шовзткъа эзар.* гӀудалкх южу дойн керт а, шийтта эзар дин+ 9:25б *Шийтта эзар дин *– я иштта: *шийтта эзар дошло.* а бара Сулим-паччахьан. Паччахь Ӏаш волчу Ярушалаймехь а, гӀудалкхаш дӀахӀитточу гӀаланашкахь а дӀатарйинера уьш. 26- 9:26 Доладалар 15:18; Сулим 4:21. Эпрат-хин тӀера дӀадоладелла пӀелаштамхойн махкана тӀекхаччалц а, Мисар-мехкан дозане кхаччалц а йолчу меттигашкарчу массо а паччахьна тӀехь олалла дора Сулим-паччахьо. 27 Детин барам тӀулгаш долччул дукха хилла дӀахӀоттийра цо Ярушалайм-гӀалахь. Лаьмнийн кӀажашкахь долчу диттийн барам а дезачу баганан диттийн бараме нисдина дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо. 28- 9:28 Карлабаьккхинарг 17:16. Мисар-махкара а, кхечу массо а мехкашкара а дой даладора Сулимана.
Сулим-паччахьан дӀакхалхар
(Сулим 11:41-43)
29 Сулим-паччахьо динчу хӀуманех лаьцна – дуьххьарлерачунна тӀера тӀаьххьарлерачунна тӀекхаччалц – яздина Ната-пайхамаран тептарш тӀехь а, шилунхо волчу АхьъяхӀуга Делера болчу хаамашкахь а, НабатӀан кӀантах ЯрбаӀамах лаьцна Делера дерг гуш волчу ЯӀду-пайхамарна дуьхьал хӀуьттучу суьрташкахь а. 30 Сулим-паччахьо Ярушалаймехь берриг а Исраил-махкана тӀехь шовзткъа шарахь паччахьалла дира. 31 ТӀаккха Сулим-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза шен ден Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Сулиман метта паччахь хилира цуьнан кӀант РахьбуӀам.
10Къилбаседера тайпанаш карзахдахар
(Сулим 12:1-20)
1 РахьбуӀам Шехем-гӀала дӀавахара, хӀунда аьлча берриге а исраилхой цига дӀабаханера, иза паччахь дӀахӀотторхьама. 2 Сулим-паччахьах ведда ваххарх Мисар-махкахь Ӏаш волу НабатӀан кӀант ЯрбаӀам, иза дӀахезча, цигара цӀа вирзира. 3 Цара, ЯрбаӀамна тӀе нах а бахийтина, цуьнга шен махка юхаверзар дийхира. ТӀаккха ЯрбаӀам а, дерриге а Исраилан халкъ а РахьбуӀам волчу дӀадахча, халкъо цуьнга элира: 4 «Хьан дас тхан коча деза дукъ диллира. Цо тхоьга дайтина къиза гӀуллакхаш а, тхан коча диллина деза дукъ а ахь хӀинца дайдехьа. ТӀаккха оха хьуна хьалхара гӀуллакх дийр дара».
5 РахьбуӀама цаьрга элира: «Кхо де дӀадаьлча, юхадуьйла суна тӀе». Халкъ дӀадахара.
6 РахьбуӀам-паччахь къанойх дагавелира. Оцу къаноша цуьнан дена Сулимана хьехамчаша санна гӀуллакх дора иза дийна волчу хенахь. РахьбуӀама хаьттира цаьрга: «Аса оцу халкъе хӀун аьлча бакъахь хета шуна?» – аьлла.
7 Къаноша цуьнга жоп делира: «Нагахь санна хьо кху халкъаца дика а хилла, ахь царна там бахь, цу халкъаца ахьа эсала къамел а дахь, уьш массо а хенахь хьуна ялхой хилла лелар бу».
8 Амма шега къаноша бина хьехам РахьбуӀама дӀатеттира. Шеца кхиъна болчу а, шена гӀуллакх деш болчу а кегийрхойх дагавелира иза. 9 Цо кегийрхошка хаьттира: «Аса хӀун жоп дала деза аьлла хета шуна оцу нахе? Цара соьга боху: „Хьан дас тхан коча диллина деза дукъ дайдехьа“»
10 РахьбуӀамца цхьаьна кхиъначу кегийрхоша элира: «Хьан дас шайн коча тӀедиллина деза дукъ дайдар доьхучу оцу халкъе ахьа иштта ала: „Сан цӀазапӀелг сан ден гӀодаюкъал а стомма бу. 11 Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таӀзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таӀзар дийр ду шуна“».
12 Паччахьо шайга аьлла ма-хиллара, ЯрбаӀам а, дерриг халкъ а кхозлагӀчу дийнахь РахьбуӀамна тӀедеара. 13 Паччахьо халкъе дера жоп делира. Къаноша шена дина хьехар дӀа а теттина, 14 кегийрхоша шена динчу хьехаре хьаьжжина, РахьбуӀама халкъе элира: «Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таӀзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таӀзар дийр ду шуна». 15 Иштта паччахьо ла ца дуьйгӀира халкъо шега бохучуьнга, хӀунда аьлча иза Дала нисдинера, Ша НабатӀан кӀанте ЯрбаӀаме шилунхо волчу АхьъяхӀугахула аьлларг кхочушхилийтархьама.
16- 10:16 Дауд 20:1. Массо а исраилхоша, паччахьо шайга ла ца догӀар шайна гича, паччахье элира:
«Вай Даудан цӀийнах схьадевлла ма дац!
Юшайн кӀентан цӀийнаца доьзна ма дац вай!
Цундела шайн-шайн цӀа дерза шу, исраилхой.
Даудан кӀанта ша дойла шен цӀентӀехь олалла!»
Иштта исраилхой шайн-шайн цӀа дӀасабахара. 17 Ткъа РахьбуӀама ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь Ӏаш болчу исраилхошна тӀехь паччахьалла дира.
18 Цо белхалошна тӀехь хьаькам волу Адунурам вахийтира халкъана тӀе, амма исраилхоша иза, тӀе тӀулгаш а кхиссина, вийра. Ткъа паччахь волу РахьбуӀам сихха гӀудалкха чу хиира, Ярушалайме дӀавадархьама. 19 Иштта тахханалц а Даудан цӀенна дуьхьалбевлла Ӏаш бу исраилхой.
11ШамӀа-ЯхӀу-пайхамаро бина хаам
(Сулим 12:21-24)
1 РахьбуӀама, Ярушалайме схьа а веана, ЯхӀудан а, Бен-Яманан а цӀийнах волу цхьа бӀе везткъа эзар тоьлла тӀемало схьагулвира. Исраилан цӀийнах болчаьрца тӀом а бина, РахьбуӀаме паччахьалла юхадерзорхьама дира цо иза. 2 ШамӀа-ЯхӀу цӀе йолчу Делан стаге Везачу Эло элира: 3 «Сулиман кӀант волчу яхӀудхойн паччахье а, ЯхӀуд-махкахь а, Бен-Яман-махкахь а Ӏаш болчу массо исраилхошка а дӀаала: 4 „Иштта боху Везачу Эло: ‘Шайн вежарий болчу исраилхошца тӀом бан ма гӀолаш. ХӀорра а шен-шен цӀа юхаверза, хӀунда аьлча и хилларг дерриг а Соьгара дара’“» Везачу Эло бохучуьнга ла а доьгӀна, ЯрбаӀамца тӀом бан баханчуьра уьш юхабирзира.
РахьбуӀама шен гӀаланаш чӀагӀйо
5 РахьбуӀам Ярушалаймехь вехаш вара. ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашна чӀагӀонаш яйтира цо. 6 Иштта Байтлахам а, ӀайтӀам а, ТакхоӀ а, 7 Байт-Цур а, Соха а, Ӏадулам а, 8 Гати а, Мареша а, Зип а, 9 Адорайм а, Лахиш а, Ӏазекхи а, 10 ЦорӀа а, Айлон а, Хьеврон а гӀаланаш чӀагӀйира РахьбуӀама. ЯхӀуд-махкахь а, Бен-Яман-махкахь а уьш чӀагӀйина гӀаланаш яра. 11 Церан лардаран таронаш чӀагӀ а йина, царна тӀехь хьаькамаш а хӀиттийна, кхача, даьтта, чагӀар чохь латто гӀишлош нисйира РахьбуӀама. 12 ХӀора гӀалина турсаш а, гоьмукъаш а делла, кхачам боллуш чӀагӀйира цо и гӀаланаш. РахьбуӀаман карахь дара ЯхӀудан а, Бен-Яманан а тайпанаш.
Динан дай а, левихой а Исраил-махкара ЯхӀуд-махка дӀабахар
13 Исраил-махкахь массо а маьӀӀехь мел волу динан да а, левихо а РахьбуӀам волчу схьагулвелира. 14 Шайн дежийлаш а, долахь мел дерг а дитина, ЯхӀуд-махка а, Ярушалайме а схьабаьхкира уьш, хӀунда аьлча ЯрбаӀама а, цуьнан кӀенташа а Везачу Элана гӀуллакх деш болчуьра дӀабаьхнера уьш. 15- 11:15 Сулим 12:31. СагӀа доккхучу гунаш тӀехь гӀуллакх дан а, гезарийн а, эсийн а куьцехь ша байтинчу цӀушна Ӏамал ян а шен динан дай къобалбинера ЯрбаӀама. 16 Левихой баьхкинчул тӀаьхьа, Исраилан халкъан Веза Дела лаха шайн дегнаш тӀедерзийна болу Исраилан хӀора тайпанах болу нах Ярушалайме богӀура, шайн дайн Дела волчу Везачу Элана сагӀа даккхархьама. 17 ЯхӀудан пачхьалкх чӀагӀ а еш, Сулиман кӀант волчу ЯрбаӀамехьа а болуш, Ӏийра уьш кхаа шарахь. ХӀунда аьлча оцу кхаа шарахь Даудан а, Сулиман а некъахула лелаш бара уьш.
РахьбуӀаман доьзал
18 Шен да Даудан кӀант Еримати волу а, нана Юшайн кӀентан Элиабан йоӀ Абу-ХӀаил йолу а Махьалат шена ялийра РахьбуӀам-паччахьо. 19 Махьалата РахьбуӀамна кӀентий бира: ЕӀуш, Шамар-ЯхӀу, ЗахӀим. 20 Махьалатал тӀаьхьа Абушаламан йоӀ МаӀха ялийра шена РахьбуӀама. Аби-ЯхӀу, Атай, Зиза, Шалумати цӀераш йолу кӀентий бира МаӀхас РахьбуӀамна. 21 МаӀха шен массо а зудчул а, гӀарбаш-зударел а дукхаезара РахьбуӀамна. Цуьнан берхӀитта зуда а, кхузткъа гӀарбаш-зуда а яра. Оцу зударша ткъе бархӀ кӀант а, кхузткъа йоӀ а йинера цунна. 22 Вежаршна юкъахь коьрта эла вина, дӀахӀоттийнера РахьбуӀама МаӀхин кӀант Аби-ЯхӀу, хӀунда аьлча иза шел тӀаьхьа паччахь хӀотто дагахь вара РахьбуӀам. 23 Хьекъале а лелаш, берриге а ЯхӀудан а, Бен-Яманан а мехкашкахула ша чӀагӀйинчу гӀаланашкахула дӀасахьажийра цо шен кӀентех цхьаберш. Царна, дуккха а хьал делла, алссам зударий балийра цо.
12Мисархой ЯхӀуд-махка чугӀортар
(Сулим 14:25-28)
1 Шен паччахьалла дӀа а хӀоттийна, ша чӀагӀвелча, РахьбуӀама а, цуьнца цхьаьна берриге а исраилхоша а Везачу Элан товрат-хьехам дӀатесира. 2 РахьбуӀама паччахьалла до пхоьалгӀа шо долуш, исраилхой Шех дӀабирзина Дела, Мисар-мехкан паччахь волу Шушакх Ярушалаймана тӀелатийтира Везачу Эло. 3 Цхьа эзар ши бӀе гӀудалкх а, кхузткъа эзар дошло а валийра Шушакха шеца. Ткъа цо Мисарара далийна эскар-м дагар а ца далора. Царна юкъахь ливахой а, сукхихой а, хушахой а бара. 4 ЯхӀуд-махкара чӀагӀйина гӀаланаш схьа а яьхна, Ярушалайме веара Шушакх.
5 ТӀаккха РахьбуӀамна а, Шушакхах бевдда Ярушалаймехь гулбеллачу яхӀудхойн куьйгалхошна а тӀе ШамӀа-ЯхӀу-пайхамар веара. Цо цаьрга элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Аша Со дӀатесира, цундела Аса шу а, дӀа а тесна, Шушакхан кара дӀало“».
6 Исраилхойн куьйгалхоша а, паччахьо а, шаьш къинош летадарна къера а хилла, элира: «Бакъ ву Веза Эла!»
7 Къа леторна уьш къера хилар Шена гича, Везачу Элан хӀара дош кхечира ШамӀа-ЯхӀуга: «Шаьш къинош летадарна уьш къера хиларна, хӀаллакбийр бац Аса уьш, кестта кӀелхьар а бохур бу. Шушакхехула кхочушйийр яц Аса Ярушалаймана Сайн йолу оьгӀазалла. 8 Амма исраилхой Шушакхан ялхой хир бу, Суна гӀуллакх дарна а, лаьттарчу паччахьашна гӀуллакх дарна а юкъахь хӀун башхо ю царна хаийтархьама».
9- 12:9 Сулим 10:16, 17; 2 Шерашкахь 9:15, 16. Ярушалаймана тӀе а летта, Везачу Элан цӀа чуьра а, паччахьан цӀа чуьра а ерриге а еза хӀума дӀаяьхьира мисархойн паччахьо Шушакха. Сулим-паччахьо дайтина дашо турсаш а цхьаьна, дерриг хӀума а дӀадаьхьнера. 10 Церан метта РахьбуӀам-паччахьо цӀестан турсаш дайтира. Уьш паччахьан цӀийнан ков лардечу гӀаролхойн хьаькамийн караделира. 11 Паччахь хӀоразза а Везачу Элан цӀа чу волуш, гӀаролхой, и турсаш схьа а оьций, цуьнца богӀура. Цул тӀаьхьа гӀаролхойн цӀа чу шен метте охьадохкура цара уьш. 12 РахьбуӀам къера хиларна, Везачу Элан оьгӀазло цунна тӀера дӀа а елира, Дала иза кхоччуш дакъаза а ца ваьккхира. Ткъа ЯхӀуд-махкахь дика гӀуллакхаш хуьлура.
РахьбуӀама паччахьалла динчу хенан жамӀ хӀоттор
13 Иштта, Ярушалаймехь, чӀагӀвелла дӀа а хӀоьттина, паччахьалла дира РахьбуӀама. Иза паччахь дӀахӀуттучу хенахь, цуьнан шовзткъе цхьа шо дара. Везачу Эло Шен цӀе цигахь хилийтархьама, Исраилан массо а тайпанех Везачу Эло схьакъастийначу Ярушалайм-гӀалахь вуьрхӀитта шарахь паччахьалла дира РахьбуӀама. Цуьнан ненан цӀе яра НаӀмат. Иза Ӏамминхо яра. 14 Шен дог Веза Эла лахарна тӀе ца дерзийна дела, зуламе дерг дора РахьбуӀама.
15 РахьбуӀам-паччахьо динчу хӀуманех лаьцна, дуьххьарлерчунна тӀера тӀаьххьарлерчунна тӀекхаччалц, яздина ду ШамӀа-ЯхӀу-пайхамаран а, Делера дерг гуш волчу Ӏиду-пайхамаран а тептарш тӀехь, доьзалийн схьадаларх лаьцна долчу декъа тӀехь. РахьбуӀамна а, ЯрбаӀамна а юкъахь, уьш дийна мел бу, тӀом лаьттира. 16 РахьбуӀам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. РахьбуӀаман метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Аби-ЯхӀу.
13Аби-ЯхӀуна а, ЯрбаӀамна а юкъахь хилла тӀом
(Сулим 15:1-8)
1 ЯрбаӀама исраилхошна тӀехь паччахьалла деш долу берхӀитталгӀа шо долуш, Аби-ЯхӀу яхӀудхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира. 2 Ярушалаймехь кхаа шарахь паччахьалла дира цо. Аби-ЯхӀун ненан цӀе МаӀха яра. Иза гебаӀхо волчу Уриалан йоӀ хилла.
Аби-ЯхӀуна а, ЯрбаӀамна а юкъахь тӀом бара. 3 Аби-ЯхӀус шен эскар тӀаме арадаьккхира. Цу эскарехь виъ бӀе эзар майра тӀемало вара. Ткъа ЯрбаӀам, шеца бархӀ бӀе эзар майра тӀемало а валош, тӀамца цунна дуьхьалвелира.
4 Эпрайм-лаьмнашкарчу ЦӀемарайм олучу цхьана гу тӀе а ваьлла, Аби-ЯхӀус бохура: «ЯрбаӀам а, массо а исраилхо а, ладогӀийша соьга! 5 Шуна хууш дац ткъа, Исраилан Дела волчу Везачу Эло Даудана а, цуьнан тӀаьхьенах болчарна а Исраилна тӀехь паччахьалла дар гуттаренна а делла дуйла, туьхана тӀехь чӀагӀбина болу барт барца? 6 Амма Даудан кӀентан Сулиман ялхо волчу НабатӀан кӀант ЯрбаӀам, карзах а ваьлла, шен олахочунна дуьхьалваьлла. 7 Эхь доцу, баьсса нах ЯрбаӀамна гонах а бевлла, Сулиман кӀантана РахьбуӀамна дуьхьал а бевлла, чӀагӀбелира. Ткъа къона а, дагна кӀеда а волу РахьбуӀам царна дуьхьал ца латтавелира. 8 ХӀинца шаьш вуно дукха долу дела а, ЯрбаӀама шун деланаш бина долу дашо эсий шайца долу дела а, Даудан тӀаьхьенах болчеран карахь йолчу Везачу Элан пачхьалкхана дуьхьал шаьш латталур ду моьттуш хир ду шу? 9 Ткъа аша лелхийна бац левихой а, АхӀаронан тӀаьхьенах болу Везачу Элан динан дай а, шайна юкъара динан дай дӀа а хӀиттийна, кхечу мехкашкарчу къаьмнаша уьш шайна юкъара дӀахӀиттош ма-хиллара? Ша къобалвайта эса а, ворхӀ ка а бахьаш веана волу милла а, харцделанийн динан да а вой, дӀахӀоттаво аша.
10 Ткъа тхох лаьцна аьлча – Веза Эла ву тхан Дела. Оха Иза дӀа а ца тесира. Везачу Элана лерина гӀуллакхаш кхочушдеш болу динан дай АхӀаронан тӀаьхьенах бу, ткъа левихоша царна гӀо до церан балха тӀехь. 11 Цара хӀора Ӏуьйранна а, суьйранна а дийнаташ дагоран сагӀа а доккху, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайо, Далла гергахь цӀанйинчу стоьла тӀе моггӀара бепиг охьа а дуьллу, хӀора суьйранна дашочу стогарна чуьра къуьданаш а латабо. Цу тайпана вайн Везачу Дала тӀедиллинарг оха кхочушдо, ткъа аша Иза дӀатесна. 12 Хьажал шайна, Дела Ша ву тхан куьйгалхо, ткъа Цуьнан динан дай кийчча лаьтташ бу, шайн турбанашца орца даккхар хазийта, шуна дуьхьал тӀом бархьама. Исраилхой! Шайн дайн Дела волчу Везачу Элаца тӀом ма белаш, хӀунда аьлча цу тӀехь шун толам хир бац».
13 Амма и бохучу хенахь ЯрбаӀама шен тӀемалой бахийтинера тӀехьахула яхӀудхошна кӀело ян. Иштта, ша яхӀудхошна хьалха а хуьлуш, ткъа кӀело ян бахийтинарш царна тӀехьа а хуьлуш, нисвелира ЯрбаӀам. 14 ЯхӀудхой юхахьаьжира – царна хьалха а, тӀехьа а дӀабоьдуш тӀом бара. Уьш Везачу Эле кхайкхира, ткъа динан дайша турбанаш лекхира. 15 ЯхӀудхоша тӀеман цӀогӀа туьйхира. Цара цӀогӀа тоьхча, Аби-ЯхӀуна а, яхӀудхошна а хьалха ЯрбаӀам а, берриге исраилхой а Дала эшийна дӀабехира. 16 Исраилхой яхӀудхойх дӀабевдира. Дала уьш яхӀудхойн карабахийтира. 17 Аби-ЯхӀус а, цуьнан эскаро а боккха эшам бира исраилхошна – царах тоьлла волу пхи бӀе эзар тӀемало велира. 18 Иштта цу дийнахь исраилхой сийсазбинера, ткъа яхӀудхошка толам баккхийтинера, уьш шайн дайн Дела волчу Везачу Элах тешна лелаш хилла болу дела.
19 ЯрбаӀамна тӀаьхьа а ваьлла, цхьайолу цуьнан гӀаланаш схьаехира Аби-ЯхӀус: Бетал-гӀала а, цуьнца йоьзна ярташ а, Ишана-гӀала а, цуьнца йоьзна ярташ а, Ӏепрайн-гӀала а, цуьнца йоьзна ярташ а. 20 Аби-ЯхӀу дийна волчу ханна кхин чӀагӀ ца делира ЯрбаӀаман олалла. Везачу Эло вожийна, иза велира.
21 Ткъа Аби-ЯхӀун паччахьалла чӀагӀделира. Цо шена ейтта зуда ялийра. Цуьнан ткъе шиъ кӀант, ялхитта йоӀ хилира. 22 Аби-ЯхӀун кхидолчу хӀуманех лаьцна – цо мел лелийначух а, цо мел аьллачух а лаьцна – яздина ду Ӏиду-пайхамаран хьехамечу тептар тӀехь.
14Аса-паччахьо хушахой эшабар
1 Аби-ЯхӀу, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Аби-ЯхӀун метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Аса. Цо паччахьалла динчу заманчохь махкахь итт шарахь машар лаьттира. 2 Аса-паччахьо шен Везачу Далла дика а, нийса а хеташ долу гӀуллакхаш дора. 3 Хийрачу деланашна сагӀа доккху меттигаш а, царна Ӏибадат дан билгалдаьхна гунаш а дӀадехира Асас. Иштта харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а дохийра цо, Ашера-далла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а хедийра. 4 Шайн дайн Дела волу Веза Эла лахар а, Цуьнан товрат-хьехамаш а, весеташ а лардар а тӀедиллира Асас яхӀудхошна. 5 Иштта массо а яхӀудхойн гӀаланашкахь кхиболчу деланашна Ӏибадат дан билгалдаьхна гунаш а, цӀушна хаза хьожа йогӀу хӀума яго меттигаш а дӀаехира цо. Аса паччахь волчу юкъана пачхьалкх маьрша яра. 6 ЯхӀуд-махкахь йолу гӀаланаш, чӀагӀйина, дӀахӀиттийра, мохк цу хенахь маьрша болу дела. Цу шерашкахь Асин махкахь тӀом бацара, Везачу Эло цунна маршо елла дела. 7 Асас яхӀудхошка элира: «ХӀара гӀаланаш, дӀа а хӀиттийна, царна гонах пенаш дийр ду вай, шайна тӀехь бӀаьвнаш а йолуш. Иштта кевнаш а дийр ду, царна тӀе гӀораш а дохкуш. ХӀара латта хӀинца а вайн долахь ду, хӀунда аьлча вайн Веза Дела вай лийхира. Вай Иза лехна дела, Цо вайна массо а агӀор маршо а елла». Цара гӀаланаш а дӀахӀиттайора, церан кхиамаш а хуьлура. 8 Аса-паччахьан иштта эскар дара: ЯхӀудан тайпанах карахь даккхий турсашший, гоьмукъашший долу кхо бӀе эзар тӀемало а, Бен-Яманан тайпанах карахь кегий турсаш долу а, пхерчий кхуьссуш волу а ши бӀе везткъа эзар тӀемало а. Уьш массо а майра тӀемалой бара.
