Векало ПахӀала

коринтхошка

яздина хьалхара кехат

Дешхьалхе

Векало ПахӀала коринтхошка яздина хьалхара кехат Ӏийсах тешачу нехан дахарх а, тешарх а лаьцна ду. Коринт-гӀалахь ПахӀала дӀахӀоттийначу динан тобанехь Ӏийсан нехан дахарехь а, тешарехь а цхьайолу халонаш нисъеллера. Цу хенахь Коринт грекахойн йоккха гӀала яра. Римхойн долахь болчу Ахай-мехкан коьрта гӀала яра иза. Шена чохь йохкаэцар алссам хиларна а, шен бахархой кура хиларна а, сийсаза хӀуманаш шена чохь паргӀат лелорна а, тайп-тайпана динаш шена чохь лелош хиларна а гӀараяьлла яра и гӀала.

Векалан коьрта гӀайгӀанаш хӀорш бу: динан тобанехь хуьлу декъадаларш а, сийсазлелар а, иштта нахаца леларца а, зуда ялорца а, маре яхарца а доьзна долу хаттарш, цул сов, эхь-бехк а, динан тобанан гуламехь хила дезаш долу низам а, Делан Сино луш долу похӀманаш а, веллачуьра денвалар а. Цу хӀуманийн орамашна тӀе а кхочуш, векало гойту хазачу кхоо царах лаьцна муха дуьйцу.

Тептаран 13-гӀа корта безамах лаьцна бу. Векало гойту, Дала адамашна лучу совгӀаташна юкъахь безам уггар диканиг хилар. Иза, схьахетарехь, тептаран уггар шуьйра бевзаш болу корта бу.

1

1 Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векал хила тӀекхайкхийнчу ПахӀала а, вайн динан вашас Состанама а яздо хӀара кехат. 2- 1:2 Векалийн 18:1. ХӀара кехат оха яздо Коринт-гӀаларчу Делан динан тобане. Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца уьйр хиларна, Дала даздинарш ду шу. Иштта, Делан долахь хила къастийнарш а ду шу, ткъа шуьца цхьаьна массанхьа а тхан Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсага кхойкхурш а иштта тӀекхайкхина бу. Тхан Веза Эла хилла а ца Ӏаш, Ӏийса церан а Веза Эла ву.

3 Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а Делан дика а, синпаргӀато а хуьлийла шуна.

Дала леррина Къобалвинчуьнца хиларо декъалво

4 Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Дала шуна делла дика бахьана долуш, шуна тӀера ас даим а баркаллаш боху сайн Далла. 5 ХӀунда аьлча Цуьнгахула хилла шу массо а агӀор хьал долуш – аша мел олучу дашца а, шун мел болчу кхетамца а. 6 Дала леррина Къобалвинчух лаьцна шуна дина тоьшалла шун дахарехь чӀагӀдаларе терра, 7 Делан Синера долчу совгӀаташкахь кхин цхьана а тайпана тоам боцуш дац шу, вайн Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Ӏийса гучувоккхучу дийне ладоьгӀуш шу хиларна. 8 ТӀаьххьара де тӀекхаччалц Цо шу тешарехь чӀагӀдийр ду, вайн Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Ӏийса вогӀун волчу дийнахь шу ала хӀума доцуш цӀена хилийтархьама. 9 Шен КӀантаца, вайн Веза Эла волчу, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсаца, уьйр хила шу тӀекхайкхина волу Дела тешаме ву.

Динан тобанехь долу декъадаларш

10 Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа ас чӀогӀа доьху шуьга, динан вежарий, аша массара а цхьаъ дийцар, шайна юкъахь декъадаларш ца хилийтархьама. Шайн хьекъалшкахь а, ойланашкахь а кхоччуш цхьаъ хуьлда шу. 11 ХӀунда аьлча Халайн цӀерачаьргахула суна хааделла, сан динан вежарий, шуна юкъахь къийсамаш хилар. 12- 1:12 Векалийн 18:24. Со ала гӀертарг хӀара ду: шуна юкъахь олу: «Со – ПахӀалехьа ву», «Со – Апа-Лесехьа ву», «Со – Кипехьа ву», «Со – Ӏийсагахьа ву». 13 Ткъа Дала леррина Къобалвинарг векъавелирий те? ПахӀал дӀатоьхнерий те шун дуьхьа жӀарах? Я ПахӀалан дола довлархьама чекхдахийтира те аша шаьш хих?

14- 1:14 а: Векалийн 18:8; б: Векалийн 19:29; Римхошка 16:23. Аса Далла хастамаш бо, Крисп а, Гаяс а воцург, шух цхьа а айса хих чекх ца ваккхарна. 15 Цу тайпана, шух цхьаннан а дац ша сан дола валархьама хих чекхваккхийтина олийла. 16 (- 1:16 1 Коринтхошка 16:15. Иштта Сетипанан цӀеранаш а хих чекхбаьхна ас. Ткъа айса кхин цхьа а хих чекхваккхар суна дага ца догӀу.) 17 Дала леррина Къобалвинчо нах хих чекхбаха вахийтина вацара со, ткъа хаза кхаъ кхайкхо вахийтинера. Ткъа адамашна хьалха хьекъалечу дешнашца кхайкхо ца беза аса иза, Дала леррина Къобалвинчун жӀарах дӀатохар эрна ца хилийтархьама.

Дала леррина Къобалвинарг – Делан ницкъ а, хьекъал а хилар

18 ХӀаллакьхуьлуш болчарна Ӏийса жӀарах дӀатохарх лаьцна болу хаам сонта бу. Ткъа кӀелхьардохуш долчу тхуна – иза Делан ницкъ бу. 19- 1:19 ЕшаӀ-ЯхӀу 29:14 (Грекийн). Делан Йозанашкахь аьлла ду:

«Аса хӀаллакдийр ду хьекъалчийн хьекъалалла,

кхетам болчийн кхетам а талхор бу аса».

20- 1:20 а: Аюб 12:17; ЕшаӀ-ЯхӀу 19:12; 33:18; б: ЕшаӀ-ЯхӀу 44:25. Ткъа мичахь ву кху заманара хьекъал дерг, Ӏилманча, хьекъале къийсамаш бийриг? Ткъа кху дуьненахь бехачийн хьекъалаллах ца йина Дала сонталла?

21 Шен хьекъалаллица Дала билгалдаьккхира дуьнен чуьра нахана церан хьекъалца Ша цавовзийтар. Мелхо а, Далла тамехь дара, оцу наха «сонта» бу бохучу, оха бечу хьехамашца Ӏийсах тешнарш кӀелхьарбахар. 22 Жуьгташа а доьху тамашийна билгалонаш гайтар, грекахоша а лоьху хьекъалалла, 23 ткъа оха дӀакхайкхабо кхаъ хӀара бу: Дала леррина Къобалвинарг жӀарах дӀатоьхна хилла. И кхаъ жуьгташна Ӏесалла ю аьлла хета, кхечу къаьмнех болчарна иза «сонталла» ю аьлла хета, 24 ткъа Дала тӀекхайкхинчарна, уьш шаьш жуьгтех я грекахойх белахь а, цу кхоан маьӀна ду, Дала леррина Къобалвинарг Делан ницкъ а, Делан хьекъалалла а хилар. 25 ХӀунда аьлча Делан «сонталла» адамийн хьекъалаллал а тоьлуш ю. Ткъа Делан «эгӀазалла» адамийн нуьцкъалаллал а ницкъ болуш ю.

26 Динан вежарий, дагаяийтийша Дала шу Шена тӀекхайкхина хан. Адамийн хьесапехь дукха бацара шуна юкъахь хьекъалалла долуш берш. Дукха бацара шуна юкъахь нуьцкъалнаш а, дукха бацара хьалдолчийн тайпанех берш а. 27 Амма Дала кху дуьненахь сонта хеташ долу хӀуманаш къастийна хьекъалалла долчийн сий дайа, ткъа кху дуьненахь эгӀаза хеташ долу хӀуманаш къастийна ницкъболчеран сий дайа. 28 Кху дуьненахь кӀезиг хета хӀуманаш а, сийсаза хета хӀуманаш а къастийна Дала. Дуьненна уьш хӀумма а доцу хӀума хетташехь, Дала уьш къастийна, цаьргахула дуьненна ладам болу хӀуманаш хӀумма а доцург хилийтархьама. 29 Цундела Далла хьалха цхьаьнгге а дозалла ца дало. 30 Иза бахьана долуш ду шу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца хилар! Цуьнгара хилла вайна Делера долу хьекъалалла. Цуьнгахула вай Далла хьалха бакъ а до, Дала вай даз а до, паргӀат а доху. 31- 1:31 Ярми-ЯхӀу 9:24. Цундела ма яздина Делан Йозанаш тӀехь: «Ша дозалла дечо – Везачу Элах дозалла де».

2

Дала леррина Къобалвинарг жӀарах дӀатохарх лаьцна болу хьехам

1 Динан вежарий! Шу долчу веанчу хенахь, Делан къайленах+ 2:1 *Делан къайленах *– цхьадолчу тептарш тӀехь яздина ду: *Делах лаьцна долчу тоьшаллех.* лаьцна сайн хьекъалца а, Ӏилманчин къамелашца а дийца ца веанера со, 2 хӀунда аьлча со шуьца волчу ханна суна кхин цхьа хӀума а шуна довзийта ца лиънера, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах а, Цуьнан жӀара тӀехь валарх а лаьцнарг доцург. 3- 2:3 Векалийн 18:9. Сайн дегӀан эгӀазаллица а, кхерамца а, чӀогӀа вегаварца а Ӏийра со шу долчохь. 4 Айса аьлла долу дешнаш а, бина болу хьехам а ца бинера аса адаман хьекъалаллин говзачу дешнашца шу тешорхьама, амма Делан Синан ницкъах долчу тоьшаллашца бинера. 5 И хьехам ас бинера, шун Ӏийсах долу тешар адамийн хьекъалаллица доьзна а доцуш, амма Делан ницкъаца доьзна хилийтархьама.

Делан хьекъалалла

6 Тешарна тӀехь кхоччуш кхиъна болчу нахана юкъахь хьекъалаллах лаьцна хьехам бо оха. Амма оха кху дуьненан хьекъалаллах дерг а хьоьхуш дац, я шайн олалла чекхдала герга болчу, кху дуьненахь олалла деш болчеран хьекъалаллах а хьоьхуш дац. 7 Ткъа оха дуьйцуш долу хьекъалалла – Делан къайлаха долу хьекъалалла ду. Иза Дала хӀара дуьне кхоллале дуьйна а вайн сийлаллина хьажийна хилла. 8 И хьекъалалла кху дуьненахь олалла деш хилла болчех цхьанна а девзина дацара, хӀунда аьлча шайна иза девзина хиллехьара, цара вайн сийлаллин Веза Эла жӀарах дӀатухур вацара. 9- 2:9 ЕшаӀ-ЯхӀу 64:4. Амма Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара:

«Дала Ша везначарна кечдинарг

бӀаьргана а ца гина,

лергана а ца хезна,

адамна дага а ца деана».

10 Ткъа вайна Дала Шен Синца дӀадиллина иза, хӀунда аьлча Делан Сино дерриг а толлу, ур-атталла Делан кӀоргенаш а. 11 Адамех хьанна хаьа, кхечу адамна чохь дерг, цу адамна чохь долчу шен синна бен? Иштта Делан ойланаш а ца евза цхьанна а, Делан Шен Синна бен. 12 Вай тӀеэцнарг кху дуьненахь болчийн кхетамехь долу са дац, ткъа Делера схьадолу Са ду, Дала Шегара делларг вайна довзийтархьама.

13 Оцу дерригенах а лаьцна, вайн адамийн хьекъало луш долчу дешнашца а доцуш, Делан Сино хьоьхучу дешнашца дуьйцу. Синца доьзначу хӀуманех Синах буьзна берш кхетабо вай+ 2:13 *Я иштта: *Синца доьзна хӀуманаш Синан дешнийн гӀоьнца кхетадо.*. 14 Шен сих бен дуьзна доцучу адамо Делан Сино луш долу хӀуманаш тӀе ца оьцу, шена уьш сонта хета дела. Иза царах кхетийла а дац, Делан Синан гӀоьнца бен уьш къаста ца ло дела. 15 Делан Синца волчунна массо а хӀуманан мах хадо хаьа. Ткъа цу стеган мах хадо цхьана а адаман йиш яц. 16- 2:16 ЕшаӀ-ЯхӀу 40:13 (Грекийн). ХӀунда аьлча Делан Йозанашкахь яздина ма ду:

«Везачу Элан хьекъал довза мила кхаьчна?

