Векало
Кипас
яздина хьалхара кехат
Дешхьалхе
Векало Кипас яздина хьалхара кехат Асиа мехкан къилбаседерчу декъехула дӀасабаржийначу, Ӏийсана тӀаьхьахӀиттина хиллачу нахе – хӀокху кехата тӀехь царах «Дала къастийнарш» а олуш – яздина ду. Кехатан коьрта гӀайгӀа бу: шаьш Ӏийсах тешар бахьана долуш Ӏазапаш а, баланаш а хьоьгуш болу кехат дешархой иракарахӀиттор. Яздархочо царна дагадоуьйту Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах лаьцна болчу хазачу кхоах лаьцна – Ӏийса валар а, веллачуьра денвалар а, Иза кхин цкъа схьаваран ваӀда а бахьана долуш, церан дегайовхо хила тарло. И дерриге а хаа а хууш, шайна тӀехӀиттина баланаш церан тӀеэца а, хьега а деза. Оцу баланашкахула церан тешар зуьйш ду, иза бакъдолу тешар дуй хаийтархьама. Цул сов, «Дала леррина къобалвина Ӏийса веанчу дийнахь» церан ял хир ю.
ГӀайгӀанечу ханна уьш иракара а хӀиттийна, яздархочо чӀогӀа дехар до дешархошка, Дала леррина Къобалвинчун долахь дерш санна даха аьлла.
1Кипин маршалла
1 Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векалера Кипера Дала къастийначаьрга, аренца лелаш, хийрачу мехкашкахула: Понтехула, Галатехула, Каппадокехула, Асиа-махкахула, Битхьуни-махкахула дӀасабекъабеллачаьрга. 2 Шена хьалххе хууш ма-хиллара, вайн Да волчу Дала шу хаьржира. Ткъа Делан Сино шу Далла улло далийра, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана муьтӀахь а хилла, Цуьнан цӀийца шу цӀиндалийта.
Делан дика а, синпаргӀато а шорта хуьлда шуна!
Бакъболу сатийсам
3 Хастам бу Далла, леррина къобалвинчу вайн Везачу Элан Ӏийсан Дена, Шен доккхачу диканца вайна керла дахар делла волчу, веллачуьра Ша леррина къобалвина Ӏийса ден а вина, цу бахьаненна хӀаллак а хир йоцучу, сакхто я замано талхор а йоцучу тӀаьхьене бакъболу сатийсам вайна белла волу. И тӀаьхье стигалшкахь ларъеш ю, 5 ткъа шу, тӀаьхьара зама а еана, хиндолу кӀелхьардовлар гучудаллалц, шайн тешар бахьана долуш Делан ницкъо Ӏалашдеш ду.
6 Шу цунах даккхийдеш ду, хӀинца кӀеззигчу ханна шайна тайп-тайпанара зер лан дезахь а. 7 Шун тешар зуьйш ду, ткъа иза дешил деза ду. ХӀунда аьлча деши, цӀарца дахчош делахь а, замано талхош ду. Ткъа шун тешар, зен а зийна, бакъдолу тешар ду аьлла, хила дезаш ду, Дала леррина къобалвина Ӏийса веанчу дийнахь шун хастам а, даздар а, сийлалла а хилийтархьама.
8 Шуна Иза веза, шайна ца гиннашехь. Шу теша Цунах, шайна Иза хӀинца а ца гушшехь. Шу, инзаре чӀогӀа хазахетар деана, даккхийдеш ду, хӀунда аьлча шуьга кхаьчна тешаран Ӏалашо: шайн кӀелхьардовлар.
10 Пайхамарша леррина талла а теллина, Ӏама а дина оцу кӀелхьардовларх дерг дерриг а. Шуна дала кечдинчу Делан диканах лаьцна а дийцина цара. 11 Шайна чохь хиллачу Дала леррина Къобалвинчун Сино йийцина йолу хан а, хьелаш а къасто гӀиртина уьш. Цу Сино дийцина царна Дала леррина Къобалвинчун баланех лаьцна а, тӀаьхьа Цуьнца боьзна хин болчу сийлахьчу хиламех лаьцна а. 12 Цаьрга хаийтира, шайна а доцуш, ткъа шуна гӀуллакх деш уьш хилар. Стигалара даийтинчу Делан Сино хаза кхаъ кхайкхош болчаьргахула хӀинца шуна дийцийтинарг кхайкхадора цара. Стигалара маликаш а тӀехь ду и къайле хаа лууш.
