Векало ПахӀала
Тимапига
яздина хьалхара кехат
Дешхьалхе
Асиа-махкара Тимапи Ӏийсах тешаш волу цхьа къонах вара. Цуьнан нана жуьгти яра, ткъа да грекахо вара. ПахӀал Далла гӀуллакх деш лелачу хенахь кхуьнан накъост а, гӀоьнча а хилира цунах. Векало ПахӀала Тимапига яздинчу хьалхарчу кехат тӀехь кхо коьрта гӀайгӀа бу.
Цкъа хьалха, цу кехато Ӏийсан динан тобанашкахь болчу харцхьехамна дуьхьал дӀахьедар до. Жуьгтийн а, кхечу къаьмнийн а эйина йолчу ойланашна тӀехь лаьтташ бара и харц хьехам. И нах тешара, хӀара дуьне къилахь хиларх а, къайлахчу хаарехула а, кхачанах цхьайолу хӀуманаш цаяарехула а, маре ца яхарехула а, зуда ца ялорехула а бен кӀелхьардахаре кхача ца даларх. Ӏийсах тешачийн тобанехь куьйгалла муха дан дезарх а, Ӏамал ян езарх а болу хьехамаш а бу цу кехат тӀехь язбина. Динан куьйгалхойн а, тобанан гӀоьнчийн а амал муха хила еза а дуьйцу яздархочо. Эххар а, Тимапина хьехар до, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан гӀуллакхдархо муха хила веза а, Ӏийсах тешачийн тайп-тайпанчу тобанех цо жоп дала деза аьлла а.
11 Со, ПахӀал, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векал ву. Векал хила бакъо суна елла вайн КӀелхьардохург волчу Дала а, вайн дегайовхо волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас а. 2- 1:2 Векалийн 16:1. ХӀара кехат ас яздо хьоьга, Тимапига. Делах а тешна, хьо сан бакъволу кӀант санна хилла. Вайн Да волчу Делера а, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, къинхетам а, синпаргӀато а хуьлда хьуна.
Харцхьехамех лардар
3 Доьху хьоьга, со Македон-махка воьдуш, аса хьайга ма-деххара, Эпасехь сацар. Цигарчу цхьаболчу нахана харц хьехамаш бар дехка деза ахь. 4 Къийсаршна тӀе бен далош доцу хьалха хиллачех лаьцна туьйранаш дийцар а, хаддаза шайн хьалхалера тайпанаш хьехор а дехка царна. Оцу къийсарша тешарца евзина йолчу Делан Ӏалашонна тӀе ца балабо уьш. 5 ЦӀеначу даггара, эхь-бехках буьззина, шалхо йоцучу тешаро хуьлуьйту безам бу уьш дӀабехкаран Ӏалашо. 6 Оцу хьехамашна тӀера дӀа а бевлла, цхьаберш, даьссачу хабаршкахьа а бирзина, галбевлла. 7 Товрат-хьехаман Ӏелам-хьехамчаш хила лаьа царна. Делахь а уьш шаьш а ца кхета я шаьш дуьйцучух я шаьш тешарца хьоьхучух.
8 Ткъа вайна-м хаьа, товрат-хьехамаш дика буйла, нагахь санна уьш лело ма-беззара лелош белахь. 9 И товрат-хьехамаш Делан лаамехь волчунна бина бац. Уьш зуламхошна, Ӏедална муьтӀахь боцучарна, Ӏесачарна, къинош летийначарна, дин доцучарна, Далла гергахь бехбеллачарна, сийсазчарна, шайн да а, нана а, кхидолу адамаш а дойучарна бина бу. 10 Иштта кхин а нахаца лелачарна а, вовшашца хьарам дерг лелочу божаршна а, дохкархьама адамаш лечкъочарна а, харц луьйчарна а, дуй къарбочарна а, нийсачу хьехамашца ца догӀуш лелочу массо а хӀуманна бина бу и товрат-хьехамаш. 11 Сийлахь а, декъала а волчу Дала тешарца соьга схьабеллачу хазачу кхоаца бу и хьехамаш.