Цуьнга хьехам бан йиш йолуш мила хир ву?»

Ткъа вайн Дала леррина Къобалвинчун хьекъал ду.

3

Далла гӀуллакхдийраш

1 Динан вежарий, аса къамел дечу хенахь, сан йиш яцара Делан Синах буьзна болчаьрца санна шуьца къамел дан. Аса кху дуьненара болчаьрца санна а, Дала леррина Къобалвинчуьнца йолчу шун уьйре хьаьжжина, кегий берашца санна а къамел дира шуьца. 2- 3:2 Ӏебархошка 5:12, 13. Ӏовша хала йолу яа хӀума а ца луш, шура малайора аса шуна, хӀунда аьлча цкъачунна онда юург яа ца лора шуьга. Шуьга-м хӀинца а яалур яц иза, 3 шу хӀинца а шайн синан лаамашца дехаш долу дела. Нагахь шуна юкъахь вовшашка хьагӀ а хилча, шун вовшашца къийсарш а хилча, тӀаккха шу а ца хуьлу кху дуьненах болчарах? Аша а ца леладо кху дуьненарчу адамаша леллорг? 4- 3:4 1 Коринтхошка 1:12. Нагахь шух цхьаммо «Со ПахӀална тӀаьхьахӀиттинчарах ву», ткъа вукхо ша «Апа-Лесинчарах ву» бохуш хилча, тӀаккха шу а ца хуьлу кху дуьненах болчарах?

5 Ткъа мила ву Апа-Леса? Я мила ву ПахӀал? Тхайгахула шу тешаре далийна долу ялхой бен дац тхо. Везачу Эло тхаьшна хӀоранна тӀедиллина доллучул гӀуллакх кхочушдина оха. 6- 3:6 а: Векалийн 18:4-11; б: Векалийн 18:24-28. Аса хӀу тесира, Апа-Лесас цунна хи туьйхира, амма и хӀу хьалакхиийнарг Дела ву. 7 Цундела и хӀу дӀадийнарг а, цунна хи тоьхнарг а цхьа а воцург ву. Ткъа Дела ладаме ву, хӀунда аьлча Иза – и хӀу хьалакхиош Верг ву. 8 ХӀу дӀадуьйш волчун а, цунна хи тухуш волчун а цхьатерра Ӏалашо ю. ХӀоранна а, динчу гӀуллакхе хьаьжжина, цунна доггӀург дӀалур ду. 9 Тхойшиъ цхьаьна Далла гӀуллакх дийриг ву, ткъа шу Делан аре а, Цуьнан гӀишло а ю.

10 Говзачу гӀишлоярхочо санна, аса бух боьттира, Дала сайна деллачу похӀме хьаьжжина. Ткъа кхечо цу бух тӀехь гӀишло йо. Амма хӀорра а ша и гӀишло муха еш ю хьажа веза. 11 ХӀунда аьлча цхьаннан а йиш яц, ша хӀинцале болуш болу, Дала леррина къобалвина Ӏийса волу бух боцург, кхин бух билла. 12 Оцу бух тӀехь деших, я детих, я дезачу тӀулгех, я дечигах, я алах, я чех цхьаъ гӀишло еш хила тарло. 13 Царах хӀораннан а гӀуллакх къематдийнахь гучудер ду, хӀунда аьлча цу дийнан цӀеро и гӀуллакх, зен а зуьйш, серла а доккхур ду, цуьнан мах а гойтур бу. 14 Нагахь санна цхьаммо дина долу гӀуллакхаш, цӀеро талха а ца деш, шен меттахь латтахь, цунна совгӀат хир ду. 15 Ткъа нагахь цхьаммо динарг цӀергахь дагахь, цунна эшам хир бу. Иза ша-м кӀелхьарвер ву, амма цӀерах чекхволуш санна вер ву.

16- 3:16 1 Коринтхошка 6:19; 2 Коринтхошка 6:16. Шуна ца хаьа ткъа, шух хӀорра а Делан цӀа хилар а, Делан Са шуна чохь дехаш хилар а? 17 Нагахь цхьаммо Делан цӀа хӀаллакдахь, Дала иза хӀаллаквийр ву, хӀунда аьлча Делан цӀа Цуьнан долахь бен дац. Ткъа и Делан цӀа шу шаьш ду.

18 Шу Ӏеха ма лолаш. Шух цхьанна ша, кху дуьненан хьекъалалле хьаьжжина, хьекъалалла долуш ву моттахь, тӀаккха иза «сонта» хила веза, ша билггал хьекъале хилархьама. 19- 3:19 Аюб 5:13. ХӀунда аьлча кху дуьненан хьекъалалла Далла хьалха «сонталла» ю. Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: «Хьекъалалла дерш Дала церан шайн хӀилланца схьалоцу». 20- 3:20 Забур 93:11. Кхин а яздина ду: «Везачу Элана хаьа, хьекъалалла долчеран ойланаш эрна юйла». 21 Цундела цхьаммо а ша цхьана адаман долахь хиларх дозалла дан ца деза, хӀунда аьлча массо а хӀума шун долахь ду, 22 хӀуъа а иза делахь а: я ПахӀал, я Апа-Леса, я Кипа, я хӀара дуьне, я дахар, я валар, я хӀинца долуш дерг, я хиндерг. И дерриг а шун долахь ду. 23 Шу Дала леррина Къобалвинчун долахь ду, ткъа Иза – Делан ву.

4

Дала леррина Къобалвинчун векалш

1 Иштта, Дала, тхох теша а тешна, Шен къайле йолу, билггал бакъдерш караделла болу Дала леррина Къобалвинчун гӀуллакх дийраш санна тӀеэца деза тхо хӀораммо а. 2 Ткъа, шех теша а тешна, и гӀуллакх каракхаьчнарг муьлхха а тешаме хилла каро веза. 3 Сан кӀезиг бала бу я аша, я кхечу адамаша суна кхел ярца. Аса-м айса а ца йо сайна кхел. 4 Сан дог цӀена делахь а, и бахьанехь со бехказа ца волу. Веза Эла Ша хир ма ву сан Кхелахо. 5 Цундела хенал хьалха, Веза Эла схьаваллалц, цхьанна а кхел ма елаш. Цо серладоккхур ду боданехь къайладаьлларг, деган Ӏалашонаш а гучуйохур ю. ТӀаккха Дала хӀоранна а хастам дӀалур бу.

6 Динан вежарий! Шуна диканиг хилийтархьама, оцу массо а хӀуманна тӀехь аса со а, Апа-Леса а валийра масална, оцу масалшца шу кхеторхьама «Яздинчунна тӀера довла мегар дац» бохучух а, вовшашна юкъахь цхьаммо вукхунна хьалха дозаллаш дан ца дезарх а. 7 Хьан боху хьо кхечарал гӀоле ву? Хьан хӀун ду, хьайна делларг доцург? Ткъа хьайна и дерриг а делла хилча, хӀунда йо ахьа кураллаш, иза хьайна делла долу совгӀат доцуш санна?

8 ХӀинца-м шайна оьшург долуш ду моьтту шуна шайн. ХӀинца-м шаьш хьал долуш а хета шуна. Тхо ца хиллехь а, шайх паччахьаш хилла моьтту шуна. Суна-м лаьара, хӀинцале а шу билггал паччахьаш хилла хилар, тӀаккха тхан а шуьца цхьаьна паччахьалла дойла хир дара! 9 Векалш долу тхо, Дала уггаре а лараме йоцучу метте дӀахӀиттийна аьлла хета суна. Массарна а хьалха хӀаллакьхиларна кхел йинарш санна ду тхо. Кху дерриге а дуьненна хьалха тхох кхардам хилла – маликашна а, адамашна а хьалха. 10 Тхо сонтанаш санна хилла Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа, ткъа шаьш Цуьнца оццул хьекъале ду моьтту шуна! Тхо гӀорасиза, ткъа шу ницкъ болуш хета. Шун сий до, ткъа тхо сийсаздоху. 11 Оха-м тахханалц а лов мацалла а, хьогалла а, тӀехь хӀума цахилар а, тхайна еттар а, даха хӀусам цахилар а. 12- 4:12 Векалийн 18:3. Оха тхешан куьйгашца къахьоьгу. Тхох лаьцна наха вониг дийцича, оха декъалбо уьш. Тхаьш лелхийча, иза а лов оха. 13 Наха тхо сийсаздаьхча а, оха царах лаьцна диканиг доьху. Тхо, кху дуьненна сов а девлла, нехаш санна ду. Тахана а ченан мехах хета тхо массарна а.

14 Шу сийсаздахархьама ца дуьйцу ас хӀара, амма сайна дезаш долчу берашна санна хьоьху ас шуна. 15 ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинчуьнца долчу дахарехь шун итт эзар верас велахь а, шу цу дахаре даьхна болу дай дукха бац шун. Ткъа хаза кхаъ шуьга кхайкхорехула Дала леррина Къобалвинчуьнца шун да хилла сох. 16- 4:16 1 Коринтхошка 11:1; Пилапхошка 3:17. Цундела ас доьху шуьга: сох масал а эций, хилийша сох тера. 17 И дерриге а бахьанехь ваийтинера аса шу долчу Тимапи. Везачу Элах долчу тешаре хьаьжжина, сан хьоме а, тешаме а кӀант ву иза. Цо дагадоуьйтур ду шуна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца долу со лела некъаш муха ду а, аса цу некъах лаьцна массанхьа а, хӀорра динан тобанехь а муха хьоьху а.

18 Со шу долчу вогӀур вац моттарна, шуна юкъара цхьаболчарна даг чу куралла тесна. 19 Амма Везачу Элан лаам белахь, со кестта вогӀур ву шу долчу. ТӀаккха аса, курабевллачеран хазачу дешнашка а ца хьоьжуш, церан ницкъ зуьйр бу. 20 ХӀунда аьлча Делан Олалла хазачу дешнех доьзна дац, амма ницкъах доьзна ду. 21 Шуна хӀун лаьа? Со гӀожаца я безамца а, эсалчу амалца а вогӀийла лаьий шаьш долчу?

5

Динан тобанехь сийсазлелар ду

1- 5:1 Карлабаьккхинарг 22:30. Шуна юкъахь, билггал бакъ а долуш, нахаца лелар юкъадаьлла хилар хезна тхуна. Ур-атталла дин доцучу нахана юкъахь а иштаниг ца хуьлучу тайпана хӀума ду иза. Шуна юкъара волу цхьа хьенех шен дестечуьнца лелаш ву боху. 2 Ткъа шу дозалла деш ду! Цул а гӀолехь дара шуна, гӀайгӀанах дуьзна хилар а, цу тайпана лелаш верг шайна юкъара дӀаваьккхина хилар а. 3 Со дегӀаца шу долчохь вацахь а, сайн синца шу долчохь волу дела, аса шуьца волуш санна кхел йина цу тайпана сийсаза лелаш волчунна. 4 Веза Эла волчу Ӏийсан дуьхьа шу цхьаьна гулделлачу хенахь, сан са а хир ду шуьца, тӀаккха вайн Веза Эла волчу Ӏийсан олаллица 5 цу тайпана верг иблисан кара дӀало, цуьнан синан лаамаш хӀаллак а байтина+ 5:5 *Цуьнан синан лаамаш хӀаллак а байтина *– я иштта: *цуьнан дегӀ хӀаллак а дайтина.*, Везачу Элан дийнахь цуьнан са кӀелхьардалийтархьама.

6- 5:6 Галатахошка 5:9. Аша дозалла дан хӀумма а дац. Шуна хууш дац ткъа: «КӀеззиг болчу муьстачу бедо берриг а бод совсабо»? 7- 5:7 Арадаккхар 12:5. Шаьш а керла бод санна хилархьама, ширбелла болу муьста бод дӀабаккха. ХӀунда аьлча шу Ӏийсах тешаш долу дела, совсоза дина бепиг санна ду. Ткъа Дала леррина Къобалвинарг Пасахьан Ӏахар санна сагӀина дӀавелла. 8- 5:8 Арадаккхар 13:7; Карлабаьккхинарг 16:3. Цундела вай вешан Пасахьан дезде даздан деза мекарлонца а, зуламца а доьзна долчу, ширбеллачу муьстачу бедаца а доцуш, ткъа догцӀена хиларца а, билггал долчу бакъдолчуьнца а доьзна долчу совсоза динчу баьпкаца.

