Паччахьаллех лаьцна кхоалгӀа тептар:

Сулим-паччахь а, кхиболу паччахьаш а

Дешхьалхе

Паччахьаллех лаьцна кхоалгӀа тептар тӀехь кхидӀа а дуьйцуш ду Исраилан пачхьалкхах лаьцна Паччахьаллийн гӀуллакхех лаьцна цӀе йолчу хьалхарчу тептарш тӀехь долийнарг. ХӀара тептар кхаа декъе декъа тарло: 1) Исраил-махкана тӀехь а, ЯхӀуд-махкана тӀехь а паччахь Сулим дӀахӀоттар а, цуьнан да Дауд дӀакхалхар а (1-2 кортош). 2) Сулиман паччахьалла а, цо мел динарг а. Къаьсттина дуьйцуш ду Ярушалайм-гӀалахь Делан цӀа дӀахӀотторах лаьцна (3-11 кортош). 3) Исраилан къам шина декъе декъар, къилбаседера а, къилбера а пачхьалкхаш а йина, царна тӀехь куьйгалла деш хиллачу паччахьех лаьцна дийцарш. И паччахьаш хилла, Ӏийса дуьнен тӀе валале, уьссалгӀачу бӀешерашна тӀекхаччалц (12-22 кортош).

Паччахьаллийн гӀуллакхех лаьцна кхоалгӀачу а, доьалгӀачу а тептарш тӀехь хӀора паччахьах лаьцна дуьйцуш ду, цуьнан Деле болчу тешаме хьаьжжина, ткъа къоман аьтто оцу тешаме хиларца доьзна хеташ ду. ЦӀушна Ӏибадат даран а, лацадогӀаран а тӀаьхье – бохам бу. Зийча, къилбаседерчу пачхьалкхан массо а паччахьаша шаьш Далла тешаме цахилар гойту, ткъа ЯхӀуд-мехкан паччахьех лаьцна аьлча, царах цхьаберш Далла тешаме бу, ткъа вуьш бац.

Паччахьаллех кхоалгӀачу тептар тӀехь дукхазза Везачу Элан пайхамарех лаьцна дуьйцуш ду. Уьш Делан майра туркхаш ма бара, ткъа цара нахе дӀахьедора, цӀушна Ӏибадат а ма де, Деле ла ца дугӀуш а ма хила бохуш. Эли-ЯхӀу-пайхамар царах къаьсттинарг ву, ткъа цо БаӀал-харцделан динан дайшна тӀехь толам баккхарх долу дийцар (18-гӀа корта) исбаьхьаниг ду.

1

Дауд-паччахь къанвелла хан

1 Дауд-паччахь дикка къанвелла, хан тоьхна стаг волуш, иза хӀуъа дича а вох ца лора. Паччахь вохвалийта ялхоша юргӀанаш тосура цунна тӀе. 2 ТӀаккха паччахьан уллорачара элира цуьнга: «Оха къона йоӀстаг лохур ю хьуна, цо хьан гӀайгӀа бийр бу. Иза хьуна улло охьаюьжур ю, тӀаккха хьо вохлур ву».

3 Берриг Исраил-махкахула чекхбовлуш, хаза йоӀ лийхира цара паччахьна. ТӀаккха АбишагӀ цӀе йолу шунамхо а карийна, иза паччахьна тӀе ялийра цара. 4 И йоӀ чӀогӀа хаза яра. Цо дика дола дора паччахьан, амма паччахьо цунах куьг а ца туьйхира.

Адан-ЯхӀус паччахьан меттиг къовсар

5- 1:5 Дауд 3:4. Кураваьллачу Хьагатан кӀанта Адан-ЯхӀус (иза Дауд-паччахьан дийна бисинчех воккхаха волу кӀант вара) ша паччахь хир ву олура. Цо шена гӀудалкхаш а кечйира, дошлой а хаьржира, шовзткъе итт сиха лела стаг а гулвира. 6 Дас цкъа а, иза я важа хӀунда леладо ахьа аьлла, ца хоттура цуьнга. Адан-ЯхӀу чӀогӀа хаза вара. Иза Абушаламал тӀаьхьа вина вара паччахьна. 7 Царуятан кӀантах Йоабах а, динан да волчу Абу-ЯтӀарих а дагаволура Адан-ЯхӀу. Цара гӀо а дора цунна. 8 Амма динан да ЦӀадукъа а, БенъяхӀун кӀант ЯхӀу-ЯдаӀ а, Ната-пайхамар а, ШамаӀи а, РеӀа а, Дауд-паччахьан доьналла долу тӀемалой а Адан-ЯхӀугахьа бацара.

9 Ӏейн-РегӀал олучу шовданан йистехь, Зохьелат олучу+ 1:9 *Зохьелат тӀулг *– я иштта: *лаьхьанан тӀулг.* тӀулгана уллохь, Дауд-паччахьан кӀентий болу шен берриге вежарий а, паччахьан кертахь гӀуллакх деш болу берриге яхӀудхой а кхайкхина, стерчий, уьстагӀий, эсий дайира Адан-ЯхӀус. 10 Ткъа Ната-пайхамар а, паччахьан кертахь ха деш болчеран хьаькам волу БенъяхӀу а, важа майра турпалхой а, иштта шен ваша Сулим а ца кхайкхинера Адан-ЯхӀус.

Сулимах паччахь вар

11- 1:11 Дауд 12:24. ТӀаккха Ната-пайхамаро Сулиман нене Бат-ШабаӀе элира: «Хьуна хезний Хьагатан кӀант Адан-ЯхӀу паччахь хилла воллий а, ткъа вайн олахочунна Дауд-паччахьна иза ца хаьий а? 12 Ткъа хӀинца ас хьехар дийр ду хьуна, хьайн а, хьайн кӀентан Сулиман а дахар ахьа муха кӀелхьардаккха деза аьлла. 13 Дауд-паччахьна тӀе а гӀой, ала цуьнга: „Сан паччахь волу олахо, хьайн лай йолчу соьга чӀагӀо еш, ахьа ца элира: ‘Хьан кӀант Сулим хьол тӀаьхьа хьан метта, паччахь хилла, охьахуур ву аьлла? Ткъа хӀинца Адан-ЯхӀу хӀунда хуьлуш ву паччахь?’ 14 Ткъа хьо паччахье йистхуьлуш йоллучу хенахь, со хьуна тӀаьххье чувер ву, ахьа аьллачунна догӀург тӀе а тухуш“».

15 Паччахь вуьжучу цӀа чу елира Бат-ШабаӀ. Паччахь чӀогӀа къена вара. Цунна оьшург деш шунамхо йолу АбишагӀ яра цу чохь. 16 Бат-ШабаӀа, охьа а таьӀна, корта охьабахийтира паччахьна хьалха. Ткъа паччахьо элира: «Хьуна хӀун оьшу?»

17 Бат-ШабаӀа жоп делира: «Сан олахо, сан паччахь! Хьайн Далла хьалха хьайн лай йолчу суна чӀагӀо ма йира ахьа, сан кӀант Сулим хьайл тӀаьхьа паччахь хилла охьахуур ву аьлла. 18 Ткъа хӀинца Адан-ЯхӀух паччахь хилла боху. Хьуна-м, сан паччахь волу олахо, иза хаа а ма ца хаьа. 19 Дуккха а стерчий а, эсий а, уьстагӀий а дайина, массо а хьан, паччахьан, бераш а, динан да Абу-ЯтӀари а, тӀемалойн хьаькам волу Йоаб а кхайкхина цо. Ткъа хьан лай волу Сулим цо ца кхайкхина. 20 Сан паччахь волу олахо, массо Исраилан халкъан бӀаьргаш хьуна тӀе боьгӀна бу, ахьа дӀакхайкхоре ладоьгӀуш, сан паччахь волу олахо, хьан метта, хьол тӀаьхьа мила хир ву те бохуш. 21 ХӀунда аьлча сан паччахь волу олахо, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхетча, суна а, сан кӀантана Сулимна а тӀе бехк божор бу».

22 Бат-ШабаӀ паччахье йистхилла а ялале, Ната-пайхамар схьавеара. 23 Паччахье хаам бира, Ната-пайхамар веана аьлла. Паччахь волчу чу а ваьлла, шен корта лаьтта кхаччалц охьатаӀийра Ната-пайхамаро. (Цу хенахь Бат-ШабаӀ чуьра араелира, хӀунда аьлча, шен гӀуллакх дахьаш, паччахь волчу цхьана стеган бен ван йиш яцара.) 24 Цо элира: «Сан паччахь волу олахо! Аьллерий те ахь, хьайл тӀаьхьа паччахьалла а деш, хьайн метта Адан-ЯхӀу охьахуур ву аьлла? 25 ХӀунда аьлча Адан-ЯхӀус тахана, ара а ваьлла, дуккха а стерчий а, эсий а, уьстагӀий а дайина. Берриге а паччахьан кӀентий а, тӀемалойн хьаькамаш а+ 1:25 *ТӀемалойн хьаькамаш *– цхьана тишачу гочдар тӀехь дӀаяздина ду: *сан эскаран хьаькам Йоаба.*, динан да волу Абу-ЯтӀари а тӀе а кхайкхина, Ӏаш ву иза. ХӀинца уьш и волчохь юуш а, молуш а бу. Цара боху: „Вехийла Адан-ЯхӀу-паччахь!“ 26 Ткъа хьан лай волу со а, динан да ЦӀадукъа а, ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу а, хьан лай Сулим а ца кхайкхина цо. 27 Сан паччахь волчу олахочун лаамца хилла дуй те иза? Хьан лай волчу соьга хӀунда ца хаийтина те ахьа, мила хуур ву сан паччахь волчу олахочул тӀаьхьа цуьнан метта паччахьалла дан?»

28 ТӀаккха Дауд-паччахьо элира: «Схьакхайкхал суна тӀе Бат-ШабаӀ». Иза, паччахь волчу а еана, цунна хьалха дӀахӀоьттира. 29 ТӀаккха жоп луш, Дауд-паччахьо элира: «Сан массо а халчу баланех со кӀелхьарваьккхинчу, дийна волчу Везачу Элах дуй боу ас, 30 Исраил халкъан Везачу Далла хьалха айса хьуна чӀагӀо ма-ярра, хьан кӀант Сулим, паччахьалла а деш, сан метта охьахуур ву аьлла. Иштта иза дийр а ду ас тахана».

31 ТӀаккха, корта лаьтта кхаччалц паччахьна хьалха охьа а таӀийна, Бат-ШабаӀа элира: «Вехийла сан паччахь волу олахо абаденналц!»

32 Цул тӀаьхьа Дауд-паччахьо элира: «Схьакхайкха суна тӀе динан да волу ЦӀадукъа а, Ната-пайхамар а, ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу а».

Уьш паччахь волчу чубевлира.

33 Паччахьо элира цаьрга: «Шайца сан уллоранаш а эций, сан кӀант Сулим, сан бӀарзанна тӀе а хаавай+ 1:33 *Сан бӀарзанна тӀе а хаавай *– иза хилла цу хенахь паччахь хиларан билгало.*, Гихьон-шовданна йисте дӀавига. 34 Цигахь динан дас ЦӀадукъас а, Ната-пайхамаро а Исраил-махкана тӀехь паччахьалла дан къобалвийр ву Сулим, коьрта тӀе даьтта а дуттуш. Цул тӀаьхьа, уьстагӀан маӀа а локхуьйтуш, дӀакхайкхаде: „Вехийла Сулим-паччахь!“ – аьлла. 35 И хӀума шаьш дина девллачул тӀаьхьа юха схьавалаве иза. ТӀаккха Сулим, схьа а веана, сан, паччахьан, метте охьахуур ву. Цо сан метта паччахьалла дийр ду. Исраилан халкъана а, ЯхӀудан халкъана а тӀехь баьчча хила аьлла, весет дина аса цуьнга».

36 ЯхӀу-ЯдаӀан кӀанта БенъяхӀус, паччахье жоп луш, элира: « Амин! Иштта олийла Везачу Эло, сан паччахь волчу олахочун Дала. 37 Веза Эла сан паччахь волчу олахочуьнца ма-хиллара, иштта хуьлийла Иза Сулимца а, сан олахо волчу Даудан паччахьаллел а, лакхадоккхийла Цо Сулиман паччахьалла а».

38 ТӀаккха динан да волчу ЦӀадукъас а, Ната-пайхамаро а, ЯхӀу-ЯдаӀан кӀанта БенъяхӀус а, кератхоша а, палетхоша+ 1:38 *Кератхой, палетхой *– кхечу мехкашкара болу, паччахь ларвеш болу тӀемалой.* а Сулим, Дауд-паччахьан бӀарзанна тӀе а хаийна, Гихьон олучу шовдан йисте вигира. 39 Цул тӀаьхьа динан дас, деза четар чуьра деза хьакхар чохь долу маӀа схьа а эцна, и хьакхар Сулиман коьрта тӀе доьттира+ 1:39 *И хьакхар Сулиман коьрта тӀе доьттира *– и дарца Сулим паччахь хиларна къобалвар гойтура.*. ТӀаккха зурманчаша коьман маӀа лекхира. Дерриг халкъо, аз айадеш, бохура: «Вехийла Сулим-паччахь!» 40 Цул тӀаьхьа дерриг а халкъ, зурманаш а лоькхуш, Сулимна тӀаьхьахӀоьттира. Массо а халкъана и хӀума чӀогӀа хазахеттера. Церан маьхьарша дерриг а латта дегадора.

41 ХӀума юучуьра севцича, Адан-ЯхӀуна а, цо кхайкхинчарна а и гӀовгӀанаш хезира. Ткъа коьман маӀан гӀовгӀа хезна волчу Йоаба элира: «И хӀун гӀовгӀа ю яьлларг? ХӀун ду те гӀалахь хилларг?» 42 Цо и боххушехь, динан ден Абу-ЯтӀарин кӀант ЯхӀуната тӀевеара. Ткъа Адан-ЯхӀус цуьнга элира: «Чувала, хьо хьанал стаг ву. Ахьа дика кхаъ беана хир бу».

43 ТӀаккха ЯхӀунатас Адан-ЯхӀуга жоп делира: «ХӀан-хӀа. Дика кхаъ бац ас беанарг! Вайн олахочо Дауд-паччахьо Сулим паччахь вина дӀахӀоттийна. 44 Паччахьо динан да ЦӀадукъа а, Ната-пайхамар а, ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу а, кератхой а, палетхой а бахийтина, цара Сулим паччахьан бӀарзанна тӀе хаийна. 45 ТӀаккха Гихьон-шовданан йистехь динан да волчу ЦӀадукъас а, Ната-пайхамаро а Сулим паччахь ван къобалвина. Цигара дӀадоьдуш долу халкъ чӀогӀа хазахетта ду, ерриг гӀала а меттахъяьлла. Цундела яьлла шуна хезаш йолу и гӀовгӀа. 46 ХӀинца паччахьан метта Сулим охьахиъна. 47 Ткъа паччахьан уллорачара, вайн олахо Дауд паччахь декъалвеш, элира: „Хьан Дала Сулиман цӀе хьан цӀарал а сов язйойла, цуьнан паччахьалла хьан паччахьаллел а лакхадоккхийла“. ТӀаккха Дауд-паччахь ша меттахь волччохь охьатаьӀира царна. 48 Дауд-паччахьо иштта дешнаш элира: „Декъал ву Веза Эла, Исраилан халкъан Дела, тахана сан кӀант сан метта паччахь хилла охьахууш суна гайтина волу!“»

49 ТӀаккха Адан-ЯхӀус кхайкхина берш, кхера а белла, шайн-шайн цӀа дӀасабахара. 50 Ткъа Сулимах кхоьруш волу Адан-ЯхӀу, хьала а гӀаьттина, вахана сагӀа доккхучу кхерчан маӀех тасавелира+ 1:50 *СагӀа доккхучу кхерчан маӀаш *– и маӀаш схьалаьцна волу хӀора а стаг ша верах кӀелхьарволура.*. 51 ТӀаккха Сулимна тӀе хабар кхачийра, Адан-ЯхӀу Сулим-паччахьах кхера а велла, и кхерч схьа а лаьцна, лаьтташ ву аьлла. Цо доьху шена Сулим-паччахьо чӀагӀо яр, шен лай Адан-ЯхӀу тур тоьхна цо вуьйр вац аьлла.

52 Ткъа Сулим-паччахьо элира: «Нагахь иза хӀинца дуьйна дог цӀена стаг хилахь, цуьнан коьрта тӀера цхьа а чо лаьтта охьабожор бац, амма иза ямарта хилахь, лийр ву». 53 ТӀаккха Сулим-паччахьо, ялхой а бахийтина, сагӀа доккхучу кхерчан уллора схьавалавайтира Адан-ЯхӀу. Иза схьа а веана, Сулим-паччахьна хьалха охьатаьӀира. Ткъа Сулим-паччахьо Адан-ЯхӀуга элира: «Вало, хьайн цӀа гӀо».

2

Дауд-паччахьо Сулимна бина хьехамаш

1 Дауд-паччахьан валаран хан тӀееара. Шен кӀанте Сулиме весет а деш, цо элира: 2 «ХӀинца со, сан хене кхаьчна долу массо а адам санна, коша вижа герга вахана. Ткъа хьо, чӀагӀлой, доьналла долуш хилалахь. 3 Ахьа хьайн Везачу Делан весеташ ларделахь, Цуьнан некъашца а лелаш, Цуьнан хьехамаш а ларбеш, Цо билгалдаьккхинарш а, Цуьнан омра а, Муса-пайхамаран товрат тӀехь яздина ма-хиллара, кхочушделахь. ТӀаккха хир ву хьо массо а хӀуманна тӀехь кхиамаш болуш, ахьа хӀуъа дахь а, миччахьа хьо гӀахь а, хьанна тӀе хьо водахь а. 4 ТӀаккха кхочушдийр ду Дала Ша суна делла долу Шен дош. Везачу Эло соьга аьлла: „Нагахь хьан тӀаьхьено доггах, шен доллучу синца Суна хьалха шайн дахаран некъаш тешам хиларца лардахь, даим хьан тӀаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тӀехь“».

5- 2:5 а: Дауд 3:27; б: Дауд 20:10. Кхин а Дауд-паччахьо элира: «Хьуна дагадогӀу-кх, Царуятан кӀанта Йоаба хӀун дира суна? Цо Исраилан халкъан эскаран ши хьаькам вийра. Уьш бара Неран кӀант Абунар, ИтӀаран кӀант Ӏамасаъ. Маьршачу хенахь, тӀамехь Ӏанош санна, цӀий Ӏанийра Йоаба церан. Цу шиннан цӀийх дуьзира цо шен гӀодаюкъара доьхкий, шен когара мачашший. 6 ХӀинца ахьа хьекъалца чекхдаккха и гӀуллакх, амма къеналлин Ӏожаллица ма валийта Йоаб.

7- 2:7 Дауд 17:27-29. Ткъа галӀадхо волчу Барзалайн кӀентех къинхетам бе, уьш хьайна тӀе а озош, айхьа дола дечарна юкъа а бохуьйтуш. Цара дика гӀо дира суна, хьан веших Абушаламах со кӀелхьарволучу хенахь.

8- 2:8 Дауд 16:5-13; 19:16-23. Кхин а, диц ца долуьйтуш, дагалацалахь, Бахьрум олучу меттигера бен-яманхочун Герин кӀант ШамаӀи а ву хьуна. Со Махьанайм олучу меттиге воьдучу хенахь, цо чӀогӀа сардамаш доьхкира суна+ 2:8 *Сардамаш *– цу заманахь Муса-пайхамаран тептарш тӀехь болчу хьехамаша паччахьашна сардам боллар ца магадора.*. Иза Йордан-хин йистехь сайна дуьхьал кхетча, аса Везачу Элах дуй биънера, айса, тур тоьхна, иза вуьйр вац аьлла. 9 Ткъа хьуна хьайна а хуур ду, хьо хьекъал долуш хиларе терра, иза шен цӀий Ӏанорца эхарте вахийтархьама айхьа дан дезарг».

Дауд-паччахь дӀакхалхар

10 ТӀаккха Дауд-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. 11- 2:11 Дауд 5:4, 5; 1 Шерашкахь 3:4. Дауд-паччахьо Исраил-махкахь паччахьалла дина йолу ерриге а хан шовзткъа шо яра: царах Хьеврон-гӀалахь ворхӀ шарахь, ткъа Ярушалайм-гӀалахь ткъе кхойтта шарахь. 12- 2:12 1 Шерашкахь 29:23. ТӀаккха шен ден Дауд-паччахьан метта Сулим паччахь хилла охьахиира. Цуьнан паччахьалла дика чӀагӀделла лаьттира.

Адан-ЯхӀун валар

13 Цхьана дийнахь Хьагатан кӀант Адан-ЯхӀу, Сулиман нанна Бат-ШабаӀна тӀе а веана, цунна хьалха охьатаьӀира. Бат-ШабаӀа хаьттира цуьнга: «Маршонца дуй те хьан вар?»

Адан-ЯхӀус жоп делира: «Маршонца ду», – аьлла. 14 «Хьоьга деха цхьа хӀума дара сан», – элира Адан-ЯхӀус.

«Деха хьайна», – элира Бат-ШабаӀа.

15 ТӀаккха Адан-ЯхӀус элира: «Хьуна хаьа, и паччахьалла суна догӀуш дарий. Дерриг а Исраилан халкъ соьга, хин волчу паччахье санна, хьоьжуш Ӏаш дара. Амма хӀара паччахьалла, соьгара дӀа а даьлла, сан вешина кхечи, хӀунда аьлча иза Везачу Элера кхаьчна дара цунна. 16 Ткъа хӀинца цхьа хӀума доьху ас хьоьга, ахьа иза дӀа ма татталахь».

«Ала хьайна», – элира Бат-ШабаӀа.

17- 2:17 Сулим 1:3, 4. ТӀаккха Адан-ЯхӀус элира: «Ас доьху хьоьга Сулим-паччахье дехар дар, хӀунда аьлча цо ахьа аьллачунна дуьхьало йийр яцара. Суна цуьнгара шунамхо йолу АбишагӀ сайна йига пурба дезара».

18 «Дика ду, – элира Бат-ШабаӀа, – хьан дуьхьа доьхур ду ас паччахье».

19 Иза а аьлла, Бат-ШабаӀ Сулим-паччахьна тӀе яхара Адан-ЯхӀус аьлларг дӀадийца. Паччахь, хьала а гӀаьттина, цунна хьалха охьа а таьӀна, шен паччахьан гӀанта тӀе юха а охьахиира. Паччахьан нанна Бат-ШабаӀна а деара гӀант, тӀаккха иза паччахьна аьтту агӀор охьахиира. 20 Бат-ШабаӀа элира: «Сан цхьа жима дехар дара хьоьга, кхочуш ца деш ма дитахьара ахьа иза».

«Деха, сан нана, дуьхьало йийр яц ас хьан дехарна», – элира Сулим-паччахьо.

21 ТӀаккха нанас элира: «Шунамхо АбишагӀ хьайн вешина Адан-ЯхӀуна зуда хилийта дӀалохьа».

22 Сулим-паччахьо, шен нене жоп луш, элира: «ХӀунда доьху ахьа Адан-ЯхӀуга шунамхо йолу АбишагӀ яхийтар? ТӀаккха-м и ехна ца Ӏаш, паччахьалла а дӀадалар хӀунда ца доьху ахьа цунна. Иза сан воккхах волу ваша ма ву? Цунна и ехарца динан да волчу Абу-ЯтӀарина а, Царуятан кӀантана Йоабана а паччахьалла доьхуш ю хьо». 23 ТӀаккха Сулим-паччахьо, Везачу Элах дуй бууш, элира: «Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таӀзар дойла суна, и дешнаш Адан-ЯхӀус шен Ӏожаллина ца аьллехь. 24 Везачу Эло со сайн ден Дауд-паччахьан гӀанта тӀе охьахаийна. Ша делла долу дош Цо кхочушдина, суна а, сан доьзална а паччахьалла а делла. Цу дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас тахана Адан-ЯхӀу лийриг хиларх!»

25 ТӀаккха Сулим-паччахьо ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу вахийтира иза вен. Цо Адан-ЯхӀу вийра.

Абу-ЯтӀарина таӀзар дар а, Йоабан валар а

26- 2:26 а: Дауд 15:24; б: Шамъал 22:20-23. Динан дега Абу-ЯтӀарига Сулим-паччахьо элира: «Хьо вен хьакъ дара, амма хьайн лаьтта тӀе Ӏанатот-гӀала+ 2:26 *Ӏанатот-гӀала *– иза Ярушалайм-гӀалина гена йоццуш меттиг ю.* дӀаваха могуьйту ас хьуна. Сан дас хьегна болу баланаш а хьоьгуш, сан дена Даудана хьалха вайн Хьалдолчу Элан деза тӀорказ ахь лелийна дела, цкъа хӀинца ца воьйтуш вуьту ас хьо». 27- 2:27 Шамъал 2:27-36. Динан да Абу-ЯтӀари Далла гӀуллакх деш волчуьра дӀаваьккхира Сулим-паччахьо. Иштта кхочушхилира Шилун олучу меттигехь Ӏелех а, цуьнан тӀаьхьенах а аьлларг+ 2:27 *Ӏелех... аьлларг *– Абу-ЯтӀари Ӏелин цӀийнах вара.*.

28 Сулим-паччахьо динчух лаьцна Йоабана а хезира, хӀунда аьлча иза а вара Абушаламехьа а воцуш, Адан-ЯхӀугахьа бевллачарна юкъахь. ТӀаккха цо, ведда Везачу Элан Четар чу а ваьлла, сагӀа доккхучу кхерчан маӀаш схьалецира. 29 Йоаб, ведда вахана, Везачу Элан четар чохь, сагӀа доккхучу кхерчан маӀаш а лаьцна, лаьтташ ву аьлла, Сулим-паччахье дӀахаийтира. ТӀаккха Сулим-паччахьо ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу хьажийра цига, – «ГӀой, Йоаб виэ», – аьлла. 30 БенъяхӀус, Везачу Элан четарна чу а ваьлла, Йоабе элира: «Паччахьо аравала боху хьоьга!»

Вукхо жоп делира: «ХӀан-хӀа, суна кхузахь вала лаьа».

БенъяхӀус паччахье дӀадийцира Йоаба шега аьлларг.

31 ТӀаккха паччахьо БенъяхӀуга омра дира: «Цо боххург дей, вен а вей, дӀаволла иза. Иштта со а, сан ден тӀаьхье а паргӀатъер ю Йоабера баьллачу бехках, хӀунда аьлча цо бехк боцучу нехан цӀий Ӏанийна. 32 Сан дена Даудана ца хууш, шел дуккха гӀоле а, дог цӀена а волу, цхьа а бехк боцу ши стаг, тур тоьхна, вийнера цо. Уьш бара исраилхойн эскаран хьаькам хилла волу Неран кӀант Абунар, яхӀудхойн эскаран хьаькам хилла волу ИтӀаран кӀант Ӏамасаъ. 33 Церан Ӏаьнна цӀий Йоабан коьрта тӀе а, цуьнан тӀаьхьенна тӀе а дужийла абаденналц. Ткъа Даудана а, цуьнан тӀаьхьенна а, цуьнан цӀенна а, цуьнан паччахьаллина а Везачу Элера маршо хуьлийла абаденналц!»

34 ТӀаккха ЯхӀу-ЯдаӀан кӀанта БенъяхӀус вахана Йоаб вийра. Иза шен цӀерачу яьссачу аренгахь дӀавоьллира. 35 Цул тӀаьхьа ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу Йоабан метта эскаран хьаькам вахийтира Сулим-паччахьо. Ткъа динан да волу ЦӀадукъа Абу-ЯтӀарин метта динан коьрта да хӀоттийра цо.

