ДӀаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна дӀаяздина

хьалхара тептар

Дешхьалхе

Паччахьаллех лаьцна долчу деа тептар тӀехь дӀаяздина долу гӀуллакхаш кхечу кепара дуьйцуш ду дӀаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна долчу хьалхарчу а, шолгӀачу а тептарш тӀехь. ДӀаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна яздина долчу тептарш тӀехь дуьйцучу дийцарийн коьрта ши Ӏалашо хӀара ю:

1) Исраилан а, ЯхӀудан а пачхьалкхашна бохамаш бина белахь а, къомана Ша йина чӀагӀо Дала ларъеш хилар а, ЯхӀуд-махкахь бехаш болчу нахехула Цо Шен Ӏалашо кхочушъеш хилар а гайтар. Дауд-паччахьо а, Сулим-паччахьо а динчу сийлахьчу гӀуллакхашка а, ЯхӀушапти-паччахьо а, Хьузакх-ЯхӀу-паччахьо а, Юши-ЯхӀу-паччахьо а динчу юхаметтахӀитторашка а, Далла тешаме бисинчу нахе а хьоьжуш, тептар яздархочо иза чӀагӀдар.

2) Ярушалайм-гӀалахь долчу Делан цӀа долчохь Далла гӀуллакхдаран схьадалар дийцар а, и гӀуллакхдар кхочушдеш болчу динан дайн а, левихойн а низам дийцар а. Сулим-паччахь Делан цӀа дугӀург велахь а, Дауд-паччахь билггала оцу цӀийнан а, цигахь лелош долчу гӀуллакхан а кхоллархо хилар гойтуш ду.

1

Адамна тӀера ИбрахӀимна тӀекхаччалц

(Доладалар 5:1-32; 10:1-32; 11:10-26)

1 Адамах схьабевлла: ШатӀа, Энош, 2 Къаим, Махьаллал, Ярад, 3 ХӀанох, Матушалахь, ЛемакӀ, 4 Нохьа. Ткъа Нохьин кӀентий бара: Шима, Хьама, Япат.

5 Япатан кӀентий бара: Гомар, МагӀогӀ, Мадай, Яван, Тубал, Машах, Тирас. 6 Гомаран кӀентий бара: Ашкиназ, РипӀат+ 1:6 *Грекийн гочдар тӀехь: *РипӀат. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *Дипати.*, ТогӀарма. 7 Яванан кӀентий бара: Элша, Таршаш, Хитам, Роданам.

8 Хьамин кӀентий бара: Хуша, Мисар, ПӀатӀа, КанаӀан. 9 Хушин кӀентий бара: Себа, Хьавил, СабтӀа, РуӀман, Сабтехьа. РуӀманан кӀентий бара: Шеба, Даддан. 10 Ткъа Хушин вара Намрад цӀе йолуш кӀант, иза чӀогӀа ницкъ болуш кӀант вара. 11 Мисарх схьабевлла: лудамхой, Ӏанамхой, лахӀабхой, наптухьхой, 12 патӀрусхой, шайх пӀелаштамхой схьабевлла болу каслахӀамхой, каптӀархой. 13 КанаӀанан кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера доьзалхо волу ЦӀадан, цул тӀаьхьа хилла волу Хьета. 14 Иштта КанаӀанах схьабевлла: явсайхой, эмархой, гӀиргӀашахой, 15 хьаьвихой, Ӏаьркхахой, синахой, 16 арвадихой, цӀемархой, хьаматхой.

17 Шимин кӀентий бара: Ӏейлам, Ашур, Арпахшад, Луда, Арам. Араман кӀентий бара: ӀуцӀа, Хьула, ГӀетӀар, Машах. 18 Арпахшадан кӀант вара Селахь, ткъа Селахьан кӀант вара Ӏебар. 19 Ӏебаран ши кӀант вара: цхьана кӀентан цӀе ПалагӀ+ 1:19 *ПалагӀ *– Ӏебархойн маттахь цуьнан маьӀна ду «декъадалар».* яра, хӀунда аьлча иза вехачу хенахь лаьтта тӀехь адам декъадалар а, дӀасадаржар а хилира. ПалагӀан вешин цӀе Якхтан яра. 20 Якхтанан кӀентий бара: Алмадад, ШалапӀ, Хьацармават, Ярахь, 21 ХӀайдарам, Узал, Дикхалла, 22 Ӏейбал, Абумаил, Шеба, 23 Апар, Хьавил, Ябаб. Уьш берриш а Якхтанан кӀентий бара.

24 Ткъа Шимин кӀентий хилла: Арпахшад, Селахь, 25 Ӏебар, ПалагӀ, Рахьу, 26 СерагӀ, Нахьир, ТӀахьир, 27 Ибрам, цуьнан кхин цӀе ИбрахӀим ю.

ИсмаьӀалан тӀаьхье

(Доладалар 25:12-16)

28 ИбрахӀиман кӀентий бара: Исхьакх а, ИсмаьӀал а. 29 Церан тӀаьхье иштта яра: ИсмаьӀалан дуьххьарлера кӀант вара Набуяти, цул тӀаьхьа хилира Къедар, Адбаал, Мибасам, 30 МишмаӀ, Дума, Маси, Хьадид, Тейма, 31 Етар, Напуши, Къедима. Уьш бара ИсмаьӀалан кӀентий.

32 ИбрахӀиман гӀарбаш-зудчо Къитурата бина кӀентий бара: Зимран, Якхешан, Медан, Мадани, Ишбакх, Шуахь. Якхешанан кӀентий бара: Шеба, Даддан. 33 Маданин кӀентий бара: Ӏейпа, Ӏайпар, Хьанах, АвидаӀ, ЭлдаӀа. Уьш берриш а Къитуратан кӀентий бара.

Исхьакхан тӀаьхье

(Доладалар 36:1-19)

34 ИбрахӀиман кӀант волчу Исхьакхан кӀентий бара: Ӏесав, Исраил. 35 Ӏесаван кӀентий бара: Элипаз, РаӀал, ЕӀуш, ЯӀлам, Кхорахь. 36 Элипазан кӀентий бара: Теман, Омар, Цепа, ГаӀтам, Кхеназ. Ткъа ТамнаӀа цунна Ӏамалекх винера. 37 РаӀалан кӀентий бара: Нахьати, Зерахь, Шама, Миза.

СеӀирах схьабевлла эдомхой

(Доладалар 36:20-30)

38 СеӀиран кӀентий бара: Лутани, Шубали, ЦӀибӀон, Ӏана, Дишон, Эцар, Дишан.

39 Лутанин кӀентий бара: Хьори, ХӀейма. ТамнаӀ Лутанин йиша яра.

40 Шубалин кӀентий бара: Ӏалиян, Манахьат, Ӏейбал, Шапи, Онам.

ЦӀибӀонан кӀентий бара: АяхӀу, Ӏана. 41 Ӏанин кӀант вара: Дишон. Дишонан кӀентий бара: Хьамран, Эшбан, Итран, Керан.

42 Эцаран кӀентий бара: БилхӀан, ЗаӀван, ЯӀакхан.

Дишанан кӀентий бара: ӀуцӀа, Арани.

Эдом-мехкан паччахьаш

(Доладалар 36:31-43)

43 Исраилан махкахь паччахьаш хилале, Эдомехь хӀара паччахьаш хиллера:

БеӀаран кӀант БулаӀ. Цуьнан гӀалин цӀе ДинхӀаба яра.

44 БулаӀ велча, цуьнан метта паччахь хилира Бацар-гӀаларчу Зерахьан кӀант Ябаб.

45 Ябаб велча, цуьнан метта паччахь хилира теманхойн махкара Хьушам.