Делан диканна хастам бар
12 Суна ницкъ беллачу вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана баркаллаш боху ас. Со тешаме а хетта, Шена гӀуллакх дан со билгалваьккхина Цо. 13- 1:13 Векалийн 8:3; 9:4, 5. Ӏийса сийсазвеш, Цунах тешарш хьийзош, царна ницкъ беш лелла волчу сох къинхетам бина Дала, хьалха со ца кхеташ а, Ӏийсах ца тешаш а хилла дела. 14 Вайн Везачу Эло маьхза луш долу дика суна алссам тӀеӀаьнна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца болчу безамца а, тешамца а цхьаьна. 15 «Дала леррина къобалвина Ӏийса кху дуьнен чу веана къинош летийнарш кӀелхьарбахархьама». И дош бакъ а ду, цунах цхьа а тайпана шеко йоцуш теша а деза вай. Къинош летийначарна юкъахь со массарал а хьалхара ву. 16 Цундела ма гечдина суна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас, Шегахь мел долу доккха собар суна тӀехь гайтархьама. Цунах а тешна, хедар доцу дахар тӀеоьцун болчарна массарна а масална дина ду иза. 17 Хастам а, сийлалла а хуьлда массо а заманашкахь хир волчу а, цкъа а лийр воцу паччахь волчу а, гуш воцучу а, цхьаъ бен воцучу а Далла. Амин.
18 Хьехам бо ас хьуна, сан кӀант Тимапи! Хьох лаьцна Делера хиллачу хаамашца а доьзна, иштта весет до ас. Ахьа оцу весеташца, дикачу тӀемалочо санна, къовсам латтабойла, 19 хьайн тешар а, сий а лардеш. Цхьаболчара уьш юхатеттинера, цундела церан тешар хӀаллакьхилла, бохам баьлча доьхна хинкема санна. 20 Ишттачех бу ХӀуьманай а, Искандар а. Ӏеса къамелаш дан ца дезийла уьш кхетийтархьама, аса уьш иблисан кара дӀабелла.
2Ӏийсах тешначийн тобанашкахь Ӏибадат дар
1 Иштта, уггар хьалха ас доьху хьоьга Деле доӀанаш дар а, дехарш дар а, кхайкхамаш бар а, Далла хастамаш бар а массо а адамашна а, 2 паччахьашна а, массо а олалла дечарна а тӀера. Иштта доӀанаш де, вай ваьш мел хилало суьпа а, оьзда а хуьлуш, иштта тийна а, маьрша а дахар хилийтархьама. 3 ХӀунда аьлча вайн КӀелхьардохург волчу Далла хьалха иза дика а, Цунна тамехь дерг а ду. 4 Цунна лаьа массо а адамаш кӀелхьардовла а, царна билггал бакъдерг довза а. 5 Дела цхьаъ бен вац, иштта Далла а, адамашна а юкъахь юкъарло лелош Верг а цхьаъ бен вац. И Стаг Дала леррина Къобалвина волу Ӏийса ву. 6 Массо а адамийн къинойх мах а луш, Шен са дӀаделлера Цо. Иштта ду шен заманчохь Делан безамах лаьцна дина долу и тоьшалла. 7- 2:7 2 Тимапига 1:11. Кхечу къаьмнашна Ӏийсах долчу тоьшаллина векал а, хаза кхаъ кхайкхорхо а вина сох. Царна бакъдолчу тешарх лаьцна хьеха дӀахӀоттийна со. Билггал бакъдерг боху ас, аьшпаш а ца бутту ас.
8 Цундела суна лаьа муьлххачу меттехь а доӀанаш божарша дойла. Хьалаайинчу куьйгашца доӀа деш болу уьш цӀена а, Далла тешаме а оьгӀазе а боцуш, къийсамаш ца беш а хила беза. 9- 2:9 1 Кипин 3:3. Иштта зударий а доӀа дечу хенахь хила беза оьзда духар дуьйхина а, эхь хеташ а, оьзда а. Уьш месаш хаза кечъярца, деших я жовхӀарех йина хӀуманашца, я беза мах болу духаршца хазбала ца беза. 10 Амма уьш шайн дикачу гӀуллакхашца хаза хила беза, Дела лоручу зударшца иза догӀуш ма-хиллара. 11 Зуда Ӏемачу хенахь тийна а, хьоьхучунна кхоччуш муьтӀахь а хила еза. 12 Ца магадо ас зуда хьехамаш беш хилар. Божаршна тӀехь куьйгалла а ца деш, тийна хила еза иза. 13- 2:13 а: Доладалар 2:7; б: Доладалар 2:21, 22. ХӀунда аьлча Дала хьалха кхоьллинарг Адам вара, тӀаккха Хьава яра. 14- 2:14 Доладалар 3:1-6. Ӏехавелларг а Адам вацара, ткъа зудчо, Ӏеха а елла, зулам динера. 15 Нагахь санна кхидӀа а Делах а тешаш, адамаш а дезаш, цӀена а, оьзда а и хилахь, бер дарца кӀелхьаръер ю иза.
