Паччахьаллех лаьцна хьалхара тептар:

Шамъал а, Шаул-паччахь а

Дешхьалхе

Хьалхалерчу заманахь мехкан куьйгалхоша олалла дора Исраил-махкахь, цул тӀаьхьа бен паччахьаша олалла дан ца доладелира. Паччахьаллийн гӀуллакхийн хьалхарчу тептар тӀехь цхьана олаллин кепера вукху олаллин кепе хьал хийцаран заманах лаьцна яздина ду. Исраил-махкахь и хийцар дукхахьолахь кхаа стагах доьзна хилла: мехкан куьйгалхойх тӀаьххьарниг волчу Шамъалах а (1:1–7:17), Исраилан халкъана тӀехь хьалхара паччахь волчу Шаулах а (8:1–15:35; 31:1-13), Дауд-паччахьах а (16:1–30:31). Ткъа Дауд-паччахь хилале хьалха цунах лаьцна хилла долу дийцарш Шамъалах а, Шаулах а долчу дийцаршца доьзна ду.

ДӀаяханчу заманашкахь хиллачух лаьцна долчу товратан дийцаршкахь санна, тептаран коьрта ойла иштта ю: Далла тешаме хиларо кхиам ло, ткъа Цунна муьтӀахь ца хиларо бохам бо. И кхаъ шеко йоцуш бовзийтина 2-чу коьртан 30-чу аятахь Везачу Эло динан да волчу Ӏелига иштта аьллачу дешнашкахь: «Сан сий деш волчун Аса а дийр ду сий, амма Сан цӀе сийсаза йоккхуш верг юьхьӀаьржачу а хӀуттур ву».

Тептар тӀехь паччахьаш дӀахӀотторх лаьцна дӀаязйина иэйина ойланаш ю. Везачу Элана Ша Исраилан халкъан бакъволу Паччахь санна хетара, амма, наха динчу дехарна жоп луш, Везачу Эло царна цхьа паччахь къобалвира. Делахь а, паччахьна а, халкъана а тӀехь Дела ву – Иза царна тӀехь олалла Дийриг а, кхел Йийриг а хуьлу (2:7-10). Делан хьехамашка хьаьжжина, массо а нехан бакъонаш ларъян езара, стаг хьал долуш я къен велахь а.

1

Элкханах а, цуьнан доьзалх а лаьцна

1 Эпрайман лаьмнаш тӀехь Ӏуьллуш йолчу Раматайм-Цупамахь+ 1:1 *Раматайм-Цупам *– 19-чу аято гойту и гӀала Рама хилар.* Ӏаш хилла Элкхан цӀе йолу цхьа стаг. Элкхан ша Цупин доьзалх схьаваьлла вара. Цуьнан ден цӀе Ярохьам хилла, ткъа Ярохьам ЭлихӀун кӀант хилла, ЭлихӀун да ТӀохьа хилла. Ткъа ТӀохьа эпратхо волчу Цупин кӀант хилла. 2 Элкханан ши зуда яра. Цхьана зудчун цӀе Хьанат яра, вукхун цӀе Паннана яра. Паннанин бераш хилла, ткъа Хьанат доьзалхой боцуш хилла. 3 ХӀора шарахь, билгалдаьхначу деношкахь, Элкхан Шилун-гӀала воьдуш хилла массо а ницкъашна тӀехь волчу Везачу Элана+ 1:3 *Жуьгтийн маттахь *– ЯхӀвехӀ-Цабаот.* лерина долу гӀуллакх дан а, Цунна сагӀа даккхийта а. Шилунехь Везачу Элан динан дай бара Ӏелин кӀентий: Пайнехьассий, Хьапний. 4 Ша, сагӀа а даккхийтина, цӀа веача, Элкхана шен зудчунна Паннанина а, цо бинчу доьзална а цу сагӀин дакъа луш хилла. 5 Хьанатана тоьлла долу дакъа луш хилла цо, хӀунда аьлча иза цунна дукхах езаш хилла, Везачу Эло цунна доьзалхой ца беллехь а+ 1:5 *Я иштта: *Хьанат цунна чӀогӀа дукхаезаш хиллехь а, цо цунна цхьа дакъа бен ца лора, хӀунда аьлча Везачу Эло Хьанатна доьзалхой ца беллера.*. 6 Везачу Эло цунна бераш ца далар бахьана долуш, Паннанас Хьанат кест-кестта сийсазйора, цуьнга сагатдайтархьама. 7 И сурт Паннанас цунна хӀора шарахь хӀоттадора, Хьанат Везачу Элан цӀа чу мосазза йоьду. Цо ша хьийзаяран барам тӀехбаьлча, иза йоьлхура, цо яа хӀума ца йоура. 8 Цуьнан майрачо Элкхана цуьнга элира: «Хьанат, хьо хӀунда йоьлху? Ахь яа хӀума хӀунда ца йоу? Хьан дог стенна Ӏийжаш ду? Со хьуна итт кӀантал ца тоьлу?»

Хьаната Деле доьху

9 Цхьана дийнахь, Шилунахь шаьш яа хӀума йиъна а, мелла а девллачул тӀаьхьа, Хьанат хьалагӀаьттира. Динан да волу Ӏела Везачу Элан цӀийнан неӀсагӀи тӀехь Ӏаш вара. 10 Хьанат, чӀогӀа дог доьхна, йоьлхуш, Везачу Эле доьхуш яра. 11- 1:11 Лелар 6:5. Цо шен доӀанехь нигат дира:

«Массо а ницкъашна тӀехь волу Веза Эла!

Тидам бехьа сан деган лазаме!

Со хьайна дагаяийтахьа!

Йиц ма ехьа!

Ахьа суна божабер лахь,

аса иза Хьуна массо а йолчу ханна дӀалур ду.

Цуьнан коьртарчу месех урс а хьакхалур дац».

12 Дехха доӀа дира Хьаната. Цу хенахь Ӏела Хьанатан балдашка хьоьжуш вара. 13 Иза шен дагахь доӀа деш яра: цуьнан балдаш хьуьйш дара, амма цо дуьйцург хезаш дацара. Цундела Ӏелина иза мелла ю моьттира. 14 Цо цуьнга элира: «Хьо мелла ю! Малар дита деза!»

15 Хьаната жоп делира: «Иза иштта дац, сан эла. Аса я чагӀар а, я йий+ 1:15 *Йий *– кӀенах даьккхина вахош долу малар.* а ца мелла. Со сайн кийрара бала Везачу Эле дӀабелхош ю. 16 Хьан ялхо йолчу сох вон зуда ма хеталахь. Аса оццул деха доӀа даран бахьана соьгахь лаьтташ болу бала бу».

17 Ӏелас цуьнга элира: «Марша гӀойла хьо. Исраилан Дала хьан доӀанна жоп лойла».

18 Хьаната цуьнга элира: «Хьо суна реза хуьлийла лаьара суна!» Иза шен новкъахула дӀаяхара. Цо яа хӀума а йоура, хӀинца хьалха санна сингаттаме а ца хетара иза.

Шамъал дуьнен чу валар а, иза Везачу Элана дӀавалар а

19 Ӏуьйранна хьала а гӀаьттина, Далла корта а тоьхна, уьш шайн цӀа долчу Раме юхабахара. Элкхан шен зудчуьнца дӀавижинчул тӀаьхьа Дала Хьанатан дехар Шена дагадаийтира. 20 Дукха хан ялале иза берах хилира. Шен зама тӀекхаьчча, цо кӀант вира, цуьнан цӀе Шамъал аьлла тиллира (иза «Далла хезна» бохург ду). И цӀе цунна тиллар и кӀант Хьаната Деле вехар дара.

21 Шен доьзалца хӀора шарахь ша ма-ваххара, Шилуне Везачу Элана сагӀа даккхийта а, ша дина долу нигат кхочушдан а вахара Элкхан. 22 Амма Хьанат цаьрца ца яхара. Цо Элкхане элира: «КӀант вакхочуьра а ваьккхина, аса иза айса дӀавуьгур ву цига, Везачу Элана дӀа а лур ву, массо а ханна цигахь Ӏайта».

23 Элкхана цуьнга элира: «Хьайна бакъахьа хеттарг де. ЦӀахь Ӏан мегар ду хьуна, кӀант вакхочуьра ваккхалц. Дала къобалбина тӀеоьцийла хьан лаам». Цуьнан зуда цӀахь Ӏийра, кӀант вакхочуьра ваккхалц.

24 Иза вакхочуьра къастийначул тӀаьхьа, Хьанат цуьнца Шилуне яхара. Цо, ша дӀайоьдуш, шеца кхо шо кхаьчна долу бежана+ 1:24 *Ӏебархойн маттахь: *кхо старгӀа. *Грекийн гочдар тӀехь: *кхо шо кхаьчна долу бежана.* а, кхо сахь дама а, цхьа пӀаьлдиг чагӀар а даьхьира. Иза Шилунерчу Везачу Элан цӀа чу еара, шеца кхуьуш волу шен кӀант а валош. 25 Схьадалийначу бежанна урс хьаькхира. Ӏела волчу шайн кӀант схьавалийра дас-нанас. 26 Хьаната элира: «Сан эла! Хьо дийна хилар санна бакъ ду хьуна, тоххара хӀоккхуза дӀа а хӀоьттина, Везачу Эле доьхуш доӀа деш хилларг со хилар. 27 ХӀара хьуна гуш долу бер ду хьуна аса Цуьнга дехнарг. Везачу Эло суна жоп делира, аса дехнарг кхочуш а деш. 28 Аса хӀара кӀант Везачу Элана дӀало. Ша дуьнен чохь мел йоккхучу хенахь Везачу Элана гӀуллакх деш хир ву хӀара».

Цо цигахь Везачу Элана Ӏибадат дира.

2

Хьанатан доӀа

1- 2:1-10 Лака 1:46-55. Ша доӀа деш Хьаната элира:

«Сан дог Везачу Элах доккхаде!

Везачу Эло Шен ницкъаца соьца болу ларам лакхабаьккхина!

Ахьа со кӀелхьаръяккхарх йоккхаеш,

со сайн мостагӀех йоьлу.

2 Везачу Элал веза цхьа а вац,

Хьох тераниг дуьнен чохь а вац!

Чхаро санна, адам Ӏалашдеш тхан Дела воцург цхьа а вац.

3 Деза детташ, къамелаш ма де,

ма ала кӀоршаме дешнаш!

Веза Эла массо а хӀума гуш ву.

Нехан массо а гӀуллакхашна нийсонца тӀе а хьожу.

4 Ницкъболчеран секхаӀад кагло!

ЭгӀаза верг ницкъ болуш хуьлу.

5 Буьзна хилларш, леш санна, къахьоьгуш бу,

меца лелларш, буьзна, садоӀуш бу.

Бер ца хуьлуш йолчо ворхӀазза бер до,

ткъа дукха кӀентий болуш хилларг синца эшна ю.

6 Везачу Эло вен а воь, чу са а кхуллу,

стаг Ӏожалле дӀа а хьажаво, веллачуьра ден а во.

7 Везачу Эло цхьаьнга къелла кховдайо, вукхуьнга хьал ло,

цхьаннан цӀе йожайо, вукхуьнан хьала а йоккху.

8 Везачу Эло къен верг чена юккъера хьалаайаво,

овкъарш юккъера мисканиг схьавоккху.

Иза хьалдолчаьрца нийсса дӀахӀоттаво,

цаьрга паччахьаллин сийнна шерет+ 2:8 *Шерет *– бахам бекъар.* дойту.

Дуьненан бух Везачу Элан ма бу,

цу тӀехь Латта ДӀахӀоттийнарг а Иза ву.

9 Везачу Эло шен нехан лар Ӏалашйо,

хьарамалла лелорш хӀаллакбо,

уьш боданехь къайла а бохуш.

Церан ницкъ хиларх пайда бац,

и ницкъ цаьргара шайгара бен бацахь.

10 Шена дуьхьалваьлларг Везачу Эло дуьнен чуьра войу,

стигалара схьа царна оьгӀазло а еш.

Делан кхел дуьненан массо а маьӀӀе кхочур ю.

Ша хаьржинчу паччахье Цо олалла а лур ду,

Ша къобалвинчуьнца болу ларам лакха а боккхур бу».

11 Элкхан доьзалца Раме юхавирзира, ткъа Шамъал динан да волчу Ӏелина уллохь Везачу Элана гӀуллакх деш Ӏийра.

Ӏелин кӀенташа летийна къинош

12 Ӏелин кӀентий чӀогӀа вон нах хилла. Цара Веза Эла къобал а ца вора, 13 я динан дайша нахаца лелон езаш йолу юкъаметтиг а ца хаьара царна. Цхьаммо, сагӀа а даьккхина, жижиг кхехкочу хенахь, динан ден жима гӀоьнча, шен кхо маӀа йолу мӀара а бахьаш схьа а вогӀий, 14 яй чу, я ялгӀу чу, я кеда чу иза а Ӏуттий, цу чуьра тӀейогӀаелларг схьа а оьций, дӀавоьдура. Иштта «гӀиллакх» хӀоттадора цара массо а Шилуне вогӀуш волчу исраилхочуьнца. 15 Везачу Элана лерина долу махьаран даьтта дагадале, динан ден жимачу гӀоьнчас, схьа а вогӀий, цӀий доккхуш волчуьнга олура: «Динан дена кхарза жижиг ло. Цо хьоьгара кхехкийна жижиг схьаоьцур дац, соьга буьйданиг ло».

16 Нагахь санна цхьаммо шега: «Цкъа собар де махьаран даьтта дагийна даллалц, цул тӀаьхьа хьур ду ахьа хьайн даго ма-бохху жижиг» – аьлча, цо олура: «ХӀинца схьало. Ахьа ца лахь, аса нуьцкъала схьадоккхур ду хьоьгара иза».

17 Цу кегийчу наха Везачу Элана хьалха чӀогӀа доккха къа латийнера, хӀунда аьлча цара шаьшшиъ Везачу Элана сагӀа даккхарх ца вешийла гойтура.

Шамъал Шилунехь

18 Шамъала Шилунехь ша Везачу Элана гӀуллакх деш волчу хенахь, динан дайша лелон езаш йолу ийпад цӀе йолу бедарш тӀеюхура. 19 Леррина тӀехула йоьхна лелош йолу бедарш цунна шен нанас, тега а тоьгий, хӀора шарахь яхьаш хилла, иза шен майрачуьнца сагӀа даккха йогӀуш. 20 Ӏелас, Элкханний, цуьнан зудий декъал а деш, олура: «Везачу Эло кхин а бераш лойла шуьшинна хӀокху аша Везачу Элана дӀавеллачу кӀантана дуьхьал». И шиъ шайн цӀа доьдура. 21 Веза Эла Хьанатана тӀехьаьжна хилла: цо кхин а кхо кӀант а, ши йоӀ а йина. Ткъа церан кӀант Шамъал Везачу Элана уллохь воккха хуьлуш хилла.

Ӏелига цуьнан кӀенташа ла ца дугӀу

22 Ӏела чӀогӀа къена вара. Цунна хезаш дара шен кӀенташа массо а исраилхошка хӀоттош дерг а, уьш Везачу Элан деза четар лаьттачу кертахь гӀуллакх деш болчу зударшца лела бохуш дерг а. 23 Цо цаьрга элира: «ХӀунда лелабо аша и болх? Массо а нахера суна шух лаьцна вониг хеза. 24 Сан бераш, суна шух лаьцна хезаш дерг вон хабар ду. Везачу Элан лаамехь долчу халкъо шух лаьцна вониг дуьйцу. 25 Стага вукху стагана дуьхьал ша вониг дича, Дела царна юккъе хӀотта мега. Ткъа аша Везачу Элана дуьхьал вониг лелош хилча, шуна тӀе мила хӀуттур ву?»

Амма цара шайн дас бохучуьнга ла ца дугӀура, Везачу Эло цу хенахь уьш байа сацам бина хилла дела. 26- 2:26 Лака 2:52. Ткъа Шамъал воккха хуьлуш вара, шех Везачу Элан а, нехан а бӀаьрг бузуьйтуш.

Ӏелин доьзалх лаьцна Делера хаам бар

27 Ӏела волчу Делан стаг веара. Цо элира: «Везачу Эло хьоьга иштта боху: „Хьан ден цӀенна Со ца вовзийтира Ас, уьш Мисар-махкахь пирӀунан цӀа чохь леш болчу хенахь? 28- 2:28 а: Арадаккхар 28:1-4; б: Ӏамалъяр 7:35, 36. Массо а исраилхойн тайпанашна юккъера хаьржина вацара Аса хьан дай шех схьабевлла волу АхӀарон Сайн динан да хилийта а, сагӀа доккхучу кхерче ваийта а, хаза хьожа йогӀу хӀума ягаяйта а, Суна хьалха динан дас лелош йолу ийпад лелаяйта а? Массо а Исраилан кӀенташа Сан дуьхьа доккхуш долчу сагӀанийн дакъа ца кхочуьйтура Аса хьан цӀенна? 29 ХӀунда бетта аша Сан дуьхьа доккхуш долчу жижиган а, баьпкан а сагӀанийн дакъошна тӀе когаш, Аса Сайн цӀенна лерина долчу? Сан Исраилан халкъо Суна даьхначу сагӀанийн уггар тоьллачу дакъойх хьан кӀентий буза а беш, ахьа Со дӀатеттина“».

30 Цул тӀаьхьа цу стага элира: «Исраилан халкъан Дала аьлла дара: „Хьан цӀа а, хьан ден цӀа а массо а хенахь Сан бӀаьргашна хьалха гӀуллакх деш хир ду“. Амма хӀинца Везачу Эло боху: „Иза иштта хир дац! Сан сий деш волчун Аса а дийр ду сий, амма Сан цӀе сийсаза йоккхуш верг юьхьӀаьржачу а хӀуттур ву. 31 ТӀейогӀур ю Аса хьан массо а тӀаьхье хӀаллакьеш йолу зама. Хьан доьзалера цхьа а стаг къанло хан тӀекхаччалц вехар вац. 32 Исраилан мохк толуш дӀагӀур бу, амма хьуна гун дерш хьан доьзале кхочун долу вонаш ду. Хьан доьзалхойх цхьа а къанвелла лийр вац. 33 Сайн кхерчан уллора массо а дӀавоккхур вац Аса. Цхьаъ вуьтур ву Аса цуьнан бӀаьргаш бӀарздаллалц, цуьнан гӀора дӀадаллалц. Хьан мел йолу тӀаьхье гӀеметтахӀоьттинчу хенахь лийр ю. 34- 2:34 Шамъал 4:11. Аса билгало йоуьйтур ю хьуна и зама тӀекхаьчнийла хоуьйтуш: хьан ший а кӀант, Хьапни а, Пайнехьас а, цхьана дийнахь лийр ву. 35 Аса Сайна тешаме динан да дӀахӀоттор ву: цо, Сан даге хьаьжжина, Аса ма-бохху гӀуллакх дийр ду. Аса цуьнан тайпа ницкъ болуш хуьлуьйтур ду. Цо, ша мел веха, Аса хаьржинчу паччахьан гӀуллакх а дийр ду. 36 Хьан цӀийнах мел виснарг цунна корта тоха вогӀур ву, жимма ахча я баьпкан дакъа ло бохуш. Цара цуьнга дехар дийр ду: ‘Динан дас беш болу муьлхха а болх лохьа суна, сайна сискал яккха’, – бохуш“».

3

Дала Шамъале тӀекхойкху

1 Кхиъна вогӀуш волу Шамъал Ӏелина уллохь Везачу Элана гӀуллакх деш вара. Цу деношкахь Делера хаам нахе наггахь бен хуьлуш бацара, Делера долу сурт а наггахь бен ца хӀуттура. 2 Цхьана буса Ӏела шен меттахь вижина Ӏуьллуш вара. ТӀаьхьарчу хенахь цуьнан бӀаьргаш телхина догӀуш дара, цундела цунна хӀумма а ца гора. 3 Сатасале, богуш болу Делан къуьда дӀабаза болчу хенахь, Шамъал Везачу Элан дезачу четар чохь вижина Ӏуьллуш вара. Цу четар чохь лаьтташ Делан деза тӀорказ а дара. 4 Веза Эла Шамъале кхайкхира. Цо жоп делира: «Кхузахь ву со!» 5 Ведда Ӏела волчу а вахана, цо элира: «Со кхузахь ву. Хьо соьга кхайкхирий?»

Амма Ӏелас элира: «Со хьоьга ца кхайкхира. Вало, дӀавижа».

Шамъал, дӀа а вахана, дӀавижира. 6 Веза Эла юха а цуьнга кхайкхира. Иза шолгӀа а, Ӏела волчу схьа а веана, вистхилира: «Со кхузахь ву. Хьо соьга кхайкхирий?»

Амма вукхо элира: «Сан кӀант, со хьоьга ца кхайкхира. ДӀа а гӀой, дӀавижа». 7 Шамъална цу хенахь Везачу Элан аз ца девзара, хӀунда аьлча Цуьнан дош Шамъална схьа ца делладеллера.

8 КхозлагӀа а Веза Эла Шамъале кхайкхира. Иза юха а, хьала а гӀаьттина, Ӏела волчу а веана, вистхилла: «Со кхузахь ву. Хьо соьга кхайкхирий?»

ТӀаккха Ӏелина хиира, кӀанте кхойкхуш Верг Веза Эла вуйла. 9 Ӏелас Шамъале элира: «Юха а, дӀагӀой, дӀавижа. Нагахь санна хьайга юха а цхьаммо кхайкхахь, цуьнга ала: „Вистхила, Веза Эла, Хьан лай Хьоьга ладугӀуш ву“».

Шамъал, шен метте дӀа а вахана, дӀавижира. 10 Веза Эла, схьа а веана, дӀа а хӀоьттина, хьалха санна кхайкхира: «Ва Шамъал!»

Шамъала элира: «Вистхила, Веза Эла, Хьан лай Хьоьга ладугӀуш ву!»

11 Везачу Эло Шамъале элира: «Аса Исраилан махкахь цхьа хӀума дийр ду, и шена хезначун шинна а лерга чу зов догӀур ду. 12 Цу дийнахь Аса Ӏелин доьзална тӀехь Айса мел аьлларг кхочушдийр ду. Аса иза дӀа а долор ду, чекх а доккхур ду. 13 Аса цуьнга аьлла ду, цуьнан цӀенна тӀехь массо а тӀейогӀучу ханна таӀзар дийр ду аьлла, хӀунда аьлча цо шен кӀенташа лелош долчу къинойх лаьцна а, цара лелош долчу дастамечу хӀуманех лаьцна а шена хуъушехь, уьш саца ца бина дела. 14 Аса чӀагӀо йо, цуьнан цӀенна тӀехь долу къинош муьлхха а тайпана даьккхинчу сагӀанаша дӀадохур дац аьлла».

15 Шамъал Ӏуьйре тӀекхаччалц вижина Ӏиллира. Ша хьалагӀаьттинчул тӀаьхьа, цо Везачу Элан четаран неӀ дӀайиллира. Иза ца хӀуттура Ӏелига шена буьйсанна хезнарг дӀадийца. 16 Амма Ӏелас кхуьнга ша дӀакхайкхира: «Сан кӀант Шамъал!»

Цо элира: «Со кхузахь ву».

17 ТӀаккха Ӏелас элира: «Хьоьга хӀун элира? Хьайга аьллачух хӀумма а къайладаккха ма гӀерта. Дала хьуна чӀогӀа таӀзар дийр ду, ахьа сох хӀумма а къайладаккхахь». 18 Цхьа а хӀума къайла ца хьош, Шамъала дерриге а цуьнга дӀадийцира. ТӀаккха Ӏелас элира: «Иза Веза Эла ву. Цо Шена бакъахь хеттарг дойла!»

19 Шамъал воккха хилира. Веза Эла цуьнца вара, Цуьнан цхьа а дош кхочуш ца хуьлуш ца дисира. 20 Исраил-махкахь массо а меттехь, Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀе кхаччалц, массарна а хиира Шамъалах Везачу Эло къобалвина волу пайхамар вина хилар. 21 Шен дашехула Ша вовзуьйтуш, Шилунехь Шамъална дуьхьалвогӀура Веза Эла.

4

1 ТӀаккха Шамъал массо а исраилхошка наггахь вистхуьлура.

Везачу Элан тӀорказ йийсаре дуьгу

Цу заманчохь исраилхой пӀелаштамхошна дуьхьал тӀом бан арабевлла хилла. Исраилхойн меттамотт Абани-Ӏазарна генахь боццуш лаьтташ хилла, ткъа пӀелаштамхой Апакх олучу гӀалина уллохь севцина. 2 Исраилхошна дуьхьал лата дӀахӀиттинера пӀелаштамхой. Уьш вовшахлетира. ПӀелаштамхоша исраилхой эшийра. Цигахь виъ эзар стаг вуьйжира исраилхошна юкъара. 3 Адам шайн меттаматте юхадеара. Исраилхойн къаноша элира: «Везачу Эло хӀунда белла техьа пӀелаштамхошка вай эшадан ницкъ? Вай Шилунера Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ схьаэца деза. Иза вайца хир ду, цо вай мостагӀийн куьйгех кӀелхьара а дохур ду». 4- 4:4 Арадаккхар 25:22. Нах Шилуне а бахийтина, цигара массо а ницкъашна тӀехь волчу Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тӀорказ схьадаийтира. ТӀорказан негӀар тӀехь Ӏаш дашо деза ши малик дара. Царна тӀехула яра Везачу Элан меттиг. Цу тӀорказна уллохь Ӏелин ши кӀант вара, Хьапний, Пайнехьассий. 5 Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ шаьш долчу схьакхаьчча, исраилхоша йоккха гӀовгӀа яьккхира, дерриг латта а дегош. 6 И баккхийберан мохь шайна хезча, пӀелаштамхоша элира: «Ӏебархойн агӀонехь ма чӀогӀа маьхьарий хьоькху. И хӀун ду техьа?» Царна хиира Везачу Элан тӀорказ исраилхойн меттаматте схьакхаьчнийла. 7 ПӀелаштамхой кхерабелира. Цара элира: «Церан Дела веана уьш болчу. Вайгахь боккха бала бу! Иштта долу хӀума хьалха цкъа а ца хилла! 8 Бала бу вайгахь! Хьан дохур ду вай цу ницкъ болчу деланийн карара? Цу деланаша, таӀзарш деш, мисархой хӀаллакбина яьссачу аренгахь. 9 ЧӀагӀ а лой, майра хила, пӀелаштамхой! Вайна карабаьхкина болу Ӏебархой санна, церан кара а дахана, церан леш хилла ца латтархьама. Доьналла долуш хила, цаьрца лата кийча хила!»