9 Царна тӀамца дуьхьалвелира хушахо волу Зерахь. Цуьнан эзарнашкахь-эзарнаш болу тӀемалой а, кхо бӀе гӀудалкх а яра. Иза Мареша-гӀала кхаччалц дӀавахара. 10 Аса-паччахьо, тӀамца цунна дуьхьал а ваьлла, шен эскар Мареша-гӀалина уллорачу Цепата олучу тогӀи чохь дӀахӀоттийра. 11 Иза шен Везачу Деле кхайкхира. Цо элира: «Веза Эла! Ницкъболчарна дуьхьалвалархьама гӀорасиза волчунна гӀо далуш, Хьо воцург, цхьа а вац. Тхан Веза Дела, гӀо дехьа тхуна, хӀунда аьлча Хьох тешна ма ду тхо, Хьан цӀарах хӀокху доккхачу эскарна дуьхьалдовлуш долу. Веза Эла! Хьо ву тхан Дела! Цхьа а адам ма тоьлийла Хьол».
12 Асина а, яхӀудхошна а хьалха эшийра Везачу Эло хушахой. Уьш бевдира. 13 Аса-паччахь а, цуьнца долу эскар а ГӀарар-гӀала кхаччалц царна тӀаьхьаделира. Кхин юхаметта ца хӀоттал дукха бара хушахойх хӀаллакбинарш. Везачу Элана а, Цуьнан эскарна а хьалха бохийнера уьш. ЯхӀудхоша шайна шортта хӀонс яьккхира. 14 Иштта ГӀарарна гонах йолу гӀаланаш а йохийра цара, хӀунда аьлча Везачу Элера къемат доьссинера царна тӀе. Оцу массо а гӀаланашкара хӀонс араяьккхира цара, хӀунда аьлча царна чохь дуккха а хӀума яра. 15 ЖаӀуйн четаршна тӀе а летта, шайца дуккха а жаш а, эмкалш а ялош, Ярушалайме юхабирзира уьш.
15Аса-паччахьо дина юхаметтахӀиттораш
1 Ӏудадан кӀантана Ӏазар-ЯхӀуна тӀе Делан Са доьссира. 2 Ара а ваьлла, Асина тӀе а вахана, цо элира: «Аса-паччахь, ахьа а, массо а яхӀудхоша а, бен-яманхоша а, ладогӀа соьга! Веза Эла а шуьца хуьлу, шу Цуьнца хилча. Аша И лахахь, шуна карор ву Иза. Ткъа аша Иза дӀатасахь, Цо шу а дӀатосур ду. 3 Дуккха а йолчу хенахь бакъволу Дела а, хьехарш деш волу динан да а, товрат-хьехам а боцуш бехаш бара исраилхой. 4 Ткъа шаьш гаттабелла хьаьвзича, уьш Исраилан Дела волчу Везачу Элана тӀебирзира. Иза цара, лаха а лоьхура, ткъа Цо цаьрга Ша кара а войтура. 5 Цу заманчохь некъахошна маршо яцара, хӀунда аьлча ша лаьттахь мел деха адам сингаттамехь дара. 6 Халкъаш вовшашна тӀелетара, гӀаланаш вовшашна тӀегӀертара, хӀунда аьлча Дала, массо а тайпана бохамаш тӀе а бахкийтина, адамаш гӀайгӀане хьийзара. 7 Амма шу чӀагӀ а лойла, шун куьйгаш гӀел а ма лойла, хӀунда аьлча аша динчу гӀуллакхашна ял лур ю шуна».
8 И дешнаш а, Ӏудад-пайхамарехула Дала бина хаам а шена дӀахезча+ 15:8 *Ӏебархойн тептар тӀехь: *И дешнаш а, Ӏудад-пайхамарехула Дала бина хаам а шена дӀахезча...*Цхьадолчу ширачу гочдарш тӀехь: *Пайхамар волчу Ӏудадан кӀанта Ӏазар-ЯхӀус аьлла и дешнаш а, цуьнга Дала бина хаам а шена дӀахезча...*, дог иракарахӀоьттира Асин. Цо ЯхӀудан а, Бен-Яманан а тайпанийн берриг махкара а, Эпрайм-лома тӀера ша схьаяьхначу гӀаланашкара а дегаза цӀуш дӀабехира. Везачу Элан цӀенна хьалха лаьтташ болу Цунна сагӀа доккху кхерч карлабаьккхира Асас.
9 Массо а яхӀудхой, бен-яманхой, цаьрца цхьаьна баха охьахевшина болу, Эпрайман а, Маннашан а, ШимӀин а тайпанашкара болу нах тӀегулбира цо, хӀунда аьлча Аса-паччахьан Веза Дела Асица вуйла шайна хиъча, дукхахболу исраилхой цуьнгахьа бевлира. 10 Асас паччахьалла деш долчу пхуьйтталгӀачу шеран кхоалгӀа бутт болуш, уьш Ярушалайме схьагулбелира. 11 Шаьш яьккхинчу хӀонсана юкъара ворхӀ бӀе бежана а, ворхӀ эзар уьстагӀ а Везачу Элана сагӀина беара цара цу дийнахь. 12 Шайн доггах а, дерриг синца а шайн дайн Дела волу Веза Эла лаха барт бира цара. 13 Ткъа Исраилан Веза Дела лохуш воцу муьлхха а вен веза, иза жима велахь я воккха велахь, иза стаг велахь я зуда елахь. 14 Турбанашший, маӀашший лоькхуш, чӀогӀа мохь тоьххна, Везачу Элана тешаме хиларан дуй биира цара. 15 Массо а яхӀудхой сакъераделла бара оцу дуй баарх, хӀунда аьлча цара доггах деш дара иза. Дерриг а синца Веза Эла лоьхура цара, ткъа Цо цаьрга Ша каравойтура. Церан махкана гонах, массо а агӀор, маршо латтайойтура Везачу Эло.
16 Ур-атталла шен ден нана МаӀха а паччахьан цӀе лелорах яьккхира Аса-паччахьо, цо Ашера-харцдалла лерина дегаза болу бӀогӀам дӀахӀотторна. И дегаза цӀу, хеда а вина, цеста а цистина, Кхидрун-тогӀи чохь вагийна дӀаваьккхира Аса-паччахьо. 17 Исраил-махкахь сагӀа доккху гунаш цо дӀа ца даьхнехь а, ша дийна мел волчу хенахь Везачу Элана доггах тешаме вара Аса. 18 Шен дас а, ша а Далла къобалйина йолу пхьегӀаш а, дато а, дашо а хӀуманаш а Делан цӀа чу ехкира Аса-паччахьо. 19 Асас паччахьалла деш, ткъе пхуьйтталгӀа шо тӀекхаччалц тӀом бацара.
16Асас а, Бен-Хьадида а бина барт
(Сулим 15:17-22)
1 Асас паччахьалла до ткъе ялхитталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь БаӀша ЯхӀуд-махкана тӀелетира. Цо Рама-гӀала чӀагӀйира, цхьа а Аса-паччахьан лаьтта тӀера ара а, я цу тӀе а ца валийтархьама. 2 Везачу Элан а, паччахьан а цӀенойн хазнаш чуьра дети а, деши а, схьа а эцна, Дамасакхехь Ӏаш волчу Арам-мехкан+ 16:2 *Арам-мохк *– иза хӀинцалерчу Сири-мехкан цхьа дакъа хилла.* паччахьна Бен-Хьадидана дахьийтира Аса-паччахьо. Цо Бен-Хьадиде бохура: 3 «Барт хуьлийла суна а, хьуна а юкъахь, сан дена а, хьан дена а юкъахь ма-хиллара. Аса хьуна дети а, деши а доуьйту. Ахьа хьайна а, исраилхойн паччахь волчу БаӀшина а юкъахь болу барт бохабе, иза суна тӀегӀоьртина волчуьра дӀавалийтархьама».
4 Аса-паччахьо бохучуьнга ладуьйгӀира Бен-Хьадида. Цо шен тӀеман хьаькамаш бахийтира Исраил-мехкан гӀаланашна тӀелата. Цара толам баьккхира Ӏаюн а, Дан а, Абал-Майм а гӀаланашна а, Наптал-махкарчу тӀаьхьалонна кечдина долу сурсаташ чохь латтош йолу ерриг гӀаланашна а тӀехь. 5 И дерриг а шена хезча, Рама-гӀала чӀагӀъяр саца а дина, шен болх битира БаӀша-паччахьо. 6 Ткъа Аса-паччахьо массо а яхӀудхой схьагулбира. БаӀшас Рама-гӀала чӀагӀъеш лелош болу тӀулг а, дечиг а цигара арадаьккхира. Цаьрца Бен-Яманан ГибаӀ-гӀала а, МицӀпа-гӀала а чӀагӀйира Аса-паччахьо.
Хьанани-пайхамаро бина тӀехтохамаш
7 Цу хенахь яхӀудхойн паччахьна Асина тӀе Делера дерг гуш волу Хьанани веара. Цо Асе элира: «Хьайн Везачу Далла тӀетовжар а доцуш, хьо арамхойн паччахьна тӀетевжина дела, хьан карара дӀадели арамхойн паччахьан эскар. 8 Хушахой а, ливахой а хьан болчул сов ницкъ а, вуно дукха гӀудалкхаш а, дошлой а болуш бацара ткъа? Амма хьо Везачу Элана тӀетевжаш хилла дела, Цо уьш хьан карабеллера. 9 ХӀунда аьлча Везачу Элан бӀаьргаша дерриге а латта дӀалоцу, Шех дог тешна Ӏаш болчарна гӀо дархьама. Ахьа ойла ца еш хӀума дина хӀинца. И бахьана долуш хӀинца дуьйна тӀемаш бан дезар ду хьан». 10 Асас, аьллачунна эргӀа а ваьлла, Делера дерг гуш волчунна оьгӀаз а вахана, иза набахти чу воьллира. Иштта халкъана юкъара цхьацца болчу нахана ницкъ бора цо цу хенахь.
Асин цамгар а, валар а
(Сулим 15:23, 24)
11 Аса-паччахьо динчу гӀуллакхех лаьцна, дуьххьарлерчунна тӀера тӀаьххьарчунна тӀекхаччалц, яздина ду яхӀудхойн а, исраилхойн а паччахьийн тептар тӀехь. 12 Асас паччахьалла до ткъе ткъайоьсналгӀа шо долуш, цуьнан когех цамгар кхийтира. И цамгар чӀогӀа кхетта йоллушехь, Везачу Элана тӀе а ца воьрзуш, лоьрашкара шена гӀо дар лийхира Аса-паччахьо. 13 ТӀаккха ша паччахьалла до шовзткъе цхьалгӀа шо долуш, Аса-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. 14 Даудан гӀалахь йолчу шена кечйинчу къубби чохь дӀавоьллира Аса. Хаза хьожа йогӀучу хӀуманех а, тайп-тайпана хьакхарех а буьзначу барамна тӀе диллинера цуьнан дакъа. Асина лерина вуно йоккха цӀе латийра.
17ЯхӀушапти паччахь дӀахӀоттор
1 Асин метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант ЯхӀушапти. Иза исраилхошна дуьхьал чӀагӀвелла дӀахӀоьттира. 2 ЯхӀуд-махкарчу чӀагӀйина дӀахӀоттийначу ерриге а гӀаланашкахь эскарш дӀахӀиттийра цо. Иштта ЯхӀуд-мехкан а, цуьнан дас Асас шен дола баьхна хиллачу Эпрайм-мехкан гӀаланашкахь а эскаран тобанаш дӀахӀиттийра ЯхӀушаптис. 3 Ша паччахьалла дан волавеллачу юьхьарчу хенахь шен дайх волу Дауд хьалха лелла хиллачу некъашкахула а лелаш, ЯхӀушапти БаӀалан цӀушна тӀаьхьа ца хӀоьттина дела, цуьнца Веза Эла вара. 4 ЯхӀушаптис, исраилхоша лелориг а ца лелош, шен ден Дела а лоьхура, иза Цуьнан весеташца а лелара. 5 Везачу Эло ЯхӀушаптин карахь йолу пачхьалкх чӀагӀйира. ЯхӀудхоша массара а ЯхӀушаптина совгӀаташ кхоьхьура. Цуьнан дуккха а хьал а дара, сийлалла а лакхаделира. 6 Везачу Элан некъахула лела даггара тӀевирзина вара ЯхӀушапти. ЯхӀуд-махкара сагӀа доккху гунаш а, Ашера-далла лерина болу дечиган бӀогӀамаш а дӀадехира цо.
7 Ша паччахьалла дечу кхоалгӀачу шарахь баьччанаш болу Бен-Хьайл, Ӏабди-ЯхӀу, Закри-ЯхӀу, Натунаил, Мика-ЯхӀу яхӀудхойн гӀаланашкахула халкъана хьехамаш бан бахийтира ЯхӀушаптис. 8 Цаьрца цхьаьна хӀара левихой бахийтира цо: ШамӀа-ЯхӀу, Натан-ЯхӀу, Забди-ЯхӀу, ӀасахӀал, Шамирамути, ЯхӀуната, Адан-ЯхӀу, ТӀуби-ЯхӀу, ТӀуба-Адан-ЯхӀу. Иштта динан дай болу Эли-ШамаӀ а, Йорам а вахийтира ЯхӀушаптис цаьрца. 9 Везачу Элан товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар карахь а долуш, хьоьхура цара ЯхӀуд-махкахь. ЯхӀуд-махкарчу ерриге а гӀаланашкахула чекх а буьйлуш, халкъана хьехарш дора цара.
ЯхӀушапти-паччахьан нуьцкъалалла
10 ЯхӀушаптина дуьхьал тӀом ца бечу ЯхӀуд-махкана гонахарчу пачхьалкхашна тӀехь Везачу Элан кхерам бара. 11 ПӀелаштамхошкара совгӀаташ а, йолана дети а дахьара ЯхӀушаптина. Ӏаьрбихоша жа даладора цунна: ворхӀ эзар ворхӀ бӀе уьстагӀ а, ворхӀ эзар ворхӀ бӀе бож а. 12 ЯхӀушаптин хьал алсамдолуш дара. ЯхӀуд-махкахула цо гӀепаш а, тӀаьхьалонна долу хӀума дӀадуьллу гӀаланаш а йира. 13 ТӀаьхьалонна дӀадиллина дуккха а хӀума дара ЯхӀушаптин яхӀудхойн гӀаланашкахь. Ткъа Ярушалаймехь доьналла долу дуккха а тӀемалой а бара цуьнан. 14 Иштта ю тӀемалойн тобанаш, церан доьзалшка хьаьжжина. ЯхӀудан тайпанарчу эзар тӀемалочунна тӀехь болу хьаькамаш хӀорш хилла: хьаькам волу Ӏадани а, цуьнан кхо бӀе эзар майра тӀемало а; 15 хьаькам волу ЯхӀу-Хьана а, цуьнан ши бӀе везткъа эзар тӀемало а; 16 хьаькам волу а, Везачу Элан дуьхьа шен дахар тӀеман гӀуллакхна къобалдина волу а Зикрин кӀант Ӏамси-ЯхӀу а, цуьнан ши бӀе эзар майра тӀемало а. 17 Бен-Яманан тайпанара хьаькамаш хӀорш хилла: майра тӀемало волу ЭлидаӀ а, шайн карахь секхаӀедаш а, каралоцу турсаш а долу цуьнан ши бӀе эзар тӀемало а; 18 хьаькам волу ЯхӀу-Забди а, карахь герз лелош волу цуьнан цхьа бӀе везткъа эзар тӀемало а. 19 Уьш бара Ярушалайм-гӀалахь паччахьна гӀуллакх до тӀемалой. Берриге а ЯхӀуд-махкарчу чӀагӀйинчу гӀаланашкахь паччахьо дӀахӀиттийна хиллачу тӀемалойл сов бара уьш.
18Ахьаб-паччахь а, Мика-ЯхӀу-пайхамар а
(Сулим 22:1-28)
1 ЯхӀушаптин дуккха а хьал а дара, иза чӀогӀа лоруш а вара. Ахьабца гергарло тесира цо. 2 Масех шо даьлча, ЯхӀушапти Шамран-гӀала Ахьабана тӀевахара. ЯхӀушаптина а, цуьнца болчу нахана а лерина дуккха а жа а, хьайбанаш а дайира Ахьаба. Ахьаб ЯхӀушапти шегахьа ваккха гӀоьртира, иза шеца цхьаьна ГалӀад-махкарчу Рамат-гӀалина тӀелатийтархьама. 3 Исраилхойн паччахьо Ахьаба яхӀудхойн паччахье ЯхӀушаптига элира: «Хьо вогӀур варий соьца ГалӀадерачу Рамат-гӀалина тӀелата?»
ЯхӀушаптис цуьнга жоп делира: «Вай гергара ма ду. Сан халкъ а хьан халкъ ма ду. Дера догӀур ду тхо хьоьца тӀаме!» 4 ЯхӀушаптис кхидӀа а исраилхойн паччахье элира: «Амма цкъа хьалха Везачу Эло хӀун боху хаттийтахьа».
5 Исраилхойн паччахьо, виъ бӀе пайхамар схьа а гулвина, цаьрга хаьттира: «ГалӀадерачу Рамат-гӀала тӀамца даха дезий те тхо, я ца деза те?»
Цара жоп делира: «Хьо ваха веза. Везачу Эло хьан кара схьалур ю иза».
6 ТӀаккха ЯхӀушаптис хаьттира: «Кхин цхьа а вуй те кхузахь Везачу Элан пайхамар? Цуьнгахула а Везачу Эле хаттар дийр дара вай».
7 Исраилхойн паччахьо ЯхӀушаптига элира: «Кхин а цхьа пайхамар ву, шегахула Везачу Эле хаттар дан мегар долуш. Амма суна иза ца веза, хӀунда аьлча цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен. Иза Йимлаан кӀант Мика-ЯхӀу ву».
«Паччахь, ма алахьа иштта», – элира ЯхӀушаптис.
8 ТӀаккха, паччахьан кертара цхьа ялхо схьа а кхайкхина, исраилхойн паччахьо цуьнга элира: «Вало, сихха Йимлаан кӀант Мика-ЯхӀу схьавалош вола».
9 Исраилхойн паччахь Ахьаб а, яхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти а, шаьшшинна тӀе паччахьан духарш а дуьйхина, хӀорра а шен паччахьан гӀанта тӀе охьахиъна вара. Уьш Шамран-гӀалин кевнехьа йолчу хьаьттарехь бара. Берриге а пайхамарш бара, пайхамаралла а деш, царна хьалха дӀахӀиттина. 10 КинаӀанан кӀанта ЦӀадукъ-ЯхӀус, шена тӀе аьчка маӀаш а ехкина, элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Арамхой хӀаллакбина охьабахккалц хӀара маӀаш Ӏуьттур ю ахьа царна“». 11 Массо а пайхамаро а, цхьатерра хаам а беш, бохура: «ГалӀадерачу Рамат-гӀалина тӀелата, дерриг а кхиамца чекхдер ду. Везачу Эло паччахьан кара схьалур ю иза».
12 Мика-ЯхӀуга схьакхайкха ваханчу стага цуьнга элира: «Пайхамарша, шаьш хиндолчух хаамаш бечу хенахь, массара а цхьатерра паччахьна диканиг олу. Хьан дош а хилахьара цара хӀораммо а бохучух терра. Ахьа а диканиг алахьа».
13 Мика-ЯхӀус цуьнга элира: «Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо аса, сайга сан Дала боххург айса дӀаэриг хиларх».
14 Пайхамар паччахьна тӀевеара. Паччахьо Мика-ЯхӀу-пайхамаре хаьттира: «Мика-ЯхӀу! Ваха везий те со тӀамца ГалӀадерачу Рамат-гӀала я ца веза?»
Мика-ЯхӀу-пайхамаро паччахье элира: «ДӀагӀо хьо. Кхиам хир бу хьан. Иза хьан кара схьалур ю хьуна».
15 ТӀаккха паччахьо цуьнга элира: «Мосазза чӀагӀо яйта еза те аса хьоьга, Везачу Элан дуьхьа билггал бакъдерг бен соьга хӀумма а ма алахьара аьлла?»
16- 18:16 Лелар 27:17; Яхьазкхиал 34:5; Маттай 9:36; Марк 6:34. ТӀаккха Мика-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Суна хьалха Делера сурт хӀоьтти, берриг а исраилхой, шайна тӀехь Ӏу воцу уьстагӀий санна, лаьмнашкахула дӀасабаьржина. ТӀаккха Везачу Эло элира: „Вац царна тӀехь хьаькам, уьш хӀорра а шен цӀа маьрша вухавоьрзийла“».
17 Исраилхойн паччахьо ЯхӀушаптига элира: «Аса элирий хьоьга, цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен!»
18 ТӀаккха Мика-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Ткъа хӀинца Везачу Эло бохучуьнга ладогӀа! Суна гира, Веза Эла Шен Ӏаршана тӀе охьахиъна хилар, ткъа стигаларчу гуламан массо а декъашхой Цунна уллохь лаьттара – Цуьнан аьтту а, аьрру а агӀор. 19 Везачу Эло элира: „Шух муьлхачо тӀеерзор яра исраилхойн паччахь волчу Ахьабан ойла, иза тӀамца ГалӀадарчу Рамат-гӀала а вахийтина, цигахь хӀаллакьхилийтархьама? Цхьаммо цхьаъ олура, вукхо важа олура“. 20 ТӀаккха стигаларчу гуламан цхьана декъашхочо, Везачу Элана хьалха дӀа а хӀоьттина, элира: „Аса дийр ду“. Везачу Эло хаьттира: „Муха?“ 21 Стигалара гуламан оцу декъашхочо жоп делира: „Аса, вахана, цуьнан мел болчу пайхамаршка харцдерг олуьйтур ду“. Везачу Эло элира: „Ахьа иза берта а валаве, хьо ларор ву иза дан. Ваха а гӀой, иштта де ахьа“.
22 Иштта, Везачу Эло оцу хьан массо а пайхамаршка хьоьга харцдерг алийтира. Везачу Эло хьуна тӀе бохам баийта сацам ма бина!»
23 ТӀаккха КинаӀанан кӀанта ЦӀадукъ-ЯхӀус, Мика-ЯхӀу-пайхамаран бесни тӀе тӀара а тоьхна, элира: «И бохург хӀун ду? Везачу Элан Са, хьоьгахула хаам бархьама, сох дӀакъаьстина ткъа?»
24 Мика-ЯхӀус элира: «Хьажалахь, хьо къайлавалархьама чухуларчу цхьана чоьнна чу ваханчу дийнахь иза хуур ду хьуна».
25 Исраилхойн паччахьо элира: «Мика-ЯхӀу-пайхамар, схьа а лаций, гӀалин хьаькамна Аминна тӀе а, паччахьан кӀантана Юашина тӀе а вига. 26 Аша цаьрга дӀаала: „Иштта боху паччахьо: ‘ХӀара стаг набахти чу волла. Со маьрша цӀа верззалц, кӀеззиг бепиг а, хи а бен, хӀумма а ма ло цунна’“».
27 Мика-ЯхӀус элира: «Нагахь хьо маьрша вухаверзахь, соьгахула хаам бинарг Веза Эла ца хилла». Кхин а цо элира: «Массо а халкъо ладугӀийла аса аьллачуьнга!»