ШамаӀин валар

36 ТӀаккха ШамаӀи схьавалаве аьлла, омра дира Сулим-паччахьо. ШамаӀига Сулим-паччахьо элира: «Хьайна Ярушалайм-гӀалахь цӀа а дай, кхузахь Ӏе, кхузара цхьана а метте дӀаса а ма вала. 37 Нагахь хьо, кху гӀалин чуьра ара а ваьлла, Кхидрун-хих дехьа валахь, хьо вуьйр ву, ткъа иза хьан-хьайн бехкенна а хир ду».

38 ШамаӀис паччахье жоп делира: «Дика ду, сан паччахь волу олахо, ахьа омра ма-дарра, иза кхочушдийр ду хьан лай волчу аса». Иштта дикка хан яллалц Ӏийра ШамаӀи Ярушалаймехь.

39 Амма, кхо шо даьлча, ШамаӀин ши лай Гати-гӀалин паччахь волу МаӀхин кӀант Ахаш волчу ведда дӀавахнера. ТӀаккха ШамаӀига хаам бира, хьан ши лай Гати-гӀалахь ву аьлла. 40 ШамаӀи, гӀаьттина, шен вир а йоьжна, Гати-гӀала Ахаш волчу шен ши лай схьалаха вахара. Иштта, и шен ши лай а валош, Гати-гӀалара юхавирзира ШамаӀи. 41 Ткъа Сулим-паччахьна тӀедаьхьнера, ШамаӀи, Ярушалаймера Гати-гӀала а вахана, юхавирзина аьлла. 42 Паччахьо, шен ялхошка ШамаӀи схьа а валавайтина, элира цуьнга: «Везачу Элах дуй ца биънера аса, хьоьга дӀа а хоуьйтуш, нагахь хьо миччанхьа а гӀала чуьра аравалахь, цу дийннахь хьо лийр ву аьлла? Ткъа ахьа соьга: „Дика ду. Ахь боххург дийр ду ас“, – элира. 43 Ас хьайга, Везачу Элана хьалха дуй бууш, дина омра кхочуш хӀунда ца дира ахьа?» 44 ТӀаккха паччахьо кхин а элира ШамаӀига: «Хьуна а, хьан дагна а хаьа сан дена Даудана айхьа дина вон. Ахьа йина хӀуьттаре хьайн коьрта тӀе ерзайойла хьуна Везачу Эло! 45 Ткъа Сулим-паччахь декъал хуьлийла! Даудан тӀаьхьенан паччахьалла меттах ма долийла Везачу Элана хьалха абаденналц!»

46 ТӀаккха ЯхӀу-ЯдаӀан кӀанте БенъяхӀуга Сулим-паччахьо омра дира, ШамаӀи ве аьлла. Вукхо, вахана, иза вийра. Иштта велира ШамаӀи.

Цу хенахь дуьйна Сулим-паччахьан паччахьалла чӀагӀделла лаьтташ дара.

3

Сулим-паччахьан доӀа

(2 Шерашкахь 1:3-12)

1 Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунца гергарло тесира Сулим-паччахьо, цуьнан йоӀ шена а ялийна. Шен паччахьан цӀа а, Везачу Элан цӀа а, керт а, Ярушалайм-гӀалина гонах йолу тӀулган керт а дӀахӀоттаяллалц, Даудан гӀала ялийра Сулим-паччахьо пирӀунан йоӀ. 2 Везачу Элан цӀе язъян лерина долу цӀа цкъа хӀинца а дина дӀахӀоттоза дара, цундела халкъо цкъачунна гунаш тӀехь доккхура сагӀа. 3 Шен дас Дауда шена ма-хьеххара, дерриг а кхочушдеш, Везачу Эле шен болу безам гойтура Сулим-паччахьо. Амма Сулим-паччахьо ша а цкъа хӀинца Везачу Элана сагӀа дар а, хаза хьожа йогӀу хӀума ягийтар а сагӀа доккхучу гунаш тӀехь дора.

4 Иштта, шен ГавӀон цӀе йолчу гӀала вахара Сулим-паччахь, цигахь сагӀа даккхархьама, сагӀа даккхаран коьрта барз оцу гӀалахь лаьтташ болу дела. Цигахь долчу сагӀа доккхучу кхерчан тӀехь эзар дийнат дагоран сагӀа доккхура Сулим-паччахьо. 5 ГавӀон-гӀалахь, Сулим-паччахь вижна волуш, гӀенах Дела дуьхьалхӀоьттира цунна. «Деха хьайна луъург», – элира Дала.

6 Ткъа Сулим-паччахьо жоп делира: «Хьайн лай волу сан да Дауд Хьуна хьалха тешаме а, бакъахьара а, дог цӀена а леларна, Ахь цунна доккха дика дина. Цунна кӀант а велла, иза, хӀинца долуш ма-дарра, цуьнан паччахьан гӀантана тӀе а хаийна, Ахь цунна дина и доккха дика цунна тӀехь битира Ахьа. 7 Ткъа хӀинца, сан Веза Дела, Хьайн лай волу со дӀахӀоттийна Ахьа, паччахь а вина, сан ден Даудан метта. Амма со хӀинца а бер санна ву. Сан хӀинца а хьекъал ца кхочу, айса дан дезарг кхочушдан. 8 Ахьа хаьржина долчу, дагардина ца валлал дукха долчу Хьан халкъана юкъара Хьан лай ву со. 9 Доьху Хьоьга, лохьа Хьайн лай волчу суна хьекъалалла, Хьан халкъана юкъахь нийсаниг лело а, кхелахо хила а. Ӏамавехьа со дика а, вон а къасто. И хьекъал ца хилча, хӀокху Хьан оццул дукха долчу халкъана тӀехь урхалла хьаьнга далур ду?»

10 Сулим-паччахьо дехначунна резахилира Веза Эла. 11 Дала элира цуьнга: «Ахьа хьайн дуьненахь йоккху хан яхъяр а ца доьхуш, хьайна хьал хилийтар а ца доьхуш, хьайн мостагӀийн синош хӀаллакдар а ца доьхуш, хьайна хьекъал-кхетам балар дехарна, кхел ечу хенахь нийса сацам бархьама, 12 лур ду Ас хьуна ахьа доьххург. Ас лур ду хьуна хьекъаллий, кхетаммий, кхин хьо саннарг хьол хьалха цкъа а ца хиллачу тайпана а, кхин хӀинца чул тӀаьхьа хьо саннарг хир а воцучу тайпана а. 13 Ахьа ца дехнарг а лур ду Ас хьуна. Алссам хьал а, сийлалла а лур ду Ас хьуна, хьо велла дӀаваллалц, хьо санна паччахь кху дуьненахь кхин хир воцучу тайпана. 14 Нагахь хьо Сан некъашца а лелахь, Ас тӀедехкинарш а, Сан весеташ а кхочушдеш хьо лелахь, хьан да Дауд ма-леллара, Ас яхйийр ю хьан вахаран хан а».

15 Ша самаваьлча, Сулим кхийтира, иза гӀан хиллий. ТӀаккха Ярушалайм-гӀала юха а вирзина, Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказна хьалха а хӀоьттина, шен а, халкъан а сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь сагӀа даьккхира Сулим-паччахьо. Уьш дара дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш. ТӀаккха доккха той хӀоттийра паччахьо шен массо а ялхошна.

Сулим-паччахьан хьекъалалла

16 Цкъа, Сулим-паччахьна тӀе а еана, цунна хьалха дӀахӀоьттира нахаца лела ши зуда. 17 Цу шиннах цхьаммо элира: «Сан олахо, со а, хӀара зуда а цхьана цӀа чохь Ӏаш ю. ХӀара зуда а йолуш, аса оцу цӀенна тӀехь бер динера. 18 Ас бер дина кхоалгӀачу дийнахь хӀокху зудчун а бер хилира. Оцу цӀахь тхойшиъ йоцург кхин цхьа а адам дацара. 19 Буса хӀокху зудчун кӀант, хӀара цунна тӀетовжар бахьана долуш, велира. 20 Ткъа буьйсанна, хьан лай йолчу суна наб кхеттачул тӀаьхьа, сан кӀант дӀа а эцна, иза шен некхана тӀе а виллина, шен велла волу кӀант сан некхана тӀе виллина цо. 21 Ӏуьйранна, сайн кӀант вакхо со хьалагӀаьттича, иза велла карийра суна. Амма дикка цуьнга хьаьжча, иза аса вина сайн кӀант воцийла а хиира суна».

22 ТӀаккха вукху зудчо элира: «ХӀан-хӀа, сан кӀант дийнаниг ву, ткъа хьайниг велларг ву».

Ткъа дуьххьарлерчу зудчо бохура: «ХӀан-хӀа, хьайниг ву велларг, дийнаниг сан кӀант ву».

Иштта паччахьна хьалха къуьйсуш яра и ши зуда.

23 ТӀаккха паччахьо элира: «Шу шиннах хӀораммо а боху дийна долу бер шен ду, тӀаккха шух хӀораммо а боху делларг шен бер дац. 24 Схьадал суна тур», – элира паччахьо. Тур схьадеара паччахьна. 25 «Вай хӀинца хӀара дийр ду, – элира паччахьо, – и дийна долу бер хада а дай, ах а даккхий, цунах ши дакъа де. ТӀаккха хӀора зудчунна цхьацца дакъа дӀало».

26 ТӀаккха далаза бер долчу зудчун, шен кӀанте болчу безамна а, цунах чӀогӀа къахетарна а, кийра багийра. Оцу зудчо жоп делира: «Сан олахо! Ма дейша и бер, иза дийна а долуш дӀалойша оцу зудчунна».

Ткъа шолгӀачу зудчо элира: «Я суна а, я цунна а ма кхочийла и кӀант. Вей, дӀаваккха аша иза!»

27 ТӀаккха, жоп луш, паччахьо элира: «И бер, ден а ца дуьйш, хӀокху зудчунна дӀало аш. ХӀара ю кху кӀентан нана!»

28 Паччахьо йинчу кхелах лаьцна Исраил-мехкан дерриг а халкъана дӀахезира. Цу хенахь дуьйна наха Сулим-паччахь чӀогӀа лара а лорура, уьш цунах оза а лора. ХӀунда аьлча нахана гира, бакъдолчуьнца паччахьалла лелорхьама, Дала Сулим-паччахьна хьекъал деллийла.

4

Сулим-паччахьан пачхьалкхехь хилла болу коьрта хьаькамаш

1 Цу тайпана, берриг а Исраил-махкана тӀехь паччахь хилира Сулимах. 2 Сулим-паччахьан го иштта бара:

динан да волчу ЦӀадукъин кӀант Ӏазар-ЯхӀу;

3 Шайшаан кӀентий Элихьорап а, АхьъяхӀу а – уьш бара кехаташ яздархой;

Ахьлудан кӀант ЯхӀушапти, пачхьалкхан гӀуллакхех лаьцна яздархо;

4 ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу, эскаран хьаькам волу;

динан дай болу ЦӀадукъа а, Абу-ЯтӀари а;

5 Натин кӀант Ӏазар-ЯхӀу – иза мехкадайн куьйгалхо вара;

Натин кӀант Зубади – иза динан да а, паччахьан юххера хьехамча а вара;

6 Ахьишар – иза паччахьан цӀентӀехь хьаькам вара;

Ӏабдин кӀант Адунурам, беза белхаш бойтучу нахана тӀехь куьйгалхо волу.

7 Берриг а Исраил-махкана тӀехь Сулим-паччахьо дӀахӀоттийна шийтта мехкада вара. Цара сурсаташ дӀакхачадора паччахьна а, цуьнан цӀенна а. Царах хӀораммо а шеран цхьана баттана догӀу сурсаташ латто дезара. 8 Церан цӀераш иштта яра:

лаьмнашкахь болчу Эпрайм-махкахь мехкада волу Бен-Хьур.

9 Бен-Декъар вара Макхац, ШаӀалбан, Байт-Шамаш, Эйлон, Байт-Хьанан цӀераш йолу гӀаланаш юкъайогӀучу мехкан мехкада.

10 Бен-Хьесад вара Арубат олучу а, Соха а гӀаланийн а, Хьепар олучу берриг а мехкан мехкада.

11 Бен-Абунадиб вара берриг Напат-Дор олучу мехкан мехкада. Ткъа Сулим-паччахьан йоӀ ТӀапат цуьнан зуда яра.

12 Ахьлудан кӀант БаӀана вара ТаӀнак а, МагӀидда а олучу гӀаланийн а, берриг Байт-Шеан цӀе йолчу мехкан а (иза бара ИзраӀал-гӀалина лахахь йолчу ЦӀартан-гӀалина юххехь), Байт-Шеан-махкара дуьйна болалуш Абел-Мехьал а, ЯкхмаӀам а олучу гӀаланашна тӀекхаччалц болчу мехкийн да.

13 Бен-ГӀебар вара ГалӀадан Рамат-гӀалин гонах болчу мехкийн мехкада. Оцу мехкашна юкъайогӀура ГалӀад-махкахь йолу Маннашан кӀентан Яиран ярташ. Иштта АргӀаб цӀе йолу Башан-махкахь йолу меттиг а, цӀестан гӀораш долуш, лекха керташ йолу кхузткъа йоккха гӀала а яра цу юкъайогӀуш.

14 Ӏиддин кӀант Ахьинадаб Махьанайм цӀе йолчу мехкан да вара.

15 Наптал-махкахь мехкада вара АхьимаӀац. Цо Сулим-паччахьан йоӀ Басамат йигнера шена.

16 Хьушайн кӀант БаӀана вара Ашар-мехкан а, БеӀалт-юьртан а мехкада.

17 Иссархан-мехкан да вара Парухьан кӀант ЯхӀушапти.

18 Элан кӀант ШамаӀи Бен-Яман-мехкан мехкада вара.

19 Эмархойн паччахьан Сихьонан а, Башан-мехкан паччахьан ӀовгӀин а хиллачу ГалӀад-мехкан мехкада вара Урин кӀант ГӀебар.

ЯхӀуд-махка тӀехь а цхьа мехкада хӀоттийнера.

Сулим-паччахьо олалла дечу хенахь хилла беркат

20 ЯхӀуд-махкахь а, Исраил-махкахь а, хӀордан йистера гӀум санна, алсамдаьлла дебнера халкъ. И адамаш юуш, молуш, самукъадолуш дара. 21- 4:21 Доладалар 15:18; 2 Шерашкахь 9:26. Эпрат-хин тӀера дӀадоладелла пӀелаштамхойн махкана тӀекхаччалц а, Мисар-мехкан дозане кхаччалц а йолчу меттигашкарчу массо а паччахьна тӀехь олалла дора Сулим-паччахьо. Оцу пачхьалкхаша Сулим-паччахь дӀакхалхалц массо а тайпана сурсаташ а, кхин долу хьал а латтадора, гӀуллакх а дора цунна.

22 Сулим-паччахьна а, паччахьан цӀентӀехь цунна гӀуллакх деш болчарна а, хӀора дийнахь юучунна оьшуш йолу хӀума иштта яра: бӀе шовзткъе итт гали кӀен дама а, кхо бӀе гали кхин тайпана долу дама а, 23 итт бустийна сту а, жа тӀера цхьа бӀе уьстагӀ а. Уьш доцург кхин а сеш, масарш, лунаш, дустийна зӀакардаьхни а дара.

24 Сулим-паччахьан олаллехь дара Эпрат-хина малхбузехьара агӀор болчу Тапсахь-гӀалара дуьйна Ӏази-гӀала кхаччалц долу мехкаш. Оцу Эпрат-хина сехьа агӀор долчу мехкашкара паччахьашна а тӀехь олалла деш вара Сулим-паччахь. Гонах долчу кхечу дерриг а мехкашца а машарехь Ӏаш вара Сулим-паччахь. 25 Иштта, ЯхӀуд-мехкан а, Исраил-мехкан а адамаш Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀ-гӀала кхаччалц хӀора а шайн-шайн кемсийн а, инжир-диттийн а ӀиндагӀашкахь тийна-маьрша Ӏаш бара, Сулим-паччахь дийна мел ву.

26- 4:26 Сулим 10:26; 2 Шерашкахь 1:14; 9:25. Йиъ эзар+ 4:26а *Йиъ эзар *– иштта грекийн гочдаро олу. Ӏебархойн маттахь дӀаяздина ду: *шовзткъа эзар.* гӀудалкх южу дойн керт а, шийтта эзар дин+ 4:26б *Шийтта эзар дин *– я иштта: *шийтта эзар дошло.* а бара Сулим-паччахьан. 27 Цуьнан шийтта мехкадас шеран шийтта беттан хӀора баттахь цхьаццаммо Сулим-паччахьна а, цуьнца цхьаьна шуьне охьаховшуш болчарна а оьшшург латтадора. Иштта, цара цхьа а хӀума ца оьшуьйтура цунна. 28 Говрашна а, кхин долу мохь тӀе буьллу дийнаташна а оьшуш йолу йол а, мукх а хӀораммо шайн-шайн рогӀехь тӀебахьара паччахьна ян езачу меттиге. 29 ХӀордан йистера гӀум йолччул боккха кхетам а, шортта хьекъалалла а деллера Дала Сулим-паччахьна. 30 Малхбалехьарчу дерриг а халкъийн а, берриг а Мисар-мехкан халкъан а хьекъалал а сов дара Сулим-паччахьан хьекъалалла. 31- 4:31 Забур 89:1. Иза массо адамал а хьекъалдолуш вара. Сулим-паччахьан хьекъалалла Ӏезарахьахо волчу Этанан а, Махьалан кӀентий болчу ХӀайманан а, Калкалан а, ДардаӀан а хьекъалаллел а сов дара. Сулим-паччахьан цӀеран сийлалла хьалаяьллера гонах долчу дерриг а халкъашна юкъахь. 32- 4:32 Кицанаш 1:1; 10:1; 25:1; Илли 1:1. Сулим-паччахьо кхо эзар кица а, цхьа эзар пхи илли а аьллера. 33 Цо дуьйцура диттех лаьцна хаза хӀуманаш, Ливанун-махкахь долуш долчу баганан диттах лаьцна дӀаволавелла, поппарца боьттинчу пенах схьаюьйлучу бецех лаьцна а олуш. Сулим-паччахьо дуьйцура дийнатех а, олхазарех а, текхаргех а, чӀерех а лаьцна долу хӀуманаш. 34 Сулим-паччахьан хьекъалаллех лаьцна хезначу дуьнен чуьра массо а паччахьаша хьажийна болу, массо а къаьмнех болу нах оьхура Сулим-паччахье ладогӀа.

5

Сулим-паччахьо Делан цӀа дан а, керт ян а кечам бар

(2 Шерашкахь 2:1-18)

1 Цора-гӀалин паччахь волу Хьирам Дауд-паччахь дийна волчу хенахь цуьнан доттагӀа вара. Ткъа хӀинца, Дауд-паччахьан метта цуьнан кӀант Сулим паччахьалла дарна къобалвина аьлла, шена хезча, Хьирама шен геланчаш бахийтира цунна тӀе. 2 ТӀаккха Сулим-паччахьо уьш юхахьовсийра, Хьирам-паччахье ала дезарг дӀа а олуш:

3 «Хьуна хууш ду, шен Везачу Делан цӀе язъян лерина долу цӀа дӀахӀоттадойла ца хилира сан ден Даудан. ХӀунда аьлча цуьнан тӀом бан дийзира гобаьккхина долчу халкъашца, Везачу Эло, толам а баккхийтина, мостагӀий когаш кӀел охьабахккалц. 4 Ткъа хӀинца сан Везачу Дала синтем белла суна массо а агӀор. ХӀинца бац я мостагӀий, я кхин дуьхьало ян а хӀумма дац. 5- 5:5 Дауд 7:12, 13; 1 Шерашкахь 17:11, 12. Иштта, хӀинца сайн Везачу Делан цӀе язъян лерина долу цӀа дан сацам бира ас, Везачу Эло сан дега Дауде ма-аллара. Везачу Эло цуьнга аьллера: „Аса хьан метта паччахьан гӀанта тӀе охьахаор волчу хьан кӀанта дӀахӀоттор ду Сан цӀе язъян лерина долу цӀа“. 6 Ткъа ахьа омра дехьа, Ливанун-махкара баганан дитташ суна хедадайта. Сан ялхоша хьан ялхошца цхьаьна болх бийр бу. Ткъа аса ахьа хӀоттор боллу мах дӀалур бу хьан ялхоша бийр болчу балхах, хӀунда аьлча тхан бац шун цӀаданхой санна болу дика дечиг-пхьераш».

7 Хьирам-паччахьо, шена Сулим-паччахьан и дешнаш хезча, чӀогӀа хаза а хетта, элира: «Баркалла ду Везачу Элана, Цо Даудана иштта хьекъал долуш кӀант валарна, оцу сийлахьчу халкъана тӀехь цуьнга олалла дайтархьама!» 8 ТӀаккха Хьирам-паччахьо ялхой бахийтира Сулим-паччахье дӀаала:

«Аса ладуьйгӀира ахьа дечу дехаре. И хьан диттех лаьцна болу лаам ас кхочушбийр бу. Баганан дитташ а, зоьзан дитташ а доуьйтур ду ас хьуна. 9 Сан ялхоша, Ливанун-махкара дӀа а даьхьна, хӀордана тӀе дахьар ду уьш, цигара дӀа ас бурамашца кхачадойтур ду уьш кхачо деззачу меттиге, цигахь тӀекӀел а дохкуш. ТӀаккха аша уьш цигара схьаоьцур ду. Амма ахьа а кхочушбе сан лаам, сан цӀенна оьшуш болу кхача боуьйтуш».

10 Иштта Хьирам-паччахьо, шега Сулим-паччахьо ма-деххара, баганан дечиг а, зоьзан дечиг а латтайора. 11 Ткъа Сулим-паччахьо бӀе эзар гали кӀа а, цхьа эзар биъ бӀе чами тоьлла долу зайтдаьтта а дохьуьйтура хӀора шарахь Хьирам-паччахьан цӀахь мел волчунна. 12 Ша лур ду ма-аллара, Везачу Эло хьекъал деллера Сулим-паччахьна. Иштта машар бара Хьирам-паччахьна а, Сулим-паччахьна а юкъахь. Цара вовшашна юкъахь барт бира.

13 ТӀаккха Сулим-паччахьо Исраил-мехкан дерриг а халкъана тӀедожийра ткъе итт эзар стаг белхаш байта гулвар. 14- 5:14 Сулим 12:18. ТӀаккха уьш хийца а хуьйцуш, итт-итт эзар хӀора баттахь Ливанун-махка болх бан бохуьйтура. Цара цхьана баттахь болх бора, ткъа шина баттахь уьш цӀахь Ӏара. Адунурама куьйгалла дора царна тӀехь. 15 Кхин кхузткъе итт эзар стаг деза кира лелош а, везткъа эзар стаг лаьмнашкахь тӀулг боккхуш а вара Сулим-паччахьан. 16 Уьш боцурш кхин а кхо эзар кхо бӀе хьаькам вара оцу белхаш бечу нахана тӀе хӀоттийна, царна а, цара бечу балхана а тӀехьожуш. 17 Даккхий деза тӀулгаш доуьйтура Сулим-паччахьо, тӀаккха уьш тӀулган говзанчашка нисдойтура, Везачу Элан цӀе язъян лерина долчу цӀийнан бух боттийтархьама. 18 И дитташ а, тӀулгаш а хьакха а хьокхуш, кечдеш бара Сулим-паччахьан а, Хьирам-паччахьан а белхалой а, Гебал-гӀалара пхьераш а. Кхаа шарахь кечдира цара уьш, Делан цӀа дӀахӀотторхьама.

6

Делан цӀа дӀахӀоттор

1 Исраилан халкъ Мисар-махкара схьадирзина диъ бӀе дезткъа шо даьлча, Везачу Элан цӀа дан долийра Сулим-паччахьо. Иза дара Сулим Исраил-мехкан паччахь хӀоьттина доьалгӀа шо долуш, Зив олучу шеран шолгӀачу баттахь. 2 Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀе язъян дечу цӀийнан дахалла кхузткъа дол, шоралла ткъа дол, лакхалла ткъе итт дол барам бара. 3 ЦӀенна хьалха йина уче яра. Иза цӀийнан дохалле а, шоралле а терра ткъа дол еха а, итт дол шуьйра а яра. 4 ЦӀенна чохь кораш динера, уьш, чекх са а гуш, шу а болуш, къевлина дара. 5 ЦӀенна тӀехиттина гӀишлош йира. Чухулара езачу чоьнна гонах а йолуш, агӀонаш тӀехь гобаьккхина яра оцу гӀишлойн чоьнаш. ГӀишлойн тӀехиттина чоьнаш лакхалла тӀекӀелйина яра, кхо гӀат а долуш. 6 Хьалхарчу гӀатан шоралла пхи дол, шолгӀачу гӀатан ялх дол, ткъа кхоалгӀачу гӀатан шоралла ворхӀ дол бара. Цу тӀе хоьттина йолчу гӀишлона тӀедехкина долу тӀеш Везачу Элан цӀийнан оганна чу ца диссийнера. И тӀеш оцу тӀехоьттиначу оганийн терхина тӀедехкинера. 7 Везачу Элан цӀа дечу хенахь, тӀулгаш, лаьттах шаьш схьадохучу меттехь кеч а дой, схьадахьара. Белхалоша я жӀов етташ, я диг тухуш, я кхин долу эчиг вовшахдетташ татанаш ца дора и цӀа дечу меттигна уллохь. 8 Юккъерачу гӀат+ 6:8 *ГӀат *– тӀекӀел динчу цӀийнан чоьнаш.* тӀе воьдийла цӀийнан аьтту агӀор дара. Цу чу воьдуш, горга а долуш, тӀегӀанаш дара, ткъа оцу чуьра тӀехуларчу кхоалгӀачу гӀат тӀе а цу тайппана долчу тӀегӀанашна тӀехула волура. 9 Цу тайппана, дина чекхдаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀа. ЦӀенна тӀехь баганан диттийн ханнех тхов байтира Сулим-паччахьо. 10 ЦӀийнан лакхарчу агӀонашна тӀе хиттиначу чоьнийн лакхалла пхи дол яра. И чоьнаш цӀенна тӀехиттинера баганан диттийн ханнашца.

11 ТӀаккха Везачу Элан дош кхечира Сулим-паччахье: 12 «Иштта, Сан цӀа деш ву хьо. Нагахь хьо Сан хьехамашца а лелаш, Ас билгалдаьккхинарг а деш, Сан весеташ кхочуш а деш лелахь, Ас кхочушдийр ду Айса хьан дега, Дауде, делла ваӀда. 13 Со хир ву Сайн исраилхошна юкъахь. Ас дуьтур дац Сайн долахь долу Исраилан халкъ».

14 Цу тайпана, дина чекхдаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀа.

Делан цӀен тӀехь бина чухулара белхаш

(2 Шерашкахь 3:8-14)

15 ЦӀенна чухула долчу пенашна тӀе лаьттара дуьйна тхов тӀе кхаччалц баганан диттийн аннаш туьйхира, ткъа цӀенкъа зоьзан диттийн аннаш туьйхира. 16- 6:16 Арадаккхар 26:33, 34. ЦӀийнан тӀехьа агӀор, йистера ткъа дол барамехь дӀахилош, оганаш а хӀиттийна, чоь йира, цуьнан пенех а, тхевнах а баганан диттийн ханнаш туьйхира. Иза уггар еза чоь яра. 17 Оцу чоьнна хьалха агӀор йолу чоь яхалла шовзткъа дол яра. 18 Чухула агӀор пенах тоьхначу аннашна тӀехь гӀабакхийн а, дӀаделладеллачу зезагийн а куьцехь суьрташ дара дечигна тӀехь аьгна дина. Массо а агӀор баганан ханнаш тоьхнера, ткъа тӀулг гуш а бацара.

