Векало
Яхьъяс
яздина хьалхара кехат
Дешхьалхе
Векало Яхьъяс яздинчу хьалхарчу кехатан коьрта ши Ӏалашо ю. Цкъа-делахь, дешархой иракарахӀиттор – Делаца а, Дала леррина къобалвинчу Цуьнан КӀантаца Ӏийсаца а уллора юкъаметтиг а йолуш, дахархьама. Ткъа, шолгӀа-делахь, и юкъаметтиг йохо тарлучу харц хьехамашца лело цадезарг дӀахьедар. И харц хьехам иштта бара: дерриг а вониг кху дуьненца йолчу уьйраца доьзна хилча, Делан КӀант волу Ӏийса адам хила баккъалла а йиш яцара. Харцхьехамчаша иштта олура: кӀелхьардевлла хилар – иза кху дуьненахь долчу дахаран гӀайгӀанех паргӀатдаьхна хилар ду. Кхин а хьоьхура: кӀелхьардовлар доьзна дац цӀеначу гӀиллакхехь леларца я вовшашка болчу безамца.
Цу харцхьехамна дуьхьалдогӀуш, яздархочо чӀагӀдо, Дала леррина къобалвина Ӏийса баккъалла а адам хилла хилар. Цул сов, цо хьоьху, Ӏийсах а тешаш, Дела а везаш волу массо а вовшийн везаш хила бохуш.
1Дахар луш долу Дош
1- 1:1 Яхьъя 1:1. Иза юьхьанца дуьйна долуш дара. Тхуна иза хаза а хезнера, тхан бӀаьргашна иза ган а гинера. Тхо цуьнга хьовса а хьаьвсинера, тхан куьйгаш цунах Ӏотта а деллера. Иза дахар луш долу Дош дара. 2- 1:2 Яхьъя 1:14. И дахар гучудаьлча, тхуна иза гира. Цундела цу бакъдолчу дахарх тоьшалла а до, кхайкхам а бо оха. И дахар стигаларчу Дегахь дара, ткъа хӀинца тхуна довзийтина иза. 3 Тхайна гиначух а, хезначух а лаьцна хаам бо оха шуьга. Оха и дуьйцу, шун а тхоьца уьйр-марзо хилийтархьама. Ткъа тхан уьйр ю Деца а, Цо леррина къобалвинчу Цуьнан КӀантаца Ӏийсаца а. 4 ХӀара яздо оха, вайн+ 1:4 *Вайн *– цхьадолчу тептарш тӀехь: *шун.* хазахетар кхоччуш дуьззина хилийтархьама.
Дела – серло ю
5 Тхуна Цуьнан КӀантера хезна болу а, оха шуна дӀакхайкхош болу а кхаъ хӀара бу: Дела – серло ю, Цуьнца цхьа а тайпа бода бац. 6 Нагахь санна Делаца уьйр ю а бохуш, боданехь лелахь, вай аьшпаш а бутту, бакъдолчуьнца а ца лела. 7 Амма, нагахь Дела серлонгахь ма-хиллара, вай а серлонгахь лелахь, вайн вовшашца уьйр ю, ткъа Цуьнан КӀант волчу Ӏийсан цӀийно вай массо а къинойх цӀандо.
8 Нагахь санна вай ваьшца къа дац бахахь, тӀаккха вай цу дешнашца ваьш Ӏехадо, вайца билггал долу бакъдерг а дац. 9 Нагахь ваьш летийначу къиношна вай даре дахь, Дала вайн къиношна геч а дийр ду, дерриг а бакъдоцучух вай цӀан а дийр ду, хӀунда аьлча Иза тешаме а, бакъ а ву. 10 Амма вай ваьш къинош ца летийна бахахь, тӀаккха вай Дела харц а во, Цуьнан Дош вайца а дац.
