Векало ПахӀала

тассалникахошка

яздина хьалхара кехат

Дешхьалхе

Тассалник-гӀала Рим-пачхьалкхан чубогӀучу Македон-мехкан коьрта гӀала яра. Пилап-гӀалара дӀа а веана, цигахь Ӏийсах тешачийн цхьа тоба дӀахӀоттийра векало ПахӀала. Цо хьехам бора кхечу мехкашкара болчу а, жуьгтийн дин керла хӀума санна лоруш болчу а нахана. Цу хьехамна аьтто баьллера. Ткъа цхьадолчу жуьгташна и хӀума хаза ца хийтира, цундела, жимма хан яьлча, цу жуьгташа дуьхьало йира ПахӀална. И бахьана долуш, ПахӀалан Тассалник-гӀалара дӀаваха дийзира. Берия-гӀала вахара иза. ТӀаьхьо, ПахӀал Коринт-гӀала кхаьчча, цуьнан накъост волчу Тимапис Тассалник-гӀалахь йолчу Ӏийсах тешачийн тобанан хьолах лаьцна шегара хабар дира цуьнга.

Векало ПахӀала тассалникахошка яздина хьалхара кехат цигахь Ӏаш болчу Ӏийсах тешарш иракарахӀитто а, уьш тешарехь чӀагӀбан а яздина дара. Церан тешарх а, безамах а долу хабар шега кхачарна баркалла боху цо. Ша Тассалникехь волчу хенахь муха Ӏийра дагадоуьйту ПахӀала царна. Цул тӀаьхьа Дала леррина Къобалвинарг юхаварах лаьцна долчу церан хаттаршна жоп ло цо: Дала леррина Къобалвинарг юхавале велларг хедар доцучу дахарехь хир вуй, Иза юхавеанчул тӀаьхьа? Юха маца вогӀур ву Дала леррина Къобалвинарг? Иза юхаваре сатуьйсуш Ӏачу хенахь, паргӀат болх а беш, Ӏе боху цаьрга ПахӀала.

1

Маршалла

1- 1:1 Векалийн 17:1. ПахӀала а, Салис а, Тимапис а хӀара кехат яздо вайн Да волчу Делах а, Веза Эла волчу Ӏийсах а тешачийн Тассалник-гӀалара тобане.

Делан дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна.

Тассалникахойн дахар а, Делах тешар а

2 Тхайн доӀанашкахь, шу дага а лоьцуш, шуна массарна тӀера даим Далла хастам бо оха. 3 Шаьш Делах тешаш хиларна, аша дика гӀуллакхаш дар а, аша безамца къахьегар а, вайн Везачу Эле, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсага шу тешамца сатуьйсуш хилар а даим а вайн Да волчу Далла хьалха дагахь латтадо оха. 4 Далла безна болу динан вежарий, шу Дала хаьржина хилар хаьа тхуна. 5 Шу долчохь тхан хаза кхаъ кхайкхор дашца бен хилла ца Ӏаш, Делан ницкъаца а, Делан Синца а, кхин а боккхачу тешамца а ма бара. Шуна шайна хаьа, шун дуьхьа шуна юкъахь тхо муха Ӏара. 6- 1:6 Векалийн 17:5-9. Делан дош тӀе а эцна, тхох а, Везачу Элах а тарделла дӀахӀитти шу а. Аша дукха баланаш лайнехь а, Делан Сино хазахетар лора шуна. 7 Цундела Македон-махкахь а, Ахай-махкахь а массо а Ӏийсах тешаш болчарна шух масал хилла. 8 Ткъа Везачу Элан дош а, шун Делах тешарх болу хаам а шуьгара Македон-махка а, Ахай-махка а кхаьчна ца Ӏаш, массо а кхечу меттигашка а дӀасабаьржина. Цундела шух лаьцна оха дийца оьшуш кхин цхьа а хӀума дац. 9 ХӀунда аьлча цара шаьш а дуьйцу тхох лаьцна. Цара дуьйцу, тхо шуна тӀе муха даьхкира а, иштта шу, цӀуйх дӀа а дирзина, Делехьа дерзарх лаьцна а, дийначу а, бакъволчу а Далла гӀуллакх дархьама. 10 Цара дуьйцу, Делан КӀант стигалшкара схьаваре шу муха ладоьгӀуш ду. Дала веллачуьра денвина волу а, тӀейогӀу йолчу Делан оьгӀазлонах вай кӀелхьардоху волу а Ӏийса ма ву и КӀант.