19 Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тӀорказ чудиллархьама, йинера и уггар еза чухулара чоь. 20 И уггар еза чухулара чоь яхалла а, шоралла а, лакхалла а ткъа дол яра. И чоь ерриг а цӀеначу деших йира. Баганан ханнех бинчу сагӀа доккхучу кхерчана а деши диллира. 21 Иштта дерриг цӀа а, чохь цӀена деши а диллина, дӀахӀоттийра. Уггар езачу чухуларчу чоьнна хьалха зӀенаш ехкира, царна тӀе а деши диллира. 22- 6:22 Арадаккхар 30:1-3. Дерриг цӀенна а, уггар езачу чухуларчу чоьнна а хьалха лаьтташ болчу сагӀа доккхучу кхерчана а деши диллира. 23- 6:23-28 Арадаккхар 25:18-20. Уггар езачу чухуларчу чоьнна чохь зайт-диттийн дечигах дина шина каруб-маликан сурт дара. Церан лакхалла итт дол барамехь яра. 24 Хьалхарчу каруб-маликан цхьа тӀам а, шолгӀаниг а пхиппа дол барамехь бара. Цхьана тӀома тӀера, вукху тӀома тӀе кхаччалц итт дол барам бара. 25 Оццу барамехь а, куьцехь а дара шолгӀачу каруб-маликан сурт а. 26 Цхьана каруб-маликан суьртан лакхаллин барам итт дол бара, шолгӀачун а изза барам бара. 27 ЦӀийнан чухула йинчу сийлаллин-езачу чохь дӀахӀиттийра оцу каруб-маликийн суьрташ. Церан тӀемаш дӀасадаьржина дара. Цхьаннан тӀам цхьана пенах хьакхалора, ткъа вукхун тӀам дуьхьал болчу пенах хьакхалора. Ткъа важа чухула долу тӀемаш чоьнан юккъехь вовшех хьакхалора. 28 Царна тӀе а Сулим-паччахьо деши диллийтира.

29 Оцу цӀийнан дерриг а пенашна тӀе, чухула а, тӀехула а, гобаьккхина аьгначу тӀамаршца цу тайпана каруб-маликийн а, хурмин диттийн а, дӀаделладеллачу вастехь долчу зезагийн а суьрташ дехкира. 30 Шина цӀа чуьра цӀенкъа тӀе а деши диллира.

31 Уггар езачу чухуларчу чоьнна чу воллучохь йолу неӀарш зайт-диттан дечигах йинера, церан пхи са болу гур бара. 32 Оцу зайт-диттан дечигах йина йолу неӀаран шина декъа тӀехь а аьгна дина дара маликийн а, диттийн а, делладеллачу зезагийн а суьрташ. Оцу массо хӀуманна а деши диллира. 33 Иштта езачу чоьнна чу воллучохь а хӀоттийнера зайт-диттан дечигах йина неӀарш, ткъа церан гураш биъ са болуш бара. 34 Кхин ши неӀ яра зоьзан-диттан дечигах йина. Оцу шина неӀаран шишша дакъа меттахдоккхуш дара. 35 Царна тӀехь а даьхна каруб-маликийн а, хурмин диттийн а, делладеллачу зезагийн а суьрташ дара. Оцу суьрташна тӀе а цхьатерра аьгна деши диллира. 36 ТӀаккха чухулара керт дӀахӀоттийра. Иза хьаькхначу тӀулгийн кхаа могӀанах а, баганан диттийн ханнех бинчу цхьана могӀанах а йинера.

37 Сулим-паччахь шен дарже веанчу доьалгӀачу шарахь Зив олучу шеран шолгӀачу баттахь бух ботта болийнера Везачу Элан цӀенна. 38 Ткъа цхьайтталгӀачу шеран Була олучу баттахь (иза шеран борхӀалгӀа бутт бу) Везачу Элан цӀа дина чекхделира. Ша хила деззачу куьцехь дина дӀахӀоттийра иза. И цӀа Сулим-паччахьо ворхӀ шарахь дира.

7

Сулим-паччахьан цӀа

1 Шена а цӀа дайтира Сулим-паччахьо. Иза кхойтта шарахь дина чекхдаккхийтира цо. 2 Иштта «Ливанун-мехкан хьун» цӀе йолу паччахьан цӀа дайтира Сулим-паччахьо. Оцу цӀийнан гӀишлойн яхалла бӀе дол, шоралла шовзткъе итт дол, ткъа лакхалла ткъе итт дол яра. Цо цӀа дира баганан дечигах беа могӀарехь дӀахӀиттийначу бӀогӀамашна тӀехь. Ткъа цу бӀогӀамашна тӀехула дехкира баганан диттийн дечигах долу тӀеш. 3 Шовзткъе пхеа баганан диттан бӀогӀамашна тӀе пхийтта тӀай диллира моггӀара, оццу диттан дечигах тхов тиллира. 4 Дуьхь-дуьхьал болчу шина пенна тӀера кораш кхаа могӀарехь дара. Иштта цхьана пенан хӀора кор вукху пенах долчу корана дуьхьал дара. 5 Ерриг неӀарш, неӀарийн гураш еакӀов дара, ткъа кор корана дуьхьал дара кхаа могӀарехь.

6 Цо бӀогӀамех уче тӀейира, яхалла шовзткъе итт дол, шоралла ткъе итт дол а йолуш. Ткъа цунна хьалха бӀогӀамашна тӀехь лаба а, неӀсагӀа а дира.

7 Къаьстина кхин цхьа чоь яра Сулим-паччахьан, цу чохь паччахьан деза гӀант дара хӀоттийна. Оцу чоьнах «кхел еш йолу чоь» олура, хӀунда аьлча цу чохь адамашна кхел йора Сулим-паччахьо. Оцу чуьра цӀенкъа а баганан диттан аннех яра.

8- 7:8 Сулим 3:1. Сулим-паччахьан ша Ӏаш волу цӀа кхечу кертахь дара. Иза кхел еш йолчу цӀенна тӀехьа дара, оццу куьцехь дина а дара. И санна цӀа динера Сулим-паччахьо шена ялийна йолчу Мисар-мехкан пирӀунан йоӀана а.

9 И массо а гӀишлош дезачу тӀулгех йина яра. ТӀулгаш, шина а агӀор херхаца хеда а дина, шайн-шайн барамашкахь нисдина дара. Уьш бух тӀера дуьйна тхов тӀе кхаччалц а, арахьара дуьйна йоккхачу керта чу кхаччалц а дехкина дара. 10 ГӀишлойн бух буттуш, деза а, даккхий а тӀулгаш дехкинера. Цхьадерш итт дол шуьйра дара, вуьш – бархӀ дол шуьйра дара. 11 ТӀехула а дара нийсса хьаькхна а, шайн-шайн барамехь а долу тӀулгаш. Иштта баганан дечиган тӀеш а дара дехкина. 12 Хьаькхна нисдинчу тӀулгех кхо могӀа а, баганан дечигах бина цхьа могӀа а биллина, керт йинера йоккхачу кертана гонах. Иштта Везачу Элан цӀийнан чухула йолчу кертана а, учена а гонах яра цу тайпана йолу керт.

Цора-гӀаларчу Хьираман говза болх

13 ТӀаккха Цора-гӀалара Хьирам+ 7:13 *Хьирам *– Ӏебархойн маттахь кхузахь «Хьурам» ду. Иза Хьираман кхин цӀе ю.* цӀе йолу стаг схьавалавайтира Сулим-паччахьо. 14 Иза йисина Ӏаш йолчу цхьана зудчун кӀант вара. Напталан тӀаьхьенах яра и зуда. Хьираман да цорахо вара. Хьирам ша цӀестан пхьар вара. ЦӀастанах муьлхха а хӀума ян говзалла а, похӀма а дара цуьнан. Сулим-паччахь волчу а веана, и дерриг а гӀуллакхаш кхочушдира Хьирама.

ЦӀестан ши бӀогӀам

(2 Шерашкахь 3:15-17)

15 Кхин а цӀестан ши бӀогӀам бира Хьирама. ХӀора бӀогӀаман лакхалла берхӀитта дол, ткъа гобаьккхина йолу шоралла шийтта дол яра. 16 Оцу бӀогӀамашна тӀехула дилла цӀастанах таж доьттира Хьирама. Церан хӀораннан лакхалла пхи дол яра. 17 БӀогӀамашна тӀехула динчу таьжнийн куц далийнера, царна тӀе юьйцинчу зӀенех бойнан суьрташ а дина. Уьш хӀора тажана тӀехь ворхӀ-ворхӀ яра. 18 ТӀаккха оцу бойнна гонах бӀогӀамашна тӀехь долчу тажана тӀехула цӀастанах дина тӀедехкина ши могӀа наран стоьмаш бара. Оццу кепара а шолгӀачу бӀогӀамна тӀера тажана тӀе а дехкира уьш.

19 ЦӀенна хьалхарчу ученех гӀортийна дӀахӀиттийначу хазачу бӀогӀамашна тӀехь таьжнаш дара. Уьш петӀамат-зезагах тардинера, лакхалла диъ дол долуш. 20 Оцу шина бӀогӀам тӀехь долчу таьжнашна гонах йолчу бойнна уллохь гобаьккхина могӀанашца тӀедехкина ши бӀе наран стоьмийн куьцехь сурт дара. 21 Везачу Элан цӀа чу воллучохь, учехь, цӀестан ши бӀогӀам дӀахӀоттийра Хьирама. Цхьа бӀогӀам къилбехьа хӀоттийра цо, цунна «Якин» аьлла цӀе тиллира Хьирама (и цӀе «Дала дӀахӀоттор» бохучух тера ду). Ткъа важа къилбаседехьа дӀахӀоттийра. Цунах «БоӀаз» элира (иза «Делан нуьцкъалаллех дерг» бохучух тера ду). 22 Иштта дехкира оцу бӀогӀамашна тӀе петӀамат-зезаган куьцехь долу таьжнаш.

Иштта чекхбелира Хьираман бӀогӀамаш дӀахӀотторан болх.

ЦӀастанах бина хӀорд

(2 Шерашкахь 4:2-5)

23 ТӀаккха лалийначу цӀастанах дукха боккха яй бира Хьирама. Цуьнан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц болу барам итт дол бара. Пхи дол кӀорга а бара иза. Оцу ен го ткъе итт дол бара. 24 Цуьнан йистошкахула гобаьккхина шина могӀара дехкина цӀестан гӀабакхийн суьрташ дара. И суьрташ оцу енаца цхьаьна ийна дара. 25 И боккха цӀестан яй шийтта цӀестан старана тӀехь лаьтташ бара. Кхо цӀестан сту къилбаседехьа берзийна бара, кхин кхоъ малхбузехьа, важа кхоъ къилбехьа, бисина кхоъ малхбалехьа берзийнера. ЦӀестан яй церан баккъашна тӀе биллина бара, ткъа стерчийн тӀехьенаш ен бухан юккъехьа ерзийна яра. 26 Оцу ен стоммалла куьйган кераюккъалц яра, ткъа цуьнан йистош дӀаделладеллачу петӀамат-зезаган куьцехь дара. Оцу ена чу кхузткъе итт эзар чами кхоччуш хи доьдура.

ЦӀестан кӀелхӀотторгаш

27 ТӀаккха итт цӀестан кӀелхӀотторг йира Хьирама. Уьш, чкъургаш тӀехь а йолуш, меттахъяхалуш яра. ХӀора кӀелхӀотторган яхалла а, шоралла а диъ дол, ткъа лакхалла кхо дол яра. 28 И кӀелхӀотторгаш иштта йинера: церан деакӀов пенаш дара, уьш гурашна тӀе хаийнера. 29 Гурашна чухула долчу пенашна тӀе а, гурашна тӀе а лоьмийн а, стерчийн а, каруб-маликийн а суьрташ дехкинера. Ткъа оцу лоьмийн а, стерчийн а суьрташна лакхахула а, лахахула а цӀастанах дина дикка дӀасадаьржина долу таьжнаш дара. 30 ХӀора кӀелхӀотторган йиъ-йиъ чкъург а, семанаш а яра. ХӀора сонехь ена тӀехуттуш йина гӀортораш яра. Оцу гӀорторашна тӀехь цӀастанах дина тӀедиллина таьжнаш дара. 31 Ткъа гӀорторана тӀехула даьккхина Ӏуьрг дара, цхьа дол хиллал кӀорга а долуш. И Ӏуьрг горга дара, цуьнан гонан барам цхьа дол ах дол бара. Ӏуьргашна тӀехула аьгна даьхна суьрташ дара. КӀелхӀотторган агӀонашна тӀера пенаш, горга а доцуш, деакӀов дара. 32 Пенашна кӀел йиъ чкъург яра, ткъа церан семанаш гӀорторашна тӀе чӀагӀйина яра. ХӀора чкъурган гонан шоралла цхьа дол ах дол барамехь яра. 33 ХӀора чкъург яра гӀудалкхийн чкъургаш санна йина. Семанаш а, чкъурган хӀазарш а, чӀораш а, чкъурган милкаш а цӀастанах йина яра. 34 ХӀора кӀелхӀотторган беа сонехь цхьацца гӀортор яра. Ткъа хӀора гӀортор оцу кӀелхӀотторгах цхьаьна хоьттина йина яра. 35 КӀелхӀотторган боххьехь бина горга гу бара. Цуьнан лакхаллин барам ах дол бара, иза а тӀехӀоьттина, дийна цхьаъ болуш санна, боьттина бара кӀелхӀотторгана тӀе. 36 Оцу кӀелхӀотторган пенаш тӀехь а, массо а меттиг йоллучохь а каруб-маликийн а, лоьмийн а, хурманийн диттийн а, аьгна даьхна суьрташ дехкира Хьирама. 37 Иштта, итт кӀелхӀотторг йинера Хьирама. Уьш ерриш а цӀастанах йоьттина яра, церан хӀораннан а цхьа барам а бара, цхьа кеп а яра.

38- 7:38 Арадаккхар 30:17-21. ТӀаккха цӀестан итт юьхь-куьг дуьлург йира Хьирама, уьш хӀора а диъ дол барамехь яра. ХӀора юьхь-куьг дуьлургана чу биъ бӀе чами хи доьдура. Уьш оцу йина дӀахӀоттийна йолчу итт кӀелхӀотторгна тӀе йиллира. 39 Пхи кӀелхӀотторг къилбехьа агӀор, ткъа важа пхиъ къилбаседехьа, аьрру агӀор дӀахӀоттийра Хьирама. Везачу Элан цӀийнан къилба-малхбалехьа агӀор дӀахӀоттийра цо чохь хи долу и боккха цӀестан яй.

Везачу Элан цӀа а, керт а хазъян Хьирама йина хӀуманаш

(2 Шерашкахь 4:11–5:1)

40 Иштта Хьирама кхин а дира тесаш, кегий белаш, кегий кедаш. ТӀаккха чекхбехира Хьирама Везачу Элан цӀийнан кертахь Сулим-паччахьна беш болу берриг а белхаш.

41 Иштта ши бӀогӀам а буьйгӀира Хьирама,

царна гонах таьжнийн ши го а бира.

ТӀаккха оцу таьжнийн суьрташ тӀедехкина долчу бӀогӀамийн боххьехь бойнан ши сурт диллира цо.

42 Оцу бойнан шина суьрта тӀе диъ бӀе цӀестан нар-стоьмаш дира Хьирама. И стоьмаш оцу бӀогӀамашна тӀе дехкинчу таьжнашна тӀерачу бойнийн суьрташ тӀе дехкира шишша могӀа.

43 Иштта йира цо итт юьхь-куьг дуьлург, шайна бухахь итт кӀелхӀотторг а йолуш.

44 Хи чудотта цхьа цӀестан яй, цунна бухара шийтта цӀестан сту а,

45 тесаш а, белаш а, кедаш а дира Хьирама.

Везачу Элан цӀийнан кертахь мел йина хӀума а, заьнгала динчу цӀастанах йинера цо Сулим-паччахьна. 46 И дерриг а хӀума Йордан-хин йистехь, сацкъаран латта тӀехь йоттийтира Сулим-паччахьо. Иза дара Сакхат а, ЦӀартан а олучу меттигашна юккъехь. 47 И ерриг хӀума а Сулим-паччахьо шен-шен метте дӀахӀоттаяйтира. И хӀуманаш тӀех дукха хиларна, уьш еш дайчина цӀастанан барам буста а ца лора.

48- 7:48 а: Арадаккхар 30:1-3; б: Арадаккхар 25:23-30. Цу тайпана деших массо а хӀума а яйтинера Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀенна. Уьш яра:

хаза хьожа йоуьйту хӀума яго дашо кхерч,

Далла лерина бепиг тӀедуьллуш йолу дашо стол;

49- 7:49 Арадаккхар 25:31-40. цӀеначу деших боьттина болу стогарш (пхиъ аьтту агӀор, важа пхиъ оцу уггар езачу чухуларчу чоьнна аьрру агӀор хӀиттийна йолу),

зезагийн суьрташ,

чӀурам хӀотторгаш, морзахаш,

50 бошхепаш, тукарш, боганаш, хаза хьожа йогӀу хӀума чу юьллуш долу кедаш, богуш болу кӀора дӀасабахьа нойш цӀеначу деших дина еш;

уггар езачу чоьнан чуьра неӀарийн а, Делан цӀийнан вукху неӀарийн а кӀажаш, деших дина долу.

51- 7:51 Дауд 8:11; 1 Шерашкахь 18:11. Иштта чекхбаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀенна шена бан лиъна болу берриг белхаш. Шен дас, Дауда, Везачу Элана лерина лелош хилла мел йолу сийлаллин-еза хӀуманаш цу цӀа чу ехкира Сулим-паччахьо. Везачу Элан цӀийнан хазни чу деши а, дети а, кхин йолу хӀуманаш а дӀаелира Сулим-паччахьо.

8

Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ Делан цӀа чу диллар

(2 Шерашкахь 5:2–6:2)

1- 8:1 Дауд 6:12-16; 1 Шерашкахь 15:25-29. Цул тӀаьхьа Исраилан халкъан къаной а, исраилхойн тайпанийн а, гаранийн а, доьзалийн а берриг а баьччанаш, ша Ӏаш волчу Ярушалайм-гӀала шена тӀекхайкхира Сулим-паччахьо, хьалха Цийон цӀе йолуш хиллачу Даудан гӀалара Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ схьадаийтархьама. 2- 8:2 Ӏамалъяр 23:34. Иштта Этаним олучу шеран ворхӀалгӀачу беттан дезачу деношкахь+ 8:2 *Дезачу деношкахь *– схьахетарехь, адамаш кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош ду уьш.* дерриг а Исраилан халкъ Сулим-паччахь волчу гулделира. 3 Исраилхойн массо а къаной цига баьхкича, динан дайша бертан тӀорказ схьаийцира. 4 Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ а, гуламан четар а, цу чохь мел хиллачу сийлаллин-езачу хӀуманашца, схьа а эцна, дӀадаьхьира динан дайша а, левихоша а. 5 Ткъа Сулим-паччахь а, цуьнца цхьаьна иза волчу гулделла Исраил-мехкан дерриг халкъ а оцу дезачу тӀорказна хьалха бара. Цара Далла лерина дийнатийн сагӀанаш дохура. Далийна бежанаш а, жа а дукха хиларна дагар а ца далора. 6 ТӀаккха динан дайша Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ, схьа а эцна, Делан цӀийнан чухуларчу а, уггар езачу а чоьн чохь йолчу шен метте дӀахӀоттийра, каруб-маликийн суьртийн тӀемашна кӀел. 7 ХӀунда аьлча оцу маликийн суьртийн тӀемаш цу тӀорказна тӀехула дӀасадаржийна дара, цундела тӀорказ а, цуьнан гӀуркхаш а дӀахьулдора цара. 8 И гӀуркхаш деха хиларна, церан юьхьигаш гучуйолура езачу чоьнна чуьра уггар езачу чухуларчу чоьнна хьалха агӀор. Амма арахула и юьхьигаш гуш яцара. Уьш тахханалц а лаьтташ ю цу чохь. 9- 8:9 Карлабаьккхинарг 10:5. Оцу дезачу тӀорказ чохь, Мусас чуйиллина йолу тӀулган ши экъа йоцург, кхин хӀумма а яцара. И тӀулган экъанаш Муса-пайхамаро ехкинера, Хьариб олучу меттигехь Везачу Эло Исраилан халкъаца барт а бина, уьш Мисар-махкара арабаьхначул тӀаьхьа. 10- 8:10, 11 Арадаккхар 40:34, 35. Динан дай оцу езачу чоьнна чуьра арабевлча, Везачу Элан цӀа чохь марха хӀоьттира. 11 И Везачу Элан цӀа Цуьнан олаллин нуьрах дузарна, кхин дӀа шайн гӀуллакх дан ца делира динан дайшка. 12- 8:12 Забур 17:12; 96:2. ТӀаккха Сулим-паччахьо элира:

«Везачу Эло малх кхоьллина стигалахь иза къагийта+ 8:12 *...малх кхоьллина, стигалахь иза къагийта *– и дешнаш ду цхьана ширачу гочдар чохь, ткъа Ӏебархойн маттахь уьш дац.*,

ткъа Шен боданехь Ӏан лаам бу аьллера Цо.

13 Амма аса Хьуна исбаьхьа цӀа дӀахӀоттийна,

Хьо цу чохь абаденналц вахийта».

Сулим-паччахьо халкъе дӀахьедар до

(2 Шерашкахь 6:3-11)

14 Дерриг а Исраилан халкъ дара цигахь лаьтташ. Халкъехьа а вирзина, Сулим-паччахьо декъалдира и халкъ. 15 ТӀаккха паччахьо элира: «Декъала ву Исраилан халкъан Веза Дела, сан дена Даудана, Ша делла дош Шен куьйгаца кхочушдина Волу! Цо аьллера сан дега: 16- 8:16 Дауд 7:4-11; 1 Шерашкахь 17:3-10. „Мисар-махкара Сайн Исраилан халкъ Айса арадаьккхичхьана дуьйна схьа, Исраилан тайпанийн мехкашкара цхьа а гӀала ца къастийра Аса, Сан цӀе язъян лерина цӀа хилийтархьама. Амма хӀинца Дауд-паччахь хаьржина Ас+ 8:16 *...Дауд-паччахь хаьржина Ас... *– Грекийн гочдар тӀехь: *...Ярушалайм-гӀала а хаьржина Ас, Дауд-паччахь а хаьржина Ас...* Сайн Исраилан халкъана тӀехь олалла дайта!“

17- 8:17, 18 Дауд 7:1-3; 1 Шерашкахь 17:1, 2. Сан дена Даудана чӀогӀа лиира Исраилан халкъан Везачу Делан цӀе язъян лерина долу цӀа дӀахӀотто. 18 Амма Везачу Эло аьллера сан дега Дауде: „Суна хаьа, Сан цӀе язъян лерина долу цӀа хӀоттадан хьан чӀогӀа лаам хилар. Хьуна и лаар дика ду. 19- 8:19 Дауд 7:12, 13; 1 Шерашкахь 17:11, 12. Амма хьо вац Аса и цӀа дӀахӀотто хаьржинарг. Хьох ваьлла волчу хьан кӀанта дийр ду Сан цӀе язъян лерина долу цӀа“.

20 Иштта Везачу Эло Ша делла дош кхочушдира. Сан ден метта Исраил-мехкан паччахьан гӀанта тӀе хиира со, хӀинца со паччахь а ву, Везачу Эло ма-аллара. Аса Исраилан халкъан Везачу Делан цӀе язъян лерина долу цӀа а дӀахӀоттийна. 21 Везачу Эло вайн дай Мисар-махкара арабаьхча, Ша цаьрца бина барт тӀеязбина йолу тӀулгийн экъанаш чу йохку деза тӀорказ латто меттиг кечйина аса оцу цӀа чохь».

Сулим-паччахьо дина доӀа

(2 Шерашкахь 6:12-42)

22 ТӀаккха Сулим-паччахьо, сагӀа доккхучу Везачу Элан кхерчана хьалха дӀа а хӀоьттина, гулделлачу массо а Исраилан халкъана хьалха, куьйгаш стигала хьала а дахийтина, 23 элира: «Ва Исраилан халкъан Веза Дела, вац Хьох тера волу Дела я лакхахь стигалшкахь, я лахахь лаьтта тӀехь! Вайна юкъахь болу барт лар а беш, цунна Хьо тешаме хуьлу доггах Хьайна тӀаьхьа хӀоьттинчу Хьайн лешна. 24 Ахь кхочушдина Хьайн лай волчу сан дена Даудана Айхьа делла дош. Ахьа иза Хьайн багара даьккхинера, ткъа тахана Хьайн куьйгаца кхочушдина. 25- 8:25 Сулим 2:4. Ткъа хӀинца Исраилан халкъан Веза Дела, кхочушдехьа Хьайн лай волчу Дауде, сан дега, Айхьа аьлларг: „Нагахь хьан тӀаьхьенах болчара, хьо Суна хьалха ма-леллара а лелаш, шайн некъаш тешаме хиларца лардахь, даим а хьан тӀаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тӀехь“. 26 Ткъа хӀинца, Исраилан халкъан Дела, бакъ хуьлийла Ахьа сан дена делла долу Хьан дош!

27- 8:27 2 Шерашкахь 2:6. Амма, бакъдерг аьлча, Ӏойла а дуй те Дела кху Лаьттахь? Стигала а, я стигалан лакхенашка а ца тарлуш волу Хьо, хӀокху ас дӀахӀотийначу Хьан цӀа чу-м тарлойла а дац. 28 Делахь а, дӀахозийла Хьуна сан доӀа а, Хьан лай волчун дехар а, ва сан Веза Дела! Тергам бойла Ахьа, Хьайга тахана дехарш деш кхойкхуш волчу Хьайн лен кхайкхаман а, доӀанан а. 29- 8:29 Карлабаьккхинарг 12:11. Аьлла-кх Ахьа: „Сан цӀе кху чохь хир ю“. Доьху Хьоьга, хьажадойла Ахьа Хьайн бӀаьргаш хӀокху цӀенна тӀе дийнахь а, буса а! ЛадугӀийла Ахьа Хьан лай волчун доӀане, иза, хӀокху меттехьа а вирзина, Хьоьга кхойкхучу хенахь. 30 ДӀахозийла Хьуна Хьайн лай волчун доӀа а, Хьайн Исраилан халкъан доӀанаш а, цара, хӀокху меттехьа а бирзина, Хьайга доӀа дечу хенахь. Хьо стигалшкахь Ӏаш ву, ткъа оха доьху Хьоьга, цигахь тхан доӀа дӀа а хазий, гечдехьа тхуна.

31 Масала, нагахь цхьа стаг вукхунна хьалха бехке а хилла, иза Хьан сагӀа доккхучу кхерчана хьалха дӀахӀоттавахь, хӀокху Хьан цӀа чохь, ша бехке вац аьлла, цуьнга дуй баийта тарло. 32 ТӀаккха стигалахь волчу Ахьа дӀахазий, кхел ехьа Хьайн лешна тӀехь, бехке верг бехке озош, царах даьлларг церан шайн кортошна тӀе а дожош. Ткъа бехке воцург бехказаваккхахьа, цуьнан бакъ хиларца терра цунна доггӀург а деш.

33 Масала, Хьан Исраилан халкъ, Хьуна хьалха къилахь хиларна, мостагӀчо иза эшор ду. Нагахь и халкъ, Хьоьга кхайкхамаш а беш, кху цӀа чохь волчу Хьоьга доӀанаш а, дехарш а деш, Хьоьгахьа дерзахь, 34 стигалшкахь церан доӀа дӀа а хазий, гечдехьа хӀокху Хьайн Исраилан халкъан къиношна. Айхьа хьалха церан дайшна делла долчу лаьтта тӀе уьш юхаберзабехьа.