Ахьаб-паччахьан валар
(Сулим 22:29-35)
28 Исраилхойн паччахь а, яхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти а ГалӀадерачу Рамат-гӀалина тӀелетира. 29 Ахьаб-паччахьо ЯхӀушапти-паччахье элира: «Аса, со мила ву ца хаийта, сайна тӀера духар а хийцина, тӀом дӀаболор бу. Ткъа ахьа хьайн паччахьан духар тӀедуха». Иштта, ша мила ву ца хаийта, шена тӀе хийцина хӀума а юьйхина, тӀом дӀаболийра исраилхойн паччахьо.
30 Арамхойн паччахьо шен тӀеман гӀудалкхийн хьаькаме омра динера: «Царах я жимачуьнца а, я воккхачуьнца а тӀом ма бе, веккъа цхьана исраилхойн паччахь воцучуьнца», – аьлла. 31 ЯхӀушапти шайна гича, гӀудалкхийн хьаькамашна иза билггал исраилхойн паччахь ву моьттира. Арамхоша ЯхӀушаптина тӀелатархьама, цунна го бира. ЯхӀушаптис мохь хьаькхира, ткъа Везачу Эло цунна гӀо дира. Дала уьш юхабехира цунна уллора, 32 хӀунда аьлча, иза исраилхойн паччахь воций а хиъна, гӀудалкхийн хьаькамаш цунна тӀаьхьабевллачуьра севцира. 33 Цу хенахь цхьана стага ларамаза пха кхоьссира. И пха исраилхойн паччахьна тӀехь долчу гӀаьгӀнан дакъошна юккъе кхийтира, цо паччахьна чов йира. ГӀудалкх лелош волчуьнга Ахьаб-паччахьо элира: «Юха а верзий, тӀом бечу меттера дӀаваккха со – суна чов йина».
34 Амма цу дерриг а дийнахь тӀом чӀогӀа лаьтташ бара. Исраилхойн паччахьо суьйре тӀеяллалц шен гӀудалкха чохь арамхошна дуьхьал ша лоттуьйтура, ткъа малх бузучу хенахь иза велира.
19ЯхӀус ЯхӀушаптина бина тӀехтохам
1 ЯхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти шен цӀа Ярушалайме маьрша юхавоьрзуш вара. 2 Цунна дуьхьал ваха аравелира Делера дерг гуш волу Хьананин кӀант ЯхӀу-пайхамар. Цо паччахье элира: «Веза Эла ца везачу, Ӏесачу нахана гӀо дан дезарий те ахьа? И бахьана долуш Везачу Эло оьгӀазло йина хьуна. 3 Делахь а, хьох диканиг доллуш а карийна Цунна, хӀунда аьлча, ЯхӀуд-махкара Ашера-далла лерина долу дечиган бӀогӀамаш дӀа а даьхна, хьайн дог Дела лахарна тӀедерзийна ахьа».
ЯхӀушаптис дина юхаметтахӀиттораш
4 ЯхӀушапти Ярушалаймехь Ӏаш вара. Юха а, Беар-ШабаӀ-гӀалара дуьйна Эпрайм-лома тӀекхаччалц дӀа а вахана, шен халкъана тӀе а воьдуш, уьш церан дайн Дела волчу Везачу Элана тӀеберзорна кхайкхам бора цо. 5 ЯхӀуд-махкарчу чӀагӀйинчу хӀора а гӀали чохь кхелахой дӀахӀиттийра ЯхӀушаптис. 6 Кхелахошка цо элира: «Шаьш дийриг хӀун ду хьовсалаш, аша йийриг адамийн дуьхьа йолу кхел яц, иза Везачу Элан дуьхьа ю. Аша кхел ечу гӀуллакх тӀехь Иза шуьца ву. 7 Везачу Эле болчу ларамах дуьзна хуьлийла шу. Шаьш дийриг хӀун ду а хьожуш делаш, хӀунда аьлча вайн Везачу Делаца яц харцо, я озабезам бар, я кхаьънаш эцар».
8 Ярушалаймехь а левихойх а, динан дайх а, исраилхойн доьзалийн баьччанех а болу цхьаболу нах Везачу Элан йолчу кхеле а, гӀалин бахархойн къовсамехь йолчу кхеле а озорна долчу гӀуллакхашка дӀахӀиттийра ЯхӀушаптис+ 19:8 *Грекийн гочдар тӀехь: *...гӀалин бахархойн къовсамехь йолчу кхеле а озорна долчу гӀуллакхашка дӀахӀиттийра ЯхӀушаптис. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *...адамийн къовсамехь йолчу кхеле а озорна долчу гӀуллакхашка дӀахӀиттийра ЯхӀушаптис. Ткъа шаьш Ярушалайме юхабирзира уьш.*. 9 Царна тӀе а дуьллуш, цо элира: «Везачу Эле ларамах дуьзна хиларца а, тешаме хиларца а, доллучу дагца а делаш шаьш дийриг. 10 Шайн гӀаланашкахь бехачу шун вежаршкара шайна тӀедеанчу муьлххачу а къовсамечу гӀуллакх тӀехь, иза цӀий Ӏанорца я товрат-хьехамашца, я весеташца, я парзашца, я кхидолчу тӀедехкинаршца доьзна делахь а, уьш Везачу Элана хьалха бехке ца хилийта царна хьехамаш бе. Иштта гӀуллакхаш де, тӀаккха аша къилахь дерг дийр дац. 11 Коьрта динан да волу Ӏамар-ЯхӀу, аша Везачу Элана лерина дечу муьлххачу а гӀуллакхна тӀехӀоттийна ву. Ткъа ЯхӀудан тайпанан баьчча волу ИсмаьӀалан кӀант Забди-ЯхӀу паччахьна лерина дечу муьлххачу а шун гӀуллакхна тӀехьажа хӀоттийна ву. Иштта левихой оцу гӀуллакхашна тӀехь гӀодийраш хир бу шун. ЧӀагӀдаларца кхочушде шайна тӀедиллина гӀуллакх, ткъа Веза Эла диканиг дечаьрца хуьлийла».
20Муабахошца болу тӀом
1 Цул тӀаьхьа муабахой а, Ӏамминхой а, цаьрца цхьаьна цхьаболу маӀунхой+ 20:1 *Ӏебархойн тептар тӀехь: *Ӏамминхой. *Грекийн гочдар тӀехь: *маӀунхой.* а ЯхӀушаптина тӀамца чугӀоьртира. 2 Цхьаболчу геланчаша, схьа а баьхкина, ЯхӀушаптига хаам бира: «Дуьрачу хӀордан дехьара Эдом-махкара+ 20:2 *Ӏебархойн тептар тӀехь: *Арам-махкара. *Грекийн гочдар тӀехь: *Эдом-махкара.* хьуна дуьхьалдаьлла догӀуш вуно доккха эскар ду. Хьаццон-Тамарехь бу уьш хӀинцале а», – аьлла. (И меттиг кхечу тайпана Ӏейн-ГӀади олуш ю.) 3 Са бӀарз а делла, ЯхӀушаптис сацам бира Везачу Элах дагавала. Берриге а ЯхӀуд-махкахь марха кхаба дезар дӀахьедира цо халкъе. 4 ЯхӀудхой Везачу Эле гӀо деха схьагулбелира. ЯхӀуд-махкарчу ерриге а гӀаланашкара баьхкира уьш, Везачу Эле шайна гӀо дар дехархьама. 5 Везачу Элан цӀийнан хьалха керлачу кертахь яхӀудхойн а, ярушалаймхойн а гуламехь, дӀа а хӀоьттина, 6 ЯхӀушаптис элира: «Тхан дайн Дела волу Веза Эла! Хьо вац ткъа стигалахь волу Дела? Хьо ву массо а халкъийн пачхьалкхашна тӀехь олалла деш! Хьан карахь бу ницкъ а, чӀагӀо а! Хьуна дуьхьал цхьа а латталур вац! 7- 20:7 ЕшаӀ-ЯхӀу 41:8; Якъуба 2:23. Тхан Дела, Ахьа ца лаьхкира кху мехкан бахархой Хьайн Исраилан халкъана хьалха, и латта Хьайн доттагӀа волчу ИбрахӀиман хӀуна гуттаренна а дӀа а луш? 8 Ткъа уьш цигахь баха хевшира. Хьуна лерина деза цӀа а дина, цара бохура: 9 „Нагахь санна тхуна тӀе цхьа бохам хӀоттахь: хуьлийла иза я таӀзар деш долу тур, я цамгарийн ун, я мацалла, тӀаккха тхо хӀокху цӀенна хьалха Хьуна хьалха дӀахӀуьттур ду, хӀунда аьлча Хьан цӀе кху цӀа чохь ю. Тхо гаттаделла хьаьвзича, Хьоьга кхойкхур ду. Ткъа Ахьа, тхо дӀа а хезна, кӀелхьардохур ду“.
10- 20:10 Карлабаьккхинарг 2:4-19. ХӀинца Ӏамминхой а, муабахой а, СеӀир-ломара бахархой а тхуна тӀелеташ бу. Ткъа Мисар-махкара тхан дай арабевлла схьабогӀучу хенахь, Ахьа уьш оцу халкъийн мехкашкахула чекх ца бовлийтира. Цундела тхан дай, царах дӀа а бирзина, и халкъаш хӀаллакдаза дитинера. 11 Ткъа хӀинца уьш тхуна бекхам беш бу, Ахьа тхан дола схьаделлачу лаьтта тӀера тхо дӀалахка а баьхкина. 12 Тхан Дела! Ахьа кхел ехьа царна. ХӀунда аьлча тхуна тӀегӀоьртинчу оццул дукха болчу царна дуьхьалдовла ницкъ бац тхан. Тхаьш хӀун дан деза ца хаьа тхуна, амма тхан бӀаьргаш Хьоьгахьа бирзина бу!»
13 Везачу Элана хьалха лаьтташ бара яхӀудхойн берриге а божарий шайн карарчу берашца а, зударшца а, улло даьхначу берашца а. 14 Цу хенахь Матан-ЯхӀун кӀант волчу ЯӀиалан кӀентан БенъяхӀун кӀант волчу Закри-ЯхӀун кӀантана Яхьазиална тӀе гуламна юккъехь Везачу Элан Са доьссира. Яхьазиал Асайпан тӀаьхьенах волу левихо вара. 15- 20:15-17 Карлабаьккхинарг 20:1-4. Цо элира: «Массо а яхӀудхой, Ярушалайман бахархой, ЯхӀушапти-паччахь, ладогӀалаш соьга! Везачу Эло шуьга иштта боху: „Оцу вуно доккхачу эскарх кхера а ма ло, дог доьхна а ма хила, хӀунда аьлча и тӀом шун бац, иза Делан тӀом бу. 16 Шу кхана царна дуьхьал дӀагӀо. Уьш Циц-Ӏинехула хьалабевр бу. ТогӀина йистехь Яруал цӀе йолчу яьссачу аренга дӀакхоччуш карор бу шуна уьш“. 17- 20:17 Арадаккхар 14:13, 14. Ткъа хӀинца аша бан ца беза и тӀом. Шу, дӀа а хӀиттий, хьоьжуш Ӏе шайна Везачу Элера хир долчу кӀелхьардовларе. ЯхӀудхой, Ярушалаймхой! Шу кхера а ма ло, дог доьхна а ма хила. Шу кхана царна дуьхьалдовла, ткъа Веза Эла шуьца хир ву».
18 ТӀаккха ЯхӀушаптис лаьтта кхаччалц корта охьатаӀийра. Иштта берриге а яхӀудхой а, ярушалаймхой а Везачу Элана хьалха охьатаьӀира, Цунна Ӏибадат дархьама. 19 КхахӀатхойн а, кхорахьахойн а, тӀаьхьенех болчу левихоша, хьала а гӀевттина, дикка аз а айдина, Исраилан Дела волчу Везачу Элана хастамаш бира.
20 Ӏуьйранна, хьалххе хьала а гӀевттина, уьш ТакхоӀ-гӀалина уллохь йолчу яьссачу аренга дӀабуьйлабелира. Уьш дӀабоьлхучу хенахь, ЯхӀушаптис, дӀа а хӀоьттина, элира: «ЯхӀудхой, ярушалаймхой, ладогӀалаш соьга! Шайн Везачу Делах тешна хила – шу чӀагӀдийр ду! Цуьнан пайхамарех теша, тӀаккха кхиамаш хир бу шун». 21 Цо, халкъах дага а ваьлла, Везачу Элана лерина назманчаш дӀахӀиттийра, уьш карахь герз долчарна хьалха а бовлийтина, шайна тӀехь деза духарш а долу, хастамаш а беш, цаьрга алийтархьама: «Баркалла ала Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу!»
22 Цара, маьхьарий а детташ, хастамаш бечу хенахь, Везачу Эло яхӀудхошна тӀегӀорта баьхкинчу Ӏамминхошна а, муабахошна а, СеӀир-ломарчу бахархошна а дуьхьал кӀело йийраш дӀахӀиттийра. Уьш ийшира. 23 Ӏамминхой а, муабахой а СеӀир-ломарчу бахархошна чугӀоьртира, уьш байина дӀабахархьама. Шаьш СеӀир-ломара бахархой хӀаллакбина бевлча, цара вовшийн байира. 24 Яьссачу аренгара гунаш тӀе а бевлла, оцу вуно дукха долчу эскаре дӀахьаьжча, яхӀудхошна гира лаьттахь Ӏохку декъий, шайна юкъара цхьа а кӀелхьарваьлларг а воцуш.
25 ЯхӀушапти а, цуьнан эскар а хӀонс схьаэца дахара. Царна дуккха а хьал, духар, еза хӀуманаш карийра цигахь. И хӀуманаш вуно дукха хиларна, дӀа а ца яхьалора цаьрга уьш. Кхаа дийнахь дӀагулйира цара и хӀонс, оццул дукха хиллера иза! 26 Ткъа доьалгӀачу дийнахь Бархи-тогӀи чохь гулбелира уьш, хӀунда аьлча цигахь Веза Эла декъалвира цара. Цундела оцу меттигах хӀинца а олу «Бархи-тогӀи» (иза «декъалваран тогӀи» бохург ду). 27 Берриге а яхӀудхой а, ярушалаймхой а, шайн коьртехь ЯхӀушапти а волуш, самукъадаларца Ярушалайме юхабирзира, хӀунда аьлча Везачу Эло церан мостагӀашна тӀехь толам баккхар нисдира царна. 28 Тайп-тайпана дечиг-пондарш а, турбанаш а лоькхуш Ярушалайме Везачу Элан цӀенна тӀе баьхкира уьш. 29 Гонахарчу латтанийн ерриге а пачхьалкхашкарчу адамашна тӀе Делан кхерам боьссира, Исраилан мостагӀашна дуьхьал тӀом бинарг Веза Эла хиллийла шайна хезча. 30 ЯхӀушаптин пачхьалкх къепе хилла дӀахӀоьттира, Дала массо а агӀор паргӀато а елира цунна.
ЯхӀушаптин паччахьаллин чаккхе
(Сулим 22:41-50)
31 Иштта ЯхӀуд-махкахь паччахьалла дира ЯхӀушаптис. ЯхӀушапти паччахь дӀахӀуттуш цуьнан ткъе пхийтта шо дара. Цо ткъе пхеа шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цӀе Ӏазубат яра. Иза Шилхьайн йоӀ яра. 32 ЯхӀушапти шен ден Асин некъахула лелаш вара. Иза цу некъа тӀера дӀа а ца велира, Везачу Элан лаамехь а лийлира. 33 Делахь а, тӀехь сагӀа доккху гунаш цо дӀадахаза дисина дара. Халкъо хӀинца а шен дог кхоччуш тӀе ца дерзийнера шайн дайн Далла.
34 ЯхӀушаптин кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – дуьххьарлерчунна тӀера тӀаьхьарчунна тӀекхаччалц – яздина ду Хьананин кӀант волчу ЯхӀун дӀаяздинарш тӀехь. Уьш исраилхойн паччахьийн тептарна юкъа дахийтина.
35 Амма цул тӀаьхьа яхӀудхойн паччахьо ЯхӀушаптис Ӏеса лелаш волчу исраилхойн паччахьца Ахьаз-ЯхӀуца доттагӀалла тесира. 36 Таршаш-махка дахийта хӀордкеманаш дархьама, Ахьаз-ЯхӀуца барт бира ЯхӀушаптис. Цара Ӏецйон-ГӀебарехь хӀордкеманаш дира. 37 Цу хенахь Мареша-гӀаларчу Дода-ВахӀун кӀанта ЭлиӀазара ЯхӀушаптига Делера болу хаам бира: «Ахьа Ахьаз-ЯхӀуца доттагӀалла тесна дела, ахь кхоьллинарг Везачу Эло дохор ду», – аьлла. ТӀаккха хӀордкеманаш, доха а доьхна, Таршаше ца дахаделира.
211 ЯхӀушапти, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза царна уллохь, Даудан гӀалахь, дӀавоьллира. ЯхӀушаптин метта паччахь хилира цуьнан кӀант ЯхӀурам.
ЯхӀудхойн паччахь ЯхӀурам
(ТӀаьххьарнаш 8:17-24)
2 ЯхӀушаптин кӀентий болу Ӏазар-ЯхӀу, Яхьиал, Закри-ЯхӀу, Ӏазар-ЯхӀу, Микаал, Шапат-ЯхӀу ЯхӀураман вежарий бара. Уьш берриш а исраилхойн паччахьан+ 21:2 *Исраилхойн паччахь *– билггал аьлча, ЯхӀушапти яхӀудхойн паччахь вара. ХӀокху тептаран цхьайолчу меттигашкахь «яхӀудхой» бохучу дешан метта юкъара долу «исраилхой» боху дош леладо.* ЯхӀушаптин кӀентий бара. 3 Дас царна даккхий совгӀаташ динера, дети а, деши а, деза тӀулгаш а луш. Иштта ЯхӀуд-махкара чӀагӀйина гӀаланаш а еллера цо царна. Ткъа паччахьалла дар цо ЯхӀураме деллера, иза шен дуьххьарлера кӀант волу дела. 4 Шен ден метта паччахь а хилла, цу даржехь ЯхӀурам чӀагӀвелла дӀахӀоьттича, берриг а шен вежарий а, исраилхойн элех болу цхьаберш а туьраца байира цо.
5 ЯхӀураман ткъе шийтта шо дара, иза яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттича. Цо бархӀ шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. 6 Иза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош, Ахьабан цӀийнах берш ма-леллара, хӀунда аьлча Ахьабан йоӀ цуьнан зуда яра. ЯхӀурама а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. 7- 21:7 Сулим 11:36. Делахь а, Даудаца Ша бина болу барт бахьана долуш, Даудан цӀа дакъазадаккха ца лаьара Везачу Элана. Цуьнан тӀаьхьенна гуттаренна а паччахьалла дар лур ду аьлла, Даудана чӀагӀо ма йинера Везачу Эло.
8- 21:8 Доладалар 27:40. ЯхӀурама паччахьалла дечу хенахь Эдоман халкъ, ЯхӀудан халкъан карара кӀелхьара а долуш, цунна дуьхьалделира. Цара шайн паччахь дӀахӀоттийра. 9 ЯхӀурам шен ерриге гӀудалкхашца а, шен тӀеман хьаькамашца а цига вахара. Иза, буьйсанна тӀе а гӀоьртина, шайна го бина болчу эдомхошна а, гӀудалкхашна тӀехь болчу церан хьаькамашна а тӀелетира. 10 Эдоман халкъ таханлерчу денна тӀекхаччалц яхӀудхойн карара дӀадалларх иштта Ӏаш ду. Оццу заманахь Либна-гӀала а яхӀудхошна дуьхьалъяьллера, хӀунда аьлча ЯхӀурама шен дайн Дела волу Веза Эла дӀатеснера. 11 ЯхӀудан лаьмнаш тӀехь цӀушна Ӏамал ян гунаш а хӀиттийна, Ярушалайман бахархой а, Делах дӀа а берзийтина, кхечу деланашца Ӏамал еш лелийтира ЯхӀурама. Иштта яхӀудхой а Ӏехабалийтира цо.
12 ЯхӀураме Эли-ЯхӀу-пайхамарера кехат деара. Цу тӀехь аьлла дара: «Иштта боху хьан дайн да хиллачу Даудан Дела волчу Везачу Эло: „Хьайн ден ЯхӀушаптин а, яхӀудхойн паччахьан Асин а некъа тӀе валаран метта, 13 ахьа, исраилхойн паччахьийн некъа тӀе а ваьлла, яхӀудхой а, ярушалаймхой а кхечу деланашца лелийтина, Ахьабан цӀийно халкъ цӀушца ма-леллийтара. Кхин а хьайн ден цӀенна тӀера хьайл гӀолехь болу хьайн вежарий а байина ахьа. 14 И бахьана долуш Везачу Эло боккха бохам бийр бу хьан халкъана а, хьан кӀенташна а, хьан зударшна а, хьан хьолана а. 15 Ткъа хьуна хьайна а таӀзар дийр ду, чӀогӀа цамгар а кхетийтина, хьан кийрахь мел йолу хӀума а, де дийне мел дели, и цамгар бахьана долуш дегӀах дӀа а къаьстина, охьаюжур ю“».
16 Иштта Везачу Эло пӀелаштамхой а, хушахошна уллохь бехаш болу Ӏаьрбихой а карзахбехира, уьш ЯхӀурамна дуьхьал бахархьама. 17 Цара, яхӀудхошна тӀе а гӀоьртина, чу а бахана, паччахьан цӀера, массо а хӀума дӀа а эцна, ЯхӀураман кӀентий а, зударий а дӀабигира. Цуьнан кӀентех жимаха волу цхьа Ахьаз-ЯхӀу воцург, кӀант ца висира ЯхӀураман.
18 Цул тӀаьхьа ЯхӀураман кийрахь мел йолчу хӀуманна дӀа ца йоьрзу цамгар туьйхира Везачу Эло. 19 Иштта де дийне мел дели, цамгаро эшош, кӀелвитира иза. Ткъа шолгӀа шо чекхдолуш, оцу цамгаро цуьнан кийрахь мел йолу хӀума цунах дӀакъастийра. Цу цамгаро къиза хьийза а вина, ЯхӀурам велира. Шен дайшна латош ма-хиллара, ЯхӀурамна лерина йоккха цӀе ца латийра халкъо.
20 ЯхӀурам паччахь дӀахӀуттуш, цуьнан ткъе шийтта шо дара. Цо бархӀ шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. Цхьа а цунах велха а ца воьлхуш, иза дӀакхелхира. Паччахьийн къуббанашкахь а ца вуллуш, Даудан гӀалахь дӀавоьллира иза.