2Ӏийса ву вайна ГӀодийриг
1 Сан хьоме бераш, шуьга къинош ца летадайтархьама яздо ас хӀара кехат. Ткъа нагахь цхьаммо къа латадахь, стигаларчу Дена хьалха лаьтташ волу ГӀодийриг ву вайн: Дала леррина къобалвина Ӏийса – Делан лаамехь Верг. 2 Иза вайн къинош дӀадахаран сагӀа ду. Ткъа и сагӀа, вайн къиношна тӀера тоьъна а ца Ӏаш, дуьнен чуьра массо а адамийн къиношна тӀера тоьар ду.
3 Ткъа вайна Дела вевзина хиларан тоьшалла до вайна Цо тӀедехкина парзаш вай лардаро. 4 Шена Дела вевза а бохуш, парзаш лардеш воцург харцлуьйш а ву, цуьнца бакъдерг а дац. 5 Ткъа Делан дош лардеш волчунна чохь Делан безам билггал буьззина бу. Вай билггал Делаца хиларан билгало иштта ю: 6 шен Делаца уьйр ю бохург Ӏийса ма-леллара лела веза.
Керла парз
7- 2:7 Яхьъя 13:34. Сан хьоменаш! Ас шуьга яздийриг керла парз дац – иза, баккъалла а аьлча, шира парз ду, юьхьанца дуьйна а шуна Дала делла долу. Шира парз – Дош ду, шуна хезна долу. 8 ХӀетте а аса яздийриг керла парз хета мега. Дала леррина Къобалвинчо а, аша а гойту иза бакъ хилар, хӀунда аьлча бода дӀаболу, ткъа билггал йолу серло хӀинцале а къегаш ю.
9 Ша серлонгахь лела а бохуш, ткъа шен динан веше цабезам берг хӀинца а боданехь лела. 10 Ткъа шен динан вежарий безаш верг серлонгахь Ӏаш ву – стаг галволуьйтуш дерг а дац цуьнца. 11 Амма шен динан ваша цавезарг боданехь ву. Иза боданехь лела гӀерташ ву. Цунна шена а ца хаьа, ша мича воьду, хӀунда аьлча цу бодано иза бӀарзвина.
12 Ас яздо шуьга, сан хьоме бераш,
Дала леррина Къобалвинчо динарг бахьана долуш шун къиношна гечдина дела.
13 Ас яздо шуьга, дайшка,
юьхьанца дуьйна волуш Верг шуна вевза дела.
Ас яздо шуьга, къонахошка,
иблисал шу тоьлла дела.
14 Ас яздина шуьга, сан динан бераш,
стигалара Да шуна вевзина дела.
Ас яздина шуьга, дайшка,
юьхьанца дуьйна волуш Верг шуна вевзина дела.
Ас яздина шуьга, къонахошка,
шу доьналла долуш долу дела а,
Делан Дош шун даг чохь лаьтташ долу дела а,
иблисал шу тоьлла долу дела а.
15 ХӀара дуьне а, цунна чохь мел дерг а ма дезалаш! Нагахь санна цхьаъ хӀара дуьне дезаш велахь, стигаларчу Ден безам цуьнца бац. 16 ХӀара ду дуьнен чохь мел долу хӀума: къилахь болу лаамаш хилар, адамийн цхьана хӀуманна бӀаьрган хьагам хилар, адамаша шайн долчух а, шаьш динчух а куралла яр. Ткъа стигалахь волчу Дегара дац уьш – кху дуьненара ма ду и дерриге а. 17 Дуьне а, дуьненан лаамаш а дӀабевр бу, ткъа Делан лаам кхочушбеш мел волчун хедар доцу дахар ду.
Дала леррина Къобалвинчун мостагӀа
18 Сан динан бераш! ХӀара кху дуьненан тӀаьхьара зама ю. Шуна хезнера, Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг вогӀур ву аьлла. Ткъа хӀинцале а дукха баьржина Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал берш. Цунах хаьа вайна, хӀара билггал тӀаьхьара зама юйла. 19 И дуьхьал берш, цкъа вайн гуламна юкъахь а хилла, хӀинца вайна юкъара дӀабевлла. Бакъдерг аьлча, уьш цкъа а бацара вайна юкъабогӀуш. Нагахь уьш билггал вайна юкъара хиллехьара, уьш вайца буьсур бара. Амма уьш вайна юкъара дӀабовларо гойту, царах цхьа а билггал вайна юкъавогӀуш ца хилар.