Дезачу дахаре кхайкхар
13 Сема а, дечу гӀуллакхна гуттар а кийча а хуьлда шун кхетам. Дала леррина къобалвина Ӏийса вогӀучу дийнахь Делан шуьга болу безам бахьана долуш шайна лун долчуьнца боьзна хилийта шайн берриг а сатийсамаш. 14 Ийманехь долу Делан бераш санна хила, хьалха шаьш боданехь долчу хенахь хиллачу хьарамчу лаамашка шайн дахар ма талхадайта. 15 Мелхо а, шаьш а цӀена хила, шайн лелар а цӀена хилийта, шаьш ТӀекхайкхинарг цӀена ма-хиллара. 16- 1:16 Ӏамалъяр 11:44, 45; 19:2. Делан Йозанаш тӀехь аьлла ма ду:
«ЦӀена хилалаш, хӀунда аьлча Со а цӀена ву».
17 Нагахь хӀораннах а озабезам ца беш, цо диначуьнга хьаьжжина кхел еш Волчух аша Дада олуш хилча, шаьш дуьнен чу даьхкина хьеший хилла йолу хан сийлаллин кхерам дагахь а болуш яккха. 18 Хаалаш, телхина дӀадер долу дети я деши а делла эцна яц шун паргӀато, шун дайх дисинчу гӀийлачу дахарх шу мукъадохуш, 19 амма цӀеначу а, бехк боцучу а Ӏахаран санна долу, Дала леррина Къобалвинчун деза цӀий делла ю. 20 Дуьне а кхоллале къастийна вара Иза, амма тӀаьхьарчу заманахь бен гучуваьккхина вацара шун дуьхьа. 21 Иза веллачуьра ден а вина, Цунна деза сийлалла деллачу Делах а Иза бахьана долуш теша шу, цундела шун тешар а, сатийсам а Делаца боьзна бу.
22 Бакъдолчунна муьтӀахь хиларна, шайн синош а цӀандина, шайн динан вежарий шалхо йоцуш безаш ду шу. Ткъа хӀинца шайн ницкъ ма-кхоччу даггарчу безамца вовше дезалаш! 23 Шун керлачу дахаран хьоста лийр долу хӀу дац, амма гуттар а хин дерг ду. Иза дийна долу а, гуттар а хин долу а Делан Дош ду! 24- 1:24, 25 ЕшаӀ-ЯхӀу 40:6-8 (Грекийн). ХӀунда аьлча аьлла ду:
«ХӀора адам буц санна ду,
цуьнан хазалла арарчу зезагийн санна ю.
Буц а якъало,
зезаг а маргӀалдулу,
25 ткъа Везачу Элан Дош гуттар а деха».
Иштта бу шуна кхайкхийна хаза кхаъ!
2Дийна тӀулг а, деза халкъ а
1 Муьлхха а вон, харцдерг, шалхо, хьагӀ, лер дӀадаккха! 2 Дакхош долу бераш шуьрех санна, синан кхача болчу цӀеначу дашах хьага, цуьнан гӀоьнца шу даккхий а хилла, шун кӀелхьардовлар чекхдалархьама, 3- 2:3 Забур 33:9. хӀунда аьлча «Веза Эла мел дика ву шуна хиъна».
4 Цунна тӀе дуьйла. Наха дӀатесна болу дийна ТӀулг бу Иза, амма Дала хаьржина а, Цунна гергахь беза а болу. 5 Шу шаьш а ду дийна тӀулгаш. Шайх синан цӀа дайта, цу чохь динан дай хилархьама, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Далла лууш долу синан сагӀанаш даха. 6- 2:6 ЕшаӀ-ЯхӀу 28:16 (Грекийн). ХӀунда аьлча аьлла ду Делан Йозанашкахь:
«Ас Цийон-лам тӀехь охьабуьллу
са болу, къастийна, беза тӀулг.
Муьлхха а Цунах тешаш верг
юьхьӀаьржачу хӀуттур вац».
7- 2:7 Забур 117:22. Иштта, Цунах тешачу шуна Иза деза жовхӀар ду, ткъа ца тешачарна:
«ГӀишлош еш пхьераша дӀакхоьссина тӀулг цӀийнан сонан йистехь коьрта тӀулг, хилла, дӀахӀоьттина».