22ЯхӀудхойн паччахь Ахьаз-ЯхӀу
(ТӀаьххьарнаш 8:25-29; 9:21-28)
1 Ярушалайман бахархоша ЯхӀураман жимаха волу кӀант Ахьаз-ЯхӀу цуьнан метта паччахь дӀахӀоттийра. ХӀунда аьлча, уьш бехачу метте Ӏаьрбихойн ардангаш а яьхкина, Ахьаз-ЯхӀул воккхах волу массо а ваша вийнера. Иштта, яхӀудхойн паччахьан ЯхӀураман кӀант Ахьаз-ЯхӀу паччахьалла дан волавелира. 2 Ахьаз-ЯхӀу паччахь хӀоьттинчу хенахь, цуьнан ткъе ши шо+ 22:2 *Грекийн гочдар тӀехь: *ткъе ши шо. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *шовзткъе ши шо. *ДӀадеша тептар «ТӀаьххьарнаш» 8:26.* дара. Цо цхьана шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе Ӏатал-ЯхӀу яра. Иза исраилхойн Ӏумари-паччахьан кӀентан йоӀ яра. 3 Ахьаз-ЯхӀу а Ахьабан цӀийнах болчийн некъа тӀе велира, хӀунда аьлча цуьнан нанас харцахьара гӀуллакхаш дарна хьехарш дора цунна. 4 Везачу Элан лаамехь доцу гӀуллакхаш леладора Ахьаз-ЯхӀус а, Ахьабан цӀийнах болчара лела ма-дарра, хӀунда аьлча, Ахьаз-ЯхӀун да дӀаваьлчхьана дуьйна, цуьнан хьехамчий хилира царах. Оцу бахьаненна цунна бохам хилла. 5 Иштта, церан хьехаршка ла а доьгӀна, исраилхойн паччахь волчу Ахьабан кӀантаца Йорамца арамхойн паччахьна Хьазиална дуьхьал тӀом бан вахара Ахьаз-ЯхӀу. Иза ГалӀадерчу Рамат-гӀалахь дара. Арамхоша Йорамна чов йира. 6 Иза тӀамера юхавирзира, Рамат-гӀалахь арамхойн паччахьца Хьазиалца тӀом бечу хенахь, шена арамхоша йинчу чевнашна ИзраӀал-гӀалахь дарбанаш леладайтархьама. Ткъа яхӀудхойн паччахь волу ЯхӀураман кӀант Ахьаз-ЯхӀу+ 22:6 *Ӏебархойн тептар тӀехь: *Ӏазар-ЯхӀу. *Грекийн гочдар тӀехь: *Ахьаз-ЯхӀу.* а веанера ИзраӀал-гӀала, цомгуш волу Ахьабан кӀант Йорам муьлхачу хьолехь ву хьажархьама.
7 Йорам волчу вар Ахьаз-ЯхӀуна Делера болчу бохамца дирзира. Ша схьавеача, иза Йорамаца цхьаьна Везачу Эло Ахьабан цӀа хӀаллакдан къобалвинчу Нимшайн кӀантана ЯхӀуна дуьхьалвелира. 8 Ша Ахьабан цӀенна кхел ечу хенахь ЯхӀуна яхӀудхойн элий а, Ахьаз-ЯхӀун вежарийн бераш а карийра цигахь. Уьш Ахьаз-ЯхӀуна хьалхара гӀуллакхаш деш бара. ЯхӀус уьш байира. 9 ЯхӀус Ахьаз-ЯхӀу схьалахар тӀедиллира. Цара Шамран-гӀалахь къайлаваьлла лелаш волу Ахьаз-ЯхӀу, схьа а лаьцна, ЯхӀуна тӀе а валийна, вийра. Цара Ахьаз-ЯхӀу, дӀа а воьллина, дӀаверзийра, хӀунда аьлча цунах лаьцна бохура: «Иза шен дерриге а доггах Веза Эла лехначу ЯхӀушаптин кӀентан кӀант ма вара».
Ткъа яхӀудхошна тӀехь паччахьалла далур долуш Ахьаз-ЯхӀун цӀийнах цхьа а стаг ца виснера.
ЯхӀудхойн зуда-паччахь йолу Ӏатал-ЯхӀу
(ТӀаьххьарнаш 11:1-3)
10 Шен кӀант велла аьлла шена хезча, Ахьаз-ЯхӀун нанас Ӏатал-ЯхӀус сацам бира, ЯхӀудан цӀийнан паччахьан тӀаьхьенах верг массо а хӀаллакван. 11 Амма ЯхӀурам-паччахьан йоӀа ЯхӀу-ШебаӀата Ахьаз-ЯхӀун кӀант Юаш, паччахьан байа дезачу кӀенташна юкъара схьа а эцна, дӀавигира. И кӀант а, иза вакхош йолу зуда а дӀавуьжучу цӀа чу дигира цо. Цу тайпана динан ден ЯхӀу-ЯдаӀан зуда а, ЯхӀурам-паччахьан йоӀ а йолу, Ахьаз-ЯхӀун йиша а йолчу ЯхӀу-ШебаӀа Ӏатал-ЯхӀух къайлаваьккхира Юаш. Цундела цо иза ца вийра. 12 Ялх шарахь, Ӏатал-ЯхӀус цу махкахь паччахьалла деш йолчу хенахь, оцу нахаца цхьаьна Делан цӀийнан кертахь къайлаваьккхина латтийра иза.
23Халкъ Ӏатал-ЯхӀуна дуьхьалдалар
(ТӀаьххьарнаш 11:4-16)
1 Ӏатал-ЯхӀус паччахьалла до ворхӀалгӀа шо долуш, динан да волу ЯхӀу-ЯдаӀ, чӀагӀ а велла, тӀеман хьаькамашца берта вахара. Уьш бара: Ярохьаман кӀант Ӏазар-ЯхӀу, ЯхӀу-Хьанин кӀант ИсмаьӀал, Ӏабадин кӀант Ӏазар-ЯхӀу, Ӏади-ЯхӀун кӀант МаӀсей-ЯхӀу, Зикрин кӀант Эли-Шапти. 2 Берриге а ЯхӀуд-махкахула чекх а бевлла, массо а яхӀудхойн гӀаланашкара левихой а, Исраилан доьзалийн баьччанаш а дӀа а гулбина, уьш Ярушалайме баьхкира.
3- 23:3 Дауд 7:12. Схьагулбеллачу массара а Делан цӀа чохь къоначу паччахьца барт бира. ЯхӀу-ЯдаӀа цаьрга элира: «Везачу Эло Даудан тӀаьхьенах лаьцна аьлла ма-хиллара, паччахьан кӀант паччахь хила веза. 4 Ткъа аша хӀара дан деза: шоьтан дийнахь Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх дан богӀуш болу динан дай а, левихой а кхаа декъе бекъалур бу. Царах цхьа дакъа кертан кевнашна уллохь гӀаролхой хир бу, 5 шолгӀа дакъа – паччахьан цӀахь, кхоалгӀа дакъа – Бух олучу кевнехь, ткъа дерриг а халкъ Везачу Элан цӀийнан кертахь хир ду. 6 Динан дай а, гӀуллакх деш болу левихой а боцурш, кхин цхьа а Везачу Элан цӀа чу ма валийта. Церан чу баха бакъо ю, уьш базбина болу дела. Ткъа дерриге а халкъ Везачу Эло тӀедиллинчуьнца лела деза. 7 Левихоша, шайн карахь герз а долуш, паччахьна массо а агӀор, ха а деш, го бе. Везачу Элан цӀа чу вала мел гӀертарг вийна дӀаваккхалаш. Шу паччахьна уллохь хилалаш, иза миччахьа воьдуш велахь а».
8 Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа де аьлларг дерриг а кхочушдира левихоша а, берриге а яхӀудхоша а. Цара хӀораммо а шоьтан дийнахь схьабогӀу а, мукъабовлу а гӀаролхой шаьш долчу схьагулбира, хӀунда аьлча динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа хийцабелла гӀаролхой дӀа ца бахийтира. 9 Делан цӀа чохь лаьтташ долу Дауд-паччахьан хилла гоьмукъаш а, кегий а, даккхий а турсаш а динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа гӀаролхойн хьаькамашна дӀасадийкъира. 10 Дерриг а халкъ, шайн карахь герз а долуш, паччахьна гонах дӀахӀоттийра динан дас – Делан цӀенна къилберачу агӀонна тӀера къилбаседерачу агӀонна тӀекхаччалц, сагӀа доккхучу кхерчана уллохь а, Делан цӀенна уллохь а. 11 ЯхӀу-ЯдаӀа а, цуьнан кӀенташа а, паччахьан кӀант ара а ваьккхина, цунна тӀе таж а диллира, паччахьалла дарх лаьцна болу хьехамаш шена тӀехь язбина тептар а дӀаделира. ТӀаккха иза, паччахь дӀахӀотто, даьтта тӀе доттарца къобалвира. Наха маьхьарий хьоькхура: «Вехийла паччахь!», – бохуш.
12 Паччахьна хастамаш а беш, дедда догӀучу халкъан аьзнаш шена хезча, Ӏатал-ЯхӀу Везачу Элан цӀенна юххехь лаьттачу нахана тӀеяхара. 13 ДӀахьаьжча, шен бӀогӀамна уллохь, Делан цӀенна чу воллучохь, лаьтташ волу паччахь гира Ӏатал-ЯхӀуна. Паччахьна уллохь лаьтташ хьаькамаш а, турба локхуш берш а бара. Цу махкахь долу дерриг а халкъ, самукъане а дара, цара лоькхуш турбанаш а яра. Иштта илланчаш а бара шайн зурманийн гӀирсашца хастамаш бечарна тӀехь куьйгалла деш. Ӏатал-ЯхӀус, шен тӀехулара бедарш этӀа а йина, мохь хьаькхира: «Ямартло йина! Ямартло йина!» – аьлла.
14 Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа, эскаран хьаькамаш болу гӀаролхой тӀе а кхайкхина, цаьрга элира: «Иза могӀаршна юкъара дӀаяккха, ткъа цунна тӀаьхьахӀуьттурш туьраца байа». ХӀунда аьлча динан дас аьллера: «Везачу Элан цӀийнан кертахь ма ейта иза».
15 Паччахьан цӀенна уллохь йолчу Говрийн Керта иза схьакхаьчча, церан буьйна яхара иза. Цигахь цуьнан са даьккхира цара.
Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа дина юхаметтахӀиттораш
(ТӀаьххьарнаш 11:17-20)
16 ТӀаккха ЯхӀу-ЯдаӀа шена а, халкъана а, паччахьна а юкъахь барт бира, шаьш Везачу Элан долахь долу халкъ хилийтархьама. 17 Дерриге а халкъо, БаӀал-харцделан цӀа а дахана, и цӀа дохийра. Цара БаӀалан сагӀа доккху кхерчаш а, цӀуш а бохийна дӀабехира. Иштта БаӀалан динан да волу Матани а вийра цара сагӀа доккхучу кхерчашна хьалха. 18 ТӀаккха ЯхӀу-ЯдаӀа левихойн тайпанах болу динан дай къобалбира, Везачу Элан цӀийнаца доьзна долу гӀуллакхаш дарна тӀехь цаьрга куьйгалла дайтархьама, иза Дауд-паччахьо дӀахӀоттийна ма-хиллара. Уьш Мусан товрат-хьехамаш тӀехь яздина ма-хиллара дӀахӀиттийнера, Дауда тӀе-ма-диллара даккхийдерца а, эшарш лекхарца а Везачу Элана хаза хьожа йогӀу хӀуманаш ягорхьама. 19 Далла гергахь муьлххачу бахьаненна а цӀена воцург чу ца вахийта, Везачу Элан цӀийнан кевнашка гӀаролхой дӀахӀиттийра ЯхӀу-ЯдаӀа.
20 Динан дас, шеца тӀеман хьаькамаш а, лоруш болу нах а, халкъана тӀехь куьйгалла деш берш а, махкара дерриг а халкъ дуьгуш, Юаш-паччахь Везачу Элан цӀийнера дӀавигира. Цара иза, лакхарчу кевнехула чекх а ваьккхина, паччахьан цӀа а вигина, паччахьан гӀанта тӀе охьахаийра. 21 Махкара дерриг а халкъ самукъадаьлла дара, гӀала синтеме яра, хӀунда аьлча Ӏатал-ЯхӀу, тур а тоьхна, йийнера.
24ЯхӀудхойн паччахь Юаш
(ТӀаьххьарнаш 12:1-16)
1 Юашан ворхӀ шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Цо шовзткъа шарахь, Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе ЦивъяхӀу яра. Иза Беар-ШабаӀ-гӀалара яра. 2 Динан да ЯхӀу-ЯдаӀ вехачу ханна Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора Юаша. 3 ЯхӀу-ЯдаӀа Юашана ши зуда ялийра. Цара кӀентий а, йоӀарий а бира цунна.
4 Цул тӀаьхьа Везачу Элан цӀа карладаккхар дагатесира Юашана. 5 Юаша, динан дай а, левихой а схьа а гулбина, цаьрга элира: «ЯхӀуд-махкахь бехачу исраилхошкара хӀора шарахь шайн Делан цӀенна лерина дети схьагулде. Оцу гӀуллакхан сихо а е». Амма левихой и гӀуллакх кхочушдан сих ца белира. 6- 24:6 Арадаккхар 30:11-16. ТӀаккха паччахьо, царна коьртехь волу ЯхӀу-ЯдаӀ шена тӀе а кхайкхина, цуьнга элира: «Ахьа левихошка кхочуш хӀунда ца дойту Везачу Элан ялхо волчу Мусас а, исраилхойн гуламо а тӀедиллина долу гуламан цӀенна лерина ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайман а халкъера йогӀу ял схьаэцар?»
7 ХӀунда аьлча оцу Ӏесачу Ӏатал-ЯхӀус а, цуьнан кӀенташа а, Делан цӀа чу а лилхина, даздина долу массо а хӀума БаӀал-харцделанашна Ӏамал ярна дӀаделлера.
8 Паччахьан омрица цхьа гӀутакх дира. Иза арахьа, Везачу Элан цӀийнан керта чу воьдучохь, охьадиллира. 9 ТӀаккха ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а Делан ялхо волчу Мусас яьссачу аренгахь исраилхошна тӀедиллина долу Везачу Элана лерина ял яла езарх лаьцна дӀакхайкхийра. 10 Халкъан хьаькамаша а, доллучу халкъо а иза хазахетарца тӀеийцира. Цара, схьа а дахьаш, ахча тосура оцу гӀутакх чу, иза хьаладуззалц. 11 И гӀутакх левихошкахула паччахьан гӀуллакх деш болчарна тӀекхоьхьура. ТӀаккха, цу чохь ахча дуккха а гулделла гича, паччахьан йозанчо а, коьрта динан ден векало а, схьа а вогӀий, и ахча дӀаоьцура. Ткъа гӀутакх, дӀа а хьой, шен метте охьадуьллура. И къепе цара хӀора дийнахь кхочуш а деш, дуккха а ахча гулдора.
12 Паччахьо а, ЯхӀу-ЯдаӀа а и ахча Везачу Элан цӀа нисдаран белхаш тӀехь куьйгалла деш болчу нахе дӀалора. Ткъа цара тӀулг хьокхурш а, дечигпхьераш а тӀелоцура, цаьрга Везачу Элан цӀа чӀагӀдайтархьама. Иштта аьчка а, цӀестан а пхьераш лоцура цара Везачу Элан цӀа чӀагӀдархьама. 13 И белхаш кхочушбеш болчара чӀогӀа къа а хьоьгура, церан куьйгашца меттахӀоттош беш болу болх кхиамца дӀа а боьдура. Делан цӀа цара дуьххьарлерчу барамашца юхаметтахӀоттийра, иза кхин а чӀагӀ а деш. 14 Дерриге а гӀуллакхаш дина чекхдевлча, дисина ахча паччахье а, ЯхӀу-ЯдаӀе а дӀаделира цара. Оцу ахчанах Везачу Элан цӀа чу дӀахӀитто пхьегӀаш яйтира. Иштта Везачу Элана гӀуллакх дан лерина пхьегӀаш а, дийнаташ дагоран сагӀанаш дахарна лерина пхьегӀаш а, кедаш а, кхийолу дашо а, дато а пхьегӀаш яйтира.
Юашан юхавалар а, арамхой тӀелатар а
ЯхӀу-ЯдаӀ вехаш мел хиллачу хенахь, Везачу Элан цӀийнан кертахь хӀора дийнахь даим дийнаташ дагоран сагӀанаш дохура. 15 ЯхӀу-ЯдаӀ, къан а велла, тоъал дуьне а диъна, велира. Иза лечу хенахь, цуьнан цхьа бӀе ткъе итт шо дара. 16 Иза паччахьашна уллохь Даудан гӀалахь дӀавоьллира, цо Исраил-махкахь Далла а, Цуьнан цӀенна а лерина дина дика бахьана долуш.
17 Ткъа ЯхӀу-ЯдаӀ велча, яхӀудхойн элий, тӀе а баьхкина, паччахьна хьалха лохха охьатаьӀира. ТӀаккха паччахь цара бохучунна тӀетайра. 18 Цара шайн дайн Дела волчу Везачу Элан цӀа дӀатесира. Ашера-далла лерина болчу дечиган бӀогӀамна а, цӀушна а Ӏибадат дан буьйлабелира уьш. Церан и бехк бахьана долуш Веза Эла оьгӀазвахара ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайман а бахархошна. 19 Везачу Эло пайхамарш бохуьйтура оцу нахана тӀе, уьш Шегахьа схьаберзийтархьама. Пайхамарша халкъе дӀахьедар дора, амма халкъо цаьрга ла ца дугӀура. 20- 24:20, 21 Маттай 23:35; Лака 11:51. Юха динан ден ЯхӀу-ЯдаӀан кӀантана Закри-ЯхӀуна тӀе доьссинчу Делан Синан ницкъо дӀахьулвира иза. Цо халкъана хьалха, дӀа а хӀоьттина, элира: «Иштта боху Дала: „ХӀунда довлу шу Везачу Эло тӀедиллинчунна тӀера? Хир бац шун кхиам. Аша Веза Эла дӀатасаре терра, Цо а дӀатосур ду шу“». 21 Цара, Закри-ЯхӀуна дуьхьал барт а бина, паччахьан омрица Везачу Элан цӀийнан кертахь цунна тӀе тӀулгаш кхиссира. 22 Юаш-паччахьна дага ца деара Закри-ЯхӀун дас ЯхӀу-ЯдаӀа шена дина долу дика. ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант вийра цо. Закри-ЯхӀус ша лечу хенахь элира: «Везачу Элана хӀара дӀа а гойла, Цо хьо жоьпе а озавойла!»
Юаша динчу паччахьаллин чаккхе
23 Керла шо дӀадоладелча, арамхойн эскар, Юашана дуьхьал а даьлла, ЯхӀуд-махка а, Ярушалайме а чудеара. Цара халкъана юкъара мехкан баьччанаш хӀаллакбира. Иштта цаьргара шаьш схьаяьккхина хӀонс Дамасакхе паччахьна дӀаяхьийтира. 24 Арамхойн эскарехь дукха адам ца хиллехь а, Везачу Эло церан кара дӀаделлера дикка ницкъ болу эскар. Юашана кхел йинера, яхӀудхоша шайн дайн Дела волу Веза Эла дӀатесна дела.
25 ЧӀогӀа чов хилла волу Юаш Ӏад а витина, арамхой дӀабахара. Ткъа динан ден ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант верна+ 24:25 *Грекийн гочдар тӀехь: *ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант верна. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *ЯхӀу-ЯдаӀан кӀентий берна.*, бекхам а беш, Юашана дуьхьал барт бира цуьнан ялхоша. Цара иза шен меттахь Ӏуьллучохь вийра. Юаш велира. Иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Амма иза паччахьийн къуббанашкахь дӀа ца воьллира. 26 Юашана дуьхьал барт бинарш бара: Ӏамминхо йолчу ШимӀатан кӀант Забад а, муабахо йолчу Шимратан кӀант ЯхӀу-Забди а. 27 Юашан кӀентех а, цунна дуьхьал дукхазза а аьлла хиллачу Делера хаамех а, Делан цӀа юхаметтахӀотторах а лаьцна долчух яздина ду Паччахьийн тептаран хьехам тӀехь. Юашан метта цуьнан кӀант Амци-ЯхӀу паччахь хилла дӀахӀоьттира.
25ЯхӀудхойн паччахь Амци-ЯхӀу
(ТӀаьххьарнаш 14:2-6)
1 Амци-ЯхӀун ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо ткъе исс шарахь паччахьалла дира. Амци-ЯхӀун ненан цӀе ЯхӀу-Ӏаднат яра. Иза Ярушалаймера яра. 2 Амци-ЯхӀус Везачу Элана нийса хеташ долу гӀуллакхаш дора, амма доггах кхочуш ца дора цо иза. 3 Паччахьалла шен карадирзина даьлча, цо паччахь хилла волу шен да вийна болу хьаькамаш байира. 4- 25:4 Карлабаьккхинарг 24:16. Амма Мусан тептар долчу товрат-хьехамашна тӀехь яздинчуьнга хьаьжжина, церан бераш ца дайира Амци-ЯхӀус, хӀунда аьлча цигахь Везачу Эло, весет а деш, аьллера: «Бераша далийтина зулам бахьанехь церан дайша валаран таӀзар такха ца деза. Иштта шайн дайша далийтина зулам бахьанехь бераша а валаран таӀзар такха ца деза. Амма хӀораммо а, даьлла зулам бахьана долуш, валаран таӀзар ша такха деза».
Эдом-махкаца бина тӀом
(ТӀаьххьарнаш 14:7)
5 Амци-ЯхӀус, яхӀудхой схьа а гулбина, ЯхӀуд-тайпанан а, Бен-Яман-тайпанан а гаранашца уьш бекъа а бекъна, эзарнийн а, бӀеннийн а куьйгалхойн кара дӀабелира. ТӀаккха царна юкъара ткъа шо а, цул сов а хан ерш багарбира цо. Царна юкъахь кхо бӀе эзар тоьлла волу, карахь гоьмукъ а, турс а лелалур долу тӀемалой карийра цунна. 6 Исраилхошна юкъара, ши бӀе пунт дети а делла, кхин а доьналла долу цхьа бӀе эзар тӀемало а лецира Амци-ЯхӀус. 7 Эццахь Амци-ЯхӀу волчу Делан стаг веара. Цо элира: «Паччахь! Исраилхойн эскар ма дига хьайца, хӀунда аьлча оцу Эпрайман кӀентий болчу исраилхошца Веза Эла вац. 8 Нагахь ахьа, эскар а дигна, майрра тӀом бахь а, Дала хьан мостагӀашна хьалха вожор ву хьо, хӀунда аьлча Делехь бу хьуна гӀо дан а, хьо вожо а ницкъ».
9 Амци-ЯхӀус Делан стаге элира: «Ткъа айса исраилхойн эскарна деллачу ши бӀе пунт детих хӀун дан деза аса?»
Делан стага элира: «Везачу Элан ницкъ бу хьуна цул сов дала а». 10 Амци-ЯхӀус Эпрайм-махкара ша волчу деана эскар дӀакъастийра, иза шен цӀа дӀадахийтархьама. ТӀаккха, яхӀудхошна чӀогӀа оьгӀаз а бахана, дар а белла, уьш шайн цӀа дӀабахара.
11 Ткъа Амци-ЯхӀус, майра а ваьлла, шен эскар Дуьра-тогӀи олучу метте дигира. Цигахь СеӀир-ломарчу эдомхойх итт эзар стаг хӀаллаквира цо. 12 Царах дийна висина итт эзар стаг йийсаре вигира цара. Уьш, тархана боххье а баьхна, цу тӀера чукхиссира яхӀудхоша. Берриш а, атабелла, дӀабевлира уьш.
13 Ткъа Амци-ЯхӀус, шеца тӀаме а ца дуьгуш, юхадерзийна долчу эскаро ЯхӀуд-махкахь Шамран-гӀалара дуьйна Байт-Хьорон-гӀалина тӀекхаччалц йолу меттигаш яссийна дӀаехира. Цигахь кхо эзар стаг а вийна, шайна дуккха а хӀонс дӀаяьхьира цара.
14 Эдомхошна тӀехь толам а баьккхина, Амци-ЯхӀус СеӀир-лаьмнийн бахархойн цӀу-деланаш схьа а беана, уьш ша волчохь дӀахӀиттийра. Цо царна Ӏибадат а дора, царна лерина хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора. 15 Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Амци-ЯхӀуна. Цо пайхамар вахийтира цунна тӀе. Пайхамаро Амци-ЯхӀуга элира: «Шаьш-шайн халкъ хьан куьйга кӀелара дӀа ца даккхаделлачу, оцу къоман деланех дага хӀунда волу те хьо?»