10 Уьш чӀогӀа летира, исраилхой эша а беш. ХӀора дийна висина волу исраилхо, ведда, шен цӀа вахара. Исраилхой чӀогӀа эшийра цу тӀамехь, ткъе итт эзар гӀашло вен а вуьш. 11 Делан тӀорказ пӀелаштамхойн карадахара, ткъа Ӏелин ши кӀант, Хьапний, Пайнехьассий, велира.

Ӏелин валар

12 Оццу дийнахь цхьа бен-яманхо, тӀом болчуьра ведда, Шилуне кхечира. Цунна тӀера бедарш этӀийна яра, коьрта тӀехь чан яра. 13 Ӏела гӀали чу воьдучохь лаьтташ долчу кевнан неӀарехь хиъна Ӏаш вара, хьоьжуш. Цуьнан дог, Делан тӀорказах хӀун хилла ца хууш, лозуш дара. Веанчу цу стага тӀамехь долу хьал дийцича, массо а стаг велха дӀахӀоьттира. 14 Шена и белхар хезча, Ӏелас хаьттира: «И хӀун гӀовгӀа ю?» Цу стага, тӀе а веана, шадерг а дӀадийцира. 15 Цу хенахь Ӏелин дезткъе берхӀитта шо дара. Цуьнан бӀаьргаш, са ца гуш, кхоьлина дара. 16 Цу стага цуьнга элира: «Со меттаматтера схьавеана. Тахана тӀом болчуьра ведда со».

Ӏелас цуьнга хаьттира: «ХӀун хилла цигахь, жима къонах?»

17 Хаамчас жоп делира: «Исраилхой пӀелаштамхойх бевдда. Вай цара эшийна. Хьан ший а кӀант велла. Делан тӀорказ мостагӀийн карахь ду».

18 Цо Делан тӀорказ хьахошшехь, Ӏела ша Ӏаш волчу гӀанта тӀера аркъал охьавуьйжира. Вортанан даьӀахк каг а елла, иза велира. Цуьнан кхалхар иштта сиха хилира, иза чӀогӀа къена а, дегӀана веза а волу дела. Иза шовзткъа шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо хилла Ӏийна ву.

Пайнехьасах йиснарг ялар

19 Ӏелин нус, Пайнехьасан зуда, кестта бер дан дезаш яра. Делан тӀорказ пӀелаштамхойн карадахнийла а, шен мардай, майрий веллийла а хиъча, иза ца лайна, зуда берах хьовзийра. Дукха хан ялале, цо бер дира. 20 Иза лечу хенахь, цунна тӀехь лаьтташ болчу зударша элира: «Ма кхера. Ахьа кӀант вина». Амма иза схьахьожуш а, йистхуьлуш а яцара. 21 «Везачу Элан сий Исраил-махкара дӀадаьлла», – аьлла, цо шен кӀентан цӀе Ихвади тиллира (иза «сий доцург» бохург ду). Делан тӀорказ мостагӀийн карадахана дела, шен мардай, майрий велла дела, тиллина цо и цӀе кӀантана. 22 Цо элира: «Исраилан махко Везачу Элан сий дайина, Делан тӀорказ мостагӀийн карадахана дела».

5

Делан тӀорказо пӀелаштамхошна зе до

1 Делан деза тӀорказ йийсаре а дигна, пӀелаштамхоша иза Абани-Ӏазарера Ашдод-гӀала схьадеара. 2 Цара деза тӀорказ, схьа а эцна, шайн дела волчу ДагӀонан цӀа чу диллира. Цара иза ДагӀонан суьртана уллохь охьахӀоттийра. 3 ШолгӀачу Ӏуьйранна ашдодхой самабевлча, царна гира ДагӀонан тӀулгах дина долу сурт Везачу Элан тӀорказна хьалха бертал Ӏуьллуш. Хьала а айдина, ДагӀонан сурт цара ша хиллачу дӀахӀоттийра. 4 Вукху Ӏуьйранна нах самабевлча, царна гира Везачу Элан тӀорказна хьалха бертал Ӏуьллуш долу ДагӀонан сурт, цуьнан корта а, ший а куьг а, схьа а даьккхина, неӀсагӀи тӀехь Ӏуьллуш. Дохоза дегӀан гӀад диснера. 5 И бахьана долуш таханлера де тӀекхаччалц я динан дай а, я кхиболу нах а, Ашдод-гӀаларчу ДагӀонан цӀа чу шаьш баьхкича, цкъа а неӀсагӀи тӀе ца бовлу. 6 Везачу Эло дуьне гатдинера ашдодхошна. Уьш эшош таӀзар дора Цо царна, дегӀа тӀе хӀуманаш юьйлуьйтуш, Ӏазап хьоьгуьйтура. И хьал Цо Ашдод-гӀалахь хӀоттийна а ца Ӏаш, цунна уллохь йолчу яртийн бахархошка а хӀоттийнера. 7 Шайна и сурт гича, ашдодхоша элира: «Исраилан Делан деза тӀорказ вай долчохь кхин дита йиш яц! Цо даккхий зенаш хуьлуьйту вайна а, вайн дела волчу ДагӀонна а». 8 Цара, пӀелаштамхойн мел волу куьйгалхо схьа а гулвина, хаьттира: «ХӀун до вай Исраилан халкъан Делан дезачу тӀорказна?»

Вукхара элира: «Вай и тӀорказ Гати-гӀала дӀадахьа деза».

Цара иза Гати-гӀала дӀадаьхьира. 9 Иза цига дӀа-ма-даьхьнехь, Везачу Элан куьг цига а кхечира. Нах чӀогӀа инзарбохуш, царна тӀе доккха Ӏазап хӀоьттира, массеран а дегӀа тӀе ирча хӀуманаш евлира, воккха-жима ца къастош. 10 Цул тӀаьхьа цара Делан тӀорказ Ӏекхран-гӀала дӀадаьхьира. Амма иза цига дӀадаьхьча, цу гӀалара бахархой чӀогӀа боьхна хьаьвзира. Цара бохура: «Тхо долчу исраилхойн Делан тӀорказ схьадеана тхо а, тхан гӀала а хӀаллакьян». 11 ТӀаккха цара, массо а пӀелаштамхойн куьйгалхо схьа а гулвина, элира: «Исраилан мехкан Делан деза тӀорказ ша хиллачу дӀадахьийта, цо вайн мохк а, вайн адам а хӀаллакдале!» Ӏекхран-гӀалара бахархой чӀогӀа кхерабелла хилла, хӀунда аьлча церан дахар цу хенахь чӀогӀа эрчадаьлла хилла дела. 12 Байаза бисинарш дегӀа тӀехь хӀуманаш евлла хилла. Адаман белхар стигала хьалакхочура.

6

Везачу Элан тӀорказ юхадерзадо

1 ВорхӀ баттахь латтийна пӀелаштамхоша Везачу Элан тӀорказ шаьш долчохь. 2 Динан дай а, эвлаяаш а схьа а гулбина, цара элира: «ХӀун до вай Везачу Элан дезачу тӀорказна? ХӀара шен махка дӀа муха дахьийта деза дийцийша тхуна!»

3 Вукхара элира: «Шаьш Исраилан халкъан Делан тӀорказ дӀадахьийта гӀерташ делахь, иза ша ма-дарра дӀа ма дахьийта: аша сагӀа даккха деза шайн бехк такхархьама. ТӀаккха хуур ду шуна, Цо шайна таӀзар хӀунда дина».

4 Цара хаьттира: «Оха тхайн бехк токхуш сагӀа даккхар муха хила деза?»

Вукхара жоп делира: «Кхузахь волчу пхеа пӀелаштамхойн пхеа куьйгалхочун цӀарах пхиъ, дегӀа тӀехь яьлларг санна, дашо хӀума а, пхи дашо дахка а бан беза, хӀунда аьлча шуна дина долу таӀзар шуна а, шун куьйгалхошна а кхочу. 5 ДегӀана тӀе яьлла йолу пхи дашо хӀумий, шайн латта дассош болу пхи дашо дахкий шаьш бина девлча, Исраилан Далла хастам бе. Цо Шен деза куьг шуна тӀера а, шун делашна тӀера а, шун лаьтта тӀера а дӀадаккха мега шуна. 6 Шайн дог хӀунда чӀагӀдо аша, мисархоший, пирӀуной санна. Дала шайна таӀзар диначул тӀаьхьа бен ца делла цара исраилхошна Мисар-махкара дӀадаха пурба. 7 Керла ворда а яй, хӀинцца бехкина болу, цкъа а дӀабоьжна боцу ши етт цу ворданах дӀабожа, ткъа церан эсий цӀа дига. 8 Везачу Элан тӀорказ цу ворданна тӀе хӀоттаде, ткъа Далла хьалха шайн бехк такхархьама сагӀина кечйина йолу дашо хӀуманаш цхьана гӀутакх чу агӀонгахь охьа а яхкий, ворда дӀа а хеций, дӀаяхийта. 9 Хьожуш хилалаш, нагахь санна и ворда, кхин цхьанхьа дӀа-схьа ца хьаьвзаш, Исраил-махкахь йолчу Байт-Шамаше дӀайодахь, и боккха бохам вайна Везачу Эло хилийтина бу. Амма и ши етт цига ца бодахь, вайна хуур ду, Цуьнан куьйгахула вайна и таӀзар ца хиллийла а, иза ларамаза хилла хилар а».

10 Цара иштта дира: хӀинцца бехкина болу ши етт ворданах дӀа а боьжна, церан эсий цӀахь дитира. 11 Цу ворданна тӀе Везачу Элан тӀорказ а хӀоттийна, дашо хӀуманаш а, дашо дехкий а чохь долу гӀутакх цу тӀе хӀоттийра. 12 Ши етт нийсса Байт-Шамаше боьдучу новкъа дӀабахара. Ӏеха а Ӏоьхуш, цхьанхьа дӀа-схьа а ца хьаьвзаш, дӀабоьдуш хилла ши етт. Ткъа пӀелаштамхойн куьйгалхой, цу ворданна тӀаьхьа а хӀиттина, Байт-Шамаше кхаччалц дӀабахара.

13 Цу хенахь Байт-Шамашера бахархой тогӀи чохь Ӏуьллучу аренгахь кӀа хьокхуш бара. ДӀахьаьжча, царна гира Везачу Элан деза тӀорказ. Шайна и гича, чӀогӀа хазахийтира царна. 14 И ворда байт-шамашхо волчу ЮшаӀан аренгахь боккхачу тӀулгана уллохь сецира. Байт-Шамашерачу бахархоша, и ворда йоха а йина, цунах дечиг даьккхира. ТӀаккха, и ши етт цӀарца бага а беш, Везачу Элана лерина долу сагӀа даьккхира. 15 Иза шаьш дале хьалха Леви цӀе йолчу тайпанан наха Везачу Элан тӀорказ а, дашо суьрташ чохь долу гӀутакх а вордана тӀера охьа а даьккхина, боккхачу тӀулга тӀе охьахӀоттийнера. Байт-Шамашерачу бахархоша цу дийнахь Везачу Элана лерина долу дагоран а, кхидолу а сагӀанаш дехира. 16 ПӀелаштамхойн пхеа куьйгалхочунна и мел дерг а гира. Оццу дийнахь Ӏекхран-гӀала юхабирзира уьш. 17 ПӀелаштамхоша шайн Далла хьалха болу бехк токхуьйтуш сагӀина даийтина долу суьрташ дара: цхьаъ – Ашдод-гӀалин цӀарах, важа – Ӏази-гӀалин цӀарах, важа цхьаъ – Ашкхилун-гӀалин цӀарах, кхин цхьаъ – Гати-гӀалин цӀарах, ткъа кхин цхьаъ – Ӏекхран-гӀалин цӀарах. 18 Ткъа дашо дехкий хӀора пӀелаштамхойн гӀалин куьйгалхочун цӀарах хилла ца Ӏаш, хӀора чӀагӀйинчу гӀалин цӀарах а, дӀайиллина лаьттачу яртийн а цӀарах дара. Везачу Элан деза тӀорказ тӀехӀоттийна хилла болу тӀулг хӀинца а байт-шамашхо волчу ЮшаӀан аренгахь Ӏуьллуш бу, цигахь хиллачунна тоьшалла а деш. 19 Байт-Шамашерачу бахархошна Дала чӀогӀа таӀзар дира, уьш Везачу Элан дезачу тӀорказ чу хьаьжна аьлла. Цо кхузткъе итт стаг+ 6:19 *Кхузткъе итт стаг. Грекийн меттан гочдар тӀехь *– пхи эзар кхузткъе итт стаг.* вийна хилла и бахьана долуш. Цу тайпана чӀогӀа таӀзар Везачу Эло шайна дича, адам дилхира. 20 Байт-Шамашерачу бахархоша элира: «Везачу Элана хьалха латта мила хьакъ ву? Иза Сийлахь Дела ма ву! Вай долчуьра хьанна тӀе хьур ду Везачу Элан деза тӀорказ?»

21 Кхиръят-ЯӀарим цӀе йолчу гӀала бахийтина цара шайн геланчаш хабар эцна: «ПӀелаштамхоша Везачу Элан тӀорказ юхадаийтина. Схьа а дуьйлий, иза шайга дӀахьо», – аьлла.

7

1- 7:1 Дауд 6:2-4; 1 Шерашкахь 13:5-7. Кхиръят-ЯӀарим-гӀаларчу бахархоша Везачу Элан деза тӀорказ, схьа а эцна, гуна тӀехь лаьтташ долчу Абинадабан цӀа чу схьадеара. Цул тӀаьхьа цуьнан кӀант ЭлиӀазар Везачу Элан тӀорказна дола дан къобалвира.

Шамъала Исраилан махкахь куьйгалла до

2 И деза тӀорказ Кхиръят-ЯӀариме кхаьчна дуккха а хан елира – ткъа шо гергга. Исраилан халкъ Веза Эла лоьхуш дара. 3 Шамъала дерриге а Исраилан халкъе элира: «Шу доггах Везачу Элана тӀедерзахь, аша кхечу къаьмнийн деланаш шайн дага чуьра дӀабаха беза. Аша Ӏаштарт цӀе йолчу далла бина болу цӀуш дӀабаха беза. Шайн дегнашца шу Везачу Элана тӀедерза, Цунна цхьанна гӀуллакх а де. ТӀаккха Цо шу пӀелаштамхойн баланех кӀелхьардохур ду». 4 Исраилхоша БаӀалан а, Ӏаштартан а цӀуш дӀабехира. Уьш Везачу Элана бен гӀуллакх а ца деш дӀабуьйлабелира.

5 Шамъала элира: «Массо а исраилхой МицӀпа-гӀалахь схьагулбе. Аса Везачу Эле сайн доӀанна тӀехь шу доьхур ду». 6 Массо а исраилхой МицӀпа-гӀалахь схьагулбелира. Хи, схьа а оьцуш, Везачу Элана хьалха охьадуттура цара. Массо а цу дийнахь марха кхобуш вара. Цара бохура: «Везачу Элана хьалха оха къинош латийна».

Шамъал МицӀпа-гӀалахь царна юкъахь кхел еш вара.

7 Шайна исраилхой МицӀпа-гӀалахь гулбеллийла хиъча, пӀелаштамхой, шайн куьйгалхой коьртехь а болуш, исраилхошна тӀелата кечбелира. Иза шайна дӀахиъча, исраилхой чӀогӀа кхерабелира. 8 Цара Шамъале дехар дира: «Вайн Везачу Деле хьайн доӀанна тӀехь, тхо пӀелаштамхойх кӀелхьардаха бохуш, доьхучуьра саца ма сацахьара хьо!» – аьлла. 9 Шамъала, бекхачуьра къастоза болу Ӏахар схьа а эцна, цунах Везачу Элана лерина долу сагӀа даьккхира, Исраилан халкъана гӀо доьхуш. Цуьнан доӀа Везачу Элана дӀахезира. 10 Шамъала сагӀа доккхучу хенахь пӀелаштамхой исраилхошца тӀом бан баьхкира. Амма Везачу Эло пӀелаштамхошна тӀехь чӀогӀа стигал къовкъийра, уьш инзар а бохуш. Цуьнан гӀоьнца уьш исраилхоша эшийра. 11 Цара пӀелаштамхой МицӀпа-гӀалара лаьхкина, хӀаллакбеш, Байт-Кара кхаччалц дӀабигира. 12 Цул тӀаьхьа Шамъала, тӀулг схьа а эцна, иза МицӀпаний, Шан-юртаний юккъе охьабиллира. Цу тӀулган цӀе Абани-Ӏазар тиллира цо (иза «гӀо ден тӀулг» бохург ду). Шамъала элира: «Везачу Эло хӀокху метте кхаччалц вайна гӀо дина». 13 Иштта дӀатебина хилла пӀелаштамхой. Уьш кхин Исраилан махкана тӀелата оьхуш а ца хилла. Шамъалан куьйгалла исраилхошна тӀехь мел ду, Везачу Эло пӀелаштамхошна тӀера Шен куьг дӀадоккхуш ца хилла. 14 Исраилхоша Ӏекхрана тӀера дуьйна Гати-гӀалина тӀе кхаччалц Ӏохкуш йолу шайн гӀаланаш а, царна гонахьара меттигаш а схьаехира пӀелаштамхошкара. Исраилхошний, эмархошний юккъехь машар дӀахӀоьттира.

15 Ша мел веха Шамъал Исраилан мехкан куьйгалхо хилла лелла. 16 ХӀора шарахь, махкахула волалой, Бетал-гӀала а, Галгала а, МицӀпа-гӀала а кхочуш хилла иза. Цу массо а меттигашкахь исраилхошна юкъахь кхел еш, нийсо еш хилла цо. 17 Цигахула ша чекхваьлча, иза Раме дӀавоьдуш хилла. Цигахь дара цуьнан цӀа, цигахь йора цо Исраилан халкъана юкъахь кхел. Кхузахь цо Везачу Элана лерина долу сагӀа доккху меттиг кечйира.

8

Халкъо паччахь воьху

1 Шамъала ша къанвеллачу хенахь шен кӀентий Исраилан махкахь кхелахой бина дӀахӀиттийра. 2 Воккхаха волчун цӀе Юал хилла, шолгӀачун цӀе Аби-ЯхӀу хилла. Уьш Беар-ШабаӀ цӀе йолчу гӀалахь кхелахой хилла. 3 Амма Шамъалан кӀентий шайн дас дӀакхехьначу новкъахула лелаш ца хилла. Цара кхаьънаш ийдеш хилла, къайлаха ахча схьа а оьций, харцкхелаш еш хилла. 4 Массо а Исраилан къано схьа а гулвелла, уьш Шамъал волчу Раме баьхкира. 5- 8:5 Карлабаьккхинарг 17:14. Цара элира: «Хьо воккха хилла, ткъа хьан кӀентий ахьа схьабеанчу некъа тӀера галбевлла. Ахьа тхуна тӀехь паччахь дӀахӀоттавойла луур дара тхуна, цо тхайна тӀехь куьйгалла дойла а луур дара, вукху къаьмнашна тӀехь ма-дарра».

6 Шамъална ца дезаделира цара шега паччахь дӀахӀоттаве алар. ТӀаккха иза Везачу Эле доӀа дан хӀоьттира. 7 Цо жоп делира: «Хьайга наха бохург де. Цара дӀатеттинарг хьо вац, Со ву. Царна ца лаьа Аса шайна тӀехь паччахьалла дойла. 8 Аса уьш Мисар-махкара арабехира. Амма уьш, Со дӀа а теттина, кхечу деланашна гӀуллакх дан хӀиттира. Иштта гӀиллакх хьоьца а хӀоттийна цара. 9 Цаьрга ла а догӀий, цара бохург де. Амма нахе мел дерг а ма-дарра дӀахьеде, паччахьан бакъонаш муха ю царна дӀа а дуьйцуш».

10 Шамъала шена Везачу Эло делла долу жоп ма-дарра дӀахаийтира паччахь воьхуш ша волчу схьагулбеллачаьрга. 11 Цо цаьрга элира: «ХӀара ду шуна аша воьхуш волчу паччахьо ден дерг: шун кӀентий дӀа а бигина, цо уьш шена гӀуллакх дан дӀахӀиттор бу шуна. Цо уьш шен гӀудалкхашна тӀехь эскаран гӀуллакх дан дӀахӀиттор бу, царах дошлой а бийр бу. Ткъа цхьаберш цуьнан гӀудалкхана хьалха уьдуш лелар бу. 12 Цхьаболчарах цо цхьа эзар эскархочунна тӀехь куьйгалхой бийр бу, вукхарах – шовзткъе итт эскархочунна тӀехь. Паччахьо цхьаберш шена ялта кхио дӀахӀиттор бу, вуьш эскархойн гӀирс кечбеш, гӀудалкхийн цхьацца меженаш кечъеш хир бу. 13 Паччахьо шун зудабераш дӀадуьгур ду, шена хаза хьожа йогӀу хьакхарш деш, яа хӀума кечъеш, бепиг доттуш гӀуллакх дайта. 14 Паччахьо шун тоьлла долу кхаш а, кемсийн бошмаш а, зайт-диттийн бошмаш а, шуьгара дӀа а яьхна, шен гонах болчарна дӀайоькъур ю. 15 УьтталгӀа дакъа дӀадийначу лаьтта тӀера а, кемсийн бешара а аша схьаэцначух цо шуьгара дӀа а даьккхина, шена уллорачарна а, кхин болчу ялхошна а дӀалур ду. 16 Шун зударех а, божарех а болу леш а, уггар тоьлушха болу кегий нах+ 8:16 *Кегий нах *– цхьана ширачу тептар тӀехь: *бежанаш.* а, варраш а – дерриге а паччахьо дӀадуьгур ду шена гӀуллакх дайта. 17 Кегийрачу бежанех уьтталгӀа дакъа, дӀа а даьккхина, дӀадуьгур ду. Ткъа шух цо шен леш дийр ду. 18 Цу хенахь аша, шаьш хаьржина волчу паччахьан куьйга кӀелара дӀадаха бохуш, Деле орца дохур ду, амма Везачу Эло шун доӀанна жоп лур дац».

19 Амма наха Шамъале ла ца дуьйгӀира. Цара бохура: «ХӀан-хӀа! Тхуна тхайна тӀехь куьйгалла дан паччахь веза. 20 ТӀаккха бен хир дац тхо важа къаьмнаш санна. Тхан паччахьо тхуна тӀехь куьйгалла дийр ду, тӀемашкахь иза, тхуна хьалха а ваьлла, куьйгалла деш а лелар ву». 21 Шамъала, гулбеллачара дуьйцучуьнга ла а доьгӀна, Везачу Эле иза дӀадийцира. 22 Цо цунна жоп делира: «Ахьа цаьрга ладогӀа деза! ДӀахӀоттаве царна тӀехь паччахь». ТӀаккха Шамъала Исраилан халкъе элира: «Шу хӀинца шайн-шайн гӀала дӀагӀо».

9

Шамъалан Шаулаца вовшахкхетар

1 Къуша Бен-Яманан тайпанах схьаваьлла хилла. Иза ша Абуалан кӀант хилла, ткъа Абуал Царарин кӀант хилла. Царар – Бахрутин кӀант, ткъа Бахрути бен-яманхо волчу Апахьин кӀант хилла. Ткъа Къуша ша махкахь цӀе яхана стаг хилла. 2 Цуьнан, Шаул цӀе а йолуш, чӀогӀа хаза кӀант хилла. Исраилан махкахь цул хаза цхьа а стаг ца хилла. Иза чӀогӀа лекха а хилла. Цунна гонах мел верг цуьнан белше бен кхочуш ца хилла. 3 Шаулан ден Къушин цхьайолу виркхелаш яйна хилла. Къушас Шауле элира: «Хьайца цхьа ялхо а эций, ваха а гӀой, виркхелаш хьайна карайойла хьажа». 4 Уьш Эпраман лаьмнаш тӀехула а, Шалшин латтанашкахула а, ШаӀлиман латтанашкахула а хьоьжуш лийлира, амма виркхелаш царна ца карийра. Бен-Яманан латтанашкахь а лийхира цара уьш, амма виркхелаш цхьанхьа а яцара. 5 Шаьш Цупин лаьтта тӀе кхаьчча, Шаула шен ялхочуьнга элира: «ЮхагӀо вайшиъ, сан дега, шен виркхелаш йиц а йина, вайшиъ бахьана долуш са ца гатдайта».

6 Амма ялхочо цуьнга элира: «ХӀокху гӀалахь наха чӀогӀа лоруш а волуш Делан стаг ву Ӏаш. Цо мел аьлларг кхочушхуьлу. Вайшиъ иза волчу вахча, цо вайшиъ нийсачу новкъа ваккха мегара».

7 Шаула шен ялхочуьнга элира: «Ваха-м гӀур вара вайшиъ иза волчу, амма цунна яхьа хӀума ма яц: тӀоьрмаг чуьра бепиг а кхачийна, цунна дала цхьа а тайпа совгӀат а дац вайгахь. Цу Делан стагана вай хӀун лур ю?»

8 Ялхочо цунна жоп делира: «Соьгахь шекхалан доьалгӀа дакъа хиллал дети ду. Иза аса цунна дӀалур ду, ткъа цо вайшиъ нийсачу новкъа воккхур ву».

9 (Хьалха, Исраилан махкахь, нагахь санна цхьаъ Делера хаам хиларе сатуьйсуш велахь, олуш хилла: «Вало, Делера дерг гуш верг волчу гӀо вай», – хӀунда аьлча цу хенахь пайхамарех «хиндерг гуш болу нах» олура.)

10 Шаула шен ялхочуьнга элира: «Ахьа дика боху. Воьду вайшиъ». Уьш Делан стаг волчу гӀала дӀабахара. 11 ГӀала боьдучу новкъахула ирхехьа уьш хьалабовлуш, царна дуьхьал кхийтира хитӀе доьлхуш долу зудабераш. Цу шиммо цаьрга хаьттира: «Кхузахь Ӏаш вуй Делера дерг гуш волу стаг?»

12 Цара, жоп луш, элира: «Иза шуна хьалха дӀавоьдуш ву. Сихлолаш, хӀунда аьлча иза тахана кхуза веана, наха хьуьлла гу тӀехь сагӀа доккхуш долу дела. 13 Шаьшшиъ гӀала чукхаьчча, иза волчу гӀо, цу гу тӀехь доккхуш долчу сагӀанах кхетархьама дӀавахаза хила а мега шуна иза. Схьагулбелла болу нах хӀума яа буьйлалур бац, иза схьаваллалц. Цо сагӀа даккхар декъалдаллалц, цига кхайкхинчара а ца йоу хӀума. Сихло, иза цига дӀавахаза хила а мега шуна».