3Ӏийсах тешачийн тобанан гӀайгӀабийриг
1 Нагахь санна цхьанна динан куьйгалхо хила дагадеанехь, цунна дика гӀуллакх дан дагадеана. И дош бакъ ду. 2- 3:2-7 Тите 1:6-9. Ӏийсах тешачийн тобанан гӀайгӀабийриг цхьанна а стеган ала хӀума доцуш цӀена хила веза. Цуьнан цхьа зуда бен хила ца еза. Кхетаме а, собаре а, оьзда а, безамца хьеший тӀеоьцуш а, динах лаьцна хьеха хууш а хила веза иза. 3 Малар тӀехдоккхуш, девнаш дохуш хила ца веза. Амма эсала а, машаре а, ахчанна сутара воцуш а хила веза иза. 4 Шен цӀа дика лело а деза цо, шен бераш шена муьтӀахь хила а, нах лара а Ӏамо деза. 5 Шен цӀа лело а ларош воцург лелар вуй те Ӏийсах тешначийн Делан долахь йолчу тобанан гӀайгӀа беш? 6 Ӏийсах тешна дукха хан йоцучу божарех хила ца веза иза, цуьнан даг чу куралла а йоьссина, иблисана санна, иза кхел йина ца хилийтархьама. 7 Арахьарчу наха дика тоьшаллаш деш хила а веза иза, шена Ӏиттарш ца яйта а, иблисан гуре ша ца лацийта а.
Динан куьйгалхойн гӀоьнчех лаьцна
8 Динан куьйгалхойн гӀоьнчий а хила беза хьанал нах, шалха мотт а боцуш, чагӀар малар тӀех а ца доккхуш, ахчанах шайна пайда а ца лоьхуш. 9 Ӏийсах тешаран динах довзийтина бакъдерг цӀеначу дагца лардан хууш хила беза уьш. 10 Ишттанаш а цкъа хьалха зен беза. Цул тӀаьхьа, ала хӀума доцуш уьш цӀена белахь, динан куьйгалхошна гӀо дайта мегар ду цаьрга. 11 Царах терра хьанал а, мотт ца бетташ а, кхетаме а, массо а хӀуманна тӀехь тешаме а хила беза церан зударий а. 12 Динан куьйгалхойн гӀоьнча а цхьана зудчун майра хила веза. Шен берашна тӀехь а, шен цӀа чохь а дика куьйгалла далуш а хила веза иза. 13 Далла гӀуллакх дика деш болчарна лараме дарж а хир ду, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешар шеконаш йоцуш а хир ду церан.
Дала йовзийтина йоккха къайле
14 ХӀара кехат яздо ас хьоьга, кестта хьо волчу ван ойла йолуш. 15 Нагахь санна со хьелахь а, Делан хӀусамехь дан дезарг хьоьга хаийта боху ас. Делан хӀусам дийна волчу Делан долахь йолчу Ӏийсах тешачийн тобанан гулам бу – билггал бакъдолчун бӀогӀам а, бух а. 16 Къийса ца дезаш, динах йовзийтина къайле чӀогӀа йоккха ю:
Иза адаман дегӀехь гучуваьккхина,
Делан Сино бакъвина,
маликашна Иза гина,
къаьмнашна юкъахь дӀакхайкхийна,
дуьненахь адамаш Цунах тешна,
сийлаллехь Иза хьалаваьккхина.
4Харцхьехамчех лаьцна
1 Делан Сино кхеттош схьабоху: тӀаьхьарчу хенашкахь цхьаболу нах Ӏийсах тешарх юхабевр бу. Адамаш Ӏехош долчу харцжинашна а, жинийн хьехамашна а тӀаьхьахӀуьттур бу уьш. 2 Харц а луьйш, шалхо лелочу нахера бу и хьехамаш. Ткъа цу нехан эхь-бехк дайна. 3 Зуда маре яхар а, стага зуда ялор а, Дала кхоьллина йолу цхьайолу хӀуманаш яар а ца магадо шалхо лелочу оцу наха. Ӏийсах а тешаш, билггал долу бакъдерг девзинчаьрга, Шена хастамаш а бойтуш, яийтархьама, елла Дала и юург. 4 Дала кхоьллинарг дерриг а дика ду. Цхьа а хӀума вон дац, Далла хастамаш а беш, иза тӀеоьцуш делахь, 5 хӀунда аьлча Делан дашца а, вайн доӀанашца а иза Далла хьалха цӀанло.