46 Хьушам велча, цуьнан метта паччахь хилира Бедадан кӀант ХӀадад. Муаби-махкахь маданхошна тӀехь толам баьккхинера цо. Цуьнан гӀалин цӀе Ӏавит яра.

47 ХӀадад велча, цуьнан метта паччахь хилира Масрекха-гӀалара Самла.

48 Самла велча, цуьнан метта паччахь хилира хин йистехь йолчу Рехьабат-гӀалара Шаул.

49 Шаул велча, цуьнан метта паччахь хилира Ӏахбаран кӀант БаӀал-Хьанан.

50 БаӀал-Хьанан велча, цуьнан метта паччахь хилира ХӀадад. Цуьнан гӀалин цӀе ПаӀу яра. ХӀададан зудчун цӀе яра Ма-ХӀайтӀабал. Иза МезахӀабан йоӀан Матарадан йоӀ яра.

51 ХӀадад а велла.

Эдом-махкахь хӀара баьччанаш а хилла: ТамнаӀ, Ӏаьлви, Етат, 52 АхӀлибам, Эла, Пинан, 53 Кхеназ, Теман, Мубацар, 54 Магдаал, Ӏирам. Уьш эдомхойн баьччанаш хилла.

2

ЯхӀудан тӀаьхье

1 Исраилан кӀентий бара: Раабан, ШимӀа, Леви, ЯхӀуд, Иссархан, Забул, 2 Дан, Юсуп, Бен-Яман, Наптал, Гада, Ашар.

3 ЯхӀудан кӀентий бара: Ӏаьр, Онан, Шейла. Цунна и кхо кӀант вина хилла канаӀанхо йолчу ШуӀин йоӀа. ЯхӀудан дуьххьарлера доьзалхо волу Ӏаьр Делан бӀаьргашна хьалха вон вара, цундела иза Дала валийтира. 4 ЯхӀудан несо Тамарас ЯхӀудана ши кӀант винера: Парас, Зерахь. Верриг а пхи кӀант вара ЯхӀудан.

5 Парасан кӀентий бара: Хьацрани, Хьамал. 6 Зерахьан кӀентий бара: Зимари, Этан, ХӀайман, Калкал, ДарӀа. Уьш верриг пхи кӀант вара. 7- 2:7 ЮшаӀ 7:1. Далла лерина йохо дӀакъастийна хӀуманаш схьа а эцна, Исраилан халкъана бала тӀебаийтина волу Ахари+ 2:7 *Ахари *– и цӀе «бала» бохург ду. ЮшаӀан тептар тӀехь иза Ӏахан цӀе тиллина ду.* хилла Кармин кӀант. 8 Этанан кӀант вара Ӏазар-ЯхӀу.

Дауд-паччахьан схьавалар

9 Хьацранина бина кӀентий бара: Ярахьмиал, Рам, Килаб.

10 Рамин хилира кӀант Ӏамминадаб. Ӏамминадабан хилира кӀант Нахьшон, ЯхӀудан тайпанан баьчча хилла волу. 11 Нахьшонан хилира кӀант Салма. Салмин хилира кӀант БоӀаз. 12 БоӀазан кӀант хилира Ӏабади. Ӏабадин кӀант хилира Юшай.

13 Юшайн хилира кӀентий: дуьххьарлерниг Элиаб, шолгӀаниг Абинадаб, кхозлагӀниг ШимӀа, 14 воьалгӀаниг Натунаил, пхоьалгӀаниг Радай, 15 йолхалгӀаниг Оцам, ворхӀалгӀаниг Дауд. 16 Церан йижарий бара: Царуят, АбигӀал.

Царуятан кхо кӀант хилира: Абушай, Йоаб, ӀасахӀал. 17 АбигӀала вира кӀант Ӏамасаъ. Ӏамасаан да вара исмаьӀалхо волу ИтӀар.

Хьацранин тӀаьхье

18 Хьацранин кӀентан Килабан зудчо Ӏазубата йира йоӀ Яриат. Цо бина кӀентий бара: Ешар, Шубаб, Ардун. 19 Ӏазубат елча, Килаба шена Эпрати ялийра. Цо вира кӀант Хьор. 20 Хьоран кӀант хилира Ури. Урин кӀант хилира Бацалиал.

21 ТӀаккха Хьацранис, шен кхузткъа шо долуш, ГалӀадан да волчу Макиран йоӀ ялийра шена. Цо Хьацранина вира кӀант Чагуб. 22 Чагубан кӀант хилира Яир. ГалӀад-махкахь ткъе кхоъ гӀала яра цуьнан долахь. 23 Амма гешурхоша а, арамхоша а Яиран махкара эвлаш а, Кхинат-гӀала а, цуьнца йоьзна хилла йолу кхузткъа юрт а цаьргара схьаяьккхира. Цигахь Ӏаш болу берриш а ГалӀадан дех Макирах схьабевллера. 24 Килаб-Эпратин махкахь Хьацрани веллачул тӀаьхьа Хьацранин зудчо Аби-ЯхӀус вира кӀант Ашихьур. Цо ТакхоӀ-гӀала дӀахӀоттийра.

Ярахьмиалан тӀаьхье

25 Хьацранин дуьххьарлера доьзалхо волчу Ярахьмиалан кӀентий бара: хьалхарниг Рам, цул тӀаьхьа Буна, Оран, Оцам, АхьъяхӀу. 26 Ярахьмиалан кхин а зуда яра. Цуьнан цӀе Ӏатрат яра. Иза Онаман нана яра. 27 Ярахьмиалан дуьххьарлера доьзалхо волчу Рамин кӀентий бара: МаӀац, Ямин, Ӏекхар. 28 Онаман кӀентий бара: Шамай, ЯдаӀ. Шамайн кӀентий бара: Надаб, Абишур.

29 Абишуран зудчун цӀе яра Абу-ХӀаил. Цо Абишурана бина кӀентий бара: Ахьбан, Мовлид. 30 Надабан кӀентий бара: Селад, Апайм. Селад, цхьа а бер доцуш, велла. 31 Апайман кӀант хилира Ишхьи. Ишхьин кӀант хилира Шишан. Шишанан – Ахьлай.

32 Шамайн вешин ЯдаӀан кӀентий бара: ИтӀар, ЯхӀуната. ИтӀар, цхьа а бер доцуш, велла. 33 ЯхӀунатин кӀентий бара: ПелатӀа, Заза. Иштта яра Ярахьмиалан тӀаьхье.

34 Шишанан, йоӀарий бен, кӀентий ца хилира. Цуьнан, ЯрхьаӀ цӀе а йолуш, мисархо волу лай вара. 35 Шишана шен йоӀ оцу ЯрхьаӀе маре яхийтира, ткъа цо вира кӀант Атай. 36 Атайн хилира кӀант Ната, ткъа Натин хилира кӀант Забад. 37 Забадан хилира кӀант: Эплал. Эплалан хилира кӀант Ӏабади. 38 Ӏабадин хилира кӀант ЯхӀу, ткъа ЯхӀун хилира кӀант Ӏазар-ЯхӀу. 39 Ӏазар-ЯхӀун хилира кӀант Хьелац. Хьелацан хилира кӀант ЭлиӀаса. 40 ЭлиӀасан хилира кӀант Сисмай. Сисмайн хилира кӀант Шалум. 41 Шалуман хилира кӀант Якхам-ЯхӀу. Якхам-ЯхӀун хилира кӀант Эли-ШамаӀ.