9 Аса сайн кехата тӀехь, сийсаза лелачаьрца тӀекаре ма хила аьлла, яздинера шуьга. 10 Дера суна-м ца лиънера ала, кху дуьненахь сийсаза лелаш мел болчаьрца а, сутаралла мел йолчаьрца а, хьарамло мел лелош болчаьрца а, цӀушна Ӏамал еш болчаьрца а тӀекаре ма е. ТӀаккха-м хӀара дуьне дита дезар дара аша. 11 Ткъа аса шуьга яздинарг хӀара дара: ша шун динан ваша ву а бохуш, амма я сийсаза лелаш, я сутара волуш, я цӀушна Ӏамал еш, я мотт бетташ, я вехна лелаш, я хьарамло лелош иза велахь, шун цуьнца тӀекаре хила ца еза бохург. Ишттачу стагаца ур-атталла пхьор а ма даа.

12- 5:13 Карлабаьккхинарг 13:5; 17:7 (Грекийн). ХӀунда аьлча сан хӀун гӀуллакх ду динан тобанан юкъа ца богӀу нах бехке бан? Царна Дала Ша йийр ю кхел. Амма динан тобанна юкъавогӀург бехке озо ца веза ткъа аша? Делан Йозанаш тӀехь аьлла ма ду: «Телхина леларг шайна юкъара дӀаваккха».

6

Дала леррина Къобалвинчух тешачара вовшийн кхеле озор

1 Нагахь санна динан вешица шайн къовсам хилча, шух мила гӀур вара, Делан нах а битина, Делан лаамехь боцучаьрга шайна кхел яйта? 2 Шуна хууш дац ткъа, Делан наха йийр юйла дуьненна а кхел? Нагахь шуьга дуьненна а кхел йойтур йолуш хилча, шайн кӀезиг долчу гӀуллакхашна кхел ян говзалла яц те шун? 3 Шуна ца хаьа, вай йийр юйла маликашна а кхел? ТӀаккха дахаран гӀуллакхашна тӀехь еш йолу кхел-м муххале а вай йийр ю. 4 Ткъа аша цу гӀуллакхашна тӀехь а динан тобанна юкъахь цхьа а ларам боцучу арахьарчу нахах шайн кхелахой бо! 5 Шуна эхь хетийтархьама боху ас хӀара: шайн динан вежаршна юкъахь болчу къийсамашна кхел ялур йолуш волу цхьа а хьекъале верг вац те шуна юкъахь? 6 Делахь а вашас шен динан ваша а вуьгу кхел яйта. Иштта тешар доцучаьрга тешаш болчарна тӀехь кхел йойту аша!

7 Шуна шайна юкъахь къийсамаш хилар а кӀорга эшар ду шуна. Нагахь шайна цхьа харцо йинехь а, Ӏад хӀунда ца Ӏа шу? Шайна цхьа эшам хиллехь а, Ӏад хӀунда ца Ӏа шу? 8 Аша-м шаьш а йо кхечарна харцо, царна эшам а бо, уьш шайн динан вежарий боллушехь! 9 Я шуна ца хаьа те, харцонаш йийраш Делан Олалле ца кхочийла? Ӏеха ма лолаш! Сийсаза лелачарах а, цӀушна Ӏамал ечарах а, нахаца лелачарах а, вовшашца хьарам дерг лелочу божарех а, 10 къола дечарах а, сутарачарах а, бехна лелачарах а, мотт беттачарах а, хьарамлончех а волу цхьа а Делан Олалле ца кхочу. 11 Цу тайппана бара шух цхьаберш а. Амма Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан цӀарца а, вайн Делан Синца а шу цӀан а дина, даз а дина, бакъ а дина.

ДегӀ – Делан Синан цӀа ду

12- 6:12 1 Коринтхошка 10:23. Цхьаммо ала тарло: «Сан хӀуъа а дан бакъо ю». Иза бакъ хила там бу, амма дерриг а дац хьуна пайдехь. «Сан хӀуъа а дан бакъо ю». ХӀаъ, амма цхьана а хӀумане сайна тӀехь олалла ца дойту аса. 13 Цхьаммо ала тарло: «Яа хӀума а – ген дуьхьа ю, ткъа ге а – яа хӀуманна ду. Эххар а Дала иза а, важа а хӀаллакдийр ду». Делахь а вайн дегӀ вай сийсаздаха кхоьллина дац, иза Везачу Элан дуьхьа ду. Ткъа Везачу Эло вайн догӀмаш Ӏалашдийр ду. 14 Веллачуьра Веза Эла денвина а ца Ӏаш, Дала Шен ницкъаца вай а дендийр ду деллачуьра.

15 Ткъа шуна ца хаьа, вайн догӀмаш Дала леррина Къобалвинчун дегӀан меженаш юйла? ТӀаккха, Цуьнан меженаш схьа а яьхна, уьш сийсазйохур юй те ас? ХӀан-хӀа, иштаниг хуьлийла а дац! 16- 6:16 Доладалар 2:24. Я шуна ца хаьа те, шаьш нахаца леллачу зудчух дӀакхетча, шайн цуьнца цхьа дегӀ хуьлийла. ХӀунда аьлча аьлла ма ду: «ТӀаккха цу шиннах цхьа дегӀ хир ду». 17 Ткъа Делах дӀауьйш волчун Цуьнца цхьаьна долу цхьа са а хуьлу.

18 Ларлолаш сийсаздовларх! Адамо латош долу муьлхха а кхидолу къа дегӀах лета къа дац. Ткъа сийсаза лелачо шен дегӀана къилахь долу хӀума до. 19- 6:19 1 Коринтхошка 3:16; 2 Коринтхошка 6:16. Я шуна ца хаьа те, шайн догӀмаш шуна чохь долчу а, Дала делла долчу а Делан Синан цӀа дуйла? Шу шайн долахь ма дац! 20 ХӀунда аьлча, беза мах а белла, эцна ду шу. Цундела шайн догӀмашца Делан сий делаш!

7

Зудаялорах лаьцна

1 Аша соьга яздинчух лаьцна аьлча, аша боху: «Стагана зудчух ца хьакхавелча гӀолехь ду». 2 Амма сийсазваьлла ца лелархьама, хӀора стеган а шен долахь зуда хила еза. ХӀора зудчун а шен майра хила веза. 3 Майрачо шен зудчун дегӀан лаам кхочушбан беза. Иштта зудчо а кхочушбан беза майрачун дегӀан лаам. 4 Зудчун дегӀ цуьнан шен долахь дац, иза майрачун долахь ду. Цу тайппана майрачун дегӀ а цуьнан шен долахь дац, иза цуьнан зудчун долахь ду. 5 Вовшашца бинчу бартаца шаьш доӀа дан лоруш билгалъяьккхинчу ханна бен, вовшех ма къахка. Цул тӀаьхьа юха а цхьаьна хила, шун собар цахиларехула иблисе шаьш ца зейтархьама.

6 Иза аса шуна тӀе ца дуьллу, амма иза иштта хилча магош долу хӀума ду аьлла боху аса. 7 Суна-м массо а адам со санна хила лаьара, делахь а хӀоранна а Дала шен-шен похӀма делла: цхьанна – цхьаъ, вукхунна – важа.

8 Ткъа зударий белла бисинчаьрга+ 7:8 *Зударий белла бисинчаьрга *– я иштта: *зуда ялоза болчаьрга.* а, бисина Ӏаш болчу зударшка а аса боху: «Царна со санна Ӏер гӀолехь ду». 9 Амма шаьш иштта ца Ӏалахь, цара зуда яло еза. ДегӀан лаамашка ша хьийза а войтуш вехачул, зуда ялаяр гӀолехь ду.

10- 7:10, 11 Маттай 5:32; 19:9; Марк 10:11, 12; Лака 16:18. Зударий балийначарна а, маре баханчарна а аса тӀедуьллу (ткъа иза соьгара сайгара дац, амма Везачу Элера ду), зуда шен майрачух дӀа ма къаста аьлла. 11 Ша дӀакъастахь, я кхин маре ма де, я шен майрачуьнца барт а бина, цуьнга юхагӀо. Ткъа майрачо а шен зуда ма йита.

12 Ткъа кхидолчу адамашка аса боху (иза Везачу Элера а доцуш, сайгара ду), нагахь динан вешин Ӏийсах тешар доцу зуда елахь, иза цуьнца яха реза а елахь, цу зудчух дӀакъаста ца веза и стаг. 13 Иштта, Ӏийсах тешаш йолчу зудчун тешар доцу майра велахь, амма иза цуьнца ваха реза велахь, шен майрачух дӀакъаста ца еза и зуда. 14 ХӀунда аьлча тешар доцу майра тешар долчу зудчуьнгахула вазво. Ткъа тешар доцу зуда а язйо тешар долчу цуьнан майрачуьнгахула. Иза иштта ца хилча, церан бераш Далла хьалха цӀена хир дацара, ткъа хӀинца уьш Дала даздина ду. 15 Нагахь Ӏийсах тешар доцург шен зудчух дӀакъаста лууш велахь, я иштта тешар доцу зуда майрачух дӀакъаста лууш елахь, уьш дӀакъастийта. ХӀунда аьлча я динан ваша а, я динан йиша а оцу гӀуллакхна дихкина дац. Везачу Эло вай вовшашца бертахь дахаре ма кхайкхина. 16 Хьанна хаьа, зудчо шен майра кӀелхьарваккха а ма тарло. Я стага а шен зуда кӀелхьаръяккха мега.

Ша Дала тӀекхайкхинчу дахарехь висар

17 ХӀорра а стаг шена Дала билгалдаьккхинчу тайпана ваха веза, ша Везачу Эло тӀекхайкхинчу дахарехь виса веза. Изза тӀедуьллу аса массо а динан тобанашна а. 18 Нагахь Дала керлачу дахаре тӀекхайкхале хьо сунтвина хиллехь – и билгало дӀаяккха ма гӀерта. Ткъа нагахь хьо цу хенахь сунтвина ца хиллехь – сунтвайта ца оьшу. 19 Сунтвина хилар а, сунтваза хилар а – хӀумма а доцург ду. Ткъа цул а коьртаниг ду Делан парзаш кхочушдар. 20 ХӀорра а, Дала керлачу дахаре тӀекхайкхале, ша хиллачу хьолехь виса веза. 21 Нагахь цу хенахь хьо лай хиллехь, хӀумма а дац, цунах оза ма ло. Амма паргӀатвала хьайн аьтто белахь, паргӀатвала а хьажа. 22 ХӀунда аьлча Везачу Эло керлачу дахаре тӀекхайкхинчул тӀаьхьа лай Везачу Элана хьалха паргӀат ву. Ткъа тӀекхайкхале паргӀат хилларг – хӀинца Дала леррина Къобалвинчун лай ву. 23 Шайх адамийн леш ма хилийталаш, хӀунда аьлча шух беза мах белла. 24 Динан вежарий! Далла хьалха хӀорра а Везачу Эло керлачу дахаре тӀекхайкхале ша хиллачу хьолехь виса.

Зуда ялоза а, маре бахаза а болчарах лаьцна

25 Ткъа зуда ялоза я маре бахаза болчаьрга, Везачу Эло тӀедиллина ду аьлла, тӀетоха хӀумма а дац сан. Амма Везачу Эло сох къинхетам барна, тешаме хила таро йолчу аса сайна хетарг боху.

26 Суна схьахетарехь, адаман хӀинца хуьлуш болу массо а баланашка хьаьжча, цунна ша хӀинццалц хиллачу хьолехь висар гӀолехь ду. 27 Айхьа зудчуьнга захало дийцинехь, цунах дӀакъаста ма гӀерта. Ткъа айхьа зудчуьнга захало ца дийцинехь, хьайна зуда ма леха. 28 Делахь а ахьа зуда ялаяхь а – иза къилахь дац. ЙоӀ маре яхар а къилахь дац. Амма цара кху дахарехь чӀогӀа баланаш хьоьгур бу. Ткъа суна цу баланех шу лардан лаьара.

29 Динан вежарий! Аса хӀара боху шуьга: хан кӀезиг йисна, цундела хӀинца дуьйна зударий балийнарш а, шайн зударий боцуш санна хила беза. 30 Шух боьлхуш берш а ца боьлхуш санна хила беза. Хазахетар хилларш а хаза ца хетча санна хила беза. ХӀума оьцурш а и эцнарг шайн долахь доцуш санна хила беза. 31 Кху дуьненах дика схьаоьцурш, шу а иза совдерг доцуш санна, даха ца деза, хӀунда аьлча тахана долуш долу дуьне дӀадолуш ду.