16 Пайхамаро шега аьллачунна дуьхьал паччахьо жоп делира: «Хьо ву ткъа паччахьан хьехамча хӀоттийна? ДӀасаца, хьо ца вейтархьама».
Пайхамаро, дӀа а соцуш, элира: «Суна хаьа ахьа и гӀуллакх дарна а, сан хьехаме ла ца догӀарна а Дала хьо вен сацам бинийла».
Исраил-махкаца бина тӀом
(ТӀаьххьарнаш 14:8-20)
17 ЯхӀудхойн паччахьо Амци-ЯхӀус, хьехамчех дага а ваьлла, исраилхойн паччахь волчу ЯхӀун кӀентан ЯхӀу-Ахьазан кӀантана ЯхӀуашана тӀе геланчаш бахийтира, иштта дӀаала аьлла: «Ара а валий, юьхь-дуьхьал хӀотта вайшиъ». 18 Ткъа исраилхойн паччахьо ЯхӀуаша яхӀудхойн паччахьна Амци-ЯхӀуна жоп делира: «Ливанун-махкарчу коканийн кулло Ливанун-махкарчу баганан диттана тӀе, нах а бахийтина: „Хьайн йоӀ сан кӀанте маре яийтахьа“, – аьлла. Амма Ливанун-махкара экха схьа а деана, цо и коканийн колл дӀахьаьшна. 19 Ахьа боху: „Аса эдомхошна тӀехь толам баьккхина“. Ткъа хӀинца айхьа и толам баьккхина аьлла, хьан дог курадаьлла. Цул хьайн цӀахь Ӏе хьо. Хьайна бохам хӀунда лоьху те ахьа? ТӀаккха хьо а хӀаллаквийр вара, хьоьца ЯхӀуд-мохк а хӀаллакбийр бара».
20 Амма Амци-ЯхӀус шега бохучуьнга ла ца дуьйгӀира, хӀунда аьлча иза Дала динера, уьш эдомхойн деланашкахьа бирзина дела, ЯхӀуашан кара дӀабалархьама. 21 ТӀаккха исраилхойн паччахь ЯхӀуаш яхӀудхойн паччахьна Амци-ЯхӀуна дуьхьалвелира. И шиъ тӀамца ЯхӀуд-махкарчу Байт-Шамаш олучу гӀалахь дуьхь-дуьхьал кхийтира. 22 Исраилхоша яхӀудхойн эскар дохийра. ТӀаккха эшнарш шайн-шайн цӀа дӀасабевдира. 23 Байт-Шамашехь исраилхойн паччахьо ЯхӀуаша яхӀудхойн паччахь волчу Ахьаз-ЯхӀун кӀентан Юашан кӀант Амци-ЯхӀу схьалецира. ТӀаккха ЯхӀуаша, иза Ярушалайме дӀа а вигина, цигарчу Эпрайман кевнера дуьйна Сонехь долчу кевнна тӀекхаччалц диъ бӀе дол барамехь болу Ярушалайман пен бохийра. 24 Делан цӀа чуьра Ӏабади-Эдоман карахь долу дерриге а деши, дети, ерриге а пхьегӀаш дӀаяьхьира ЯхӀуаша. Иштта паччахьан ерриге а еза хӀуманаш а дӀа а хьош, лечкъийна, царах хӀума яккха дагахь, шеца адамаш а дуьгуш, Шамран-гӀала юхавирзира иза.
25 ЯхӀудхойн паччахь волчу Юашан кӀант Амци-ЯхӀу исраилхойн паччахь хилла волу ЯхӀу-Ахьазан кӀант ЯхӀуаш веллачул тӀаьхьа пхийтта шарахь вехира. 26 Амци-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – дуьххьарлерчунна тӀера тӀаьхьарчунна тӀекхаччалц – яздина ду ЯхӀудхойн а, исраилхойн а паччахьийн тептар тӀехь. 27 Амци-ЯхӀу Везачу Элах дӀавирзинчул тӀаьхьа, Ярушалаймехь цунна дуьхьал ямартлонца барт бира. Иза Лахиш-гӀала ведда дӀавахара. ТӀаккха, цунна тӀаьхьа Лахиш-гӀала нах а бахийтина, Амци-ЯхӀу цигахь вийра. 28 Амци-ЯхӀун дакъа, говрашца схьа а деана, шен дай дӀабоьхкинчу ЯхӀуд-мехкан коьртачу гӀалахь дӀадоьллира.
26ЯхӀудхойн паччахь Ӏузи-ЯхӀу
(ТӀаьххьарнаш 14:21, 22; 15:1-7)
1 ТӀаккха яхӀудхойн массо а халкъо ялхитта шо кхаьчна волу Ӏузи-ЯхӀу+ 26:1 *Ӏузи-ЯхӀу *– кхечу тептарш тӀехь иза кхин а Ӏазар-ЯхӀу цӀе йолуш ву.*, шен ден метта, паччахь а вина, дӀахӀоттийра. 2 Ӏузи-ЯхӀу вара шен да Амци-ЯхӀу-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхеттачул тӀаьхьа, Элат-гӀала метта а хӀоттийна, иза ЯхӀудан халкъана юхаерзийнарг.
3 Ӏузи-ЯхӀун ялхитта шо дара, иза паччахь дӀахӀуттуш. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шовзткъе шийтта шарахь паччахьалла дира. Ӏузи-ЯхӀун ненан цӀе Яхул-ЯхӀу яра. Иза Ярушалаймера яра. 4 Шен дас Амци-ЯхӀус лела мел динарг санна, Ӏузи-ЯхӀус а леладора Везачу Элана нийса хетарг. 5 Деле болчу ларамах дуьзна хила дезар хьехна волу Закри-ЯхӀу волчу заманахь Ӏузи-ЯхӀу Дела лоьхуш лелара. Везачу Элехьа вирзина иза мел лела, Дала цуьнан аьтто болуьйтура.
6 Ӏузи-ЯхӀус, ара а ваьлла, пӀелаштамхошца тӀом бира. Гати-гӀалин а, Ябни-гӀалин а, Ашдод-гӀалин а, пенаш доха а дина, Ашдод-махкахь а, пӀелаштамхой бехачохь а гӀаланаш дӀахӀиттийра цо. 7 ПӀелаштамхошна а, Гур-БаӀалехь бехачу Ӏаьрбихошна а, маӀунхошна а дуьхьал тӀом бан гӀо дора Дала Ӏузи-ЯхӀуна. 8 Ӏамминхоша Ӏузи-ЯхӀуна ял лора. Мисар-мехкан дозанна тӀекхаччалц а цӀе яханера цуьнан, хӀунда аьлча иза дикка ницкъ болуш дӀахӀоьттинера.
9 Ярушалаймерчу пенан Сонехь долчу кевнна а, ТогӀин кевнна тӀехь а, АгӀонна тӀехь долчу кевнна тӀехула а бӀаьвнаш яйтира Ӏузи-ЯхӀус. ТӀаккха и бӀаьвнаш чӀагӀъяйтира цо. 10 Яьссачу аренгахь а бӀаьвнаш дӀахӀиттийра цо. Иштта дуккха а гӀунаш яхийтира цо, хӀунда аьлча дуккха а жаш а, бажанаш а дара цуьнан акъарешкахь а, шерачу аренгахь а. Лаьмнашкахь а, Кармал-лома тӀехь а латталелорхой а, кемсашлелорхой а бара Ӏузи-ЯхӀун, цунна латта дукхадезарна.
11 Ӏузи-ЯхӀун доккха эскар дара. Иза цхьацца эскаран тобанашца тӀаме арадолура. Уьш, багар а бина, тептар тӀехь дӀаязбинера йозанча волчу ЯӀиала а, тхьамда волчу МаӀсей-ЯхӀус а. И шиъ паччахьан хьаькамех цхьаъ волчу Хьанан-ЯхӀун куьйга кӀел лелара. 12 Эскаран тӀемалошна тӀехь хӀоттийна доьзалийн хьаькамаш бара. Уьш верриге а ши эзар ялх бӀе стаг вара. 13 Доьзалийн оцу хьаькамийн куьйгаллехь эскар дара, мостагӀчунна дуьхьал тӀом бечу хенахь паччахьна гӀо дан. Эскарна чувогӀура тӀом балуш волу а, доьналла долу а кхо бӀе ворхӀ эзар пхи бӀе стаг. 14 Оцу дерриге а эскарна лерина Ӏузи-ЯхӀус тӀеман гӀирс кечбайтира: турсаш, гоьмукъаш, гӀемаш, гӀаьгӀнаш, секхаӀедаш, ширдолаган тӀулгаш. 15 Ярушалаймехь говзаллица бина гӀирсаш байтира цо. Уьш гӀалин пенан бӀаьвнаш тӀехь а, сенаш тӀехь а дӀахӀиттийнера, пхерчий а, даккхий тӀулгаш а кхиссархьама. Цуьнан цӀе геннарчу мехкашкахь а йоккхура, хӀунда аьлча, тамашийначу тайпана гӀо а хилла, ницкъ болуш дӀахӀоьттинера иза.
Кураваларна Ӏузи-ЯхӀуна дина таӀзар
16 Ша ницкъ а болуш дӀахӀоьттича, Ӏузи-ЯхӀун дог шена бохамна кураделира. Шен Везачу Далла дуьхьал къа латийра цо, хӀунда аьлча иза ша чувелира Везачу Элан цӀа чу, цу чохь хаза хьожа йогӀу хӀума ягорхьама. 17 Динан да Ӏазар-ЯхӀу а, цуьнца Везачу Элан тоьлла волу везткъа динан да а вахара паччахьна тӀаьхьахӀоьттина. 18- 26:18 Арадаккхар 30:7, 8; Лелар 3:10. Цара, Ӏузи-ЯхӀу-паччахьна дуьхьало а йина, цуьнга элира: «Ӏузи-ЯхӀу, ахьа яго ца еза Везачу Элана лерина хаза хьожа йогӀу хӀума. Иза оцу гӀуллакхна къобалвинчу АхӀаронан тӀаьхьенах болчу динан дайн гӀуллакх ду. Аравала Делан цӀа чуьра, хӀунда аьлча ахьа къа латийна, ткъа иза Везачу Элана гергахь хьан сийнна хир дац».
19 Ӏузи-ЯхӀу чӀогӀа оьгӀазвахара. Ткъа цуьнан карахь яра хаза хьожа йогӀу хӀума чохь ягош йолу пхьегӀа. ТӀаккха, иза динан дайшна оьгӀазвахча, цуьнан хьаж тӀехь дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар гучуелира. Иза хилира динан дайшна хьалххахь, Везачу Элан цӀа чохь, хаза хьожа йогӀу хӀума ягочу кхерчана уллохь. 20 Коьрта динан да волу Ӏазар-ЯхӀу а, берриге а динан дай а Ӏузи-ЯхӀуга дӀахьаьжча, царна цуьнан хьаж тӀе даьлла чкъуран цамгаран даӀ гира. Цара паччахь араваккха хьовзийра, ткъа иза-м ша а вара аравала сихвелла, шена Везачу Эло таӀзар дина дела.
21 Ша велла дӀаваллалц и цамгар текхира Ӏузи-ЯхӀус. Везачу Элан цӀийнах дӀа а къастийна, къаьсттина лаьттачу цӀа чохь Ӏийра иза. Ткъа паччахьан кӀанта Йовтама паччахьан цӀенна тӀехь куьйгалла а дора, мехкан халкъана тӀехь урхалла а дора.
22 Ӏузи-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – дуьххьарлерчунна тӀера тӀаьхьарчунна тӀекхаччалц – яздина Амосан кӀанта ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро. 23- 26:23 ЕшаӀ-ЯхӀу 6:1. Ӏузи-ЯхӀу, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Царна уллохь иза паччахьийн къуббанийн аренгахь дӀавоьллира, хӀунда аьлча цунах лаьцна олура: «Цунна дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар кхетта». Ӏузи-ЯхӀун метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Йовтам.
27ЯхӀудхойн паччахь Йовтам
(ТӀаьххьарнаш 15:32-38)
1 Йовтаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Йовтама ялхитта шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цӀе Яруша яра, иза ЦӀадукъин йоӀ яра. 2 Шен дас Ӏузи-ЯхӀус+ 27:2 *Ӏузи-ЯхӀу *– кхечу тептарш тӀехь иза кхин а Ӏазар-ЯхӀу цӀе йолуш ву.* санна, Йовтама Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора. Амма Везачу Элан цӀа чу ца волура иза. Ткъа халкъо кхидӀа а къинош летадора.
3 Везачу Элан цӀийнан кертара Лакхара ков юхаметтахӀоттийнарг Йовтам вара. Иштта Ӏупал-гу болчу пенна тӀехь а дуккха а кхиболу чӀагӀдаран белхаш байтира цо. 4 ЯхӀуд-махкарчу лам тӀехь гӀаланаш а, хьаннашкахь гӀепаш а, бӀаьвнаш а дӀахӀиттаяйтира Йовтама. 5 Ӏамминхойн паччахьца тӀом а бина, уьш эшийра цо. Цу шарахь йолана ши бӀе пунт дети а, шовзткъе итт эзар гали кӀа а, шовзткъе итт эзар гали мукх а белира Ӏамминхоша Йовтамна. Изза дора Ӏамминхоша шолгӀачу а, кхозлагӀчу а шерашкахь а. 6 Йовтаман иштта ницкъ бара, цо шен Везачу Далла хьалха нийса некъаш лелош хилла дела. 7 Йовтаман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел бинчу тӀамах а, цуьнан леларх а лаьцна – яздина ду Исраилхойн а, яхӀудхойн а паччахьийн тептар тӀехь. 8 Йовтаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Цо ялхитта шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. 9 ТӀаккха Йовтам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Даудан гӀалахь дӀавоьллира иза. Йовтаман метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Ахьаз.
28ЯхӀудхойн паччахь Ахьаз
(ТӀаьххьарнаш 16:1-4)
1 Ахьазан ткъа шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Цо Ярушалаймехь ялхитта шарахь паччахьалла дира. Ша схьаваьллачу Даудах терра а ца лелаш, Везачу Элана нийса хеташ долу гӀуллакхаш ца леладора Ахьаза. 2 Ахьаз а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош. Ур-атталла БаӀал-харцдалла Ӏибадат дарна а цӀуш боттийтира цо. 3 Бен-ХӀинам-тогӀи чохь хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайойтура, шен кӀентий цӀерах чекх а бохуьйтура Ахьаза, Везачу Эло исраилхошна юкъара дӀалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гӀуллакхаш а лелош. 4 Гунаш тӀехь а, баьрзнаш тӀехь а, муьлххачу а ӀиндагӀ луш долчу диттана кӀел а сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора Ахьаза.
ЯхӀудхоша Сирин а, Исраилан а мехкашца бина тӀом
(ТӀаьххьарнаш 16:5)
5- 28:5, 6 ТӀаьххьарнаш 16:5; ЕшаӀ-ЯхӀу 7:1. Цу бахьаненна Ахьазан Везачу Дала иза арамхойн паччахьан кара дӀавелира, ткъа вукхо боккха толам баьккхира цуьнан эскарна тӀехь. Дуккха а яхӀудхой, йийсар а дина, Дамасакхе дӀабигира арамхоша. Иштта Ахьаз а исраилхойн паччахьан кара дӀавелира, исраилхоша а боккха толам баьккхира цуьнан эскарна тӀехь. 6 ЯхӀудхойн доьналла долу цхьа бӀе ткъа эзар тӀемало цхьана дийнахь тоьхна охьавиллира исраилхойн паччахь волчу Рамли-ЯхӀун кӀанта Пикхахьис. Иза хилира яхӀудхоша шайн дайн Дела волу Веза Эла дӀатесна дела. 7 Ткъа эпраймхойн тӀемалошна юкъара волчу Зикрас паччахьан кӀант МаӀсей-ЯхӀу а, паччахьан цӀентӀехь хьаькам волу Ӏазрикхам а, паччахьал тӀаьхьа шолгӀаниг ларалуш волу Элкхан а вийра. 8 Шайн вежарий болчу яхӀудхойн ши бӀе эзар зуда а, кӀентий а, йоӀарий а, йийсар а дина, дӀабигира исраилхоша. Иштта, йоккха хӀонс а яьккхина, Шамран-гӀала дӀаяхьийтира цара.
Ӏудад-пайхамар
9 Цигахь вехаш Везачу Элан пайхамар вара. Цуьнан цӀе Ӏудад яра. Шамран-гӀала юхадоьрзуш долчу эскарна дуьхьал а вахана, оцу пайхамаро цаьрга элира: «Шун дайн Дела волчу Везачу Эло Ша оьгӀазвахханчохь яхӀудхой шун кара дӀабелира. Ткъа аша цаьрца лелийна йолу сел йоккха къизалла, стигала хьалакхаьчна. 10 ХӀинца яхӀудхой а, ярушалаймхой а, дӀа а бигна, царах шайн леш бан дохку шу. Шайн Везачу Далла хьалха шаьш а бехке дац моьтту ткъа шуна? 11 Аша, соьга ла а догӀий, шаьш йийсаре буьгуш болу шайн вежарий яхӀудхой юхаберзабе, хӀунда аьлча Везачу Элан чӀогӀа дералла ю шуна тӀехь».
12 ТӀаккха Эпрайман тайпанах болчу хьаькамех цхьаберш тӀамера юхабоьрзуш болчарна дуьхьал бевлира. Уьш бара: ЯхӀу-Хьанин кӀант Ӏазар-ЯхӀу, Машли-МутӀин кӀант Берех-ЯхӀу, Шалуман кӀант Яхьизакх-ЯхӀу, Хьадлайн кӀант Ӏамасаъ. 13 Цара элира: «Ма балабе кху чу йийсар динарш, хӀунда аьлча вай къа латор ду Везачу Элана хьалхахь. Вай летийначу къиношна а, вай динчу зуламашна а кхин а тӀетоха ойла-м яц те шун? Исраилан халкъана тӀехь Везачу Элан чӀогӀа йолу дералла хиллал хӀинцале а боккха бехк бу вайна тӀехь». 14 ТӀаккха тӀемалоша шаьш йийсаре буьгурш а, схьаэцна йолу хӀонс а халкъан куьйгалхойн а, халкъан берриг а гуламан кара дӀаелира. 15 ЦӀераш яьхначу исраилхойн веа куьйгалхочо, шаьш йийсаре дуьгучу халкъана юкъахь берзина хилла болчарна, хӀонсана юкъара схьаэцна бедарш а тӀеюьйхира, царна мачаш а елира. Иштта юург а, мерг а елира, зайтдаьтта а хьаькхира царна. Царах гӀора доцурш берриш а, варрашна тӀе а ховшийна, шех хурма-диттийн гӀала олучу Ерихоне, церан вежарий болчу, дӀахьажийра, ткъа шаьш Шамран-гӀала юхабирзира уьш.
Ахьаза Ашур-мехкан паччахье гӀо дехар
(ТӀаьххьарнаш 16:7-9)
16 Цу хенахь Ахьаз-паччахьо Ашур-мехкан паччахьна+ 28:16 *Цхьана Ӏебархойн тептар тӀехь а, грекийн гочдар тӀехь а: *Ашур-мехкан паччахьна тӀе. *Вукху Ӏебархойн тептаршна тӀехь: *Ашур-мехкан паччахьашна тӀе.* тӀе геланчаш бахийтира, шена гӀо доьхуш, 17 хӀунда аьлча эдомхоша цул тӀаьхьа, схьа а богӀий, дуккха а долчу адамна етта а еттара, уьш йийсаре а буьгура. 18 ЯхӀуд-мехкан акъарешкара а, къилбехьара а йолчу гӀаланашна тӀелетира пӀелаштамхой. Байт-Шамаш, Айлон, Гадирут, Соха, Тамна, Гимзу гӀаланаш а, цаьрца йоьзна йолу ярташ а, схьа а яьхна, царна чохь баха охьахевшира уьш. 19 ЯхӀудхойн паччахь Ахьаз бахьана долуш иштта сийсаздаьккхира Везачу Эло ЯхӀудан халкъ, хӀунда аьлча иза, ЯхӀуд-махкахь зуламаш дар а магош, Везачу Элана чӀогӀа тешаме воцуш лелара. 20 Ашурхойн паччахь ТилгӀат-Пилнасар веара Ахьаз волчу, амма шегара гӀо хиларан метта, бале велира иза цунна. 21 ХӀунда аьлча Ахьаза Везачу Элан цӀа чуьра а, паччахьан цӀа чуьра а, элашкара а еза хӀуманаш, схьа а эцна, ашурхойн паччахье дӀаелира, амма и шадерг гӀоьнна ца хилира цунна.
Ахьазан къинош
22 Ур-атталла ша холчу хӀоьттинчу хенахь а Ахьаз-паччахь кхидӀа а Везачу Элана тешаме воцуш лелара. 23 Шена тӀехь толам баьккхинчу Дамасакхерачу деланашна лерина сагӀанаш дохура Ахьаза, хӀунда аьлча цо ойла йира: «Арамхойн паччахьийн деланаша царна гӀо дина хилча, аса а дохур ду царна сагӀанаш, цаьрга сайна гӀо дайтархьама», – аьлла. Амма и деланаш Ахьазана а, дерриг а Исраилан халкъана а эшамна хилира. 24 Делан цӀа чуьра пхьегӀаш дӀа а гулйина, уьш йохийра Ахьаза. Ткъа Везачу Элан цӀийнан неӀарш дӀа а къевлина, Ярушалаймехь массо а маьӀӀехь сагӀа доккху меттигаш йира цо. 25 ЯхӀуд-махкарчу ерриге а гӀаланашкахь кхечу деланашна сагӀа доккху гунаш а дина, шен дайн Дела волу Веза Эла дарвора цо.
26 Ахьазан кхидолчу гӀуллакхех а, цо лелийначух а лаьцна – дуьххьарлерчунна тӀера тӀаьхьарчунна тӀекхаччалц – яздина ду ЯхӀудхойн а, исраилхойн а паччахьийн тептар тӀехь. 27- 28:27 ЕшаӀ-ЯхӀу 14:28. ТӀаккха Ахьаз, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Ярушалайм-гӀалахь дӀавоьллира, амма исраилхойн паччахьийн къуббанашкахь дӀа ца воьллира иза. Ахьазан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Яхьизакх-ЯхӀу+ 28:27 *Ӏебархойн тептар тӀехь: *Яхьизакх-ЯхӀу. *Иза «Хьузакх-ЯхӀун» кхин цӀе ю.*.
29ЯхӀудхойн паччахь Хьузакх-ЯхӀу
(ТӀаьххьарнаш 18:1-3)
1 Паччахь дӀахӀуттучу хенахь Хьузакх-ЯхӀун+ 29:1 *Ӏебархойн тептар тӀехь: *Яхьизакх-ЯхӀу. *Иза «Хьузакх-ЯхӀун» кхин цӀе ю.* ткъе пхи шо дара. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, ткъе исс шарахь паччахьалла дира Хьузакх-ЯхӀус. Цуьнан ненан цӀе яра Аби-ЯхӀу, ткъа иза Закри-ЯхӀун йоӀ яра. 2 Ша схьаваьллачу Дауд-паччахьо лела мел динарг санна, Хьузакх-ЯхӀус а леладора Везачу Элана нийса хеташ дерг.