Килабан тӀаьхье

42 Ярахьмиалан вешин Килабан масех кӀант хилира. Цуьнан дуьххьарлера доьзалхо хилира МешаӀ. Иза Зипан да хилира. Килабан кхин а цхьа кӀант Мареша хилира, иза Хьевронан да хилира. 43 Хьевронан хӀара кӀентий хилира: Кхорахь а, Тапухьа а, Рекхам а, ШемаӀ а. 44 ШемаӀан хилира кӀант Рахьам, иза ЙоркхиӀаман да хилира. Ткъа Рекхаман хилира кӀант Шамай. 45 Шамайн хилира кӀант МаӀун, ткъа МаӀун Байт-Цуран да хилла.

46 Килабан гӀарбаш-зудчун цӀе Ӏейпа яра. Иза ХӀаранан а, Муцин а, Газизан а нана яра. Ткъа ХӀаранан хилира кӀант Газиз.

47 ЯхӀдайн кӀентий бара: РегӀам, Йовтам, Гишан, Пелат, Ӏейпа, ШаӀапа.

48 Килабан кхин гӀарбаш-зуда а яра. Цуьнан цӀе МаӀха яра. МаӀха яра Шебаран а, Тирхьанан а нана. 49 Иштта ШаӀапан а, Шивин а нана а яра иза. ШаӀапа Мадманан да вара. Шива вара Махбенан а, ГибаӀан а да.

Килабан йоӀ Ӏахисат яра.

50 Килабан тӀаьхьенан цӀераш хӀорш яра:

Хьор вара Эпратин дуьххьарлера кӀант. Хьоран кӀентий хилира: Кхиръят-ЯӀарим-гӀала дӀахӀоттийна волу Шубали, 51 Байтлахам-гӀала дӀахӀоттийна волу Салма, Байт-Гадер-гӀала дӀахӀоттийна волу Хьарпа.

52 Кхиръят-ЯӀарим-гӀала дӀахӀоттийначу Шубалих схьабевлира хӀаруахой а, манухьутхойн ахтукхам а. 53 Кхиръят-ЯӀаримера тукхамаш хӀорш дара: итархой, путахой, шуматхой, мишраӀхой. Царах схьабевлира цорӀахой а, эштаулхой а.

54 Салмин тӀаьхьенах схьабевлира: байтлахамхой, натӀупатхой, Ӏатрут-Байт-Йоабан бахархой, манахьтихойн ахтукхам, цорӀахой, 55 иштта ЯӀабац-гӀалахь бехаш болу тептарш яздеш болчийн тукхамаш: тирӀатхой, шимӀатхой, сухахой. И тептарш яздинарш хилла Хьаматан тӀаьхьенах болу кхенахой. Хьамат вара рахбихойн тукхаман да.

3

Дауд-паччахьан кӀентий

1 Хьеврон-гӀалахь Даудана динчу берийн цӀераш хӀорш ю:

Даудан дуьххьарлера кӀант Амнан израӀалхо йолчу АхьнуӀмата вина вара.

ШолгӀа кӀант Даниал кармалхо йолчу АбигӀала вина вара.

2 КхоалгӀа кӀант Абушалам Гешурахь паччахь волчу Талмайн йоӀа МаӀхас вина вара.

ВоьалгӀа кӀант Адан-ЯхӀу Хьагата вина вара.

3 Даудан пхоьалгӀа кӀант Шапат-ЯхӀу Абиталис вина вара.

ЙолхалгӀа кӀант ИтраӀам ӀагӀлата вина вара. Иза, вуьш санна, Даудан зуда яра.

4- 3:4 Дауд 5:4, 5; Шамъал 2:11; 1 Шерашкахь 29:27. Даудан и ялхе а кӀант Хьевронехь вина вара. Цигахь Дауда ворхӀ шарахь а, ялх баттахь а паччахьалла дира.

Ярушалаймехь Дауда ткъе кхойтта шарахь паччахьалла дира. 5- 3:5 Дауд 11:3. Даудан Ярушалаймехь хилла долу бераш хӀорш ду:

Ӏамиалан йоӀа Бат-ШабаӀа диъ бер дира: ШимӀа, Шубаб, Ната, Сулим.

6 Кхин а исс кӀант хилира Даудан: Ибхьар, Эли-ШуӀа, Эли-Пулат, 7 НугӀахӀи, Непаг, ЯпияӀ, 8 Эли-ШамаӀ, ЭлидаӀ, Эли-Пулат. 9 Уьш берриш а Даудан кӀентий бара. ГӀарбаш-зударша бина кхин а кӀентий бара Даудан. Тамара церан массеран а йиша яра.

Сулим-паччахьан тӀаьхье

10 Сулиман кӀант хилира РахьбуӀам. РахьбуӀаман кӀант хилира Аби-ЯхӀу. Цуьнан кӀант хилира Аса. Ткъа Асин кӀант ЯхӀушапти. 11 ЯхӀушаптин кӀант хилира ЯхӀурам. ЯхӀураман хилира кӀант Ахьаз-ЯхӀу. Ахьаз-ЯхӀун хилира кӀант Юаш. 12 Юашан кӀант хилира Амци-ЯхӀу. Ӏазар-ЯхӀу Амци-ЯхӀун кӀант хилира. Ӏазар-ЯхӀун кӀант хилира Йовтам. 13 Йовтаман кӀант хилира Ахьаз. Хьузакх-ЯхӀу хилира Ахьазан кӀант. Хьузакх-ЯхӀун кӀант Маннаш хилира. 14 Маннашан кӀант Амин хилира. Аминан кӀант Юши-ЯхӀу хилира. 15 Юши-ЯхӀун кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера кӀант – Йохьан, шолгӀаниг – ЯхӀу-Якхам, кхозлагӀниг – ЦӀадукъ-ЯхӀу, ткъа воьалгӀаниг – Шалум. 16 ЯхӀу-Якхаман кӀентий бара: ЯхӀу-Яхин, ЦӀадукъ-ЯхӀу.

ЯхӀу-Яхин-паччахьан тӀаьхье

17 Йийсаре дӀавигина хиллачу ЯхӀу-Яхинан кӀентий бара: Шалтаал, 18 Малкирам, Пади-ЯхӀу, Шаниацар, Якхам-ЯхӀу, ХӀушмаӀ, Надиб-ЯхӀу. 19 Пади-ЯхӀун кӀентий бара: Зурбабел, ШамаӀи. Зурбабелан кӀентий бара: Машулим, Хьанан-ЯхӀу. Шаламат церан йиша хилла. 20 Зурбабелан кхин а пхи кӀант хилира. Церан цӀераш яра: Хьашба, ОхӀал, Берех-ЯхӀу, Хьасди-ЯхӀу, Юшаб-Хьесад.

21 Хьанан-ЯхӀун кӀентий бара: Палти-ЯхӀу, ЯшаӀ-ЯхӀу. Рапи-ЯхӀу вара ЯшаӀ-ЯхӀун кӀант. Рапи-ЯхӀун кӀант вара Арнан. Арнанан кӀант вара Ӏабди-ЯхӀу. Шахан-ЯхӀу Ӏабди-ЯхӀун кӀант вара. 22 Шахан-ЯхӀун кӀант вара ШамӀа-ЯхӀу. Ткъа ШамӀа-ЯхӀун кӀентий бара: Хьатуш, ИгӀал, Баръяхьи, НаӀар-ЯхӀу, Шапти. Уьш ялхе а цуьнан кӀентий а, кӀентан кӀентий а бара. 23 НаӀар-ЯхӀун хилира кӀентий: ЭлъюӀинай, Хьузакх-ЯхӀу, Ӏазрикхам. Уьш верриг а кхо кӀант хилла. 24 ЭлъюӀинайн кӀентий хилира: ХӀудав-ЯхӀу, Элишуб, Пали-ЯхӀу, Ӏакхуби, Йохьан, Дали-ЯхӀу, Ӏанани. Уьш верриг а ворхӀ кӀант вара.