Дала леррина Къобалвинчун дика гӀуллакхдархо
6 И дерриг а динан вежаршна а хьоьхуш, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дика гӀуллакхдархо хир ву хьох. Вайн динан дешнех а, хьо тӀаьхьаваьллачу дикачу хьехамах а вузуш, вехар ву хьо. 7 Пайда боцу туьйранаш а, даьсса хабарш а дӀататта. Мелхо а, хьо суьпа хилийта чӀогӀа къахьега деза. 8 ХӀунда аьлча мелла а пайда хуьлу шен дегӀ чӀагӀдархьама къахьегарх, ткъа суьпа хила Ӏамар массо а агӀор пайдехьа ду. Цуьнгахь ю хӀинцалерчу а, хиндолчу а дахарна йина чӀагӀо. 9 И дош бакъ а ду, муьлххачу а агӀор тӀелаца хьакъ долуш а ду. 10 Ваьш суьпа хилийтархьама, вай къахьоьгуш а, болх беш а ду. ХӀунда аьлча массо а адамийн, къаьсттина Ӏийсах тешаш болчеран, КӀелхьардохург волчу дийначу Делах вай теша.
11 ХӀара хьехамаш адамашна дӀа а кхайкхабе, хьеха а хьеха. 12 Цхьа а стаг хьан къоналлех ца вешаш ма хуьлийла. Ӏийсах тешачарна массарна а хьайх дика масал гайта айхьа дуьйцучуьнца, оьзда леларца, безамца, тешам хиларца, дог цӀена хиларца. 13 Со хьо волчу дӀакхаччалц, нахана юкъахь Делан Йозанаш а доьшуш, Делан дош дӀа а кхайкхош, нахана хьеха а хьоьхуш, дикка хан яккха. 14 Хьайгахь долу Делан Синан похӀма тергам боцуш ма дита. Делера хиллачу хаамца а, динан тобанан тхьамданаша куьйгаш тӀедахкарца а хьуна делла ду иза. 15 И гӀуллакхаш а деш, яккха хьайн ерриг а хан, хьан кхиамаш массарна а гуш хилийтархьама. 16 Хьайн лелар а, айхьа беш болу хьехамаш а ларбе. ХӀара ас аьлла долу гӀуллакхаш даим а де, хӀунда аьлча уьш дарца ахьа хьо а кӀелхьарвоккхур ву, хьайга ладоьгӀуш берш а кӀелхьарбохур бу.
5Ӏийсах тешаш болчу кхечаьрца муха лела веза
1 Воккхачу стагана Ӏиттарш а ца еш, цунна хьайн дена санна хьехам бе, кегийчарна а, вежаршна санна, хьеха. 2 Хьайн ненаца санна, лараме хила баккхийчу зударшца, хьайн йижаршца санна, лараме хила зудаберашца. Массо а агӀор догцӀена хила цаьрца.
3 Бисина Ӏаш болу зударий лара – царах билггал бисина Ӏаш берш боху ас. 4 Нагахь санна цхьана йисинчу зудчун бераш делахь, я берийн бераш делахь, уггар хьалха шайн доьзалш лара Ӏамо беза уьш. Шайн дена а, нанна а оьшург латто а деза цара. Далла хазахетарг ду иза. 5 Билггал цхьа йисина Ӏаш йолу зуда, Делах дегайовхо а йолуш, дийнахь а, буса а доӀанаш а деш, сих-сиха Деле гӀо доьхуш хуьлу. 6 Ткъа шен дегӀана там лоьху йисина зуда, дийна йоллушехь, елла ю. 7 Царна ала хӀума ца хилийтархьама, кху хьехамех кхетабе уьш. 8 Нагахь цхьаммо шайчеран, къаьсттина шайн цӀерачеран, дола деш дацахь, иза динах а ваьлла, Ӏесачу стагал а оьшуш ву.
9 Кхузткъа шарал тӀехъяьлла хан а йолуш, цхьана стеган цӀарна тӀехь бен хилла а йоцуш, хила еза динан тобано дӀаязйина йолу йисина зуда. 10 Шен дикачу гӀуллакхашца нахана евзина а елахь, шен бераш а кхиош, хьеший дика тӀе а оьцуш, шаьш лахара хоьтуьйтуш долу гӀуллакхаш Делан нахана а деш, хало хьоьгуш болчарна гӀо а деш, муьлхха а дика гӀуллакх дан а гӀерташ елахь, иза дӀаязъян тарло.