32 Суна-м шун цхьана а хӀуманна тӀехь гӀайгӀа ца хила лаьа. Зуда ялоза верг, Везачу Элан лаам кхочушбан лууш, Цунна дечу гӀуллакхна гӀайгӀанехь ву. 33 Ткъа зуда ерг дуьненан гӀуллакхийн гӀайгӀанехь ву. Иза шен зудчун лаамаш кхочушбан гӀерта. 34 Цу тайпана цуьнан гӀайгӀанаш екъало. Маре яхаза ерг, Везачу Элан лаам кхочушбан гӀерташ, Цунна гӀайгӀанехь хуьлу, шен дегӀаца а, шен синца а Цунна тешаме хила лууш. Ткъа марехь йолу зуда кху дуьненан гӀуллакхийн гӀайгӀанехь хуьлу, шен майрачун лаамаш муха кхочушбийр бара те бохуш.

35 Аса и дерриг а шуна пайденна дуьйцу, шуна иза дехкархьама а доцуш. Мелхо а, суна лаьа, шун лелар оьзда хила а, Везачу Элана тешаме хила а, кхечу хӀуманна тӀе ойла ца йохуьйтуш.

36 Нагахь ша захало дийцина йоӀ цӀахь йитар бегӀийла ца хетахь, цуьнца хиларан лаам цуьнан сов боккха белахь, и захало хила мегар ду. Цу стаге и йоӀстаг ялаяйта, иза къилахь дац. 37 Амма нагахь цу стага ша захало дийцина йоӀ ца яло шен дагахь кхин хийцалур боцучу тайпана сацам а бинехь, нагахь цхьаммо а и гӀуллакх цунна тӀедиллина а дацахь, нагахь цу тӀехь цуьнан лаам а белахь, и сацам даггара а белахь, цо дийриг дика гӀуллакх ду. 38 Ша захало дийцина йоӀ ялош волчо дийриг а дика хӀума ду, ткъа иза ялош воцчо дийриг кхин а гӀолехь ду.

39 Марехь йолу зуда, шен майра дийна мел ву, бакъонашца йихкина ю. Нагахь майра веллехь, шена луъучуьнга маре яха магош ду цунна, амма и стаг Везачу Элан долахь хила веза. 40 Кхин а дика ду, иза маре а ца йоьдуш Ӏийча. Иштта ю сан цунах йолу ойла, ткъа сайна чохь долчу Делан Сино со цунна тӀе валаво аьлла хета суна.

8

ЦӀушна сагӀина еана яа хӀума яарх лаьцна

1 ЦӀушна сагӀина еана йолчу яа хӀуманах лаьцна аша соьга яздинчух ала лаьара суна. Хууш ду-кх, олуш ма-ду: «Вайн массеран а кхетам бу». Амма кхетам хиларо адам курадоккху, ткъа безамо иза синца чӀагӀдо. 2 Нагахь цхьанна шена цхьа хӀума девза моттахь а, цунна хӀинца а довза ма-деззара хӀумма а ца девза. 3 Ткъа цхьанна Дела везаш велахь, иза Далла вевзина.

4 Цу тайпана цӀушна сагӀина еанчу юучу хӀуманах лаьцна хууш ду-кх, кху дуьненахь цӀу хӀумма а воцург вуйла а, иштта, цхьа Дела воцург, кхин Дела воцийла а. 5 Лаьттахь я стигалахь бехаш «деланаш» хуьлу олу. И «деланаш» а, «беза элий» а дукха белахь а, 6 вайна иштта ду:

Дела цхьаъ бен вац вайн,

Иза Да ву вайн,

массо а хӀума Цуьнгара хилла а ду,

вай Цуьнан дуьхьа дехаш а ду.

Иштта Веза Эла а цхьаъ бен вац вайн.

Иза Дала леррина къобалвина Ӏийса ву,

Цуьнгахула массо хӀума хилла а ду,

вай Цуьнгахула дехаш а ду.

7 Делахь а цу бакъдолчух берриш а ца кхета. ЦӀушна Ӏамал яран Ӏадат цхьаболчарна хӀинца а чулацам болуш хета. ЦӀушна сагӀина еана йолу юург а юуш, цара иза деланашна къобалйина йолуш санна лору, цундела церан кӀеда дегнаш Далла хьалха бехло. 8 Юучу хӀумано вай Далла улло ца даладо. Юург цаяарца вай хӀумма а ца дойу, ткъа иза йиъча а, вайна гӀоле а ца хуьлу.

9 Делахь а шу ларлолаш, тешарехь чӀагӀделла доцурш, шаьш паргӀато лелочу хӀуманна тӀехь, Ӏеха а делла, къинош летадарх. 10 ХӀунда аьлча нагахь оцу кӀеда дог долчунна, хьайн оццул «кхетам» боллушехь, ахьа а цӀушна Ӏамал ечу цӀа чохь юург юуш гича, тӀаккха, ша а яа мегар ду аьлла, хетар дуй те цунна и цӀушна сагӀина еана йолу юург? 11 ТӀаккха хьан «кхетам» бахьана долуш, шен дуьхьа Дала леррина Къобалвинарг велла волу, и кӀеда дог долуш волу хьан динан ваша хӀаллакьхир ву. 12 Шайн динан вежаршна дуьхьал цу тайпана долу къа латадарца, церан кӀедачу дегнашна чов а еш, аша Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал къа латадо. 13 Цундела айса оцу юучуьнца сайн динан веше къа латадойтуш делахь, аса цкъа а дуур дац иштта долу жижиг, сайн веше къа ца латадайта.

9

Векалан бакъонаш а, декхарш а

1 Со паргӀат вац ткъа? Со векал а вац ткъа? Суна гина вацара вайн Веза Эла волу Ӏийса? Шу дац ткъа Везачу Эло соьгахула къахьегарца Цунна тӀе далийнарш? 2 Кхечарна со векал вацахь а, шуна ма ву со векал. ХӀунда аьлча со векал хиларан тоьшалла ду – шу Везачу Элаца хилар.

3 Сайн мах хадош болчарна дуьхьал даккха хӀара ду сан. 4 Яа а, мала а бакъо йоцуш-м дац тхо? 5 Кхиболчу векалша а, Ӏийсан нанас бинчу кхечу вежарша а, Кипас а санна, динан йижарех цхьацца тхаьшна яла а йина, тхайца цхьаьна уьш бига бакъо яцара тхан а? 6 Я аса а, Бар-Нааба а бен болх бан безаш бацара ткъа? 7 Муьлххачу тӀемалочо, ша эскарехь гӀуллакх дечу хенахь, ша-шен гӀайгӀа бо? Муьлхачу кемсашлелорхочо, кемсаш дӀа а йоьгӀна, церан стоьмаш ца боу? Муьлхачу Ӏуьно шен жена юкъарчу жийно елла шура ца молу?

8 Адамаша олучу тайпана хилла Ӏай те аса бохург? Изза ца боху товрат-хьехамаша а? 9- 9:9 Карлабаьккхинарг 25:4; 1 Тимапига 5:18. ХӀунда аьлча Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш тӀехь яздина ду: «Оручу стеран бага дӀа ма къовла». Стерчийн бала кхаьчна аьллий те Дала иза? 10 Вайн бала а кхаьчна, ца боху ткъа Дала иза? Дера боху вайна диканна, хӀунда аьлча охана деш волчо а, оруш волчо а къахьоьгу, шаьш бинчу белхан дакъа шайна кхачаран дегайовхо йолуш. 11- 9:11 Римхошка 15:27. Шун синошна оьшуш долу хӀу оха тесна хилча, тӀех зен дой те оха шуна, тхайн дегӀана оьшуш долу ялта шуьгара хьаькхча? 12 Кхечеран а шуна юкъахь иштта бакъонаш хилча, ткъа тхан церан чул а сов яц и бакъонаш?

Амма оха, мелхо а, тхайн оцу бакъонашка а ца хьоьжуш, тхайна тӀе мел деанарг лов, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ дӀакхайкхош, тхайгахьара цхьа а новкъарло ца хилийтархьама. 13- 9:13 Карлабаьккхинарг 18:1. Шуна хууш дац ткъа, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш берш цига еанчух бехаш хилар? Ткъа сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь гӀуллакх деш болчара а цу сагӀина деанчух дакъа шайна дӀаоьций? 14- 9:14 Маттай 10:10; Лака 10:7. Иштта хаза кхаъ кхайкхош болчарах лаьцна Везачу Эло тӀедиллина, хаза кхаъ кхайкхош кхаьчначух баха беза уьш аьлла.

15 Амма аса-м цу бакъонех цхьа а сайн дуьхьа аьлла схьа ца эцна. Сайн бала а кхаьчна, и бакъонаш сайна оьшучунна хилийтархьама яздина дац аса хӀара дешнаш. Суна валар а гӀолехь ду-кх, сан и дозалла дан йиш хилар цхьаммо соьгара дӀадоккхучул. 16 Айса хаза кхаъ кхайкхош бу аьлла, цхьа а дозалла ца до ас, хӀунда аьлча иза сан декхар ду. Ма декъаза хир вара со, аса хаза кхаъ кхайкхош бацахьара! 17 Аса, сайн лаам а болуш, и гӀуллакх деш делахьара, Делера совгӀат хир дара суна. Ткъа сайн лаамехь а доцуш, аса иза деш хилча, тӀаккха сайна тӀедиллина долу гӀуллакх кхочушдо аса. 18 Ткъа сан совгӀат муьлха ду? Айса хаза кхаъ дӀакхайкхабарна дуьхьал хӀумма а ца дехар. Цу тайпана, айса хаза кхаъ кхайкхочу гӀуллакх тӀехь сайна йогӀуш йолчу бакъонех цхьа а ца лелийна аса.

19 Массарах а паргӀат воллушехь, массарна а хьалха лолла вахана со, царах дукхахберш тӀеберзорхьама. 20 Жуьгтий болчохь со жуьгти санна вехира, уьш Дала леррина Къобалвинчунна тӀеберзорхьама. Товрат-хьехамийн бакъонаш ларъеш болчаьрца а бакъонаш ларйийриг санна вехира со, уьш а Цунна тӀеберзорхьама, цу бакъонийн лаамехь со воццушехь. 21 Товрат-хьехамийн бакъонаш лар ца еш болчаьрца – и бакъонаш лар ца еш верг санна хуьлура со, уьш а Цунна тӀеберзорхьама. ХӀетте а, Делан бакъонаш лар ца еш-м ца лелара со, Дала леррина Къобалвинчун бакъонашна со муьтӀахь волу дела. 22 Тешарехь чӀагӀбелла боцучаьрца чӀагӀвелла воцург санна хуьлура со, уьш тешарехь чӀагӀбархьама. Массарна а хьалха массо а санна хуьлура со, сайн мел долчу хьуьнаршца, царах цхьаберш баьхна а, кӀелхьарбахархьама. 23 И дерриг а хазачу кхоан дуьхьа до аса, со а цунах хиндолчу диканан декъахь хилийтархьама.

24 Шуна хууш дац къовсадаларшкахь бовдучу хенахь массо а цхьатерра бовдий, амма совгӀат царах цхьанна бен ца лой? Цундела шаьш довда ма-дезза довдалаш, и совгӀат шайна кхачийтархьама. 25 Оцу къовсамашкахь дакъа лоцуш болчара шаьш массо а хӀуманна тӀехь юхаузу. Уьш иштта лела, телхина дӀадер долу толаман таж шайна кхачийтархьама, ткъа вай иштта лела, ваьшна телхар доцу таж кхачийтархьама. 26 Цундела со, шена хьалха цхьа Ӏалашо хӀоттийна воцург санна, вада а ца воду, хӀаваана куьг детташ верг санна, лата а ца лета. 27 Мелхо а, аса, сайн дегӀ кхоа а ца деш, цунна тӀехь олалла до, кхечарна хаза кхаъ а кхайкхийна, со юьстахваьлла ца висархьама.