4

ЯхӀудан тӀаьхье

1 ЯхӀудан хилира хӀара кӀентий: Парас, Хьацрани, Карма, Хьор, Шубали. 2 Шубалин кӀант хилира Раи-ЯхӀу. Иза Яхьатан да хилира. Яхьатан кӀентий хилира: Ахьумай а, ЛахӀда а. Ахьумайн а, ЛахӀдин а тӀаьхьенех цорӀахойн тукхамаш схьадевлира.

3 Эпратин дуьххьарлера доьзалхо волчу а, Байтлахам-гӀала дӀахӀоттийна волчу а Хьоран кӀентий хӀорш бара: ӀайтӀам, Пенуал, Ӏезар. ӀайтӀаман кӀентий хӀорш бара: ИзраӀал, Ишма, Идбаш. Церан йишин цӀе ХӀацилалпуни яра. Пенуал Гадур-гӀала дӀахӀоттийнарг вара. Ӏезар Хьушат-гӀала дӀахӀоттийнарг вара.

5 Ашихьур ТакхоӀ-гӀала дӀахӀоттийнарг вара. Ашихьуран ши зуда хилла: Хьалиа, НаӀран. 6 НаӀрана бина кӀентий хӀорш бара: Ахьузам, Хьепар, Тимани, Ахьаштарай. Уьш НаӀранан кӀентий бара. 7 Хьалиан хӀара кӀентий хилира: Царати, ЦӀохьар, Этнани, 8 Къоца.

Къоцин хилира кӀентий: Ӏануб, Цубиба. Къоцин тӀаьхьенах схьадевлира ХӀаруман кӀант волчу Ахьархьилан тукхамаш.

9 Ткъа ЯӀабац шен вежарел лоруш стаг вара. Цуьнан нанас: «Аса чӀогӀачу лазаршца дуьнен чу ваьккхина хӀара», – аьлла, ЯӀабац+ 4:9 *ЯӀабац *– и цӀе Ӏебархойн маттахь «лазар» олучу дашах тера ду.* цӀе тиллина хилла цунна. 10 ЯӀабаца, исраилхойн Деле доӀа а деш, дийхира: «Ахьа со декъал а вахьара, сан латта шор а дахьара, со зуламех лар а веш, Хьо суна уллохь а хилахьара, со лазарш доцуш хилийтархьама!» – аьлла. ТӀаккха цо деххнарг делира цунна Дала.

11 Ткъа Халуб Шухьин ваша вара. Халубан кӀант вара Махьир. Ткъа Махьир Эштунан да вара. 12 Эштунан кӀентий бара: Байт-Рапа, Писухьа, Тахьина. Тахьинас Нахьаш-гӀала дӀахӀоттийра. Уьш Реха-гӀалин бахархой бара.

13 Кхеназан кӀентий хӀорш бара: Ӏотниал, Сари-ЯхӀу. Ӏотниалан кӀентий хӀорш бара: Хьатати, МаӀунутай+ 4:13 *Цхьадолчу ширачу гочдарш тӀехь: *МаӀунутай. *Ӏебархойн тептар тӀехь и цӀе яц.*. 14 МаӀунутай Ӏапрун да вара.

Сари-ЯхӀу Йоабан да вара. Йоаб Пхьерийн тогӀи дӀахӀоттийнарг вара. Шаьш пхьераш болу дела тиллина хиллера цара и цӀе.

15 Епунин кӀант волчу Килабан кӀентий хӀорш бара: Ӏиру, Эли, НаӀам. Элан кӀант вара Кхеназ.

16 ЯхӀалал-Элан кӀентий хӀорш бара: Зип, Зипа, Тиръя, Асариал.

17 Ӏезаран кӀентий хилла: ИтӀар, Мерад, Ӏайпар, Ялун. Ткъа Мерада пирӀунан йоӀ йолу Бит-ЯхӀу шена ялийра. Цо Мерадана дина бераш хӀорш дара: Марем, Шамай, Ишбахь. Ишбахьа ЭштамуӀа-гӀала дӀахӀоттийра. ЯхӀудхо йолчу Мерадан зудчо дина бераш хӀорш дара: Ярад, Хьебар, Якхутиал. Ярада Гадур-гӀала дӀахӀоттийра, Хьебара – Соха-гӀала, Якхутиала – Занухь-гӀала.

19 Нахьаман йиша йолчу ХӀуди-ЯхӀун зудчун кӀентий хӀорш бара: гармихо волчу КъаӀилан да а, маӀхахо волу ЭштамуӀ а.

20 ШимӀунан хӀара кӀентий хилира: Амнан, Рина, Бен-Хьанани, Тилун.

Ишхьин хӀара кӀентий хилира: Зухьати, Бен-Зухьати.

Шейлин тӀаьхье

21 ЯхӀудан кӀант волчу Шейлин кӀентий хӀорш бара: Лека-гӀала дӀахӀоттийна волу Ӏаьр, Мареша-гӀала дӀахӀоттийна волу ЛаӀда, Байт-АшбаӀ-гӀалара ветанан кӀади деш хилла долу тукхамаш, 22 иштта цуьнан тӀаьхьенах бара хӀорш: Йокхам а, Хузба-гӀалара бахархой а, кхин а Юаш а, Сарап а. Цушиммо Муаби-махкахь а, Яшуби-Лехьамахь а олалла дора. (Царах лаьцна яздина хилларг ширачу тептарш тӀера ду.) 23 Шейлин кӀенташа кхийра пхьегӀаш йора. Уьш НатиӀам-гӀалахь а, Гадира-гӀалахь а Ӏаш бара, паччахьна гӀуллакх а деш.

ШимӀин тӀаьхье

24 ШимӀин хӀара кӀентий хилира: Намуал, Ямин, Ярби, Зерахь, Шаул. 25 Шаулан хилира кӀант Шалум. Шалуман хилира кӀант Мибасам. Мибасаман хилира кӀант МишмаӀ. 26 МишмаӀан тӀаьхье иштта яра: цуьнан хилира кӀант Хьамуал. Закхур хилира Хьамуалан кӀант. Закхуран кӀант хилира ШамаӀи. 27 ШамаӀин ялхитта кӀант а, ялх йоӀ а хилира. Ткъа ШамаӀин вежарийн бераш дукха ца хилира. ЯхӀудан тайпа санна доккха ца хилла ШамаӀин тӀаьхьенан долу дерриг а тукхам.

28- 4:28-33 ЮшаӀ 19:2-8. Уьш бехаш бара Беар-ШабаӀ а, Мулада а, Хьацар-ШуӀал а гӀаланашкахь. 29 Иштта Балхьат а, Ӏацам а, Тулад а, 30 Бетаал а, Хьорма а, ЦакхелагӀ а, 31 Байт-Маркабут а, Хьацар-Сусам а, Байт-Бари а, ШаӀрайм а гӀаланашкахь а бехира уьш. И гӀаланаш церан долахь хилла Дауда паччахьалла даллалц. 32 Церан пхи гӀала хилла шайн ярташца: ӀайтӀам, Ӏейн, Римун, Тухан, Ӏашун. 33 Иштта оцу гӀаланашна гонах хилла йолу ярташ а БаӀалт-гӀалина тӀекхаччалц церан долахь яра. Иштта яра уьш баха охьахевшина меттигаш а, церан схьабовлар а цу тайпана дара.