8- 2:8 ЕшаӀ-ЯхӀу 8:14, 15. Кхин а:
«Нах тасаболуьйтун болу тӀулг бу иза,
уьш охьаоьгун болу тарх а ю иза».
Делан Дашна муьтӀахь ца хиларна тийсало – иштта кхоллам бу церан. 9- 2:9 а: Арадаккхар 19:5, 6; ЕшаӀ-ЯхӀу 43:20; б: Арадаккхар 19:5; Карлабаьккхинарг 4:20; 7:6; 14:2; Тите 2:14; ц: ЕшаӀ-ЯхӀу 43:21; д: ЕшаӀ-ЯхӀу 9:2; ЕшаӀ-ЯхӀу 43:20 (Грекийн). Амма шу къастийна тайпа ду, Паччахьан лаамехь болу динан дай, деза халкъ, Делан долахь дерш, боданера Шен исбаьхьчу серлоне Кхайкхинчун сийлахьчу гӀуллакхех лаьцна шуьга дийцийтархьама.
10- 2:10 ХӀушаӀ 2:23. «Цхьана хенахь халкъ дацара шу,
ткъа хӀинца Делан халкъ ду.
Цхьана хенахь шух бина къинхетам бацара,
ткъа хӀинца Дала къинхетам бина шух».
Делан ялхой леш санна даха
11 Сан хьоменаш, аренца лелаш, дуьнен чу даьхкина хьеший шу долу дела, доьху ас шуьга, синца тӀом бечу дегӀан лаамех ларлолаш. 12 Кхечу къаьмнийн нахана юкъахь шайн лелар оьзда хилийталаш, тӀаккха, шу вон нах ду бохуш, дуьйцуш болчара, шун дика гӀуллакхаш а гина, Дела хастор ву Иза веанчу дийнахь.
13 Везачу Элан дуьхьа адамна тӀехь урхалла дечу Ӏедална муьтӀахь хилалаш: паччахьна, хӀунда аьлча цуьнгахь лаккхара Ӏедал ду, 14 куьйгалхошна, хӀунда аьлча уьш зуламхошна таӀзар дан а, дика гӀуллакх дечарна совгӀат дала хӀиттийна бу. 15 ХӀунда аьлча иштта бу Делан лаам: дика гӀуллакх дечара сонта наха дуьйцуш долу эрна хабарш дӀасовцадо. 16 ПаргӀат даха, амма цу паргӀатона тӀехьа а лечкъаш, вон гӀуллакхаш ма леладе, хӀунда аьлча шу Делан леш ду. 17 Массо а лара, вежарий а беза, Делах а кхера, паччахьан сий а де.
Дала леррина Къобалвинчо гайтина масал
18 Леш, шайн элашна хила ма-деззара муьтӀахь хила, шайца дика а, эсала а болчарна хилла ца Ӏаш, шайца буьрса болчарна а. 19 Ларам бу стеган, нагахь санна бехк а боцуш таӀзар ловш велахь, Дела вуйла а хууш. 20 ХӀун сий хир ду, нагахь шайн бехк буйла а хууш, деш долу таӀзар ловш шу делахь? Амма диканиг а дина, шу хало ловш делахь, иза Далла гергахь деза ду. 21 Шу оцу балхана кхайкхина ма ду. Дала леррина Къобалвинарг а, шун дуьхьа баланаш а лайна, Шена тӀаьххье шу дахкийта масала а гайтина ма ву.
22- 2:22 ЕшаӀ-ЯхӀу 53:9. «Цо цхьа а къа а ца латийна,
Цуьнан багара харц дош а ца даьлла».
23- 2:23 ЕшаӀ-ЯхӀу 53:7. Ша сийсазвича,
Цо дуьхьал вон дош ца олура,
Ша бала ловчу хенахь,
кхерамаш ца туьйсура,
амма нийсо ечу Кхелахочун кара
Ша дӀалора.
24- 2:24, 25 ЕшаӀ-ЯхӀу 53:5, 6 (Грекийн). Шен дегӀаца вайн къинош
жӀара тӀе даьхьна Цо,
вай къинойх къаьстина,
цӀена дахийтархьама.
Цуьнан чевнаш бахьана долуш
дарба хилла шуна.