20 Ткъа шу Дала Вазвинчо къобалдина ду, цундела шуна массарна а бакъдерг хаьа. 21 Шуна билггал долу бакъдерг ца хаьа аьлла, ца яздо ас шуьга. Мелхо а, ас яздо шуьга, шуна и бакъдерг хаьа дела а, иштта цу бакъдолчуьнца цхьа а харцдерг доцийла шуна хаьа дела а.
22 Ткъа мила ву уггар харцлуьйриг? Иза ву Ӏийса Дала леррина Къобалвинарг хилар тӀе ца лоцург. Иштта стаг Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг ву – стигалара Да а, Делан КӀант а тӀе ца лоцу цо. 23 Делан КӀант къобал ца вечу хӀораммо а стигалара Да а къобал ца во. Ткъа Делан КӀант къобалвечо стигалара Да а къобалво.
24 Шайна юьхьанца дуьйна хезнарг даим а латтаде шайн даг чохь. Нагахь санна иза иштта хилахь, Делан КӀантаца а, Цуьнан Деца а йолу шун уьйр даим а лаьттар ю. 25 Ткъа Цо вайна лур ду аьлла ваӀда ду: хедар доцу дахар.
26 ХӀара ас яздина шу ледан лууш болчарах лаьцна шуьга дӀахьедан. 27 Амма шу Делан КӀанта къобалдина ду, ткъа иза шуьца дуьсу. Цундела шуна кхин хьехархо ца оьшу – цу къобалдаро шуна дерригенах лаьцна хьоьху. Ткъа иза харц дац – иза билггал бакъдерг ду. Иштта, Дала леррина Къобалвинчуьнца хила даим а, Цо шайна ма-хьеххара.
28 Иштта, сан хьоме бераш, кхидӀа а хилалаш Цуьнца, Иза веанчу хенахь шаьш доьналла долуш хилийта а, Цунна хьалха шайна эхь ца хетийта а. 29 Нагахь шайна Иза Делан лаамехь Верг вуй хууш хилча, хаалаш, хӀора Делан лаамехь лелаш верг Делах схьаваьлла вуйла а.
3Делан бераш
1- 3:1 Яхьъя 1:12. Хьовсийша, мел кӀоргге дезна вай стигаларчу Дена. Вайх Делан бераш ду аллал боккха бу Цуьнан безам. Иштта, вай билггал Цуьнан бераш ду. Амма дуьненна вай ца девза, хӀунда аьлча стигалара Да ца вевзина цунна. 2 Сан хьоменаш! ХӀинца вай Делан бераш ду, амма кхул тӀаьхьа вайх муьлш хир ду цкъа хӀинца а дӀа ца делладелла вайна. Вайна хаьа, Дала леррина Къобалвинарг веанчу хенахь, вай а Цунах терра хир дуй, Иза Ша ма-варра вайна гун волу дела. 3 Иштта Цунах сатийсар долуш Ӏаш волчу хӀораммо а ша цӀанво, И санна цӀена хилархьама.
4 Къинош летош мел верг Ӏеса лелаш ву, ткъа къинош летор Ӏесалла ду. 5- 3:5 Яхьъя 1:29. Шуна ма хаьа, Иза къинош+ 3:5 *Къинош *– цхьадолчу тептарш тӀехь: *вайн къинош.* дӀаэцархьама веана хилар. Ткъа Цуьнца шеца-м къинош дан а дац. 6 Цуьнца волчо цхьаммо а къа ца латадо. Ткъа къа латош болчех цхьанна а Иза ган а ца гина, Иза вовза а ца вевзина.