10

ЦӀушна Ӏамалъярх ларлолаш

1- 10:1 а: Арадаккхар 13:21, 22; б: Арадаккхар 14:22-29. Динан вежарий! Вайн берриг а дай мархийн бӀогӀамо ларбина хилар а, хӀорда бухарчу лаьтта тӀехула чекхбевлла хилар а шуна дагадаийта лаьа суна. 2 Уьш берриш а, мархах а, хӀордах а чекх а бевлла, Мусаца цхьаьнакхетийтина. 3- 10:3 Арадаккхар 16:35. Цара массара а цхьатерра болу синан кхача а биъна. 4- 10:4 Арадаккхар 17:6; Лелар 20:11. Иштта цара массара а цхьатерра синна оьшуш долу малар а мелла, хӀунда аьлча цара шайца лелош болчу тамашийначу тӀулгах схьадолу хи молура. Ткъа и ТӀулг бара – Дала леррина Къобалвинарг. 5- 10:5 Лелар 14:29, 30. Амма царах дукхахболчарна Дела реза ца хилла, церан декъий яьссачу аренгахула дӀасадаржийна хилла.

6- 10:6 Лелар 11:4. И дерриг вайна масална хилла дара, вайн а, церан санна, вониг дан лаам ца хилийта. 7- 10:7 Арадаккхар 32:6. Вайн дайх цхьаберш санна, цӀушна Ӏамал еш ма хилалаш. Делан Йозанаш тӀехь царах лаьцна яздина ду: «Адамаш яа а, мала а охьахевшира, тӀаккха шайн самукъадаккха хьалагӀевттира уьш». 8- 10:8 Лелар 25:1-18. Царах цхьаболчара лелийнарг а лелийна, сийсаза ма довла вай! Оцу цхьана дийнахь царах ткъе кхо эзар стаг хӀаллакьхилира. 9- 10:9 Лелар 21:5, 6. Дела зе а гӀоьртина, лаьхьарчаша байина болу царах цхьаберш санна, вай а ма гӀерта Дала леррина Къобалвинарг+ 10:9 *Дала леррина Къобалвинарг *– цхьадолчу тептарш тӀехь дӀаяздина ду: *Веза Эла.* зе. 10- 10:10 Лелар 16:41-49. Инкарлонаш йинчу царах цхьаболчарах ма тарлолаш – уьш мулкалмото хӀаллак ма бина.

11 Царна хилларг дерриг а вукхарна масал дало хиллера. Заманийн чаккхе тӀекхаьчначу хенахь Ӏен долчу вайга, дӀахьедар а деш, иштаниг ца дайтархьама яздина ду иза.

12 Цундела ша когаш тӀе ондда дӀахӀоьттина ву моьттуш верг охьавожарх ларвала веза. 13 Шуна тӀедеана долу зер массо а адамна тӀехӀуттуш дерг бен дац. Ткъа Дела тешаме ву, аша ловр доцург лур дац Цо шуна. Амма шу зуьйш долчу хенахь, тӀехӀотта онда бух лур бу Цо шуна, иза лан шун ницкъ хилийтархьама.

14 Иштта, сан хьоменаш, цӀушна Ӏамалъярх ларлолаш! 15 Аса кхетам болчаьрга санна боху шуьга. Шаьш а ойла ел аша, аса бохург нийса ду я дац. 16- 10:16 Маттай 26:26-28; Марк 14:22-24; Лака 22:19, 20. Шеца Далла хастамаш а беш, Везачу Элан пхьуьйренехь лелош болу кад бац ткъа Дала леррина Къобалвинчун цӀийца вайн дакъалацар дийриг? Вай дохош долу бепиг а дац ткъа Дала леррина Къобалвинчун дегӀаца вайн дакъалацар дийриг? 17 Бепиг цхьаъ долу дела, дуккха а долу вай а цхьа дегӀ санна ду. Вай массо а цхьана баьпках дакъалоцуш ма ду.

18- 10:18 Ӏамалъяр 7:6. Хьовсал Исраилан халкъе – царах сагӀина еана хӀума юуш берш а ца хуьлу ткъа берриге а цу сагӀа доккхучу кхерчана тӀейиллинчу сагӀина еанчу хӀуманан декъашхой? 19 ТӀаккха аса бохург хӀун ду? Дуй те иза цӀу цхьа хӀума ю бохург? Я цӀунна сагӀина еанарг а юй те цхьа хӀума ю аьлла хӀума? 20- 10:20 Карлабаьккхинарг 32:17 (Грекийн). Дац! Амма дин доцучара сагӀина яхьа хӀума, Далла а ца яхьаш, жинашна яхьа. Ткъа суна ца лаьа, аша жинашца дакъа а лоцуш, шу цаьрца тайна хила. 21 Аша молийла ма дац шинна а кедара: цкъа Везачу Элан кеда чуьра, тӀаккха жинийн кеда чуьра. Доийла ма дац аша цхьаьний Везачу Элан пхьор а, жинийн пхьор а. 22- 10:22 Карлабаьккхинарг 32:21. Вай даьхьар дуй те Везачу Элан вайга эмгаралла хилийта? Цул а ницкъ болуш ду ткъа вай?

23- 10:23 1 Коринтхошка 6:12. «Дерриг а дан бакъо ю вайн» – олуш ду. Иза бакъ хила там бу, амма массо а хӀума дац вайна пайдехь. «Дерриг а дан бакъо ю вайн». ХӀаъ, ю, амма оцу дерригено а синца чӀагӀ ца во. 24 Цхьаммо а ма лахалаш шайна пайдехь дерг, амма хӀораммо а кхиболчарна пайдехь дерг лахалаш.

25 Шайн эхь-бехке хьаьвссина, цхьа а хаттар ца деш, базарахь духкуш долу муьлхха а жижиг даа мегар ду аша. 26- 10:26 Забур 23:1. Делан Йозанашкахь яздина ма ду: «Латта а, цу тӀехь мел дерг а Везачу Элан ду».

27 Нагахь Делах тешаш воцучу накъосто дуьйла а аьлла, шу и волчу дахча, цо шайга яа аьлларг, шайн эхь-бехке хьаьвссина, цхьа а хаттар ца деш яа. 28 Амма цхьаммо и юуш ерг цӀушна сагӀина еанчух ю алахь, тӀаккха шайга и аьллачун дуьхьа а, деган паргӀатонан дуьхьа а и юург ма яа. 29 Шун деган паргӀатонах а доцуш, ткъа вукхун паргӀатонах лаьцна боху аса иза.

Ткъа сан паргӀато хӀун бахьанехь емалйина хила еза кхечун даго? 30 Нагахь аса, Далла баркалла а бохуш, и юург тӀеоьцуш хилча, аса баркалла баьхнарг бахьана долуш со емал хьан вийр вара?

31 Иштта шаьш юуш я молуш делахь а, я кхидолу муьлхха а гӀуллакх деш делахь а, Делан сийлаллин дуьхьа де. 32 Дуьхьало ма елаш жуьгташна а, грекахошна а, Делан долахь йолчу ерриге а Ӏийсах тешаш болчеран тобанна а, 33 амма, аса массарна а, массо а хӀуманна тӀехь царна луъург даре терра, лелалаш шу а. Сайна пайдехь дерг а ца лоьхуш, дукхахболчарна пайдехь дерг до аса, уьш а кӀелхьарбовлийтархьама.

11

1- 11:1 1 Коринтхошка 4:16; Пилапхошка 3:17. Сох тера хила гӀерталаш, со а Дала леррина Къобалвинчух тера хила ма-гӀерттара.

Коьрта тӀе хӀума тилларх лаьцна

2 Аса хастадо шу, даим а со шуна дагаварна а, аса шайна ма-даллара, аша ламасташ лардарна а. 3 Амма суна шуьга дӀахаийта лаьа, хӀора боьршачу стагана коьртехь верг Дала леррина Къобалвинарг хилар. Зудчунна коьртехь – майра ву. Ткъа Дала леррина Къобалвинчун коьртехь верг Дела ву. 4 ДоӀа дечу я Делера болу хаам бовзуьйтучу хенахь боьршачу стага коьрта тӀе хӀума тиллинехь, цо шен коьртана юьхьӀаьржо тӀейоуьйту. 5 Ткъа муьлххачу а, шен коьрта тӀехь хӀума а йоцуш, доӀа деш я Делера болу хаам бовзуьйтуш йолчу зудчо шен коьртана юьхьӀаьржо тӀейоуьйту. Иза корта баьшна йолчу зудчух тарло. 6 Нагахь зудчунна шен коьрта тӀе хӀума тилла ца лаахь, цо шен корта баша а мегар ду. Амма нагахь зудчунна шен корта баьшна я лергина хилча эхь хетахь, цо шен коьрта тӀе хӀума тилла еза. 7- 11:7 Доладалар 1:26, 27. Цхьана агӀор боьршачу стага шен коьрта тӀе хӀума тилла ца еза, ша Делан васт а, Цуьнан сийлалла а йолу дела. Вукху агӀор зуда шен майрачун сийлалла ю. 8- 11:8, 9 Доладалар 2:18-23. ХӀунда аьлча стаг зудчух вина вац, ткъа зуда ю стагах йина. 9 Стаг зудчун дуьхьа кхоьллина вац, амма зуда ю стеган дуьхьа кхоьллина. 10 Цундела зудчун коьрта тӀе тиллина хӀума хила еза, шена тӀехь долу олалла билгалдаккха а, маликашна хьалха а+ 11:10 *Я иштта: *Цу бахьаненна а, маликийн дуьхьа а зудчун коьртахь тиллина хӀума хила еза, шен олалла билгалдаккха. *Я иштта: *Цу бахьаненна а, маликийн дуьхьа а зудчун паргӀато хила еза, шен коьрта хӀума тилла я ца тилла.*. 11 Делахь а, Везачу Элаца долчу вайн дахаре хьаьжжина, зуда а стаг воцуш хиларх хӀумма а дац, ткъа стаг а зуда йоцуш хиларх хӀумма а дац. 12 ХӀунда аьлча зуда стагах йина ма-хиллара, стаг а ву зудчо вина. Ткъа и дерриг а – Делера ду.

13 ТӀаккха шаьш а ойла ел аша: оьзда хир дуй те, зудчо Деле доӀа дечу хенахь, цуьнан коьрта тӀе тиллина хӀума ца хилча? 14 Дуьненан Ӏаламо ша а ца хьоьху вайна, боьршачу стага шен месаш яхъялийтича, иза цунна шена юьхьӀаьржонна дуйла? 15 Ткъа зудчо еха месаш лелийча – цунна сийлахь ду, хӀунда аьлча еха месаш елла ю цунна, коьрта тӀе тиллина хӀума санна. 16 Цхьаболчарна-м цунах лаьцна соьца къовса а луург хир дара, амма, аса аьлларг доцург, кхин тайпана ламасташ дац я тхан а, я Делан долахь йолчу массо а Ӏийсах тешначийн тобанийн а.

Везачу Элан пхьорах лаьцна

(Маттай 26:26-29; Марк 14:22-25; Лака 22:14-20)

17 Аса кхин а цхьа хӀума тӀедуьллу шуна. ХӀинца хаста а ца до ас шу, хӀунда аьлча шун гуламаша, диканиг дахьачун метта, вониг дахьа. 18 Цкъа хьалха аса сайна хезначух лаьцна эр ду. Шу цхьаьна гулделлачу хенахь шуна юкъахь декъадаларш хуьлу боху. Цунах со цхьажимма теша а теша. 19 (Цу тайпана долу декъадаларш хила а деза шун, шайна юкъара билггал тешаш берш гучубахархьама.) 20 Шаьш цхьаьна гуллучу хенахь, билггал Везачу Элан пхьор даа гулделча санна ца гулло шу. 21 ХӀунда аьлча шу шаьш еана йолу яа хӀума яа сихло. ТӀаккха цхьаберш меца буьсу, ткъа вуьш чагӀаро бахабо. 22 Юург яа а, мерг мала а шайн цӀенош дац те шун? Я Делан долахь йолчу массо а Ӏийсах тешначийн тобанах шу дешаш дац те? Я мисканаш дегаза хета те шуна? ХӀун ала деза те аса шуьга? Хастор дуй те ас шу и бахьанехь? Аса и гӀуллакхаш бахьанехь хастор дац шу.