25 Цхьана хенахь, тиладелла уьстагӀий санна, лелла шу,
ткъа хӀинца шу шайн синойн Ӏуьнна а, шаьш Ӏалашдечунна а тӀе юхадаьхкина.
3Зударий а, церан майранаш а
1- 3:1 Эпасхошка 5:22; Ковлусихошка 3:18. Зударий, шу а шайн майранашна муьтӀахь хила. Нагахь цхьаболу майранаш Делан Даше ладугӀуш ца хилахь, шайн дахарх масал а луш, дист а ца хуьлуш, Делах тешарна тӀебалабе уьш, 2 шайн цӀена а, Делах кхоьруш а долу дахар а гайтий. 3- 3:3 1 Тимапига 2:9. Гуш долчу хӀуманашца хаздала ма гӀерта: месаш Ӏалашъярца, дашо хӀуманашца, хазачу духаршца. 4 Мелхо а, даггара долчу, телхар доцучу, тийначу, эсалчу синан хазаллица кечдала хьовса. Иза Далла гергахь деза ду.
5 Хьалхарчу заманчохь иштта хазлора Делан дикане сатуьйсуш болу сийлахь зударий, шайн майранашна муьтӀахь хуьлуш. 6- 3:6 Доладалар 18:12. Масала, ИбрахӀиме массо а хӀуманна тӀехь ладугӀуш а, цунах шен эла олуш а яра Сарат. Нагахь шу диканиг а деш, дагахь кхерам хиларна сингаттам а боцуш Ӏаш делахь, шу Цуьнан йоӀарий ду.
7- 3:7 Эпасхошка 5:25; Ковлусихошка 3:19. Цу кеппара майранаш а хила беза шайн зударшца дика, уьш гӀорасиза хилар а хууш. Уьш лара, хӀунда аьлча божаршца цхьаьна дахаран совгӀат кхочу цаьрга. ТӀаккха шун доӀанашна дуьхьало еш хӀумма а хир дац.
Дика гӀуллакхаш бахьана долуш бала хьегар
8 Иштта, шу цхьа барт болуш, вовшийн лоруш а, вежарий а, йижарий а безаш а, къинхетам болуш а, шаьш лахара хоьтуьйтуш а хила деза. 9 Вонна дуьхьал вон ма даккха, сийсазварна дуьхьал сийсазвар, мелхо а декъалве шайна вон болх бинарг. ХӀунда аьлча шу цу балхана кхайкхина ду, ткъа шуна Делера декъалдар хир ду. 10- 3:10-12 Забур 33:13-17 (Грекийн). Делан Йозанашкахь ма-аллара:
«Хаза денош а гуш,
ирсе ваха лууш волчо
вочу дешнех шен мотт а ларбе,
харц долчух шен бага а ларъе.
11 Вочунах дӀавирзина,
диканиг дойла цо,
машар лохийла,
цуьнгахьа къуьйсуш.
12 ХӀунда аьлча Делан лаамехь болчаьргахьа ду Везачу Элан хьажар,
церан доӀанашка схьадиллина ду Цуьнан лергаш.
Амма оьгӀазе ю Везачу Элан юьхь Иза зуламхошка хьожучу хенахь».
13 Хьан дийр ду шуна зен, шу диканиг дан гӀерташ хилча? 14- 3:14, 15 ЕшаӀ-ЯхӀу 8:12, 13. Амма шаьш дина дика хӀума бахьана долуш шу бала хьоьгуш делахь, шу декъалхилла ду. «Уьш кхоьручух шу ма кхера, доха а ма доха!» 15 Дала леррина Къобалвинарг шайн дегнашкахь Веза Эла санна хилийта.
Шайга хаттахь, гуттар а кийча хила жоп дала, шуьца болу сатийсам стенца боьзна бу. 16 Ларам болуш а, таьӀна а жоп ло. Эхь-бехк долуш хила, тӀаккха шуна тӀехь доцург дуьйцуш волчунна эхь хетар ду, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна долу шун дахар мел цӀена ду гича. 17 Делан лаам белахь, диканиг дар бахьана долуш хало лар гӀолехь ду, вониг а дина ловчул! 18 ХӀунда аьлча
къинош летийна долу шу Далла тӀе дерзорхьама,
Дала леррина Къобалвинчо а цкъа бала лайна вайн къинош бахьана долуш,
Иштта Делан лаамехь Волчунна Делан лаамехь боцурш бахьана долуш хало гина.