Везачу Элан цӀа цӀандар
3 Ша паччахь хилла дӀахӀоьттинчу хьалхарчу шеран хьалхарчу баттахь Хьузакх-ЯхӀус, Везачу Элан цӀийнан неӀарш дӀа а йиллина, уьш тояйтира. 4 Левихой а, динан дай а шена тӀебахкар тӀедиллира Хьузакх-ЯхӀус. Уьш Делан цӀенна малхбалехь йолчу майданахь схьагулбира цо. 5 Цаьрга цо элира: «Левихой, ладогӀалаш соьга! ХӀинца шаьш а Далла гергахь цӀанло, шайн дайн Дела волчу Везачу Элан цӀа а цӀанде. Цу цӀенна чуьра Далла хьалха боьха мел долу хӀума аракхосса. 6 Вайн дай, вайн Везачу Далла зуламе хеташ долу хӀуманаш а лелош, Далла тешаме боцуш бара. Цара, Иза дӀа а тесна, Везачу Элан цӀийнах дӀа а бевлла, Цунна букъ берзийнера. 7 Цара Везачу Элан цӀийнан ученна чу волу неӀ а дӀакъевлира, къуьданаш а дӀабойура. Иштта хаза хьожа йогӀу хӀума а ца ягайора, дезачу цӀа чохь Исраилан халкъан Далла лерина дийнаташ дагоран сагӀа а ца доккхура цара. 8 ТӀаккха Веза Эла оьгӀазвахара ЯхӀудан а, Ярушалайман а бахархошна. Нах Ӏада а бойтуш, инзар а болуьйтуш, белам бойтуш а хӀума царах йира Цо, шуна шайна ма-гарра. 9 Иштта туьро байира вайн дай, цундела вайн кӀентий а, йоӀарий а, зударий а хӀинца хийрачу махкахь йийсарехь бу.
10 ХӀинца Исраилан халкъан Везачу Элаца барт бан дагадеана суна, Цуьнга Шен чӀогӀа йолу дералла вайна тӀера дӀаяккхийтархьама. 11 Сан хьоме левихой! Ларам боцуш ма хилалаш, хӀунда аьлча Везачу Эло шу хаьржина, Шена уллохь хилийтархьама а, шуьга Шена лерина гӀуллакх дайтархьама а, шу Шена гӀуллакх дийраш а, хаза хьожа йогӀу хӀума ягораш а хилийтархьама а».
12 ТӀаккха хӀара левихой гӀуллакхаш кхочушдан хӀиттира:
КхахӀатан тӀаьхьенах волу Ӏамсайн кӀант Махьат а, Ӏазар-ЯхӀун кӀант Юал а;
Мерарин тӀаьхьенах волу Ӏабдин кӀант Къуша а, ЯхӀалал-Элан кӀант Ӏазар-ЯхӀу а;
ГӀиршанан тӀаьхьенах волу Замин кӀант Юахьи а, Юахьин кӀант Ӏедан а;
13 Эли-Цапанан тӀаьхьенах волу Шимра а, ЯӀиал а;
Асайпан тӀаьхьенах волу Закри-ЯхӀу а, Матан-ЯхӀу а;
14 ХӀайманан тӀаьхьенах волу Яхьиал а, ШамаӀи а;
Ядутунан тӀаьхьенах волу ШамӀа-ЯхӀу а, Ӏузиал а.
15 Цара, шайн вежарий схьа а гулбина, Далла гергахь цӀано йира. ТӀаккха, Везачу Эло аьлла ма-хиллара, паччахьан омра кхочуш а деш, Везачу Элан цӀа цӀан а деш, даздан бахара уьш. 16 Цара Везачу Элан цӀа чохь шайна карийна Далла гергахь боьха мел долу хӀума цӀийнан керта арадаьккхира. Ткъа левихоша, уьш Кхидрун-тогӀи чу дӀакхиссархьама, дӀаийцира.
17 Шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь цара Везачу Элан керт язъян йолийра. Цу беттан борхӀалгӀачу дийнахь уьш Везачу Элан цӀийнан ученна тӀекхечира. Кхин а бархӀ дийнахь Далла хьалха даздира цара Везачу Элан цӀа. Оцу хьалхарчу беттан ялхитталгӀачу дийнахь цара и гӀуллакх чекхдаьккхира.
Везачу Элан цӀа юха а Делан кара дӀадалар
18 ТӀаккха, Хьузакх-ЯхӀун цӀа а баьхкина, цара элира: «Оха Везачу Элан цӀа а цӀандина, дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч а цӀанбина, цуьнца йоьзна йолу ерриге пхьегӀаш а цӀанйина. Иштта даздина долу бепиг тӀедуьллу стол а, цуьнца йоьзна йолу пхьегӀаш а цӀанйина. 19 Ахьаз-паччахьо, ша паччахьалла динчу хенахь, Делан лаамехь доцург а лелош, дӀаяьхна хилла йолу ерриге а пхьегӀаш, оха, кеч а йина, язйина. Уьш Везачу Элан сагӀа доккхучу кхерчана хьалха дӀахӀиттийна».
20 ШолгӀачу Ӏуьйранна, хьалххе хьала а гӀаьттина, гӀалин куьйгалхой схьа а гулбина, Везачу Элан цӀенна тӀе вахара Хьузакх-ЯхӀу-паччахь. 21 Цара ворхӀ старгӀа а, ворхӀ уьстагӀ а, ворхӀ боьрша Ӏахар а, ворхӀ бож а еара пачхьалкхан къиношна тӀера а, Везачу Элан цӀийнан езачу чоьнна тӀера а, ЯхӀудан халкъана тӀера а. АхӀаронан тӀаьхьенах болчу динан дайшна тӀедиллира паччахьо и дийнаташ сагӀа доккхучу Везачу Элан кхерчана тӀехь дагор. 22 Динан дайша, старгӀанашна урс а хьаькхна, церан цӀийн цинцаш сагӀа доккхучу кхерчана тӀетуьйхира. Цул тӀаьхьа цара, уьстагӀашна урс а хьаькхна, церан цӀийн цинцаш сагӀа доккхучу кхерчана тӀетуьйхира. Иштта Ӏахаршна урс а хьаькхна, церан цӀийн цинцаш сагӀа доккхучу кхерчана тӀетуьйхира цара. 23 ТӀаккха, къиношна тӀера урс хьакха ялийна йолу бежалой паччахьна а, халкъан гуламна а хьалха дӀа а хӀиттийна, царна тӀе куьйгаш дехкира. 24 Царна урс а хьаькхна, берриге а Исраилан халкъан къинош дӀадахархьама, бежалойн цӀийн цинцаш туьйхира кхерча тӀе. ХӀунда аьлча паччахьо омра динера берриге а Исраилан халкъана тӀера дийнаташ дагоран сагӀа а, къинойх цӀандаларан сагӀа а даккха аьлла.
25 Дауда а, Делера дерг гуш волчу, паччахьан пайхамар волчу Гадас а, Ната-пайхамаро а тӀедиллина ма-хиллара, – ткъа и тӀедиллар Везачу Элера долу дела – Хьузакх-ЯхӀу-паччахьо Везачу Элан цӀийнан кертахь, тайп-тайпана дечиг-пондарш а, цӀастанан жима негӀарш а карахь долу левихой дӀахӀиттийра. 26 Дауд-паччахьо юкъабаьккхина хилла гӀирс карахь болу левихой а, локху турбанаш карахь йолу динан дай а дӀахӀиттийча, 27 Хьузакх-ЯхӀус омра дира, дагоран сагӀина урс хьаькхна долу дийнаташ кхерча тӀе дахка аьлла. СагӀа даккха долийча, локхучу турбанашца а, исраилхойн паччахь хилла волчу Даудан гӀирсашца а зурма а лоькхуш, Везачу Элана лерина эшарш лекха йолийра. 28 Халкъан берриг а гуламо а Ӏибадат дора, илланчаша эшарш лоькхуш а, турбанаш екаш а йолчу хенахь. Иза иштта лаьттара, дийнаташ дагоран сагӀа даккхар чекхдаллалц. 29 Дийнаташ дагоран сагӀа даккхар чекхдаьлча, паччахьо а, цуьнца болчу массара а, суждане а бахана, Ӏибадат дира. 30 Хьузакх-ЯхӀу-паччахьо а, баьччанаша а левихошка омра дира, Дауда а, Делера дерг гуш хилла волчу Асайп-пайхамаро а яздинчу дешнашца Везачу Элана хастамаш бе аьлла. Халкъо хазахетарца эшарш а лоькхура, уьш суждане а боьлхура, цара Везачу Элана Ӏибадат а дора.
31 Хьузакх-ЯхӀус, вист а хуьлуш, элира: «ХӀинца аша шаьш Везачу Элана лерина дӀакъастор чекхдаьлла. Дуьло, Везачу Элан цӀа долчу бертан а, баркаллин а сагӀанаш даладе». ТӀаккха халкъан гуламо бертан а, баркаллин а сагӀанашна дийнаташ даладора. Шен даг чохь лаам болчу хӀораммо а дагоран сагӀанаш даха дийнаташ даладора. 32 Халкъан гуламо дагоран сагӀа даккха далийначу дийнатийн барам иштта бара: кхузткъе итт сту, цхьа бӀе уьстагӀ, ши бӀе боьрша Ӏахар. И дерриге а Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагӀа даккха далийнера. 33 Кхин а ялх бӀе дийнат хьайбанийн юкъара а, кхо эзар – жен юкъара а далийнера бертан а, баркаллин а сагӀанашна. 34 Ткъа динан дай кӀеззиг болу дела, уьш лара ца бора дагоран сагӀина далийначу дерриг а дийнаташна тӀера цӀокарчий схьаяха. Цундела царна гӀо дора церан вежарий болчу левихоша. Кхиболу динан дай цӀанбаллалц а, сагӀа доккху и гӀуллакх чекхдаллалц а гӀо дира цара. ХӀунда аьлча левихой шаьш Далла гергахь цӀанбарна тӀехь динан дайл а лерина лелара. 35 Оцу дийнаташ дагоран сагӀина дахьаш долчу хӀуманна тӀекхетара боккхачу барамехь долу барт баран сагӀанийн мохь а, чагӀаран сагӀина дахьаш долу малар а.
Иштта меттахӀоттийра Везачу Элан цӀенца доьзна долу гӀуллакх дар. 36 Хьузакх-ЯхӀу а, дерриг халкъ а чӀогӀа самукъадаьлла дара Дала Шен халкъана диначунна, хӀунда аьлча иза сихха кхочушхилира.
30Пасахьан деза де даздарна кечам бар
1 Берриге а Исраил-мехкан а, ЯхӀуд-мехкан а меттигашка геланчаш бахийтира Хьузакх-ЯхӀус. Иштта Эпрайм-махка а, Маннаш-махка а кехаташ яздира цо, дерриг а цигара халкъ Ярушалаймехь лаьтташ долу Везачу Элан цӀа долчу даладе аьлла, Исраилан халкъан Везачу Далла лерина Пасахьан дезде даздархьама. 2- 30:2, 3 Лелар 9:9-11. Паччахьо а, цуьнан баьччанаша а, Ярушалаймерчу берриге а гуламо а кхеташонехь сацам бира, шеран шолгӀачу баттахь Везачу Элана лерина долу Пасахь олу дезде даздийр ду аьлла. 3 И гӀуллакх цул хьалха билгалъяьккхинчу хенахь кхочушдар ца нисделлера церан, Далла гергахь цӀанбеллачу динан дайн барам кхоччуш ца хилла дела а, халкъ Ярушалайме схьагулделла ца даьлла дела а. 4 Паччахьна а, берриге гуламна а и сацам хазахийтира. 5 ТӀаккха Беар-ШабаӀ-гӀалара дуьйна Дан-гӀалина тӀе кхаччалц, берриге а Исраил-махкахула кхайкхам бар билгалдаьккхира. И кхайкхам бинера, Ярушалайме халкъ схьагулдайтархьама. ХӀунда аьлча Исраилан Везачу Далла лерина долу Пасахьан дезде, товрат-хьехамаш тӀехь яздина ма-хиллара, иштта дуккха а цхьаьна долчу халкъаца даздар кхочуш ца динера. 6 Берриге а Исраил-махкахула а, ЯхӀуд-махкахула а паччахьан а, цуьнан баьччанийн а кехаташ дӀасадаржош бахара геланчаш. Паччахьо динчу омрица кехата тӀехь яздина дара:
«Исраилан халкъ! ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Исраилан а Дела волчу Везачу Элана тӀедерзалаш, тӀаккха ашурхойн паччахьан карара схьабевллачу дийна бисинчарна тӀевоьрзур ву Иза а. 7 Шайн дайн Дела волчу Везачу Элана тешаме ца хиллачу шайн дайх а, вежарех а дӀа ма тарлолаш. Шена тешаме ца хиларна, адам инзардолуьйту хӀума йира Цо царах. 8 ХӀинца дуьйна шайн дайн санна къиза дегнаш долуш ма хилалаш, ткъа Везачу Элана муьтӀахь хилалаш. Цо гуттаренна а даздина долчу, Цуьнан цӀенна тӀе дуьйла. Шайн Везачу Далла гӀуллакх де, тӀаккха Цо Шен чӀогӀа йолу дералла шуна тӀера дӀайоккхур ю. 9 Шун дегнаш Везачу Элана тӀе юхадирзича, шун вежарех а, шун берех а уьш йийсаре бигначара къинхетам бийр бу. ТӀаккха уьш кху махка юхабоьрзур бу, хӀунда аьлча шун Веза Дела дика а, къинхетаме а ма ву. Нагахь санна шу Цунна тӀедерзахь, Иза шух дӀавоьрзур вац».
10 Эпрайман а, Маннашан а мехкашкахула, Забулан махка тӀекхаччалц, цхьана гӀалара вукху гӀала боьлхура геланчаш. Ткъа адамаш царах доьлуш а, кхаьрдаш а дара. 11 Делахь а, Ашаран а, Маннашан а, Забулан а тайпанех болчу цхьаболчара, къар а белла, ладуьйгӀира цаьрга. Уьш Ярушалайме баьхкира. 12 ЯхӀуд-махкахь, адамашна цхьаалла а луш, Дала халкъ иракарахӀоттийра, Везачу Эло аьлла ма-хиллара, паччахьан а, цуьнан баьччанийн а омра кхочушдархьама.
Пасахьан дезде даздар
13 Шеран шолгӀачу баттахь Ярушалаймехь вуно дукха адам гулделира, Совсазчу баьпкан дезде даздархьама. Гулам дикка боккха бара. 14 Гулбеллачара, хьала а гӀевттина, Ярушалаймехь цӀушна лерина дагоран сагӀа доккхуш хилла болу кхерчаш бохийра. Иштта, цӀушна лерина хаза хьожа йогӀу хӀума ягош болу берриге а гӀирс, боха а бина, Кхидрун-тогӀи чу кхоьссира цара. 15 ТӀаккха шолгӀачу беттан дейтталгӀачу дийнахь Пасахьан Ӏахарна урс хьаькхира цара. Динан дайша а, левихоша а, эхь а хетта, цӀан а белла, Везачу Элан цӀийнан керта дагоран сагӀа даккха дийнаташ далийра. 16 Делан стаг волчу Мусан товрат-хьехам тӀехь яздина ма-хиллара, шайна тӀедиллина ма-хиллара, шайна билгалъяьхначу меттигашка дӀахӀиттира уьш. Динан дайша, левихойн карара схьа а оьцуш, цӀийн цинцаш тухура. 17 Гулбеллачарна юкъахь Далла гергахь шаьш дӀахӀитта цӀанбалаза берш тӀех дукха хиларна, церан Пасахьан Ӏахарий Везачу Элана лерина хилийта ца хӀуьттура уьш. Церан метта Пасахьан Ӏахаршна урс хьаькхира левихоша. 18 Халкъана юкъара дукхахберш Далла гергахь цӀанбалаза бара. Уьш дукхахьолахь Эпрайман а, Маннашан а, Иссарханан а, Забулан а тайпанех бара. Делахь а, хила ма-дезза иза доццушехь, цара а йоура сагӀина беанчу Пасахьан Ӏахарх йолу хӀума. 19 Ткъа Хьузакх-ЯхӀус царна тӀера доӀа дира. Цо элира: «Шена хьалха цӀанвалаза висинехь а, шен дог шайн дайн Дела волу Веза Эла лахарна тӀедерзийна волчу хӀоранна а дика волчу Везачу Эло гечдойла!» 20 Хьузакх-ЯхӀун доӀа дӀа а хезна, Везачу Эло халкъана гечдира. 21 Ярушалайме баьхкинчу исраилхоша чӀогӀа самукъадаларца ворхӀ дийнахь даздира Совсазчу баьпкан дезде. Левихоша а, динан дайша а Везачу Элана хастамаш барна леринчу зевнечу зурманийн гӀирсашца хӀора дийнахь Цунна хастамаш бора. 22 Кхетам а болуш, Везачу Элана дика гӀуллакх деш бохкучу левихошна тамехь дерг олура Хьузакх-ЯхӀус. Шайн дайн Дела волу Веза Эла хеста а веш, Цунна лерина бертан сагӀа а доккхуш, дезачу деношна билгалъяьккхина йолу хӀума йиира цара ворхӀ дийнахь. 23 Гулбеллачу массара а сацам бира и дезде кхин а ворхӀ дийнахь даздан. ТӀаккха самукъадаларца кхин а ворхӀ де даьккхира цара, и де даздеш. 24 ЯхӀудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхӀус цхьа эзар сту а, ворхӀ эзар уьстагӀ а беанера сагӀина гулбеллачарна тӀера. Иштта баьччанаша а беанера цхьа эзар сту а, итт эзар уьстагӀ а. ТӀаккха динан дайшна юкъара дуккхамо а, Далла гӀуллакх дарна дӀа а къаьсташ, шаьш цӀанбира. 25 ЯхӀуд-махкара схьабаьхкинчу массеран а самукъадаьллера. Иштта самукъадаьлла бара динан дай а, левихой а, Исраил-махкара схьадеана халкъ а, ЯхӀуд-махкахь тӀебаьхкинарш санна Ӏаш болу исраилхой а. 26 Ярушалаймехь доккха хазахетар хиллера, хӀунда аьлча исраилхойн паччахь хиллачу Даудан кӀентан Сулиман заманахь дуьйна схьа ца хиллера цу тайпана хӀума Ярушалаймехь. 27 ТӀаккха динан дайша а, левихоша а, хьала а гӀевттина, халкъ декъалдира. ДӀахезира Везачу Элана церан аз, хӀунда аьлча Веза Эла Ӏаш волчу стигаларчу Цуьнан езачу метте дӀакхечира церан доӀа.
31Хьузакх-ЯхӀус дина юхаметтахӀиттораш
1 И дерриге а чекхдаьллачул тӀаьхьа цигахь хилла болу массо а исраилхой яхӀудхойн гӀаланашка бахара. Цигахь харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш кегдира цара. Иштта Ашера-далла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а хедийра, тӀехь сагӀа доккху гунаш а, меттигаш а йохийра берриг а ЯхӀуд-махкахь а, Бен-Яман-махкахь а, Эпрайман а, Маннашан а мехкаш чекхбовллалц йолчу меттигашкахь. Цул тӀаьхьа берриге а исраилхой шайн гӀаланашка, шайн хӀусамашка юхабирзира.
2 Динан дай а, левихой а, шаьш дӀахӀиттабаре терра, шайн-шайн рогӀехь, хӀора а шен гӀуллакх дан дӀахӀоттийра Хьузакх-ЯхӀус. Царна тӀедехкинчу гӀуллакхашна юкъадогӀура: дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дахар а, Везачу Элана гӀуллакх дар а, Далла баркаллаш бахар а, Веза Эла Ӏаш йолчу меттиган кевнашкахь Цунна хастамийн иллеш алар а. 3- 31:3 Лелар 28:1–29:39. Паччахьо шен хьолах цхьадолу дакъа дийнаташ дагоран сагӀанаш дахарна дала билгалдаьккхира: Ӏуьйренан а, суьйренан а дийнаташ дагоран сагӀанаш дахарна а, шоьтан деношкахь а, бутт цӀинлучу деношкахь а, Везачу Элан товрат-хьехамехь яздина долчу кхечу дезачу деношкахь а сагӀанаш дахарна а.
4- 31:4, 5 Лелар 18:12, 13, 21. Ярушалаймехь дехачу халкъана паччахьо тӀедиллира динан дайшна а, левихошна а догӀуш долу ялтин а, сурсатийн а дакъа дӀадалар, цаьрга Везачу Элан товрат-хьехамаш кхочушбан ойла хилийтархьама, кхечунна тӀедерза а ца дезаш. 5 Паччахьан омра дӀакхайкхийча, керлачу ялтех а, чагӀарх а, даьттанах а, мазах а, аренгара тайп-тайпанчу стоьмех а вуно дукха хӀума еара исраилхоша. Шайн долчу дерриг а хьолах уьтталгӀа дакъа а деара цара. 6 ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь бехачу исраилхоша а, яхӀудхоша а деара шайн бежана юкъара а, жена юкъара а уьтталгӀа дакъош. Иштта шайн Везачу Далла лерина сагӀина гулдинчух а уьтталгӀа дакъа схьадеара цара. Церан вуно дукха хӀума гулделира. 7 И гӀуллакх, шеран кхоалгӀачу баттахь дола а дина, ворхӀалгӀачу баттахь чекхдаьккхира цара. 8 Хьузакх-ЯхӀу а, цуьнан баьччанаш а схьабаьхкича, царна вуно дукха гулделла хӀума гира. Везачу Элана хастамаш бира цара, ткъа Цуьнан Исраилан халкъ декъалдира цара. 9 Хьузакх-ЯхӀус динан дайшка а, левихошка а оцу гулделлачу хӀуманах лаьцна хаттар дира. 10 ТӀаккха ЦӀадукъин тӀаьхьенах волчу коьртачу динан дас Ӏазар-ЯхӀус жоп делира: «Везачу Элан цӀа долчу тхайн долахь долчух уьтталгӀа дакъа дан долийчхьана, оха дуззалц хӀума а йоу, кхин дуккха а хӀума а юьсу тхан. Ткъа Везачу Эло Шен халкъ декъалдина дела, оццул дукха хӀума а дисина».
11 Хьузакх-ЯхӀус, Везачу Элан цӀийнан кертахь кхин а тӀаьхьалонна сурсаташ чудохку чоьнаш кечъе аьлла, омра дира. Уьш кечйича, 12 совгӀаташ а, уьтталгӀа дакъош а, Далла дӀакъастийна сагӀанаш а леррина царна чу охьадехкира. Оцу хӀуманна тӀехьожуш хьаькам хӀоттийра левихо волу Ханан-ЯхӀу. Ткъа Ханан-ЯхӀун ваша ШамаӀи цунна гӀо деш шолгӀаниг хӀоттийра. 13 Хьузакх-ЯхӀу-паччахьо а, Делан цӀенна тӀехь хьаькам волчу Ӏазар-ЯхӀус а тӀедилларца Ханан-ЯхӀун а, ШамаӀин а куьйга кӀел оцу хӀуманийн дола дан дӀахӀоттийра Яхьиал, Азаз-ЯхӀу, Нахьати, ӀасахӀал, Еримати, Юзабди, Элиал, Исмах-ЯхӀу, Махьат, БенъяхӀу. 14 Шайн лаамехь Далла дахьаш долчу сагӀанийн дола дан а, Везачу Элана луш йолу хӀума а, даздина долу совгӀаташ а дӀасадекъа дӀахӀоттийра Кхура. Иза малхбалехьарчу кевнехь ха деш волу, Иманин кӀант волу левихо вара. 15 Кхурин куьйга кӀел бара Ӏедан, Мин-Яман, ЮшаӀ, ШамӀа-ЯхӀу, Амар-ЯхӀу, Шахан-ЯхӀу. Динан дайн гӀаланашкахь тешаме хиларца гӀо дира цара Кхурина, шайн вежаршна, жимачунна а, воккхачунна санна, шайн тобанашка хьаьжжина, доггӀург дӀа а доькъуш. 16 ЦӀераш дӀаязйинчарна юкъахь болчу боьршачу нахах кхо шо а, цул сов а хан йолчарна дӀасадоькъура и хӀума – Везачу Элан цӀа чохь хӀора дийнахь, шайн дарже а, тобане а хьаьжжина, шайна тӀедиллина гӀуллакх деш болчарна. 17 Шайн доьзалшка хьаьжжина, тептар тӀе дӀаязбина болчу динан дайшна а, ткъа шо а цул сов хан йолчу левихошна а, царна тӀедехкинчу гӀуллакхашка а, церан тобанашка а хьаьжжина, дӀадоькъура цара и хӀума. 18 Иштта дӀадоькъура и хӀума цу тептар тӀе дӀаяздинчу, берриге а гуламна чудогӀуш долчу берашна а, зударшна а, кӀенташна а, йоӀаршна а. ХӀунда аьлча цара, цӀан а белла, тешаме хиларца шаьш Далла дӀакъастийнера, Цунна леррина гӀуллакх дархьама. 19 АхӀаронан тӀаьхьенах болу динан дай бехачу гӀаланийн гонахарчу дежийлашкахь Ӏаш болчу динан дайх лаьцна аьлча, цигахь цӀершца билгалбаьхна болу нах дӀахӀиттийра, динан дайн доьзалшна юкъара хӀора боьршачунна а, левихошна юкъара хӀора дӀаязвинчунна а и хӀума дӀадекъархьама.