35 Ткъа, масала, цара Хьуна хьалха къинош летадарна, Ахьа, стигалш дӀа а къевлина, догӀа доуьйтур дац. Амма, масала, цара, кху меттехьа а бирзина, доӀанаш а деш, Хьоьга кхайкхамаш а беш, Ахь шаьш охьатаӀийна дела, шаьш летийначу къиношна дохко а бевлла, уьш юха а Хьуна тӀеберза тарло. 36 ТӀаккха, доьху Хьоьга, дӀахазахьа стигалшкахь церан доӀанаш, гечдехьа Хьайн лай долчу Исраилан халкъан къиношна. Гайтахьа царна нийса некъ, даийтахьа хӀокху Хьайн лаьтта тӀе догӀа, Ахьа Хьайн халкъана тӀаьхьалонна делла хилла долчу.

37 Нагахь хӀокху лаьтта тӀе адамашна я мацалла тӀеягӀахь, я адамаш хӀаллакдеш цамгарш кхетахь, я, мел долу хӀума дагош, бовха мох балахь, я адамаша дийна долу дерриге ялта а мекхано диъна дӀадаккхахь, я цӀоз, я нӀаьна тӀелатахь, я шайн лаьтта тӀехь адамаш Ӏен ца дуьтуш, мостагӀа тӀегӀортахь, я муьлхха а бохам хилахь, я ун кхетахь, 38 тӀаккха, нагахь дерриг а Хьан Исраилан халкъана юкъара муьлххачу а адамо, шех даьллачу къиношна дохко а даьлла, кху Хьан цӀенна тӀе куьйгаш хьала а айина, Хьоьга доӀанаш а, дехарш а дахь, 39 доьху Хьоьга, Хьо Ӏаш волчу стигалшкахь, цуьнан доӀа дӀахазий, гечдехьа цунна, гӀо дехьа. Хьуна цхьанна хаьа-кх хӀора адаман дагахь дерг. Цундела доьху Хьоьга, хӀора стагана а доггӀург цуьнан гӀуллакхашка хьаьжжина дехьа. 40 Дехьа иза массо а адам Хьох кхерийтархьама, Ахьа тхан дайшна деллачу кху лаьттахь тхо мел деха.

41 Исраилхой а боцуш, кхин къомах долу адамаш догӀур ду Хьан цӀеран дуьхьа. 42 ХӀунда аьлча царна а хезар ду Хьан сийлаллин-езачу цӀарах лаьцна а, Хьан нуьцкъалаллех лаьцна а. Уьш богӀур бу, кху Хьан цӀенна тӀе а бирзина, доӀанаш дан. 43 ТӀаккха, доьху Хьоьга, дӀахазахьа Хьо Ӏаш волчу стигалшкахь церан доӀанаш, дехьа цара а Хьайга мел дехнарг, Лаьттахь мел долчу къаьмнашна а Хьайн цӀе йовзийтархьама а, уьш Хьайх кхерийтархьама а, Хьан Исраилан халкъ санна. ТӀаккха массо а меттигашкара, доллу халкъашна а хуур ду, ас дӀахӀоттийна хӀара цӀа Ахь-Айхьа даздина хилар.

44 Наггахь Ахьа Хьайн халкъе омра дийр ду, даха а гӀой, шайн мостагӀех лата аьлла. Масала, хӀокху Ахьа хаьржинчу гӀаланехьа а, Хьан цӀе язъян лерина дӀахӀоттийначу цӀенна тӀе а бирзина, цара Хьо вазвеш, Хьуна хастамаш беш, доӀанаш дахь, 45 доьху Хьоьга, дӀахазахьа стигалшкахь церан доӀанаш а, церан дехарш а, бакъ а бехьа уьш.

46 Нагахь Хьан халкъо Хьуна хьалха къинош летадахь (ткъа къа ца латош адам дан а дац), тӀаккха Ахьа, масала, царна оьгӀаз а вахана, уьш мостагӀашка эшабойтур бу. Ткъа мостагӀаша, царна йийсар а дина, генарчу я юххерчу хийрачу махка дӀабига мега уьш. 47 Масала, оцу шаьш йийсаре бигначу мехкашкахь Хьан халкъо, ша летийначу къиношна дохко а даьлла, Хьоьга доӀанаш дийр ду. Цу халкъо ала тарло: „Оха къа латийна, тхо нийса дацара, тхо бехке ду“. 48 Ткъа нагахь шаьш йийсаре дигначу оцу мостагӀийн махкахь, уьш шайн цӀеначу даггара Хьуна тӀебирзина, Ахьа шайн дайшна деллачу лаьттехьа а, Айхьа хаьржинчу гӀалехьа а, Хьан цӀе язъян ас дӀахӀотийначу Хьан цӀенна а тӀе а бирзина, цара доӀанаш дахь, 49 тӀаккха ас доьху Хьоьга, Хьо Ӏаш волчу стигалшкахь церан доӀанаш дӀа а хазий, бакъбехьа уьш. 50 Гечдехьа Хьайн халкъана цара Хьайна хьалхахь латийначу къиношна а, Хьуна хьалха цара нийса ца динчу массо хӀуманна а, ткъа уьш йийсаре бигна болу мостагӀий царна къинхетаме хилийтахьа. 51 ХӀунда аьлча иза Ахьа Хьайн дола даьккхина Хьан халкъ ма ду. Йогучу пешара эчиг санна долу Хьайн халкъ арадаьккхинера Ахьа Мисар-махкара.

52 Хуьлийла хьан лергаш а, Хьан бӀаьргаш а сема Хьайн лай волчу сан а, Хьайн Исраилан халкъан а доӀанашна, уьш Хьайга кхойкхучу хенахь даим а Хьуна дӀахазархьама. 53 ХӀунда аьлча Ахьа, Хьайн дола а баьхна, къастийна уьш Лаьттара массо а къаьмнашна юкъара, Ахьа Хьайн лай волчу Мусагахула ма-аллара, ва сан Хьалдолу Эла, Айхьа тхан дай Мисар-махкара арабаьхначу хенахь».

Халкъ декъалдар

54 Лаьтта гора а хӀоьттина, куьйгаш стигала хьала а кховдийна, Везачу Эле доӀа деш вара Сулим-паччахь. Шен доӀа чекх а даьккхина, Везачу Элан сагӀа доккхучу кхерчана уллора дӀа а хилла, 55 халкъана хьалха а хӀоьттина, чӀоггӀачу озаца, гулделла долу халкъ Деле декъалдар дийхира Сулим-паччахьо. 56- 8:56 Карлабаьккхинарг 12:10. Цо элира: «Декъал ву Веза Эла, Шен Исраилан халкъана синтем белла волу, Ша цунна дош ма-даллара. Везачу Эло Шен лай волчу Мусагахула лур ду аьллачу диканех цхьа а ца дисина кхочуш ца деш. 57 Хуьлийла вайн Веза Дела вайца а, Ша вайн дайшца ма-хиллара, дӀа ма воьрзийла Иза вайгахьара, ма дуьтийла Цо вай. 58 Доьху ас Везачу Эле вайн дегнаш Шена тӀедерзор, Цуьнан некъашца вай лелийтархьама. ТӀаккха вай кхочушдийр ду Дала вайн дайшна делла долу весеташ а, хьехамаш а, тӀедехкинарш а. 59 Вайн Везачу Далла даим а, дийнахь а, буса а дагахь хуьлийла хӀара сан доӀа а, сан дехарш а, Шен лай волу со а, Шен Исраилан халкъ а де дийне мел долу а бакъхилийтархьама. 60 Иза ду, Веза Эла бакъволу цхьа Дела вуйла а, кхин Дела воцийла а массо а къаьмнашна хаийтархьама. 61 Ткъа шу, адамаш, кхоччуш муьтӀахь хила деза вайн Везачу Далла. Аша Цуьнан хьехамаш кхочушбан а беза, Цуьнан весеташ, хӀинца санна, лардан а деза».

Везачу Элан цӀа даздар

(2 Шерашкахь 7:4-10)

62 ТӀаккха паччахьо а, массо а цуьнца болчу исраилхоша а Везачу Элана сагӀа даьккхира. 63 Сулим-паччахьо Везачу Элана бертан сагӀина ткъе ши эзар бежана а, бӀе ткъа эзар уьстагӀ а беара. Иштта Сулим-паччахьо а, массо исраилхоша а Везачу Элан цӀа даздира. 64 Оццу дийнахь Везачу Элан цӀийнан кертара юккъехь йолу меттиг Далла хьалха сийлаллица язйира, цигахь дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанаш дохура, бертан сагӀанан дийнатийн мохь а ягайора. ХӀунда аьлча Везачу Элан цӀенна хьалхахь лаьтташ болчу сагӀа доккхучу йоьзачу кхерчана тӀе дерриг а и сагӀанаш ца тарлора.

65 ТӀаккха цу дийнахь Сулим-паччахьо деза де хӀоттийра, дерриг а Исраилан халкъо даздира и де. Берриг а исраилхой гулбеллера цигахь, Хьамат цӀе йолуш долчу лаьмнийн дехьадовларан меттигера дуьйна Мисар-мехкан дозанехь долу хина тӀекхаччалц. Вайн Везачу Далла хьалха и де даздеш бара уьш ворхӀ дийнахь, цул тӀаьхьа кхин а ворхӀ дийнахь цигахь Ӏийра уьш и де даздеш. Цара даздеш даьхна денош дерриг а дейтта де дара. 66 Цул тӀаьхьарчу дийнахь Сулим-паччахьо халкъ дӀасахийцира. ТӀаккха, паччахь декъал а веш, шайн хӀусамашка юхадоьрзура адам. Халкъ самукъадаьлла дара, Везачу Эло шен лай волчу Дауд-паччахьна а, Шен Исраилан халкъана а дина дика хазахетта.

9

ШозлагӀа а Сулим-паччахьна Дела дуьхьалхӀоттар

(2 Шерашкахь 7:11-22)

1 Иштта Сулим-паччахь Везачу Элан цӀа а, паччахьан цӀа а, шена ян мел лиъна хӀума а йина чекхвелира. 2- 9:2 Сулим 3:5; 2 Шерашкахь 1:7. ТӀаккха юха а, ГавӀон-гӀалахь хьалха дуьхьал ма-хӀоттара, шозлагӀа а дуьхьалхӀоьттира Веза Эла Сулим-паччахьна. 3 Везачу Эло элира: «Суна схьахезира хьан доӀа а, хьан Соьга долу дехар а. Ахь хӀоттийна долу Сан цӀа Ас къобалдира, даим а цигахь Сайн цӀе язъяйтархьама. Ас иза Ӏалашдийр ду, даим дагахь а латтор ду. 4 Ткъа хьо а лела Суна хьалха, хьайн да Дауд Суна хьалха ма-леллара, дог цӀена а волуш, тешаме. Ахьа а Сан дерриг весеташ а, Сан хьехамаш а, Аса тӀедиллина гӀуллакхаш а кхочушде. 5- 9:5 Сулим 2:4; 8:25. ТӀаккха и дерриг ахь кхочушдахь, хьан цӀийнах цхьаъ даим а Исраил-махкана тӀехь паччахьалла деш хир ву. Иштта дош деллера Ас хьан дена Даудана: „Хьан тӀаьхьенах хир волчу цхьаццаммо даим паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тӀехь“. 6 Амма шу я шун тӀаьхьенах болу паччахьаш Сох дӀаберзахь, Ас шайна делла долу Сан весеташ а, Сан хьехамаш а дӀа а теттина, кхечу деланашна тӀе а дирзина, царна аша Ӏибадат дахь, 7 тӀаккха, Айса деллачу лаьттах а хадийна, дуьтур ду Ас Исраилан халкъ. Сайн цӀе язъяйта къобалдина долу цӀа а дӀадоккхур ду Ас. ТӀаккха, дерриге а халкъаша кицанна а, беламна а далош, дӀахӀуттур ду Исраилан халкъ. 8- 9:8 ТӀаьххьарнаш 25:9; 2 Шерашкахь 36:19. Ткъа оцу дезачу цӀийнах лаьцна, иза сийлахь делахь а, чекх мел волучо инзарваларца а, веларца а хаттар дийр ду: „И хӀунда дина те Везачу Эло оцу махкана а, оцу Шен цӀенна а?“ 9 ТӀаккха, царна жоп луш, наха эр ду: „Мисар-махкара шайн дай арабаьхна волу шайн Веза Дела а витина, уьш кхечу деланашна тӀаьхьа а бевлла, царна Ӏамал а еш, Ӏибадат дан болабаларна дина царна иза. Цундела Везачу Эло баийтина царна тӀе и берриг бохам“».

Сулим-паччахьна а, Хьирам-паччахьна а юкъахь хилла барт

(2 Шерашкахь 8:1, 2)

10 Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀа деш а, шен паччахьан цӀа дӀахӀоттош а ткъа шо делира. 11 И белхаш бечу хенахь, Цора-гӀалин паччахь волчу Хьирамна Галилай-махкара ткъа юрт совгӀатна елира Сулим-паччахьо. ХӀунда аьлча Хьирам-паччахьо баганан а, зоьзан а диттийн дечиг а латтийра, оьшшучул деши а делира Сулим-паччахьна. 12 Амма Сулим-паччахьо шена еллачу ярташка хьажа вахча, Хьирам-паччахьна уьш хаза ца хийтира. 13 «ХӀара хӀун ярташ ю ахь суна елларш, сан ваша?» – элира Хьирам-паччахьо. Цо, «Хабул» аьлла, цӀе тиллира оцу лаьттана (иза «мехала доцу латта» бохург ду). Иза тахханалц а и цӀе йолуш ду. 14 Хьирам-паччахьо цхьа бӀе ткъа гали деши дахьийтинера Сулим-паччахьна.

Сулим-паччахьо дина кхидолу гӀуллакхаш

(2 Шерашкахь 8:3-18)

15 Сулим-паччахьо шен лешка Везачу Элан цӀа а, керт а дӀахӀоттаяйтира, шена паччахьан цӀа а дайтира. Милло цӀе йолу терхийн басенаш а яйтира, Ярушалаймана гонах пенаш а дӀахӀиттийра. Иштта Хьацор а, МагӀидда а, ГӀазар а цӀераш йолу гӀаланаш а дӀахӀиттийра цо. 16 (ПирӀун волчу Мисар-мехкан паччахьо, ГӀазар-гӀалина тӀе а гӀоьртина, иза схьаяьккхинера. ТӀаккха, и гӀала цӀергахь яга а йина, оцу гӀалахь Ӏаш болу канаӀанхой, байа а байина, Сулим-паччахьехь марехь йолчу шен йоӀана томана еллера пирӀуно и ГӀазар-гӀала. 17 ТӀаккха Сулим-паччахьо юха меттахӀоттийнера ГӀазар-гӀала.) Лахара Байт-Хьорон цӀе йолу гӀала а тойина дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо. 18 Иштта ЯхӀуд-махкахь йолчу яьссачу аренгахь Сулим-паччахьо дӀахӀоттийра БаӀалт цӀе йолу а, Тамар цӀе йолу а гӀаланаш. 19 Кхин а Сулим-паччахьан долахь йолу, тӀаьхьалонна кечдина долу сурсаташ чохь латто гӀаланаш а, говраш южу гӀудалкхаш латтош йолу гӀаланаш а, дошлойн говраш чохь латто гӀишлош а, ерриг Ярушалайм-гӀалахь а, Ливанун-махкахь а, шен долахь мел долчу лаьтта тӀехь шена ян лиъна йолу массо а хӀума йина дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо. 20 Исраилан халкъ доцург кхин адамаш а дара цигахь. Уьш дара эмархойн а, хьетахойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а 21 тӀаьхьенех дисна адамаш, исраилхоша хӀаллак ца деш дитина долу. Царах Сулим-паччахьо белхаш беш болу леш бинера. Уьш хӀинца а тахханалц леш бу. 22 Ткъа исраилхойх Сулим-паччахьо леш ца бора. Уьш я паччахьан тӀемалой, я тӀеман хьаькамаш, я тӀеман коьрта хьаькамаш, я гӀудалкхийн а, дошлойн а эскарш карахь долуш баьччанаш бара.

23 Пхи бӀе шовзткъе итт хьаькам вара Сулим-паччахьан белхашна тӀехь урхалла дан дӀахӀоттийна. Уьш белхаш беш болчарна тӀехь хьаькамаш бара.

24 ТӀаккха, Даудан гӀалара ара а яьлла, Сулим-паччахьо шена динчу цӀа чу елира пирӀунан йоӀ. Цул тӀаьхьа Милло цӀе йолу терхийн басенаш йина дӀахӀиттийра паччахьо.

25- 9:25 Арадаккхар 23:17; 34:23; Карлабаьккхинарг 16:16. Ша Везачу Элана дӀахӀотийначу сагӀа доккхучу кхерчан тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанаш а, бертан сагӀанаш а дохура Сулим-паччахьо шарахь кхузза. Цу чохь хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а ягайора Сулим-паччахьо Везачу Элана хьалха. Иштта дина чекхдаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀа.

26 Сулим-паччахьо хӀордкеманаш а дайтира Эдом-махкарчу Эрзийн хӀордан йистехь Эйлат цӀе йолчу гӀалина уллора Ӏецйон-ГӀебар олучу меттехь. 27 ХӀордах лаьцна дерг хууш болу кемалелорхой бара Хьирам-паччахьан. Уьш Сулим-паччахьан нахаца оцу хӀордкеманашна тӀехь гӀуллакх дан хьажийра Хьирам-паччахьо. 28 Оцу наха, Апар цӀе йолчу махка а бахана, цигара бархӀ бӀе шовзткъа пунт деши а деана, иза Сулим-паччахье дӀаделира.

10

Шеба-махкара йолу зуда-паччахь Сулим волчу яр

(2 Шерашкахь 9:1-12)

1- 10:1-10 Маттай 12:42; Лака 11:31. Шеба-махкахь йолчу зуда-паччахьна а хезира Везачу Элан сийлаллина хилла долу Сулим-паччахьан цӀе яхар. И зуда-паччахь Сулим-паччахьна тӀееара, иза чолхечу хаттаршца зерхьама. 2 Шеба-мехкан зуда-паччахь Ярушалайм-гӀала еара, шеца йоккха ковра а ялош. Оцу эмкалшна тӀехь доьттина дахьаш дара хаза хьожа йогӀучу бецех дина хьакхарш а, дуккха деши а, деза тӀулгаш а. Сулим-паччахь волчу а еана, шен дагахь мел долчух лаьцна къамел дира Шеба-махкара еанчу паччахьо. 3 Ткъа Сулим-паччахьо цо деллачу массо а хаттаршна жоп делира, цхьа а хаттар ца дисира, Сулим-паччахье жоп ца далалуш. 4 Шеба-махкара еанчу паччахьна гира Сулим-паччахьан хьекъал хилар а, цо дина паччахьан цӀа а. 5 Иштта цунна гира кхузахь боу кхача а, паччахьан уллоранаш Ӏаш болу меттиг а, ялхой оьзда хилар а, церан духар а, цо дӀахӀотто чагӀар а, Везачу Элан цӀийнан кертахь Сулим-паччахьо дохуш долу дийнаташ дагоран сагӀанаш а. И дерриг а шена гича, чӀогӀа инзаръяьллера иза. 6 Цо элира Сулим-паччахье: «Сайн махкахь суна хезнера хьан гӀуллакхех лаьцна а, хьан хьекъалаллех лаьцна а. Иза бакъ хилла. 7 Амма со тешар яцара цунах, со ян а еана, сайн бӀаьргашна иза галлалц. ХӀинца суна го, сайна гинчух ах а дийцина ца хиллийла соьга. Хьан хьекъал а, хьан хьал а соьга дийцинчул дуккха а сов ду. 8 Мел ирс долуш хила деза хьан адамаш. Ма ирс долуш хила беза хьан ялхой, хӀора денна хьуна гӀуллакх деш, хьан хьекъале къамел хезаш болу! 9 Декъала хуьлда хьан Веза Дела, хьо Исраилан халкъан паччахь ван лиъна волу. Исраилан халкъе Шен гуттаренна а болу безам хиларна Везачу Эло хьох паччахь вина, хьоьга кхел яйтархьама а, нийсо лелаяйтархьама а».

10 ТӀаккха цо Сулим-паччахьна цхьа бӀе ткъа гали деши а, дуккха хаза хьожа йогӀучу бецийн хьакхарш а, деза тӀулгаш а делира. Шеба-мехкан паччахьо елла хаза хьожа йогӀу хӀуманаш, Исраил-махка хьалха мел еанчарел, дуккха а сов яра.

11 (Хьирам-паччахьан хӀордкеманаша а Апар-махкара деши деара. Цу махкара Хьирам-паччахьо деара дуккха а цӀен дечиг а, деза тӀулгаш а. 12 Везачу Элан цӀенна а, паччахьан цӀенна а тӀегӀанашна тӀехула хьалаволучу хенахь, куьйгаца схьалаьцна, хьалавала аьтто беш йолу гӀортораш яйтира Сулим-паччахьо. Иштта зурманчашна оьшу мерз-пондарш а, дечиг-пондарш а дайтира паччахьо оцу дечигах. ХӀетталц цкъа а я деана а, я гина а дацара оццул долу цӀен дечиг.)

13 ТӀаккха Сулим-паччахьо а елира Шеба-махкара еанчу паччахьна цунна еззнарг а, цо еххнарг а ша совгӀатна еллачул а сов. Цул тӀаьхьа зуда-паччахь ялхошца шен махка юхайирзира.

Сулим-паччахьан хьал

(2 Шерашкахь 9:13-29)

14 Сулим-паччахьна хӀора шарахь цхьа эзар кхо бӀе ткъе шийтта пунт деши дахьара. 15 И деши доцург, йохкаэцар лелош болчара а, совдегарша а, берриг а Ӏаьрби-махкарчу паччахьаша а, шен мехкадайша а деши дахьара Сулим-паччахьна.

16 ТӀаккха туьйсинчу деших дина ши бӀе доккха турс а дайтира Сулим-паччахьо. ХӀора турсана ялх бӀе шекхал+ 10:16 *Шекхал *– цхьа шекхал итт грамм барамехь ду.* туьйсина деши дахнера. 17 Иштта кхин а кхо бӀе кегий турсаш дайтира цо, хӀора турсана цхьа бӀе шовзткъе итт шекхал туьйсина деши а дуьллуш. Туьйсина деших дина и турсаш «Ливанун-мехкан хьун» олучу цӀенош чу дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо.

18 Пийлан кӀомсарех доккха паччахьан гӀант дайтира паччахьо, цунна тӀе а цӀена деши диллира. 19 Оцу гӀантана тӀеваха йиллина ялх тӀегӀа яра. ГӀантан букъ туху агӀо тӀехулара горга яра. ГӀантан шина а агӀор куьйган голаш хӀотторгаш яра, царна хӀоранна уллохь дина лоьмийн суьрташ дара. 20 Кхин а шийтта лоьман сурт дара, оцу ялх тӀегӀанна шинна а агӀор цхьацца лаьтташ. Оцу тайпана долу паччахьан гӀант хӀетталц цхьанна а пачхьалкхехь дина дацара.

21 Сулим-паччахьан хьеший тӀеоьцуш лелош йолу пхьегӀаш дашо яра. «Ливанун-мехкан хьун» цӀе йолчу цӀенош чохь лаьтташ йолу кхин йолу хӀуманаш а ерриг а цӀеначу деших йина яра. Детих йина хӀумма а яцара, хӀунда аьлча Сулим-паччахь волчу заманахь детин мах чӀогӀа лахара бара. 22 Кхечу мехкашца йохкаэцаран гӀуллакхна вовшахтоьхна хӀордана тӀехула лелаш хинкеманаш дара паччахьан. Уьш Хьирам-паччахьан хӀордкеманашца цхьаьна лелара. ХӀора кхаа шарахь цкъа хӀордкеманаш, деши, дети, пийлан кӀомсарш, маймалш, тӀаус-олхазарш а дахьаш, юхадоьрзура.

23 Дуьненна чуьра массо а паччахьал а инзаре дукха хьал а, хьекъалалла а долуш вара Сулим-паччахь. 24 Дуьненна чуьра массо а адамна лаьара Сулим-паччахь ган, Дала цунна делла долу инзаре хьекъалалла шайна хазийтархьама. 25 Шо шаре мел долу дукха адам догӀура Сулим-паччахь гархьама, шаьш богӀуш цара хӀораммо а совгӀаташ дахьара: детих а, деших а йина хӀуманаш, тӀеюху бедарш, герз, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш, говраш, бӀарзанаш.

26- 10:26 Сулим 4:26. Чкъургаш йолу дойн гӀудалкхаш а, говраш а гулйинера Сулим-паччахьо. Дойн гӀудалкхаш цхьа эзар йиъ бӀе яра, шийтта эзар говр яра. Оцу говрех цхьаерш царна къастийна тойинчу меттигашкахь, ткъа кхиерш Ярушалайм-гӀалахь дӀахӀиттайора Сулим-паччахьо. 27- 10:27 Карлабаьккхинарг 17:17. Детин барам тӀулгаш долччул дукха хилла дӀахӀоттийра цо Ярушалайм-гӀалахь. Лаьмнийн кӀажашкахь долчу диттийн барам а дезачу баганан диттийн бараме нисдина дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо. 28- 10:28 Карлабаьккхинарг 17:16. Ткъа говраш Мисар-махкара а, Килик+ 10:28 *Килик *– Ӏебархойн маттахь: *Кхавей.* цӀе йолчу махкара а ялайора Сулим-паччахьо. Паччахьан совдегарша Килик-махкахь и говраш ахчанах схьаоьцура. 29 Мисар-махкара яхьачу чкъургашна тӀехь йинчу дойн гӀудалкхийн мах ялх бӀе дато шекхал ахча бара, ткъа цхьана динан мах цхьа бӀе шовзткъе итт дато шекхал ахча бара. Иштта уьш массо а хьетахойн а, арамхойн а паччахьашна схьаялайора совдегарша.

11

Сулим-паччахь Дала бохучунна тӀера дӀаверзар

1- 11:1 Карлабаьккхинарг 17:17. Хийрачу мехкашкара зударий безара Сулим-паччахьна. ПирӀунан йоӀ йоцург, царна юкъахь бара муабахойн, Ӏамминхойн, эдомхойн, цӀаданхойн, хьетахойн йоӀарий. 2- 11:2 Арадаккхар 34:16; Карлабаьккхинарг 7:3, 4. Уьш бара Везачу Эло исраилхошка иштта дешнаш аьллачу оцу къаьмнех: «Аша оцу къаьмнех йолу зуда яло мегар дац, шаьш цаьрга шайн деланашна тӀаьхьа ца хӀиттадайтархьама». Амма и зударий тӀех дукха безарна, корта дӀабаханера Сулим-паччахьан. 3 Иштта, ворхӀ бӀе зуда а, кхо бӀе гӀарбаш-зуда а яра Сулим-паччахьан. Оцу зударша бакъболчу некъа тӀера дӀаваьккхира Сулим-паччахь. 4 Сулим-паччахь къанвелча, цу зударша шайн деланашкахьа дӀаверзийра иза. Цундела Сулим-паччахьан дог, шен ден Даудан ма-хиллара, шен Везачу Далла дерриг а дӀаделла дацара. 5 ЦӀаданхойн Ӏаштарт+ 11:5а *Ӏаштарт *– иза Хьалхарчу Азехь даьхначу къаьмнийн хьийкъина ялта даларан а, безаман а дела ю бохург ду.* цӀе йолчу далла а, МилкӀом+ 11:5б *МилкӀом *– иза канаӀанхойн дела ву бохург ву. Цунна сагӀина дийна бераш дохьура, къаьсттина – Ӏамминхоша.* цӀе йолчу чӀогӀа боьхачу Ӏамминхойн далла а тӀевирзира Сулим-паччахь. 6 Иштта Везачу Элана хьалха шех зулам далийтира Сулим-паччахьо. Иза, шен да Дауд санна, кхоччуш тӀаьхьа ца хӀоьттира Везачу Элана. 7 ТӀаккха Сулим-паччахьо Ярушалайм-гӀалина малхбалехьа лаьттачу борзана тӀехь цӀу-деланашна Ӏамал ен меттигаш дӀахӀиттийра: муабахойн цӀунна Камошна а, Ӏамминхойн цӀунна Мулкана а. И цӀуш Далла хьалха боьха лоруш бу. 8 Иштта шен хийрачу мехкашкара ялийначу массо а зудчунна шайн-шайн деланашна баьрзнашна тӀехь хӀиттийначу кхерчаш тӀехь хаза хьожа йохуьйту меттигаш а, сагӀа доккху меттигаш а кечъяйтинера Сулим-паччахьо.