2

ПахӀала Тассалник-гӀалахь бина болх

1 Динан вежарий, шуна хаьа, тхан шуна тӀедахкар эрна ца хилар. 2- 2:2 а: Векалийн 16:19-24; б: Векалийн 17:1-9. Ткъа, шуна ма-хаъара, хьалха Пилап-гӀалахь баланаш а лайна, сий дайина дара тхо. Тхайна луьра дуьхьало йинехь а, тхайца Дела волу дела, тхо майрра шуна хаза кхаъ кхайкхо гӀиртира. 3 ХӀунда аьлча тхан хьехамашкахь дацара шу тило гӀертар, я цхьа вониг шуна хила лаар, я шуна хӀилла дар. 4 Ткъа Дала тхан сий а дина, Шен хаза кхаъ тешарца тхоьга кховдоре терра, иштта, адамашна томана а доцуш, амма вайн дегнаш зуьйш волу Дела лоруш бо оха и хьехамаш. 5 ХӀунда аьлча, шуна ма-хаъара, тхо цкъа а дацара шу хестош я шуьгара тхайна пайда лоьхуш. Дела теш ву-кх! 6 Шуна я кхечарна тхаьш ларар я тхо хестор тӀе ца дуьллу оха. 7 Тхаьш Дала леррина Къобалвинчун векалш хиларе терра, тхаьш лоруьйтуш дахка йиш яра тхан, делахь а, бераш кхобург шен берашца кӀеда-мерза ма-хиллара, шуна юкъахь тийна Ӏийра тхо+ 2:7 *Шуна юкъахь тийна Ӏийра тхо *– кхечу тептарш тӀехь: *шуна юкъахь, кегий бераш санна, Ӏийра тхо.*. 8 Иштта тхо шух дӀаийна дела а, тхайна шу дезадаларна а шуна Делера болу хаза кхаъ кхайкхийна оха. И дина а ца Ӏаш, тхайн синош а, ца кхоош, шуна дӀадала лиира тхуна. 9 ХӀунда аьлча, динан вежарий, шуна дагадогӀу-кх шу долчохь оха хаза кхаъ кхайкхочу хенахь, тхайх шуна бала ца бархьама, буьйсанна а, дийнахь а оха хьегна къа а, тхуна хилла ницкъ а. 10 Шу а, Дела а теш ду-кх, Делах тешачу шуна хьалха цӀена а, Делан лаамехь а, ала хӀума а ца дуьтуш тхо муха Ӏара. 11 Шуна хууш ду-кх, шух хӀора а, дас шен бераш санна, лелавора оха. 12 Шуьга дехарш а дора, шу иракара а хӀиттадора, шуна синтем а бора оха, Шен Олалле а, сийлалле а кхайкхинчу Далла хьалха шу хьакъ долуш дахийтархьама.

13 Кхин а цхьа бахьана ду, оха гуттара а Далла хастамаш баран. Аша тхоьгара Делан дош тӀеийцира, адамийн дош санна а доцуш, амма Делан дош санна (иза иштта дан а ма ду). Делах тешначу шуна чохь хӀара дош болх беш а ду. 14- 2:14 Векалийн 17:5. Динан вежарий, шу ЯхӀуд-махкарчу динан тобанех тарделла. Цу тобанийн нах Делах тешаш а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан долахь болуш а белахь а, цара шайн махкахошкахьара баланаш хьегна. Царах терра аша а изза баланаш лайна шайн цхьанатайпанах болчу нехан карах. 15- 2:15 Векалийн 9:23, 29; 13:45, 50; 14:2, 5, 19; 17:5, 13; 18:12. Веза Эла волу Дала леррина къобалвина Ӏийса а, пайхамарш а яхӀудхоша байинера. Тхо а дӀалаьхкинера цара. Делан лаамехь бац уьш, массо а адамна мостагӀий хилла царах. 16 Цара новкъарло йо тхуна, Делан кхелах кӀелхьардовлар муха хила деза кхечу къаьмнех болчу нахе тхоьга ца дийцийтархьама. И дарца цара гуттара а шаьш летийначу къинойн барам тӀехбоккху, амма Делан оьгӀазло эххар а тӀекхаьчна царна.