23 ХӀунда аьлча аса Везачу Элера Шеггара схьаэцна айса шуна делларг. Шена ямартло йинчу буса Веза Эла волчу Ӏийсас, бепиг схьа а эцна, 24 Далла хастам а бина, иза декъа а декъна, элира: «ХӀара Сан дегӀ ду, шун дуьхьа дӀалун долу. Иштта делаш, Со дагалацархьама». 25- 11:25 а: Арадаккхар 24:8; Ярми-ЯхӀу 31:31-34; б: Арадаккхар 24:6-8. Уьш пхьор диъна бевлча, Цо, чагӀаран кад схьа а эцна, элира: «Сан цӀийца бинчу керлачу бертан кад бу хӀара. Шаьш иза мосазза молу, Со дагалацархьама, иштта делаш». 26 ХӀунда аьлча шаьш хӀара бепиг мосазза доу а, хӀара кад мосазза молу а, Веза Эла схьаваллалц, Цуьнан валар кхайкхадо аша. 27 Цундела нагахь цхьаммо хӀара бепиг даар а, Везачу Элан кад малар а лело хьакъ ма-дарра ца леладахь, иза Везачу Элан дегӀана а, Цуьнан цӀийна а дуьхьал къа латорна бехке хир ву.

28 Стага ша-шен зен веза, ткъа цул тӀаьхьа цо и бепиг а доийла, и кад а молийла. 29 ХӀунда аьлча нагахь санна цхьаммо, Дала леррина Къобалвинчун дегӀ а ца лоруш, юуш а, молуш а елахь, иза шена кхелана юуш а, молуш а ву. 30 Цундела шух дукхахдерш гӀораза а, цомгуш а хуьлу, цхьаберш бала а ле. 31 Нагахь вай ваьш зуьйш делахьара, Везачу Эло йийр яцара вайна кхел. 32 Ткъа вайна тӀехь Цо кхел еш хилча, вай нисдеш долу таӀзар хуьлу вайна, дуьненах кхечаьрца цхьаьна вайна кхел йина ца хилийтархьама.

33 Иштта, сан динан вежарий, шаьш Везачу Элан пхьор даа гулделча, вовшашка ладогӀалаш, и даа сих а ца луш. 34 Нагахь санна шух цхьаъ меца велахь, шайн цӀахь яа юург, гуламехь иза шуна кхелъярна ца хилийтархьама.

Ткъа дисна гӀуллакхаш со дӀавеанчу хенахь нисдийр ду аса.

12

Делан Синера долу похӀманаш

1 Ткъа хӀинца, динан вежарий, Делан Сино луш долчарах лаьцна эр ду ас.

Суна ца лаьа, царах лаьцна дерг шуна ца хууш дуьсийла. 2 Шуна хаьа, шу Делах ца тешаш хиллачу хенахь, мотт ца хуучу цӀуша, шайгахьа а дерзош, тилийна лелийнийла. 3 Цундела аса шуьга боху, Делан Синехула ша бохуш волчу цхьаьнгге а алалур дац: «НеӀалт хуьлийла Ӏийсана». Иштта Делан Синехула олучуьнга бен, цхьаьнгге а алалур дац: «Ӏийса – Веза Эла ву».

4- 12:4-11 Римхошка 12:6-8. ПохӀманаш тайп-тайпана ду, ткъа уьш лург – цхьа Са ду. 5 ГӀуллакхаш тайп-тайпана ду, ткъа уьш дойтург – цхьа Веза Эла ву. 6 Ницкъаш тайп-тайпана бу, ткъа дерриг а массарна а чохь дийриг – цхьа Дела ву. 7 Амма Делан Са гучудаккхар хӀоранна а луш ду, массарна а диканна хилийта. 8 Цхьанна хьекъал долу дош ло Делан Синехула, ткъа оццу Синехула вукхунна кхетаман дош ло. 9 Кхечунна оццу Синехула тешар ло. Ткъа кхин а цхьанна цу Сино адамаш тодан похӀма ло. 10 Вукхунна тамашийна гӀуллакхаш дан ницкъ ло. Кхечунна Делера болу хаамаш бан похӀма ло. Цхьаволчунна Делан Сино делларг жинаша деллачух къасто похӀма ло. Цхьаболчарна Делан Синера долу тайп-тайпана тамашийна меттанаш ло. Кхечу цхьанна оцу меттанаша бохург гочдар ло. 11 Ткъа и дерриг а оццу цхьана Делан Сино деш ду. Шена дала деза аьлла хеттачунна, схьа а хоржий, ло Цо уьш.

Цхьана дегӀан дуккха а меженаш хилар

12- 12:12 Римхошка 12:4, 5. Адаман дегӀ масех меженах лаьтташехь, иза цхьа дегӀ хиларе терра, иштта Дала леррина Къобалвинарг цхьаъ хуьлу, Цуьнан дегӀ масех меженах лаьтташехь. 13 ХӀунда аьлча вайх хӀора а цхьана Делан Синах вуьзна вара, вайх массарах а цхьа дегӀ хилийтархьама. Вай жуьгтий я кхечу къаьмнех делахь а, леш я паргӀат адамаш делахь а, вайга хӀоранга а цхьана Синах малийтина дара.

14 Адамийн дегӀ, цхьана меженах хилла а ца Ӏаш, дуккха а йолчу меженех вовшахтоьхна ду. 15 Нагахь кого: «Со-м бац дегӀах, со куьг доцу дела», – алахь а, хӀетте а оцу дегӀан меже ца хилча ма ца болу иза. 16 Ткъа лерго: «Со бӀаьрг боцу дела, со-м дац оцу дегӀах», – аьлча а, оцу дегӀан меже ца хилча долий иза? 17 Нагахь дерриг а дегӀ беккъа бӀаьргех дина делахьара, муха хир дара цуьнан хазар? Ткъа дегӀ деккъа лергех дина делахьара, муха йогӀур яра хьожа? 18 Амма Дала дегӀан массо а меже Шена хила еза аьлла хеттачу меттехь дӀанисйина. 19 Нагахь дегӀ еккъа цхьана меженах дина делахьара, тӀаккха дегӀ муха хир дара? 20 Ма-дарра аьлча, дегӀан меженаш дуккха а ю, ткъа дегӀ – цхьаъ ду.

21 БӀаьрган а олийла дац куьйге: «Хьо суна ца оьшу». Я коьрто а когашка олийла дац: «Суна шу ца оьшу». 22 Мелхо а, адамна эгӀаза хеташ йолу дегӀан меженаш уггаре а оьшуш хуьлу. 23 Оцу кӀезиг хеташ йолчу дегӀан меженийн вай чӀогӀа ларам бо. Вешан бехке йолу меттигаш вай, эхь-бехк а хетий, дӀахьулйо. 24 Ткъа важа йолу меженаш дӀахьулъян а ца оьшу. Амма Дала шатайпа вовшахтесна дегӀан меженаш, сий дан оьшучу меженийн алссам сий а деш. 25 Иза ду, дегӀана чохь къастамаш ца байтархьама. Мелхо а, дегӀан меженаша вовшийн цхьатерра гӀайгӀа бан беза. 26 Нагахь дегӀан цхьана декъан лазам хилча, дерриг а дегӀан а лазам хуьлу. Нагахь дегӀан меженех цхьана меженна хастам бахь, вукхеран а цуьнца цхьаьна самукъадолу.

27 Цу тайппана, шу Дала леррина Къобалвинчун дегӀ ду, ткъа шух хӀора а цу дегӀан меже ю. 28- 12:28 Эпасхошка 4:11. Динан тобанашкахь Дала цхьаберш векалш, вуьш пайхамарш, кхозлагӀнаш динан хьехамчаш бина дӀахӀиттийна. Цул сов, цхьаболчарна тамашийна гӀуллакхаш дан ницкъ белла, вукхарна адамаш тодан похӀма делла. Иштта уллорачарна гӀо дан похӀма а, урхаллин похӀма а, тамашийна мотт бийцаран похӀма а делла Цо. 29 Массо а буй те векалш? Берриш а буй те пайхамарш? Массо а хуьлий те хьехархой? Я массарах а хуьлий те тамашийна гӀуллакхаш дийраш? 30 Массеран ду ткъа адамаш тодаран похӀма? Массара а дуьйций те Делан Синерачу тамашийначу меттанашкахь? Массеран дуй ткъа и меттанаш гочдаран похӀма а? 31 Оцу похӀманел а сов долчу похӀманашна тӀекхийда шу.

Ткъа аса оцу дерригенал а лакхара болу некъ гойтур бу шуна.

13

Безамах лаьцна

1 Нагахь санна аса адамийн я маликийн

меттанашкахь къамел деш делахь а,

амма сан безам бацахь,

со зевне зурма

я бекаш болу горгали санна хуьлу.

2- 13:2 Маттай 17:20; 21:21; Марк 11:23. Нагахь санна Делера болу хаамаш баран похӀма сан делахь а,

ерриге а къайленаш суна евзаш елахь а,

мел болу кхетам сан белахь а,

лаьмнаш а меттахдаххал тешар сан делахь а,

амма сан безам бацахь,

со хӀумма а вац.

3 Нагахь санна аса сайн берриг а бахам дӀабекъахь а,

ур-атталла сайн дегӀ ас дагадайтахь а+ 13:3 *Ур-атталла сайн дегӀ аса дагадайтахь а *– я иштта: *ур-атталла сайн дегӀ аса, дозалла дархьама, дӀаделлехь а.*,

амма сан безам бацахь,

суна цунах цхьа а пайда ца хуьлу.

4 Безам собаре а, дика а хуьлу.

Безамца хьагӀ а ца хуьлу.

Безамо дозалла а ца до, иза кура а ца хуьлу.

5 Безамо лело ца дезарг ца леладо,

шена пайден дерг ца лоьху,

атта оьгӀаз ца оьху,

шена дина вон дагар ца до.

6 Безам харцдолчух боккха ца боь,

ткъа цунна бакъдерг хазахета.

7 Безамо доллу хӀума а ловш хуьлу,

массо а хенахь цуьнца тешар а хуьлу,

гуттара а цуьнца сатийсар а хуьлу,

массо а хенахь цуьнца садеттар а хуьлу.

8 Безам цкъа а хедар бац.

Делера болчу хаамех аьлча,

уьш кхачор бу.

Синера долчу меттанех аьлча,

уьш совцор ду.

Дала беллачу кхетамах аьлча,

иза дӀабоккхур бу.

9 ХӀунда аьлча вайн кхетам кхоччуш болчу барамехь ца хуьлу,

ткъа Делера болу хаамаш кхоччуш буьззина ца хуьлу.

10 Ткъа кхачамалла йолу хан еача,

кхоччуш болчу барамехь цахилларг дӀадоккхур ду.

11 Со жима бер долчу хенахь,

аса жимачу беро санна дийца а дуьйцура,

ойланаш а йора.

Жимачу беран санна кхетам а бара сан.

Ткъа хӀинца со стаг а хилла дӀахӀоьттича,

берийн хӀуманаш дитина аса.

12 Цкъа хӀинца-м вайна дерриге а гӀийла гойтуш долчу куьзганехула санна го.

Ткъа цу хенахь юьхь-дуьхьал гур ду вайна.

Цкъа хӀинца-м сан кхетам кхоччуш бац,

ткъа цу хенахь сан кхоччуш довзар хир ду,

со Далла вевзаш ма-хиллара.

13 Цкъа хӀинца долуш дерг хӀара кхоъ ду:

тешар, сатийсар, безам.

Ткъа безам царах уггаре а лакхара бу.

14

Дала шайна делла похӀманаш динан тобанна пайденна хилийта

1 Шайна чохь безам хилийта гӀерта. Делан Сино луш долчунна тӀекхийда – уггаре а чӀогӀа дезаш хилалаш Делера болу хаамаш бар. 2 ХӀунда аьлча тамашийначу маттахь къамел дечо адамашка ца дуьйцу, цо Деле дуьйцу. Цо дуьйцучух цхьа а ца кхета, ткъа иза Делан Синехула къайленаш юьйцуш ву. 3 Делера хаамаш бечо адамашка дуьйцу, уьш синца чӀагӀбархьама а, иракарахӀитторхьама а, тебархьама а. 4 Тамашийнчу маттахь къамел дийриг шен синца чӀагӀло, ткъа Делера болу хаамаш бечо динан тоба чӀагӀйо.

5 Аша массара а тамашийначу меттанашкахь дуьйцийла лаьа суна. Амма кхин а сов лаьа суна, Делера болу хаам аша бойла, хӀунда аьлча Делера болу хаамаш бийриг пайдехь ву оцу меттанашкахь дуьйцуш волчул а. И дуьйцург, цо ша гочдича бен, пайденна хир дац, динан тоба цу дуьйцучуьнца чӀагӀъяйтархьама. 6 Динан вежарий, нагахь со шу долчу а веана, аса тамашийначу меттанашкахь дийцича, шуна хӀун пайда хуьлу, нагахь и дуьйцуш дерг Дала довзийтина хӀума а дацахь, я Дала белла кхетам иза бацахь, я Цуьнгара болу хаам иза бацахь, я хьехам бацахь?