11 Ткъа къона болуш бисина Ӏаш болу зударий ма харжа, хӀунда аьлча шайн дегӀан лаамаш хьалха бевлча, Дала леррина Къобалвинчунна тешаме а ца хуьлуш, царна маре баха лаа тарло. 12 Иштта леларца шаьш бехкебойту цара, хьалха дина нигат дӀатеттина дела. 13 Цул совнаха, мукъа хила а, хьошалгӀа эха а Ӏема уьш. Ткъа мукъа хилла а ца Ӏаш, эладитанаш а дуьйцуш, массо а хӀуманна юкъа а гӀерташ, хьашт мел доцург а дуьйцуш, лела уьш. 14 Цундела лаьа суна бисина къона зударий маре гӀойла а, цара бераш дойла а. Шайн цӀа а лелош, шайна дуьхьал волчунна шайх лаьцна вониг ала цхьа а бахьана ца дуьтуш, Ӏан беза уьш. 15 ХӀунда аьлча цхьаберш хӀинцале а иблисана тӀаьххье харц новкъа бевлла. 16 Нагахь санна Ӏийсах тешачу цхьана зудчун доьзалехь йисина зуда елахь, цо кхаба еза иза. Ӏийсах тешначийн тобанна хало ян ца еза, баккъалла а бисина Ӏаш болчу зударшна оцу тобанан гӀо дан таро хилийтархьама.
17 Ӏийсах тешначийн тобанна дика куьйгалла деш болу тхьамданаш шозза а лара хьакъ долуш бу. Хаза кхаъ кхайкхорна тӀехь а, хьехамаш барна тӀехь а къахьоьгурш къаьсттина лара беза. 18- 5:18 а: Карлабаьккхинарг 25:4; б: Маттай 10:10; Лака 10:7. ХӀунда аьлча Делан Йозано хӀара боху: «Оруш болчу стеран бага дӀа ма къовла». Кхин а боху: «Къахьоьгург шена догӀу алапа схьаэца хьакъ долуш ву». 19- 5:19 Карлабаьккхинарг 17:6; 19:15. Динан тобанан тхьамда бехкевар шиъ я кхоъ теш волуш бен тӀе ма лаца. 20 Къинош летийнарш массарна хьалха бехке бе, кхечеран а даг чохь кхерам хилийтархьама.
21 Далла а, Цо леррина къобалвинчу Ӏийсана а, хаьржинчу маликашна а хьалха, дуй а бууш, доьху ас хьоьга: хӀара хьехамаш ларбе, цхьаьнгге озабезам а ца беш, цхьаъ вукхарал лакхара а ца хеташ. 22 Сихлой, цхьанна а тӀе доӀанца куьйгаш ма дахка. Кхечара леточу къиношкахь дакъа ма лаца. Хьо-хьо цӀеналлехь латтаве.
23 ХӀинца чул тӀаьхьа, деккъа хи а малий, ма Ӏе. Хьайн лозучу зорхан дуьхьа а, хьайна сих-сиха хуьлу цамгарш дӀаялийта а жимма чагӀар мала.
24 Цхьаболчу нехан къинош гуш хуьлу, уьш бехке хиларх массо а кхета кхел а яле. Ткъа цхьаболчеран къинош тӀаьхьо бен гучу ца довлу. 25 Иштта дика гӀуллакхаш а схьагуш хуьлу, ткъа уьш, гуш дацахь а, къайлаха а ца дуьсу.
61 Лоллехь бохкучу леша а, хьакъ мадду кхоччуш лара беза шайн олахой. И дан деза Делан цӀе а, вайн хьехамаш а емал ца байта. 2 Шаьш санна Ӏийсах тешачу шайна тӀехь болчу олахойх ца дешаш ма хила. Мелхо а, шайн динан вежарий уьш болу дела, кхин а дика царна гӀуллакх дан деза цара. ХӀунда аьлча церан балхах беркат хуьлурш царна безаш болу Ӏийсах тешнарш бу. Иштта хьехамаш а бе, кхета а бе.