7 Сан хьоме бераш! Цхьаммо а нийсачу новкъа тӀера шу дӀа ма дохийла! Делан лаамехь лелаш верг – Делан лаамехь ву, Дала леррина Къобалвинарг а Делан лаамехь ма-хиллара. 8 Къа латориг иблисах схьаваьлла, хӀунда аьлча иблисо юьхьанца дуьйна а къа латадо. Цундела Делан КӀант веана цу иблисан гӀуллакхаш дохорхьама.
9 Делах схьаваьлла волчо цхьаммо а къа ца латадо, Делан хӀух схьа а ваьлла, шен амал Цуьнан амалх тера йолу дела. Ткъа ша Делах схьаваьлла хиларна, цуьнга къа ца латало. 10 Делан бераш а, иблисан бераш а вовшах иштта къастало. Делан лаамехь мел воцург а, шен динан ваша цавезарг а Делан бер дац.
Вовшийн дезалаш
11- 3:11 Яхьъя 13:34. Юьххьехь дуьйна а вайна кхайкхийна болу хаза кхаъ вай вовшийн дезаш хила деза аьлла бу. 12- 3:12 Доладалар 4:8. Кхаим санна ма хилалаш, иза иблисан долахь а вара, цо шен ваша а вийра. Ткъа хӀунда вийра цо иза? Шен гӀуллакхаш зуламе хилла дела, ткъа цуьнан вешин гӀуллакхаш Делан лаамехь долу гӀуллакхаш хилла дела.
13 Динан вежарий, цец ма дийлалаш, нагахь дуьненна шаьш ца дезалахь. 14- 3:14 Яхьъя 5:24. Вайна-м хаьа, ваьшна динан вежарий беза дела, вай, деллачуьра ден а делла, бакъдолчу дахаре девллийла. Ткъа шен ваша цавезарг хӀинца а Ӏожаллин карахь ву. 15 Шен динан ваша цавезарг адам дуьйш верг санна ву. Ткъа шуна-м хаьа, адам дуьйш долчу цхьана а адаман Делаца долу дахар ца хуьлийла. 16 Амма Ӏийсас вайн дуьхьа Шен са дӀадалар бахьанехь, бевзина вайна безам. Вай а кийча хила деза вешан динан вежарийн дуьхьа са дӀадала. 17 Нагахь цхьаннан, ша дика хьал долуш вехаш воллушехь, халла воллучу шен веше къинхетам бацахь, тӀаккха Делан безам муха хир бу цуьнца? 18 Сан хьоме бераш! Дашца а, маттаца а доцуш, гӀуллакхца а, билггал долчу бакъдолчуьнца а дезийла вайна вовшийн.
Тединчу дегнашца Далла хьалха хилар
19 Иштта вайна хаа тарло, ваьш билггал бакъдолчух дуйла. Цундела Цунна хьалха вешан дегнаш тедан тарло вай, 20 вешан дегнаша вайна кхел еш елахь а. Дела вайн дегнел а сов ву, Цунна дерриг а хаьа. 21 Сан хьоменаш! Нагахь санна вайн дегнаша ваьшна кхел еш ца хилча, Далла хьалха доьналла долуш хила таро ю вайн. 22 ТӀаккха, Цуьнан весеташ кхочуш а деш, Делан лаамехь вай леларна, хӀуъа а вай дехнарг лур ду Цо вайна. 23- 3:23 Яхьъя 13:34; 15:12, 17. Ткъа Делан весет ду: Цуьнан КӀант волчу, Цо леррина къобалвинчу Ӏийсан цӀарах а тешаш, Цо вайна тӀе-ма-диллара, вайна вовшийн дезар. 24 Делан весеташ кхочушдеш верг Делаца ву, Дела а ву цуьнца. Ткъа Иза вайца хилар вайна хаьа, Цо вайна деллачу Синехула.