9 Веза Эла оьгӀазвахара Сулим-паччахьна, шена шозза а дуьхьал хӀоьттина волчу Исраилан халкъан Везачу Делехьара цо шен дог дӀадерзадарна. 10 Везачу Эло ца магийнера Сулим-паччахьна кхечу деланашна тӀаьхьахӀоттар, амма Сулим-паччахьо кхочуш ца дира Везачу Эло шега дина омра. 11 ТӀаккха Везачу Эло элира Сулим-паччахье: «Хьо иштта леларна а, ахьа Соьца бина барт лар ца барна а, Аса хьайна бина хьехамаш ахь кхочуш ца барна а, Аса хьоьгара пачхьалкх билггала схьайоккхур ю, иза хьан уллорачарах цхьаннан кара а луш. 12 Амма хьан ден Даудан дуьхьа Аса иза цкъа, хӀинца хьо дийна мел ву, дийр дац. Хьан кӀентан карара дӀайоккхур ю Ас и пачхьалкх. 13 Ерриг а пачхьалкх йоккхур яц Ас цуьнгара схьа. Сан лай хилла волчу Даудан дуьхьа а, Айса хаьржина йолчу Ярушалайм-гӀалин дуьхьа а цхьа дакъа лур ду Ас хьан кӀантана».

Сулим-паччахьан мостагӀий

14 ТӀаккха Везачу Эло Эдом-махкара паччахьан доьзалера волу ХӀадад, Сулим-паччахьан мостагӀа а вина, дуьхьалваьккхира цунна. 15 Иза иштта хилира: хьалха Дауд-паччахьо Эдом-махкаца тӀом бечу хенахь цу тӀамехь белларш дӀабохкархьама веана волчу эскаран хьаькамо Йоаба балаза бисина болу берриг а эдомхойн божарий байира. 16 Йоаб а, кхиболу исраилхой а ялх баттахь Ӏийра цигахь, шаьш берриг а эдомхойн божарий хӀаллакбаллалц. 17 Ткъа ХӀадад цу хенахь жима бер дара. Иза шен ден ялхой болчу масех эдомхочуьнца Мисар-махка дӀаведдера. 18 Мадани-махкара дӀа а бевлла, уьш Паран цӀе йолчу яьссачу аренга дӀабахара. ТӀаккха оцу Паранера адамаш а далош, Мисар-махкара пирӀунна тӀе баьхкира уьш. И пирӀун Мисар-мехкан паччахь вара, цо, ХӀададна Ӏан меттиг а, латта а, юург а елла, тӀеийцира иза. 19 ПирӀуно, ша ХӀададна чӀогӀа резахиларна, шен зудчун йиша яхийтира цуьнга маре. Паччахьан зудчун цӀе Тахьпанайса яра. 20 Оцу ХӀададан зуда йолчу Тахьпанайсин йишас кӀант вира цунна. Оцу кӀантана Ганубати цӀе тиллира. Тахьпанайсас и кӀант паччахьан керта валийра, иза пирӀунан берашца цуьнан кертахь Ӏаш вара. 21 Мисар-махкахь ша Ӏаш волуш, ХӀададна хезира, Дауд-паччахь, вала а велла, шен дайх дӀакхетта хилар а, иштта эскаран хьаькам Йоаб а велла хилар а. ТӀаккха ХӀадада элира пирӀуне: «Ахь со дӀахецахьара, сайн махка цӀа верза йиш хир яра сан».

22 Ткъа пирӀуно хаьттира ХӀададе: «Со волчохь хьуна хӀун ца тоьънера, хьайн махка верза хьан лаам хила?»

ХӀадада жоп делира: «Дерриг а дара сан, делахь а дӀахецахьа со», – аьлла.

23 Кхин а цхьа мостагӀа дуьхьалваьккхира Дала Сулим-паччахьна. Иза вара ЭлидаӀан кӀант Ризун, шен олахо волчу Цоба-мехкан паччахьах ХӀадад-Ӏезарх дӀаведда волу. 24 Дауд-паччахьо ХӀададӀезар-паччахьна тӀехь толам баьккхича, шена гонах адамаш а гулдина, оцу жимачу эскаран хьаькам хилира ЭлидаӀан кӀант Ризун. Уьш Дамасакх-гӀала бахара, цигахь а бисина, паччахьаша санна, олалла дора цара. 25 Даим, Сулим-паччахь дийна мел ву, Исраил-мехкан мостагӀа вара Ризун. ХӀадада динчу зуламашна иза а тӀекхийтира. Ткъа Ризуна, арамхойн паччахь а хилла, Исраил-махкана зулам дора.

Дала ЯрбаӀаме делла дош

26 НабатӀан кӀант ЯрбаӀам а велира Сулим-паччахьна дуьхьал. ЦӀарда-юьртара эпраймхо волу ЯрбаӀам Сулим-паччахьан ялхо вара. Цуьнан нана ЦаруӀат йисина Ӏаш яра. 27 Ткъа хӀара ду ЯрбаӀам Сулим-паччахьна дуьхьалваларх лаьцна дийцар. Сулим-паччахьо Милло цӀе йолу терхийн басенаш меттахӀоттаяйтинера. Иштта шен ден Даудан гӀалина гонах долу пенаш а тодойтуш хилла иза. 28 ЯрбаӀам онда стаг вара. Цо болх бечу хенахь Сулим-паччахьна гира цу къонахчунна шен болх дика бан хаар. ТӀаккха Сулим-паччахьо Юсупан тайпанах болчеран махкахь болх беш болчу массарна а тӀехь хьаькам хӀоттийнера ЯрбаӀам. 29 Цхьана дийнахь ЯрбаӀам Ярушалайм-гӀалара араваьлла вогӀуш вара. Новкъахь цунна шилунхо волу, АхьъяхӀу цӀе йолу цхьа пайхамар дуьхьалкхийтира. Ткъа оцу аренгахь уьш шаьш бара. 30 ТӀаккха АхьъяхӀус, шена тӀера цӀена бедар схьа а яьккхина, иза шийтта декъе йийкъира. 31 Цул тӀаьхьа АхьъяхӀус ЯрбаӀаме элира: «Схьаэца хьайна царах итт дакъа. ХӀунда аьлча иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „Ас, екъа а екъна, схьайоккхур ю Сулим-паччахьан карара пачхьалкх. Хьуна цунах итт дакъа дӀалур ду Ас. 32 Амма цхьа дакъа Сулиман карахь дуьтур ду Ас, Сайн лай волчу Даудан дуьхьа а, Исраил-мехкан юкъара Айса хаьржина йолчу Ярушалайм-гӀалин дуьхьа а. 33 Иза Ас дийр ду, Сулим-паччахь, Ас бохучунна тӀера дӀа а ваьлла, цӀаданхойн цӀу-далла Ӏаштартана а, муабахойн цӀу-далла Камошна а, Ӏамминхойн цӀу-далла МилкӀомна а Ӏибадат дан волавелла дела. Иза, Сан некъа тӀера дӀа а ваьлла, Сан хьехамаш ца лоруш, Сан весеташ кхочуш ца деш дӀахӀоьттина. Цу гӀуллакхашна тӀехь Сулим-паччахь шен дех Даудах ца тарвелира. 34 Амма Ас ерриг а пачхьалкх схьайоккхур яц Айса хаьржинчу Сулим-паччахьан карара. Сан весеташ а, Сан хьехамаш а лардина волчу, Ас хаьржинчу Сайн лайн Даудан дуьхьа могуьйтур ду Ас Сулимана ша велла дӀаваллалц паччахьалла дан. 35 Амма цуьнан кӀентан карара дӀадоккхур ду Ас и паччахьалла, ткъа хьоьга пачхьалкхан итт декъана тӀехь олалла дойтур ду Ас. 36 Сулим-паччахьан кӀанте пачхьалкхан цхьа дакъа лур ду Ас олалла дан, и латта Сайн лен Даудан карахь хилийта а, Аса Сайн цӀе язъяйта хаьржина йолчу Ярушалайм-гӀалахь Сайна хьалха цуьнан тӀаьхьенах волчуьнга олалла дайта а. 37 Ас хӀинца хоржу хьо, ткъа тӀаьхьа ахьа олалла дийр ду хьайн дагна лиъначу хӀуманна тӀехь. Хьо хир ву Исраил-мехкан паччахь. 38 Нагахь Ас омра мел динарг ахь кхочуш а дахь, хьо Суна тӀаьхьа а хӀоттахь, ахь Сан хьехамаш а, Сан весеташ а лардахь, Сан лай волчу Дауда лар ма-дарра, тӀаккха Со хир ву хьоьца. Ас чӀагӀдийр ду хьан цӀа. Хьан цӀийнах паччахьийн цӀа дийр ду Ас, Айса Даудана ма-дарра, Исраилан халкъ Ас хьоьга дӀалур ду. 39 Ас охьатаӀор ю Даудан тӀаьхье, Сулим-паччахьо иштаниг шегара далийтарна, амма иза гуттаренна а дийр дац, цхьана ханна бен“».

40 Ткъа Сулим-паччахь ЯрбаӀам вийна дӀаваккха лууш вара. ТӀаккха ЯрбаӀам Мисар-махка дӀаведира. Иза, Мисар-мехкан паччахь волчу Шушакхана тӀе а вахана, Сулим-паччахь дӀакхалххалц Мисар-махкахь Ӏийра.

Сулим-паччахьан дӀакхалхар

(2 Шерашкахь 9:29-31)

41 Сулим-паччахьо динчу хӀуманех лаьцна – цо мел динчух а, цуьнан хьекъалаллех а лаьцна – яздина ду Сулим-паччахьан гӀуллакхех долчу тептар тӀехь. 42 Сулим-паччахьо Ярушалаймехь берриг а Исраил-махкана тӀехь шовзткъа шарахь паччахьалла дира. 43 ТӀаккха Сулим-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза шен ден Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Сулиман метта паччахь хилира цуьнан кӀант РахьбуӀам.

12

Къилбаседера тайпанаш карзахдахар

(2 Шерашкахь 10:1-19)

1 РахьбуӀам Шехем-гӀала дӀавахара, хӀунда аьлча берриге а исраилхой цига дӀабаханера, иза паччахь дӀахӀотторхьама. 2 Шена иза дӀахезча, НабатӀан кӀант ЯрбаӀам Мисар-махкахь висира. Цигахь иза Сулим-паччахьах ведда ваххарх Ӏаш вара. 3 Амма цара, ЯрбаӀамна тӀе нах а бахийтина, цуьнга юхаверзар дийхира. ТӀаккха ЯрбаӀам а, массо исраилхой а РахьбуӀам волчу дӀабахча, халкъо цуьнга элира: 4 «Хьан дас тхан коча деза дукъ диллира. Цо тхоьга дайтина къиза гӀуллакхаш а, тхан коча диллина деза дукъ а ахь хӀинца дайдехьа. ТӀаккха оха хьуна хьалхара гӀуллакх дийр дара».

5 РахьбуӀама элира: «Кхо де даьлча юхадуьйла суна тӀе, аса жоп лур ду шуна». Халкъ дӀадахара.

6 РахьбуӀам-паччахь къанойх дагавелира. Оцу къаноша цуьнан дена Сулимна хьехамчаша санна гӀуллакх дора иза дийна волчу хенахь. РахьбуӀама хаьттира цаьрга: «Аса оцу халкъе хӀун аьлча бакъахь хета шуна?» – аьлла.

7 Къаноша цуьнга жоп делира: «Нагахь, таханлерчу дийнахь хьо оцу халкъана ялхо а хилла, ахьа царна гӀуллакх а дахь, цаьрца ахьа эсала къамел а дахь, уьш массо а хенахь хьуна ялхой хилла лелар бу».

8 Амма шега къаноша бина хьехам РахьбуӀама дӀатеттира. Шеца кхиъна болчу а, шена гӀуллакх деш болчу а кегийрхойх дагавелира иза. 9 Цо кегийрхошка хаьттира: «Аса хӀун жоп дала деза аьлла хета шуна оцу нахе? Цара соьга боху: „Хьан дас тхан коча диллина деза дукъ дайдехьа“».

10 РахьбуӀамца цхьаьна кхиъначу кегийрхоша элира: «Хьан дас шайн коча диллина деза дукъ дайдар доьхучу оцу халкъе ахьа иштта ала: „Сан цӀазапӀелг сан ден гӀодаюкъал а стомма бу. 11 Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таӀзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таӀзар дийр ду шуна“».

12 Паччахьо шайга аьлла ма-хиллара, ЯрбаӀам а, дерриг халкъ а кхозлагӀчу дийнахь РахьбуӀамна тӀедеара. 13 Паччахьо халкъе дера жоп делира. Къаноша шена дина хьехар дӀа а теттина, 14 кегийрхоша шена динчу хьехаре хьаьжжина, РахьбуӀама халкъе элира: «Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таӀзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таӀзар дийр ду шуна». 15 Иштта паччахьо ла ца дуьйгӀира халкъо шега бохучуьнга, хӀунда аьлча иза Везачу Эло нисдинера, Ша НабатӀан кӀанте ЯрбаӀаме шилунхо волчу АхьъяхӀугахула аьлларг кхочушхилийтархьама.

16- 12:16 Дауд 20:1. Массо а исраилхоша, паччахьо шайга ла ца дугӀийла гича, паччахье элира:

«Вай Даудан цӀийнах схьадевлла ма дац!

Юшайн кӀентан цӀийнаца доьзна ма дац вай!

Цундела шайн-шайн цӀа дерза шу, исраилхой.

Даудан кӀанта ша дойла шен цӀентӀехь олалла!»

Иштта исраилхой шайн-шайн цӀа дӀасабахара. 17 Ткъа РахьбуӀама ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь Ӏаш болчу исраилхошна тӀехь паччахьалла дира.

18 Цо белхалошна тӀехь хьаькам волу Адунурам вахийтира халкъана тӀе, амма исраилхоша иза, тӀе тӀулгаш кхиссина, вийра. Ткъа паччахь волу РахьбуӀам сихха гӀудалкха чу хиира, Ярушалайме дӀавадархьама. 19 Иштта тахханалц а Даудан цӀенна дуьхьалбевлла Ӏаш бу исраилхой.

20 ЯрбаӀам цӀа вирзина аьлла шайна хезча, исраилхоша, цунна тӀаьхьа нах а бахийтина, иза, гуламе схьа а кхайкхина, дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахь вина дӀахӀоттийра. ЯхӀудан тайпанах берш бен ца хӀиттира Даудан цӀийнах болчарна тӀаьхьа.

ШамӀа-ЯхӀу-пайхамаро бина хаам

(2 Шерашкахь 11:1-4)

21 РахьбуӀама, Ярушалайме схьа а веана, дерриге а ЯхӀудан цӀийнах а, Бен-Яманан тӀаьхьенах а волу цхьа бӀе везткъа эзар тоьлла тӀемало схьагулвира. Исраилан цӀийнах болчаьрца тӀом а бина, Сулим-паччахьан кӀентан РахьбуӀаман кара паччахьалла юхадерзорхьама дира цо иза. 22 ШамӀа-ЯхӀу цӀе йолчу Делан стаге Дала элира: 23 «Сулиман кӀант волчу яхӀудхойн паччахье РахьбуӀаме а, ЯхӀудан, Бен-Яманан тӀаьхьенах болчу массаьрга а, кхидолчу халкъе а дӀаала: 24 „Иштта боху Везачу Эло: ‘Шайн вежарий болчу исраилхошца тӀом бан ма гӀолаш. ХӀорра а шен-шен цӀа юхаверза, хӀунда аьлча и хилларг дерриг а Соьгара дара’“». Везачу Эло бохучуьнга ла а доьгӀна, уьш Цо ма-бохху юхабирзира.

ЯрбаӀам Делах дӀаверзар

25 ЯрбаӀама Эпрайм-лам тӀехь йолу Шехем-гӀала чӀагӀйира. Иза цу чохь ваха охьахиира. Эццара дӀа Пенуал-гӀала а вахана, иза чӀагӀйира цо. 26 Шен дагахь ЯрбаӀама бохура: «Паччахьалла дар юха а Даудан тӀаьхьенан карадерза там бу. 27 Нагахь халкъо, Ярушалайме а оьхуш, Везачу Элан цӀийнан кертахь сагӀа даккха доладахь, адамийн дегнаш юха а яхӀудхойн паччахь волчу РахьбуӀамна тӀедоьрзур ду. ТӀаккха цара со вуьйр ву».

28- 12:28 Арадаккхар 32:4. ЯрбаӀама, ойла а йина, деших ши эса а доттийтина, халкъе элира: «ТӀех дукха ихира шу Ярушалайме. Ва Исраилан халкъ, хьо Мисар-махкара арадаьккхина хьан деланаш хӀорш бу». 29 Цхьа дашо эса Бетал-гӀалахь, важа – Дан-гӀалахь дӀахӀоттийра цо. 30 Цу гӀуллакхо халкъе къинош летадойтура. Ур-атталла Дан-гӀала а оьхура нах оцу шаьш динчу эсашна Ӏибадат дан. 31 Иштта гунаш тӀехь Везачу Элан а, харцделанийн а цӀенош догӀийтира ЯрбаӀама. Массо а халкъана юкъарчу нахах динан дай бина дӀахӀиттийра цо, уьш Левин тӀаьхьенах боццушехь.

Бетал-гӀалахь Ӏибадат дарна дуьхьал дош алар

32- 12:32, 33 Ӏамалъяр 23:33, 34. Шеран борхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь ЯхӀуд-махкахь даздеш хиллачу кепара деза де билгалдаьккхира цо. Оцу дезачу дийнахь сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь сагӀанаш дохура цо. Изза дира цо Бетал-гӀалахь а, деших ша динчу эсашна сагӀанаш а дохуш. Бетал-гӀалахь ша динчу сагӀа доккхучу гунаш тӀехь гӀуллакх деш динан дай дӀахӀиттийра цо. 33 Шеран борхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь, ша билгалбаьккхинчу баттахь, исраилхошна ша хӀоттийначу дезачу дийнахь, ша дӀахӀоттийначу сагӀа доккхучу кхерчана тӀе вахара иза, цигахь дийнаташ дагоран сагӀанаш дахархьама.

13

1 ЯрбаӀам-паччахь сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь дийнаташ дагоран сагӀа даккха воллучу хенахь, Везачу Элан омрица ЯхӀуд-махкара цхьа Делан стаг Бетал-гӀала веара. 2- 13:2 ТӀаьххьарнаш 23:15, 16. Везачу Элан омрица оцу стага сагӀа доккхучу кхерче элира: «Ва сагӀа доккху кхерч! Везачу Эло хӀара боху: „Даудан цӀийнах кӀант вер ву, Юши-ЯхӀу цӀе йолу. СагӀа доккхучу гунаш тӀехь гӀуллакх а деш, цигахь сагӀанаш доху динан дай, байа а байина, хьуна тӀехь сагӀина бахьар бу цо, хьуна тӀехь адамийн даьӀахкаш ягор ю“». 3 Оццу дийнахь Делан стага цхьа билгало елира, иштта дешнаш а аьлла: «И дешнаш Везачу Элера хиларан билгалонна хӀара хир ду: и лаьтташ болчу сагӀа доккхучу кхерчах, эккха а иккхина, ши дакъа хир ду, цунна тӀера чим дӀаса а баьржар бу».

4 Делан стага Бетал-гӀалахь сагӀа доккхучу кхерчехьа а вирзина аьлла дешнаш шена хезча, ЯрбаӀама, шен куьг дӀа а кховдош, элира: «Схьалаца иза!» ТӀаккха Делан стагехьа дӀакховдийна долу цуьнан куьг заьӀап хилира. ЯрбаӀаме шен куьг меттах а ца даккхалора. 5 СагӀа доккху кхерч шина декъе бекъабелира, цунна тӀера чим дӀаса а баьржира. Иза хилира Делан стага йинчу билгалонца, Везачу Эло цунна омра ма-дарра. 6 ЯрбаӀам-паччахьо Делан стаге элира: «Хьайн Везачу Деле суна тӀера доӀа а дай, дехахьа сан куьг тодар».

Делан стага Везачу Эле дийхира. Паччахьан куьг, ша хьалха ма-хиллара, тоделла дӀахӀоьттира. 7 Паччахьо Делан стаге элира: «Ахьа, соьца цӀа чу а волий, яа хӀума яа. Аса хьуна совгӀат дийр ду».

8 Амма Делан стага паччахье элира: «Ахьа хьайн бахамах ахдакъа суна делча а, вогӀур вац со хьоьца. Аса бепиг а дуур дац, хи а мер дац хӀокху меттехь, 9 хӀунда аьлча Везачу Эло тӀедиллина суна: „Бепиг а ма даалахь, хи а ма малалахь эццахь, хьо дӀаваханчу новкъахула юха а ма верзалахь“, – аьлла». 10 Бетал-гӀала ша схьавеанчу новкъахула а ца воьдуш, кхечу новкъахула юхавирзира иза.

Бетал-гӀалара къена пайхамар

11 Бетал-гӀалахь вехаш вара пайхамар волу цхьа къано. Оцу пайхамаран кӀенташа+ 13:11 *КӀенташа *– иштта ду цхьадолчу ширачу гочдарш тӀехь. Ӏебархойн маттахь: *кӀанта.*, бахка а баьхкина, Делан стага цу дийнахь динарг дерриг а дӀадийцира цуьнга. Иштта Делан стага паччахьна мел аьлларг дӀадийцира пайхамаран кӀенташа. 12 Дас хаьттира цаьрга: «Муьлхачу новкъахула дӀавахара иза?» КӀенташа шайн дена гайтира муьлхачу новкъахула дӀавахара ЯхӀуд-махкара веана волу Делан стаг. 13 Пайхамаро шен кӀенташка элира: «Суна вир дӀайожа». Вир дӀаюьйжира, иза цунна тӀехиира. 14 Пайхамар Делан стагана тӀаьхьавахара. Иза ножан диттана кӀел хиъна Ӏаш а карийна, пайхамаро цуьнга хаьттира: «Хьо вуй и ЯхӀуд-махкара веана хилла волу Делан стаг?»

Вукхо элира: «Со ву».

15 Пайхамаро элира: «Сан цӀа чу а волий, бепиг даа хьайна».

16 Вукхо жоп делира: «Юха а вирзина, хьан цӀа вогӀийла дац сан. Дуур дац аса хьо волчохь бепиг а, мер дац аса кхузахь хи а, 17 хӀунда аьлча Везачу Элан дош ду соьга: „Эццахь бепиг а ма даалахь, хи а ма малалахь, хьо дӀаваханчу новкъахула юха а ма верзалахь“», – аьлла.

18 Пайхамаро элира: «Со а ву хьо санна пайхамар. Везачу Элан омрица цхьана малико соьга аьлла: „Хьайн цӀа юхаверзаве иза. Цуьнга бепиг а даийта, хи а малийта“». Амма пайхамаро аьлларг харцдерг дара.

19 Цо шега и аьлча, Делан стага, юха а вирзина, пайхамаран цӀахь бепиг а диира, хи а мелира. 20 Уьш яа хӀума юуш бохкуш, и стаг юхаверзийначу пайхамаре Везачу Элан дош кхечира. 21 ЯхӀуд-махкара веанчу Делан стаге пайхамаро элира: «Везачу Эло хӀара боху: „Ахьа Везачу Эло аьллачуьнга ла а ца дугӀуш, хьан Везачу Дала бохург а ца деш, 22 юха а вирзина, Дала хьайга ‘бепиг ма даалахь, хи ма малалахь’ аьллачу оцу меттехь ахьа бепиг а даарна, хи а маларна, хьан дакъа дайн къубба чу дуьллур дац“».

23 Делан стаг бепиг диъна а, хи мелла а ваьлча, пайхамаро вир дӀаюьйжира цунна. 24 И стаг дӀаволавелира. Иза новкъахула воьдуш, дуьхьал лом кхийтира цунна. Лоьмо и стаг цистира. Новкъахь Ӏуьллучу цуьнан докъана уллохь лом а, вир а лаьттара. 25 Уллохула чекхдовлучу адамашна новкъахь дӀатесна Ӏуьллу дакъа а, цунна юххехь лаьтта лом а гира. Пайхамар волу и къано вехаш волчу гӀала а бахана, оцу наха и дерриг а дӀадийцира.

26 И дерриг а шена дӀахезча, стаг юхаверзийначу пайхамаро элира: «Везачу Элан дашна дуьхьало йина волу Делан стаг ву иза. Везачу Эло лоьман кара дӀавелира иза. Везачу Эло цуьнга аьлла ма-хиллара, лоьмо, цеста а цестина, иза вийра». 27 Пайхамаро шен кӀенташка элира: «ДӀайожал суна вир». КӀенташа вир дӀаюьйжира. 28 Пайхамар новкъавелира. Новкъахь дӀатесна Ӏуьллу Делан стеган дакъа гира цунна. Ткъа цунна уллохь лаьтташ виррий, ломмий дара. Лоьмо дакъа а ца диънера, вир а ца цистинера. 29 Пайхамаро, Делан стеган дакъа схьа а эцна, иза вир тӀе а диллина, юхадеара. Пайхамар волу и къано шен гӀала юхавирзира, цуьнан дакъа дӀа а дуллуш, белхар хӀотторхьама. 30 Пайхамаро и дакъа шен къубба чу диллича, иза а, цуьнан кӀентий а Делан стагана боьлхура: «Маржа-яӀ, сан ваша!» – бохуш. 31 И стаг дӀавоьллинчул тӀаьхьа цо шен кӀенташка элира: «Со велча, и Делан стаг дӀавоьллинчу къубба чохь дӀаволла со а. Цуьнан даьӀахкашна улло сан даьӀахкаш а яхка. 32 ХӀунда аьлча билггал кхочуш хир ду оцу стага, шена Везачу Эло тӀе-ма-диллара, Бетал-гӀаларчу сагӀа доккхучу кхерчана дуьхьал а, Шамран-махкарчу гӀаланашкахь болчу гунашкахь лаьттачу харцделанийн цӀеношна дуьхьал а аьлларг».

ЯрбаӀама бохам боккхуш латийна къа

33 И хӀума хиллачул тӀаьхьа а шен харцнекъаш тӀера дӀа ца велира ЯрбаӀам. Массо а халкъана юкъара схьа а оьций, сагӀа доккхучу гунийн динан дай дӀахӀиттабора цо. Шена дӀахӀитто мел лиънарш ЯрбаӀама къобалбора сагӀа доккхучу гунашна тӀехь динан дайша санна гӀуллакхдарна. 34 Оцу гӀуллакхо ЯрбаӀаман цӀентӀехь мел волчуьнга къинош летадойтура, ткъа и бахьана долуш тӀаьхьо цуьнан тӀаьхьенна бохам хилира, иза лаьтта тӀера дӀа а йоккхуш.

14

ЯрбаӀаман кӀант валар

1 Цу хенахь ЯрбаӀаман кӀант Аби-ЯхӀу цомгуш хиллера. 2 ЯрбаӀама шен зудчуьнга элира: «Яло, хьо сан зуда юйла ца хаийта, хьайна тӀе хийцина хӀума а юхий, Шилун-гӀала гӀо. Цигахь вехаш АхьъяхӀу цӀе йолу цхьа пайхамар ву. Со хӀокху халкъан паччахь хилла дӀахӀоттор ву аьлла, хаам бинера цо. 3 Хьайца итт бепиг, масех хьокхам, кхаби чохь моз а хьош, и пайхамар волчу гӀо. Цо эр ду хьоьга вайн кӀантах хиндерг».