Харцхьехамчех а, бакъдолчу хьолах а лаьцна
3 Цхьаболчара харц хьехамаш дӀасабаржабо. Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан хьекъале долчу дешнашна реза ца хуьлу уьш. Ӏийсах тешарг муха лела веза боху хьехам а тӀе ца оьцу цара. 4 Ишттачарна даг чу куралла йоьссина. Царна хӀумма а ца хаьа. Къовсабаларан а, дашах лаьцна къийсаме къамелаш даран а цамгар кхетта бу уьш. Ишттачух долало хьагӀ хилар, девнаш дахар, вовшашна лер, мекара шеконаш хилар. 5 Хьекъалх телхинчу нахана юкъахь хуьлу и къийсарш. Билггал бакъдолчунна гена бу уьш. Динах шайна цхьа са ер ю моьтту царна.
6 Баккъалла а, суьпа хиларх вайна йоккха са йолу, нагахь санна вайн долуш долчунна вай реза хилахь. 7 ХӀунда аьлча кху дуьнен чу вай цхьа а хӀума ца деана, гуш ду-кх цхьа а хӀума кху дуьнен чуьра вайга дӀадахьалург ца хилар а. 8 Юург а, тӀеюхург а вешан хилча, тоам бан беза вай. 9 Шайн хьал совдаккха луурш зуьйш ма бу. Дукха сонтачу а, зуламечу а лаамийн речӀано лоцу уьш. Оцу хӀуманаша уьш дакъаза а боху, хӀаллак а бо. 10 Массо а тайпана вочу хӀуманан орам – ахчанна сутара хилар ду. Ахчанна тӀаьхьа а бевлла, дукхахберш динах дӀабирзира. Цундела шаьш-шайга баккхий баланаш хьоьгуьйту цара.
Тимапина бо хьехамаш
11 Хьо-м Делан стаг вай, Тимапи. Оцу вочу хӀуманех къахкалахь. Делан лаамехь хилар, суьпа хилар, тешар, безам, собар, эсала хилар лахалахь. 12 Тешарца боьзна болчу дикачу тӀамехь хьуьнарца тӀом бе, хедар доцучу дахаран ял хьайна тӀеэца гӀерта. Цу дахарна Дала хьо тӀекхайкхира, дуккха а тешашна хьалха хьайн хаза тоьшалла ахь дича. 13- 6:13 Яхьъя 18:37. Понти Пулатана хьалха Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас а дира хаза тоьшалла. Цунна хьалха а, массо а хӀуманна дахар луш волчу Далла хьалха а ас хьуна хӀара тӀедуьллу: 14 ала хӀума доцуш цӀена кхочушбе хӀара хьехам, вайн Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Ӏийса кху дуьнен чу схьаваллалц. 15 Ӏийса кху дуьнен чу схьавар шен хан тӀекхаьчча гойтур ду Дала –
декъала а, Ша цхьаъ бен воцу Нуьцкъалхо а,
паччахьийн Паччахь а,
олахойн а Олахо а ву Иза.
16 И цхьаъ бен вац Ӏожалла тӀейогӀур йоцург.
Цхьа а адам тӀекхочийла доцучу нуьрехь Ӏаш ву Иза.
Цхьанна а адамна Иза гина а вац,
цхьанна а адамна Иза гойла а дац.
Цунна ду сийдар а,
абаден олалла а. Амин.
17 Кху заманчохь хьалдолчарна кура ца хилар тӀедилла. Тешаме доцучу церан хьоле сатуьйсучул, Деле сатийса дезарх кхетабе уьш. ХӀунда аьлча Дала дерриге а шортта ло вайна, вай, хаза а хеташ, дахийтархьама. 18 Хазаниг дар а, дика гӀуллакхаш шортта дар а тӀедилла царна. Комаьрша хила а, шайн хьал кхечаьрца декъа а хьеха царна. 19 Уьш иштта лелахь, шайна стигалахь бахам гулбийр бу цара. Ткъа и бахам хинйолчу заманахь онда бух хир бу. И бахьана долуш уьш бакъдолчу дахаре кхача тарло.
20 Ва Тимапи! Дала хьайга Ӏалашдан дӀаделларг ларде. Ӏесачу хабарех а, хазачу кхоаца цхьаьна ца догӀучу хӀуманех а дӀаверза. Цхьаболчара уьш «хьекъал» олий лору, амма иза харцдерг ду. 21 Цхьаберш, оцу хьекъална тӀаьхьабовлар бахьана долуш, динан некъах тилабелла.
Делан дика хуьлда шуьца массаьрца а.