4Билггал бакъдолу Са а, адам тилош долу са а
1 Сан хьоменаш! Муьлх-муьлххачу а синах ма тешалаш, амма и синош таллалаш, уьш Делера дуй те а хьожуш. ХӀунда аьлча дуьнен чохь дукха харцпайхамарш баьржина. 2 Делан Са иштта къасталур ду шуьга: Дала леррина къобалвина Ӏийса, адам санна, веана хилар къобалдо са – Делера ду. 3 Ткъа Ӏийса къобалвеш доцу са – Делера дац, иза – Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал волчун са ду. Шуна хезна, иза догӀур ду аьлла, иза хӀинцале а долуш а ду дуьнен чохь.
4 Сан хьоме бераш! Шу Делера ду. Шу тоьлла харцпайхамарел, хӀунда аьлча шуьца Верг нуьцкъала ву кху дуьненахь олалла деш волчул. 5 Уьш кху дуьненара бу, цара а кху дуьненара болчара боххург боху, дуьнено ла а дугӀу цаьрга. 6 Амма вай Делера ду. Дела шена вевзачо вайга ла а дугӀу. Ткъа ша Делера воцучо вайга ла ца дугӀу. Иштта къастало вайга билггал бакъдолу са а, адам тилош долу са а.
Дела Ша – безам бу
7 Сан хьоменаш! Вай вовшийн дезийла, хӀунда аьлча безам Делера бу. ХӀора шеца безам болуш верг Делах схьаваьлла ву, цунна Дела а вевза. 8 Шеца безам боцучунна Дела ца вевза, хӀунда аьлча Дела Ша а безам бу! 9 Дала Шен вайга болу безам гайтина, Шен цхьаъ бен воцу КӀант кху дуьнен чу а ваийтина, Цуьнгахула вайн бакъдолу дахар хилийтархьама. 10 Бакъболу безам иштта бу: вайна Дела везар бахьанехь а доцуш, амма Далла вай дезарна, Цо Шен КӀант ваийтира вайн къинош дӀадахаран сагӀа санна.
11 Сан хьоменаш! Далла вай оццул дукха дезаш хилча, вай вовшийн дезаш хила а деза. 12- 4:12 Яхьъя 1:18. Дела цхьанна а, цкъа а гина вац. Амма вайна вовшийн дезаш хилча, Дела Ша а вайца ву, ткъа вайна чохь Цуьнан безам а билггал буьззина бу.
13 Вайн Делаца хилар а, Иза вайца хилар а вайна хаьа, Цо вайх Шен Синан декъашхой дина дела. 14 Ткъа вайна ган а гира, вай тоьшалла а до Дас Шен КӀант дуьнен чуьра адамаш КӀелхьардохург санна ваийтина хиларх. 15 Нагахь цхьаммо Ӏийса Делан КӀант хиларх тоьшалла дахь, цуьнца Дела а ву, ткъа иза Делаца а ву. 16 Ткъа вайна Делан ваьшга болу безам бовза а бевзина, вай цунах теша а тешна.
Дела Ша а безам бу. Безамца верг Делаца а ву, Дела цуьнца а ву. 17 Вайна чохь безам буьззина хилар иштта гучудолу: вай къематан дийнахь доьналла долуш хир ду, вай кху дуьнен чохь Иза санна лела дела. 18 Безамца кхерам а бац. Ткъа буьззина бакъболчу безамо кхерам дӀатотту, хӀунда аьлча кхерам гуттар а таӀзарца боьзна хуьлу. Кхоьруш волчун буьззина бакъболу безам бац.
19 Вайна Иза веза, дуьххьара Цунна ваьш дезна дела. 20 Суна Дела веза а бохуш, ткъа шен динан ваша цавезарг аьшпаш буттуш ву. ХӀунда аьлча шена дуьхьал лаьтташ волу шен динан ваша цавезачунна, шена гуш воцу Дела а везалур вац! 21 Цо вайна дитина долу весет иштта ду: «Дела везаш верг шен динан ваша а везаш хила веза».