14 Уьш гӀала дӀабахара. ГӀали дӀакхаьчначул тӀаьхьа царна дуьхьалвогӀуш вара сагӀа доккхучу ваха араваьлла волу Шамъал. 15 Шаул схьакхачале цхьа де хьалха Делера хаам хиллера Шамъале: 16 «Кхана хӀоккху хенахь Аса Бен-Яманан лаьттара хьуна тӀе цхьа стаг воуьйтур ву. Ахьа иза, Сан къомана куьйгалхо хилийта, цунна тӀе даьтта дуттуш, къобалван веза. Цо Исраилан халкъ пӀелаштамхойх кӀелхьардоккхур ду. Со диканца хьаьжна Сайн къоме, хӀунда аьлча цуьнан узарш Суна схьахезна ду».

17 Шаул гинчу Шамъале Везачу Эло элира: «ХӀара ву хьуна Аса хьоьга вийцинарг. Цунах Сан къомана куьйгалхо хир ву».

18 Шамъал гӀалин кевнна тӀекхаьчча, Шаула, тӀе а вахана, цуьнга хаьттира: «Хиндерг гуш волчу стеган цӀа мичахь ду?»

19 Шамъала цуьнга жоп делира: «Со ву Делера дерг гуш верг. Суна хьалха а валий, хьуьлларчу гуна тӀе хьалавала. Тахана соьца яа хӀума юур ю аша. Аса Ӏуьйранна дӀавохуьйтур ву хьо, хьан дагахь мел дерг хьоьга дӀа а эр ду. 20 Кхо де хьалха яйна йолчу виркхелашна са ма гатде. Уьш схьакарийна. Хьо вуй те Исраилан халкъо воьхуш верг?+ 9:20 *Я иштта: *Исраилан махкахь уггар лууш дерг хьаьнга дала деза те?* Адам хьоьга а, хьан ден цӀийне а хьоьжуш ма ду».

21 Шаула элира: «Бен-Яманан тайпанах ма ву со. Исраилхойн тайпанашна юкъахь жимачарах ду иза. Цу тайпанна юкъара тхан гара уггар а жимаха ма ду. Ахьа иза соьга хӀунда боху?»

22 Шаьш гу тӀе хьалабевллачул тӀаьхьа Шамъала Шауллий, цуьнан ялхой сов цӀа чу бехира, кхайкхина волчу ткъе итт стагана юкъахь хьалхара меттигаш царна дӀа а елира. 23 Шамъала яа хӀума кечъеш волчуьнга элира: «Аса хьайга: „Хьо волчохь дӀадилла“, – аьлла долу жижиган дакъа схьада». 24 Цо ша ма-дарра гӀогӀ схьа а деъна, Шаулна хьалха охьадиллира. Шамъала+ 9:24 *Ширачу гочдаршкахь: *Шамъала *Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *цо.* элира: «ХӀара хьуна дитина ду. Хьайна хьалха охьа а диллий, даа и. Иза нах схьакхойкхучу хенахь хьуна леррина дитина дара».

Цу дийнахь Шаул Шамъалца хӀума юуш Ӏийра. 25 Гуна тӀера охьа а биссина, уьш гӀала схьабаьхкира. Шамъал Шаулаца тхов тӀехь дуккха а къамел деш Ӏийра+ 9:25 *Грекийн гочдар тӀехь: *Тхов тӀехь мотт а биллина, Шаул дӀавижира.*.

Шаул, паччахь хаьржина, къобалво

26 Малх схьакхетачу хенахь уьш хьалагӀевттира. Шамъал Шауле тхов тӀе хьала кхайкхира: «Кечло, Аса новкъа воккхур ву хьо».

Шаул, хьала а гӀаьттина, Шамъалца кертара аравелира. 27 ГӀалин йисте кхаьчча, Шамъала Шауле элира: «Хьайн ялхочуьнга, вайна хьалха а валий, дӀаволало ала». Ялхо, хьалха а ваьлла, дӀаволавелира. «Ткъа хьо хӀинца саца. Аса хьуна хоуьйтур ду Дала сайга аьлларг».

10

1 Шамъала, зайтдаьтта чохь долу пхьегӀа схьа а эцна, цу чуьра даьтта Шаулна коьрта тӀе доьттира. Цунна оба а яьккхина, цо элира: «Везачу Эло Шен тӀаьхьенна тӀехь куьйгалхо ван хьо къобалвина. 2 Тахана хьо со волчуьра дӀавоьдуш, Бен-Яманан латтанашкарчу ЦӀелцӀахь олучу меттехь, Рахьалан кошана уллохь цхьа ши стаг гур ву хьуна. Цара хьоьга эр ду: „Ахь лоьхуш хилла йолу и виркхелаш схьакарийна. Хьан да, виркхелаш йиц а елла, чӀогӀа сагатдеш ву: ‘Сан кӀант цӀа верзаван аса хӀун дан деза техьа?’ – бохуш“. 3 Цигара ваьлча, хьо кхочур ву Табур-гӀалара ножан дитт долчу. Цигахь хьуна гур ву Далла лерина сагӀа даккха Бетал-гӀала воьдуш волу кхо стаг. Царах цхьаьнгахь кхо буьхьиг хир ю, вукхуьнгахь кхо бепиг хир ду, кхозлагӀачуьнгахь чагӀар чохь долу пӀаьлдиг хир бу. 4 Цара хьоьга маршалла хоттур ду, хьуна ши бепиг а лур ду. Ахьа уьш цаьргара схьаоьцур ду. 5 Цул тӀаьхьа ГебаӀ-гӀаларчу сагӀа доккху барз болчу кхочур ву хьо. Цигахь пӀелаштамхойн тоба хир ю гӀаролехь лаьтташ. Хьо гӀали чу ваьлча, хьуна масех пайхамар гур ву барза тӀера охьавогӀуш. Уьш, вота а, зурма а, тайп-тайпана дечиган пондарш а лоькхуш, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш беш хир бу. 6 Хьуна тӀе Везачу Элан Са охьадуссур ду. Цул тӀаьхьа цаьрца ахьа а, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш бийр бу. ТӀаккха хийца а велла, хьох керла адам хир ду. 7 ХӀара билгалонаш хьайна тӀехь кхочушхиллачул тӀаьхьа хьайга далург де, хӀунда аьлча хьоьца Дела ву. 8 Сол хьалха а валий, Галгала дӀагӀо. Со а дӀавогӀур ву цига, дийнаташ дагоран сагӀанаш а, барт баран сагӀанаш а дахархьама. ВорхӀ дийнахь соьга хьоьжуш Ӏе, тӀаккха аса эр ду хьоьга, хӀун дан деза».

9 Шаула Шамъал волчуьра дӀаваха букъ берзошшехь, Дала цунна керла дог делира, ткъа и ерриге билгалонаш цу дийннахь кхочушхилира. 10 Уьш ГебаӀ-гӀаларчу сагӀа доккхучу барза тӀе бевлча, царна масех пайхамар дуьхьалкхийтира, Шаулна тӀе Делан Са охьа а доьссира. Иза а цаьрца, шовкъ а еана, Делера хаамаш беш дӀахӀоьттира. 11 Шаул хьалха вевзаш хиллачара, шайна хӀара пайхамаршна юккъехь, цара дийриг а деш, воллуш гича, вовшашка хоьттура: «ХӀун хилла Къушин кӀантана? Шаулах а пайхамар хилла техьа?» 12- 10:12 Шамъал 19:23, 24. Царна юккъехь волчу цхьаммо элира: «Ткъа цу пайхамарийн дай муьлш бу?» ХӀетахь дуьйна схьа олуш ду: «Шаул а ву техьа пайхамаршна юкъахь?» 13 Шовкъ еъначуьра ша юхавирзича, иза сагӀа доккхучу барза тӀе хьалавелира.

14 Шаулан ден вашас хаьттира цуьнгий, цуьнан ялхочуьнгий: «Шу стенга дахнера?»

Шаула жоп делира: «Виркхелаш лаха дахнера. Уьш тхайна ца карийча, Шамъал волчу даьхкинера тхо».

15 Ден вашас юха а хаьттира: «Схьадийцахьа, хӀун элира шуьга Шамъала?»

16 Шаула жоп делира: «Шамъала тхоьга хаам бира, виркхелаш схьакарийна аьлла». Амма Шамъала шега паччахьаллех лаьцна дийцинарг цо дӀа ца дийцира.

Шаул паччахь ву аьлла дӀакхайкхаво

17 Шамъала дерриг а Исраилан халкъ Веза Эла волчу МицӀпе схьакхайкхира. 18 Цо халкъе элира: «Исраилан халкъан Везачу Дала боху: „Аса шу, Мисар-махкара ара а даьхна, мисархойн куьйга кӀелара схьа а даьхна, кхечу паччахьийн Ӏазапера кӀелхьара а даьхна“. 19 Ткъа аша хӀинца шайн Дела дӀатесна, Цо шаьш массо а балех кӀелхьардохуш хилла доллушехь. Аша Цуьнга элира: „Тхуна тӀехь паччахь хӀоттаве“. ХӀинца Везачу Элана хьалха, шайн тайпанаш а, гаранаш а билгал а дахий, дӀахӀитта».

20 Шамъала Исраилан халкъан дерриг тайпанаш шена тӀе даладайтира. Царна юккъера Бен-Яманан тайпа къастийра цо. 21 ТӀаккха цу тайпанах болчу нахе шайн гаранашца тӀедуьйла элира цо. Царна юкъара МатӀарин гара хаьржира. ТӀаьххьара а Къушин кӀентан Шаулан цӀе яьккхира. Амма Шаул лаха хӀиттича, иза кара ца вора. 22 ТӀаккха цара Везачу Эле юха а хаьттира: «ВогӀур вуй кхин цхьа а кхуза?»

ТӀаккха Везачу Эло жоп делира: «ВогӀур вац. Шаул хьуьлла аша шайца схьаеана йолчу хӀуманаш юккъехь лечкъина Ӏаш ву».

23 Наха, бевдда цига а бахана, Шаул цу хӀуманаш юккъера схьаваьккхира. Иза нахана юккъе дӀахӀоьттича, уьш цунна белше бен ца кхочура. 24 Шамъала халкъе элира: «Гой шуна, Везачу Эло мила хаьржина? И санна верг дерриг халкъана юкъахь кхин вац».

ТӀаккха наха мохь бетташ бохура: «Декъала хуьлда паччахь!»

25 Шамъала нахе йийцира паччахьан бакъонаш. Цу бакъонах лаьцна тептар а яздина, иза Везачу Элана хьалха охьадиллира. Цо нах хӀора шен-шен цӀа дӀабахийтира. 26 Шаул а ГебаӀе шен цӀа вахара. Цуьнца Дела шайн дага чу вижна болу майра нах а бара. 27 Ткъа вочу наха бохура: «Цуьнга дахалур ду вай кӀелхьара?» Уьш цунах баша а ца бешира, я цунна совгӀаташ а ца кховдийра. Цара и сурт хӀоттийнехь а, Шаула цу нахе хӀумма а ца элира.

11

Шаула Ӏамминхой эшабо+ 10:27 *Дуьра ХӀорд болчохь карийначу тептарш тӀехь *– Нахьаша, Ӏамминан кӀентийн паччахьо, баккхий бохамаш бохура Гадин а, Раабанан а бахархошна. Цо хӀораннан а аьтту бӀаьрг а баьккхина, цхьаьнгге а царна гӀо ца дойтура. Цо иштта Йордан-хи йистехь малхбалехьа йолчу агӀор вехаш волчу хӀора исраилхочун а баьккхира аьтту бӀаьрг. Цундела ворхӀ эзар исраилхо Ӏамминхой болчуьра ГалӀадерчу Явеш-гӀала ведда дӀавахара. Бутт баьлча...

1 Ӏамминхойн паччахь волчу Нахьаша, шен эскархошца схьа а веана, ГалӀадерчу Явеш-гӀалина го бира. Массо а цу гӀаларчу бахархоша Нахьаше элира: «Тхоьца барт бе, ткъа тхо хьуна гӀуллакх деш лелар ду».

2 ТӀаккха Нахьаша цаьрга элира: «Аса шуьца барт бийр бу, амма шуна цхьа декхар тӀе а дожош: шун хӀораннан а аьтту бӀаьрг баккхарца дерриг а Исраилан халкъ юьхьӀаьржачу хӀоттор ду ас».

3 ТӀаккха Явеш-гӀаларчу къаноша цуьнга элира: «Тхуна ворхӀ де хан лахьара ахьа, Исраилан махка массо а маьӀӀе геланчаш бахийта. Нагахь цхьаммо а тхуна гӀо ца дахь, тхо хьуна тӀе догӀур ду».

4 Геланчаш Шаул Ӏаш волчу ГебаӀ-гӀала баьхкира. Цара шайна тӀехӀоьттинарг дерриг а халкъана дӀадийцира. Массо а адам, мохь хьоькхуш, делха доладелира. 5 Стерчашна тӀаьхьа а хӀоьттина, аренгара цӀа вогӀуш хилла Шаул. Цо хаьттира: «Адамашна хӀун хилла? Уьш стенна боьлху?» Цунна Явеш-гӀалара баьхкинчара деанарг дӀадийцира. 6 И хӀума цунна дӀа-ма-дийццинехь, Делан Са Шаулна тӀе Шен ницкъаца охьадоьссира. Шаул чӀогӀа оьгӀазвахара. 7 Цо, ши сту схьа а лаьцна, царах дакъош а дина, уьш Исраилан мехкан массо а маьӀӀе цу геланчашка дӀасадахьийтира, массарна дӀа а хоуьйтуш: «Иштта доькъур ду Шауланий, Шамъаланий тӀаьхьа ца хӀиттинчеран стерчий», – аьлла.

Адам Везачу Элах а, Цо ницкъ беллачу Шаулах а чӀогӀа кхераделира. Массо а адам, цхьаъ санна хилла дӀахӀоьттина, цунна тӀе дахара. 8 Шаула Безакх-гӀалахь уьш схьагулбира: Исраилан махкара кхо бӀе эзар стаг вара, ЯхӀуд-махкара ткъе итт эзар стаг а вара. 9 Цара геланчашка элира: «ГалӀадерчу Явеш-гӀалин бахархошка дӀаала: „Кхана малх схьакхеттачул тӀаьхьа царна гӀо кхочур ду“». Геланчаша, юха а баьхкина, иза нахе дӀаэлира. Уьш чӀогӀа гӀадбахнера. 10 Явеш-гӀалин бахархоша Ӏамминхошка элира: «Тхо кхана дӀадогӀур ду. Шайна дан луург дийр ду-кх аша тхуна».

11 ШолгӀачу дийнахь схьагулделла долу халкъ Шаула кхаа тобане дийкъира. Ӏуьйранна, сахилале, уьш Ӏамминхойн меттаматтана юккъе лилхира, делкъахан тӀекхачале цара уьш эша а бира. ТӀаьхьабисинарш, шиъ цхьаьна воцуш, дӀасабевдира. 12 ТӀаккха халкъо Шамъале элира: «Мила ву: „Шаула дийр дара тхуна тӀехь паччахьалла?“ – баьхнарг? Схьало уьш тхоьга, оха уьш бойур бу!»

13 Амма Шаула элира: «Таханлерчу дийнахь цхьа а стаг вен йиш яц: тахана Везачу Эло Исраилан халкъ кӀелхьардаьккхина!»

14 Шамъала халкъе элира: «Дуьло, Галгала дӀагӀо вай, юха а паччахьалла дӀахӀоттор ду вай». 15 Дерриг а адам Галгала дӀадахара. Цигахь, Везачу Элана хьалха, Шаул, паччахь веш дӀа а хӀоттийна, Делаца барт беш сагӀанаш дехира цара. Шаулан а, дерриге а Исраилан халкъан а чӀогӀа самукъаделира цу дийнахь.

12

Шамъала халкъе кхайкхам бо

1 Шамъал дерриге а Исраилан халкъе вистхилира: «Аша мел аьллачуьнга ла а доьгӀна, ас шуна тӀехь паччахь дӀахӀоттийна. 2 Иза хӀинца шуна тӀехь лаьтташ ву. Ткъа со къан а велла, къеж а велла. Делахь а сан кӀентий шуьца бу. Со шун коьртехь лаьттина жима волуш дуьйна, хӀара хан тӀекхаччалц. 3 Со хӀинца шуна хьалха ву. Везачу Элана а, Цо къобалвинчунна а хьалха тоьшалла дан мегар ду шуна соьгара даьллачу гӀалаташна. Шуьгара цхьаьнггара а сту я вир схьаяьккхиний аса? Шуна цхьанна а халахетар диний, гӀело йиний? Я кхаьънаш оьцуш, шуьгара даьллачунна тӀехь сайн ши бӀаьрг дӀакъевлина аса? Схьаала соьга, иза аса шуна юхадерзор ду».

4 Исраилхоша жоп делира: «Ахьа тхуна хала а ца хетийтина, я гӀело а ца йина, я тхоьгара цхьаьнггара а кхаьънаш а ца эцна».

5 Шамъала цаьрга элира: «Везачу Элана а, Цо къобалвинчунна а хезаш ду тахана аша со бахьана долуш дина долу тоьшалла. Царна гуш ду соьгара къилахь долу хӀума ца даьллийла».

«Веза Эла теш ву», – элира цара.

6- 12:6 Арадаккхар 6:26. ТӀаккха Шамъала нахе элира: «Веза Эла ву Муса а, АхӀарон а ДӀахӀоттийнарг, шун дай Мисар-махкара Арабаьхнарг. 7 Шу кхузахь совца. Аса хӀинца Везачу Элана хьалха шух бехк боккхур бу, Цо шуна а, шун дайшна а дина дика гӀуллакхаш дага а доуьйтуш. 8- 12:8 Арадаккхар 2:23. Якъуб Мисар-махка дӀавахча, шун дайша Везачу Эле шайн бала дӀабелхийра. Везачу Эло Мусай, АхӀаронний вахийтира шун дайшна гӀо дан. ТӀаккха цушиммо, шун дай Мисар-махкара ара а баьхна, уьш кхузахь баха охьаховшийра. 9- 12:9 а: Куьйгалхой 4:2; б: Куьйгалхой 13:1; в: Куьйгалхой 3:12. Амма царна шайн Дела волу Веза Эла вицвелира. Царна дуьхьал тӀом бина болчу пӀелаштамхойн а, Муаби-мехкан паччахьан а, Хьацор-гӀалин тӀеман хьаькам волчу Сисрин а куьйга дӀабелира уьш Везачу Эло. 10- 12:10 Куьйгалхой 10:10-15. ТӀаккха уьш Везачу Эле, мохь а бетташ, дехарш дан буьйлабелира. Цара бохура: „Оха тхайх къа латийна. Веза Эла виц а вина, цӀушна БаӀалгӀарний, ӀаштартгӀарний гӀуллакх дан хӀиттира тхо. МостагӀчун карара тхо схьадахахьара Ахьа. ТӀаккха тхо, Везачу Элана тӀе а дирзина, Цунна гӀуллакх а деш, лелар дара“. 11- 12:11 а: Куьйгалхой 7:1; б: Куьйгалхой 6:32; в: Куьйгалхой 4:6; г: Куьйгалхой 11:29; э: Шамъал 3:20. ТӀаккха Везачу Эло ГадӀаний+ 12:11 *ГадӀаний *– Ӏебархойн маттахь ма-дарра аьлча: *Яруб-БаӀал.*, Беданний+ 12:11 *Бедан *– цхьадолчу ширачу гочдарш тӀехь дӀаяздина ду: *Баракх.*, Яптаххьий, Шамъаллий, шуна гонах лаьттачу мостагӀех шу кӀелхьардаха аьлла, бахийтира. Цул тӀаьхьа шу, шайна гонахьара цхьа а кхерам боцуш, даха хевшира. 12- 12:12 Шамъал 8:19. Амма Ӏамминхойн паччахь Нахьаш шайна дуьхьалваьлла гича, аша соьга элира: „Паччахье паччахьалла дайта тхуна тӀехь“, – Веза Дела шайн Паччахь воллушехь!

13 ХӀара ву шуна аша, воьхуш, хаьржина волу паччахь. Везачу Эло иза шуна тӀехь паччахь вина дӀахӀоттийна. 14 Аша шайн Веза Дела лара веза, Цунна гӀуллакх деш, Цуьнан дош лоруш а хила деза шу. Шу а, шун паччахь а Цунна муьтӀахь хилахь, шун дахар дика хир ду. 15 Амма Цуьнга ла а ца дугӀуш, Цо бохучунна шу, дуьхьал а дуьйлуш, дӀадуьйлалахь, Цуьнан куьг, шун дайшна санна, шуна дуьхьалдер ду.

16 Ткъа хӀинца, дӀа а хӀиттий, дика хьажа Везачу Эло шайн бӀаьргашна хьалха ден долчу доккхачу гӀуллакхе. 17 ХӀинца ялта хьокху хан ю вайна. Аса Везачу Эле доӀа дийр ду, юха Цо, стигал къовкъош, догӀа доуьйтур ду. Юха шуна хуур ду, мел доккха къа латийна аша Цунна хьалха, шайна паччахь воьхуш».

18 Шамъал Везачу Эле доьхуш кхайкхира. Везачу Эло, стигал а къовкъош, догӀа даийтира цу дийнахь. Дерриг а халкъ Везачу Элах а, Шамъалах а чӀогӀа кхераделира. 19 Цара Шамъале элира: «Хьайн Везачу Деле тхуна, Цуьнан лешна тӀера, доьхуш, доӀа дахьара ахьа, тхо ма дайа алахьара ахьа. Тхаьш летийначу къиношна тӀе кхин а цхьа къа латийна оха, тхайна паччахь а вехна».

20 Шамъала халкъе элира: «Ма кхера. И къа шу латийна девлла. Амма Везачу Элах дӀа ма херло, цӀеначу дагца Цунна гӀуллакх а де. 21 Кхин цкъа а хӀумма а йоцучу деланашна тӀе ма гӀерта. Церан шуна цхьа а тайпана дан гӀо дац, хӀунда аьлча уьш шаьш кӀад а йоцурш ю. 22 Шен цӀе ларъярхьама Везачу Эло Шен къам дӀатесна дуьтур дац, хӀунда аьлча Шен лаамца Цо, шу Шен къам ду аьлла, хаьржина. 23 Со а соцур вац шуна Везачу Эле доьхучуьра. И тайпана къа аса сайх латор дац. Аса шу нийсачу а, хьаналчу а новкъа дӀадаха Ӏамор ду. 24 Шу Везачу Элах кхералаш, шайн дерриг а дог тӀе а дерзадай, Цунна гӀуллакх а делаш. Шуна гина-кх, мел даккхий гӀуллакхаш дина Цо шу бахьана долуш. 25 Амма шу кхин а зуламаш деш лелахь, шу а, шун паччахь а, норо дӀахьокхуш йолу нехаш санна, хӀаллакдийр ду».

13

Шаула дуьххьара Везачу Эло шена тӀедиллинарг кхочуш ца до

1+ 13:1 *Грекийн гочдар тӀехь иштта дӀаяздина ду: *«Ша паччахь хӀоттийначу хенахь Шаулан ткъе итт шо дара. Иза шовзткъе шина шарахь Исраилан паччахь лаьттина».* Цхьана шарахь паччахьалла дӀакхехьна Шаула. Исраилан паччахь ша волу шолгӀа шо дузучу хенахь, 2 цо кхо эзар исраилхо шена дӀахаьржина. Ши эзар стаг Шаулаца Бетал-ломана уллорачу Михмасехь вара, цхьа эзар стаг ЯхӀунатица Бен-Яманарчу ГибаӀ-гӀалахь вара, ткъа кхин болу нах Шаула шайн-шайн цӀа бахийтинера.

3 ЯхӀунатас ГибаӀ-гӀалахь гӀаролехь лаьтташ хилла йолу пӀелаштамхойн эскархойн тоба эшийна хилла. И хӀума пӀелаштамхошна дӀахиъна. Ткъа Шаула, уьстагӀан маӀа а локхуьйтуш, дӀакхайкхадайтина: «Ӏебархошна хезийла!» – аьлла. 4 Исраилан халкъана Шаула пӀелаштамхойн эскаран тоба эшийнийла а, Исраилан мохк церан луьра мостагӀа хилла дӀахӀоьттинийла а хиъча, халкъ Шаул волчу Галгал-гӀала схьагулделира.

5 Ткъа пӀелаштамхой исраилхошна дуьхьал тӀом бан кечбелира. Ткъе итт эзар гӀудалкх, ялх эзар говрахь волу тӀемало, кхин а дуккха а адам кечдира цара. ХӀордан йистера гӀум санна, дукха бара уьш. Схьа а баьхкина, Байт-Аванна малхбалехьа лаьтташ йолчу Михмасехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара. 6 Исраилхой кхийтира шайн гӀуллакх чӀогӀа кхераме дуйла. Уьш, гуро лаьцча санна, Ӏаш бара. Цундела уьш хьехашна, чӀажашна, саьнгаршна чохь а, лаьмнашкарчу терхашна юккъехь а, гӀунаш чохь а дӀалечкъира. 7 Цхьаболу Ӏебархой, Йордан-хил дехьа а бевлла, ГалӀадан а, Гадин а долахь хиллачу мехкашка дӀабахара.

Шаул цу хенахь а Галгалахь вара. Цуьнца цхьаьна долу адам, чӀогӀа кхераделла, доьхна дара. 8- 13:8 Шамъал 10:8. Шамъала шега ма-аллара, ворхӀ дийнахь Галгалахь цуьнга хьоьжуш Ӏийра иза. Амма Шамъал, схьа ца вогӀуш, хьевеллера. Цундела адамаш дӀасаэха дуьйладелира. 9 Шаула элира: «Схьадаладе суна дийнаташ дагоран а, барт баран а сагӀина леринарг». Цо цигахь Везачу Элана лерина долу дийнаташ дагоран сагӀа даьккхира. 10 Амма иза и гӀуллакх дина ваьлла жимма хан ялале, Шамъал схьакхечира. Маршалла хатта цунна дуьхьалвахара Шаул. 11 Шамъала цуьнга хаьттира: «И хӀун ду ахьа динарг?»