20 Иштта гӀуллакх дира Хьузакх-ЯхӀус берриге а ЯхӀуд-махкахь. Шен Везачу Далла хьалха диканиг а, нийсо ерг а, тешаме дерг а леладора Хьузакх-ЯхӀус. 21 Шен Дела дага а лоцуш, Делан цӀенна лерина а, Цуьнан товрат-хьехамаш а, весеташ а лардарна а, ша дечу массо а хӀуманна тӀехь а, доггах гӀуллакх дора Хьузакх-ЯхӀус, цундела кхиамаш а хуьлура цуьнан.
32Ашурхоша Ярушалаймана кхерам туьйсу
(ТӀаьххьарнаш 18:13-37; 19:14-19, 35-37; ЕшаӀ-ЯхӀу 36:1-22; 37:8-38)
1 Везачу Элана тешаме а волуш, Хьузакх-ЯхӀус дина гӀуллакхаш чекхдевлча, ЯхӀуд-махка чугӀоьртира ашурхойн паччахь волу Санхьариб. ЧӀагӀйина гӀаланаш шена схьаяха дагахь, царна го бира цо. 2 Санхьариб, ЯхӀуд-махка чу а гӀоьртина, Ярушалаймана дуьхьал тӀом бан веана хилар шена гича, 3 Хьузакх-ЯхӀус, шен баьччанех а, тӀеман хьаькамех а дага а ваьлла, гӀалин арахула долу хин хьостанаш дӀадукъар юкъадалийра. Цара и дан гӀо дира Хьузакх-ЯхӀуна. 4 Дуккха а наха, гул а белла, кӀоштахула долуш долу хьостанаш а, оьхуш долу хиш а дӀадуькъира. Цара олура: «Кху метте шаьш баьхкича, хин шорто хӀунда каро еза ашурхойн паччахьашна?» 5 ГӀала чӀагӀъярхьама, иштта белхаш бира Хьузакх-ЯхӀус: доьхна долу пенаш а меттахӀиттийра, пенашна тӀехула бӀаьвнаш а хӀиттийра, чухуларчу пенна гонах кхин а пен а дӀахӀоттийра, Даудан гӀали чу йогӀуш йолу Милло цӀе йолу терхийн басенаш чӀагӀ а йира цо. Иштта дуккха а герз а, турсаш а кечдира цо. 6 Халкъана тӀехь тӀеман хьаькамаш хӀиттийра Хьузакх-ЯхӀус. ГӀалин кевнехь йолчу майданахь, халкъ шена тӀе а даладайтина, цуьнан дог а оьцуш, цо элира: 7 «ЧӀагӀлой, доьналла долуш хилалаш! Ашурхойн паччахьах а, цуьнца долчу доккхачу эскарх а кхера а ма лолаш, ийза а ма лолаш, хӀунда аьлча вайца дерг дуккха а ницкъ болуш ду, цаьрца долчул. 8 Цаьрца берг адамийн ницкъ бу, ткъа вайца вайн Веза Дела ву, вайна гӀо а деш, вайн дуьхьа тӀом а беш волу». ТӀаккха яхӀудхойн паччахьан Хьузакх-ЯхӀун дешнаша халкъ чӀагӀдира.
9 Цул тӀаьхьа ашурхойн паччахьо Санхьариба шен хьаькамаш Ярушалайме яхӀудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхӀуна а, Ярушалаймехь болчу массо а яхӀудхошна а тӀехьовсийра. Ткъа иза ша, шеца долчу эскарца Лахиш-гӀалина го а бина, цунна дуьхьал тӀом беш вара. Цо шен хьаькамашка хӀара алийтира: 10 «Иштта боху шуьга ашурхойн паччахьо Санхьариба: „Шена го бина йолчу Ярушалайм-гӀалахь виссал хьан бӀобулуш дерг хӀун ду те? 11 Мацаллех а, хьогаллех а шу далийтархьама, шуьга: ‘Вайн Везачу Дала вай кӀелхьардохур ду ашурхойн паччахьах’, – бохуш, шу ледой те Хьузакх-ЯхӀус? 12 ЯхӀудан халкъе а, Ярушалайман бахархошка а: ‘СагӀа доккхучу цхьана кхерчана хьалха бен Ӏибадат а ма де, цунна тӀехь бен сагӀина дийнаташ а ма дагаде’, – бохуш, оцу Далла лерина сагӀа доккху гунаш а, шайна тӀехь долу кхерчаш а дӀадаьхна волу Хьузакх-ЯхӀу вац ткъа иза? 13 Шуна ца хаьа ткъа аса а, сан дайша а кхечу мехкийн къаьмнашна динарг? Оцу къаьмнийн деланашка сан карара кӀелхьардахалур дарий ткъа шайн мехкаш? 14 Сан дайша хӀаллакдинчу къаьмнийн массо а деланех шен халкъ сан карара хьаьнга кӀелхьардаккхаделира? Шун Дала сан карара муха кӀелхьардохур дара шу? 15 Ткъа хӀинца Хьузакх-ЯхӀуга шаьш иштта Ӏеха а ма дайта, ле а ма дайта. Ма тешалаш цунах. Нагахь санна цхьана а къоман а, цхьана а пачхьалкхан а, цхьана а делан а сан карара а, сан дайн карара а шен халкъ кӀелхьардаккха ницкъ кхаьчна ца хилча, шун Дала а дохур дац шу сан карара“».
16 Кхин а дуккха бехира Санхьарибан хьаькамаша Везачу Далла а, Цуьнан ялхо волчу Хьузакх-ЯхӀуна а дуьхьал долу дешнаш. 17 Иштта, Исраилан Веза Дела емал а веш, кехаташ а яздора Санхьариба, Цунна дуьхьал хӀара дешнаш а далош: «Кхечу мехкашкахь дехачу къаьмнийн деланашка шайн халкъаш сан карара дӀа ца дахадаларе терра, Хьузакх-ЯхӀун Деле а кӀелхьардаккхалур дац Шен халкъ сан карара». 18 Пенан тӀехуленна тӀедаьлла лаьтта Ярушалайман халкъ кхера а дина, оза а далийтина, гӀала схьаяккхархьама, яхӀудхойн маттахь чӀоггӀа маьхьарий хьоькхура цара. 19 Ярушалайман Делах лаьцна а олура цара, Иза а адамийн куьйга бинчу лаьттахь дехаш долчу кхечу къаьмнийн деланех тарвеш.
20 Хьузакх-ЯхӀу-паччахьо а, Амосан кӀант волчу ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро а, доӀа а дина, оцу гӀуллакхах лаьцна стигала хьала кхайкхам бира. 21 ТӀаккха Везачу Эло малик даийтира. Ашурхойн паччахьан меттаматтахь болу массо а майра эскархой а, эскаран хьаькамаш а, тӀеман хьаькамаш а хӀаллакбира цо. Санхьариб, юьхьӀаьржачу а хӀоьттина, шен махка юхавирзира. Шен делан цӀа чу ваьлча, цуьнан шен тӀаьхьенах болчара, тур а тоьхна, вийра иза.
22 Иштта кӀелхьарбехира Везачу Эло Хьузакх-ЯхӀу а, Ярушалайман бахархой а ашурхойн паччахьан Санхьарибан а, кхечу къаьмнийн а карара. Везачу Эло массо а агӀор паргӀато а елира царна. 23 ТӀаккха дуккхаммо а Ярушалайме Везачу Элана лерина совгӀаташ а, яхӀудхойн паччахьна еза хӀуманаш а еара. Цул тӀаьхьа массо а къаьмнашна хьалха хьаладелира Хьузакх-ЯхӀун сий.
Хьузакх-ЯхӀун цомгуш хилар а, товалар а
(ТӀаьххьарнаш 20:1-3, 12-19; ЕшаӀ-ЯхӀу 38:1-3; 39:1-8)
24 Цу деношкахь Хьузакх-ЯхӀу, цомгуш а хилла, валарна гергакхаьчнера. Хьузакх-ЯхӀус Везачу Эле доӀа дича, тамашийна билгало+ 32:24 *Тамашийна билгало *– цунах лаьцна кхин а дукха яздина ду «ТӀаьххьарнаш» цӀе йолчу тептар тӀехь (20:8-11).* ярца Цо жоп делира цунна. 25 Амма шена динчу диканан ларам ца бира Хьузакх-ЯхӀус, хӀунда аьлча дог курадаьллера цуьнан. ТӀаккха Дала цунна а, ЯхӀудан къомана а, Ярушалайман бахархошна а Шен оьгӀазалла тӀеяийтира. 26 Амма Хьузакх-ЯхӀу ша а, Ярушалайман бахархой а шаьш лах а беш, шайн деган кураллех юхабевлча, Хьузакх-ЯхӀус паччахьалла дечу заманчохь Везачу Эло Шен оьгӀазалла ца йира царна.
Хьузакх-ЯхӀу-паччахьан хьал
27 Хьузакх-ЯхӀун дуккха а хьал а дара, иза чӀогӀа сийлахь а вара. Дети а, деши а, деза тӀулгаш а, хаза хьожа йогӀу хьакхарш а, турсаш а, массо а тайпана еза пхьегӀаш а чуйохку гӀишлош кечйира цо. 28 Иштта лаьтто луш долу сурсаташ: кӀа а, чагӀар а, даьтта а чудилла чоьнаш кечйира цо. Массо а тайпана бежанаш чудохка божалш кечдира, жа латто керташ а нисйира. 29 ГӀаланаш а дӀахӀиттийра цо шена. Жаш а, хьайбанаш а вуно дукха дара Хьузакх-ЯхӀун, хӀунда аьлча Дала дуккха а хьал деллера цунна. 30 Иштта, лакхахула дӀадоьду Гихьон-хи, дӀа а къевлина, иза Даудан гӀалин малхбузехьа агӀор охьадахийтира Хьузакх-ЯхӀус. Ша мел дечу гӀуллакхаш тӀехь кхиамаш хуьлура Хьузакх-ЯхӀун. 31 ЯхӀуд-махкахь хиллачу билгалонах хаттар дан Бавел-мехкан куьйгалхоша хьажийна геланчаш баьхкинчу хенахь, Хьузакх-ЯхӀу зен а зийна, цуьнан дагахь мел дерг хаархьама бен дӀа ца тесира Дала иза.
Хьузакх-ЯхӀун паччахьаллин чаккхе
(ТӀаьххьарнаш 20:20, 21)
32 Хьузакх-ЯхӀух кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – Везачу Элана иза чӀогӀа тешаме хиларх лаьцна – дӀаяздина ду «Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарна дуьхьалхӀоттийна сурт» цӀе йолчу а, «ЯхӀудхойн а, исраилхойн а паччахьийн хилларш» цӀе йолчу а тептарш тӀехь. 33 Хьузакх-ЯхӀу, дӀа а кхелхина, шайн дайх дӀакхийтира. Дауд-паччахьах схьабевллачеран къуббанаш йолчу гу тӀехь дӀавоьллира иза. Иза велча, ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а массо а бахархоша цуьнга болчу ларамца дӀаверзийра Хьузакх-ЯхӀу. Хьузакх-ЯхӀун метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Маннаш.
33ЯхӀудхойн паччахь Маннаш
(ТӀаьххьарнаш 21:1-9)
1 Маннашан шийтта шо хилла, иза паччахь дӀахӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шовзткъе пхийтта шарахь паччахьалла дира. 2- 33:2 Ярми-ЯхӀу 15:4. Везачу Эло исраилхошна хьалхара дӀалелхийначу къаьмнаша лелийна мел долу дегаза гӀуллакхаш а лелош, Везачу Элана зуламе хеташ дерг леладора Маннаша. 3 Шен дас Хьузакх-ЯхӀус дохийна дӀадаьхна долу сагӀа доккху гунаш юхаметтахӀиттийра цо. Иштта БаӀал-харцделанашна сагӀа доккху меттигаш кечйора, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а хӀиттадора цо. Стигалшкахь мел болчу ницкъашна, суждане а оьхуш, Ӏибадат дора цо. 4- 33:4 2 Шерашкахь 6:6. Везачу Элан цӀа чохь а цӀушна сагӀа доккху кхерчаш дӀахӀиттийра Маннаша, оцу цӀийнах лаьцна «Ярушалайм-гӀалахь Сайн цӀе абаденна язъяйта лаьа Суна», – аьлла доллушехь Везачу Эло. 5 Везачу Элан цӀийнан шинна а кертахь стигалшкахь мел болчу ницкъашна сагӀа доккху кхерчаш дӀахӀиттийра цо. 6 Маннаша шен кӀентий Бен-ХӀинам-тогӀи чохь цӀерах чекхбохуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура, беллачийн синош тӀедоьхуш болчарах а, жинашца тайначарах а дагаволура. Цу тайпана, Веза Эла оьгӀаз а вохуьйтуш, Цунна зуламе хеташ долу дуккха а гӀуллакхаш леладора цо. 7- 33:7, 8 Сулим 9:3-5; 2 Шерашкахь 7:12-18. Ша харцдалла лерина дина сурт схьа а эцна, иза Делан цӀа чохь дӀахӀоттийра Маннаша, цунах лаьцна Везачу Эло Дауде а, цуьнан кӀанте Сулиме а иштта аьлла доллушехь: «Ярушалайм-гӀалахь – исраилхойн шийтта тайпанийн латтанашна юкъара Айса хаьржина йолчу меттигехь – хӀокху Сайн цӀа чохь Сайн цӀе язъяйта лаьа Суна гуттаренна а» 8 Нагахь санна Аса шайна тӀе мел диллинарг – Мусагахула Айса царна белла берриг а товрат-хьехам, парзаш а, тӀедехкинарш а – цара леррина кхочушдахь, Айса церан дайшна деллачу лаьтта тӀера исраилхойн когаш кхин цкъа а арабохуьйтур бац Аса. 9 Амма ЯхӀудан халкъ а, Ярушалайман бахархой а харц некъа тӀе бехира Маннаша: Везачу Эло, исраилхошна уллора дӀа а даьхна, хӀаллакдинчу кхечу къаьмнаша лелийначул а сов зуламе дерг леладора цара.
Маннаша ша Далла хьалха лахвар
10 Везачу Эло дӀаолура Маннаше а, цуьнан халкъе а, амма цара ла ца дугӀура. 11 ТӀаккха Везачу Эло ашурхойн паччахьан тӀеман коьрта хьаькамаш бахийтира Маннашана тӀе. Цара, иза дӀа а лаьцна, мерӀуьргех чӀуг чекх а яьккхина, йоьзан буржалш а дихкина, Бавел-махка дӀавигира. 12 Ша гаттавелла хьаьвзича, шен дайн Далла хьалха ша даггара лах а веш, Маннаша шен Везачу Деле шеца дика хилар доьхура. 13 Маннаша Везачу Эле доӀа дича, Цо, дӀа а хезна, Маннашан доӀа тӀеийцира. Дала, иза Ярушалайме юха а верзийна, шен паччахьалла дан дӀахӀоттийра. ТӀаккха кхийтира Маннаш Веза Эла – Дела хиларх.
14 Цул тӀаьхьа Маннаша Даудан гӀалин арахула болу пен юхаметтахӀоттийра. Гихьон-хина малхбузехьа долчу Ӏинан тӀехула ЧӀерийн ков олучу меттехула а, Ӏупал-гӀалин гонах, леккха хьала а боккхуш, юхаметтахӀоттийра цо гӀалин пен. ЯхӀуд-махкарчу чӀагӀйинчу массо а гӀаланашкахь тӀеман коьрта хьаькамаш дӀахӀиттийра цо. 15 Хийрачу мехкашкара деланаш а, Везачу Элан цӀа чу дӀахӀоттийна цӀу а дӀаваьккхира Маннаша. Иштта Ярушалаймехь а, Везачу Элан цӀа тӀехь лаьттачу ломахь а ша дӀахӀиттийна сагӀа доху кхерчаш дохийна, гӀалин арахьа дӀакхиссира цо. 16 Везачу Элана лерина сагӀа доккху кхерч ша хиллачу метте дӀа а хӀоттийна, цу тӀехь бертан а, баркаллин а сагӀанаш дехира Маннаша. ЯхӀудхошна цо тӀедиллира, Исраилан Везачу Далла Ӏамал е аьлла. 17 Халкъо кхидӀа а сагӀа доккхучу гунаш тӀехь сагӀанаш даьхнехь а, и сагӀанаш шайн Везачу Далла лерина бен дацара.
Маннаша динчу паччахьаллин чаккхе
(ТӀаьххьарнаш 21:17, 18)
18 Маннашан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – шен Деле цо динчу доӀанах а, Исраилан Везачу Делан цӀарах хиндерг гуш болчара Маннаше аьллачу дешнех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. 19 Маннаша динчу доӀанах а, Далла иза дӀахазарх а, Далла хьалха ша лахвале цунах мел даьллачу къинойх лаьцна – иза Далла тешаме цахиларх а, цо сагӀа доккху гунаш дарх а, цо Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш дӀахӀиттадарх а, цо бинчу цӀуйх а лаьцна – яздина ду Делера дерг гуш болчу пайхамарийн тептар тӀехь. 20 Маннаш, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза шен паччахьан цӀахь дӀавоьллира. Маннашан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Амин.
ЯхӀудхойн паччахь Амин
(ТӀаьххьарнаш 21:19-26)
21 Аминан ткъе ши шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира. 22 Шен дас Маннаша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора Амина а. Шен дас Маннаша мел дӀахӀиттийначу цӀушна сагӀанаш а дохура, Ӏамал а йора Амина. 23 Амма шен дас Маннаша ма-дарра, ша Везачу Элана хьалха лах ца вира цо. Мелхо а, шен къинош совдехира цо.
24 Ӏамминан хьаькамаша, ямартлонца цунна дуьхьал барт а бина, шен паччахьан цӀахь иза вийра. 25 Амма цу махкарчу халкъо Амин-паччахьна дуьхьалбевлла хилларш берриш а хӀаллакбира. Цара Аминан метта цуьнан кӀант Юши-ЯхӀу, паччахь а вина, дӀахӀоттийра.
34ЯхӀудхойн паччахь Юши-ЯхӀу
(ТӀаьххьарнаш 22:1, 2)
1- 34:1 Ярми-ЯхӀу 3:6. Юши-ЯхӀун бархӀ шо хилла иза паччахь дӀахӀуттучу хенахь. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо ткъе цхьайтта шарахь паччахьалла дира. 2 Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора цо. Шен дайх хилла волу Дауд санна, нийсачу новкъа тӀехь лелла Юши-ЯхӀу. Цу некъа тӀера я аьтту, я аьрру агӀор дӀа ца ваьлла иза.
Юши-ЯхӀус бина хийцамаш
3 Паччахьалла деш долу борхӀалгӀа шо долуш, ша къона стаг воллушехь, шен ден дайх хиллачу Даудан Дела леха волавелира Юши-ЯхӀу. Ткъа ша паччахьалла деш долу шийтта шо кхаьчча, ЯхӀуд-мохк а, Ярушалайм а цӀанйира цо цигахь хиллачу халкъо Ӏибадат деш схьакъастийначу гунех а, цу гӀуллакхна билгалдаьхначу диттех а, куц далош, боьттина бинчу цӀуйх а. 4- 34:4 ТӀаьххьарнаш 21:3; 2 Шерашкахь 33:3. БаӀал-деланашна лерина йолу сагӀа доккху меттигаш а, царна тӀехула хӀиттийна хаза хьожа йогӀу хӀума яго гӀирсаш а бохабайтира цо. Иштта Ашера-далла лерина болу дечиган бӀогӀамаш а, кхиболу цӀуш а, дина суьрташ а доха а дина, царах чан а йина, цӀушна сагӀа даьккхинчеран къуббанаш тӀехула дӀасаяржийра цо. 5- 34:5 Сулим 13:2. Харц динан дайн даьӀахкаш церан сагӀа доккху меттигашкахь яга а йина, цӀанбира Юши-ЯхӀус ЯхӀуд-мохк а, Ярушалайм а. 6 Изза дира Юши-ЯхӀус Маннаш-мехкан а, Эпрайм-мехкан а, ШимӀа-мехкан а гӀаланашкахь а, царна гонах долчу къапалгашкахь а, ур-атталла Наптал-махкана тӀекхаччалц. 7 Берриг а Исраил-махкахула йолу сагӀа доккху меттигаш а, Ашера-далла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а дохийна дӀадехира, цӀуйх а чан йира, хаза хьожа йогӀу хӀума яго гӀирсаш а бохийра Юши-ЯхӀус. ТӀаккха иза Ярушалайме юхавирзира.
Товрат-хьехамийн тептар карор
(ТӀаьххьарнаш 22:3-20)
8 Ша паччахьалла дечу берхӀитталгӀачу шарахь, мохк а, Везачу Элан цӀа а ша цӀандечу хенахь Ацал-ЯхӀун кӀант Шапани а, гӀалин хьаькам МаӀсей-ЯхӀу а, йозанча волу Юахьазан кӀант Юахьи а вахийтира Юши-ЯхӀус шен Везачу Делан цӀа тодан. 9 Цара, динан коьртачу дена Хьалкхи-ЯхӀуна тӀе а бахана, Делан цӀенна деана долу ахча дӀаделира цуьнга. Делан цӀийнан кевнехь гӀарол деш лаьттачу левихоша гулдина дара и ахча. Иза маннашхоша а, эпраймхоша а, исраилхойн дерриге а дисинчу декъо а, иштта берриге а яхӀудхоша а, бен-яманхоша а, Ярушалайман бахархоша а деанера. 10 И ахча Везачу Элан цӀенна тӀехь болх беш болчу белхалошна тӀехьожучу нехан кара дӀаделира. Ткъа цара Везачу Элан цӀа, то а деш, карладоккхуш белхаш беш болчарна дӀадоькъура и ахча. 11 Дечиган пхьерашка а, гӀишло ечаьрга а дӀаделира цара ахча, яхӀудхойн паччахьо талхийтинчу гӀишлошна оьшу хьаькхна тӀулг а, бӀогӀамаш дан дечиг а цаьрга эцийтархьама. 12 Балха тӀехь тешаме бара и нах. Царна тӀехьожуш дӀахӀиттийна бара Мерарин тӀаьхьенах болу левихой Яхьат а, Ӏабди-ЯхӀу а. Мерарин тӀаьхьенах болу левихой Яхьат а, Ӏабди-ЯхӀу а, иштта КхахӀатан тӀаьхьенах болу Закри-ЯхӀу а, Машулим а. Массо а левихой говза зурманчаш бара. 13 Левихоша куьйгалла дора кира лелочарна тӀехь а, кхиболу белхаш беш болчу берриге а белхалошна тӀехь а. Иштта левихошна юкъара бара йозанчаш а, тӀехьожу куьйгалхой а, кевнашкахь гӀарол дийраш а.