ПахӀална тассалникахошка ван лаар

17 Тхо, динан вежарий, дегнашца вовшах даьхна а доцуш, ткъа вай юьхь-дуьхьал ца хиларна йоццучу ханна вовшахдаьхна дара, цундела кхин а боккхачу деган лаамца шу ган гӀертара тхо. 18 Цундела тхуна шу долчу дахка лаьара. ПахӀал волу со цкъа а, шозза а гӀоьртира шу долчу ван, амма иблисо тхуна массарна а новкъарло йора. 19 Ткъа мила ву хӀинца тхуна дегайовхо луш верг, я тхуна хазахоьтуьйтуш верг, я тхан сийлаллин таж? Шу-м дац те уьш, тхан Веза Эла волчу Ӏийсана хьалха, Иза кху дуьнен чу юхавогӀуш, хиндерш? 20 Шу ду тхан сийлалла а, хазахетар а.

3

1- 3:1 Векалийн 17:15. Цундела шу ца гуш кхин са а ца тохаделла, тхаьш Атина-гӀалахь севцира тхо. 2 Ткъа шу долчу тхайн динан ваша Тимапи вахийтира оха. Иза Делан гӀуллакх а деш, тхоьца Дала леррина Къобалвинчух лаьцна хаза кхаъ кхайкхош къахьоьгуш ву. Аша хьоьгучу халонашкахь шун цхьаннен а ойла ца карчийтархьама, шу динехь чӀагӀдалийта а, Делах тешаран гӀуллакхна тӀехь шун дегнаш иракарахӀитто а вахийтина оха иза. Шуна шайна хаьа, иштта халонаш вай лан езийла. 4 Тхаьш шуьца долчу хенахь, вай баланаш хьоьгург хиларх лаьцна оха хьалххе дӀахаийтинера шуьга. Шуна ма-хаъара, и дерриг а шуьца хила а хилира. 5 Цундела, шун Ӏийсах тешаран гӀуллакх муха ду хаа лууш, шун ойла иблисо карчорна кхоьруш, вай хьегна къа эрна хиларна сагатдеш, аса шу долчу Тимапи вахийтинера. 6- 3:6 Векалийн 18:5. Ткъа хӀинца Тимапи шу долчуьра схьавеана. Шун тешарх а, безамах а, шуна тхо даим а диканца дагахь латтарх а, тхуна шу санна, шуна а тхо ган лаарх а лаьцна дика хабар деана цо тхоьга. 7 Ткъа мел баланехь а, халонашкахь а тхаьш делахь а, Везачу Элах шу тешар бахьана долуш, динан вежарий, шух синтем хилла тхуна. 8 Шу Везачу Элаца чӀагӀделла долу дела, тхо хӀинца ирсе деха. 9 Шуна тӀера Далла тоъал баркаллаш муха эр дара те оха? Шу бахьана долуш Далла хьалха даккхийдеш ма ду тхо. 10 Шун юьхь гархьама а, шун тешар кхочушхилийтархьама а, дийнаххьий, буьйсанний доггах доӀанаш дийр ду оха.

11 Вайн Да волчу Дала Ша а, Вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас а некъ боккхийла тхуна шу долчу дахка. 12 Ткъа тхуна шу дезаре терра, вовшашка а, массо а адамашка а болчу безамах Везачу Эло шун дегнаш дузийла. 13 Цо шун дегнаш безамах дузуьйтур ду, шу чӀагӀдархьама. ТӀаккха вайн Да волчу Далла хьалха шуна бехк буьллийла а доцуш, деза а долуш хир ду шу, вайн Веза Эла волу Ӏийса, массо а Шен долахь болчаьрца кху дуьнен чу схьавогӀучу хенахь. Амин.