Шаула жоп делира: «Суна гира со волчуьра нах дӀауьдуш. Ткъа хьо, айхьа йиллинчу хенахь схьа ца вогӀуш, хьевеллера. ПӀелаштамхой Михмасехь, схьакхаьчна, лаьтташ бу. 12 ТӀаккха аса ойла йира: „ПӀелаштамхой Галгала тӀамца чубогӀур бу, ткъа со хӀинца а Деле орца даккхаза ву“. Цундела аса дийнаташ дагоран сагӀа даьккхира».

13 ТӀаккха Шамъала Шауле элира: «Ахьа иза чӀогӀа вон дина. Ахьа хьайн Везачу Дала хьайна тӀедиллинарг кхочуш ца дина. Иза хьоьгара ца даьллехь, Исраилан махкахь хьан паччахьалла Дала массо а ханна чӀагӀдийр дара, 14- 13:14 Векалийн 13:22. амма хӀинца хьан паччахьалла лаьттар дац. Везачу Элана хьан метта Шен даго къобалвеш волу стаг карор ву, иза Цо Шен халкъана тӀехь баьчча вина дӀа а хӀоттор ву, хӀунда аьлча ахьа Везачу Эло хьайна тӀедиллинарг кхочуш ца дина».

15 Шамъал, хьала а гӀаьттина, шен новкъахула дӀавахара. ТӀаьхьабисинарш Шаул шен эскар долчу дӀавоьдучу хенахь цуьнца+ 13:15 *...шен новкъахула дӀавахара. ТӀаьхьабисинарш Шаул шен эскар долчу дӀавоьдучу хенахь цуьнца дӀабахара *– хӀара дакъа Грекийн гочдар тӀера схьаэцна ду.* Галгалара Бен-Яманан ГебаӀ-гӀала дӀабахара, ткъа Шаула шеца бисина болу нах багарбира. Уьш ялх бӀе стаг ца кхоччуш вара. 16 Шаул шен кӀантаца ЯхӀунатица а, шаьшшинца бисина болчу нахаца а Бен-Яманан ГебаӀ-гӀалахь сецира, ткъа пӀелаштамхой шайн меттамотт лаьттачу Михмасехь бара. 17 Цигара пӀелаштамхойн эскаран кхо тоба араелира Исраилан мохк, басса а бина, хӀаллакбан. Царах цхьа тоба ШуӀал-аренна уллохь йолчу Ӏапру боьдучу новкъахула дӀаяхара, 18 ткъа важа тоба Байт-Хьороне боьдучу новкъа елира, ткъа кхоалгӀаниг яьссачу арехьа йолчу ЦебаӀим-аренан дозане боьдучу новкъахула дӀаяхара.

19 Берриге а Исраилан махкахь цхьа а аьчк-пхьар вацара, хӀунда аьлча пӀелаштамхой кхоьрура цара, и говзалла кара а ерзийна шайна тарраш а, гоьмукъаш а кечдарна. 20 Цундела массо а исраилхо пӀелаштамхой болчу эха дезаш хуьлура шайн хьонхалш а, белаш а, дагарш а, маьрсаш а ирдан. 21 ПӀелаштамхойн аьчк-пхьераша цхьа жима дато ахча доккхура хьонхалш а, белаш а ирйийриг. Цул жимма сов дато ахча доккхура дагаран иралла артъелча, я вед тоян езча. 22 Цундела Шаулаций, ЯхӀунатиций долчу халкъехь я тарраш а, я гоьмукъаш а дацара. Уьш Шаулехь шегахь а, цуьнан кӀантехь ЯхӀунатехь бен дацара.

23 ПӀелаштамхойн хьалхара тоба Михмасерачу лаьмнел дехьадовларе дӀаяхара.

14

ЯхӀунатас хьуьнар гойту

1 Цхьана дийнахь Шаулан кӀанта ЯхӀунатас шен герз лелош волчу ялхочуьнга элира: «Вало, дехьа агӀор лаьтташ йолчу пӀелаштамхойн тобанна тӀевоьду вайшиъ». Амма шен дега Шауле цо иза ца хаийтира. 2 Шаул ГебаӀ-гӀалин йистехь, МагӀран-гӀалин уллохь лаьтташ долчу наран дитт бухахь сецнера. Цуьнца цхьаьна ялх бӀе стаг а, 3 Шилунехь динан да а волуш, динан дайша лелош йолу еза ийпад йоьхна волу АхьъяхӀу а вара. (Иза вара Ахьтубин кӀант, ткъа Ахьтуби Ихвадин ваша вара, Шилунехь динан да хиллачу Ӏелин кӀентан Пайнехьасан кӀант.) Цигахь долчу халкъана ЯхӀуната дӀавахнийла ца хаьара.

4 ПӀелаштамхойн эскаран тоба йолчу хӀара шиъ дехьавала кечвеллачу новкъахь дехьай, сехьай лаьтташ чӀогӀа ира ши тарх яра. Цхьаннан цӀе БоцӀацӀ яра, вукхун цӀе Сенна яра. 5 Цхьа тарх къилбаседехьара Михмасана тӀейирзина лаьтташ яра, важа ГебаӀ-гӀалина къилбехьара тӀейирзина яра.

6 ЯхӀунатас шен герз лелош волчу ялхочуьнга элира: «Вало, оцу дин доцучу сунтбаза болчеран эскар долчу дехьа вер ву вайшиъ. Везачу Эло гӀо дан мега вайна, хӀунда аьлча Цунна хала дац вайна гӀо дан, вай мел делахь а».

7 Ялхочо кхуьнга элира: «Хьайн даго къобалдеш дерг де. Хьо миччанхьа водахь а, со хьоьца ву хьуна».

8 ЯхӀунатас элира: «Вайшиъ, уьш болчу дехьа а ваьлла, царна гуччохь дӀахӀуттур ву. 9 Цара вайшинга: „Тхо тӀедахккалц цигахь латта“, – алахь, вайшиъ, царна тӀе а ца воьдуш, Ӏадда лаьттар ву. 10 Нагахь санна цара: „Тхо долчу хьаладовла“, – алахь, вайшиъ хьалавер ву. Иза вайшинга Везачу Эло йина билгало хир ю, уьш вайшиннан кара схьабелла аьлла». 11 И шиъ, хьала а ваьлла, пӀелаштамхошна гуччохь дӀахӀоьттича, вукхара элира: «Ӏебархой шаьш дӀалечкъинчу чӀожа чуьра арабовлуш бу». 12 Эскаран тобанна юкъахь болчара кху шинга мохь туьйхира: «Хьаладовла тхо долчу, оха цхьа хӀума эр ду шуьга».

ЯхӀунатас шен герз лелош волчу ялхочуьнга элира: «Суна тӀаьхьа схьавола. Уьш Везачу Эло исраилхошна кара схьабелла». 13 ЯхӀуната, когаш а, куьйгаш а дӀатуьйсуш, гунах хьалавала волавелира, цунна тӀехьа вогӀуш цуьнан герз лелош волу ялхо а вара. ХӀара шиъ пӀелаштамхошна тӀелетира. ЯхӀуната, хьалха а ваьлла, леташ вара, ткъа цо лазийнарш цуьнан ялхочо бойура. 14 Цу шиммо ткъа стаг вийра. Шина стеро цхьана дийнахь охун йолчу ах аренал йолчу меттехь хилира церан пӀелаштамхошца латар. 15 ТӀеман аренгахь болу пӀелаштамхой а, меттаматтахь лаьтташ болу эскархой а, хьалха дӀаяхийтина йолу эскархойн тобанаш а, чӀогӀа кхераелла, йоьхнера. Латта дегош дара. Везачу Эло уьш Ӏадийнера.

ПӀелаштамхойн эшор

16 Бен-Яманан ГебаӀ-гӀалахь лаьтташ болчу Шаулан гӀаролхошна гира яьржина дӀасауьду адамийн тоба. 17 Шеца долчу адамашка Шаула элира: «Хьажал, вайна юкъара ара мила ваьлла». Уьш хьаьжна бевлча, царна хиира ЯхӀуната а, цуьнан ялхо а шайна юкъахь воцийла. 18 Шаула АхьъяхӀуга элира: «Схьадал Делан деза тӀорказ». Цу хенахь Делан деза тӀорказ исраилхошца дара+ 14:18 *«Схьадал Делан деза тӀорказ». Цу хенахь Делан деза тӀорказ исраилхошца дара *– Грекийн гочдар чохь дӀаяздина ду: *«Схьаял Делан еза ийпад», – хӀунда аьлча цу дийнахь и ийпад исраилхошна хьалха АхьъяхӀус йоьхна яра.*. 19 Шаул динан деца къамел деш волчу хенахь пӀелаштамхой болчохь кхин а чӀогӀа гӀовгӀа елира. ТӀаккха Шаула динан дега элира: «Сацаде айхьа долийнарг». 20 Шеца мел хиллачу адамца тӀом лаьттинчу метте дӀавахара Шаул. ЧӀогӀа боьхна хьийзаш болчу пӀелаштамхойн эскархоша шайн тарраш вовшашна дуьхьал даьхна хилла. МостагӀий боьхна хьийзаш хилла. 21 Эццахь пӀелаштамхошна гӀуллакх деш цаьрца цхьаьна хилла болу Ӏебархой Шаулаций, ЯхӀунатиций хиллачу исраилхойх дӀакхетта. 22 Эпрайман лаьмнаш тӀехь дӀалечкъина мел хилла волу исраилхо, пӀелаштамхой уьдуш буйла хиъча, тӀом беш болчу исраилхойх схьакхетта. 23 Цу дийнахь Везачу Эло Исраилан халкъ кӀелхьардаьккхира, ткъа тӀом Байт-Аване кхаччалц дӀабаьржира.

ТӀом дӀабирзинчул тӀаьхьа хилларг

24 Исраилхой чӀогӀа холчу хӀиттинера цу дийнахь. Шаула цаьрга аьллера: «НеӀалт хуьлийла, аса сайн мостагӀашна тховса бекхам бина хан тӀекхаччалц, баьпках мотт тухун болчунна». Цхьаммо а юучу хӀуманах мотт ца туьйхира. 25 Мел долу адам хьуьнах дӀадахара. Цигахь царна моз карийра. 26 Шаьш хьуьнна юккъе бахача, цара бохура: «Кхузахь охьаоьхуш моз ду». Амма цхьаммо а шен куьг бете ца даьхьира, хӀунда аьлча адам шен дуй къарбан кхоьрура. 27 ЯхӀунатина шен дас аьлларг ца хезнера. Цо шен карахь йолу гӀаж, дӀа а кховдийна, мезан улха юккъе а Ӏоьттина, цу тӀера моз дӀакхаьллира. Цуьнан ши бӀаьрг серлабелира. 28 Нахана юкъахь волчу цхьаммо цуьнга элира: «Хьан дас нахе чӀагӀо яйтина тахана яа хӀума ца яийта. Цо цаьрга аьлла: „НеӀалт хуьлийла тахана хӀума кхоллун волчунна“. Цундела ду адам чӀогӀа гӀелделла».

29 ЯхӀунатас цаьрга элира: «Сан дас халкъана дуьхьал шегара гӀалат далийтина. Хьажал сан серлабевллачу бӀаьргашка жимма и моз кхаллар бахьана долуш. 30 Тахана наха шайн мостагӀашкахь карийначух яа хӀума йиъна хиллехь, пӀелаштамхойн эшар кхин а чӀогӀа хир дара».

31 Цу дийнахь Михмасера дуьйна Айлоне кхаччалц исраилхоша эшийнера пӀелаштамхой. Уьш чӀогӀа кӀадбелла, гӀора дӀадаьлла бара. 32 ЧӀогӀа мацбелла болу уьш, шайна карабеанчу уьстагӀашна, стерчашна, эсашна тӀебетталуш, царна арсаш а хьоькхуш, уьш цӀийца цхьаьна дууш бара. 33- 14:33 Доладалар 9:4; Ӏамалъяр 7:26, 27; 17:10-14; 19:26; Карлабаьккхинарг 12:16, 23; 15:23. Шауле хаам бира: «Халкъ Везачу Элана хьалха къа латош ду, цӀийца цхьаьна хӀума юуш».

Шаула цаьрга элира: «Аша шайх къа латийна. Схьатакхабе со волчу боккха тӀулг». 34 Цул тӀаьхьа цо элира: «Адамашна дӀахаийта: хӀораммо, со волчу шен сту я уьстагӀ схьа а балабеш, царна урс а хьокхуш, баа. Везачу Элана хьалха къинош ма летаде, цӀийца цхьаьна жижиг дууш». Наха хӀораммо а, шайн куьйгаца схьа а лоций, буьйсанна сту схьабалабора. Циггахь иза бен а боьра. 35 Шаула Везачу Элана сагӀа даккха меттиг кечйира. Иза яра цо дуьххьара кечйина йолу сагӀа доккху меттиг.

36 ТӀаккха Шаула элира: «Буьйсанна пӀелаштамхошна тӀаьхьадовла деза вай. Цаьргахь мел ерг схьа а яьккхина, сахилале церан цхьа а стаг дийна вуьтур вац вай».

Цара элира: «Хьайна бакъахьа мел хеташ дерг де».

Амма динан дас элира: «Делах дагадовла деза вай».

37 Шаула Деле хаттар дира: «ПӀелаштамхошна тӀаьхьавала мегар дуй со? Ахьа царна таӀзар дойтур дуй тхоьга?» Амма цу дийнахь Дала жоп ца делира Шаулна. 38 ТӀаккха цо элира: «Массо а халкъан куьйгалхой суна тӀе бахкийта. Цаьрга, халкъана юкъахь къа латийнарг муьлха ву хьожуш, таллийта. 39 Аса Исраилан халкъ кӀелхьардаьккхина волчу Везачу Элах чӀагӀо йо, и къа латийнарг сан кӀант ЯхӀуната велахь а, иза а лийр ву аьлла». Амма гулделлачу халкъана юккъера цхьаммо а жоп ца лора. 40 ТӀаккха Шаула Исраилан халкъе элира: «Шу массо а цхьаьна агӀор дӀахӀотта, ткъа вукху агӀор сой, сан кӀант ЯхӀунатий хӀуттур ву».

Наха Шауле элира: «Хьайна бакъахьа хеттарг де».

41- 14:41 Лелар 27:21; Шамъал 28:6. Шаула Везачу Эле элира: «Исраилан халкъан Дела! Бакъдерг гайтахьа тхуна»+ 14:41 *Грекийн гочдар тӀехь яздина ду: *Цул тӀаьхьа Шаула Исраилан Дела волчу Везачу Эле элира: «Хьан ялхо волчунна тахана жоп хӀунда ца делира Ахь? Исраилан Дела волу Веза Эла, сан, я сан кӀентан ЯхӀунатин бехк белахь, жоп ло безачу Урим-тӀулгехула. Нагахь санна Хьан Исраилан халкъ бехке делахь, безачу Тумим-тӀулгехула жоп ло».*.

Гулбеллачарна дай, кӀанттий бехке хилар гира. Ткъа халкъ бакъдеш хиларан билгало а хилира. 42 ТӀаккха Шаула элира: «Суний, сан кӀантаний юкъахь кхаж таса». ЯхӀунатина кхаж белира. 43 Шаула ЯхӀунате хаьттира: «Схьадийца соьга, хӀун даьлла хьоьгара?»

ТӀаккха ЯхӀунатас дӀадийцира: «Аса, сайгара гӀаж чу а Ӏоьттина, жимма моз кхаьллира. Ткъа и хӀума бахьана долуш со вала везаш вуй?+ 14:43 *Ткъа и хӀума бахьана долуш со вала везаш вуй? *– я иштта: *Со кхузахь ву. Со вала кечвелла ву!*»

44 ТӀаккха Шаула элира: «Нагахь санна ЯхӀуната лийр вацахь, Дала суна со валлал чӀогӀа таӀзар дойла!»

45 Амма халкъо Шауле элира: «Массо а халкъ кӀелхьардаьккхина волу ЯхӀуната вуй техьа вала дезаш верг? Иза хир дац! Дийна волчу Везачу Элах оха чӀагӀо йо: цуьнан коьртара цхьа а чо лаьтта охьабужур бац! Дела шеца волуш дина цо пӀелаштамхой а эшош динарг». ЯхӀуната халкъо, вен а ца воьйтуш, паргӀат витира.

46 ПӀелаштамхошна тӀаьхьаваьллачуьра Шаул юхавирзира, ткъа вуьш шайн махка дӀабахара.

Шаулан паччахьаллах а, цуьнан доьзалх а лаьцна

47 Шаула Исраилан махкахь шен паччахьалла дӀахӀоттийра. Шена гонах мел волчу массо а мостагӀчуьнца тӀом беш чекхвелира иза: Муабица а, Ӏамминхошца а, Эдомца а, Цобарчу паччахьашца а, пӀелаштамхошца а. Ша тӀом мосазза бо, толам а боккхура цо. 48 Ӏамалекхана тӀехь цо баьккхина толам бахьана долуш, Исраилан халкъ цуьнан талорхойх кӀелхьардаьккхира.

49 Шаулан кӀентийн цӀераш яра: ЯхӀуната, Ишви, МалкишаӀ. Шаулан йоккхаха йолчу йоӀан цӀе Мираба яра, жимаха йолчун цӀе Михула яра. 50 Шаулан зудчун цӀе АхьнуӀмат яра. Иза АхьимаӀацан йоӀ яра. Цуьнан эскаран хьаькаман цӀе Абунар яра. Иза Шаулан ден вешин Неран кӀант вара. 51 Шаулан да Къуша а, Абунаран да Нер а Абуалан кӀентий бара.

52 Шаул ша мел веха пӀелаштамхошца тӀом беш хилла. Шена майра а, доьналла долуш а волу стаг гича, иза ша волчу дӀавуьгуш хилла цо.

15

Шаула шолгӀа а Везачу Эло тӀедиллинарг кхочуш ца до

1- 15:1 Шамъал 10:1. Шамъала Шауле элира: «Везачу Эло со ваийтина Исраилан халкъана тӀехь хьан паччахьалла къобалдан. ХӀинца Везачу Эло бохучуьнга ладогӀа. 2- 15:2 Арадаккхар 17:8-14; Карлабаьккхинарг 25:17-19. Массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Дагадаийтира Аса Сайна Ӏамалекха Исраилан халкъана динарг: Мисар-махкара халкъ цӀа доьрзучу хенахь иза цунна дуьхьал валар. 3 ХӀинца, ваха а гӀой, Ӏамалекхана тӀелата, цуьнан мел долу хӀума, къинхетам ца беш, хӀаллакде. Массо а ве: зударий, божарий, бераш, декхаш долу бераш. Дерриг: етт, сту, уьстагӀ, эмкал, вир – ша мел долу хӀума, дей, дӀадаккха“».

4 Телаим олучу меттехь Шаула вовшахтуьйхира шен эскар. Царна юккъехь ши бӀе эзар гӀашло вара, цул сов, итт эзар стаг ЯхӀудан тайпанах а вара. 5 Шаул Ӏамалекхахойн гӀалина тӀекхаьчнера. ТогӀи чохь царна кӀело ян охьахиира иза. 6 Шаула кхенахошна тӀе хабар дахьийтира: «Ӏамалекхахойх дӀакхеттачуьра дӀакъаста, шаьш соьга дайа ца дайийта. Аша Мисар-махкара схьадогӀучу хенахь Исраилан халкъана гӀо дина». Кхенахой Ӏамалекхахошна юкъара дӀакъаьстира.

7 Шаула Хьавилара дуьйна Мисар-махкана малхбалехьа Ӏуьллучу Шур-гӀалин йистошка кхаччалц эшийра Ӏамалекхахой. 8 Церан паччахь АгӀаг Шаула дийна волуш схьалецира, ткъа цуьнан дерриге а халкъ хӀаллакдира. 9 Амма Шаула а, цуьнан эскаро а АгӀагах къинхетам бира, дико долу уьстагӀий а, стерчий а, дерстана долу эсий а, Ӏахарий а дитира, иштта дика мел долу хӀума а, доха ца деш Ӏаддитира, ткъа оьшуш мел доцу хӀума дохийна дӀадаьккхира.

10 ТӀаккха Шамъале долу Делан дош иштта дара: 11 «Со чӀогӀа дохковаьлла Айса Шаул паччахь вина дӀахӀотторах. Сох дӀа а вирзина, Сан дош цо кхочуш ца дина». Иза шена хиъча, Шамъал чӀогӀа оьгӀазвахара. Буьйса, Везачу Эле кхойкхуш, яьккхира цо. 12 Сахуьлуш Шамъал, хьала а гӀаьттина, Шаулна дуьхьалвахара. Амма цуьнга хаам бира, Шаула, Кармал-гӀала а вахана, цигахь шен толамаш дагабоуьйтуш болу тӀулг дӀахӀоттийра аьлла, ткъа цигара ваьлча, иза Галгала вахана аьлла. 13 Шамъал Шаулна тӀекхечира, ткъа Шаул вистхилира: «Везачу Эло декъалвойла хьо. Аса Везачу Элан дош кхочушдина».

14 ТӀаккха Шамъала элира: «Сан лергашна хезаш долу уьстагӀийн а, стерчийн а аьзнаш мичара ду?»

15 Шаула элира: «Уьш Ӏамалекх волчуьра схьадалийна ду. Оха тоьлла долу уьстагӀий а, стерчий а хьан Везачу Далла лерина сагӀа даккха дитира, кхин дерш хӀаллакдира».

16 Шамъала Шауле элира: «Собар де, аса дӀадуьйцур ду хьоьга Везачу Эло буьйсанна хьо бахьана долуш аьлларг».

Шаула цуьнга элира: «Схьадийца».

17 ТӀаккха Шамъала элира: «Хьуна-хьайна а хьо жима а, хьал доцуш а хетташехь, ца хӀоттийнера Исраилан халкъан тайпанашна коьрте? Хьо иштта воллушехь, Везачу Эло къобал ца винера хьо Исраилан халкъана тӀехь паччахь вина дӀахӀотта? 18 Везачу Эло хьо хӀокху дешнашца новкъа ваьккхинера: „Ваха а гӀой, и къинош летийна болу Ӏамалекхахой хӀаллакбе. Уьш, байина, дӀабаххалц, тӀом бе цаьрца“, – аьлла. 19 Везачу Эло хьайга аьлларг хӀунда ца дира ахьа? Стенна кхийтира хьо ижуна тӀе, Везачу Элан бӀаьргашна хьалха вон деш?»

20 Шаула Шамъале элира: «Везачу Эло бохучуьнга ла а доьгӀна, Цо аьллачу новкъа велира со. Ӏамалекхахойн паччахь АгӀаг аса схьавалийна, уьш мел берш хӀаллак а бина. 21 Ткъа наха шайна яьллачу ижуна юккъера тоьлла долу уьстагӀий а, стерчий а схьахаьржира Галгалахь хьан Везачу Далла лерина сагӀа даккха».

22 Шамъала цунна жоп делира:

«Ахьа доккхуш долу сагӀа а, дагош долу бежанаш а деза хета те Везачу Элана,

хьо Ша бохург а деш дӀахӀоттарал?

Цуьнга ладугӀуш хилар сагӀа даккхарал а деза ду,

ткъа Цунна муьтӀахь хилар уьстагӀан махьаран даьттанал а дезах ду,

23 хӀунда аьлча муьтӀахь цахилар, бозбунчалла лелор санна, къилахь ду,

ткъа шен лааме а ваьлла, дуьхьалвалар цӀу-динах тешар санна ду.

Ахьа Везачу Элан дош дӀататтар бахьана долуш,

Цо хьо дӀатеттина,

Исраилан халкъан паччахь ца хилийта».

24 Шаула Шамъале элира: «Везачу Элан дашна тӀера а, хьан лаамна тӀера а ваьлла, аса сайх къа латийна. Со нахах кхеравелира, цундела цара бохург дира аса. 25 ХӀинца аса сайна къинтӀера валар доьху хьоьга. Соьца юхаверзахьара хьо, Везачу Элана соьга корта тохийта».

26 Шамъала Шауле жоп делира: «Со хьоьца юхавогӀур вац, хӀунда аьлча ахьа Везачу Элан дош дӀатеттина, цундела Цо хьо юхатеттина Исраилан халкъан паччахь ца хилийта».

27- 15:27, 28 Шамъал 28:17; Сулим 11:30, 31. Шамъал дӀаваха дагахь дӀавирзира. Амма вукхо цуьнан бедаран юх, катоьхна схьа а лаьцна, ятӀийра. 28 ТӀаккха Шамъала элира: «ХӀинца дуьйна Везачу Эло Исраилан халкъана тӀехь долу паччахьалла хьох дӀахадийна. Цо иза кхечуьнга дӀакховдийна, иза хьол тоьлуш волу дела. 29 Исраилан халкъан сийлахьчу Дала харцдерг а дуьйцур дац, Иза дохко а вер вац, хӀунда аьлча Дела адам дац Шен лаам хийца».

30 ТӀаккха вукхо элира: «Аса къа латийна. Делахь а хӀинца сан къоман къаношна хьалха а, со Исраилан халкъана хьалха а ларий, соьца юхаверзахьара хьо, тӀаккха аса хьан Везачу Далла Ӏибадат дийр дара». 31 Шамъал Шаулаца юхавирзира. Шаула Везачу Элана Ӏибадат дира.

32 Цул тӀаьхьа Шамъала элира: «Ӏамалекхахойн паччахь АгӀаг схьавалаве кхуза».

Шек а ца волуш+ 15:32 *«Шек а ца волуш» *– Грекийн маттера гочдича: *«Кхерарна а вегош».*, АгӀаг цунна тӀе веара. Цо элира: «Валаран къаьхьаллах со вла ма ваьлла?»

33 Амма Шамъала элира: «Хьан туьро нанойх бераш ма-даххара, хьан нана а йолийла шен кӀантах». Галгалахь Везачу Элана хьалха Шамъала АгӀаг, вен а вийна, цунах дакъош дира.

34 Шамъал Раме дӀавахара. Ткъа Шаул ГебаӀ-гӀалахь долчу шен цӀа вахара. 35 Цул тӀаьхьа Шамъална Шаул кхин ца гира ша велла дӀаваллалц, амма цо цунах лаьцна шен дага чохь гӀайгӀа латтайора, хӀунда аьлча Веза Эла дохковаьллера Ша иза Исраилан халкъана тӀехь паччахь вина дӀахӀотторна.

16

Исраилан халкъана тӀехь Даудан паччахьалла къобалдар

1 Везачу Эло Шамъале элира: «Мел хир ву хьо гӀайгӀане Аса Исраилан махкахь паччахь ца хилийта Сайна уллора дӀатеттина волу Шаул бахьана долуш? Хьайн маӀа зайтдаьттанах хьала а юзий, Байтлахам-гӀала гӀо. Аса цигахь вехаш волу Юшай волчу вохуьйту хьо. Цуьнан кӀенташна юкъара Аса Сайна паччахь хаьржина».