4 Зудчо ЯрбаӀама боххург дира. Иза, Шилун-гӀала а яхана, АхьъяхӀун цӀа еара. АхьъяхӀу са гуш вацара. ЧӀогӀа къена хиларна, цуьнан бӀаьрса дайнера. 5 Везачу Эло АхьъяхӀуга элира: «ЯрбаӀаман зуда ю хьуна тӀе йогӀуш, шен кӀантах хиндерг хьоьга хаттархьама. И кӀант цомгуш ву. И зуда ша ца йовзийта тӀе хийцина хӀума юьйхина хир ю». ТӀаккха Везачу Эло цуьнга элира оцу зудчуьнга ала дезарг.

6 ЧуйогӀучу оцу зудчун когийн тата шена хезча, АхьъяхӀус элира: «Чуйола, ЯрбаӀаман зуда. Ахьа хьайн йоцу бедар тӀе хӀунда юьйхира? Вон кхаъ бу сан хьоьга ала. 7 Яло, дӀа а гӀой, ЯрбаӀаме ахьа ала: „Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: ‘Дерриге а халкъана юкъара хьо лакха а ваьккхина, Сайн Исраилан халкъан баьчча вина дӀахӀоттийра Аса. 8 Даудан цӀийнан паччахьалла, схьа а даьккхина, Аса хьан кара делира. Амма хьо сан ялхо волу Дауд санна вац. Дауда сан весеташ а кхочушдора, шен доггах Суна тӀаьхьа а хӀоьттира иза, Суна нийса хеташ дерг бен ца деш. 9 Ткъа хьо хьайл хьалха хиллачу массо а паччахьел а сов зуламаш деш хили. Со оьгӀаз а вохуьйтуш, лалийначу хӀуманах цӀуш а бина, хьайна кхин деланаш дӀахӀиттийна ахь, ткъа Со-м кхоччуш дӀатеттина ахь. 10- 14:10 Сулим 15:29. Цундела Аса ЯрбаӀаман цӀенна тӀе бохам боуьйтур бу. ЯрбаӀаман цӀентӀера хӀора боьрша стаг – чувоьллина я маьрша иза велахь а – хӀаллаквийр ву Аса. Чим ца буьтуш, ягийна кхелли санна, дамардарц дина дӀадоккхур ду Аса ЯрбаӀаман цӀа. 11 ЯрбаӀаман цӀийнах волу гӀали чохь велла муьлхха а стаг жӀаьлеша вуур ву. Аренгахь беллачарна стигалан олхазарша зӀок еттар ю. Иштта боху Везачу Эло!’“»

12 ТӀаккха АхьъяхӀу-пайхамаро ЯрбаӀаман зудчуьнга элира: «Ткъа хӀинца хьайн цӀа гӀо. Ахьа гӀали чу ког боккхушехь, хьан кӀант лийр ву. 13 Дерриг а Исраилан халкъо белхар хӀоттор ду, тӀаккха иза дӀавуллур ву. ЯрбаӀаман доьзалх иза цхьаъ бен дӀавоьллина хир вац, хӀунда аьлча ЯрбаӀаман цӀийнах болчарна юкъахь бен цхьа а диканиг ца карийна Исраилан халкъан Везачу Далла. 14 Везачу Эло Исраилан халкъана тӀехь керла паччахь хӀоттор ву. Цо ЯрбаӀаман цӀа хӀаллакдийр ду. Иза кестта хир ду. 15 Хино лестош болу эрз санна хилла, дӀахӀоттор ду Везачу Эло Исраилан халкъ Шен таӀзарца. Ша исраилхойн дайшна деллачу токхечу лаьтта тӀера орамашца бухдоккхур ду Везачу Эло и халкъ. Оцу халкъо, Веза Эла дарвеш, шайна Ашера-далла лерина долу дечиган бӀогӀамаш дӀахӀитторна, Эпрат-хил дехьа а даьккхина, дӀасадаржор ду иза. 16 ЯрбаӀам-паччахьо ша летийна долу а, Исраилан халкъе летадайтина долу а къинош бахьанехь, Везачу Эло Исраилан халкъ дуьтур ду».

17 ЯрбаӀаман зуда, хьала а гӀаьттина, Тирца-гӀала юхайирзира. Цо шен цӀа чу ког боккхушехь, цуьнан кӀант велира. 18 Везачу Эло Шен ялхо волчу АхьъяхӀу-пайхамарехула ма-аллара, и кӀант дӀавоьллира, массо а исраилхоша цунна белхар хӀоттийра.

ЯрбаӀаман валар

19 ЯрбаӀам-паччахьо динчу хӀуманех лаьцна – цо мел динчух а, цо бинчу тӀамех а, цо динчу паччахьаллех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. 20 ЯрбаӀама ткъе шина шарахь паччахьалла дира. ТӀаккха, дӀа а кхелхина, иза шен дайх дӀакхийтира. Цуьнан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Надаб.

ЯхӀудхойн паччахь РахьбуӀам

(2 Шерашкахь 11:5–12:15)

21 Сулим-паччахьан кӀант РахьбуӀам яхӀудхойн паччахь вара. РахьбуӀам паччахь хилла дӀахӀуттуш цуьнан шовзткъе цхьа шо дара. Везачу Эло, Шен цӀе язъяйтархьама, Исраил-мехкан гӀаланашна юкъара схьахаьржинчу Ярушалайм-гӀалахь вуьрхӀитта шарахь паччахьалла дира цо. РахьбуӀаман ненан цӀе НаӀмат яра. Иза Ӏамминхо яра.

22 ЯхӀудан халкъо Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш дора. Шаьш летош долчу къиношца шайн дайша чул а сов дарвора яхӀудхоша Веза Эла. 23- 14:23 ТӀаьххьарнаш 17:9, 10. Цара шайна сагӀа доккху гунаш а, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а дӀахӀиттадора муьлххачу а лекхачу меттигехь а, муьлххачу а ӀиндагӀ луш долчу дитта кӀелахь а. 24- 14:24 Карлабаьккхинарг 23:17. Оцу махкахь а бара цӀуйн дуьхьа сийсаза лелаш болу «базбина» божарий. Везачу Эло Исраилан халкъана хьалхара дӀалелхийначу наха мел лелийна дегаза гӀуллакхаш леладора яхӀудхоша а.

25- 14:25 2 Шерашкахь 12:2-8. РахьбуӀам паччахь волу пхоьалгӀа шо долуш, Мисар-мехкан паччахь волу Шушакх Ярушалаймана тӀелетира. 26- 14:26 Сулим 10:16, 17; 2 Шерашкахь 9:15, 16. Везачу Элан цӀа чуьра а, паччахьан цӀа чуьра а ерриге а еза хӀуманаш дӀаяьхьира цо. Сулим-паччахьо дайтина дашо турсаш а цхьаьна, дерриг хӀума а дӀадаьхьнера. 27 Церан метта РахьбуӀам-паччахьо цӀестан турсаш дайтира. Уьш паччахьан цӀийнан ков лардечу гӀаролхойн хьаькамийн караделира. 28 Паччахь хӀоразза а Везачу Элан цӀа чу волуш, гӀаролхоша и турсаш схьаоьцура. Цул тӀаьхьа гӀаролхойн цӀа чу шен метте охьадохкура цара уьш.

29 РахьбуӀаман кхидолчу гӀуллакхех а, цо мел динчух а лаьцна яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 30 РахьбуӀамна а, ЯрбаӀамна а юкъахь ца соцуш тӀом лаьттира. 31 ТӀаккха РахьбуӀам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза царна уллохь Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Цуьнан ненан цӀе НаӀмат яра. Иза Ӏамминхо яра. РахьбуӀаман метта цуьнан кӀант Аби-ЯхӀу дӀахӀоьттира паччахь хилла.

15

ЯхӀудхойн паччахь Аби-ЯхӀу

(2 Шерашкахь 13:1–14:1)

1 НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошна тӀехь паччахьалла деш долу берхӀитталгӀа шо долуш, Аби-ЯхӀу яхӀудхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира. 2 Ярушалаймехь кхаа шарахь паччахьалла дира цо. Цуьнан ненан цӀе МаӀха яра. Иза Абушаламан йоӀ яра. 3 Аби-ЯхӀу-паччахьо а летадора хьалха шен дас летийна доллу къинош. Цуьнан ден да волу Дауд шен Везачу Далла даггара тӀевирзина вара, ткъа Аби-ЯхӀу Везачу Далла даггара тӀевирзина вацара. 4- 15:4 Сулим 11:36. Иза иштта делахь а, Даудан дуьхьа цуьнан Везачу Дала цунна Ярушалаймехь йолу тӀаьхье елира. Цул тӀаьхьа паччахь хилийтархьама, Дала цунна кӀант велира, ткъа Ярушалайм-гӀала Дала чӀагӀйира. 5- 15:5 Дауд 11:1-27. Везачу Дала иштта дира, хӀунда аьлча Дауда гуттара а Далла нийса хетарг лела а дора, ша мел веха а Дауд цкъа а Везачу Элан весеташ тӀера дӀа ца велира, хьетахо волчу УръяхӀуна ша динчу цхьана хӀуманна тӀехь доцург. 6- 15:6 2 Шерашкахь 13:3-21. Аби-ЯхӀу ваьхначу ерриге а заманахь РахьбуӀамна а, ЯрбаӀамна а юкъахь тӀом лаьттира. 7 Аби-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех а, цо мел динчух а лаьцна яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. Аби-ЯхӀуна а, ЯрбаӀамна а юкъахь а тӀом лаьттира. 8 Аби-ЯхӀу, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Аби-ЯхӀун метта паччахь хилира цуьнан кӀант Аса.

ЯхӀудхойн паччахь Аса

(2 Шерашкахь 15:16–16:6)

9 ЯрбаӀама Исраил-махкахь паччахьалла ден ткъолгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь хилира Аса. 10 Цо шовзткъе цхьана шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цӀе МаӀха яра. Иза Абушаламан йоӀ яра. 11 Аса-паччахьо, ша схьаваьллачу Дауда санна, Везачу Элана нийса хеташ долу гӀуллакхаш дора. 12- 15:12 2 Шерашкахь 15:8-15. Оцу махкара цӀуйн дуьхьа сийсаза лелаш болу «базбина» божарий дӀа а лелхийна, шен дайша вина массо а цӀу дӀаваьккхира цо. 13 Ур-атталла шен ден нана МаӀха а паччахьан цӀе лелорах яьккхира Асас, цо Ашера-харцдалла лерина дегаза болу бӀогӀам дӀахӀотторна. И цӀу, цеста а цистина, Кхидрун-тогӀи чохь вагийна дӀаваьккхира Аса-паччахьо. 14 СагӀа доккху гунаш дӀа ца дехира цо. Амма ша дийна волчу хенахь Везачу Элана тешаме вара иза. 15 Шен дас а, ша а Далла къобалйина йолу пхьегӀаш а, дато а, дашо а хӀуманаш а Везачу Элан цӀа чу ехкира Аса-паччахьо.

16 Аса-паччахьна а, исраилхойн паччахьна БаӀшина а юкъахь тӀом лаьттира цу шиммо паччахьалла динчу массо а хенахь. 17 Исраилхойн паччахь БаӀша ЯхӀуд-махкана тӀелетира. Цо Рама-гӀала чӀагӀйира, цхьа а Аса-паччахьан лаьтта тӀе я ара, я чу ца валийтархьама. 18 Везачу Элан цӀа чуьра а, паччахьан цӀера а хазнаш чохь дисина долу дерриг дети а, деши а, схьа а эцна, иза шен ялхойн кара дӀаделира Аса-паччахьо. ТӀаккха цаьрга и дерриг дети а, деши а дӀадахьийтира цо Хьезиюнан кӀентан ТӀабримунан кӀант волчу Бен-Хьадиде. Бен-Хьадид Дамасакх-гӀалахь Ӏаш волу Арам-мехкан+ 15:18 *Арам-мохк *– иза хӀинцалерчу Сири-мехкан цхьа дакъа хилла.* паччахь вара. Аса-паччахьо цаьргахула хаам бира: 19 «Барт бойла суна а, хьуна а юкъахь, сан дена а, хьан дена а юкъахь ма-хиллара. Аса совгӀатна дети а, деши а доуьйту хьуна. Ахьа хьайна а, исраилхойн паччахь волчу БаӀшина а юкъахь болу барт бохабе, иза суна тӀегӀоьртина волчуьра дӀавалийтархьама».

20 Аса-паччахьо бохучуьнга ладуьйгӀира Бен-Хьадида. Цо шен тӀеман хьаькамаш бахийтира Исраил-мехкан гӀаланашна тӀелата. Бен-Хьадид-паччахьо толам баьккхира Ӏаюн а, Дан а, Абал-Байт-МаӀак а гӀаланашна а, берриг Наптал-махкана а тӀехь, шена чу Канарот-мохк а богӀуш. 21 И дерриг а шена хезча, БаӀша-паччахь, Рама-гӀаланах чӀагӀонан гӀап яр саца а дина, Тирца-гӀалахь ваха охьахиира.

22 Ткъа Аса-паччахьо берриг а ЯхӀуд-махкахула халкъе омра дора, цхьа а стаг юкъахь ца вуьтуш, массо а яхӀудхоша Рама-гӀалара тӀулгаш, дечиг арадаккха аьлла. Уьш БаӀша-паччахьо и гӀала чӀагӀъян гулдина дара. Ткъа Аса-паччахьо цаьрца Бен-Яманан ГибаӀ-гӀала а, МицӀпа-гӀала а чӀагӀйира.

23 Аса-паччахьо динчу кхидолчу массо а хӀуманех лаьцна – цуьнан майрачу гӀуллакхех, цо мел кхочушдинчух, цо чӀагӀъяйтинчу гӀаланех лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. Ткъа Аса-паччахь къанвелча, цуьнан когех цамгар кхийтира. 24 ТӀаккха Аса-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Царна уллохь иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Цуьнан метта паччахь хӀоьттира ЯхӀушапти.

Исраилхойн паччахь Надаб

25 Аса-паччахьо ЯхӀуд-махкахь олалла дечу шолгӀачу шарахь ЯрбаӀаман кӀант волу Надаб исраилхойн паччахь хилира. Надаба шина шарахь паччахьалла дира исраилхошна тӀехь. 26 Цо Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш дора. Шен дас лелийна некъаш цо а леладора, ткъа шен дас исраилхошка латадайтина къа цо а латадора.

27 Иссарханан тайпанах волчу АхьъяхӀун кӀанта БаӀшас, Надаб-паччахьна дуьхьал ямартлонца барт а бина, иза пӀелаштамхойн Габитун-гӀалахь вийра. Иза дара Надаба а, массо а исраилхоша а Габитун-гӀалина го бинчу хенахь. 28 ЯхӀудхойн паччахьо Асас паччахьалла ден кхоалгӀа шо долуш вийра БаӀшас Надаб-паччахь. ТӀаккха цуьнан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира БаӀша.

29- 15:29 Сулим 14:10. БаӀшас, ша паччахь дӀа-ма-хӀоьттина, ЯрбаӀаман берриг а доьзал хӀаллакбира. ЯрбаӀаман цӀийнах цхьа а дийна ца вуьтуш, Везачу Эло Шен ялхо волчу а, шилунхо волчу а АхьъяхӀугахула аьлла ма-хиллара, уьш берриш а хӀаллакбира цо. 30 И дерриге а хилира, ша летийнчу къиношца а, ша Исраилан халкъе летадайтинчу къиношца а ЯрбаӀама Исраилан халкъан Веза Дела оьгӀазвахийтина дела.

31 Надаб-паччахьан кхидолчу гӀуллакхех а, цо мел динчух а лаьцна яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. 32 Аса-паччахьна а, исраилхойн паччахь волчу БаӀшина а юкъахь тӀом лаьттира цара паччахьалла динчу массо а хенахь.

Исраилхойн паччахь БаӀша

33 Аса-паччахьо ЯхӀуд-махкахь олалла дечу кхоалгӀачу шарахь массо а исраилхошна тӀехь паччахь хилла дӀахӀоьттира АхьъяхӀун кӀант БаӀша. Тирца-гӀалахь а Ӏаш, цо исраилхошна тӀехь ткъе деа шарахь паччахьалла дира. 34 БаӀша-паччахьо Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш дора. Шен дас ЯрбаӀама лелийна некъаш цо а леладора, ткъа шен дас исраилхошка латадайтина къа цо а латадора.

16

1 Хьананин кӀант волчу ЯхӀу-пайхамаре Везачу Эло, БаӀша-паччахьна лерина хаам а беш, элира: 2 «Аса хӀумма а воцучу хьох Сайн Исраилан халкъан баьчча вира, ткъа хьо ЯрбаӀам-паччахьан новкъахула вахана, Сан Исраилан халкъ къинойх а дузуш. Цара шаьш летош долчу къиношца Со дарвина. 3 ХӀинца Аса дӀавоккхур ву хьо а, цуьнан цӀийнах мел верг а. НабатӀан кӀентан ЯрбаӀаман цӀенна диннарг дийр ду Аса хьан цӀенна а. 4 Хьан цӀийнах волу гӀалахь велларг жӀаьлеша вуур ву. Ткъа аренгахь веллачунна стигалан олхазарша зӀакарш еттар ю».

5 БаӀша-паччахьан кхидолчу хӀуманех лаьцна – цо мел кхочушдинчух а, цуьнан майрачу гӀуллакхех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. 6 БаӀша, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Тирца-гӀалахь дӀавоьллира. БаӀшин метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Эли.

7 Шен иштта дешнаш аьллера Везачу Эло Хьананин кӀант волчу ЯхӀу-пайхамарехула БаӀше а, цуьнан цӀийнах болчаьрга а, цо деш долу Шена зуламе хета массо а гӀуллакхаш бахьанехь. Ша дечу гӀуллакхаш тӀехь иза ЯрбаӀаме тарваларна а, иштта, ЯрбаӀаман цӀа хӀаллакдарна а, БаӀшас Веза Эла чӀогӀа дарвора.

ЯхӀудхойн паччахь Эли

8 ЯхӀудхойн Аса-паччахьо олалла ден ткъе йолхалгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь дӀахӀоьттира БаӀшин кӀант Эли. Тирца-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира. 9 Паччахьан гӀудалкхийн ахдекъан хьаькам волчу Эли-паччахьан ялхочо Зимарис цунна дуьхьал къайлаха барт бира. Цхьана дийнахь Тирца-гӀалахь паччахьан цӀенна тӀехь хьаькам волчу Арцин цӀахь маларо вахийна Ӏаш вара Эли. 10 Оццу хенахь, цу цӀа чу а ваьлла, Зимарис тоьхна вийра Эли-паччахь. Иза дара Аса-паччахьо олалла ден ткъе ворхӀалгӀа шо долуш. Зимари Эли-паччахьан метта паччахь хӀоьттира.

11 Цо, ша паччахь а хилла, олалла дан вола-ма-велли, БаӀшин дерриг а цӀа хӀаллакдира. БаӀшин цӀийнах болчу цуьнан гергарчарна а, доттагӀашна а юкъара цхьа а боьрша стаг дийна ца витира Зимарис. 12 Иштта, Везачу Эло БаӀшех лаьцна ЯхӀу-пайхамарехула аьлла ма-хиллара, Зимари-паччахьо БаӀшин цӀа хӀаллакдинера. 13 И дерриг а хилира БаӀша-паччахьо а, цуьнан кӀанта Элис а къинош летадар бахьана долуш а, цара Исраилан халкъе а къинош летадайтар бахьанехь а. Шайн эрначу цӀушна Ӏибадат дарца Исраилан халкъан Веза Дела дарвора цара. 14 Эли-паччахьан кхидолчу гӀуллакхех а, цо мел динчух а лаьцна яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.

Исраилхойн паччахь Зимари

15 ЯхӀудхойн паччахьо Асас паччахьалла до ткъе ворхӀалгӀа шо долуш, хилира Зимарих паччахь. Цо Тирца-гӀалахь ворхӀ дийнахь паччахьалла дира. Иза дара исраилхойн эскаро пӀелаштамхойн Габитун-гӀалина го бинчу хенахь. 16 Зимарис паччахьна дуьхьал ямартлонца барт бина хилар а, цо паччахь вер а исраилхойн эскарна хиъча, цара массара а шайн тӀеман хьаькам волу Ӏумари оццу дийнахь цу меттехь паччахь дӀахӀоттийра. 17 Ӏумарис а, цуьнца цхьаьна исраилхойн дерриг эскаро а, Габитун-гӀалара дӀа а дахана, Тирца-гӀалина го бира. 18 Шена гӀала дӀалаьцнийла хиъча, паччахьан цӀийнан чӀагӀйинчу чухуларчу чоьн чу велира Зимари. Иза, шена тӀаьхьа паччахьан цӀийнах цӀе а тесна, велира. 19 Иза иштта хилира, Зимарис Везачу Элана зуламе хета гӀуллакхаш лелорна а, ЯрбаӀама летийна доллу къинош а летош, иза цуьнан некъашца леларна а. ЯрбаӀама санна, цо а къинош летадайтира Исраилан халкъе. 20 Зимарин кхидолчу хӀуманех – цо йина ямартло шена чу а лоцуш – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.

Исраилхойн паччахь Ӏумари

21 Исраилан халкъ шина декъе декъаделира. Халкъан цхьа дакъа Гинатин кӀантана Тибанина тӀаьхьахӀоьттира, иза паччахь хӀотто дагахь, ткъа вуьш Ӏумарина тӀаьхьахӀиттира. 22 Ӏумарина тӀаьхьахӀоьттинчу халкъо толам баьккхира, Гинатин кӀантана Тибанина тӀаьхьахӀоьттина халкъ эша а деш. Тибани велира, ткъа Ӏумари паччахь дӀахӀоьттира. 23 ЯхӀудхойн паччахьо Асас олалла ден ткъе цхьайтталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилира Ӏумари. Цо шийтта шарахь паччахьалла дира. Царах ялх шарахь Тирца-гӀалахь олалла дира цо. 24 Ӏумарис Шамран лам ийцира Шамрера, ши гали дато ахча а делла. Оцу гу тӀехь гӀала йира Ӏумарис. Цунах Шамран-гӀала элира цо, и лам долахь хиллачу Шамрин цӀарах.

25 Ӏумари шел хьалха хиллачу паччахьел а тӀехвелира Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш дарна тӀехь. 26 Иза массо а хӀуманна тӀехь НабатӀан кӀант ЯрбаӀам лелла хиллачу новкъахула лелара, ЯрбаӀама Исраилан халкъе летадайтина къинош а летадеш. Шайн эрначу цӀушна Ӏибадат дарца Исраилан халкъан Веза Дела дарвора исраилхоша. 27 Ӏумари-паччахьо динчу кхидолчу хӀуманех лаьцна – цо кхочушдинчу гӀуллакхех а, цуьнан майрачу гӀуллакхех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. 28 Ӏумари, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Шамран-гӀалахь дӀавоьллира. Цуьнан кӀант волу Ахьаб цуьнан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира

Исраилхойн паччахь Ахьаб

29 ЯхӀудхойн паччахьо Асас олалла до ткъе берхӀитталгӀа шо дара, Ӏумарин кӀант Ахьаб исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттича. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, Ӏумарин кӀанта Ахьаба ткъе шина шарахь исраилхошна тӀехь олалла дира. 30 Ӏумарин кӀант Ахьаб шел хьалха хиллачу паччахьел а тӀехвелира Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш дарна тӀехь. 31 НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама летийна долу къинош ша летадар шена кӀезиг хеташ санна, цӀаданхойн паччахь волчу Эти-БаӀалан йоӀ Изабал а ялийра Ахьаба шена, БаӀал-цӀунна Ӏамал ян а, Ӏибадат дан а волавелира иза. 32 Шамран-гӀалахь, БаӀал-харцделан цӀа чохь, оцу цӀунна лерина сагӀа доккху кхерч хӀоттийра Ахьаба. 33 Иштта, Ашера-харцдалла лерина болу дечиган бӀогӀам а дӀахӀоттийра Ахьаба. Шел хьалха хиллачу исраилхойн массо паччахьел а тӀехвелира иза Исраилан халкъан Веза Дела оьгӀазвохуьйту гӀуллакхаш дарна тӀехь. 34- 16:34 ЮшаӀ 6:25. Ахьаб-паччахь волчу заманчохь Бетал-гӀаларчу Хьиала Ерихон-гӀала юхаметтахӀоттийра. Хьиала оцу гӀалин бух биллийтинчу хенахь, цуьнан воккхах волу кӀант Абирам велира. Ткъа Хьиала цу гӀалин ков дӀахӀоттийначу хенахь цуьнан жимах волу кӀант Чагуб а велира. Иза хилира Нунин кӀант волчу ЮшаӀехула Везачу Эло аьлла ма-хиллара.

17

Эли-ЯхӀу-пайхамаро Далла гӀуллакх дар

1- 17:1 Якъуба 5:17. ГалӀад-махкарчу Тишаб-гӀалара волчу Эли-ЯхӀу-пайхамаро Ахьаб-паччахье элира: «Шена гӀуллакх деш волчу а, дийна волчу а Исраилан халкъан Везачу Делах чӀагӀо йо аса, хӀокху шерашкахь я тхи, я догӀа хир дац аьлла, аса омра даллалц».

2 ТӀаккха Везачу Элан дош кхечира Эли-ЯхӀуга: 3 «ХӀокху меттера дӀа а валий, Йордан-хина малхбалехьа долчу Карит-Ӏин чохь дӀалачкъа. 4 Оцу Ӏин чуьра хи мер ду ахьа. Ткъа хьуна юург латтор къигашна тӀедиллина Аса», – аьлла.

5 Везачу Эло шега аьлларг Эли-ЯхӀус кхочушдира. Иза, вахана, Йордан-хина малхбалехьа долчу Карит-Ӏин чохь сецира. 6 Къигаша бепиг а, жижиг а дохьура Эли-ЯхӀуна Ӏуьйранна а, суьйранна а. Ӏин чуьра хи а молура цо. 7 Цхьа хан яьллачу хенахь, догӀанаш ца дарна, оцу Ӏин чуьра хи лекъира.

Эли-ЯхӀу а, Сарпат-гӀалара йисина Ӏаш йолу зуда а

8 Везачу Элан дош кхечира Эли-ЯхӀуга: 9- 17:9 Лака 4:25, 26. «ЦӀадан-гӀалин уллохь йолчу Сарпат-гӀала дӀа а гӀой, цигахь саца. Йисина Ӏаш йолчу цхьана зудчуьнга хьо, тӀе а лаций, оцу меттехь кхаба аьлла Аса». 10 Эли-ЯхӀу Сарпат-гӀала вахара. Иза гӀалин кевне кхаьчначу хенахь, цунна йисина Ӏаш йолу цхьа зуда гира. Иза чӀийш гулдеш яра. Эли-ЯхӀус цуьнга элира: «КӀудал чохь жимма мала хи лохьа суна». 11 И зуда хи дан яхача, Эли-ЯхӀус, цунна тӀаьхьа мохь а тоьхна, элира: «Баьпкан юьхк а яхьа суна!»

12 Оцу зудчо элира: «Дийна волчу хьан Везачу Делах чӀагӀо йо ас, сан кийча яа хӀума цахилар. Сан долуш дерг текха чохь цхьа кана дама а, кхаби чохь кӀеззиг даьтта а ду. Со хӀинца жимма чӀийш гулдеш йоллура, уьш цӀа а даьхьна, сайна а, сайн кӀантана а юург ярхьама. И йолуш ерг йиъна дӀаяьлча, тхойшиъ лийр ду-кх».