7 Ойла ехьа, са доццушехь, чуьра аз долучу хӀуманийн. Масала, дечиг-пондаро я шедаго тайп-тайпана аьзнаш долуьйтуш ца хилча, локху мукъам муха къасталур бу те? 8 Нагахь санна турби чуьра долу аз къаьсташ ца хилча, хьан бийр бу тӀамана бан беза кечам? 9 Иштта аша а, тамашийна мотт а буьйцуш, кхетаме хаам ца бича, муха кхетор ву шаьш дуьйцучух? Аша дуьйцург, мохе дуьйцуш санна, эрна хир ду. 10 Мел дукха ду-кх дуьнен чохь тайп-тайпана меттанаш, царах цхьа а бац шен маьӀна доцуш. 11 Цундела суна оцу меттан маьӀна ца хиъча, кхечу къомах волуш санна хир ву со и буьйцуш волчунна, ткъа и мотт буьйцург кхечу къомах верг санна хир ву суна. 12 Иштта шу а, Делан Са шайгахула гучудаккха шаьш гӀерта дела, динан тобанна чӀагӀонна Цо луш долчу похӀманийн дикалла совъяккха хьовсалаш.

13 Цундела тамашийначу меттанашкахь дуьйцуш волчо, ша дуьйцург гочдан хаар деха Деле. 14 ХӀунда аьлча аса тамашийначу маттахь доӀа деш хилча, Делан Сино сан синехула доӀа до, амма сан хьекъална иза пайденна дац. 15 ТӀаккха аса хӀун дан деза? Аса сайн синца доӀа дийр ду, амма сайн хьекъалца а дийр ду ас иза. Сайн синца а, иштта сайн хьекъалца а эр ду аса Далла иллеш. 16 ХӀунда аьлча, ахьа Далла баркалла Цуьнан Синехула олуш хилча, ахьа дуьйцург шена хӀун ду ца хиъча, хӀокху гуламехь волчу хийрачу стага муха эр ду ахь аьллачу баркаллина: « Амин»? 17 Ахьа Далла олу баркалла тоъал дика хила а там бу, амма гуламехь волчу кхечунна цунах синца чӀагӀвалар ца хуьлу.

18 Тамашийнчу меттанашкахь аша массара а дуьйцучул сов айса дийцарна, аса хастам бо Далла. 19 Амма суна гӀолехь хета, динан тоба гулъеллачу хенахь, сайн хьекъалца пхи дош алар кхечарна хьехам бархьама, тамашийначу маттахь итт эзар дош олучул.

20 Динан вежарий! Берийн санна, ойла йолуш ма хилийша! Вониг дарна тӀехь хилийша бераш санна, амма шайн ойланца даккхий хилийша! 21- 14:21 ЕшаӀ-ЯхӀу 28:11, 12. Товрат-хьехамаш тӀехь яздина ду:

«Кхин меттанаш дуьйцуш болчаьргахула а,

хийрачу махкахойн баганехула а

къамел дийр ду Аса цу халкъаца – боху Везачу Эло, –

амма тӀаккха а ладугӀур дац-кх цара Соьга».

22 Иштта, тамашийначу меттанашкахь дийцар – билгало ю, амма и билгало, Ӏийсах тешаш болчарна а йоцуш, тешаш боцучарна ю. Ткъа Делера болу хаамаш хилар а цхьа билгало ю, амма и билгало, тешар доцучарна а доцуш, тешаш болчарна ю.

23 Нагахь берриг а динан гулам цхьаьна а кхетта, аша массара а тамашийначу меттанашкахь къамел дечу хенахь, шу долчу хийра нах я Ӏийсах цатешарш чубаьхкича, шу хьерадевлла аьлла хетар-м дац те царна? 24 Нагахь массара а Делера болу хаамаш бечу хенахь, шу долчу Ӏийсах цатешарг я хийра стаг чувеача, цунна хезначу дерригено а цунна къинош гучу а дохур ду, кхел а йийр ю. 25 Оцу чувеанчу стеган деган къайленаш массарна гучуевр ю. ТӀаккха цо, гора а хӀоьттина, Далла Ӏибадат а деш, эр ду: «Шуна юкъахь билггал Дела ву!»

Динан тоба гулъеллачу хенахь низам хила деза

26 Сан динан вежарий! ЖамӀ а деш, суна ала луург хӀара ду. Шу цхьаьна гуламе гулделча, шун хӀораннан а хуьлу я назма, я хьехам, я Дала довзийтина хӀума, я тамашийначу маттахь болу хаам, я шух цхьаммо цу хааман маьӀна дуьйцу. Аша мел дийриг а шун динан тобанан чӀагӀонна хуьлийла. 27 Нагахь шух цхьаъ тамашийначу маттахь дийца воллуш велахь, тӀаккха аша шиммо, я уггар дукха кхааммо роггӀана дийца, ткъа кхечу цхьаммо аьлларг гочде. 28 Нагахь санна гочдийриг шайна юкъахь вацахь, тамашийначу маттахь дуьйцуш верг динан тобанан гуламехь вист ма хилийта, цуьнга шена а, Далла а бен ма дийцийта. 29 Пайхамарех шиммо я кхааммо Делера болу хаам бан беза, ткъа вукхара цара бохург талла деза. 30 Нагахь шух хиъна Ӏаш волчу цхьанна Дала хӀума довзуьйтуш делахь, хӀинцца дуьйцуш хилларг, вист а ца хуьлуш, саца. 31 ХӀунда аьлча массеран а йиш ю Делера болу хаам рогӀехь ала. Цу тайпана массо а Ӏемар а бу, уьш иракарахӀиттор а бу. 32 Пайхамаршна чуьра синош цу пайхамаршна муьтӀахь хуьлу. 33 ХӀунда аьлча Дела низам цахиларан Дела вац, Иза синтеман Дела ву. Иштта хуьлу Делан долахь болчеран ерриге а динан тобанашкахь.

34 Зударий гуламашкахь тийна хила беза. Царна бистхила ца магадо. Товрат-хьехамаш тӀехь ма-аллара, уьш муьтӀахь хила беза. 35 Нагахь санна шайна цхьа хӀума хаа лаахь, цара цӀахь шайн майранашка хатта деза цунах лаьцна, хӀунда аьлча эхье ду зуда динан тобанийн гуламашкахь йистхилар.

36 Делан дош шуьгара схьадаьлла ткъа? Я шуна бен ца довзийтина иза? 37 Ша пайхамар ву бохучунна я Делан Сино луш дерг шен долчунна хаа деза, аса шайга яздеш дерш Везачу Элан весеташ дуйла. 38 Нагахь цхьаммо иза тӀе ца эцахь, иза ша а тӀеэцна хир вац.

39 Иштта, динан вежарий, Делера болу хаамаш бар дезаш хилалаш! Тамашийнчу меттанашкахь дийцар а ма дехка. 40 Дерриге а оьзда а, низам долуш а леладе.

15

Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра денвалар

1 ХӀинца, динан вежарий, айса хьехна болу хаза кхаъ шуна дагабаийта лаьа суна. Шу, иза тӀе а эцна, цу тӀехь дӀахӀиттира. 2 Цу хазачу кхоэхула шу а кӀелхьардохуш ду, нагахь аса кхайкхийна кхаъ ма-бохху аша ларбахь. Иза кхечу тайпана хилча, шу цунах эрна тешнера.

3- 15:3 ЕшаӀ-ЯхӀу 53:5-12. ХӀунда аьлча аса тӀеэцна болу а, шуна дӀабелла болу а уггар коьрта хьехам иштта бу: Делан Йозанаша ма-аллара, Дала леррина Къобалвинарг вайн къиношна тӀера велла. 4- 15:4 Забур 15:8-10; Маттай 12:40; Векалийн 2:24-32. Иза дӀа а воьллира, ткъа кхозлагӀчу дийнахь, Делан Йозанаш тӀехь яздина ма-хиллара, ден а вира. 5- 15:5 а: Лака 24:34; б: Маттай 28:16, 17; Марк 16:14; Лака 24:36; Яхьъя 20:19. Цул тӀаьхьа Иза, Кипина а, тӀаккха шийтта векална а хьалха веана, дӀахӀоьттира. 6 Цул тӀаьхьа Иза цхьана хеннахь пхеа бӀеннал сов болчу динан вежаршна хьалха дӀахӀоьттира. Царах дукхахберш хӀинца а дийна бу, ткъа цхьаберш дӀа а кхелхина. 7 ТӀаккха Иза, Якъубана хьалха а веана, дӀахӀоьттира. Цул тӀаьхьа, массо а векалшна хьалха а веана, дӀахӀоьттира Иза.

8- 15:8 Векалийн 9:3-6. Уггар а тӀаьхьа, хеназа дуьнен чу даьлла бер санна волчу суна хьалха а веана, дӀахӀоьттира Иза. 9- 15:9 Векалийн 8:3. Ткъа векалех уггаре а кӀезигниг волу со-м векал ву ала хьакъ долуш а вац, хӀунда аьлча Делан долахь йолу, ерриге а Ӏийсах тешначийн тоба хӀаллакьян тӀаьхьаваьлла леллера со. 10 Амма Делан дика бахьанехь хӀинца со волуш верг хилла сох. Ткъа суна лерина Цуьнан дика а эрна ца хилла. Аса цара массара а хьегначул сов къахьегна. (Бакъду, иза аса ца динера, соьца долчу Делан дикано динера.) 11 Иштта, иза я со велахь а, я важа векалш белахь а, оха массара а шуна хьоьхург цхьаъ ду, ткъа шу цунах теша а тешна.

Вай деллачуьра дендийр ду

12 Нагахь оха, Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра денвина бохуш, хьехамаш беш хилча, шух цхьаболчара муха олу веллачуьра денвалар ца хуьлу? 13 Веллачуьра денвалар хуьлуш ца хилча, Дала леррина Къобалвинарг а ма ца хуьлу веллачуьра денвина? 14 Дала леррина Къобалвинарг денвина ца хилча, тхан хьехамаш а эрна хуьлу, шун тешар а хуьлу эрна. 15 Цул сов, оха Делах лаьцна харцтоьшаллаш деш хилар гучудер дара. ХӀунда аьлча оха Делах лаьцна тоьшалла дира, Ша леррина Къобалвинарг Цо веллачуьра денвина аьлла. Амма нагахь санна белларш денбийр бацахьара, Цо Иза веллачуьра денван ца тарлора. 16 Нагахь белларш денбеш ца хилча, тӀаккха Дала леррина Къобалвинарг а денвина ца хуьлу. 17 Ткъа нагахь Дала леррина Къобалвинарг денвина вацахьара, шун тешар а эрна хир дара, шу а шайн къиношлахь хир дара. 18 ТӀаккха, Дала леррина Къобалвинчуьнца а болуш, белларш а ма хуьлу хӀаллак? 19 Нагахь Дала леррина Къобалвинчух долу вайн тешар вай кху дуьнен чохь дехаш долччу ханна бен дацахьара, массо а адамал уггаре а декъаза адамаш хир дара вай.

20 Делахь а, беллачарна юкъара болу дуьххьарлера стом санна, Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра ден ма вина. 21 Валар адамехула деана долу дела, веллачуьра денвалар а хуьлу адамехула. 22 Дерриг а адам, Адамца доьзна хиларна, лийриг хиларе терра, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна хиларна дерриг а адам дендийр ду. 23 Амма хӀораннан а шен-шен рагӀ хир ю. Дала леррина Къобалвинарг денбинчарах дуьххьарлераниг ву. ТӀаккха Иза схьавеача, Цуьнан долахь берш а денбийр бу. 24 Цул тӀаьхьа, Дала леррина Къобалвинчо стигалара массо а куьйгалхой а, ницкъаш а, олахой а хӀаллак а бина, Да волчу Деле паччахьалла дӀаделча, дуьненан чаккхе хир ю. 25- 15:25 Забур 109:1. ХӀунда аьлча Цо паччахьалла дан дезар ду, Дала леррина Къобалвинчун массо а мостагӀий Дала Цуьнан когашка охьабахккалц. 26 Ткъа валар уггаре а тӀаьххьара мостагӀа санна хӀаллакдийр ду. 27- 15:27 Забур 8:7. ХӀунда аьлча, Делан Йозанаша ма-бохху, «Цо массо а хӀума Цуьнан когашка охьадиллина». Ткъа вай-м кхета «массо а хӀума» Цуьнан когашка охьадиллина бохург, Дела воцург, массо а хӀума дуйла. 28 Массо а хӀума Дала леррина Къобалвинчун дола дӀаделча, КӀанта Ша а дӀалур ву Делан дола, Шен кара дерриг а делла волу Дела массанхьа а массо а хӀуманна тӀехь Олахо хилийтархьама.