2 Амма Шамъала элира: «Со муха гӀур ву цига? Шаулна иза дӀахаахь, цо со вуьйр ву».

Везачу Эло жоп делира: «Хьайца, цига воьдуш, шинар дига. Хьо Везачу Элана лерина долу сагӀа даккха веана эр ду ахьа. 3 Айхьа сагӀа доккхучу хенахь Юшайга схьакхайкха. Цул тӀаьхьа Аса дуьйцур ду хьуна, хӀун дан деза. Аса хьайга аьлларг даьтта доттарца къобалвийр ву ахьа Суна».

4 Шега Везачу Эло ма-аллара, Байтлахам-гӀала ваха новкъа велира Шамъал. Иза цига дӀакхаьчча, цу гӀалара къаной боьхна дуьхьалбевлира цунна. Цара хаьттира: «Маршо яхьаш вогӀий хьо?»

5 Цо жоп делира: «ВогӀу. Со Везачу Элан дуьхьа сагӀа даккха вогӀуш ву. Делан дуьхьа дӀа а къастий, соьца сагӀа доккхучу дуьйла». Шамъала Юшай а, цуьнан кӀентий а Далла хьалха дӀахӀоттабан кечбира. Уьш а кхайкхира цо сагӀа доккхучу.

6 Уьш сагӀа доккхучу схьабаьхкича, Шамъална цигахь Элиаб гира. Цо ша-шега элира: «Везачу Элана хьалха дӀахӀоьттина лаьтташ волу хӀара хила мега Цо къобалвинарг!» 7 Амма Везачу Эло Шамъале элира: «Хьо цуьнан куьце а, цуьнан лекха хиларе а ма хьежа. Иза вац Аса хаьржинарг. Со адам санна ца хьожу стаге, хӀунда аьлча адамаш стеган юьхье хьожу, ткъа Веза Эла цуьнан даге хьожу».

8 Юшайс, Абинадаб схьа а кхайкхина, иза Шамъална тӀевалийра. Шамъала элира: «ХӀара а вац Везачу Эло хаьржинарг». 9 ТӀаккха Юшайс Шама тӀевалийра. Юха а Шамъала элира: «ХӀара а вац Везачу Эло хаьржинарг». 10 Иштта шен ворхӀе а кӀант Шамъална тӀевалийра Юшайс, амма Шамъала элира: «Кхарах цхьа а ца хаьржина Везачу Эло». 11 ТӀаккха Шамъала Юшайга хаьттира: «Массо а кӀентий кхузахь буй хьан?»

Юшайс жоп делира: «Уггар жима кхин цхьаъ ву. Иза хӀинца жа дажош ву».

Шамъала Юшайга элира: «Цхьаъ вахийтий, иза схьавалавайта. Иза схьаваллалц, вай хӀума яа охьаховшур дац». 12 Юшайс кӀант схьавалавайта бахийтира. Иза хьаьрса а волуш, хаза ши бӀаьрг а болуш, юьхь тӀера чӀогӀа товш кӀант вара. Везачу Эло элира: «Хьала а гӀаттий, иза къобалве. Аса вуьйцург ву хьуна иза». 13 Шамъала, зайтдаьтта чохь йолу маӀа схьа а эцна, вежаршна хьалха Даудан коьрта тӀе даьтта доьттира. Цу дийнахь дуьйна Везачу Элан Са Даудана тӀе охьадоьссина дара. Ткъа Шамъал, хьала а гӀаьттина, Раме дӀавахара.

Дауда Шаулна гӀуллакх дар

14 Везачу Элан Са Шаулах дӀакъаьстира. Цунна тӀе Везачу Эло дахийтинчу жино иза хьийзавора. 15 Шауле цуьнан ялхоша элира: «Делера долчу жино хьийзош ву хьо. 16 Хьайна хьалха болчу ялхошка дечиган пондар лакха хууш волу стаг лахийта. Делера долу жин хьо волчу деача, цу стага пондар а локхуш, хьан дагна хьаам бийр бу».

17 Шаула шен ялхошка элира: «Дечиган пондар дика лакха хууш волу стаг, схьа а лахий, со волчу схьавалаве».

18 Ялхошна юкъахь волчу цхьаммо элира: «Байтлахам-гӀалара волчу Юшайн кӀант гина суна. Цунна дечиган пондар лакха а хаьа, иза ша майра а, вистхилар хьекъале долуш а, чӀогӀа товш стаг а ву. Цуьнца Веза Эла а ву».

19 ТӀаккха Шаула Юшай волчу хабар эцна геланча вахийтира: «Хьайн бажа бажош волу кӀант Дауд со волчу ваийта», – аьлла. 20 Юшайс, шен вир схьа а эцна, цунна тӀе бепиг а, чагӀар чохь долу пӀаьлдиг а биллина, жима буьхьиг схьа а эцна, уьш а, шен кӀант Дауд а Шаул волчу дӀахьажийра. 21 Дауд Шаул волчу дӀакхаьчча, иза цунна гӀуллакх дан волавелира. Дауд чӀогӀа везавелира Шаулна, цо цунах шен герзлелориг вира. 22 Юшайга хабар дахьийтира Шаула: «Дауд со волчохь гӀуллакх деш сецна, хӀунда аьлча цо деш долу гӀуллакх суна чӀогӀа тайна». 23 Делера долу жин Шаулна тӀе охьа мосазза дуссу, Дауда, схьа а оьций, дечиган пондар локхура, тӀаккха Шаулан са паргӀатдолура.

17

ГӀолиата исраилхошка йохье кхойкху

1 ПӀелаштамхоша шайн эскар тӀамана схьагулдира. Цара, ЯхӀуд-махкарчу Соха-гӀалахь схьа а гулбелла, Соханий, Ӏазекхиний юккъехь йолчу Эпас-Дамимахь меттамотт дӀахӀоттийра. 2 Ткъа Шаул, исраилхошца цхьаьна Эла-тогӀи чохь шен меттамотт дӀа а хӀоттийна, пӀелаштамхошна дуьхьал тӀом бан кечвелира. 3 ПӀелаштамхой цхьана агӀор лаьтташ болчу лам тӀе бевлира, ткъа исраилхой цунна дуьхьал лаьттачу вукху лам тӀе бевлира. Царна юккъехь тогӀи яра.

4 Ша Гати-гӀалара а волуш, ГӀолиат цӀе йолу, бӀаьхо волу цхьа стаг пӀелаштамхошна юкъара схьавелира. Иза ялх+ 17:4 *Ялх дол *– Грекийн гочдар тӀехь: *диъ дол.* дол а, цхьа ше а хиллал лекха вара. 5 Цуьнан коьртахь цӀестах дина долу гӀем дара, тӀедуьйхина цӀестан пелагех дина гӀагӀ дара. Цу гӀаьгӀнан деккъа дозалла пхи эзар шекхал цӀаста хиллал дара. 6 Цуьнан когаш тӀехь цӀестан гола тӀеюхкурш яра, букъ тӀехь цӀестан горга тур а дара. 7 Цуьнан гоьмукъан гӀаж, кӀадидархочун гӀирс санна, еха яра, ткъа ша гоьмукъ ялх бӀе шекхал эчиг хиллал бара. Цунна хьалха хӀоьттина вогӀуш цуьнан доккха турс лелош верг а вара. 8 ГӀолиат, исраилхойн тӀемалошна хьалха дӀа а хӀоьттина, цаьрга мохь бетта волавелира: «ТӀом бан стенна кечделла шу? Со пӀелаштамхо вац ткъа? Ткъа шу Шаулан леш ду. Шайна юкъара соьца лата стаг схьахаржа. 9 Нагахь, иза сох лата а летта, цо со вехь, пӀелаштамхой шун леш хир бу, ткъа нагахь, со цунах тола а тоьлла, аса иза вехь, шу тхан леш хир ду, тхуна хьалхара гӀуллакх а деш». 10 ПӀелаштамхочо кхин а элира: «Тахана аса исраилхойн эскаре кхайкхам бо. Схьаваийта суна тӀе иштта волу стаг, тхойшиъ вовшахлетар ву!» 11 ПӀелаштамхочо бохург шайна хезча, Шаул а, исраилхой а, кхерабелла, Ӏадийнера.

Дауд Шаулан меттаматтахь

12 ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалара волчу эпратхочун Юшайн кӀант вара Дауд. Юшайн бархӀ кӀант вара. Шаул паччахьан даржехь волчу заманчохь Юшай чӀогӀа хан яьлла стаг вара. 13 Юшайн воккхаха волу кхо кӀант Шаулца тӀаме вахнера. Цуьнан тӀаме ваханчу кхаа кӀентан цӀераш яра: уггаре воккхачун – Элиаб, шолгӀачун – Абинадаб, кхозлагӀчун – Шама. 14 Дауд жимаха верг вара. Воккхаха волу кхо кӀант Шаулца волчу хенахь, 15 Дауд Шаул волчу дӀа а воьдий, цигара юхавоьрзура, Байтлахам-гӀалахь волчу шен ден уьстагӀий дажо.

16 Шовзткъа дийнахь пӀелаштамхо, Ӏуьйранний, суьйранний ара а волуш, исраилхошна ша гайта дӀахӀуттура.

17 ТӀаккха Юшайс шен кӀанте Дауде элира: «Хьайн вежаршна кхо сахь кхерзина буьртигаш а, итт бепиг а эций, сихха церан меттамотт лаьттачу дӀагӀо. 18 ХӀара итт нехча тӀеман коьртачу хьаькаме дӀало, хьайн вежарийн хьал-де хаа, уьш могуш-маьрша хиларан билгало а я. 19 Шаул а, хьан вежарий а, массо а исраилхо санна, Эла-тогӀи чохь пӀелаштамхошца тӀом беш бу».

20 Дауд, Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀаьттина, шен уьстагӀий хехочуьнга дӀа а делла, шен мохь схьа а эцна, Юшайс шена тӀе-ма-диллара, эскар лаьтташ долчу дӀавахара. ХӀара дӀакхаьчначу хенахь эскархой тӀом бечу могӀаршкахь дӀахӀиттина лаьттара. Маьхьарий а детташ, тӀамана кечлуш бара уьш. 21 Исраилхоша а, пӀелаштамхоша а шайн тӀемалойн могӀанаш дуьхь-дуьхьал дерзийнера. 22 Дауда, шегахь болу мохь тӀеман гӀирс ларбеш волчу хехочуьнга дӀа а белла, ведда эскархойн могӀанаш долчу юкъа а вахана, шен вежаршка хӀун хьал ду хаьттира. 23 Иза шен вежаршца къамел деш волчу хенахь Гати-гӀалара ГӀолиат цӀе йолу пӀелаштамхойн вовшахлатархо, шайн могӀанашна юкъара ара а ваьлла, мохь бетта волавелира. Даудана цо бохург хезира. 24 Массо а исраилхо, и стаг шайна ма-гиннехь, кхералой, цунах водура. 25 Исраилхоша бохура: «Гой шуна и къамел деш волу стаг? Иза исраилхой емалбеш, царна луьйш ву. Иза вийначунна паччахьо боккха бахам лур бара, цуьнга шен йоӀ маре а йохуьйтур яра, цуьнан доьзал Исраилан махкахь массо а кхечу нахана тӀедиллина долчу хӀуманах мукъа а боккхур бара».

26 ТӀаккха Дауда шеца лаьтташ болчу нахе элира: «ХӀун кхаъ хир бу, и пӀелаштамхо вен а вийна, Исраилан махкана тӀера юьхьӀаьржо дӀаяьккхинчунна? Мила ву хӀара дин доцу, сунтваза волу пӀелаштамхо, дийна волчу Делан эскарна луьйш волу?»

27 Цара, шаьш аьлларг юха карла а доккхуш, и стаг вийначунна кхаъ лур бу аьлла, дӀахаийтира.

28 Даудан воккхаха волчу вешина Элиабна хезира цо нахаца деш долу къамел. Даудана чӀогӀа оьгӀаз а вахана, цо элира: «Хьо хӀунда веана кхуза? Хьанах тешна дитина ахьа вайн де а доцу уьстагӀий яьссачу арахь? Суна евзаш ю хьан сонталла а, хьан вон дог а. Хьо тӀамах бӀаьрг тоха веана кхуза?»

29 Дауда элира: «Соьгара хӀун даьлла, нахаца къамел дарал сов?» 30 Шена уллохь болчу нахе дӀа а вирзина, Дауда цаьрга хаттар дича, цара, вукхара санна, жоп делира цунна.

31 Дауда аьлла долу дешнаш Шауле дӀадийцира. Цо Дауд шена тӀекхайкхира. 32 ТӀаккха Дауда Шауле элира: «И пӀелаштамхо бахьана долуш цхьа а стаг гӀайгӀане хила оьшуш вац. Хьан лай, ваха а вахана, цуьнца летар ву».

33 Шаула Дауде элира: «Хьо ларор вац цу пӀелаштамхочуьнца, хӀунда аьлча хьо хӀинца а жима ву, ткъа иза кога ирахӀоьттинчу хенахь дуьйна тӀеман гӀуллакх девзаш хилла ву».

34 Дауда Шауле элира: «Хьан лай шен ден уьстагӀий дажош лелла ву. Нагахь санна, я лом, я ча а еана, цара жа юкъара уьстагӀ дӀабаьхьча, 35 царна тӀаьхьа а воьдий, тӀекхетий, церан багара иза схьабоккхура ас. Амма иза сайна тӀекхетча, аса цуьнан кхес схьа а лоций, охьа а тухий, йоьра. 36 Лом а, ча а йоьра хьан лай волчо. Изза хир ду оцу сунтваза волчу пӀелаштамхочунна а, дийна волчу Делан эскарна кхиссарш еш волчу». 37 Дауда кхин а элира: «Лоьмах а, ченах а со кӀелхьарваьккхина волчу Везачу Эло со оцу пӀелаштамхочун куьйга кӀелара а воккхур ву».

ТӀаккха Шаула Дауде элира: «Вало, гӀо цига. Веза Эла хьоьца хуьлийла». 38 Даудана шен бедарш тӀеюьйхира Шаула, коьрта цӀестан гӀем а тиллира, цунна тӀе гӀагӀ а дуьйхира. 39 Бедарш тӀехула тур гӀода юккъе а дихкина, Дауд дӀасаволавелира, амма иза ишттачу духарца лела Ӏемина вацара. Цо Шауле элира: «Со, хӀара духар а доьхна, лела Ӏемина вац». Цо и хӀуманаш шена тӀера дӀаехира. 40 Коьжалг шен кара а лаьцна, татол чуьра пхи шера тӀулг а хаьржина, уьш шегахь болчу тӀоьрмаг чу а дехкина, и тӀоьрмаггий, ширдолаггий карахь а долуш, иза пӀелаштамхочунна дуьхьалвахара.

Дауда ГӀолиат эшаво

41 ПӀелаштамхо а вара кхунна дуьхьалвогӀуш, хьалха ваьлла доккха турс лелош верг а волуш. 42 ПӀелаштамхо Дауде цавашарца схьахьаьжира, хӀунда аьлча хӀара ханна жима а вара, хьаьрса а волуш, юьхь тӀера хаза а вара. 43 Цо Дауде элира: «Хьо суна дуьхьал гӀожаца ма ваьлла. Со жӀаьла ду-м ца моьтту хьуна?» Иза а аьлла, пӀелаштамхочо шен деланашкара неӀалт кхайкхира Даудана. 44 Цо Дауде элира: «ТӀевола суна, аса хьан дакъа стигаларчу олхазаршний, аренгахь лелаш долчу акхарошний дӀалур ду».

45 Дауда пӀелаштамхочуьнга элира: «Хьо суна дуьхьал тур а, гоьмукъ а, горга тур а карахь вогӀуш ву, ткъа со ахьа сийсаздохуш долчу Исраилан халкъан массо а эскарийн Дела волчу, массо а ницкъийн Везачу Элан цӀарах араваьлла. 46 Таххана Везачу Эло хьо сан кара схьалур ву, ткъа аса хьо вуьйр ву. Аса хьан корта схьабоккхур бу, ткъа пӀелаштамхойн эскархойн декъий стигаларчу олхазаршна а, лаьттахь лелаш долчу акхарошна а дӀалур ду. Дерриг а дуьненна дӀахуур ду Исраилан махкахь Дела вуйла. 47 Кхузахь гулделлачу дерриг а халкъана дӀахуур ду Везачу Эло туьраций, гоьмукъций ца воккхийла кӀелхьара, хӀунда аьлча тӀом Везачу Элан карахь бу. Цо шу тхан кара схьа а лур ду».

48 ПӀелаштамхо шена тӀеволавелча, Дауд сихха цунна дуьхьалведира. 49 Шен тӀоьрмаг чу куьг а дахийтина, тӀулг схьаийцира цо. Ширдолагца ластийна, цо иза пӀелаштамхочунна хьажа юккъе туьйхира. И тӀулг цунна нийсса хьажа юккъе богӀабелира, ткъа пӀелаштамхо бертал охьавуьйжира. 50- 17:50 Дауд 21:19. Иштта тӀулгаций, ширдолагций пӀелаштамхо эшийра Дауда. Цо иза карахь тур а доцуш вийра. 51 ТӀаккха Дауда, ведда тӀе а вахана, цунна тӀе ког а баьккхина, пӀелаштамхочун тур баттара схьа а даьккхина, цуьнан корта баьккхира.

ПӀелаштамхой, шайна юкъара ницкъберг велла гича, бевдда дӀабахара. 52 Исраил-махкара а, ЯхӀуд-махкара а халкъ маьхьаршца пӀелаштамхошна тӀаьхьаделира. Цара уьш, лаьхкина, тогӀи чу вуллучу+ 17:52 *ТогӀи чу вуллучу *– Грекийн гочдар тӀехь: *Гати-гӀала чу вуллучу.* дӀабигира, цигара дӀа – Ӏекхран-гӀали чу воьду ков долчу бигира. Эшийна, лаьхкина буьгуш болу пӀелаштамхой ШаӀрайм-гӀалина тӀе боьдучу новкъа тӀе охьаоьгура Гати-гӀалина а, Ӏекхран-гӀалина а тӀекхаччалц. 53 Шаьш пӀелаштамхошна тӀаьхьабевллачуьра юхабирзича, церан бахам дӀасабоькъура исраилхоша. 54 ТӀаьхьо, пӀелаштамхочун корта схьа а эцна, Дауда иза Ярушалайме дӀабаьхьира, ткъа цуьнан тӀеман гӀирс цо шен четар чохь охьабиллира.

Даудан схьавалар Шаулна довзийтар

55 ПӀелаштамхочуьнца Дауд лата воьдуш шена гича, Шаула эскаран хьаькам волчу Абунаре элира: «Абунар, иза хьенан кӀант ву?»

Абунара элира: «Дийна волчу сайх чӀагӀо йо ас, ва паччахь, суна иза билггала ца хаьа».

56 Паччахьо элира: «Хатта, хьенан кӀант ву и жима стаг».

57 Дауд, пӀелаштамхо эша а вина, юхавогӀучу хенахь, Абунара иза Шаул волчу схьавалийра. ПӀелаштамхочун корта цуьнан карахь бара. 58 Шаула цуьнга хаьттира: «Жима стаг, хьо хьенан кӀант ву?» – аьлла.

Дауда жоп делира: «Со Байтлахам-гӀалара хьан лай волчу Юшайн кӀант ву».

18

Дауд а, ЯхӀуната а ши доттагӀа хилла дӀахӀутту

1 Дауд Шаулаца къамел дина ваьлча, цуьнан а, ЯхӀунатин а юкъаметтиг кхин а чӀагӀъелира, цунна иза, ша-шена санна, дукхавезавелира. 2 Шаула Дауд шеца витира, иза шен да волчу дӀа а ца вохуьйтуш. 3 ЯхӀунатина, ша санна, Дауд везавалар бахьана долуш, Даудаца даггара доттагӀалла лело барт бира цо. 4 Шаьшшинна юкъахь хиллачу бертан тоьшалла деш, ЯхӀунатас шена тӀехула йоьхна йолу бедарш схьа а яьхна, Дауде дӀаелира. Иштта тӀеман бедарш а, тур а, секхаӀад а, доьхка а дӀаделира цо. 5 Шаула ша мичча вахийтича а, Даудан аьтто хуьлура. Цундела Шаула цунах тӀеман хьаькам вира. Иза хазахетарца тӀеийцира дерриг а халкъо а, паччахьан гонах болчара а.

Шаулан хьагӀ

6 Дауда пӀелаштамхо эша а вина, эскархой цӀа богӀучу хенахь массо а Исраилан махкарчу гӀаланашкара зударий шайн паччахь волчу Шаулна дуьхьал хелхаршций, эшаршций арабевлира. Церан карахь жиргӀанаш а, дечиг-пондарш а дара. 7- 18:7 Шамъал 21:11; 29:5. Халхарш а деш, цара бохура: «Шаула эзарнаш байина, ткъа Дауда – итт эзарнаш». 8 Шаулна и дешнаш чӀогӀа ца дезаделира. Цо элира: «Цара Даудана итт эзарнаш дӀабелла, ткъа суна – эзарнаш бен. Цунна хӀинца, паччахьалла тӀехилчхьана, кхин хӀумма а ца оьшу». 9 Цу дийнахь дуьйна Шаул Дауде хьогӀаца хьоьжура.

10 ШолгӀачу дийнахь Делера долу жин цӀеххьана Шаулна тӀе доьссира. Иза шен цӀахь хьераваьлча санна лелара, ткъа Дауд, кхечу деношкахь санна, дечиг-пондарх пӀелг а туьйсуш, Ӏаш вара. Шаулан карахь гоьмукъ бара. 11 Цо, шен дагахь: «Аса иза хӀинца пенах дӀалатор ву», – бохуш йолу ойла а еш, гоьмукъ кхоьссира. Амма Дауда, шозза а дӀа а таьӀна, иза тӀехбалийтира.

12 Шаул Даудах кхоьруш вара, хӀунда аьлча Веза Эла цуьнца вара, ткъа Шаулна уллора Иза юхаваьллера. 13 Шаула Дауд, шена уллора дӀа а ваьккхина, шен эзар тӀемалочунна тӀехь хьаькам хӀоттийра, иза массо а адамна хьалха эскарна тӀехь куьйгалла деш а вара. 14 Дауда ша мел деш долу гӀуллакх кхиамца дора, хӀунда аьлча Веза Эла цуьнца вара. 15 Цуьнан аьтто болуш хилар гуш волу Шаул Даудах кхоьруш вара. 16 Ткъа массо а Исраил-махкарчу а, ЯхӀуд-махкарчу а къаьмнашна Дауд чӀогӀа везара, хӀунда аьлча иза дерриг а гӀуллакхна хьалхаваьлла волу дела.

Дауда Шаулан йоӀ ялор

17 Шаула Дауде элира: «Сайн йоккхаха йолу йоӀ Мираба хьоьга маре йоуьйту аса. Хьо майра хила веза, Везачу Элан тӀемаш дӀа а кхоьхьуш». Шаулан дагахь дара: «Сан карах а доцуш, пӀелаштамхойн карах валар хуьлийла цуьнан».

18 Амма Дауда Шауле элира: «Со а, сан ден цӀа а Исраилан махкахь девзаш дац, со паччахьан нуц хилла дӀахӀоттал». 19 Шаулан йоӀ Мираба маре яха хан тӀекхаьчча, иза махьулхочуьнга Ӏадриале маре яхийтира.

20 Амма Шаулан вукху йоӀана, Михулина, везавелира Дауд. Иза Шауле дӀахаийтича, Шаулна и гӀуллакх хазделира. 21 Ткъа Шаул шен дагахь ойла еш вара: «Аса йоӀ цуьнга маре яхийтича, цунах Даудана гур хир бу, цуьнан пӀелаштамхойн карах валар а хир ду». Шаула шолгӀа а Дауде элира: «ХӀинца кхин а цхьа аьтто баьлла хьан соьца гергарло таса». 22 Шена гонах болчаьрга Шаула элира: «Къайлаха цуьнга ала: „Хьажал, паччахь хьоьца чӀогӀа дика ву, цунна гонах болчарна массарна а хьо веза. ХӀунда аьлча хӀинца дика зама ю паччахьан нуц хилла дӀахӀотта“».

23 Шаулан гонах болчара и дешнаш Дауде дӀааьлча, Дауда жоп делира: «Шуна атта ду моьтту паччахьан нуц хила? Со къен а, ладам боцу а стаг ма ву».

24 Паччахьан гонах болчара Шауле дӀадийцира шайн Даудаца хилла къамел. 25 Шаула элира: «ДӀаала Дауде: „Паччахьна шен йоӀах кхин там ца оьшу, бӀе вийна пӀелаштамхо бен. Уьш байа а байина, сунт а бина, уьш хадош дисина чкъоьрнаш+ 18:25 *Чкъоьрнаш *– исраилхошна гонах долчу къаьмнашна юкъахь пӀелаштамхой бен сунтбаза бацара.* суна схьада. Иза паччахьан мостагӀашна бекхам хир бу“». Цо и тайпа къамел даран бахьана Дауд пӀелаштамхойн карахула хӀаллакван гӀертар дара. 26 Паччахьна гонах болчара и къамел Дауде схьадеара. Даудана тайнера паччахьан нуц хилар. Хан йиллина денош тӀекхачале, 27 Дауда шен накъосташца, пӀелаштамхой болчу а вахана, царах ши бӀе стаг вийра. Цо паччахьна и нах ша сунтбина хиларан билгалонаш схьаеара. Шаула цуьнга шен йоӀ Михула маре дӀаелира.

28 Шаулна хиира Веза Эла Даудаца вуйла а, шен йоӀана Михулина Дауд везийла а. 29 Цундела Шаул кхин а чӀогӀа кхоьрура Даудах. Иза цуьнан мостагӀа хилла дӀахӀоьттира массо а ханна.

30 ПӀелаштамхойн баьччанаш тӀамца гӀевттича, Дауд массо а Шаулан тӀемалойл а кхиаме тӀом дӀахьош хуьлура. Цуьнан цӀе массанхьахула дӀасаяьржира.