34 Машубаб, Ямлекха, Амци-ЯхӀун кӀант Юша, 35 Юал, Ӏасиалан кӀентан Сари-ЯхӀун кӀант Йошби-ЯхӀун кӀант ЯхӀу, 36 ЭлъюӀинай, ЯӀакхуба, Яшухь-ЯхӀу, Ӏаси-ЯхӀу, Ӏадиал, Яшмиал, БенъяхӀу, 37 ШамӀа-ЯхӀун кӀентан Шимрин кӀант волчу а, Яди-ЯхӀун кӀентан Ӏалунан кӀант волчу ШипаӀан кӀант волу Зиза а – 38 уьш шайн тукхамийн баьччанаш бара.

Церан тӀаьхье чӀогӀа дебнера. 39 Шайн хьайбанашна дежийла лоьхуш, Гадур-махкана а, цунна малхбалехьа йолчу тогӀина а тӀекхаччалц дӀабаханера уьш. 40 Шаьш баханчохь царна токх йолу а, дика а дежийла карийна. Иштта боккха а, тийна а, шайна кхерам боцу а мохк карийна хилла царна. Уьш цига кхачале, цигахь кӀеззиг болу хьамахой бен бехаш ца хиллера.

41 ЯхӀудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхӀун заманахь, и цӀераш хилларш, схьа а баьхкина, хьамахойн четаршна а, цигахь бехаш болчу маӀунхошна а тӀелеттера. Цара уьш берриш а хӀаллакбина. Таханлерчу денна тӀекхаччалц а иза иштта ду. Церан метта уьш цигахь баха охьахевшина, хӀунда аьлча жа дажо меттигаш хилла царна цигахь. 42 Ткъа царна юкъара ШимӀин тӀаьхьенах хилла волу пхи бӀе стаг СеӀир-лаьмнашка ваханера. Церан коьртехь хилла Палти-ЯхӀу, НаӀар-ЯхӀу, Рапи-ЯхӀу, Ӏузиал. Уьш Ишхьин тӀаьхьенах хилла. 43 Цигахь дийна бисина болу Ӏамалекхахой байа а байина, баха охьахевшина уьш. Таханлерчу денна тӀекхаччалц уьш цигахь бехаш бу.

5

Раабанан тӀаьхье

1- 5:1 Доладалар 35:22; 49:3, 4. Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан кӀентий хӀорш бара. (Иза дуьххьарлера доьзалхо вара, амма цо шен да дӀавуьжу мотт сийсазбаьккхина дела, дуьххьарлера доьзалхочун бакъонаш Исраилан кӀант волчу Юсупан кӀенташна дӀаеллера. Иза бахьанехь Раабанан цӀе дуьххьарлерчу доьзалхочун санна дӀаязйина яц. 2- 5:2 Доладалар 49:8-10. ЯхӀуд шен вежарел нуьцкъала хиллехь а, цуьнан тайпанара халкъан куьйгалхо схьаваьллехь а, дуьххьарлерчу доьзалхочун бакъонаш Юсупан долахь хиллера.) 3 Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан кӀентий хӀорш бара: Хьанах, Палу, Хьацрани, Карма.

4 Юалан тӀаьхье иштта яра: Юалан кӀант хилира ШамӀа-ЯхӀу, ШамӀа-ЯхӀун кӀант хилира ГӀогӀ, ГӀогӀан кӀант – ШамаӀи, 5 ШамаӀин кӀант – Мика, Микин кӀант – Раи-ЯхӀу, Раи-ЯхӀун кӀант – БаӀал, 6- 5:6 Дауд 15:29. БаӀалан кӀант – Баира. Иза вара Ашурхойн паччахь волчу ТилгӀат-Пилнасара+ 5:6 *ТилгӀат-Пилнасар *– иза ТигӀлат-Палиасаран кхин цӀе ю.* йийсаре вигнарг. Баира раабанхойн баьчча вара.

7 Ткъа Баиран вежарий, церан тукхамашка а, церан схьабовларе а хьаьжжина, иштта дӀаязбина бу: коьртаниг ЯӀиал хилла, ткъа цул тӀаьхьа Закри-ЯхӀу а, 8 БулаӀ а. БулаӀ вара Юалан кӀант волчу ШемаӀан кӀентан Азазан кӀант. Раабанхой бехаш бара ӀаруӀер-гӀалара дуьйна Набу а, БаӀал-МаӀун а гӀаланашна тӀекхаччалц йолчу меттигашкахь. 9 Малхбалехь, Эпрат-хина тӀекхаччалц йолчу яьссачу аренан йисте кхочучу меттигашкахь, баха охьахевшира уьш, хӀунда аьлча ГалӀад-махкахь церан даьхни чӀогӀа дебнера.

10 Шаула паччахьалла дечу заманахь раабанхой хӀагирхошца тӀом беш бара. ХӀагирхой эша а бина, ГалӀад-мехкан малхбалехьарчу ерриге а меттигашкахь церан четарш чохь баха охьахевшинера уьш.

Гадин тӀаьхье

11 Ткъа Гадин тӀаьхье ехаш яра раабанхошна къилбаседехьа агӀор йолчу Салха-гӀалина тӀекхаччалц болчу Башан-махкахь. 12 Башан-махкахь коьртаниг Юал вара, шолгӀаниг – Шапами, царал тӀаьхьа ЯӀнай а, Шапти а. 13 Церан доьзалшка хьаьжжина, хӀара бархӀ вара церан гергара: Микаал, Машулим, ШебаӀ, Юрай, ЯӀакхан, ЗиӀа, Ӏебар. 14 Уьш Абу-Хьаилан тӀаьхьенах берш бара. Ткъа Абу-Хьаил вара Хьурин кӀант, Хьури вара Ярухьин кӀант, Ярухь вара ГалӀадан кӀант, ГалӀад вара Микаалан кӀант, Микаал вара Яшишайн кӀант, Яшишай вара ЯхӀдун кӀант, ЯхӀду вара Бузин кӀант. 15 Гунин кӀентан Ӏабдиалан кӀант Ахьи церан доьзалан коьртаниг вара. 16 Уьш бара ГалӀадехь а, Башанехь а цуьнца йоьзна йолчу гӀаланашкахь а, иштта Шарон-аре чекхъяллалц йолчу массо а дежийлаш йолчохь а бехаш. 17 (Оцу тӀаьхьенах болчу массеран а цӀераш дӀаязйина хилла яхӀудхойн паччахь Йовтам а, исраилхойн паччахь ЯрбаӀам хиллачу заманахь.)

Малхбалехьарчу тайпанийн эскарш

18 Раабанан а, Гадин а тайпанна а, Маннашан ахтайпанна а юкъахь вара доьналла а долуш, карахь турссий, туррий а лелош, секхаӀад кхосса а хууш, лата Ӏамийна а, тӀом бан кийча волу а шовзткъе виъ эзар ворхӀ бӀе кхузткъа эскархо. 19 Цара хӀагирхошца а, Етарца а, Напушица а, Нудабца а тӀом бира. 20 Цара мостагӀашна дуьхьало ечу хенахь, Дала царна гӀо дира. ХӀагирхой а, церан долахь хилла долу массо а хӀума а оцу тӀемалойн кара дахийтира, хӀунда аьлча шаьш тӀом бечу хенахь цара Деле кхайкхинера. Ткъа и тӀемалой Шех тешна бехаш хилла дела, Далла уьш дӀахезнера. 21 Оцу тӀемалоша церан даьхни шайна дӀаийцира. Цу юкъахь яра шовзткъе итт эзар эмкал а, ши бӀе шовзткъе итт эзар уьстагӀ а, газа а, ши эзар вир а, цхьа бӀе эзар адам а. 22 И тӀом Делера болу дела, дукха адам хӀаллакьхиллера. Ткъа и тӀемалой шайн халкъаца исраилхой йийсаре дӀабиггалц бехаш Ӏийра цу махкахь, хӀаллакбинчеран метта.