5Дуьненна тӀехь болу толам
1 Ӏийса Дала леррина Къобалвинарг хиларх тешаш волу хӀора а Делах схьаваьлла ву. Ткъа динан бераш кхуллуш волу Дела везачу хӀоранна а Делах даьлла долу бераш а деза. 2 Делан бераш вайна дезаш хилар вайна гойту, Дела а везаш, Цуьнан весеташ вай кхочушдаро. 3- 5:3 Яхьъя 14:15. ХӀунда аьлча Деле безам хилар – Делан весеташ кхочушдар ду. Ткъа Делан весеташ кхочушдан тӀех хала а дац, 4 хӀунда аьлча ша Делах схьаваьлла мел волчо дуьненна тӀехь толам боккху. Ткъа дуьненна тӀехь баьккхина болу и толам вайн тешар бахьана долуш баьккхина бу. 5 Ӏийса Делан КӀант ву аьлла, тешаш волчо бен кхин хьан боккхур бара кху дуьненна тӀехь толам?
Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах деш долу тоьшалла
6 ХӀара ву хица а, цӀийца а Веанарг: Дала леррина къобалвина Ӏийса. Иза хица веана а ца Ӏаш, амма хица а, цӀийца а веана ву. Ткъа Делан Сино тоьшалла до цунах, хӀунда аьлча Делан Са билггал долу бакъдерг ду. 7 Кхо теш ву: 8 Делан Са а, хи а, цӀий а. Цу кхааммо а оцу цхьана хӀуманах цхьатерра тоьшалла до. 9 Вай теша адамаша дечу тоьшаллех, ткъа Делан тоьшалла дуккха а нуьцкъала ду. Дала Ша тоьшалла дина Шен КӀантах лаьцна. 10 Делан КӀантах тешаш волчун и тоьшалла даг чохь ду. Ткъа ша Делах цатешачо Дела аьшпаш буттург во, хӀунда аьлча иза Дала Шен КӀантах аьллачух ца теша. 11- 5:11 Яхьъя 3:36. И тоьшалла иштта ду: Дала вайна хедар доцу дахар делла. Ткъа и бакъдолу дахар Цуьнан КӀантаца ду. 12 КӀантаца уьйр йолчун бакъдолу дахар ду. Ткъа КӀантаца уьйр йоцучун бакъдолу дахар дац.
Бакъдолу дахар
13 Аса хӀара яздина шуьга, Делан КӀантах шу тешаш хиларна, шун бакъдолу дахар дуйла шуна дӀахаийтархьама. 14 Иза бахьана долуш Далла хьалха доьналла долуш хила таро ю вайн. Нагахь вай Цуьнан лаамехь долу цхьа хӀума Цуьнга дехахь, Цунна вай бохург дӀахезар ду. 15 Вай деххнарг хӀуъа а Цунна дӀахезаш хилар хууш хилча, вайна хаьа, доьхуш дерг вайн долуш дуйла.
16 Нагахь цхьанна шен динан вашас валарна доцу къа латош гуш делахь, тӀаккха цо доӀа дан деза. Ткъа Дала дахар лур ду цунна. Аса бохурш валаре далош доцу къинош ду. Амма къиношна юкъахь валаре далош долу къа а ду, цунна тӀера деха ца боху аса. 17 Муьлхха а харцдерг къилахь ду. Амма валаре далош доцу къинош а ду.
18 Вайна хаьа, ша Делах схьаваьлла волчу цхьаммо а къа ца латадойла. Ткъа Делах схьаваьлла Волчо иза ларво – иблисе зе ца дало цунна.
19 Вайна хаьа вай Делан долахь хилар а, дерриге а дуьне иблисан карахь хилар а.
20 Иштта вайна хаьа, Делан КӀанта, ван а веана, кхетам ваьшна беллийла, билггал бакъволу Дела вайна вовзийтархьама. Ткъа вай, бакъволчу Делаца хилла а ца Ӏаш, Цо леррина къобалвинчу Цуьнан КӀантаца Ӏийсаца а ду. Иза ву билггал бакъволу Дела а, бакъдолу дахар а!
21 Сан хьоме бераш! ЦӀуйх ларделаш шаьш.