19

Шаул Даудана тӀаьхьаволу

1 Шен кӀанте ЯхӀунате а, шен гонах болчаьрга а Шаула дӀахьедира, Дауд вен веза аьлла. Амма Шаулан кӀантана ЯхӀунатина Дауд чӀогӀа дукхавезара. 2 Цундела ЯхӀунатас Дауде элира: «Сан да Шаул хьо вен бахьанаш лоьхуш ву хьуна. Кханалерчу дийнахь ларлуш хилалахь. Цхьанхьа къайла а валий, Ӏелахь. 3 Ткъа со, сайн деца эрна ара а ваьлла, хьо волчохь дӀахӀуттур ву. Хьох лаьцна къамел дийр ду аса цуьнца, сайна хиънарг хьоьга дӀа а дуьйцур ду».

4 Дика дешнаш элира ЯхӀунатас Шауле Даудах лаьцна. Цо бохура: «Хьайн лай волчу Даудаца хьарам ма хилахьа. Цо хьуна дуьхьал цхьа а вон хӀума ца дина, боккха пайда болуш дерг бен. 5 ПӀелаштамхочунна дуьхьал иза, шех лаьцна ойла а ца еш, велира, шен дахар боккхачу кхерам кӀел а хӀоттийна. Везачу Эло боккха толам баийтира Исраилан махка. Иза гина волу хьо а ма вара воккхавеш. Стенна гӀерта те хьо, цхьа а бахьана доцуш, Дауд вен а вийна, бехк боцу цӀий а Ӏанийна, зулам даккха?»

6 ЯхӀунате ла а доьгӀна, Шаула чӀагӀо йира: «Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас, Дауд лийр вац аьлла». 7 Дауде схьа а кхайкхина, ЯхӀунатас цуьнга шайн хилла долу къамел дӀадийцира, тӀаккха ЯхӀунатас Дауд Шаул волчу дӀавигира. Цул тӀаьхьа церан юкъаметтиг хьалха санна хилла дӀахӀоьттира.

8 Юха а тӀом белира. Дауд, ара а ваьлла, пӀелаштамхошца тӀом бан волавелира. Дауда мостагӀчунна тӀехь боккха толам баьккхинчул тӀаьхьа, уьш цунах дӀауьдуш бара.

9 Юха а Везачу Элера долу жин чудоьссира Шаулна. Шен цӀахь, гоьмукъ карахь а болуш, Ӏаш вара иза, ткъа Дауд, дечиган пондарх пӀелг а туьйсуш, Ӏаш вара. 10 Шаулна Дауд гоьмукъца пенах дӀатоха дагадеара. Амма Дауд шена тӀекхоьссина болу гоьмукъ гича, каде дӀаиккхира, ткъа гоьмукъ пенах чубахара. Дауд цу буьйсанна Шаулах ведда кӀелхьарвелира.

11- 19:11 Забур 58:1. ТӀаккха Шаула Даудан цӀа шен тӀемалой бахийтира, цунна кӀело а йина, иза садаржале вейта. Даудан зудчо Михулас цуьнга элира: «Ахьа хьайн са тахана кӀелхьара ца даккхахь, кхана хьо вуьйр ву». 12 Михулас иза корах аравалийтира. Дауд ведда кӀелхьарвелира. 13 Дауд вуьжучу метта Михулас цӀу виллира, цуьнан гӀовлангахь газанан цӀока а йиллина, тӀехула бедарш ехкира. 14 Шаула Дауд схьалаца нах бахийтича, Михулас Дауд цомгуш ву элира. 15 Амма Шаула уьш юхабахийтира, иза муха ву хьажа. Цо цаьрга элира: «Шен меттаца иза со волчу схьавалаве соьга вейта». 16 И нах Дауд дӀалаца чубаьхкича, царна гира меттахь Ӏуьллуш волу цӀу а, гӀовлангахь йиллина йолу газанан цӀока а. 17 Шаула Михулига хаьттира: «Со хӀунда левина ахьа? Сан мостагӀа, дӀа а хецна, вадийтина-кх ахьа».

Михулас Шауле элира: «Цо соьга, ша дӀа ца вахийтахь, со юьйр ю элира».

18 Дауд иштта ведда кӀелхьарвелира. Цо, Шамъал волчу Раме схьа а веана, Шаула шена динарг дӀадийцира. ТӀаккха Дауд Шамъалца новкъа велира. И шиъ Наютахь сецира. 19 Шауле хаам бира, Дауд Рама-гӀаларчу Нают олучу меттехь ву аьлла. 20 Шаула цига а нах бахийтира Дауд схьалаца. Уьш схьа а кхаьчна, царна Шамъал коьртехь а волуш, Делера болу хаамаш беш пайхамарш гича, царна тӀе Делан Са охьадоьссира. Уьш а, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш бан буьйлабелира. 21 И хаам шена схьабеача, Шаула кхин болу нах бахийтира цига. Уьш а, шовкъ а еана, иштта Делера болу хаамаш беш дӀахӀиттира. ТӀаккха Шаула кхозлагӀа а нах бахийтира. Уьш а, шовкъ а еана, Делера хаамаш бан буьйлабелира. 22 ТӀаккха оьгӀазвахана волу Шаул ша Раме ваха новкъа велира. Иза Сехехь лаьттачу йоккхачу гӀунна тӀе кхечира. Цо хаьттира: «Шамъаллий, Дауддий мичахь ву?»

Цунна жоп делира: «Эцца Рамерчу Наютахь ву».

23 Иза Рамерчу Наюта вахара. Цунна тӀе а Делан Са доьссира. Ша дӀавоьдучу хенахь иза а волавелира, Рамерчу Наюта кхаччалц, Делера болу хаамаш бан. 24- 19:24 Шамъал 10:11, 12. Шовкъ а еана, шена тӀера бедарш дӀа а яьхна, Шамъална хьалха Делера болу хаамаш беш дӀахӀоьттира иза. Цу дийнаххьий, бусий иза тӀехь хӀума а йоцуш Ӏиллира. Цундела олуш ду: «Шаул а ву техьа пайхамар?»

20

ЯхӀунатий, Дауддий

1 Рамерчу Наютара Дауд, ведда, ЯхӀуната волчу веара. Цо ЯхӀунате хаьттира: «Ас хӀун дина? ХӀун харцдерг даьлла соьгара? ХӀун къа латийна ас хьан дена хьалха, иза со вен гӀерттал?»

2 ЯхӀунатас жоп делира: «Хьо лийр вац! Сан дас жима а, доккха а гӀуллакх соьга олий бен ца до. Ша хьо вен гӀертийла цо сох хӀунда лечкъор дара? И хӀума хӀинца хила йиш йолуш дац!»

3 Дауда, чӀагӀо а еш, элира: «Хьан дена хууш ду, хьо соьца къаьсттина дика вуйла. Цундела цо шен дагахь боху: „ЯхӀунатина иза хаа йиш яц, цунна хала ца хетийтархьама“. Амма дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас, суний, Ӏожаллиний юккъехь цхьа гӀулч бен цахилар».

4 ЯхӀунатас Дауде элира: «Хьан даго боххург дийр ду-кх аса».

5- 20:5 Лелар 28:11. ТӀаккха Дауда ЯхӀунате элира: «Кхана бутт цӀинбаларан дезде ду. Со паччахьна уллохь шуьнехь Ӏан везаш ву. Амма ахьа со дӀавахийтахьара, кхоалгӀачу дийнан суьйре тӀекхаччалц, со аренгахь къайлавер вара. 6 Хьан да со бахьана долуш сагатдеш хилахь, ахьа ала деза: „Дауд, соьгара пурба а даьккхина, Байтлахам-гӀала вахана, цигахь шен гергарчара хӀора шарахь цкъа доккхуш долчу сагӀанехь дакъалаца“. 7 Иза ахьа аьлча, цо „Дика ду“ алахь, хьан лай маьрша ву, амма иза оьгӀазводахь, хьуна хаалахь, цунна зулам даккха дагадеанийла. 8 Къинхетам бехьа хьайн лех: Везачу Элана хьалха ахьа соьца барт ма бинера. Соьгара хьайна бехке долу хӀума даьллехь, со хӀинццехь вей дӀаваккхахь! Хьайн дена тӀе стенна вуьгу ахь со?»

9 ЯхӀунатас элира: «Ахьа бохуш дерг хьоьца хила йиш яц. Нагахь санна сан да хьуна тешнабехк бан кечвеллехь, иза аса хьоьга хоуьйтур дацара техьа?»

10 Дауда ЯхӀунате хаьттира: «Хьан дас хьоьга оьгӀазлонца жоп лахь, иза соьга хаийта мила вогӀур ву?»

11 ЯхӀунатас элира: «Вало, аренга воьду вайшиъ». И шиъ аравелира. 12 ЯхӀунатас Дауде элира: «Исраилан халкъан Везачу Делах чӀагӀо йо ас хьуна! Кхана я кхана Ӏийча хӀоккху хенахь сайн да хьоьца муха ву хьожур ма ву со. Иза хьоьца гамо йоцуш велахь, аса хьо волчу и хабар дахьаш стаг воуьйтур ву. 13 Амма сан да хьуна ямартло ян кечвеллехь, иза аса хьан лергашна хазор ду, хьо кӀелхьара а волуьйтур ву. Везачу Эло, Шен лааме хьаьжжина, луьра таӀзар дойла суна, аса иза ца дахь. Веза Эла, сан деца ма-хиллара, хуьлийла хьоьца а. 14 Ткъа хьо а, со дийна висахь, Везачу Элана хьалха соьца бинчу бартана тешаме а хилахьара. Нагахь санна сан кхалхар хилахь, 15- 20:15 Дауд 9:1. айхьа дуьнен чохь йоккхучу хенахь сан доьзална тешаме хилахьара хьо, Везачу Эло массо а хьайн мостагӀа хӀаллаквина хилахь а». 16 ЯхӀунатас Даудан цӀенца барт беш элира: «Везачу Эло кхел йойла Даудан мостагӀашна!»

17 ЯхӀунатас, чӀагӀо а еш, Даудана хаийтира шена иза мел веза, хӀунда аьлча иза цунна, шен са санна, дукха везаш вара. 18 ЯхӀунатас цуьнга элира: «Кхана бутт цӀинбаларан дезде ду. Хьан меттиг яьсса гича, хьо коьртах воккхур ву. 19 Цундела кхозлагӀчу дийнахь хьо хьалха хиллачу метте дӀагӀо. Цигахь, Азал-тӀулг болчохь, охьа а хаий, собар де. 20 Ткъа аса, цу агӀонга цхьана хӀуманна хьажийча санна, кхузза секхаӀад кхуссур ду хьуна. 21 Цул тӀаьхьа аса сайн Ӏодан пхерчий схьалаха кӀант воуьйтур ву. Нагахь санна аса кӀанте алахь: „Пхерчий хьуна тӀехьа Ӏохку, схьаэца уьш“, – со волчу схьавола. Везачу Элах чӀагӀо йо ас, хьо маьрша хиларна а, хьуна цхьа а тайпана кхерам ца хиларна а. 22 Амма аса кӀанте: „Пхерчий хьуна хьалха Ӏохку“, – алахь, хьо дӀагӀо. Везачу Эло хьуна дӀаваха пурба ло. 23 Вайшиммо йина йолу чӀагӀонаш йиц ма е. Веза Эла царна даим а Теш ву!»

24 Дауд аренгахь къайлавелира. Бутт цӀинлучу хенахь хӀоттош долу той дӀадоладелира. Паччахь хӀума яа охьахиира. 25 Цо ша массо а хенахь хууш волу меттиг дӀалецира. И меттиг пенна уллохь яра. Шаулна дуьхьал ЯхӀуната охьахиира. Ткъа Абунар Шаулна уллохь хиира. Даудан меттиг яьсса яра. 26 Цу дийнахь Шаула хӀумма а ца элира, хӀунда аьлча цунна дагадеара: «Схьахетарехь, цхьа хӀума хиллачул тӀаьхьа, Дауд Далла хьалха цӀена воцуш нисвелла». 27 Бутт цӀинлуш болчу денна лерина долу той дӀахьочу шолгӀачу дийнахь а Даудан меттиг яьсса яра. ТӀаккха Шаула ЯхӀунате хаьттира: «Юшайн кӀант селхана а, тахана а тойнехь хӀунда вац?»

28 ЯхӀунатас Шауле жоп делира: «Дауд, соьгара пурба а даьккхина, Байтлахам-гӀала вахана. 29 Цо соьга элира: „Сан гергарнаш сан гӀалахь сагӀа доккхуш бу. Сан вашас соьга дӀакхайкхина. Вайшинна юкъахь гергарло делахь, со сайн вежарех кхета вахийтахьара ахьа“. Цундела иза паччахь волчу шуьне ца кхечи».

30 Шаул шен кӀантана чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо ЯхӀунате элира: «Хьо хьайн лартӀехь йоцучу ненах тера ву. Иза а шен лаамехь яра, хьо а иштта ву! Хьо Юшайн кӀантаца гергарло лелош вуйла суна ца хаьа моьтту хьуна? И гергарло хьуна а, хьан нанна а юьхьӀаьржонна хир долуш ду. 31 Юшайн кӀант дийна мел ву, хьо а, хьан пачхьалкх а лаьттар яц. Иза со волчу схьавалавайта, хӀунда аьлча иза Ӏожаллех вер вац».

32 ЯхӀунатас Шауле элира: «ХӀунда вуьйш ву иза? Цуьнгара хӀун даьлла?»

33 ТӀаккха Шаула иза вен дагахь гоьмукъ кхоьссира. Эццахь ЯхӀунатина хиира, Шаула Дауд вен чӀагӀо йинийла. 34 ЯхӀуната, чӀогӀа оьгӀаз а вахана, хьалагӀаьттира. Бутт цӀинлучу шолгӀачу дийнахь цо яа хӀума ца йиира. Цуьнан бахьана Даудах дог лазар а, шен дас шена йина вас а яра. 35 Иза, Ӏуьйранна ара а ваьлла, Даудаца ша барт бинчу аренга вахара. Цуьнца цхьа жима кӀант а вара. 36 Цо кӀанте элира: «Вадий, ваха а гӀой, аса кхуссу долу пхерчий схьалаха». КӀант аренгахула ведда дӀавахара. Амма ЯхӀунатин секхаӀодан пхерчий, цу кӀантана тӀехула а дуьйлуш, дӀаоьхура. 37 КӀант цо пхерчий охьаэгийначу метте дӀаведира. ЯхӀунатас цунна тӀаьхьа мохь туьйхира: «Хьажал, пха хьуна хьалха Ӏуьллуш бу хьуна». 38 Юха а кӀантана тӀаьхьа мохь беттара ЯхӀунатас: «Сихха вада! Саца ма саца!» Пхерчий схьа а гулдина, кӀант шен олахочунна тӀевеара. 39 Цунна иза хӀун ду ца хаьара. Дауданий, ЯхӀунатиний бен ца хаьара цу дешнийн маьӀна. 40 Шен герз кӀанте дӀа а делла, ЯхӀунатас цуьнга элира: «Вало, гӀала дӀахьо иза».

41 КӀант дӀавахара. Азал-тӀулгана къилбехьара йолчу агӀорхьара хьала а гӀаьттина, ЯхӀунатина хьалха гора а хӀоьттина, лаьтта кхаччалц кхузза охьатаьӀира Дауд. Вовшашна обанаш а йохуш, воьлхуш вара и шиъ, амма Дауд вукхул чӀогӀа воьлхура. 42 ЯхӀунатас Дауде элира: «Марша гӀойла хьо. Вайшиммо Везачу Элана хьалха вовшашна чӀагӀо йинера. Веза Эла хьуна а, суна а юкъахь, иштта хьан тӀаьхьенна а, сан тӀаьхьенна а юкъахь гуттаренна а Теш ву». 43 Хьала а гӀаьттина, Дауд дӀавахара, ткъа ЯхӀуната гӀала юхавирзира.

21

Даудан вадар

1- 21:1-6 Маттай 12:3, 4; Марк 2:25, 26; Лака 6:3. Нуб-гӀалара динан да волу Ахьи-Малик волчу кхечира Дауд. Иза шена гича, Ахьи-Малика цецваларца цуьнга хаьттира: «Хьо-хьо хӀунда ву? Хьоьца цхьа а хӀунда вац?»

2 Дауда цуьнга элира: «Паччахьо цхьа гӀуллакх тӀедиллина суна. Цо соьга элира: „Цхьанна а ма хаийта хьо хӀунда вахийтина ву а, аса хьайна тӀедиллинарг а“. Ткъа сайн накъосташца аса барт бина, оха билгалъяьккхинчу меттехь вовшахкхетар ду аьлла. 3 Ткъа хӀинца ахьа суна пхи бепиг я хьайн куьйга кӀелахь йолу яа хӀума яла еза».

4 Динан дас Дауде элира: «Дац сан хьуна дала бепиг, деза бепиг бен. Хьан накъостий тӀаьхьарчу хенахь зударех кхетаза белахь, иза дӀахьо».

5 Дауда динан дега элира: «Зударий тхоьца ца хилла. ХӀоразза а со сайн накъосташца араволучу хенахь, оха Далла хьалха цӀеналла лар а йо, тхайна тӀедиллинарг кхочуш ца дойту хӀума а ца до. Иштта тахана а оха леррина Далла хьалха цӀеналла ларйина, тхаьшна тӀедиллинарг кхочушдархьама».

6- 21:6 Ӏамалъяр 24:5-9. Динан дас шен кхин бепиг доцу дела, цунна деза бепиг делира. Иза Делан цӀа чуьра Везачу Элана хьалха охьадиллина долу бепиг дара. Цу дийнахь цуьнан метта керла бепиг охьадиллина хилла. 7 Цу дийнахь кхузахь Везачу Элана хьалха нисвеллера Шаулан ялхойх волу ДуагӀа цӀе йолу эдомхо. Иза Шаулан жаӀушна тӀехӀоттийна вара. 8 Дауда Ахьи-Малике элира: «ТӀекхочехь гоьмукъ я тур дац хьан? Паччахьо сайна тӀедиллинарг дукха сиха кхочушдан дезаш а хилла, аса сайца я тур а, я кхин йолу хӀума а схьа ца эцна».

9- 21:9 Шамъал 17:51. Динан дас элира: «Ахьа Эла-тогӀи чохь вийна пӀелаштамхо волчу ГӀолиатан хӀара тур ду хьуна. Езачу ийпадна тӀехьа бедаршна юккъе а хьарчийна Ӏуьллуш ду иза. Хьайна лаахь, иза схьаэца. Кхин хӀумма а яц кху чохь».

Дауда элира: «И санна дерг кхин хир а дац. Схьало иза соьга».

10 Цу дийнахь Дауд Шаулах ведда дӀавахара. Иза Гати-гӀалара паччахь Ахаш волчу вахара. 11- 21:11 Шамъал 18:7; 29:5. Ахашан ялхоша цуьнга хаьттира: «Исраилан махкара паччахь-м вац иза? Халхарш дечу хенахь цунна лоькхуш-м яц те и эшарш: „Шаула эзарнаш байина, ткъа Дауда – итт эзарнаш“, – бохуш?»

12- 21:12 Забур 55:1. И дешнаш Даудан дагахь кхийтира. Цундела иза Гати-гӀалин паччахьах Ахашах кхоьрура. 13- 21:13 Забур 33:1. Иза, паччахьна а, цуьнан ялхошна а хьалха ша хьераваьлла моттуьйтуш, волавелира. Цо неӀарш тӀехь яздора, шен можана тӀехула шеташ охьаоьхуьйтура. 14 ТӀаккха Ахаша шен ялхошка элира: «Хьажал цуьнга. И стаг хьераваьлла ву. ХӀунда валийна аша иза со волчу? 15 Я сан хьерабевлларш кӀезиг бу, суна хьалха дастама хӀуманаш цуьнга леладайттал? Сан цӀа чу-м вер ма хир вац иза?»

22

Динан дай байар

1- 22:1 Забур 56:1; Забур 141:1. Цигара ведда, Дауд Ӏадуламарчу хьеха чу вахара. Иза шайна хезча, цуьнан вежарий а, цуьнан цӀийнан нах а хӀара волчу баьхкира. 2 Дауд волчу схьагулбелира гӀело йинарш а, декхарийла бахнарш а, дуьненах дог диллинарш а. Дауд царна тӀехь хьаькам хилла дӀахӀоьттира, хӀинца кхуьнца виъ бӀе гергга стаг вара.

3 Цигара ваьлла, Дауд Муабин МицӀпа-гӀала вахара. Цо муабахойн паччахье элира: «Сан дай-наний хьо волчохь дитахьара ахьа, Дала сайна хӀун до суна хаъалц». 4 Уьш, муабахойн паччахь волчу схьа а балийна, цигахь битира Дауда. Иза шен чӀагӀйина меттиг йолчохь мел Ӏа, цуьнан дай, наний цигахь Ӏийра.

5 Амма пайхамар волчу Гадас Дауде элира: «Хьо хӀара лочкъийла йолчохь ма Ӏе. Вало, ЯхӀудан махка дӀагӀо». Цигара дӀа а ваьлла, Дауд дӀавахара. Иза Хьарат олуш йолчу хьуьнах кхечира.

6 Шаулна хезира, Дауд а, цуьнца болу нах а гучубевлла аьлла. Иза цу хенахь ГебаӀ-гӀалахь цхьана лам тӀехь тамариск цӀе йолу дитта кӀелахь Ӏаш вара. Шаулан карахь гоьмукъ бара, цунна гонахьа бевлла цуьнан накъостий а бара. 7 Шаула шена гонахьа болчу шен ялхошка элира: «ЛадогӀа соьга, бен-яманхой. Оцу Юшайн кӀанта шуна массарна а кемсийн а, ялтийн а аренаш лур ю моьтту шуна, я эзарнаш а, бӀенаш а карахь а болуш шу хьаькамаш бина дӀахӀиттор ду моьтту шуна? 8 Шу массо а суна дуьхьал хӀунда девлла? Шух цхьаммо а, соьга схьа хӀунда ца аьлла, сан кӀант Юшайн кӀантаца гергарло лело барт бина лелаш ву аьлла? Шух цхьаммо а сох къинхетам а бина, соьга схьа ма ца аьлла, сан лай волу Юшайн кӀант, хӀинца ма-хиллара, со вен бахьана лоьхуш вуйла а, сан кӀанта иза суна дуьхьал ваьккхина хилар а».

9- 22:9, 10 Шамъал 21:7-9; Забур 51:1. Шаулан гонах болчарна юкъахь лаьтташ волчу эдомхочо ДуагӀа элира: «Суна Нуб-гӀалахь гира Ахьтубин кӀант Ахьи-Малик волчу веана волу Юшайн кӀант. 10 Ахьи-Малика иза Везачу Эле вийхира, цунна яа хӀума а, пӀелаштамхо волчу ГӀолиатан тур а дӀаделира».

11 Паччахьо Ахьтубин кӀанте Ахьи-Малике кхайкха бахийтира, иштта Нуб-гӀалара церан цӀийнах мел волу динан да а схьакхайкхира. Уьш шаберш а паччахь волчу схьабаьхкира. 12 Шаула элира: «ЛадогӀал соьга, Ахьтубин кӀант».

Вукхо жоп делира: «ЛадугӀуш ву, сан эла».

13 Шаула элира: «Хьой, Юшайн кӀанттий барт а бина, суна дуьхьал стенна ваьлла? Иза Деле веха а воьхуш, цунна бепиггий, туррий хӀунда делла ахьа? Ахьа иза суна дуьхьал хӀунда ваьккхина, тахана гуш ма-хиллара, цуьнга суна кӀело яйта?»

14 Ахьи-Малика, паччахье жоп луш, элира: «Мила ву хьан хьаькамашна юкъахь Дауд санна хьуна тешаме верг? Иза паччахьан нуц а ву, ахьа тӀедиллинарг кхочушдеш верг а ву, хьан цӀийнах болчара лоруш а ву. 15 ХӀинца бен ца волавелла со иза Деле веха? Цу тӀехь сох а, сан цӀийнах болчарах а бехк ма баккхахьара ахьа, хӀунда аьлча цу доллучу хӀуманах хьан лай волчу суна хӀумма а ца хаьа».

16 Паччахьо элира: «Ахьи-Малик, хьо вала веза. Хьо а, хьан массо а гергарнаш а!» 17 Шена уллохь лаьтташ болчу гӀаролхошка паччахьо элира: «Дуьйло, Везачу Элан динан дай байа. Уьш Даудаца бу. Иза веддийла шайна хуъушехь, цара соьга хаам ца бина». Амма паччахьан гонах болчарна ца лиира Везачу Элан динан дайшна тӀе куьг дахьа. 18 ТӀаккха паччахьо ДуагӀе элира: «Ваха а гӀой, и динан дай байа». Эдомхо волчу ДуагӀа, ваха а вахана, динан дай байира. Цу дийнахь цо везткъе пхиъ еза ийпад лелош волу стаг вийра. 19 Динан дай Ӏийна йолчу Нуб-гӀалара адам а хӀаллакдира цо+ 22:19 *Цо *– я иштта: *Шаула.* шен туьраца. Царна юкъахь зударий, божарий, кӀегий нах а, бераш а дайира цо. Стерчий, варраш, уьстагӀий дайина дӀадехира, тур детташ.

20 Царна юкъара, Ахьтубин кӀентан Ахьи-Маликан кӀант волу Абу-ЯтӀари бен, цхьа а кӀелхьара ца велира. Иза, ведда, Дауд волчу дӀавахара. 21 Абу-ЯтӀарис Дауде дӀадийцира Шаула Везачу Элан динан дай байина хиларх лаьцна. 22 Дауда Абу-ЯтӀарига элира: «Цу дийнахь суна цигахь эдомхо волу ДуагӀ гира. Суна хаьара, цо Шауле мотт тухур буйла. Со ву хьан ден доьзал байина хиларна бехке. 23 Со волчохь саца, кхера а ца кхоьруш. Хьо вен гӀерташ волчунна со вен а луур ду, цундела со хьуна Ӏуналла деш хир ву».

23

Дауда КъаӀила-гӀала кӀелхьарйоккху

1 Дауде хаам бира: «ПӀелаштамхой, КъаӀила-гӀалина тӀе а летта, хьаьттаршкара ялта лечкъош бу», – аьлла. 2 Дауда Везачу Эле хаттар дира: «Со цига ваха везий те? Эшалур буй те соьга и пӀелаштамхой?» – аьлла.

Везачу Эло цуьнга жоп делира: «ГӀо, пӀелаштамхой хьоьга эшалур бу, КъаӀила-гӀала ахьа кӀелхьар а йоккхур ю».