13 Эли-ЯхӀус оцу зудчуьнга элира: «Ма кхера, зуда, дӀа а гӀой, айхьа бохург де. Амма цкъа хьалха хьайн долуш долчух жимо совсаза хьокхам а баттий, суна схьаба, цул тӀаьхьа хьайна а, хьайн кӀантана а яа хӀума кечъе. 14 ХӀунда аьлча Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Хьан текхара дама а хедар дац, кхаби чуьра даьтта а жимлур дац, Везачу Эло лаьтта догӀа даийтталц“».

15 Цо, дӀа а яхана, Эли-ЯхӀус боххург дира. Дуккха а деношна Эли-ЯхӀуна а, оцу зудчунна а, цуьнан кӀантана а яа хӀума тоьура. 16 Текхара дама а чекх ца долура, кхаби чуьра даьтта а лах ца лора, Везачу Эло Эли-ЯхӀугахула аьлла ма-хиллара.

17 Цул тӀаьхьа оцу йисина Ӏачу зудчун кӀант цомгуш хилира. И цамгар чӀогӀа хиларна, кӀентан садаӀар а сецнера. 18 Оцу зудчо Эли-ЯхӀуга элира: «Ва Делан стаг, хьан хӀун бала бу соьца? Я хьо, Далла сан къинош дага а доуьйтуш, сан кӀант вен веана ву те?»

19 Эли-ЯхӀус цуьнга элира: «Схьалол соьга хьайн кӀант». Цуьнан карара кӀант, схьа а эцна, оцу цӀийнан лакхарчу гӀат тӀехь долчу шен цӀа чу а вигна, ша дӀавуьжучу маьнги тӀе виллира Эли-ЯхӀус. 20 Цо Везачу Эле доӀа дира: «Сан Веза Дела! Со шен хӀусамехь волчу йисина Ӏаш йолчу хӀокху зудчунна а дийр ду те Ахьа зулам, цуьнан кӀант а валийтина?» 21- 17:21 ТӀаьххьарнаш 4:34, 35. ТӀаккха Эли-ЯхӀус кхузза шен дегӀ цу кӀантана тӀедиллира. Цо доьхура: «Ва сан Веза Дела, юхадерзадехьа цу кӀентан дегӀа чу дахаран са!» 22 Везачу Элана дӀахезира Эли-ЯхӀун доӀа. Оцу кӀентан дахаран са юхадеара, иза денвелира.

23 Эли-ЯхӀус и кӀант, схьа а эцна, лакха тӀера охьавалийра. Цо, иза нене дӀа а велла, элира: «Хьажал, хьан кӀант дийна ву!»

24 ТӀаккха оцу зудчо Эли-ЯхӀуга элира: «ХӀинца хаьа суна хьо Делан стаг хилар а, Везачу Эло хьоьгахула бакъдерг олуш хилар а».

18

Эли-ЯхӀу-пайхамар а, БаӀалан пайхамарш а

1 Лаьтта догӀа ца догӀу кхоалгӀа шо долуш, Везачу Элан дош кхечира Эли-ЯхӀуга: «Хьо, ваха а гӀой, Ахьаб-паччахьна гучувала, тӀаккха Аса догӀа доуьйтур ду лаьтта тӀе». 2 Эли-ЯхӀу Ахьаб-паччахьна тӀевахара.

Ткъа Шамран-гӀалахь чӀогӀа мацалла хӀоьттинера. 3 Ахьаб-паччахьо шен паччахьан цӀенна тӀехь хьаькам волу Ӏабди-ЯхӀу шена тӀекхайкхинера. (И Ӏабди-ЯхӀу Везачу Эле чӀогӀа ларамах вуьзна волу стаг вара. 4 Изабала Везачу Элан пайхамараш хӀаллакбечу хенахь, Ӏабди-ЯхӀус цхьа бӀе пайхамар схьагулвира. ТӀаккха, уьш, шина декъе а бекъна, шина хьехана чохь къайлабехира. Цу чохь Ӏабди-ЯхӀус юург а, мала хи а латтадора царна.) 5 Ахьаб-паччахьо Ӏабди-ЯхӀуга аьллера: «Вало, махкара массо шовда а, хи а долчу меттигашкахула чекхвала вайшиъ, жимма буц карор яцара те вайна, говраш а, вирбӀарзаш а дийна йисийтархьама, бежанех цхьа а ца дайархьама». 6 Цу шиммо шаьш хи лохуш чекхдовла деза меттигаш билгалъехира. Цхьаъ цхьана агӀор вахара, ткъа важа вукху агӀор вахара.

7 Ӏабди-ЯхӀу новкъахула дӀавоьдуш, цунна Эли-ЯхӀу дуьхьалкхийтира. Ӏабди-ЯхӀуна вевзира пайхамар. Иза лаьтта кхаччалц пайхамарна хьалха охьатаьӀира. Ӏабди-ЯхӀус пайхамаре элира: «Хьо вуй те иза, сан олахо волу Эли-ЯхӀу?»

8 Эли-ЯхӀус жоп делира: «ХӀаъ, со ву иза. Ахьа, хьайн олахо волчу паччахьна тӀе а гӀой, цуьнга дӀаала: „Эли-ЯхӀу-пайхамар кхузахь ву“».

9 Ӏабди-ЯхӀус цуьнга хаьттира: «Аса хӀун вон болх бина хиллера те хьуна? Нагахь аса хьо схьавеана ву алахь, цо со вуьйр ма ву. Паччахьо со вен хӀунда лаьа хьуна? 10 Хьан Веза Дела дийна хилар санна бакъду-кх, цхьа а къам я цхьа а пачхьалкх ца йисина сан олахочо хьо лоьхуш нах бахийтаза. Шега хьо цигахь вац аьлча, цо чӀагӀо йойтура хьо ца караво бохучу оцу пачхьалкхе а, къоме а. 11 Ткъа ахьа хӀинца соьга боху: „Вало, хьайн олахочуьнга дӀаала: ‘Эли-ЯхӀу кхузахь ву’“. 12 Хьо волчуьра и ала со дӀаваханчу хенахь, Везачу Элан Сино суна хуур а доцучу цхьанхьа хьо дӀавига ма тарло. ТӀаккха аса Ахьаб-паччахье хьох лаьцна хаам а бича, ткъа хьо кара а ца вича, цо со вуьйр ма ву. Хьан лай волу со-х жимчохь дуьйна а Деле болчу ларамах вуьзна ма вара. 13 Сан эла, хьоьга ца дийцина, Изабала Везачу Элан пайхамарш бойучу хенахь, аса динчух лаьцна? Аса Везачу Элан бӀе пайхамар дӀахьулвира. Аса уьш, цхьатерра шина декъе а бекъна, шина хьехана чохь къайлабехира. Царна даа бепиг а, мала хи а латтадора аса. 14 Ткъа ахьа боху: „Вало, хьайн олахочуьнга Эли-ЯхӀу кхузахь ву ала. ТӀаккха цо со вуьйр ма ву“».

15 Эли-ЯхӀус жоп делира: «Шена гӀуллакх деш волчу массо а ницкъийн Везачу Делах чӀагӀо йо ас, со тахана, цунна тӀе а вахана, дӀахӀуттург хиларх».

16 Ӏабди-ЯхӀус, Ахьабана тӀе а вахана, и дерриг а дӀадийцира. Ткъа Ахьаб-паччахь Эли-ЯхӀуна тӀевахара. 17 Ахьаба, шена Эли-ЯхӀу гича, цуьнга хаьттира: «Хьо вуй и – Исраилан халкъе бала хьоьгуьйтург?»

18 Эли-ЯхӀус жоп делира: «Со вац Исраилан халкъе бала хьоьгуьйтург, ткъа хьо а, хьан ден цӀа а ду. Везачу Элан весеташ дӀа а теттина, БаӀал-харцделанашна тӀаьхьахӀиттина шу. 19 ХӀинца ахьа, хьайн ялхой а бахийтий, дерриг а Исраилан халкъ а, Изабала дола деш волу БаӀал-делан виъ бӀе шовзткъе итт пайхамар а, Ашера-делан виъ бӀе пайхамар а схьагулвайта Кармал-лома тӀе суна хьалха».

20 Ахьаб-паччахьо массо исраилхой а, и харцделанийн пайхамарш а схьагулбайтира Кармал-лам тӀе. 21 Эли-ЯхӀу-пайхамаро, дерриг а халкъана хьалха дӀа а хӀоьттина, элира: «Шу дукха лелар дуй те шинна а когана астагӀа лелхаш? Нагахь санна Веза Эла Дела велахь, Цунна тӀаьхьахӀитта. Ткъа Иза БаӀал велахь, цунна тӀаьхьахӀитта».

Халкъо цхьа а дош ца элира цуьнга.

22 Эли-ЯхӀу-пайхамаро халкъе элира: «Везачу Элан пайхамарех со цхьаъ висна, ткъа БаӀалан виъ бӀе шовзткъе итт пайхамар ву. 23 Тхуна ши старгӀа схьаялае. Цу шиннах шайна луъург цхьаъ аша дӀаэца. Оцу старгӀина урс а хьакхий, дакъош а дей, дечигна тӀедахка, амма цунна буха цӀе ма латае. Ткъа аса, важа старгӀа кеч а йина, дечигна тӀеюьллур ю, цунна буха а цӀе латор яц. 24 ТӀаккха шу шайн Деле кхайкха. Ткъа со Везачу Эле кхойкхур ву. ЦӀе латаярца доӀанна жоп Делларг билггал волу Дела хир ву».

Дерриг а халкъо, жоп а луш, элира: «Ахь бохург дика ду!»

25 БаӀалан пайхамаршка Эли-ЯхӀус элира: «Оцу шина старгӀанах цхьаъ аша хьалха схьакъастае, тӀаккха сагӀа даккха кечам бе, хӀунда аьлча шу алсам ду. Цул тӀаьхьа аша шайн Деле доӀа де, амма бежанна буха цӀе ма латае».

26 Шаьш схьакъастийна старгӀа кеч а йина, уьш, Ӏуьйранна дуьйна делкъахан тӀекхаччалц, БаӀал-деле кхойкхура. Цара бохура: «Ва БаӀал, дӀахазахьа тхо!» Амма дуьхьал олуш цхьа а аз а дацара, жоп а дацара хезаш. Шаьш кечйинчу сагӀа доккхучу меттигна хьалха ирхкхийсалора уьш.

27 Делкъахан тӀееача, Эли-ЯхӀу кхаьрдира царах. Цо элира: «ЧӀогӀа мохь тоха аша, хӀунда аьлча иза дела ма ву. Иза ойла еш хила а тарло я иза шен гӀуллакх дан вахана хила а мега, я новкъахь вогӀуш хила а там бу, я наб еш хила а мега, иза-м самаваккха везаш ву!» 28 ТӀаккха цара чӀогӀа маьхьарий хьоькхура. Цара шайн догӀмашна тӀе арсаш а, гоьмукъаш а хьокхура, шайна тӀехула цӀийш охьадоладаллалц. 29 Делкъахан дӀа а яьлла, суьйренан сагӀа доккху хан тӀекхаьчча а, уьш кхидӀа а шовкъ еана бара. Амма цхьа а аз я жоп, я цхьа а хӀума дацара хезаш.

30 ТӀаккха Эли-ЯхӀус дерриг а халкъе элира: «Суна тӀехила». Дерриг халкъ цунна тӀехилира. Везачу Элана сагӀа доккхуш хилла йолу меттиг йохийначуьра меттахӀотто волавелира Эли-ЯхӀу. 31- 18:31 Доладалар 32:28; 35:10. Цо шийтта тӀулг схьаийцира. Уьш дара Везачу Эло шега: «Исраил хир ю хьан цӀе» – аьлла волчу Якъубан шийтта кӀантах девллачу тайпанийн барамехь. 32 Оцу тӀулгех Везачу Элана лерина сагӀа доккху меттиг йира Эли-ЯхӀус. Ткъа оцу меттигна гонах саьнгар яьккхира, шена чу ши сахь хӀу тарлуш йолу. 33 Эли-ЯхӀус сагӀа доккхучу меттиге дечиг диллира. Ткъа урс хьаькхначу старгӀанах дакъош а дина, уьш цу дечигна тӀедехкира. 34 ТӀаккха цо элира: «Йиъ кхаба хих а юьзна, и хи сагӀина ягош йолчу старгӀина а, дечигна а тӀедотта». Цара Эли-ЯхӀус боххург дира. ТӀаккха юха а элира цо: «Цу тайппана кхин а цкъа де». Цара иза юха а кхочушдира. Эли-ЯхӀус кхин а элира: «Изза кхозлагӀа а де». КхозлагӀа а изза дира цара. 35 СагӀа доккхучу меттигна гонах хи охьадоладелира, саьнгар хих юьзира.

36 Суьйренан сагӀа доккхучу хенахь Эли-ЯхӀу-пайхамар сагӀа доккхучу меттигна улло веара. Цо доӀа дира: «ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Исраилан а Дела волу Веза Эла! Таханлерчу дийнахь дӀахаийтахьа Исраилан халкъан Дела Хьо цхьаъ вуйла а, со Хьан лай вуйла а, аса и дерриг а Ахьа ма-аллара динийла а! 37 Жоп лохьа суна, ва Веза Эла, дӀахазахьа со, Веза Эла волу Хьо Дела хилар а, Ахь церан дегнаш Хьайна тӀедерзош хилар а хӀокху нахана хаийтархьама».

38 ТӀаккха Везачу Эло цӀе охьахьажийра. Оцу цӀеро сагӀина еана хӀума а, дечиг а, тӀулгаш а, кхерчана гонахара латта а дагийра. Саьнгар чохь долу хи а дакъийра цо. 39 И хилларг шена гича, дерриг а халкъо, лаьтта кхаччалц охьа а таьӀна, бохура: «Веза Эла – Дела ву! Веза Эла – Дела ву!»

40 ТӀаккха Эли-ЯхӀус цаьрга элира: «Схьалаца БаӀалан пайхамарш! Царах цхьа а дӀа ма вахийта!» Уьш схьалийцира. Эли-ЯхӀус уьш, Къишун-хи тӀе а бигна, цигахь байира.

Йокъанан чаккхе

41 Эли-ЯхӀу-пайхамаро Ахьаб-паччахье элира: «ДӀа а гӀой, яа а яа, мала а мала. ДогӀун долчу чӀогӀачу догӀанан гӀовгӀа ю суна хезаш». 42- 18:42-45 Якъуба 5:18. Ахьаб-паччахь яий, малий дӀавахара. Ткъа Эли-ЯхӀу Кармал-ломан бохьа тӀе велира. Цигахь цо, лаьтта кхаччалц охьа а таьӀна, шен корта голашна юккъе нисбира. 43 ТӀаккха шен ялхочуьнга Эли-ЯхӀус элира: «Вало, гӀой, хӀордехьа дӀахьажа».

Ялхочо, вахана, хьажа а хьаьжна, элира: «Суна-м хӀумма а ца го».

Эли-ЯхӀус ворхӀазза а элира цуьнга: «Юха а гӀой, хьажа». 44 Ша ворхӀазлагӀа вахана схьавеача, ялхочо элира: «Адаман кераюккъалц йолу цхьа жима марха ю хӀорда тӀера хьалайолуш».

Эли-ЯхӀус элира: «Вало, Ахьаб-паччахь волчу а гӀой, цуьнга дӀаала: „Хьайн гӀудалкх а йожий, цӀа верза, догӀано хьо сацавале. Хьо хӀинцца дӀа ца водахь, догӀано сацор ву хьо“».

45 Дукха хан ялале, мархаш а хӀиттира, стигал Ӏарж а елира, мох а белира. ЧӀогӀа догӀа деара. Оцу хенахь Ахьаб, шен гӀудалкха тӀе а хиъна, ИзраӀал-гӀала ваха новкъа ваьллера. 46 Везачу Элан ницкъ боьссира Эли-ЯхӀуна тӀе. Шен гӀодаюкъ а йихкина, Ахьаб-паччахьна хьалха а ваьлла, ИзраӀал-гӀала дӀакхаччалц новкъахула ведда вахара Эли-ЯхӀу.

19

Эли-ЯхӀун Хьариб-лам тӀе валар

1 Эли-ЯхӀу-пайхамаро динчух лаьцна а, цо БаӀалан массо а пайхамарш тур хьаькхна байарх лаьцна а – дерриг а Изабале дӀадийцира Ахьаб-паччахьо. 2 Изабала Эли-ЯхӀуна тӀе геланча вахийтира, цуьнга дӀаала: «Деланаша, шайн лааме хьаьвссина, луьра таӀзар дойла суна, нагахь аса, кхана хӀара хан тӀекхачале, оцу пайхамарех хӀоранна а диннарг хьуна а ца дахь». 3 Кхера а велла, Эли-ЯхӀу цигара дӀавахара, шен са кӀелхьардаккхархьама. ЯхӀуд-махкахь йолчу Беар-ШабаӀ-гӀала а вахана, Эли-ЯхӀус шен ялхо цигахь витира. 4- 19:4 Юнус 4:3. Цхьана дийнахь некъ баллал юкъ йолчу яьссачу аренга веара Эли-ЯхӀу. Схьавеана, жолам-куллана кӀел охьа а хиъна, шена валар а доьхуш, цо элира: «ХӀинца тоьар дара-кх, Веза Эла. ДӀаэцахьа сан са, хӀунда аьлча со сайн дайл хӀумма а тоьлуш вац».

5 ДӀа а вижина, оцу кулла кӀелахь наб кхийтира Эли-ЯхӀуна. ТӀаккха деанчу малико, цунах хьакха а делла, элира цуьнга: «Хьала а гӀаттий, хӀума яа». 6 Эли-ЯхӀу дӀахьаьжча, цунна шен коьртехь Ӏуьллучу тӀулга тӀехь беттина хьокхам а, чохь хи долу кхаба а гира. Бепиг а диъна, хи а мелла, юха а наб кхийтира цунна. 7 Везачу Элан Малик шолгӀа а тӀедеара Эли-ЯхӀуна. Цунах хьакха а делла, Малико элира: «Хьала а гӀаттий, хӀума яа, хӀунда аьлча бехха некъ бу хьуна хьалха». 8 Эли-ЯхӀус, хьала а гӀаьттина, хӀума а йиира, хи а мелира. Шена тӀедеанчу гӀоранца Эли-ЯхӀус шовзткъа дийнахь а, буса а некъ бира, Хьариб цӀе йолчу Делан ломана тӀекхаччалц. 9 Цигахь цхьана хьехана чу а ваьлла, цу чохь буьйса яьккхира Эли-ЯхӀус.

Юха Везачу Элан дош кхечира Эли-ЯхӀуга: «Эли-ЯхӀу, хьо хӀун деш ву кхузахь?»

10- 19:10, 14 Римхошка 11:3. Эли-ЯхӀус жоп делира: «Ва массо а ницкъийн Веза Дела, ас Хьуна леррина гӀуллакх дора. Исраилан халкъо Хьоьца бина барт дӀатесна, Хьан сагӀа доккху кхерчаш бохийна, Хьан пайхамарш тур хьаькхна байина. Со цхьаъ бен висина вац, со а вен дагахь лоьхуш ву цара».

11 Везачу Эло цуьнга элира: «Хьала а гӀаттий, лам тӀе а валий, Веза Эла волчу Суна хьалха дӀахӀотта. ТӀаккха хьуна уллохула тӀехвер ву Со». Оцу хенахь чӀогӀа мох белира Везачу Элана хьалха. Оцу мохо лаьмнаш а дохадора, тархаш а кегйора, амма цу махца Веза Эла вацара. Цул тӀаьхьа мохк бегийра, амма мохк бегорца а Веза Эла вацара. 12 Мохк бегийначул тӀаьхьа, цӀе елира, амма цу цӀерца а Веза Эла вацара. ЦӀе чекхъяьллачул тӀаьхьа эсала а, тийна а долу аз деара.

13 Иза хезча, Эли-ЯхӀус тӀехула юхучу шен бедарца юьхь дӀахьулйира. Хьеха чуьра ара а ваьлла, цу чу воллучохь хӀоьттина лаьтташ вара Эли-ЯхӀу. Цхьана озо цуьнга хаьттира: «Хьо хӀун деш ву кхузахь, Эли-ЯхӀу?» – аьлла.

14 Эли-ЯхӀус жоп делира: «Ва массо а ницкъийн Веза Дела, ас Хьуна леррина гӀуллакх дора. Исраилан халкъо Хьоьца бина барт дӀатесна, Хьан сагӀа доккху кхерчаш бохийна, Хьан пайхамарш тур хьаькхна байина. Со цхьаъ бен висина вац, со а вен дагахь лоьху цара».

15- 19:15 ТӀаьххьарнаш 8:7-13. Везачу Эло цуьнга элира: «Вало, юха а верзий, хьайн новкъахула Дамасакхана уллорачу яьссачу аренга дӀагӀо. Хьо цига дӀакхаьчча, Хьазиал даьтта доттарца арамхойн паччахь хиларна къобалве. 16- 19:16 ТӀаьххьарнаш 9:1-6. Ткъа Нимшайн кӀант ЯхӀу Исраилан халкъана тӀехь паччахь хиларна даьтта тӀе доттарца къобалве. Абел-Мехьал гӀалара волу Шаптин кӀант ЭлишаӀ хьайн метта пайхамар хиларна даьтта тӀе доттарца къобалве. 17 Хьазиалан туьрах веддарг ЯхӀус воьйтур ву. Ткъа ЯхӀун туьрах кӀелхьарваьлларг ЭлишаӀ-пайхамаро хӀаллаквийр ву. 18- 19:18 Римхошка 11:4. Исраилхошна юкъара БаӀална горахӀоьттина воцу а, цуьнан суьртана обанаш яьхна воцу а ворхӀ эзар стаг вуьтур ву Аса».

ЭлишаӀе дӀакхайкхар

19 Цигара дӀавахача, Шаптин кӀант ЭлишаӀ латта охуш карийра Эли-ЯхӀуна. Шийтта шуьста а боьжна, латта а охуш, ша шуьйтталгӀачу шуьстана уллохь вогӀуш вара иза. Ша ЭлишаӀана юххехула чекхволуш, Эли-ЯхӀус шен тӀехулара бедар цунна тӀе кхоьссира. 20 Шен стерчий а дитина, ЭлишаӀа, ведда Эли-ЯхӀуна тӀе а веана, элира: «Сайн дега а, нене а Ӏодика а йина, схьаваийтахьа со, тӀаккха со хьоьца дӀавогӀур вара».

Эли-ЯхӀус элира: «Дика ду, вало, юхаверза. Аса хьо сеца ма ца во!»

21 Эли-ЯхӀу волчуьра дӀа а вахана, шина старана урс а хьаькхна, стерчийн готанах цӀе латийра цо, цу тӀехь стерчийн жижиг даттархьама. ТӀаккха и жижиг нахана дӀасадийкъира ЭлишаӀа. Наха иза диира. Ткъа ЭлишаӀ, Эли-ЯхӀуна тӀаьхьа а хӀоьттина, цунна гӀуллакх а деш, цуьнца вахара.

20

Арам-махкаца бина тӀом

1 Арам-махкарчу паччахьо Бен-Хьадида шен дерриг эскар схьагулдира. Цуьнца цхьаьна шайн говрашца а, гӀудалкхашца а ткъе шийтта паччахь а волуш, Бен-Хьадид-паччахь, Шамран-гӀалина тӀе а вахана, цунна го а бина, гӀалина тӀелетира. 2 Цо исраилхойн паччахь волчу Ахьабана тӀе, гӀала, шен геланчаш хаам бан бахийтира: 3 «Бен-Хьадида иштта боху: „Хьан дети, деши – сан ду, хьан зударий, хьан тоьлла болу кӀентий – сан бу“».

4 Исраилхойн паччахьо цунна жоп делира: «Ахьа ма-бохху хуьлийла иза, сан олахо волу паччахь. Со а, сан мел дерг а – хьан ду».

5 Юха а баьхкира геланчаш. Цара элира: «Бен-Хьадида иштта боху: „Аса хьо волчу геланчаш хьажийра, хьоьга дӀаала аьлла: ‘Хьайн дети а, деши а, хьайн зударий а, кӀентий а суна схьало’. 6 Делахь а, аса кхана, хӀоккху хенахь, сайн ялхой хьажор бу хьуна тӀе. Цара хьан цӀахь а, хьуна гӀуллакх деш болчеран цӀахь а, хӀун ю а хьаьжна, хьуна еза мел хетарг схьа а эцна, суна схьаяхьар ю“».

7 Исраилхойн паччахьо шен махкахь мел волу къано схьагулвира. Цо цаьрга элира: «Тидам а беш, хьовсалаш, и стаг вайна зулам даккха воллуш ву. Бен-Хьадида ша сан зударий а, кӀентий а, сан дети а, деши а шен ду аьлча, аса цунна дуьхьало ца йира».

8 ТӀаккха массо а къаноша, массо а халкъо цуьнга элира: «Цо бохучуьнга ла а ма догӀа, къар а ма ло».

9 Ахьаб-паччахьо Бен-Хьадидан геланчашка элира: «Аша сан олахо волчу паччахье иштта дӀаала: „Ахьа де аьлла дуьххьара суна тӀедиллинарг хьан лай волу со кхочушдан кийча ву, ткъа ахьа хӀинца бохург дан сан йиш яц“».

Геланчаша, дӀа а бахана, шайга аьлларг дӀахаийтира. 10 Бен-Хьадида юха а шен геланчаш бахийтира Ахьаб-паччахьна тӀе. Цара дӀаэлира цо бохург: «Деланаша, шайн лааме хьаьвссина, луьра таӀзар дойла суна, нагахь санна, Шамран-гӀала дӀа а яьккхина, цунах йинчу ченах сан эскархошна цхьацца кан кхачийтахь».

11 Исраилхойн паччахьо, цунна жоп а луш, элира: «Аша хӀара ала: „ГӀагӀ дӀадостуш волчо деш доллу дозалла ма дойла гӀагӀ дӀадоьхкуш волчо“».

12 Четарш чохь кхечу паччахьашца цхьаьна чагӀар молуш Ӏаш волчу Бен-Хьадида, и дешнаш шена дӀахезча, шен эскархошка омра дира, оцу гӀалина тӀелата кечам бе аьлла. Цара Шамран-гӀалина тӀелата кечам бира.

13 Цхьа пайхамар веара исраилхойн паччахьна тӀе. Цо элира: «Иштта боху Везачу Эло: „И доккха эскар гой хьуна? Аса иза тахана хьан кара дӀалур ду, Веза Эла Со вуйла хьуна дӀахаийтархьама“».

14 Ахьаб-паччахьо хаьттира: «Хьаьнгахула?»

Пайхамаро жоп делира: «Иштта боху Везачу Эло: „Мехкадайн эскархошкахула“».

ТӀаккха Ахьаба хаьттира: «ТӀом хьан дӀаболор бу?»

«Ахь болор бу», – элира цуьнга.

15 Ахьаб-паччахьо мехкадайн эскархой схьакхайкхира, ткъа уьш ши бӀе ткъе шийтта хилира. Цул тӀаьхьа дерриг а эскар шена тӀекхайкхира цо, ткъа исраилхойн эскархо ворхӀ эзар вара.

16 Делкъахенахь уьш тӀамца арабевлира. Ткъа четарш чохь сакъоьруш Ӏаш волу Бен-Хьадид шена гӀо деш волчу ткъе шийтта паччахьца цхьаьна, мала а мелла, вехнера. 17 Уггаре а хьалха арамхошна тӀегӀоьртира мехкадайн эскархой. Паччахьан наха Шамран-гӀалара халкъ арадаьлла хилар дӀахаийтира Бен-Хьадиде. 18 ТӀаккха Бен-Хьадида омра дира: «И нах дийна боллуш схьалеца – маьршачу ойланца я тӀамца уьш арабевлла белахь а», – аьлла.