4

Делан лаамехь долу дахар

1 Ткъа хӀинца, динан вежарий, Веза Эла волчу Ӏийсан дуьхьа, оха доккхачу дехарца доьху шуьга шаьш Далла хазахетарг дарна тӀехь оха шайга дийцинчул а, кхин а сов кхиамаш аш бахар. 2 Веза Эла волчу Ӏийсагара шайна оха хӀун весеташ делла, шуна хаьа. 3 Боьха лаамаш кхочушбарх шайн догӀмаш лардан деза аша, хӀунда аьлча Делан лаам бу, Шен дуьхьа даз а дина, шу дӀакъасто. 4 Шух хӀоранна а хаа деза, цӀена а, шен сий лардеш а+ 4:4 *Далла гергахь боьхачу лаамех шен дегӀ цӀена латто *– я иштта: *шен зудчуьнца муха Ӏан веза.*, Далла гергахь боьхачу лаамех шен дегӀ цӀена латто хӀун дан деза. 5 Кхечу къаьмнех болу, Дела ца вевза нах санна, нахаца леларан боьхачу лаамех дуьзна хила ца деза шу. 6 Цхьана а хӀуманна тӀехь шайн вешина хьарам долу гӀуллакхаш лелош ямартло ма е, шайна са йолу агӀо лоьхуш ма хила, хӀунда аьлча иштта лелачарна массарна а Везачу Эло таӀзар до. Шуьга иза дӀахьедеш баккъалла а боху оха, хьалха тхаьш ма-дийццара. 7 Дала вай боьхачу лаамийн долахь а доцуш, амма Шена хьалха цӀена лелийтархьама хаьржина. 8 Иштта дуьхьалваьлла леларг адамна дуьхьал ца волу, ткъа вайна Шен Деза Са лучу Далла дуьхьал волу.

9 Шуна вовшийн деза Дала Ша Ӏамийна, шуьга цунах лаьцна оха цхьа а хӀума дийца оьшуш дац. 10 ХӀунда аьлча массо а Македон-махкара динан вежарий шуна баккъалла беза. Динан вежарий, шун вовшийн дезаш хилар кхин а чӀагӀдар тӀедуьллу оха шуна. 11 Шу чӀогӀа гӀерта деза тийна даха. Шайн гӀуллакхаш а бен ма де. Оха шуьга хьалха весеташ ма-дарра, шайн куьйгашца хьанал рицкъа даккха. 12 Нагахь санна шу иштта лелахь, Делах ца тешачу нахе а шаьш лоруьйтур ду аша, дахарехь оьшучунна тӀехь а цхьаннан а гӀо оьшуш а хир дац шу.

Веза Эла кху дуьнен чу юхаварах лаьцна

13 Динан вежарий, кхин болу дог диллинарш санна, шу гӀайгӀанехь ца хилийтархьама, беллачарех хуьлург шуна ца довзуьйтуш Ӏа ца лаьа суна. 14 Вай Ӏийса, вала а велла, денвелла хиларх теша дела, Ӏийсах тешаш белла болу нах а Дала Цуьнца стигалшка хьалабохург хиларх а теша.

15- 4:15-17 1 Коринтхошка 15:51, 52. Везачу Элан дашца боху хӀара оха шуьга, Веза Эла кху дуьнен чу схьаваллалц, дехаш дисина долу вай, беллачарел хьалха девр дац. 16 ХӀунда аьлча Веза Эла коьртачу маликан озаца а, Делан турба лакхарца а, Ша стигалара охьавуссур ву, ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешаш а болуш белларш хьалха денлур бу. 17 Цул тӀаьхьа вай, далаза диснарш, царах дӀа а кхетта, Везачу Элана дуьхьал мархашка хьаладохур ду. ТӀаккха вай даим Везачу Элаца цхьаьна хир ду. 18 Иштта, хӀокху дешнех вовшашна синтем а беш Ӏе.