Цуьнан дегӀ дийнера,
амма Са дахаре юха далийнера.
19 Оцу Синан кепехь набахтехь долчу синошна кхайкхам бан вахара Иза. 20- 3:20 Доладалар 6:1–7:24. Нохьа-пайхамаро шен кема дечу хенахь, Дела цуьнга собаре хьоьжуш а волуш, Делан лаамера девлла, Цуьнга ла ца доьгӀна синош дара уьш. Дукха синош кӀелхьара ца дехира хи чуьра цу кемана чохь, верриг а бархӀ стаг бен.
21 ХӀинца шу кӀелхьардохуш йолу хих чекхдовларан билгало ю иза. Хих чекхдовлар – иза тӀера мода дӀаяккхар дац, амма цӀеначу дагца Деле йина чӀагӀо ю+ 3:21 *Я иштта: *иза тӀера мода дӀаяккхар дац, амма тхайн дегнаш цӀена хилийтар Деле дехар ду.*. Дала леррина къобалвина Ӏийса денвалар бахьана долуш цу хих чекхдовларо шу кӀелхьардоху. 22 Ӏийса, стигала хьала а ваьлла, Далла аьтту агӀор Ӏаш ву. Цо бохург деш ду маликаш а, стигалара ницкъаш а.
4Далла тешаме хилар
1 Дала леррина Къобалвинчо Шен дегӀана бина ницкъ лайна дела, аша а цунах тера долчу леларна кечам бан беза. ХӀунда аьлча дегӀана хуьлу ницкъ лайнарг, къинойх дӀа а къаьстина, 2 дуьнен чохь яккха йисина хан, дегӀан лаамийн кара а ца воьдуш, Дала бохург деш йоккхуш хир ву. 3 Кхечу къаьмнийн нахах тарделла, хьалха а шортта хан яьккхина аша: вон мел дерг лелош, зударий а, божарий а хьарам лаамаш болуш, нахаца лелаш, муьйлуш, цӀушна хьарам Ӏибадат деш. 4 Ткъа хӀинца царна тамашийна хета аша хьалхалера боьха гӀуллакхаш ца лелош, цундела шуна лоь уьш. 5 Амма церан жоп дала дезар ду дийначарна а, беллачарна а кхел ян кийча Волчунна. 6 Беллачарна а хаийтинера хаза кхаъ. ДогӀмех аьлча – царна кхел йина. Ткъа синойх аьлча – уьш гуттар а дийна хир ду Дела волчохь.
7 Дерригенан а чаккхе тӀекхочуш ю. Хьекъале дуьйла, собаре а хила, тӀаккха шуьга доӀанаш далур ду.
8- 4:8 Кицанаш 10:12. Уггар хьалха даггара вовшийн деза, хӀунда аьлча безамо дукха къинош дӀахьулдо.
9 Шайн хӀусамашкахь вовшийн тӀеэца, яппарш а ца еш.
10 Шуна хӀоранна а ша тайпа похӀма кхаьчна. Вовшийн гӀуллакх де цу похӀмица, Дала тайп-тайпана диканаш деллачу тешамечу хӀусамдас санна. 11 Нагахь цхьаъ хьехам беш велахь, и хьехам Делера болуш санна бе, Далла гӀуллакх деш велахь, Дала шена беллачу ницкъаца де и гӀуллакх. Иштта Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Дела хастаме хир ву. Сий а, ницкъ а хуьлда Ӏийсан бӀеннаш шерашкахь, амин!
Ӏийсан мурд хиларан баланаш лар
12 Сан хьоменаш, шуна тамашийна ма хета шайн луьра зер лан дезар, дага ма даийта, шайца цхьа тамашийна хӀума хуьлу аьлла. 13 Мелхо а, даккхийде шаьш Дала леррина Къобалвинчун баланашкахь дакъа лацарна. Цуьнан сийлалла гойтучу дийнахь шу даккхийдеш а, самукъадаьлла а хир ду.