29 Иштта, белларш денлуш ца хилча, беллачеран дуьхьа шаьш хих чекхдохуьйтучара дийриг хӀун ду? Нагахь белларш баккъалла а денбийрг ца хилча, беллачеран дуьхьа шаьш хих стенна чекхбохуьйту цара? 30 Вай а хӀора сахьтехь ваьш кхерамечу хьола хӀунда хӀуьттуьйту? 31 Ва динан вежарий! Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца шу хиларна, сайн долчу дозаллица чӀагӀо йо ас, со хӀора дийнахь леш ву аьлла. 32- 15:32 ЕшаӀ-ЯхӀу 22:13. Нагахь Эпасехь со адамийн сатийсарца бен «акхаройх» таса ца велча, суна хӀун пайда хир бара? Нагахь беллачийн денбар хуьлуш ца хилча, тӀаккха: «Юушший, молушший Ӏей вай, кхана вай лийр долу дела!»

33 Ма Ӏехалолаш, вежарий! «Вочу накъосто дика амал талхайо». 34 Шаьш хила ма-дезза метта а дуьйлий, къинош леточуьра совца. Ткъа шуна эхь хетийта эр ду ас: шух цхьаболчарна Дела вовза а ца вевза.

Вайн керла дегӀ муха хир ду?

35 Цхьаммо хатта тарло: «Белларш муха денбо? Церан дегӀ муха хир ду?» – аьлла. 36 ХӀай сонтаниг! Ахьа дӀадийна хӀу дендийр ма дац, иза цкъа ша делча бен. 37 Ахьа лаьттах хӀу дӀадоьчу хенахь, ялтин хиндолчу куьцехь+ 15:37-44 *Куьцехь *– Грекийн маттахь «куц» а, «дегӀ» а дешнийн маьӀнехь цхьа дош бен дац («совма»).* дӀа ма ца доь ялта. Амма дерзина тӀедолу хӀу дӀадоь ахьа, иза муьлхха делахь а, я кӀен, я кхечу ялтин. 38 ТӀаккха оцу хӀух хиндерг, Шена хеттачу куьцехь, Дала Ша кхуллу. Цо хӀора а хӀуьнан цуьнан шен бен доцу куц кхуллу.

39 ХӀора шена чохь са долчу хӀуманан дегӀ тайп-тайпана ду. Адамийн дегӀ шатайпана ду. Дийнатийн дегӀ кхечу тайпана ду. ЧӀерийн а, олхазарийн а церан шайн бен доцу дегӀ ду.

40 Иштта стигалшкахь а, лаьттахь а шатайпана догӀмаш хуьлу. Амма стигалшкарчу догӀмийн хазалла шатайпана ю, ткъа лаьттарчу догӀмийн хазалла кхечу тайпана ю. 41 Малхан шен хазалла ю, ткъа беттан, седарчийн хазалла шатайпана ю. Седарчий а шен-шен хазаллица вовшех къастало.

42 Иштта белларш а хуьлу, уьш денбелча. Лаьттах дӀадийна долу дегӀ телхина дӀадолу, ткъа дендийр долу дегӀ телхар дац. 43 Лаьттах а дохуьйтуш, дӀадоьчу хенахь дегӀ сийсаза хуьлу, ткъа дендечу хенахь иза хазаллех дуьзна хир ду. ДӀадоьчу хенахь дегӀ эгӀаза хуьлу, ткъа дендечу хенахь иза ницкъ болуш хир ду. 44 Кху дуьненахь денделла дегӀ дӀадуьйш ду, ткъа вукху дуьненна лерина долу дегӀ дендийр ду. Нагахь кху дуьненна лерина долу дегӀ хилча, вукху дуьненна долу дегӀ а хуьлу. 45- 15:45 Доладалар 2:7. Делан Йозанаш тӀехь аьлла ма ду: «Дуьххьарлера адам хилла волу Адам, чу са а дуьллуш, денвелира». Ткъа тӀаьххьара волу Адам адамаш дендо са ду. 46 Кху дуьнен чу дуьххьара деанарг дендийриг дац. Мелхо а, кху дуьненахь денделларг цкъа хьалха деана ду, ткъа цул тӀаьхьа дендийриг деара. 47 Дуьххьарлера адам, поппарх дина а долуш, кху дуьненара ду. ШолгӀа адам стигалшкара ду. 48 Кху дуьненара массо а адам лаьттарчу поппарх дина адам санна ду. Амма стигалшна билгалдаьккхина массо а адам Стигалшкарниг санна ду. 49 Лаьттарчу поппарх вина волчун вастехь вай ма-хиллара, стигалшкарчун вастехь а хир ду вай+ 15:49 *Цхьадолчу тептарш тӀехь: *стигалшкарчун вастехь а хуьлийла вай.*.

50 Динан вежарий! Аса хӀара эр ду шуьга: шайна чохь дилха а, цӀий а долуш долу вайн догӀмаш Делан Олалле кхача йиш яц. Ткъа иштта телхина дӀадолург телхар доцучуьнга кхача йиш яц.

51- 15:51, 52 1 Тассалникахошка 4:15-17. ЛадогӀалаш, къайлаха долу цхьа бакъдерг довзуьйту ас шуна: вай дерриш а лийр дац, амма вай дерриш а хуьйцур ду. 52 Иза хир ду цӀеххьана, бӀаьрган негӀар а тохале, турбано тӀаьххьара зурма лекхча. Турбано зурма ма-леккхи, белларш телхар боцучу тайпана ден а бийр бу, ткъа вай хуьйцур а ду. 53 ХӀара телхар долу дегӀ телхар доцучу тайпана хила дезар ду. Ткъа лен долу дегӀ, цкъа а лийр доцуш хилла, дӀахӀотта дезар ду. 54- 15:54 ЕшаӀ-ЯхӀу 25:8. ТӀаккха хӀара телхар долу дегӀ телхар доцучу тайпана а хилча, ткъа хӀара лен долу дегӀ цкъа а лийр доцуш дӀа а хӀоьттича, кхочушхир ду Делан Йозанаш тӀехь яздинарг:

«Ӏожалла дӀа а кхаьллина,

толам баьккхина».

55- 15:55 ХӀушаӀ 13:14 (Грекийн). «Ӏожалла, мичахь бу хьан толам?

Мичахь ю, Ӏожалла, хьан ю?»

56 Ӏожаллин ю къино ло. Ткъа къинан ницкъ товрат-хьехамашкахь бу. 57 Хастам бу Дала леррина къобалвинчу вайн Веза Эла волчу Ӏийсагахула вайна толам лучу Далла!

58 Сан хьоме динан вежарий! ЧӀагӀлой а хилалаш, меттах ца довлуш а латталаш. Шаьш Везачу Элана лерина деш долчу гӀуллакхех дуьззина хилалаш, хӀунда аьлча шуна хаьа, шаьш Везачу Элаца доьзна долу дела, аша мел деш долу гӀуллакх эрна довр доцийла.

16

ЯхӀуд-махкахь болчу Делан нахана гулдеш долу ахча

1- 16:1 Римхошка 15:25, 26. Делан нахана аша дала деза ахча гулдеш долу гӀуллакх, галатахойн динан тобанашна аса ма-хьеххара, леладе. 2 ХӀора кӀиранан дуьххьарлерчу дийнахь шух хӀораммо а, шайна карадеанчу ахчане хьаьжжина, цунах цхьадолу дакъа Ӏалашде, со дӀавеанчу хенахь ахча гулдар оьшуш ца хилийтархьама. 3 Со дӀавеанчул тӀаьхьа, аша къобал мел винарг аса Ярушалаймехь йолчу тобанан куьйгалхошна деша леринчу айса яздинчу кехаташца цхьаьна цига дӀахьажор ву, и гулдинарг цаьрга дӀадалийтархьама. 4 Нагахь сан Ярушалайме дӀавар диканца хилахь, уьш соьца дӀабогӀур бу.

ПахӀалан дагахь дерг

5- 16:5 Векалийн 19:21. Македон-махкахула чекхваьлча, со шу долчу вогӀур ву, хӀунда аьлча сан Македонехула ван ойла ю. 6 Шу долчохь со жимма соцур ву, аса Ӏа даккха а тарло шуьца. Цул тӀаьхьа аса шуьга со новкъа воккхуьйтур ву, мичча ваха дезаш иза делахь а. 7 ХӀунда аьлча тӀехволлушехь шу гина Ӏа ца лаьа суна. Везачу Эло сайна пурба лахь, шуьца дикка хан яккха лаьа суна.

8- 16:8, 9 Векалийн 19:8-10. Жуьгтийн « ШавуӀот» цӀе йолу ялта чудерзоран дезде тӀекхаччалц Ӏийр ву со Эпасехь. 9 Суна дуьхьалбевлларш дукха белахь а, хаза кхаъ дӀакхайкхо кхузахь йоккха а, шуьйра а неӀ дӀайиллина ю суна.

10- 16:10 1 Коринтхошка 4:17. Нагахь шу долчу Тимапи вагӀахь, цунна цхьанна а агӀор кхерам ца хилийта хьовсалаш, хӀунда аьлча цо дийриг а, ас ма-дарра, Везачу Элана лерина гӀуллакх ду. 11 Цундела цхьа а цунах ца вешаш ма хилалаш. ТӀаккха иза гӀоза-маьрша новкъа ваккха, со волчу ван цуьнан таро хилийтархьама. Иза кхечу динан вежаршца цхьаьна схьаваре хьоьжуш ву со.

12 Вайн динан ваша волу Апа-Леса шу долчу кхочийла чӀогӀа лиира суна. Амма иза кхоччуш къар ца велира+ 16:12 *Амма иза кхоччуш къар ца велира *– я иштта: *Амма Делан лаам банне а бацара иза цкъа хӀинца шу долчу дӀаваийта.*, цкъа хӀинца шу долчу дӀа ца веача. Иза, шен йиш ма-хилли, дӀавогӀур ву.

ТӀаьххьара дешнаш

13 Шу сема хилалаш, шайн тешарехь чӀагӀлой Ӏелаш, доьналла долуш а, майрра а латталаш. 14 Аша массо а хӀума безамца деш хила деза.

15- 16:15 1 Коринтхошка 1:16. Шуна массарна а бевза Сетипанан доьзал. Ахаехь болчу Ӏийсах тешначарна юкъахь уьш дуьххьарлерачарах буйла а хаьа шуна. Цара шайн дегнаш Делан нехан гӀуллакх дарна тӀедерзийна. Цундела аса доьху шуьга, динан вежарий, 16 уьш санна болчу нахана а, цаьрца цхьаьна гӀуллакх деш а, къахьоьгуш а мел болчарна а муьтӀахь хилалаш.

17 Сетипан, Партунат, Ахайк со волчохь хилар суна чӀогӀа хазахета. Шу суна юххехь ца хиларна, цара, шун метта гӀо дора суна. 18 Цара сан а, шун а синош иракарахӀиттийра. Уьш санна болчеран ларам белаш.

19- 16:19 Векалийн 18:2. Асиа-махкарчу динан тобанаша маршаллаш доуьйту шуьга. Ӏакхилас а, ПхьаьрскӀилата а, церан цӀерачу динан тобанехь болчара а мерза маршаллаш доуьйту шуьга, шаьш, шу санна, Везачу Элан долахь хиларна. 20 Массо а динан вежарша а маршаллаш доуьйту шуьга.

Доггах+ 16:20 *Доггах *– ма-дарра аьлча: *Беза барт баккхарца...* вовшашка маршалла хатта.

21 Аса, ПахӀала, сайн куьйган йозанца дӀадоуьйту шуьга и маршаллаш.

22 Нагахь Веза Эла ца везаш цхьаъ велахь, неӀалт хуьлийла цунна.

Марана-тхьа+ 16:22 *Марана-тхьа *– и дош арамхойн маттера ду. Цуьнан маьӀна: «Волахь, вайн Веза Эла!» – бохург ду.*. Волахь, вайн Веза Эла!

23 Веза Эла волчу Ӏийсан дика хуьлийла шуьца.

24 Сан безам а хуьлийла шуьца массаьрца а, Дала леррина Къобалвинчу Ӏийсан долахь вай долу дела.