Малхбалехьа ехаш хилла йолу Маннашан ахтайпанан тӀаьхье

23 Маннашан ахтайпанан тӀаьхье ехаш яра Башан-махкара дуьйна БаӀал-Хьермонна а, Санирна а, Хьермон-лаьмнашна а тӀекхаччалц болчу махкахь. Уьш чӀогӀа дукха бара. 24 Церан доьзалийн баьччанаш хӀорш бара: Ӏайпар, Ишхьи, Элиал, Ӏазриал, Ярми-ЯхӀу, ХӀудав-ЯхӀу, ЯхӀдиал. Уьш бара майра тӀемалой, цӀеяхна нах, шайн доьзалийн баьччанаш.

Малхбалехьара тайпанаш йийсаре дигар

25 Амма, шайн дайн Далла тешаме а ца хуьлуш, Дала шайна уллора оцу махкана чуьра дӀалелхийна долчу къаьмнийн деланашна тӀаьхьа а хӀиттина, оцу къаьмнех терра сийсаза лелара уьш. 26- 5:26 а: Дауд 15:19; б: Дауд 15:29; в: Дауд 17:6. ТӀаккха Исраилан Дала, ашурхойн паччахьан ПӀулин (иза ТигӀлат-Палиасар ву) са карзах а даьккхина, раабанхой а, гадахой а, Маннашан ахтайпанан тӀаьхье а йийсаре дӀайигийтира. Уьш Хьалахь-гӀала а, Хьабур а, ХӀари а цӀераш йолчу меттигашка а, Газун-гӀалин хин йисте а дӀабигира. Таханлерчу денна тӀекхаччалц уьш цигахь бехаш бу.

6

Левин тӀаьхье

1 Левин кӀентий хӀорш бара: ГӀиршан, КхахӀат, Мерари. 2 КхахӀатан кӀентий хӀорш бара: Ӏамрам, Ицхьар, Хьеврон, Ӏузиал.

3 Ӏамраман бераш хӀорш дара: АхӀарон, Муса, Марем.

АхӀаронан кӀентий хӀорш бара: Надаб, АбихӀу, ЭлиӀазар, Итамар.

4 ЭлиӀазаран хилира кӀант Пайнехьас. АбишуӀ Пайнехьасан кӀант вара. 5 АбишуӀан кӀант вара Букхай. Букхайн кӀант вара Ӏузи. 6 Ӏузин кӀант вара Зарахь-ЯхӀу. Зарахь-ЯхӀун кӀант вара Маръюти. 7 Маръютин вара кӀант Амар-ЯхӀу. Амар-ЯхӀун кӀант вара Ахьтуби. 8 Ахьтубин кӀант вара ЦӀадукъа. ЦӀадукъин кӀант вара АхьимаӀац. 9 АхьимаӀацан кӀант вара Ӏазар-ЯхӀу, ткъа Ӏазар-ЯхӀун кӀант вара Йохьан. 10 Йохьанан кӀант вара Ӏазар-ЯхӀу. Иза вара Ярушалаймехь Сулим-паччахьо дӀахӀоттийначу Делан цӀа чохь динан да. 11 Ӏазар-ЯхӀун кӀант вара Амар-ЯхӀу, ткъа Амар-ЯхӀун кӀант вара Ахьтуби. 12 Ахьтубин кӀант вара ЦӀадукъа, ткъа ЦӀадукъин кӀант вара Шалум. 13 Шалуман кӀант вара Хьалкхи-ЯхӀу, ткъа Хьалкхи-ЯхӀун кӀант вара Ӏазар-ЯхӀу. 14 Ӏазар-ЯхӀун кӀант вара Сари-ЯхӀу, ткъа Сари-ЯхӀун кӀант вара ЯхӀу-ЦӀадакъа. 15 Везачу Эло Набухди-Нецаран куьйгахула ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а бахархой йийсаре дӀабигийтинчу хенахь, ЯхӀу-ЦӀадакъа цаьрца цхьаьна йийсаре вахара.

Левин кхийолу тӀаьхье

16- 6:16-19 Арадаккхар 6:16-19. Иштта Левин кӀентий хӀорш бара: ГӀиршан, КхахӀат, Мерари. 17 ХӀорш ю ГӀиршанан кӀентийн цӀераш: Ливани, ШамаӀи. 18 КхахӀатан кӀентий хӀорш бара: Ӏамрам, Ицхьар, Хьеврон, Ӏузиал. 19 Мерарин кӀентий хӀорш бара: Махьли, Мушхьи.

Левин тӀаьхьенах схьадевлла тукхамаш, церан доьзалшка хьаьжжина, хӀорш ду: 20 ГӀиршанан тӀаьхье иштта яра: цуьнан кӀант вара Ливани. Ливанин кӀант вара Яхьат. Зами вара Яхьатан кӀант. 21 Замин кӀант вара Юахьи. Ткъа Юахьин кӀант вара Ида. Зерахь Ӏидун кӀант вара. Зерахьан кӀант вара Яатрай.

22 КхахӀатан тӀаьхье иштта яра: Ӏамминадаб цуьнан кӀант вара. Кхорахь Ӏамминадабан кӀант вара. Асар Кхорахьан кӀант вара. 23 Асаран кӀант вара Элкхан. Элкханан кӀант Аби-Аса хилира. Аби-Асин кӀант вара Асар. 24 Асаран кӀант вара Тахьат. Тахьатан кӀант вара Уриал. Ӏузи-ЯхӀу Уриалан кӀант вара. Ӏузи-ЯхӀун кӀант Шаул хилла.

25 Элкханан кӀентий бара Ӏамсай а, Ахьимут а. 26 Ахьимутан кӀант вара Элкхана. Элкханан кӀант вара Цупай. Цупайн кӀант вара Нахьати. 27 Нахьатин кӀант вара Элиаб. Элиабан кӀант вара Ярохьам. Ярохьаман кӀант вара Элкхана. Ткъа Элкханан кӀант вара Шамъал.

28 Шамъалан кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлерниг – Юал, шолгӀаниг – Аби-ЯхӀу.

29 Мерарин тӀаьхье иштта яра: цуьнан кӀант вара Махьли. Махьлин кӀант вара Ливани. Ливанин кӀант вара ШамаӀи. ШамаӀин кӀант вара Ӏуза. 30 Ӏузин кӀант вара ШимӀа. ШимӀин кӀант вара Хьаги-ЯхӀу. Хьаги-ЯхӀун кӀант вара Ӏаси-ЯхӀу.

Везачу Элан цӀийнан зурманчаш

31 Делан тӀорказ дӀахӀоттийначу хенахь дуьйна, Везачу Элан цӀийнан кертахь Дауда илланчашна тӀехь хьаькамаш хӀиттийнера. 32 Ярушалаймехь Сулима Везачу Элан цӀа дӀахӀоттадаллалц, Делан гуламан четарна хьалха илланчаш санна гӀуллакх деш бара уьш. Шайна тӀедехкинчу парзашка хьаьжжина, шайн белхаш кхочушбора цара. 33 Цигахь шайн тӀаьхьенашца гӀуллакх динарш хӀорш бара:

кхахӀатхойн тӀаьхьенах зурманча вара ХӀайман. Иза Юалан кӀант вара, ткъа Шамъалан кӀант вара Юал. 34 Элкханан кӀант вара Шамъал. Ярохьаман кӀант вара Элкхан. Элиалан кӀант вара Ярохьам. Товхьин кӀант вара Элиал. 35 Цупин кӀант вара Товхьа. Элкханан кӀант вара Цупа. Махьатан кӀант вара Элкхан. Ӏамсайн кӀант вара Махьат. 36 Элкханан кӀант вара Ӏамсай. Юалан кӀант вара Элкхан. Юал Ӏазар-ЯхӀун кӀант вара. Ӏазар-ЯхӀу вара Цапни-ЯхӀун кӀант. 37 Цапни-ЯхӀу Тахьатан кӀант вара. Тахьат Асаран кӀант вара. Асар вара Аби-Асин кӀант. Аби-Аса вара Кхорахьан кӀант. 38 Кхорахь Ицхьаран кӀант вара. Ицхьар вара КхахӀатан кӀант. КхахӀат Левин кӀант вара. Леви Исраилан кӀант вара.