3 Амма Даудаца болчара элира: «Кхузахь, ЯхӀуд-махкахь а, кхоьруш ду вай. КъаӀила-гӀала а дахана, вай пӀелаштамхойн эскарна дуьхьалхӀиттича, кхин а кхераме хир ма ду!» 4 ТӀаккха Дауд юха а Везачу Элах дагавелира. Цо Дауде элира: «Хьала а гӀаттий, КъаӀила-гӀала дӀагӀо. Аса пӀелаштамхой хьан кара дӀалур бу». 5 Шеца болчаьрца цхьаьна Дауд КъаӀила-гӀала вахара, цо пӀелаштамхошца тӀом а болийра, церан даьхни лаьхкина дӀа а дигира, уьш эша а бира. Иштта Дауда КъаӀила-гӀалара болу бахархой пӀелаштамхойн баланах кӀелхьарбехира.

6 Ахьи-Маликан кӀант Абу-ЯтӀари, ведда, Дауд волчу схьавогӀучу хенахь, цо шеца еза ийпад а схьаеанера.

7 Дауд КъаӀила-гӀалахь ву аьлла, Шауле хаам бича, цо элира: «Дала сан кара схьавелла иза. Цо ша-шена бохам баьккхина, гӀорашца къовлуш долчу кевнашца чӀагӀйина йолчу гӀали чу а вахана». 8 Шен берриг а эскархой тӀаме кхайкхира Шаула, КъаӀила-гӀалина го а бина, Дауд а, цуьнца берш а дӀалаца дагахь. 9 Шена дуьхьал Шаул зуламе долу хӀума лело воллий хиъча, Дауда динан да волчу Абу-ЯтӀарига элира: «Схьая и ийпад». 10 Цул тӀаьхьа Дауда элира: «Исраилан халкъан Веза Дела! Хьан лена хезна, Шаул, КъаӀила-гӀала а веана, со бахьана долуш и гӀала хӀаллакьян гӀерта аьлла. 11 КъаӀила-гӀаларчу бахархоша со Шаулан кара дӀалур вуй теша? ВогӀур вуй теша кхуза Шаул, Хьан лай волчунна ма-хаззара? Исраилан халкъан Веза Дела! Жоп лохьа Хьан лай волчунна».

Везачу Эло жоп делира: «ВогӀур ву».

12 Дауда хаттар дира: «КъаӀила-гӀаларчу бахархоша со а, соьца болу нах а Шаулан кара дӀалур буй?»

Везачу Эло элира: «ДӀалур бу».

13 ТӀаккха Дауд а, цуьнца хилла волу ялх бӀе стаг а, КъаӀила-гӀалара ара а ваьлла, маьӀ-маьӀӀехула лийлира. Шауле хабар кхечира, Дауд КъаӀила-гӀалара ведда дӀавахна аьлла. ТӀаккха иза, ша болийна некъ ца беш, сецира.

Дауд Зип цӀе йолчу яьссачу арахь

14 Зип цӀе йолчу яьссачу арахь йолчу чӀагӀйинчу меттигашкахула а, лаьмнашкахула а лелаш вара Дауд. Шаул иза хӀора дийнахь лохуш вара, амма Дала цуьнан кара ца вохуьйтура Дауд. 15 Даудана гуш дара, Шаул ша вен араваьлла хилар. Цу хенахь Дауд Зип олучу яьссачу арахь йолчу Хьорша цӀе йолчу меттехь вара. 16 Иза волчу веара Шаулан кӀант ЯхӀуната. Цо Дауд иракарахӀоттийра, Делах тешарца чӀагӀло аьлла. 17 Цо элира: «Ма кхера. Сан ден Шаулан куьг хьуна тӀекхочур дац. Исраилан махкахь паччахь хир ву хьо, ткъа со хьуна уллохь шолгӀа меттиг дӀалаьцна хир ву. Сан дена Шаулна иза хууш ду». 18- 23:18 Шамъал 18:3. Цу шиммо Везачу Элана хьалха барт бира. Дауд Хьорша олучу меттехь висира, ткъа ЯхӀуната шен цӀа вахара. 19- 23:19 Забур 53:1. Шаул волчу ГебаӀ-гӀала баьхкира зипахой. Цара элира: «Дауд тхо долчохь чӀагӀйинчу меттигашкахь: Хьорша олучу меттехь а, Яшимунна къилбехьа Ӏуьллуш болчу Хьахила-барза тӀехь а дӀалечкъаш лелаш ву. 20 Хьайн даго билгалъяьккхинчу хенахь дӀавола, ткъа тхуна тӀехь иза хьан кара дӀавалар ду».

21 Шаула цаьрга элира: «Декъалдина ду шу Везачу Эло, аша сох къинхетам бина дела. 22 Даха а гӀой, иза билггала мичахь ву хьовса. Цунах лаьцна мел дерг а суна схьада, иза мичахь ву а хьовса, хьанна гина а хьовса. Соьга дийцина, иза чӀогӀа хӀилла долуш ву аьлла. 23 Иза мичахь хуьлу, мичахь дӀалечкъа дикка хьовса. Цунах билггала бакъдерг дахьаш схьадуьйла. ТӀаккха со а вогӀур ву шуьца. Иза кху лаьтта тӀехь велахь, аса лохур ву, массо а ЯхӀуд-махкахь болчу доьзалшна юкъахь лаха везахь а».

24 Уьш Шаулал хьалха Зипе дӀакхечира. Ткъа Дауд шеца болчу нахаца МаӀун олучу яьссачу аренгахь вара. И аре Яшимунара дӀа къилбехьа, Ӏариба-тогӀенахь, Ӏуьллуш яра. 25 Шаул шеца болчу нахаца цхьаьна иза лаха вахара. Амма Дауде хаам бинера цунах лаьцна, цундела иза аренгахь лаьтташ йолчу тарх тӀе а вахана, МаӀун-аренгахь сецира. Иза шена хиъча, Шаул Даудана тӀаьхьа МаӀун-аренга вахара. 26 Шаул ломан цхьана агӀонгахула дӀавоьдуш вара, ткъа Дауд шен накъосташца вукху агӀор вара. Дауд сихвелла Шаулах къаьхкина воьдуш вара, ткъа Шаул шеца болчаьрца, ломана го баккхале хьалха, уьш схьалаца воьдуш вара. 27 Эццахь Шаул волчу геланча кхечира, иштта хаам бахьаш: «Сихха схьавола! ПӀелаштамхой вайн махкана тӀелетта!» 28 И хаам шега схьакхаьчначул тӀаьхьа, Шаул пӀелаштамхошна дуьхьал вахара, Даудана тӀаьхьаваьллачуьра дӀа а ваьлла. И меттиг цундела, СилаӀ-ХӀамахьлекхут аьлла, цӀе тиллина ю (иза «декъаран тарх» бохург ду).

24

Дауда Шаул дийна вуьту

1 Цигара ша дӀавахча, Дауд, Ӏейн-ГӀади йолчу а вахана, цигахь йолчу чӀагӀйинчу меттигашкахь зама йоккхуш вара. 2 Шаул пӀелаштамхой болчуьра юхавирзича, цуьнга хаам бира: «Дауд Ӏейн-ГӀади олучу яьссачу аренгахь ву», – аьлла. 3 Иза, массо а ЯхӀуд-махкара схьагулвина волу кхо эзар тоьлла боьрша стаг шеца а волуш, ДаудгӀар лаха вахара. Иза «масарийн тархаш» цӀе йолчу меттигна уллохь дара. 4- 24:4 Забур 56:1; Забур 141:1. Уьш некъан йистехь лаьтташ йолчу уьстагӀий чулохкучу керта кхечира. Цигахь гена йоццуш хьех яра. Шаул шен гӀуллакх дан цу хьеха чу вахара. Ткъа Дауд а, цуьнца берш а геннахь цу хьеха чохь Ӏаш бара. 5 Даудаца болчара цуьнга элира: «ХӀара ду хьуна Везачу Эло хьоьга дийцина долу де: „Аса хьан мостагӀа хьан кара дӀалур ву. Хьайна луъург де цунах“». Дауда, хьала а гӀаьттина, Шаулан тӀехула юхучу бедарх кийсак схьахадийра. 6 Ша и хӀума дар бахьана долуш дага чу лазам боьссира Даудана. 7- 24:7 Шамъал 26:11. Цо шеца болчаьрга элира: «Везачу Эло доьхкийла суна Ша къобалвина волчу сан олахочунна тӀе куьг дахьар, хӀунда аьлча иза Везачу Эло къобалвинарг ву». 8 Цу дешнашца цо шеца берш сацийра, Шаулна тӀе куьг ца кховдадойтуш.

Ткъа Шаул, хьала а гӀаьттина, хьеха чуьра ара а ваьлла, некъа тӀе велира. 9 Дауд а хьалагӀаьттира. Хьеха чуьра ара а ваьлла, цо Шаулна тӀаьхьа мохь туьйхира: «Сан паччахь волу олахо!» – аьлла. Шаул юхахьаьжча, Дауд, цунна лаьтта кхаччалц охьа а таьӀна, гора хӀоьттира. 10 Дауда Шауле элира: «„Дауд хьуна зулам дан гӀерташ ву“ – бохуш, хьайга мотт беттачу нахе ла хӀунда дугӀу ахьа? 11 Тахана хьан бӀаьргашна гуш ма ду, эццахь йолчу хьеха чохь Везачу Эло хьо сан кара схьавелла хилар. Соьга, хьо ве бохуш, хьехарш деш берш а бара хьуна. Амма аса, хьох къинхетам беш, элира: „Аса сайн олахочунна тӀе куьг хьур дац, хӀунда аьлча иза Везачу Эло къобалвинарг ву“. 12 Сан да! Сан карахь йолчу хьайн бедаран кийсаке хьажахьа, аса схьахадийна йолчу. И аьтто сайна баьлла боллушехь, аса хьо ца вийра. ХӀинца мукъана а хаахьара хьуна сан дага чохь хьо бахьана долуш я вон хӀума а, я ямартло а йоцийла. Аса хьо бахьана долуш къа ца латийна, ткъа хьо сан синна тӀаьхьаваьлла ву, иза дӀадаккха лууш. 13 Везачу Эло къастайойла вайшиннан юкъаметтиг. Дала бекхам бойла хьуна со бахьана долуш. Амма сан куьг-м хьакхалур дац хьох. 14 Хьалхалерчу заманчохь ма-аллара: „Зулам зуламечу нахера бен ца долу“. Аса хьуна тӀе куьг хьур дац. 15- 24:15 Шамъал 26:20. Хьанна дуьхьалваьлла Исраилан паччахь? Хьанна тӀаьхьаваьлла лелаш ву хьо? Деллачу жӀаьлина тӀаьхьаваьлла, цхьана сагална тӀаьхьаваьлла? 16 Везачу Эло Шен кхелаца нийсо йойла вайшинна юкъахь. Цо, Ша тӀе а хьаьжна, сан гӀуллакх къастор ду, со хьан куьйга кӀелхьара схьа а воккхуш».

17 Дауд и дешнаш дӀааьлла ваьллачул тӀаьхьа, Шаула цуьнга элира: «Хьан аз дуй иза, сан кӀант Дауд?» Цул тӀаьхьа Шаул мохь туххуш велха волавелира. 18 Цо Дауде элира: «Хьо сол бакъ ву, хӀунда аьлча хьо суна дика деш схьавеана, ткъа аса хьуна вонаш дина. 19 Тахана ахьа иза гайти. Везачу Эло со хьайн кара дӀавелла воллушехь, сох къинхетам а бина, ахьа со вен ца вийра. 20 Хьан вохуьйтур вара шен мостагӀа, шена каравеача, маьршачу новкъахула дӀа? Везачу Элера ял хир ю хьуна ахьа тахана сан дуьхьа динарг бахьана долуш. 21 Суна хӀинца хаьа паччахьалла хьоьгахь хир дуйла а, Исраилан пачхьалкх хьан карахь чӀагӀъелла дӀахӀуттур юйла а. 22 Ткъа хӀинца Везачу Элан цӀарах дуй баа беза ахьа суна, со веллачул тӀаьхьа сан хӀу айхьа хӀаллакдийр дац аьлла а, сан ден доьзалан цӀе йовр яц аьлла а». 23 Дауда Шаулна и чӀагӀо йира.

Шаул шен цӀа вахара, ткъа Дауд шеца болчаьрца шаьш чӀагӀйинчу меттиге хьалавелира.

25

Дауддий, АбигӀаллий

1 Шамъал кхелхира. Массо а исраилхо иза дӀаверзо схьагулвелира. Белхаршца, чӀогӀа халахетарца иза шен цӀахь, Рамехь, дӀавоьллира цара.

Дауд, хьала а гӀаьттина, лам тӀера Паран олучу яьссачу аренга охьавоьссира. 2 МаӀунахь Ӏаш чӀогӀа вехаш волу цхьа стаг вара. Цуьнан хӀусамех цхьаъ Кармал-юьртахь яра. Цу стеган долахь кхо эзар уьстаггӀий, цхьа эзар газий яра. Иза Кармал-юьртахь шен жа лоргучохь вара. 3 Цу стеган цӀе Набал яра, цуьнан зудчун цӀе АбигӀал яра. ЧӀогӀа хьекъал долуш а, юьхь тӀера хаза а яра и зуда, ткъа и стаг чӀогӀа къиза а, дера а вара. Иза ша Килабан тӀаьхьенах вара. 4 Цу яьссачу аренгахь Даудана хезира, Набал шен уьстагӀий лоргуш ву аьлла. 5 Дауда итт жима стаг вахийтира, царна тӀе а дуьллуш: «Кармал-юьрта чу а довлий, Набал волчу а гӀой, сан цӀарах салам-маршалла дӀало цуьнга. 6 Набале иштта ала: „Маьрша хуьлда хьо, маьрша хуьлда хьан мел долу хӀума а. 7 Суна дукха хан йоццуш хезнера, хьо волчохь уьстагӀий лоргуш ду аьлла. Тхоьца болу хьан жаӀуй оха охьа а ца теӀийнера, церан цхьа а хӀума ян а ца яйнера, уьш тхоьца Кармал-юьрта уллохь болчу хенахь. 8 Хьайн ялхошка хатта мегар ду хьуна иза, цара эр ду хьоьга цунах лаьцна бакъдерг. Хьо а хилахьара къинхетаме аса дӀабахкийтинчу кегийчу нахаца: тхо той хӀотточу дийнахь даьхкина хьуна. Хьайн куьйгана карош ерг лохьа хьайн лешна а, хьайн кӀант волчу Даудана а“».

9 Дауда бахийтинчара Набале и къамел Даудан цӀарах дӀадира, тӀаккха уьш тап-аьлла дӀатийра. 10 Амма Набала Даудан ялхошка реза воцуш жоп делира: «Дауд мила ву? Мила ву Юшайн кӀант? ТӀаьхьарчу хенахь дукха лай бевлла, шайн олахойх уьдуш болу. 11 УьстагӀий лоргуш болчарна аса кечдина долу бепиг а, хи а, жижиг а дӀадала деза те аса сайна мичара бевлла а ца хууш болчу нахана?!»

12 Дауда бахийтина болчара, шаьш дӀабаханчу новкъахула юха а баьхкина, шайна хезна долу дешнаш Дауде дӀадийцира. 13 ТӀаккха Дауда шен нахе элира: «ХӀораммо а шен юкъах тур дӀадехка». Массара а шайн юкъах герз дихкира. Дауда а дӀадихкира шен юкъах тур. Виъ бӀе стаг Даудана тӀаьхьахӀоьттира, ткъа ши бӀе стаг шаьш схьаеана йолчу хӀуманашна уллохь сецира.

14 Набалан зудчуьнга АбигӀале церан цхьана ялхочо хаам беш элира: «Дауда яьссачу аренгара шен векалш бахкийтинера вайн олахочуьнга маршалла хоттуш, амма цо уьш, чӀогӀа юьхь йоцуш вист а хилла, дӀабахийти. 15 И нах тхоьца чӀогӀа дика бара, цара тхо хьийза а ца дора. Уьш тхуна уллохь арахь болчу хенахь тхан цхьа а хӀума а ца яйнера. 16 Оха царна уллохь даьхни дажочу хенахь уьш, тхо лар а деш, Ӏалаш а деш, гобаьккхина болу пен санна лаьттара. 17 Ойла а яй, хьажа вай хӀун дан деза, хӀунда аьлча вайн олахо а, цуьнан дерриг цӀа а кхерамехь ду. Амма иза чӀогӀа вон стаг ву, цуьнга цхьа а вистхила ца ваххьал».

18 ТӀаккха АбигӀала катоьхна ши бӀе бепиг а, чохь чагӀар долу ши пӀаьлдиг а, кечбина болу пхи уьстагӀ а, пхи сахь кхерзина кӀен буьртигаш а, бӀе курс кишмаш а, Ӏаьвдина инжирийн ши бӀе курс а схьа а эцна, сихонца уьш варрашна тӀеехкира. 19 Цо шен ялхошка элира: «Суна хьалха а довлий, дӀагӀо, со тӀаьхьа йогӀур ю шуна». Набале цо хӀумма а ца элира.

20 АбигӀал, вир тӀе а хиъна, ломарчу тача-некъахула охьайогӀуш, некъ дӀабоьрзучу меттехь цунна дуьхьалкхийтира Дауд а, цуьнца болу нах а. 21 Цул хьалха Дауда аьллера: «Аса яьссачу аренгахь эрна лардина хилла цу стеган хьал, цунна тӀера цхьа а хӀума гал а ца долуьйтуш. Диканна дуьхьал вон доккху цо. 22 Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таӀзар дойла сан мостагӀашна+ 25:22 *Сан мостагӀашна *– Грекийн гочдар тӀехь: *суна.*, кханалера Ӏуьйре тӀекхачале, аса Набалан цӀентӀера цхьа а боьрша стаг дийна витахь».

23 Дауд шена гича, АбигӀал, сихха вирана тӀера охьа а йоьссина, Даудана хьалха гора юьйжира, лаьтта кхаччалц шен корта охьа а таӀош. 24 Цуьнан когаш хьалха охьа а йоьжна, цо элира: «Сан эла, бехк суна тӀехь хуьлийла! Хьан лай ерг хьайга йистхилийтахьара ахьа, соьга ла а догӀахьара. 25 Сан олахо, Набал боху и вон стаг, тергал а ца веш, витахьара ахьа. Шен цӀе иштта хиларе терра – ша а ма ву иза. Цуьнан цӀе, Набал, „Ӏовдал“ бохучух терра ю, ткъа, бакъдерг аьлча, и Ӏовдалалла цуьнца ю. Ткъа хьан лай йолчу суна ахьа бахкийтина болу хьан ялхой ца гина. 26 Ткъа хӀинца, сан олахо, дийна волчу Везачу Элах а, хьох а чӀагӀо йо ас, Везачу Эло хьоьга цӀий Ӏана ца дайтина а, бекхам ца байтина а хиларна, хьан мостагӀий а, хьуна дуьхьал мостагӀалла лелош берш а Набал санна хилла дӀахӀуьттийла! 27 ХӀара совгӀаташ хьан лай йолчу аса сайн олахочунна деана ду, цунна гӀуллакх деш лелаш болчу кегийчу нахана дӀадала. 28 Хьан лай йолчу суна къинтӀера валахьара хьо. Везачу Эло сан олахочун тӀаьхье билггал чӀагӀйина дӀахӀоттор ю, хӀунда аьлча Везачу Элан тӀемаш схьабахьаш вогӀуш ву сан олахо. Хьо мел веха зуламе дерг ца даьлла хьох. 29 Нагахь санна хьо вен дагахь хьуна цхьаъ дуьхьалвалахь, сан олахочун са хьан Везачу Делан дахаран шедан юккъехь дӀадихкина хир ду, ткъа хьан мостагӀийн са Цо, ширдолагца кхоьссича санна, дӀакхуссур ду. 30 Веза Эла Ша лерина долу массо а дика сан олахочунна дина ваьлча, Цо иза Исраилан халкъана тӀе баьчча вина дӀахӀоттор ву. 31 Ша бехк боцучеран цӀий Ӏанийна аьлла а, иштта бекхам ца беш, кӀелхьарваьлла аьлла а, чов хир яц сан олахочун дага тӀехь. Везачу Эло сан олахочунна дика дича, хьан лай ерг хьуна дагайогӀийла».

32 Дауда АбигӀале элира: «Хастам бу Исраилан халкъан Везачу Далла, хьо хӀинца суна дуьхьал яийтина волчу! 33 Декъала хуьлда хьан хьекъал а, хьо-хьуо а, бекхам беш соьга эрна цӀий ца Ӏанадайтина йолу. 34 Амма дийна волчу а, соьга хьуна зулам ца дайтина волчу а Исраилан халкъан Везачу Делах чӀагӀо йо ас, тахана хьо сихъелла суна дуьхьал еана ца хиллехь, Набалан цӀийнах волу цхьа а боьрша стаг кханалерчу Ӏуьйренга ваьлла хир ма вацара». 35 Дауда цуьнан карара цо еана йолу хӀуманаш схьаийцира. Цо элира: «Маьрша хьайн цӀа дӀагӀо. Хьоьга ла а доьгӀна, аса хьан юьхь ларйина».

36 АбигӀал Набал волчу схьаеара. Ткъа кхеран цӀахь доккха той дара. Набалан дог сакъералуш дара, иза чӀогӀа вехна а вара. Ӏуьйре тӀекхаччалц, доца а, деха а цхьа дош ца элира АбигӀала Набале. 37 Ӏуьйранна, Набал метта веанчу хенахь, зудчо дерриге а дӀадийцира цуьнга. Дог чӀогӀа тохаделла, иза, тӀулг санна, чӀагӀвелла дӀахӀоьттира. 38 Итт де даьлча, Везачу Эло туьйхира Набална, иза велира.

39 Даудана, Набал велла аьлла, дӀахезира. Цо элира: «Хастам бу Везачу Элана, со юьхьӀаьржачу хӀотто гӀиртина волчу Набална таӀзар дина волчу а, вон ца дойтуш, Шен лай кӀелхьарваьккхина волчу а Везачу Эло Набалан зулам цуьнан шен коьрта тӀе дерзийна».

АбигӀале, иза шена маре дӀаюьгу ша аьлла, дӀаала бахийтира цо. 40 Даудан ялхоша, АбигӀал йолчу Кармала а баьхкина, цуьнга элира: «Дауда дахкийтина тхо хьо шена маре дӀайига».

41 Цо, хьала а гӀаьттина, корта лаьтта кхаччалц охьа а таӀийна, элира: «Хьан лай кийча ю шен элан ялхойн когаш била а». 42 АбигӀал, сихонца кеч а елла, вирана тӀехиира. Цунна тӀаьхьахӀоьттина пхи ялхо яра. Дауда бахкийтинчаьрца дӀа а яхана, цуьнан зуда хилла дӀахӀоьттира иза.

43 ИзраӀал-юьртара АхьнуӀмат а дӀайигира Дауда. Цу шиннах цуьнан зударий хилира. 44- 25:44 Дауд 3:14-16. Ткъа Шаула Даудан зуда йолу шен йоӀ Михула Галламерчу Лайшин кӀант волчу Палтиале дӀаелла хилла.

26

Дауда юха а къинхетам бо Шаулах

1- 26:1 Забур 53:1. Зипахоша, Шаул волчу ГебаӀе а баьхкина, элира: «Дауд тхо долчохь, Яшимунан дозанна уллохь болчу Хьахила-барза тӀехь, къайлаваьлла лелаш ву». 2 Шаул, хьала а гӀаьттина, Зип олучу яьссачу аренга охьавеара. Цуьнца цхьаьна исраилхошна юкъара тоьлла волу кхо эзар тӀемало а вара. Уьш Зипахь Дауд лаха арабевллера. 3 Шаул Яшимунан дозанна уллохь болчу Хьахила-барза тӀехь сецира, некъана генахь воццуш. Ткъа цу арахь Ӏаш волчу Даудана гуш дара, Шаул шена тӀаьхьавеана хилар. 4 Дауда, цига шен тергамча а вахийтина, ладоьгӀча, цунна хиира и веанарг билггал Шаул вуйла. 5 Хьала а гӀаьттина, Шаул шен эскарца сецначу метте вахара Дауд. Цунна гира Шаул а, цуьнан эскаран хьаькам волу Неран кӀант Абунар а вижина Ӏуьллуш йолу меттиг. Шаул четар чохь вижина Ӏуьллуш вара, ткъа цуьнца долу адам цу четарна гонах шайн четарш чохь дара.

6 Дауда хьетахо волчу Ахьи-Малике а, Йоабан ваша волчу Царуятан кӀанте Абушайга а элира: «Мила вогӀу соьца Шаулан меттаматте

Абушайс элира: «Со вогӀур ву хьоьца».

7 Дауд Абушайца цхьаьна буьйсанна уьш болчу вахара. Царна гира четар кӀелахь вижина Ӏуьллуш волу Шаул. Цуьнан гоьмукъ гӀовланна уллохь лаьттах боьллина бара. Абунар а, вуьш а гонах бийшина Ӏохкуш бара. 8 Абушайс Дауде элира: «Дала хьан мостагӀа хьан кара схьавелла. Соьга иза, цкъа гоьмукъ тоьхна, лаьттах дӀалатавайтахьа. Аса цунна шолгӀа тухур яц хьуна».

9 Амма Дауда Абушайга элира: «Ма ве иза. Мила висина Везачу Эло къобалвинчунна тӀе куьг даьхьнарг бекхам ца хуьлуш? 10 Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас, Цо Ша цунна бекхам бийр бу. Иза лийр волу де тӀекхочур ду, я, тӀам тӀе а вахана, цигахь лийр ву иза. 11 Ткъа Везачу Эло суна доьхкийла Ша къобалвинчунна тӀе куьг дахьар. Схьаэца цуьнан гӀовлангахь болу гоьмукъ а, чохь хи долу кхаба а, вай хиллачу дӀагӀур ду вай». 12 Дауд, Шаулан гӀовлангара гоьмукъ а, цигахь чохь хи а долуш лаьттина йолу кхаба а схьа а эцна, ша хиллачу дӀавахара. Уьш кхуза баьхкинийла цхьанна а хаа а ца хиира, цхьа а сама а ца велира, хӀунда аьлча царна тӀегӀоьртинарг Везачу Элера йолу наб яра.

13 ТогӀин дехьа агӀор а ваьлла, геннахь лаьтташ болчу гунна тӀе а ваьлла, дӀахӀоьттира Дауд. Царна юкъахь йоккха меттиг яра. 14 Дауда халкъе а, Неран кӀанте Абунаре а, мохь туххуш, элира: «Жоп ло, Абунар!»

Абунара, жоп луш, элира: «Хьо мила ву, мохь а бетташ, паччахьна новкъарло ян?»