5

Веза Эла схьаваре кечло

1 Динан вежарий, хин йолчу хенах а, заманах а лаьцна оха шуьга хӀумма а яздан оьшуш дац. 2 Шуна шайна а билггала хаьа, буьйсанна цӀеххьана вогӀу къу санна, иштта дагахь доццучу хенахь тӀекхочур ду Везачу Элан де. 3 «ХӀинца машар бу, цхьа а кхерам а бац» – адамаша боххучу хенахь, берах йолчу зудчунна цӀеххьана тӀедогӀу лазарш санна, цӀеххьана тӀедогӀур ду церан хӀаллакьхилар а. Уьш кӀелхьара а бевр бац. 4 Ткъа шу, динан вежарий, боданехь дац, и де, къу санна, шуна тӀекхача. 5 Шу массо а серлонан кӀентий а, дийнан кӀентий а ду. Вай буьйсанан я боданан кӀентий дац. 6 Цундела вай дийшина Ӏан ца деза, боданехь болу кхиберш санна, амма сема а, кхетамехь а хила деза. 7 ХӀунда аьлча бийшина болчара буьйсанна наб йо, маларх там хилларш а буьйсанна беха. 8- 5:8 ЕшаӀ-ЯхӀу 59:17; Эпасхошка 6:13-17. Ткъа вай серлонан кӀентий долу дела, Делах тешарх а, вовшийн дезарх а гӀагӀ а дина, Дала леррина Къобалвинчо вай кӀелхьардахаре сатуьйсуш хиларх гӀем а йина, кхетамехь хила деза. 9 Вай Дала оьгӀазлонна а доцуш, ткъа вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайна кӀелхьардовлар далархьама хаьржина ду. 10 Ӏийса вайн дуьхьа велла, вай Шеца дахийтархьама, Иза схьавогӀучу хенахь вай дийна я делла делахь а. 11 Цундела, хӀинццалц санна, вовшийн дог а эца, вовшашна чӀагӀдала гӀо а де.

ТӀаьххьара а долу хьехарш а, маршаллаш а

12 Динан вежарий, доьху шуьга, Везачу Элан гӀуллакх дан шуна куьйгалла а деш, хьехамаш а беш, шуна юкъахь къахьоьгуш берш ларар. 13 Церан болх бахьана долуш уьш тӀехдика а, безамца а ларар доьху шуьга. Вовшашца бертахь Ӏелаш.

14 Кхин а чӀогӀа доьху шуьга, динан вежарий, малончаш кхетабелаш, тийна-эсалчеран дог эцалаш, гӀийлачарна гӀо делаш, доккха собар долуш хилалаш массаьрца а. 15 Хьовсалаш, цхьаьнгге а цхьанна а вонна дуьхьал вон ма дайталаш, амма гуттара а вовшашна а, массарна а диканиг дан гӀорталаш.

16 Гуттара а самукъане а хилалаш, 17 даим а доӀанаш деш а хилалаш, 18 массо а хӀуманна Далла хастам а белаш, хӀунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан долахь долчу шух лаьцна Делан иштта лаам болу дела.

19 Йовш йолу цӀе санна, Делан Са дӀа ма дайталаш. 20 Делера болу хаамаш аьшнаш ма белаш. 21 Массо а хӀума зен а зуьйш, диканиг схьалацалаш. 22 Муьлххачу а зуламах ларлолаш.

23 Вайн синна паргӀато луш волчу Дала Ша цӀан а дина, массо а агӀор Ша санна дойла вай. Цо шун са а, дог а, дегӀ а Веза Эла волу Дала леррина къобалвина Ӏийса вогӀучу хенахь дуьззина къинойх цӀена латтадойла. 24 ТӀекхойкхург тешаме ву. Цо кхочушдийр ду хӀара.

25 Динан вежарий! ДоӀанаш делаш тхуна тӀера.

26 Массо а динан вежаршка доггах+ 5:26 *Доггах *– ма-дарра аьлча: *Беза барт баккхарца массо а динан вежаршка маршалла ло.* маршалла ло.

27 Везачу Элах дуй баарца доьху хӀара кехат массо а динан вежаршна+ 5:27 *Динан вежаршна *– кхечу тептарш тӀехь: *динан безачу вежаршна.* дешар.

28 Вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас, маьхза деш долу дика шуьца хуьлда+ 5:28 *Цхьадолчу тептарш тӀехь тӀетоьхна ду: *Амин.*.