39 ХӀайманна аьтту агӀор лаьттачу цуьнан гергара волчу Асайпа зурманчин гӀуллакх дора. Асайп вара Берех-ЯхӀун кӀант. Берех-ЯхӀу ШимӀин кӀант вара. 40 ШимӀа Микаалан кӀант вара. Микаал БаӀас-ЯхӀун кӀант вара. БаӀас-ЯхӀу вара Малки-ЯхӀун кӀант. 41 Малки-ЯхӀу вара Этанин кӀант. Этани вара Зерахьан кӀант. Зерахь вара Ӏади-ЯхӀун кӀант. 42 Ӏади-ЯхӀу вара Этанан кӀант. Этан вара Замин кӀант. Зами вара ШамаӀин кӀант. 43 ШимӀа вара Яхьатан кӀант. Яхьат вара ГӀиршанан кӀант. ГӀиршан вара Левин кӀант.

44 ХӀайманна аьрру агӀор а лаьтташ, зурманчин гӀуллакх дора церан гергара йолчу мерарихойн тӀаьхьенах волчу Кхишин кӀанта Этана. Кхиши Ӏабдин кӀант вара. Ӏабди вара Малукан кӀант. 45 Малук Хьашби-ЯхӀун кӀант вара. Хьашби-ЯхӀу вара Амци-ЯхӀун кӀант. Амци-ЯхӀу вара Хьалкхи-ЯхӀун кӀант. 46 Хьалкхи-ЯхӀу вара Амцин кӀант. Амци вара Банин кӀант. Бани Шемаран кӀант вара. 47 Шемар вара Махьлин кӀант. Махьли Мушхьин кӀант вара. Мушхьи Мерарин кӀант вара. Ткъа Мерари Левин кӀант вара.

48 Церан вежарий болу левихой дӀахӀиттийнера Делан цӀа долчу четарца доьзна долу цхьацца гӀуллакхаш дан.

АхӀаронан тӀаьхье

49 АхӀарон а, цуьнан тӀаьхье а дийнаташ дагоран а, хаза хьожа йоуьйту хӀуманаш ягоран а кхерчашна тӀехь сагӀа доккхурш бара. Иштта, царна тӀедехкина дара Везачу Элан цӀийнан уггар езачу чоьнна чохь бан мел безаш болу белхаш бар а, Исраилан халкъан дуьхьа къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдар а, Делан ялхо хиллачу Мусас шайна тӀедиллина ма-хиллара. 50 АхӀаронан тӀаьхье иштта яра: цуьнан кӀант вара ЭлиӀазар. ЭлиӀазаран кӀант вара Пайнехьас. АбишуӀ вара Пайнехьасан кӀант. 51 АбишуӀан кӀант Букхай вара. Ӏузи Букхайн кӀант вара. Зарахь-ЯхӀу Ӏузин кӀант вара. 52 Зарахь-ЯхӀун кӀант вара Маръюти. Маръютин кӀант вара Амар-ЯхӀу. Ахьтуби вара Амар-ЯхӀун кӀант. 53 ЦӀадукъа Ахьтубин кӀант вара. ЦӀадукъин кӀант вара АхьимаӀац.

Левихой баьхна меттигаш

54 Шайн меттаметташкахь левихой Ӏаш хилла меттигаш хӀорш ю: шайна дуьххьара кхаж баьлла дела, кхахӀатхойн тукхамах схьаяьллачу АхӀаронан тӀаьхьенна 55 еллера ЯхӀуд-махкара Хьеврон-гӀала а, цунна гонах долу дежийлаш а. 56 Ткъа оцу гӀалина чудогӀуш долу кхаш а, ярташ а Епунин кӀантана Килабана дӀаеллера. 57 Иштта, АхӀаронан тӀаьхьенна еллера: Хьеврон (иза лурбоьлла нах ловчкъу гӀала яра), Либна а, цунна гонах долу дежийлаш а, Итар-гӀала а, ЭштамуӀ-гӀала а, цунна гонах долу дежийлаш а, 58 Хьилаз-гӀала а, Дибар-гӀала а, царна гонах долу дежийлаш а, 59 Ӏашун, Байт-Шамаш гӀаланаш а, царна гонах долу дежийлаш а. 60 Ткъа Бен-Яманан тайпанан махкахь кхахӀатхошна еллера: ГибаӀ-гӀала, Ӏаламат-гӀала, Ӏанатот-гӀала, царна гонах долу дежийлаш. Церан тукхамана елла хилла йолу гӀаланаш ерриг а кхойтта хилла. 61 КхахӀатхойн оцу гаранах йолчу кхечу тӀаьхьенна, кхаж а баьлла, Маннашан ахтайпанан долахь хиллачу декъах итт гӀала еллера.

62 ГӀиршанан тӀаьхьенах долчу тукхамашна, кхаж а баьлла, Иссарханан а, Ашаран а, Напталан а тайпанийн а, Башанерачу Маннашан ахтайпанан а латтанаш тӀера кхойтта гӀала еллера. 63 Мерарин тӀаьхьенах долчу тукхамашна, кхаж а баьлла, Раабанан а, Гадин а, Забулан а тайпанийн латтанаш тӀера шийтта гӀала еллера. 64 Иштта гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш долу латта а деллера левихошна исраилхоша. 65 Кхаж а баьлла, ЯхӀудан а, ШимӀин а, Бен-Яманан а тайпанийн латтанаш тӀера массо а цӀераш техкина йолу гӀаланаш еллера цара.

66 Ткъа кхахӀатхойн тӀаьхьенах долчу цхьадолчу тукхамашна Эпрайман тайпанах болчийн гӀаланаш еллера. 67 Царна еллера Эпрайман лам тӀехь йолу Шехем-гӀала а (иза лурбоьлла нах ловчкъу гӀала яра), ГӀазар-гӀала а, церан дежийлаш а. 68 Иштта ЯкхмаӀам-гӀала а, цунна гонахара дежийлаш а, Байт-Хьорон а, цунна гонахара дежийлаш а, 69 Айлон а, Гати-Римун а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а. 70 Маннашхойн ахтайпанан лаьттара кхахӀатхойн йисинчу тукхамашна еллера Ӏанури-гӀала а, БалиӀам-гӀала а, царна гонахара дежийлаш а.

71 ГӀиршанан тӀаьхьенна еллера: маннашхойн ахтайпанан лаьтта тӀера Башанехь йолу Голан-гӀала а, Ӏаштарат-гӀала а, царна гонахара дежийлаш а.

72 Иссарханан тайпанан лаьттара царна еллера Кхедаш а, Дубрат а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а, 73 иштта Рамат а, Ӏанейм а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а.

74 Ашаран тайпанан лаьтта тӀера царна еллера Машал а, Ӏабдани а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а, 75 иштта Хьукхакх а, Рахьуб а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а.

76 Напталан тайпанан лаьттара царна еллера Галилай-махкара Кхедаш-гӀала а, Хьамун-гӀала а, Кхиръятим-гӀала а, царна гонахара дежийлаш а.

77 Левихойх йисина йолчу Мерарин тӀаьхьенна еллера Забулан тайпанан лаьтта тӀера Римун а, Табур а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а.