15 Дауда Абунаре элира: «Къонах вац хьо? Исраилан махкахь хьоьца нисвала мила ву? ХӀунда ца ларво ахьа паччахь волу хьайн олахо? Халкъана юкъара цхьа стаг веанера шу долчу хьан паччахь волу олахо вен. 16 Йоккха ледарло яьлла хьоьгара. Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас, Цо къобалвинарг аша лар ца варна шу дайа бен ца деза. Хьажал, мичахь бу паччахьан гӀовлангахь хилла болу гоьмукъ а, чохь хи лелош йолу цуьнан кхаба а?»

17 Шена Даудан аз девзича, Шаула элира: «Хьан аз дуй иза, сан кӀант Дауд?»

Дауда элира: «Сан аз ду, сан паччахь волу олахо».

18 Цо кхин а тӀетуьйхира: «Муьлхачу бахьанина ваьлла сан эла шен лай волчунна тӀаьхьа? ХӀун даьлла соьгара? Стенна бехке ву со? 19 ХӀинца мукъана а ладогӀахьара сан олахочо шен лай волчо бохучуьнга. Нагахь санна Везачу Эло хьан дага чу со бахьана долуш оьгӀазло кхоьллинехь, соьгара хаза хьожа йогӀу сагӀа дӀаэцахьара Цо. Амма адамаша со бахьана долуш хьан дага чохь оьгӀазло кхоьллинехь, Везачу Элана хьалха неӀалт хилла дӀахӀуьттийла уьш, хӀунда аьлча цара, со Везачу Эло суна делла долчу лаьттан декъа тӀера хьала а гӀаттийна, олуш ду: „Ваха а гӀой, хийрачу къаьмнийн деланашна Ӏамал е“, – аьлла. 20 Везачу Элана геннахь долчу лаьтта тӀе сан цӀий ма Ӏанадайтахьара ахьа. Исраилан халкъан паччахь цхьа сагал лаха араваьлла, лаьмнашкахь цхьана мошанна тӀаьхьабевлла леларш санна».

21 Шаула элира: «Къа латийна аса сайх. ЦӀа верза, сан кӀант Дауд. Аса сайгара кхин зулам доккхур дац хьуна. Тахана ахьа гайти, сан са хьуна деза хетийла. Корта боцуш долу хӀуманаш лелийна хилла аса, сайх дукха къинош а летош».

22 Дауда, жоп луш, элира: «ХӀара бу шуна паччахьан гоьмукъ. Цхьа жима стаг схьаваийта, хӀара дӀабахьа. 23 Везачу Эло нийса а, тешаме а волчу хӀораннан а аьтто бо. Везачу Эло хьо сан кара схьавеллера, амма Цо къобалвинчунна тӀе куьг дахьа ца лиира суна. 24 Тахана сан бӀаьргашна хьалха хьан дахар суна деза ма-хеттара, сан дахар а хуьлийла Везачу Элан бӀаьргашна хьалха. Со массо а бохамех Цо кӀелхьарвоккхийла!»

25 Шаула Дауде элира: «Дала декъалбойла хьан некъ, сан кӀант Дауд. Мел долу гӀуллакх кхочушдан аьтто хир бу хьан».

Дауд шен новкъа дӀавахара, ткъа Шаул шен цӀа юхавирзира.

27

Дауд пӀелаштамхой болчохь Ӏа

1 Дауда, ойла а йина, шен дагахь элира: «Мацца а со Шаулан каравахале, суна уггар а тоьлушха дерг пӀелаштамхойн лаьтта тӀе ведда дӀавахар ду. ТӀаккха Шаул со лоьхуш Исраилан махкахула суна тӀаьхьаваьлла лелачуьра соцур ву, ткъа со цуьнан куьйга кӀелхьара дӀавер ву». 2 Хьала а гӀаьттина, Дауд, шеца волу ялх бӀе стаг а эцна, Гати-гӀалахь паччахь волу МаӀухин кӀант Ахаш волчу вахара. 3 Иза шеца болчаьрца Ахаш волчу Гати-гӀалахь ваха хиира, хӀора стаг а шен-шен доьзалца. Даудаца цхьаьна цуьнан ши зуда а яра – израӀалхо йолу АхьнуӀмат а, хьалха Набалехь хилла йолу кармалхо АбигӀал а. 4 Шауле, Дауд Гати-гӀала ведда дӀавахана аьлла, хабар дӀакхечира, тӀаккха иза Дауд лоьхучуьра сецира. 5 Дауда Ахаше элира: «Хьо суна реза велахь, суна ахьа цхьана жимачу гӀалахь меттиг билгалъяьккхича, со цигахь Ӏийр вара. Хьан лай хӀунда Ӏан веза хьоьца нийсса паччахь Ӏачу гӀалахь?» 6 Ахаша цунна ЦакхелагӀ олуш йолу гӀала елира. Цундела ЦакхелагӀ таханлера де тӀекхаччалц а яхӀудхойн паччахьийн карахь йисина. 7 Цхьа шой, биъ буттий баьккхира Дауда пӀелаштамхойн махкахь.

8 Дауд, шеца болчаьрца ара а волий, гешурхошний, гирзахошний, Ӏамалекхахошний тӀелеташ хилла. (И халкъаш дукха заманара дуьйна Шур-гӀалина а, ур-атталла Мисар-махкана а тӀекхаччалц дехаш хилла.) 9 Церан бахам (уьстагӀий а, стерчий а, варраш а, эмкалш а, тӀеюху бедарш а) схьа а боккхий, Дауда я стаг а, я зуда а дийна дуьтуш ца хилла. ТӀаккха иза Ахаш волчу схьавогӀуш хилла. 10 Ахаша хоттура Дауде: «ХӀинца хьанна тӀелеттера шу?» Дауда жоп лора: «НегӀаб арахь болчу ЯхӀуд-махкана», я цо жоп лора: «Яьссачу арахь болчу ярахьмиалхошна», я: «Яьссачу арахь Ӏаш болчу кхенахошна». 11 Дауда я стаг а, я зуда а дийна ца дуьтура. Цо уьш Гати-гӀала схьа а ца балабора. Дауда ойла йора: «Цара, вайна мотт тухуш, ала мега: „ХӀара зулам Дауда дира“, – аьлла. Дауда ша пӀелаштамхойн лаьттахь мел яьккхина йолу хан иштта лелаш яьккхира». 12 ТӀаккха Ахаш Даудах тийшира. Шен дагахь цо бохура: «Иза шен Исраилан халкъана бӀаьрга ван ца веза. И бахьана долуш иза, схьахетарехь, гуттаренна а сан ялхо хир ву».

28

ПӀелаштамхой тӀамана кечлуш бу

1 Цу заманчохь пӀелаштамхоша шайн эскар кечдина хилла Исраилан халкъаца тӀом бан. Ахаша Дауде элира: «ДӀахаалахь, хьо а, хьоьца болу нах а соьца цхьаьна гӀовтта безийла».

2 Дауда Ахаше элира: «ХӀинца хуур ду хьуна хьан лай волчуьнга хӀун далур ду».

Ахаша Дауде элира: «ТӀаккха аса хьох массо а ханна сайн ларвархо вийр ву».

Шаул адамийн синош тӀедоьху зуда йолчу вахар

3- 28:3 Ӏамалъяр 20:27; Карлабаьккхинарг 18:10, 11. Шамъал кхелхинера. Дерриг а Исраилан халкъ цунна тӀаьхьа доьлхуш хиллера. Иза ша ваьхна йолчу Рамехь дӀавоьллинера. Ткъа адамийн синош тӀедоьхуршший, пал туьйсуршший шен пачхьалкхера лаьхкина дӀабахийтинера Шаула.

4 ПӀелаштамхоша, вовшах а кхетта, шайн меттамотт Шунамехь дӀахӀоттийра. Шаула а схьагулдира дерриг а Исраилан эскар. Уьш ГилбаӀ-ломахь схьагулбелла дӀахӀиттира. 5 Шена пӀелаштамхойн эскар схьагича, Шаул воьхна хьаьвзира, цуьнан дага чу кхерам буьйжира. 6- 28:6 Лелар 27:21. Цо Везачу Эле хаттарш дора, амма Иза цунна набарха а, Урим олучу безачу тӀулгаца а, пайхамаршкахула а жоп луш вацара. 7 ТӀаккха Шаула шен ялхошка элира: «Схьалаха суна деллачу адамийн синош тӀедоьху зуда, аса цуьнга хоттур ду».

Ялхоша цуьнга жоп делира: «Ӏейндар-гӀалахь Ӏаш ю адамийн синош тӀедоьху зуда».

8 Шена тӀера бедарш дӀа а яьхна, кхин бедарш тӀеюьйхира Шаула. Иза, кхин ши стаг а волуш, буьйсанна и зуда йолчу вахара. Шаула цуьнга элира: «Аса дехар до хьоьга, суна пал а тасий, аса хьайга вийцинарг со волчу схьакхайкхахьара ахьа».

9 Амма зудчо цуьнга жоп делира: «Хьуна хууш ма ду Шаула динарг. Цо пал тосуш берш а, адамийн синош тӀедоьхуш берш а махках ма баьхна. Хьо со ейта суна гур бугӀуш ву».

10 Шаула, Везачу Элах дуй бууш, элира: «Дийна волчу Везачу Элах дуй боу ас, хьуна и хӀума бахьана долуш цхьа а тайпана зулам хир ма дац».

11 ТӀаккха зудчо хаьттира: «Аса хьаьнга кхайкха хьуна?»

Цо элира: «Шамъале кхайкха».

12 Шена Шамъал гича, зудчун мохь белира. Цо Шауле элира: «Со стенна лейо ахьа? Хьо Шаул ма ву».

13 ТӀаккха паччахьо цуьнга элира: «Кхера ма ло. ХӀун го хьуна?»

Зудчо элира: «Суна лаьттара хьаладолуш цхьа жин го». 14 «Муха ду цуьнан сибат?» – хаьттира цуьнга Шаула.

Цо элира: «Лаьттара хьалаволуш, тӀехь еха бедарш а йолуш, воккха стаг ву».

ТӀаккха Шаулна хиира иза Шамъал вуйла. Шен юьхь лаьттах хьакха а йолуьйтуш, цо цунна корта туьйхира.

15 Шамъала Шауле хаьттира: «Со стенна меттахвоху ахьа? Соьга хӀунда кхойкху хьо?»

Шаула элира: «Суна чӀогӀа хала ду. ПӀелаштамхой суна дуьхьал гӀевттина тӀамца. Дала суна букъ берзийна. Цо суна я пайхамаршкахула а, я гӀенах а жоп ца ло. Цундела аса хьоьга кхойкху, айса дан дезачух дагавала».

16 Шамъала элира: «Соьга стенна до ахьа хаттарш, Веза Эла хьан мостагӀа хилла дӀахӀоьттина хилча? 17- 28:17 Шамъал 15:28. Везачу Эло соьгахула Ша дийр ду аьлларг дийр ду. Цо, хьан карара паччахьалла схьа а даьккхина, хьуна уллохь хиллачу Дауде дӀаделла. 18- 28:18 Шамъал 15:3-9. Везачу Эло бохучуьнга ахьа ла ца дуьйгӀира. Ӏамалекхахошна чӀогӀа оьгӀаз а вахана, Цуьнан омра кхочуш ца динера ахь, цундела тахана Везачу Эло хьуна иза до. 19 Везачу Эло пӀелаштамхошка Исраилан халкъана тӀехь толам боккхуьйтур бу. Кхана хьо а, хьан кӀентий а соьца хир бу. Исраилхойн эскар кхана пӀелаштамхойн карахь хир ду».

20 ТӀаккха Шаул, цӀеххьана вахвелла, охьавуьйжира. Иза чӀогӀа кхеравелира Шамъала шега аьллачу дешнех. Цуьнгахь гӀора дацара, хӀунда аьлча цо цу дийнаххьий, бусий яа хӀума ца йиънера. 21 И зуда Шаулна тӀееара. Цунна гира иза чӀогӀа кхеравелла хилар. Зудчо элира: «Сан дахарна сайна кхерам боллушехь, аса ахьа бохург дина. 22 ХӀинца аса доьху хьоьга, ахьа а ладогӀахьара хьайн лай йолчо бохучуьнга. Аса хьуна цхьажимма хьокхам лур бу, иза баахьара ахьа. Новкъа ваьлча, хьоьгахь ницкъ хир бара».

23 Амма цо шега бохучуьнга ла ца дуьйгӀира. Шаула элира: «Аса хӀума юур яц». Амма Шаулан ялхой цу зудчуьнца цхьаьна, хӀума яа бохуш, дехар дан буьйлабелира цуьнга. Эххар а Шаула цара бохург дира. Лаьттара хьала а гӀаьттина, иза метта охьахиира. 24 Цу зудчун цӀахь дустийна эса дара. Сихха иза ден а дийна, дама схьа а эцна, бод а хьакхийна, совсоза долу хьокхамаш дира цо. 25 Шаулна а, цуьнан ялхошна а яа хӀума хӀоттийра цо. Шайна хӀума а кхаьллина, уьш цу буссехь, хьала а гӀевттина, дӀабахара.

29

ПӀелаштамхоша Дауд юхатотту

1 ПӀелаштамхоша шайн мел долу эскар Апакхахь схьагулдира, ткъа исраилхой ИзраӀал цӀе йолчу гӀалина уллохь долу хьоста долчу дӀахӀиттира. 2 ПӀелаштамхойн элийн эскар шайн бӀе а, эзар а тӀемало юкъахь волчу тобанашца цхьаьна богӀуш бара, ткъа Дауд шен тӀемалошций, Ахашций цхьаьна тӀаьхьасецна вогӀуш вара. 3 ПӀелаштамхойн элаша хоьттура: «Уьш хӀун Ӏебархой бу?»

Ахаша царна жоп делира: «Шуна ца хаьа, иза Исраилан паччахь волчу Шаулан лай волу Дауд вуй? Иза соьца волу цхьа шо сов зама ю. Иза со волчу веанчу хенахь дуьйна хӀара де тӀекхаччалц суна цхьа а вон хӀума ца даьлла цуьнгара».

4 Цунна чӀогӀа реза боцуш хьаьвзира пӀелаштамхойн элий. Цара Ахаше элира: «ДӀавахийта и стаг. Ахьа цунна билгалъяьккхинчу меттехь Ӏайта иза. Тхоьца тӀамтӀе а ма ваийта, цунах вайна мостагӀа ма хилийта. ХӀун дина хьостур ду цо шен паччахьан дог? Вайн нах а байина хьостур ду. 5- 29:5 Шамъал 18:7; 21:11. Халхарш дечу хенахь цунна-м ца лекхна те: „Шаула эзарнаш байина, ткъа Дауда – итт эзарнаш“, – бохуш йолу йиш?»

6 Ахаша, Дауд схьа а кхайкхина, элира: «Дийначу Везачу Элах чӀагӀо йо ас: хьо цӀена ву, суна луур дара хьо сайна уллохь хуьлийла. Суна хьоьгара цхьа а вон хӀума а ца даьлла, хьо со волчу веанчу хенахь дуьйна хӀара де тӀекхаччалц. Амма пӀелаштамхойн элашна хьо дика ца хета. 7 Цундела, элий оьгӀаз ца бахийта, маьрша юхаверза».

8 Амма Дауда Ахаше элира: «Соьгара хӀун даьлла? ХӀун гина хьуна соьгара, со хьо волчу веанчу хенахь дуьйна хӀара хан тӀекхаччалц? Со ваха мегар дац сан паччахь волчу олахочун мостагӀашца тӀом бан?»

9 Ахаша Дауде жоп делира: «Теша мегар ду хьуна: сан бӀаьргашна хьалха хьо цӀена ву, Делан малик санна. Амма пӀелаштамхойн элаша: „Вайца иза тӀамтӀе ма ваийта“, – аьлла. 10 Цундела, Ӏуьйранна хьала а гӀаттий, хьо а, хьоьца баьхкина болу хьан ялхой а сирла йолчу хенахь дӀагӀо».

11 Дауд а, цуьнца схьабаьхкинарш а Ӏуьйранна пӀелаштамхойн махка юхабирзира. Ткъа пӀелаштамхой ИзраӀал цӀе йолчу гӀала дӀабахара.

30

Ӏамалекхахой ЦакхелагӀана тӀелета

1 КхозлагӀчу дийнахь Дауд а, цуьнан накъостий а схьабаьхкира ЦакхелагӀ-гӀала. Ткъа Ӏамалекхахоша, НегӀаб цӀе йолчу яьссачу арахь йолчу ЦакхелагӀана тӀе а летта, гӀала ягийнера. 2 Зударий а, цигахь шайна мел карийна волу жима а, воккха а стаг, вен а ца вуьйш, йийсаре дӀавигнера. 3 Дауд а, цуьнца хилларш а гӀала схьакхаьчча, царна гира цӀарца ягийна Ӏуьллуш йолу гӀала, ткъа кхеран зударий а, кӀентий а, йоӀарий а йийсаре дӀабигнера. 4 ЧӀогӀа белха буьйлабелира Дауд а, цуьнца хилларш а. Кхин белха шаьш де доцуш биссалц, билхира уьш. 5- 30:5 Шамъал 25:42, 43. Йийсаре дӀайигнера Даудан ший а зуда: израӀалхо йолу АхьнуӀмат а, Набалехь хилла йолу кармалхо АбигӀал а.

6 Шайна тӀекхаьчна долу вон ла ца луш, шайн кӀентий а, йоӀарий а дӀабигна карийна, доьхна хьийзаш долу адам Даудана тӀе тӀулгаш детта гӀерташ дара. И хӀума бахьана долуш чӀогӀа воьхнера Дауд а, амма иза, шен Везачу Делера дегайовхо а карийна, чӀагӀвелира. 7- 30:7 Шамъал 22:20-23. Цо динан да волчу Ахьи-Маликан кӀанте Абу-ЯтӀарига элира: «Схьая кхуза еза ийпад». Абу-ЯтӀарис Даудана тӀе иза схьаеара. 8 Везачу Эле Дауда хаттар дира: «ТӀаьхьаваха везий со цу мостагӀийн цӀазана? ТӀаьхьакхуьур вуй со царна?»

Цуьнга жоп кхечира: «ТӀаьхьавала. ТӀекхочур ву хьо, уьш схьа а бахалур бу хьоьга».

9 Шеца ялх бӀе стаг а волуш, Дауд новкъа велира. Уьш Бачор олуш йолу хин Ӏовраш йолчу кхечира. КӀадбелларш цигахь севцира. 10 Виъ бӀе стаг цхьаьна а волуш, Дауд, цигахь ца соцуш, дӀавахара. Ткъа важа ши бӀе стаг, шаьш чӀогӀа кӀадбелла хилар бахьана долуш, Бачоран Ӏоврел дехьа а ца валавелла, цигахь сецира. 11 Царна аренгахь цхьа мисархо карийра. Иза Дауд волчу схьа а валийна, цунна яа хӀума а, хи а делира цара. 12 Цара мисархочунна Ӏаьвдина инжирийн цхьа курс а, кишмийн ши курс а елира. Уьш дӀадиъча, цуьнан ницкъ юхабирзира. Цу стага даа хӀума дааза а, хи малаза а кхо дей-буьйсий дара. 13 Дауда цуьнга хаьттира: «Хьо хьенан ву, мичара вогӀуш ву?»

Цо жоп делира: «Со мисархо ву, цхьана Ӏамалекхахочун лай а ву. Цо со дӀатесна, кхо де хьалха со цомгуш хилла дела. 14 Тхо кератхойн а, ЯхӀудан тайпанан а, Килабан гаранан а НегӀабахь болчу мехкашна тӀегӀоьртинера, ткъа ЦакхелагӀ оха цӀарца ягийра».

15 Дауда цуьнга элира: «ДӀавуьгур вуй ахьа со мостагӀийн цӀоз долчу?»

Цо элира: «Делах дуй баа суна, ахьа со вуьйр вац аьлла а, со сан олахочун кара дӀалур вац аьлла а. ТӀаккха аса хьо мостагӀийн цӀазана тӀе вуьгур ву». 16 Цо уьш цига дӀабигира.

Ӏамалекхахой цу меттигехула дӀаса а баьржина, дууш, молуш бара, пӀелаштамхойн махкара а, ЯхӀуд-махкара а шайна караеана йолчу йоккхачу хӀонсах баккхий а беш. 17 ШолгӀачу дийнахь Дауд тӀелетира царна. Ӏуьйранна дуьйна царна тӀеетта волавелла иза суьйренга велира. Цхьа а кӀелхьара ца велира, эмкалшна тӀе а хиъна, ведда дӀавахана волу виъ бӀе жима стаг воцург. 18 Цара дӀа мел даьхьна долу рицкъа а схьадаьккхира Дауда, шен ши зуда а йийсарера мукъаяьккхира цо. 19 Церан цхьа а я жиманиг а, я воккханиг а ца вайра. Массо кӀант а, йоӀ а, дуьненан рицкъа а юхадерзийра Дауда, Ӏамалекхахоша дӀадаьхьна долу. 20 Дауда массо а жима а, доккха а даьхни схьадаьккхира, ткъа цуьнан накъосташа, шайна хьалха а даьхна, дӀадигира уьш. Наха бохура: «ХӀара Даудан хӀонс ю».

21 Шаьш Бачор олуш йолу хин Ӏовраш йолчохь, гӀел а велла, витина волу ши бӀе стаг волчу схьакхечира уьш. Даудана а, цуьнца хиллачарна а дуьхьал арабевлира уьш. ТӀе а вахана, Дауда цаьрга маршалла хаьттира. 22 ТӀаккха кхуьнца хилла болчу вон дог долуш болчу наха элира: «Уьш вайца ца баьхкира. Цундела вай царна хӀумма а лур яц. ХӀора стаг, шен зуда а, бераш а дӀа а эций, дӀагӀо».

23 Амма Дауда элира: «Иза ма дахьара аша, сан вежарий. Везачу Эло вайна хӀара хӀума делла, вайна дуьхьалдаьлла долу мостагӀийн цӀоз вайн кара схьа а делла, вай кӀелхьардаьхна. 24 Цу тӀехь шуна мила тӀетовр ву? ТӀамтӀе баханчарна санна, дакъа догӀу тӀеман гӀирс ларбеш Ӏийначарна а: хӀума массарна а юкъахь декъа деза». 25 Цу хенахь дуьйна Исраилан махкахь Дауда, цу тайпана нийсо хила еза аьлла, дӀахӀоттийра. Иза хӀара де тӀекхаччалц схьадогӀуш а ду.

26 Дауд ЦакхелагӀа юхавеара. Ша тӀамехь схьадаьккхинчух дакъа дахьийтира цо ЯхӀуд-махкарчу къаной болчу доттагӀашна. Цо элира: «ХӀара ду шуна Везачу Элан мостагӀашкара схьадаьккхинчух долу совгӀат». 27 Цунах дакъа Бетал-гӀалахь болчаьрга а, НегӀабан Рамате а, Итар-гӀала а, 28 ӀаруӀера а, Чапмут-гӀала а, ЭштамуӀа а, 29 Рахал-гӀала а, ярахьмиалхойн а, кхенахойн а гӀаланашка а, 30 Хьорме а, Бор-Ӏашуна а, Ӏатах-гӀала а, 31 Хьевроне а, иштта ша а, шен накъостий а леллачу массо а меттигашка дахьийтира.

31

Шаулан а, цуьнан кӀентийн а кхалхар

(1 Шерашкахь 10:1-12)

1 ПӀелаштамхой исраилхошца тӀом беш бара. Исраилхой, царах бевдда боьлхуш, ГилбаӀ олучу лам тӀехь дукха хӀаллакьхилира. 2 Шаулна а, цуьнан кӀенташна а тӀаьхьа а бевлла, пӀелаштамхоша цуьнан кӀентий ЯхӀуната а, Абинадаб а, МалкишаӀ а байира. 3 Шаулна гонах болу тӀом чӀагӀбелира. Къаьсттина чӀогӀа кхарна ницкъ бора секхаӀад кхоссархоша. Шаул къиза чевнаш хилла вара. 4 Шаула шен герз лелош волчуьнга элира: «Хьайн тур баттара а даккхий, со вей дӀаваккха, и дин доцу сунтбаза берш суна тӀе а кхаьчна, цара со веле а, хьийзавале а». Амма герз лелориг, ша дукха кхераваларна, ца хӀоьттира и дехар кхочушдан. ТӀаккха Шаула, шен тур схьа а даьккхина, цунна тӀе а вогӀавелла, шех иза чекхдаьккхира. 5 Шаул шена велла гича, цуьнан герз лелориг ша а, шен туьрана тӀе а вогӀавелла, велира. 6 Иштта велира цу дийнахь Шаул а, цуьнан кӀентех кхо кӀант а, цуьнан герз лелориг а, цуьнан массо стаг а. 7 ИзраӀал-тогӀина къилбаседехьа Ӏаш болу а, Йордан-хинна малхбалехьа Ӏаш болу а исраилхой а, шайна Шаул велла а, важа болу исраилхойн тӀемалой бевдда дӀабахана а гича, шайн ярташ а йитина, бевдда дӀабахара. Ткъа пӀелаштамхой, церан ярташ дӀа а лаьцна, цигахь баха охьахевшира.

8 ШолгӀачу дийнахь пӀелаштамхой байина Ӏохкуш болчарна тӀера мехала йолу хӀуманаш схьаяха баьхкича, царна ГилбаӀ-лам тӀехь хиллачу тӀамехь байина болчу Шаулан а, цуьнан кхаа кӀентан а декъий карийра, 9 Шаулан корта схьа а баьккхина, цуьнан герз схьа а эцна, цара массо а пӀелаштамхойн махкарчу халкъе хаам дӀакхачийра, иштта хаам бира шайн цӀуш дӀахӀиттийна долчу динан цӀенош долчу а. 10 Цара Шаулера схьадаьккхина долу герз шаьш Ӏаштартана дина долчу динан цӀа чу охьадиллира, ткъа цуьнан дакъа Байт-Шанахь пена тӀе дӀатуьйхира.

11 ГалӀадарчу Явеш-гӀалара болчу бахархошна дӀахезира пӀелаштамхоша Шаулна динарг. 12 Массо а майра стаг гӀаьттира цигахь. Буса баха а бахана, Шаулан а, цуьнан кӀентийн а декъий Байт-Шанарчу пена тӀера охьа а даьхна, Явеш-гӀала схьа а деана, уьш цигахь дагийра цара. 13 Церан даьӀахкаш, схьа а гулйина, Явеш-гӀалахь тамариск цӀе йолчу дитта кӀелахь дӀайоьхкира. ВорхӀ дийнахь марха кхебира цара.