14 Цара Везачу Элан цӀа долчу деана ахча схьаоьцучу хенахь, динан дена Хьалкхи-ЯхӀуна карийра Везачу Эло Мусагахула делла долу товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар. 15 ТӀаккха Хьалкхи-ЯхӀус йозанча волчу Шапанига элира: «Товрат-хьехамийн тептар карийна суна Везачу Элан цӀа чохь». И тептар Шапанига дӀаделира Хьалкхи-ЯхӀус. 16 Шапанис и тептар паччахьна тӀедаьхьира. Иштта паччахье хаам а бира цо: «Ахьа хьан ялхошна тӀедиллинарг цара дерриг а кхочушдо. 17 Хьан ялхоша, Везачу Элан цӀа долчохь гулделла ахча схьа а эцна, иза белхаш беш болчарна тӀехьожуш болчийн а, белхаш беш болчеран а кара дӀаделла», – аьлла. 18 Йозанчо Шапанис паччахье кхин а цхьа хаам бира: «Динан дас Хьалкхи-ЯхӀус тептар делла соьга», – аьлла. Иза паччахьна хьалха дӀадийшира цо.
19 Товрат-хьехамийн дешнаш шена дӀахезча, паччахьо шен тӀехулара бедарш этӀийра. 20 ТӀаккха динан дена Хьалкхи-ЯхӀуна а, Шапанин кӀантана Ахьикхамина а, Мика-ЯхӀун кӀантана Ӏабданина а, йозанчина Шапанина а, паччахьан ялхочунна Ӏаси-ЯхӀуна а, тӀе а дуьллуш, цо элира: 21 «Даха а гӀой, сан дуьхьа а, исраилхошна а, яхӀудхошна а юкъара дийна бисинчеран дуьхьа а оцу карийначу тептар тӀехь долчух лаьцна Везачу Элах дагавалийта. Везачу Элан дералла вайна тӀехь чӀагӀъелла, хӀунда аьлча хӀокху тептаран дешнашка ладоьгӀна ца хилла вайн дайша. Вайх лаьцна цу тӀехь яздина мел хиллачуьнга хьаьжжина, ца лелла уьш».
22 Динан да Хьалкхи-ЯхӀу а, паччахьо дӀахьажийна болу кхиберш а Ярушалайман шолгӀачу декъахь Ӏаш йолчу а, шега Делера хаам хуьлуш йолчу а Хьулдатана тӀебахара. (Цуьнан майра вара Хьархьасан кӀентан Тикхавин кӀант волу Шалум, ткъа иза духарийн цӀенна тӀехь куьйгалхо вара.) Цара оцу гӀуллакхах лаьцна къамел дира цу зудчуьнца. 23 Хьулдата цаьрга элира: «ХӀара боху исраилхойн Везачу Дала: „Шаьш Суна тӀе хьажийначу стаге хӀара дӀаала: 24 ‘Иштта боху Везачу Эло: ‹Аса бохам тӀебоуьйтур бу кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а. Царна тӀехь кхочушхир ду яхӀудхойн паччахьна хьалха аша дешначу тептар тӀехь долу дерриге а неӀалташ›’. 25 Со дӀа а тесна, хаза хьожа йогӀу хӀума кхечу деланашна а ягийна, шаьш мел лелочу хӀуманца Со дар а веш, Сан оьгӀазло кху меттигна тӀехь, дӀайовр йоцу летта алу санна, хир ю. 26 Веза Эла волчу Сох дагавалийта аьлла, шаьш схьахьажийначу яхӀудхойн паччахье аша дӀаала: ‘Иштта боху исраилхойн Везачу Дала хьуна хезначу дешнех лаьцна: 27 ‹Аса кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а дуьхьал аьлла дешнаш хьайна дӀа а хезна, хьан дог кӀад а луш, ахьа Далла хьалха хьо лахварна а, хьайн тӀехулара бедар этӀа а йина, Суна хьалха лах а луш, хьо велхарна а, Суна а хьо дӀахезна, – боху Везачу Эло. – 28 И бахьанехь хьо, синтемца дӀа а кхелхина, хьайн дайшна тӀевохуьйтур ву Аса, ткъа хьо хьайн къубби чохь дӀавуьллур ву. Хьан бӀаьргашна гур бац Ас кху меттигна тӀебоуьйтур болу и берриге а бохамаш›’“».
Паччахьна тӀедаьхьира и жоп.
Юши-ЯхӀус Везачу Элаца бина барт
(ТӀаьххьарнаш 23:1-20)
29 Юши-ЯхӀу-паччахьо ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а берриге а къаной схьагулбайтира. 30 Паччахь Везачу Элан цӀийнан керта вахара. Цуьнца цхьаьна цига дахара ЯхӀуд-мехкан дерриге а халкъ а, Ярушалайман берриге а бахархой а, динан дай а, левихой а, доллу халкъ а, уггаре ладам доцучу адамашкара дуьйна уггаре лараме долчу адамашна тӀе кхаччалц. ТӀаккха паччахьо Везачу Элан цӀенна уллохь карийначу Дала халкъаца бинчу бертан тептар тӀера дерриг а дешнаш дӀадийшира, уьш цигахь лаьтташ долчу массо а халкъана дӀа а хозуьйтуш. 31 БӀогӀамна юххе а хӀоьттина, паччахьо Везачу Элана хьалха Цуьнца бина болу барт карлабаьккхира – цо дош делира Везачу Элана тӀаьхьахӀотта а, шен доллучу даггара, доллучу синца Цуьнан весеташ а, бакъонаш а, парзаш а лардан а, оцу тептар тӀехь яздина долу бертан дешнаш кхочушдан а. 32 Шаьш и барт тӀеоьцуш паччахьо чӀагӀо яр тӀедиллира берриг а Ярушалаймерчу бахархошна а, бен-яманхошна а. Иштта, Ярушалайман бахархой шайн дайн Дела волчу Делаца бинчу барте хьаьжжина, лела буьйлабелира. 33 Исраилхойн долахь болчу берриге а махкара дегаза болу цӀуш дӀабехира Юши-ЯхӀус. Исраил-махкахь дехачу дерриге а халкъана тӀедиллира цо шайн Везачу Далла Ӏамалъяр. Юши-ЯхӀу-паччахь вехаш хиллачу массо а хенахь, шайн дайн Дела волчу Везачу Элана тӀаьхьахӀиттинчуьра дӀа ца бевлира уьш.
35Пасахь олу дезде даздар карладаккхар
(ТӀаьххьарнаш 23:21-23)
1 Ярушалайм-гӀалахь Везачу Элана лерина Пасахь олу дезде даздира Юши-ЯхӀус. Хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь дезачу денна лерина сагӀина беанчу Ӏахарна урс хьаькхира. 2 Юши-ЯхӀус динан дай дӀахӀиттийра шайн-шайн гӀуллакх дечу меттигашка. Церан дегнаш иракарахӀиттадора цо Везачу Элан цӀийнаца доьзна долу гӀуллакхаш дарна. 3 Берриге а исраилхошна хьехамаш беш болчу а, Везачу Элана дӀакъастийна болчу а левихошка паччахьо элира: «Исраилхойн паччахь хиллачу Даудан кӀанта Сулима дӀахӀоттийначу Везачу Элан цӀа чохь охьахӀоттаде Делан деза тӀорказ. ХӀинца дуьйна иза дӀа а, схьа а лело дезар дац аша. ХӀинца дуьйна вайн Везачу Далла а, Цуьнан халкъ долчу Исраилан халкъана а гӀуллакх де аша. 4- 35:4 2 Шерашкахь 8:14. Исраилхойн паччахь хиллачу Дауда а, цуьнан кӀанта Сулима а, яз а дина, дӀахӀоттийна ма-хиллара, шайн доьзалшца а, шайн тобанашкахь а дӀахӀитта. 5 Шайн къомах болчу гергарчийн доьзалшкара хӀорра а декъана гӀо дархьама, Делан цӀийнан кертахь левихойн доьзалех цхьацца тоба дӀахӀоттае. 6 Пасахьана лерина беанчу Ӏахарна урс хьакха кечам бе. ЦӀандаларца шаьш даз а дайтина, Везачу Эло Мусагахула аьлларг кхочуш а деш, и Ӏахар шайн вежаршна кечбе».
7 Цигахь хиллачу къомах болчу нахана жена юкъара ткъе итт эзар Ӏахаррий, буьхьиггий елира Юши-ЯхӀус, царах Пасахьан сагӀанаш дахархьама. Иштта кхо эзар сту а белира цо. И дерриг а дийнаташ паччахьан хьолан юкъара схьадеанера. 8 Паччахьан баьччанаша а шайн дегнийн лаамца халкъана а, динан дайшна а, левихошна а сагӀина хӀума деара. Делан цӀенна тӀехь куьйгалла деш хиллачу Хьалкхи-ЯхӀус, Закри-ЯхӀус, Яхьиала динан дайшка Пасахьан сагӀина ши эзар ялх бӀе Ӏахар белира. Кхин а кхо бӀе сту а белира цо. 9 Левихошна тӀехь куьйгалла деш волчу Ханан-ЯхӀус а, цуьнан вежарша ШамӀа-ЯхӀус а, Натунаила а, Хьашби-ЯхӀус а, иштта ЯӀиала а, Юзабдис а белира Пасахьан сагӀина лерина пхи эзар Ӏахар а, буьхьиг а. Иштта пхи бӀе сту а белира цара. Цара делларг левихошна лерина дара.
10 Иштта дӀахӀоттийнера и гӀуллакх дар. Динан дай шайн гӀуллакх дан дӀахӀиттира. Левихой а, паччахьо шайна тӀедиллина ма-хиллара, шайн тобанашкахь гӀуллакх дан дӀахӀиттира. 11 Пасахьана лерина болчу Ӏахаршна урс хьаькхира. Левихойн карара Ӏахарех даьлла цӀий, схьа а оьцуш, динан дайша церан цинцаш тухура. Ткъа левихоша тӀера цӀока схьайоккхура. 12 Дагоран сагӀа санна даха лерина долу дийнатийн дакъош дӀакъастийра левихоша, тӀаьхьо халкъан доьзалийн тобанаша уьш, Мусан тептар тӀехь яздина ма-хиллара, Везачу Элана сагӀина дахийтархьама. Изза дира цара стерчашца а. 13- 35:13 Арадаккхар 12:8, 9. Хьехамаша тӀедиллина ма-хиллара, Пасахьан Ӏахар цӀартӀехь беттира. Ткъа даздина долу сагӀина деанарг даккхий еш чохь, кхабанаш чохь, кедаш чохь, кхехка а деш, сихонца халкъана дӀадийкъира. 14 Цул тӀаьхьа шайна а, динан дайшна а кечдира цара сагӀина деанарг, хӀунда аьлча АхӀаронан тӀаьхьенах болу динан дай буьйсанна тӀаьххьалц Ӏийнера дагоран сагӀанаш а дохуш, кхечу сагӀанийн мохь а ягош. Цундела шайна а, АхӀаронан тӀаьхьенах болчу динан дайшна а кечъеш яра левихоша юург. 15- 35:15 1 Шерашкахь 25:1. Дауда а, Асайпа а, ХӀаймана а, Дауд-паччахьна лерина Делера дерг гуш волчу Ядутун-пайхамаро а шайна тӀедиллина ма-хиллара, Асайпан тӀаьхьенах болу зурманчаш шайн гӀуллакх дан билгалъяьхначу меттигашка дӀахӀиттийра. Иштта хӀора кевнан гӀаролхо а вара шен-шен меттехь лаьтташ. Церан вежарий болчу левихоша кечйора царна оьшург, цундела уьш шаьш гӀуллакх деш болчуьра меттахбовла оьшуш дацара. 16 Иштта дӀахӀоттийнера цу дийнахь Везачу Элана лерина гӀуллакх дар. Иза дӀахӀоттийнера, Юши-ЯхӀу-паччахьо тӀедиллина ма-хиллара, Пасахьан сагӀа даккхар кхочушдархьама а, Везачу Элана лерина болчу кхерчана тӀехь дийнаташ дагоран сагӀа даккхархьама а. 17- 35:17 Арадаккхар 12:1-20. Цу хенахь цигахь болчу исраилхоша Пасахьан дезде а даздира, ткъа цул тӀаьхьа ворхӀ дийнахь совсазчу баьпкан деза денош даздира цара. 18 Шамъал-пайхамар ваьхначу заманахь дуьйна схьа цу тайпана Пасахьан дезде даздина дацара. Юши-ЯхӀус а, динан дайша а, левихоша а, цигахь хиллачу яхӀудхоша а, исраилхоша а, Ярушалайман бахархоша а даздинчу тайпана, Пасахьан дезде исраилхойн паччахьех цхьаммо а даздина дацара. 19 Юши-ЯхӀус паччахьалла деш долу берхӀитталгӀа шо долуш даздинера и де.
Юши-ЯхӀус паччахьалла даран чаккхе
(ТӀаьххьарнаш 23:28-30)
20 Цул тӀаьхьа, Юши-ЯхӀус Делан цӀийнаца долу низам дӀахӀоттийначул тӀаьхьа, мисархойн паччахь Наху Эпрат-хин йистерачу КӀаркамиш-гӀалина уллохь тӀом бан вахара. Ткъа Юши-ЯхӀу цунна дуьхьал тӀом бан аравелира. 21 Нахус Юши-ЯхӀуна тӀе геланчаш бахийтира цуьнга иштта дӀаала аьлла: «Суна а, хьуна а хӀун ду иза, яхӀудхойн паччахь? ХӀинца со хьуна дуьхьал тӀом бан вогӀуш вац, ткъа соьца тӀом латтош йолчу пачхьалкхе вогӀуш ву. Дала, сихо е аьлла, тӀедиллина суна. Соьца волчу Далла дуьхьало ма е, хьо Цуьнга ца вейтархьама». 22 Амма Юши-ЯхӀус, иза волчуьра дӀаваха дагахь а воцуш, шен духарш хийцарца ша мила ву къайладаьккхира, цунна дуьхьал тӀом бархьама. Делан омрица Нахус аьллачу дешнашка ла а ца дугӀуш, Юши-ЯхӀу МагӀидда олучу аренга веара тӀом бан дагахь.
23 Мисархоша Юши-ЯхӀу-паччахьна тӀе пхерчий кхиссира. ТӀаккха Паччахьо шен хьаькамашка элира: «ДӀавигалаш со кхузара, хӀунда аьлча суна чӀогӀа чов хилла». 24 ГӀудалкх чуьра схьа а ваьккхина, цуьнан долахь йолчу кхечу гӀудалкхана чу виллира цара Юши-ЯхӀу. Иза Ярушалайме дӀавигира. Цигахь Юши-ЯхӀу велира, иза шен дайн къуббанашкахь дӀавоьллира. ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а дерриг а халкъо белхар хӀоттийнера Юши-ЯхӀуна.
25 Ярми-ЯхӀу-пайхамаро тийжамаш дӀаязбира Юши-ЯхӀуна лерина. Назманаш олучу наха а, зударша а тахханалц а долчу шайн тийжарийн назманашкахь Юши-ЯхӀух лаьцна олу. И назманаш Исраил-махкахь ламасташ юкъа дахийтира. Уьш Тийжамийн тептарна юкъа яхийтина ю.
26 Юши-ЯхӀус динчу кхидолчу хӀуманех лаьцна – Везачу Элан товрат-хьехамаш кхочушдарна тешаме хиларца доьзна цо динчу гӀуллакхех лаьцна, 27 дуьххьарлерчу гӀуллакхна тӀера тӀаьхьарчунна тӀекхаччалц – яздина ду ЯхӀудхойн а, исраилхойн а паччахьийн тептар тӀехь.
36ЯхӀудхойн паччахь ЯхӀу-Ахьаз
(ТӀаьххьарнаш 23:30-35)
1 ЯхӀуд-мехкан халкъо Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Ахьаз, схьа а эцна, Ярушалаймехь шен ден метта паччахь вина дӀахӀоттийра. 2 ЯхӀу-Ахьазан ткъе кхо шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо кхаа баттахь паччахьалла дира. 3 Ярушалаймехь паччахьалла дечуьра ЯхӀу-Ахьаз дӀаваьккхира мисархойн паччахьо. Наху-пирӀуно гӀуда далар тӀедожийра ЯхӀуд-махкана. Иза дара ши бӀе пунт дети а, ши пунт деши а. 4- 36:4 Ярми-ЯхӀу 22:11, 12. ТӀаккха ЯхӀу-Ахьазан ваша Элъякъим ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а паччахь вина дӀахӀоттийра. Ткъа Элъякъиман цӀе пирӀуно хийцира, цунах ЯхӀу-Якхам а олуш. Амма Элъякъим, дӀа а лаьцна, Мисар-махка дӀавигира Нахус.
ЯхӀудхойн паччахь ЯхӀу-Якхам
(ТӀаьххьарнаш 23:36–24:7)
5- 36:5 Ярми-ЯхӀу 22:18, 19; 26:1-6; 35:1-19. ЯхӀу-Якхаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо цхьайтта шарахь паччахьалла дира. Шен Везачу Далла зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора цо. 6- 36:6 Ярми-ЯхӀу 25:1-38; 36:1-32; 45:1-5; Даниал 1:1, 2. Набухди-Нецар-паччахьо, цунна тӀе а летта, иза схьа а лаьцна, цӀастанан буржалш туьйхира цунна, иза Бавел-гӀала дӀавигархьама. 7 Везачу Элан цӀа чуьра пхьегӀийн цхьа дакъа цо Бавел-гӀала дӀадаьхьира. Набухди-Нецара шен динан цӀа чу охьаехкира уьш. 8 ЯхӀу-Якхама динчу кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – дегаза долчу хӀуманех а, цунна дуьхьал даккха мел карийначу гӀуллакхех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн а, яхӀудхойн а паччахьийн тептар тӀехь. ЯхӀу-Якхаман метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант ЯхӀу-Яхин.
ЯхӀудхойн паччахь ЯхӀу-Яхин
(ТӀаьххьарнаш 24:8-17)
9 ЯхӀу-Яхинан берхӀитта шо кхаьчнера, иза паччахь дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо кхаа баттаххьий, итт дийнаххьий паччахьалла дира. Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора ЯхӀу-Яхина. 10- 36:10 а: Ярми-ЯхӀу 22:24-30; 24:1-10; 29:1, 2; Яхьазкхиал 17:12; б: Ярми-ЯхӀу 37:1; Яхьазкхиал 17:13. Керла шо долалуш, Набухди-Нецар-паччахьо геланчаш бахийтира, ЯхӀу-Яхин дӀа а лаций, цуьнца цхьаьна Везачу Элан цӀа чуьра еза пхьегӀаш а яхьаш, иза Бавел-гӀала дӀавалаве аьлла, омра а дина. ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а паччахь вина дӀахӀоттийра цо ЯхӀу-Яхин гергара волу ЦӀадукъ-ЯхӀу.
ЯхӀудхойн паччахь ЦӀадукъ-ЯхӀу
(ТӀаьххьарнаш 24:18-20; Ярми-ЯхӀу 52:1-3)
11- 36:11 Ярми-ЯхӀу 27:1-22; 28:1-17. ЦӀадукъ-ЯхӀун ткъе цхьа шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цхьайтта шарахь паччахьалла дира цо. 12 ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо шен Везачу Далла зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. Везачу Элера долу дош схьаолуш волу Ярми-ЯхӀу-пайхамар шена уллохь а волуш, Далла хьалха ша лахвар ца лиира ЦӀадукъ-ЯхӀуна.
Ярушалайман йожар
(ТӀаьххьарнаш 25:1-21; Ярми-ЯхӀу 52:3-11)
13- 36:13 Яхьазкхиал 17:15. Делан цӀарах цунна тешаме хир ву аьлла, ша биъна дуй къар а беш, Набухди-Нецар-паччахьна дуьхьал велира ЦӀадукъ-ЯхӀу. Вухахьа а ваьлла, дог чӀагӀ а дина, цунна ца лиира Исраилан халкъан Везачу Делехьа юхаверза. 14 Цул сов, динан дайшна а, халкъана а тӀехь куьйгалла деш болчу массара а Далла тешаме боцуш шайн лелар алсамдаьккхира. Кхечу къаьмнех болчу наха лелош хилла дегаза гӀуллакхаш цара а леладора. Ткъа Везачу Эло Ярушалайм-гӀалахь даздина долу Цуьнан цӀа сийсаз а дора цара. 15 Шен халкъах а, Шен хӀусамах а Шена къахета Дела, церан дайн Дела волчу Везачу Эло юх-юха Шен геланчаш бохуьйтура царна тӀе. 16 Амма, Делан дешнех а ца бешаш, Цуьнан пайхамарех а кхаьрдаш, цара Дала бахкийтинарш юьхьӀаьржачу хӀиттабора, Шен халкъана дуьхьал йолу Делан дералла юха ца ерззал чӀогӀа алсам а йоккхуш.
17- 36:17 Ярми-ЯхӀу 21:1-10; 34:1-5. Везачу Эло хашадхойн паччахь яхӀудхошна дуьхьал ваьккхира. Ткъа цу паччахьо церан Везачу Элан цӀа чохь церан кегийнаш туьраца байира. Иштта я кегийнаш, я йоӀарий, я воккханиг, я къоьжаниг ца вуьтуш – уьш берриш а дӀабелира Дала Набухди-Нецар-паччахьан кара. 18 Делан цӀа чуьра яккхий а, кегий а ерриге а пхьегӀаш а, Везачу Элан цӀийнан хазни чуьра а, паччахьан а, цуьнан баьччанийн а хазнаш чуьра а дерриг хӀума а Бавел-гӀала дӀадахьийтира цо. 19- 36:19 Сулим 9:8. Хашадхоша Делан цӀа дагийра, гӀалин гонахара пен а охьабожийра. ГӀалахь мел долу паччахьан цӀа а дагийра, царна чохь деза мел долу хӀума а хӀаллакдира цара. 20 Туьрах беллачарна юкъара дийна бисинарш Бавел-махка йийсаре дӀабигира. Ткъа парсихойн пачхьалкх дӀахӀотталц йолчу ханна царах паччахьан а, цуьнан тӀаьхьенан а леш хилира. 21- 36:21 Ярми-ЯхӀу 25:11; 29:10. И дерриг а иштта хилира, Ярми-ЯхӀугахула Везачу Эло аьлла дешнаш кхочушхилийтархьама. Лаьтте садоӀуьйту шераш ца даздарна шена дина долу зен лаьтто такхийтира, ерриг а ша дассийна Ӏиллинчу ханна са а доӀуш, кхузткъе итт шо дуззалц.
Къуреш-паччахьо яхӀудхой юхаберзабе аьлла тӀедиллар
(Ӏезар 1:1-4)
22 Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхӀугахула ваӀда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дӀаязбан а, ткъа и сацам ерриг а цуьнан пачхьалкхехула дӀасакхайкхабайта а:
23- 36:23 ЕшаӀ-ЯхӀу 44:28. «Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тӀедиллина суна, ЯхӀуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цӀа де аьлла. Шуна юкъахь Везачу Элан халкъах мел болчаьрга Аса боху: шун Дела шуьца а хуьлийла, шу Ярушалайме а гӀойла».