19 Хьалха Шамран-гӀалара мехкадайн эскархой арабевллера, ткъа царна тӀаьххье эскар а араделира. 20 Царах хӀораммо а шена дуьхьалваьлла мостагӀа хӀаллаквора. ТӀаккха арамхой дӀабевдира, ткъа исраилхой царна тӀаьхьабевлира. Арам-мехкан паччахь волу Бен-Хьадид шен берешца цхьаьна дин тӀехь кӀелхьарвелира. 21 Иштта тӀегӀоьртира исраилхойн паччахь. Цо, говраш а, гӀудалкхаш а хӀаллак а еш, боккха толам баьккхира арамхошна тӀехь.

22 Исраилхойн паччахьна тӀе а вахана, пайхамаро цуьнга элира: «ДӀа а гӀой, чӀагӀо а е, хӀинца чул тӀаьхьа айхьа дан дезачун ойла а е, хӀунда аьлча Арам-мехкан паччахь юха а дуьхьалвер ву хьуна».

Арамхойн шолгӀа тӀелатар

23 Бен-Хьадиде цуьнан ялхоша элира: «Исраилхойн деланаш лаьмнашца йолчу меттиган деланаш бу, цундела баьккхина цара и толам. Нагахь тӀом шерачу меттехь бахь, вай тоьлур ду. 24 Ахьа хӀара дан деза: массо а паччахьаш шайн меттигашкара дӀа а бахий, церан метта мехкадай хӀиттабе. 25 ХӀаллакьхиллачу барамехь хьайн эскар юхаметтахӀоттаде. Иштта меттахӀиттае шайн хьалха хиллачу барамехь говраш а, гӀудалкхаш а. ТӀаккха вай шерачу арахь тӀом бийр бу цаьрца, билггал толам а боккхур бу царна тӀехь».

Бен-Хьадида, цара бохучуьнга ла а доьгӀна, церан хьехам кхочушбира. 26 ТӀедеанчу шеран бӀаьсте тӀееача, Бен-Хьадида, арамхой а гулбина, уьш Апакх-гӀала бигира, цигахь исраилхошца тӀом бархьама. 27 Исраилхойн эскар, схьа а гулдина, цунна сурсаташ дӀаделира, иза арамхошна дуьхьал дахара. Исраилхоша царна дуьххьал шайн меттамотт дӀахӀоттийра. Уьш гезарийн жима ши жа санна хетара. Ткъа арамхоша шайх латта дуьзира.

28 Делан стага, Исраилхойн паччахьна тӀе а вахана, элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Веза Эла волу Со – лаьмнийн Дела ву, ткъа шерачу меттигийн Дела вац арамхоша бахарна, Аса церан эскаран и йоккха арданг хьан кара дӀалур ю. ТӀаккха хуур ду шуна Со – Веза Эла вуйла“».

29 Меттамотт а хӀоттийна, ворхӀ дийнахь вовшашна дуьхь-дуьхьал Ӏийра уьш. ВорхӀалгӀачу дийнахь тӀом дӀаболабелира. Исраилхоша арамхойн цхьа бӀе эзар гӀашло эшийра цхьана дийнахь. 30 Арамхойн гӀашлойх бисинарш Апакх-гӀала йолчу дӀабевдира. Цигахь тӀамах кӀелхьарваьллачу ткъе ворхӀ эзар стагана гӀалин пен тӀекхийтира.

Бен-Хьадид а гӀала дӀаведдера. Иза цӀийнан чухула йолчу цхьана чоьнна чохь лечкъаш вара. 31 Ялхоша Бен-Хьадиде элира: «Исраилан цӀийнах болу паччахьаш къинхетаме бу олуш хезнера тхуна. Пурба лохьа тхуна, сингаттаман духаршца тхешан догӀмаш а хьулдина, чуханаш кочах а йихкина, исраилхойн паччахьна тӀедаха. Хьо дийна вуьтур вацара те цо?» 32 ТӀаккха ялхой, сингаттаман духаршца шайн догӀмаш хьул а дина, чуханаш кочах а йихкина, исраилхойн паччахьна тӀебаьхкира. Цара элира: «Хьан лай волчу Бен-Хьадида ша дийна витар доьху хьоьга».

Ткъа Ахьаб-паччахьо элира: «Иза дийна ву ткъа? И сан ваша ма ву».

33 Паччахьо аьлларг дикачу билгалонна ду аьлла хийтира оцу нахана. Цара сихха тидаме ийцира Ахьаб-паччахьо аьлларг. «ХӀаъ, Бен-Хьадид хьан ваша ма ву», – элира цара.

ТӀаккха паччахьо цаьрга элира: «Дуьйло, дӀа а гӀой, схьавалаве иза». Бен-Хьадид цунна дуьхьал схьавеара. Ахьаба иза шен гӀудалкхана тӀе шеца охьахаийра. 34 Бен-Хьадида элира цуьнга: «Сан дас хьан дегара схьаяьхна хилла йолу гӀаланаш аса хьуна юхаерзор ю. Хьайн долахь базарш хила а йиш ю хьан Дамасакхехь, сан ден а Шамран-гӀалахь базар ма-хиллара».

Ахьаба элира: «Вайшиммо и барт дӀаязбинчул тӀаьхьа аса дӀахоьцур ву хьо». Иштта, Бен-Хьадидаца барт а бина, иза дӀахийцира Ахьаба.

Пайхамаро Ахьаб-паччахь бехкевар

35 Пайхамарийн тобанна юкъарчу цхьана пайхамаро цу тобанарчу вукхуьнга, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара, элира: «Тохахьа суна». Амма оцу стага ца туьйхира цунна. 36- 20:36 Сулим 13:24. ТӀаккха оцу пайхамаро элира: «Ахьа Везачу Эло бохучуьнга ла ца догӀарна, хьо, со волчуьра дӀавоьдуш, лоьмо цоьстур ву». И стаг дӀавоьдуш, цунна дуьхьал кхеттачу лоьмо иза цистира.

37 Цул тӀаьхьа оцу пайхамарна кхин а цхьа стаг дуьхьалкхийтира. Цо: «Тохахьа суна» элира цу стаге. ТӀаккха вукхо чевнаш хиллал йиттира цунна. 38 Пайхамар, шен бӀаьргаш дӀахьулбархьама дуьхьал хӀума а оьллина, новкъа а ваьлла, некъана уллохь лаьтташ вара, исраилхойн паччахье хьоьжуш. 39 Паччахь шена уллохула чекхволуш, пайхамаро цуьнга, мохь тоьхна, элира: «Хьан лай волу со тӀаме ваханера. ТӀаккха цхьана стага, юьстах а ваьлла, суна тӀе стаг валийра. Цо элира: „ХӀара стаг ларвелахь. Иза дийна ца висахь, хьан са цуьнан синан метта дӀаоьцур ду. Я ахьа цхьа гали дети дала дезар ду йолана“. 40 Хьан лай волчу аса цхьацца гӀуллакхаш дечу хенахь, и стаг дӀаведира».

«Иштта кхел хир ю-кх хьуна а, ахьа-айхьа тӀелаьцна хӀума иза долу дела», – элира цуьнга исраилхойн паччахьо.

41 Пайхамаро цу сохьта шен бӀаьргашна дуьхьал тӀеяийтина хӀума дӀаяьккхира. ТӀаккха хиира паччахьна иза пайхамарех вуйла. 42 Пайхамаро элира цуьнга: «Иштта боху Везачу Эло: „Аса хӀаллакьхила веза аьлла волу стаг ахьа дӀахецна, цундела хьан са цуьнан синан метта а хир ду, ткъа хьан халкъ цуьнан халкъан метта а хир ду“».

43 ТӀаккха исраилхойн паччахь, чӀогӀа дог а доьхна, оьгӀаз а вахана, цӀа вирзира. Иза Шамран-гӀала схьакхечира.

21

Набутин кемсийн беш

1 И дерриг а хиллачул тӀаьхьа хӀара хилира. ИзраӀалхочун Набутин ИзраӀал-гӀалахь кемсийн беш яра. Иза Шамран-гӀаларчу Ахьаб-паччахьан цӀенна уллохь яра. 2 Цхьана дийнахь Ахьаба элира Набутига: «Хьайн кемсийн беш суна схьало, соьга цунах хасстоьмийн беш яйтархьама, хӀунда аьлча и беш паччахьан сан цӀенна уллохь ю. Ткъа аса хьан бешал гӀоле йолу кемсийн беш лур ю хьуна цунна дуьхьал. Я хьуна лаахь, цу бешах богӀуш болу мах лур бу аса хьуна».

3 Амма Набутис Ахьабе жоп делира: «Ларвойла со Везачу Эло, сайн ден тӀаьхьалонах дерг хьуна дӀадаларх!»

4 ИзраӀалхочо Набутис шега, лур дац аса хьуна сайн ден тӀаьхьалонах дерг аларна, чӀогӀа дог а доьхна, оьгӀаз а вахана, цӀа веара Ахьаб-паччахь. Иза, пенехьа дӀа а вирзина, шен метта охьавижира. Цо яа хӀума а ца йоура. 5 Ахьабан зуда Изабал чуелира. Цо Ахьабе элира: «Хьан дог а стенна доьхна, юург а хӀунда ца йоу ахьа?»

6 Ахьаба зудчуьнга жоп делира: «ИзраӀалхо волчу Набутига: „Схьало суна хьайн кемсийн беш! Йохка иза суна, я, хьайна лаахь, вукху кемсийн бешах хийцахьа“, – аса шега аьлча, цо ша иза лур яц элира».

7 ТӀаккха Ахьабан зудчо Изабала цуьнга элира: «Ткъа хьо ма ву исраилхойн паччахь?! Хьала а гӀаттий, хьайн яа хӀума а яа, синна паргӀат а хила. Аса схьайоккхур ю хьуна израӀалхочун Набутин кемсийн беш».

8 Изабала Ахьабан цӀарах кехаташ яздира. ТӀаккха цуьнан мухӀарца уьш чӀагӀ а дина, Набути вехачу гӀалахь болчу къаношка а, цӀеяхана болчу нахе а дӀахаийтира. 9 Кехаташ тӀехь цо иштта яздора: « Марха а лаций, халкъана юкъа баьрчче охьахааве Набути. 10 Ткъа цунна дуьхьал ши зуламхо охьа а хаавай, цунна дуьхьал тоьшалла а деш, цаьрга дӀаалийта: „Ахьа Дела а, паччахь а емалвеш хӀума элира“. ТӀаккха гӀалара ара а ваккхий, валлалц тӀулгаш кхисса цунна тӀе».

11 Набути вехачу гӀалара наха, къаноша, хьоладайша, Изабала шайна тӀе-ма-диллара, цо шайга даийтинчу кехаташ тӀехь яздина ма-хиллара кхочушдира. 12 Цара, марха а лаьцна, халкъана юкъахь баьрчче охьахаийра Набути. 13 ТӀаккха ши зуламхо, цунна дуьххьал охьа а хиъна, оцу халкъана хьалха шайн тоьшаллаш дан вуьйлира. Цара бохура: «Набутис Дела а, паччахь а емалвеш хӀума элира». Цара Набути гӀалара ара а ваьккхина, цунна тӀе тӀулгаш а кхиссина, иза вийра. 14 ТӀаккха Изабале хаам бан нах бахийтира, Набутина тӀе тӀулгаш а кхиссина, иза вийна аьлла.

15 ТӀе тӀулгаш а кхиссина, Набути вийна аьлла шена хезча, Изабала Ахьабе элира: «Хьала а гӀаттий, хьайна йохка ца лиъначу израӀалхочун Набутин кемсийн беш хьайн дола яккха, хӀунда аьлча Набути велла». 16 Набути вийна аьлла шена хезча, Ахьаб хьалагӀаьттира, израӀалхочун Набутин кемсийн беша а вахана, иза шен дола яккхархьама.

17 ТӀаккха Везачу Элан дош кхечира тишабхо волчу Эли-ЯхӀуга: 18 «Хьала а гӀаттий, Шамран-гӀаларчу исраилхойн паччахьна Ахьабана дуьхьалваха новкъавала. Иза хӀинца Набутин кемсийн бешахь ву. И беш шен дола яккха веана иза цига. 19 Ахьа цуьнга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Стаг вен а вийна, цуьнан дех дисинчун лаьттан дакъа а хьайн дола даккха воллу те хьо?’“ – Кхин а ала цуьнга: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Набутин цӀийна жӀаьлеша мотт хьаьккхначу меттехь, хьан цӀийна а мотт хьокхур бу жӀаьлеша’“».

20 Ахьаба Эли-ЯхӀуга элира: «Сан мостагӀа, карий-кха хьуна со!»

Эли-ЯхӀус элира: «Карий! ХӀунда аьлча ахьа Далла хьалха Цуьнан лаамехь доцу хӀума деш ду. 21 Иштта боху Везачу Эло: „ХӀинца Аса хала баланаш тӀебохкуьйтур бу хьуна, хьан тӀаьхьенах волу массо а боьрша стаг – чувоьллина я маьрша иза велахь а – хӀаллак а вийр ву. 22 Ахьа, Исраилан халкъе къинош а летадайтина, Со дарварна, Аса хьан цӀенна а дийр ду НабатӀан кӀентан ЯрбаӀаман цӀенна а, АхьъяхӀун кӀентан БаӀшин цӀенна а диннарг“. 23- 21:23 ТӀаьххьарнаш 9:36. Иштта Изабалах лаьцна Везачу Эло боху: „ЖӀаьлеша юур ю Изабал ИзраӀал-гӀалин пенна уллохь. 24 Ахьабан цӀийнах верг гӀалахь велча, иза а жӀаьлеша вуур ву. Ткъа аренгахь веллачунна стигалан олхазарша зӀакарш еттар ю“».

25 (Шен зудчо Изабала шен лере дуьйцучуьнга ла а доьгӀуш, Везачу Элана зуламе хеташ дерг дарна шен дог тӀедерзийна волу Ахьаб-паччахь саннарг хӀетталц ваьлла а вацара. 26 Везачу Эло Исраилан халкъана дуьхьалара дӀабаьхна болчу эмархоша, цӀушна Ӏамал а еш, лелийна хилла доллу гӀуллакхаш леладора Ахьаб-паччахьо а.)

27 Оцу массо а дешнашка ла а доьгӀна, Ахьаба шена тӀера бедарш этӀийра. Цо шена тӀе сингаттаман бедарш юьйхира. Иза марха а кхобуш, оццу бедаршца дӀа а вуьжуш, чӀогӀа сингаттаме вара.

28 ТӀаккха Везачу Элан дош кхечира тишабхо волчу Эли-ЯхӀуга: 29 «Гой хьуна, Ахьаба Суна хьалха ша мел лахара хетийтира? Суна хьалха цо ша лахара хетийтарна, иза вехачу ханна бохкуьйтур бац Аса цунна тӀе баланаш. Ахьабан кӀант вехачу заманахь цуьнан цӀенна тӀе балор бу Аса и баланаш».

22

Мика-ЯхӀу-пайхамар а, Ахьаб-паччахь а

(2 Шерашкахь 18:2-27)

1 Кхаа шарахь Араман халкъана а, Исраилан халкъана а юкъахь тӀом бацара. 2 КхоалгӀачу шарахь яхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти исраилхойн паччахьна тӀевахара.

3 Исраилхойн паччахьо шен ялхошка элира: «Шуна хаьий ГалӀад-махкахь йолу Рамат-гӀала вайн юйла? Ткъа вай дуккха а хенахь дуьйна, дист а ца хуьлуш, арамхойн паччахьан карара иза схьа а ца йоккхуш, Ӏаш ду». 4 Ахьаба ЯхӀушаптига элира: «Хьо вогӀур варий соьца ГалӀадерачу Рамат-гӀалина тӀелата?»

ЯхӀушаптис исраилхойн паччахье Ахьабе жоп делира: «Дера вогӀур ву! Вай гергара ма ду. Сан халкъ а хьан халкъ ма ду, сан дой а хьан дой ма ду». 5 ЯхӀушаптис кхидӀа исраилхойн паччахье элира: «Амма цкъа хьалха Везачу Эло хӀун боху хаттийтахьа».

6 Исраилхойн паччахьо, виъ бӀе хиллал пайхамар схьа а гулвина, цаьрга хаьттира: «ГалӀадерачу Рамат-гӀала тӀамца ваха везий те со, я ваха ца веза те?»

Цара жоп делира: «Ваха веза. Везачу Эло хьан кара схьалур ю иза».

7 ТӀаккха ЯхӀушаптис хаьттира: «Кхин цхьа а вуй те кхузахь Везачу Элан пайхамар? Цуьнгахула а Везачу Эле хаттар дийр дара вай».

8 Исраилхойн паччахьо ЯхӀушаптига элира: «Кхин а цхьа пайхамар ву, шегахула Везачу Эле хаттар дан мегар долуш. Амма суна иза ца веза, хӀунда аьлча цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен. Иза Йимлаан кӀант Мика-ЯхӀу ву».

«Паччахь, ма алахьа иштта», – элира ЯхӀушаптис.

9 ТӀаккха, паччахьан кертара цхьа ялхо схьа а кхайкхина, исраилхойн паччахьо цуьнга элира: «Вало, сихха Йимлаан кӀант Мика-ЯхӀу схьавалош вола».

10 Исраилхойн паччахь Ахьаб а, яхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти а, шаьшшинна тӀе паччахьан духарш а дуьйхина, хӀорра а шен паччахьан гӀанта тӀе охьахиъна вара. Уьш Шамран-гӀалин кевнехьа йолчу хьаьттарехь бара. Берриге а пайхамарш бара, пайхамаралла а деш, царна хьалха дӀахӀиттина. 11 КинаӀанан кӀанта ЦӀадукъ-ЯхӀус, шена тӀе аьчка маӀаш а ехкина, элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Арамхой хӀаллакбина охьабахккалц хӀара маӀаш Ӏуьттур ю ахьа царна“». 12 Массо а пайхамаро а, цхьатерра хаам а беш, бохура: «ГалӀадерачу Рамат-гӀалина тӀелата, дерриг а кхиамца чекхдер ду. Везачу Эло паччахьан кара схьалур ю иза».

13 Мика-ЯхӀуга схьакхайкха ваханчу стага цуьнга элира: «Пайхамарша, шаьш хиндолчух хаамаш бечу хенахь, массара а цхьатерра паччахьна диканиг олу. Хьан дош а хилахьара цара хӀораммо а бохучух терра. Ахьа а диканиг алахьа».

14 Мика-ЯхӀус цуьнга элира: «Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо аса, сайга Везачу Эло боххург айса дӀаэриг хилар».

15 Пайхамар паччахьна тӀевеара. Паччахьо Мика-ЯхӀу-пайхамаре хаьттира: «Мика-ЯхӀу! Ваха везий те со тӀамца ГалӀадерачу Рамат-гӀала я ца веза?»

Мика-ЯхӀу-пайхамаро паччахье элира: «ДӀагӀо хьо. Кхиам хир бу хьан. Везачу Эло хьан кара схьалур ю хьуна иза».

16 ТӀаккха паччахьо цуьнга элира: «Мосазза чӀагӀо яйта еза те аса хьоьга, Везачу Элан дуьхьа билггал бакъдерг бен соьга хӀумма а ма алахьара аьлла?»

17- 22:17 Лелар 27:17; Маттай 9:36; Марк 6:34. ТӀаккха Мика-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Суна хьалха Делера сурт хӀоьтти, массо а исраилхой, шайна тӀехь Ӏу воцу уьстагӀий санна, лаьмнашкахула дӀасабаьржина. ТӀаккха Везачу Эло элира: „Вац царна тӀехь хьаькам, уьш хӀорра а шен цӀа маьрша вухавоьрзийла“».

18 Исраилхойн паччахьо ЯхӀушаптига элира: «Аса элирий хьоьга, цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен!»

19- 22:19 Аюб 1:6; ЕшаӀ-ЯхӀу 6:1. ТӀаккха Мика-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Ткъа хӀинца Везачу Эло бохучуьнга ладогӀа! Суна гира, Веза Эла Шен Ӏаршана тӀе охьахиъна Ӏаш, ткъа стигаларчу гуламан массо а декъашхой Цунна уллохь лаьттара – Цуьнан аьтту а, аьрру а агӀор. 20 Везачу Эло элира: „Шух хьан тӀеерзор яра Ахьабан ойла, иза тӀамца ГалӀадерачу Рамат-гӀала а вахана, цигахь хӀаллакьхилийтархьама?“ Цхьаммо цхьаъ олура, вукхо важа олура. 21 ТӀаккха стигаларчу гуламан цхьана декъашхочо, Везачу Элана хьалха дӀа а хӀоьттина, элира: „Аса дийр ду“. Везачу Эло хаьттира: „Муха?“ 22 Стигалара гуламан оцу декъашхочо жоп делира: „Аса, вахана, цуьнан мел болчу пайхамаршка харцдерг олуьйтур ду“. Везачу Эло элира: „Ахьа иза берта а валаве, хьо ларор ву иза дан. Ваха а гӀой, иштта де ахьа“.

23 Иштта, Везачу Эло оцу хьан массо а пайхамаршка хьоьга харцдерг алийтира. Везачу Эло хьуна тӀе бохам баийта сацам ма бира!»

24 ТӀаккха КинаӀанан кӀанта ЦӀадукъ-ЯхӀус, Мика-ЯхӀу-пайхамаран бесни тӀе тӀара а тоьхна, элира: «И бохург хӀун ду? Везачу Элан Са хьоьгахула хаам бархьама, сох дӀакъаьстина ткъа?»

25 Мика-ЯхӀус элира: «Хьажал, хьо къайлавалархьама чухуларчу цхьана чоьнна чу ваханчу дийнахь иза хуур ду хьуна».

26 Исраилхойн паччахьо элира: «Мика-ЯхӀу-пайхамар схьа а лаций, гӀалин хьаькамна Аминна тӀе а, паччахьан кӀантана Юашина тӀе а вига. 27 Аша цаьрга дӀаала: „Иштта боху паччахьо: ‘ХӀара стаг набахти чу волла. Со маьрша цӀа верззалц, кӀеззиг бепиг а, хи а бен, хӀумма а ма ло цунна’“».

28 Мика-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Нагахь хьо маьрша вухаверзахь, соьгахула хаам бинарг Веза Эла ца хилла». Кхин а цо элира: «Дерриг а халкъо ладогӀа аса аьллачуьнга!»

Ахьаб-паччахьан валар

(2 Шерашкахь 18:28-34)

29 Исраилхойн паччахь а, яхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти а ГалӀадерачу Рамат-гӀалина тӀелетира. 30 Ахьаб-паччахьо ЯхӀушапти-паччахье элира: «Аса, со мила ву къайладаккхархьама, сайна тӀера духар а хийцина, тӀом дӀаболор бу. Ткъа ахьа хьайн паччахьан духар тӀедуха». Иштта, ша мила ву къайладаккхархьама, шена тӀе хийцина хӀума а юьйхина, тӀом дӀаболийра исраилхойн паччахьо.

31 Арамхойн паччахьо шен ткъе шийтта тӀеман гӀудалкхийн хьаькаме омра динера: «Царах я жимачуьнца а, я воккхачуьнца а тӀом ма бе, веккъа цхьана исраилхойн паччахь воцучуьнца», – аьлла. 32 ЯхӀушапти шайна гича, гӀудалкхийн хьаькамашна иза билггал исраилхойн паччахь ву моьттира. Арамхой цунна тӀебуьйлабелира, тӀелата дагахь. ЯхӀушаптис мохь хьаькхча, 33 иза исраилхойн паччахь воций а хиъна, гӀудалкхийн хьаькамаш цунна тӀаьхьабевллачуьра севцира. 34 Цу хенахь цхьана стага ларамаза пха кхоьссира. И пха исраилхойн паччахьна тӀехь долчу гӀаьгӀнан дакъошна юккъе кхийтира, цо паччахьна чов йира. Шен гӀудалкх лелош волчуьнга Ахьаб-паччахьо элира: «Юха а верзий, тӀом бечу меттера дӀаваккха со – суна чов йина».

35 Амма цу дийнахь тӀом чӀагӀбелира, ткъа Ахьаб-паччахь арамхошна дуьхьал лаьттачу шен гӀудалкха чохь лоттуьйтура. Паччахьан цӀий гӀудалкхан буха охьаоьхура, ткъа суьйранна иза велира. 36 Малх дӀабузучу хенахь эскаран дакъошкахула дӀахьедар дӀасадаьржира: «ХӀора а шен-шен гӀала, шен-шен махка дӀагӀо!» – аьлла.

37 Иштта велира Ахьаб-паччахь. Цуьнан дакъа Шамран-гӀала деара, цигахь иза дӀавоьллира. 38 Паччахьан гӀудалкх Шамранан Ӏома чохь йилира (цигахь сийсаза лела зударий а луьйчура). Ткъа цуьнан цӀийна тӀе жӀаьлеша мотт хьаькхира, Везачу Эло ма-аллара.

39 Ахьаб-паччахьан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух а, цо дӀахӀоттийначу пийлан кӀомсарех долчу цӀийнах а, цо яйтинчу массо а гӀаланех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. 40 Иштта, Ахьаб-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Цуьнан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Ахьаз-ЯхӀу.

ЯхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти

(2 Шерашкахь 20:31–21:1)

41 Асин кӀант ЯхӀушапти яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттира, исраилхойн паччахьо Ахьаба паччахьалла до доьалгӀа шо долуш. 42 ЯхӀушапти паччахь дӀахӀуттуш, цуьнан ткъе пхийтта шо дара. Цо ткъе пхеа шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цӀе Ӏазубат яра. Иза Шилхьайн йоӀ яра. 43 Массо а гӀуллакхашкахь ЯхӀушапти шен ден Асин новкъахула лелаш вара. Иза цу некъа тӀера дӀа а ца велира, Везачу Элан лаамехь а лийлира. Делахь а, тӀехь сагӀа доккху гунаш цо дӀадахаза дисина дара, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора. 44 ЯхӀушаптис исраилхойн паччахьца машар латтийтира.

45 ЯхӀушаптин кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цуьнан майрачу гӀуллакхех а, цо бинчу тӀамах а лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 46 Шен дас Асас паччахьалла дечу хенахь дуьйна бисина болу, цӀуйн дуьхьа сийсаза лелаш болу «базбина» божарий а, хӀаллакбина, дӀабехира цо махкара.

47 Оцу хенахь Эдом-махкахь паччахь вацара. Цигахь олалла деш яхӀудхойн паччахьан мехкада вара.

48 ЯхӀушаптис хӀордкеманаш дайтира, Апар-махкара деши схьадархьама. Амма уьш цига дӀа ца кхечира. Новкъахь Ӏецйон-ГӀебаре дӀакхочуш хӀордкеманаш, доха а доьхна, хӀаллакьхилира. 49 ТӀаккха Ахьабан кӀанта Ахьаз-ЯхӀус ЯхӀушаптига элира: «Сан ялхой хьан ялхошца цхьаьна бахийта вай хӀордкеманаш тӀехь?» Амма ЯхӀушапти реза ца хилира иза дан.

50 ЯхӀушапти, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза царна уллохь, Даудан гӀалахь, дӀавоьллира. ЯхӀушаптин метта паччахь хилира цуьнан кӀант ЯхӀурам.

Исраилхойн паччахь Ахьаз-ЯхӀу

51 ЯхӀудхойн паччахьо ЯхӀушаптис олалла до вуьрхӀитталгӀа шо долуш, Ахьабан кӀант Ахьаз-ЯхӀу исраилхойн паччахь хилира. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, Ахьаз-ЯхӀус исраилхошна тӀехь шина шарахь олалла дира. 52 Шен ден а, ненан а новкъахула а лелаш, иштта Исраилан халкъе къинош летадайтина волчу НабатӀан кӀентан ЯрбаӀаман новкъахула а лелаш, цо Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лелийра. 53 Шен дас лелийна доллу гӀуллакхаш а лелош, БаӀална Ӏибадат а деш, цунна гӀуллакх дарна, Исраилан халкъан Веза Дела оьгӀазвахийтира Ахьаз-ЯхӀус.