14 Нагахь Дала леррина Къобалвинарг бахьана долуш шу сийсаздеш делахь, шу декъалдина ду, Делан сийлаллин Са шуьца хуьлу дела. 15 Стаг вийнарг, я къу, я зуламхо, я мотт тоьхнарг а хилла, таӀзар ловш ма хуьлийла шух цхьа а. 16 Нагахь шуна дина таӀзар Дала леррина Къобалвинчун мурд ву аьлла делахь, эхь ма хета, Далла хастам бе ша и цӀе лелорна! 17 Кхел яран хан герга кхаьчна. Делан доьзалера нахана тӀера йолалур ю иза. Ткъа вайна тӀера иза йолалуш хилча, Делан Кхаъ тӀе ца эцначу нахана хӀун таӀзар хир ду?!
18- 4:18 Кицанаш 11:31 (Грекийн). «Делан лаамехь верг халла кӀелхьарволуш хилча,
Ӏеса лелачунна а,
къинош летийначунна а
хӀун хир ду?»
19 Цундела Делан лаамца баланаш хьоьгуш болчара, дерриг а диканиг дан а хьожуш, гуттар а Бакъволчу вай Кхоьллинчун кара шаьш дӀадала деза.
5Тхьамданашна гӀо дар
1 ХӀинца шун коьртехь болчу тхьамданашка ала лаьа суна. Со а ву тхьамда а, Дала леррина Къобалвинчо баланаш ловш теш а хилла. Гучудаьн долу Цуьнан сий-ларам Цуьнца доькъур ду ас.
2- 5:2 Яхьъя 21:15-17. Шайга белла Делан бажа бажабе. Шаьш декхарийлахь долу дела а доцуш, даггара иза Ӏалашбе, Далла иза ма-лаъара. Шайна цунах цхьа пайда хир бара аьлла а доцуш, даггара къахьега. 3 Шайн куьйга кӀелахь болчу нахана масал хилий лела, шайн олалла бахьана долуш царна ницкъ ма бе. 4 ТӀаккха, коьрта Ӏу веача, телхар доцу сийлаллин таж лур ду шуна.
5- 5:5 Кицанаш 3:34 (Грекийн). Ткъа шу, кегийнаш, тхьамданийн лаамехь хила. Вовшашна муьтӀахь а долуш де гӀуллакх, хӀунда аьлча:
«Дела курачарна дуьхьал ву,
амма ша кӀезиг хеташ Ӏаш болчарна Шен дика ло Цо».
6- 5:6 Маттай 23:12; Лака 14:11; 18:14. Цундела Делан нуьцкъалчу куьйга кӀел дуьйла, Цо Шен хенахь ойур ду шу. 7- 5:7 Забур 54:23. Берриг а шайн гӀайгӀанаш Цунна тӀе яхка, Иза шун бала болуш ву!
8 Собаре а, сема а хила! Шун мостагӀа, иблис, ду, гӀигӀ ден лом санна, цхьаъ дӀакхалла гӀерташ даьлла лелаш. 9 Цунна дуьхьало е, Делах шайн тешар чӀагӀде. Хаалаш, дерриг а дуьнен чохь шун вежарий, шу санна, баланаш ловш бу. 10 Массо а диканиг Шеца долчу Дала кхайкхина шуьга Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца цхьаьна Шен хедар доцу сийлалла декъа. КӀеззиг йолчу хенахь баланаш аш лайча, Цо шу нийсачу новкъа дохур ду, шуна чӀагӀо а, ницкъ а, довр доцу доьналла а лур ду. 11 БӀеннаш шерашкахь хуьлийла Цуьнан олалла, амин.
ТӀаьххьара маршалла
12- 5:12 Векалийн 15:22, 40. ХӀара доца кехат ас (сайга хаьттича) тешаме волчу вешин Салин гӀоьнца яздина, шу иракарахӀитторхьама а, иза билггала долу Делан диканиг дуйла хаийтархьама а. Цу тӀехь чӀоггӀа латта!
13- 5:13 Векалийн 12:12, 25; 13:13; 15:37-39; Ковлусихошка 4:10; Пхьалмане 1:24. Шу санна, Бавел-гӀалара+ 5:13 *Бавел-гӀалара *– иза, схьахетарехь, Рим-гӀала ю, хӀунда аьлча Кипин лачкъийна дара ша волу меттиг.* Дала хаьржиначара а, ткъа иштта сан кӀанта Марка а маршалла доуьйту шуьга.
14 Доггах+ 5:14 *Доггах *– ма-дарра аьлча: *Вежарийн безамца болу барт а луш.*, маршалла хатта вовшашка. Маьрша хуьлда шу Дала леррина Къобалвинчуьнца долу дерриш а.