78 Йордан-хина малхбузехьа лаьтташ йолчу Ерихон-гӀалина дуьхьал агӀор малхбалехьа болчу махкара раабанхойн тайпанан лаьтта тӀера еллера яьссачу аренгара Бацар-гӀала а, ЯхӀац-гӀала а, царна гонахара дежийлаш а, 79 Кхадимут а, МейпаӀат а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а.

80 Гадин тайпанан лаьтта тӀера еллера ГалӀад-махкара Рамат а, Махьанайм а, царна гонахара дежийлаш а, 81 иштта Хьешбон а, ЯӀзир а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а.

7

Иссарханан тӀаьхье

1 Иссарханан виъ кӀант вара: ТовлаӀ, Пува, Яшаб, Шимрон.

2 ТовлаӀан кӀентий хӀорш бара: Ӏузи, Рапи-ЯхӀу, Яриал, Яхьмай, Ибсам, Шамуал. Уьш шайн доьзалийн баьччанаш бара. Шайн тӀаьхьенашна юкъахь ницкъболу тӀемалой хилла и нах. Даудан заманахь царна юкъахь тӀамана кийча волу ткъе ши эзар ялх бӀе стаг хилла (22600).

3 Ӏузин кӀант вара Израхь-ЯхӀу. Ткъа Израхь-ЯхӀун кӀентий бара: Микаал, Ӏабди-ЯхӀу, Юал, Йоши-ЯхӀу. И пхиъ шайн доьзалийн баьчча вара. 4 Оцу нехан дуккха а зударий а, бераш а хилла дела, церан тӀаьхьенашка а, доьзалшка а хьаьжжина, царах схьаваьллера тӀамана кийча волу ткъе ялхитта эзар стаг (36000).

5 Ткъа Иссарханан массо а тӀаьхьенийн доьзалш дӀаязбечу тептарш тӀехь дӀаязвинера дика тӀемало волу везткъе ворхӀ эзар стаг (87000).

Бен-Яманан тӀаьхье

6 Бен-Яманан кхо кӀант вара: БулаӀ, Бахри, ЕдиӀаал.

7 БулаӀан пхи кӀант вара: Эцбон, Ӏузи, Ӏузиал, Еримати, Ӏири. Уьш, шайн доьзалийн баьччанаш а болуш, дика тӀемалой бара. ТӀаьхьенийн доьзалш дӀаязбечу тептарш тӀехь царах дӀаязвина вара ткъе ши эзар ткъе вейтта тӀемало (22034).

8 Бахрин кӀентий хӀорш бара: Замари, Юаш, ЭлиӀазар, ЭлъюӀинай, Ӏумари, Еримати, Аби-ЯхӀу, Ӏанатот, Ӏаламат. Уьш берриш а Бахрин кӀентий бара. 9 ТӀаьхьенийн доьзалш дӀаязбечу тептарш тӀехь царах дӀаязбина бара церан доьзалийн баьччанаш а, ткъа эзар ши бӀе тӀемало а (20200).

10 ЕдиӀаалан кӀант вара БилхӀан. Цуьнан кӀентий хӀорш бара: ЕӀуш, Бен-Яман, АхӀуд, КинаӀан, Зитани, Таршаш, Ахьи- Шахьар. 11 ЕдиӀаалан массо а кӀентий шайн доьзалийн баьччанаш бара. Церан тӀаьхьенашна юкъахь тӀамана кийча волу вуьрхӀитта эзар ши бӀе дика тӀемало вара (17200). 12 Шупайм а, Хьупим а бара Ӏирин кӀентий. Ткъа Хьушим Ахьеран кӀант вара.

Напталан тӀаьхье

13 Балхьатан кӀант волчу Напталан кӀентий бара: Яхьциал, Гуни, Йицар, Шалум.

Маннашан тӀаьхье

14 Маннашан кӀентий бара: арамхо йолчу гӀарбаш-зудчо вина волу Асриал а, иштта ГалӀадан да Макир а. 15 Макира Хьупиме а, Шупайме а зударий балабайтира. Цуьнан йишин цӀе МаӀха яра. ШолгӀачу кӀентан цӀе яра Цалпихьад. Цалпихьадан йоӀарий бен ца хилла.

16 Макиран зудчо МаӀхас, кӀант а вина, цуьнан цӀе Параш тиллира. Парашан ваша Шераш вара, ткъа Парашан кӀентий бара: Улам, Рекхам. 17 Уламан кӀант вара Бедан. Иштта бара Маннашан кӀентан Макиран кӀант волчу ГалӀадан кӀентий.

18 Цуьнан йишас Мулката а бира кӀентий: ИшхӀуд, Абу-Ӏезар, Махьила. 19 ШамидаӀан кӀентий хӀорш бара: Ахьъян, Шехем, Ликхахьи, АнӀами.

Эпрайман тӀаьхье

20 Эпрайман тӀаьхье иштта яра: цуьнан кӀант вара Шутлахьи. Шутлахьин кӀант вара Баред. Баредан кӀант вара Тахьат. Ткъа Тахьатан кӀант вара Эли-Ӏада. Эли-Ӏадин а кӀант хилира Тахьат. 21 Цу Тахьатан кӀант вара Забад. Забадан кӀант вара Шутлахьи. Эпрайман кхин а ши кӀант вара: Ӏезар, ЭлиӀад. Гати-гӀалара схьабевллачу цхьаболчу бахархоша Ӏезар а, ЭлиӀад а вийна хилла, жа схьадаккха дагахь, шаьш долчу уьш баьхкича. 22 Церан дас Эпрайма, шен кӀенташна воьлхуш, гӀайгӀанехь дикка хан яьккхира. Эпрайман вежарша, цунна тӀе а богӀий, тевеш хилла иза. 23 ТӀаккха, Эпрайм кхин а цкъа шен зудчух кхеттачул тӀаьхьа, зудчо цунна кӀант вира. Эпрайма цунна, БериӀ аьлла, цӀе тиллира (Ӏебархойн маттахь и цӀе «бохам» бохучух тера ю), шен цӀенна бохам тӀебеана хилла дела.

24 Шаират цӀе йолуш, йоӀ а яра Эпрайман. Шаирата дӀахӀоттийра Лахара а, Лакхара а Байт-Хьорон гӀаланаш а, иштта Узан-Шаира цӀе йолу гӀала а.

25 Эпрайман кӀант вара Репахь. Решап Репахьан кӀант вара. Тилхьа вара Решапан кӀант. Тилхьин кӀант вара Тахьан. 26 Тахьанан кӀант вара ЛаӀдан. ЛаӀданан кӀант вара ӀамихӀуд. Эли-ШамаӀ вара ӀамихӀудан кӀант. 27 ЭлишамаӀан кӀант вара Нуна. Ткъа Нунин кӀант вара ЮшаӀ.

28 Уьш баьхна йолу церан долахь хилла меттигаш хӀорш яра: Бетал-гӀала а, цуьнца йоьзна йолу кхин ярташ а, малхбалехьа йолу НаӀран-гӀала а, малхбузехьа йолу ГӀазар-гӀала а, цуьнца йоьзна йолу ярташ а, иштта Шехем-гӀала а, цуьнца йоьзна йолу ярташ а, шеца йоьзначу ярташца йолчу Ӏайи-гӀалина тӀекхаччалц.

29 Ткъа Маннашан тӀаьхьенах болчийн долахь яра хӀара гӀаланаш: Байт-Шеан, ТаӀнак, МагӀидда, Дор, цаьрца йоьзна йолу ярташ.

Цу гӀаланашкахь ехаш яра Исраилан кӀентан Юсупан тӀаьхье.

Ашаран тӀаьхье

30 Ашаран кӀентий хӀорш бара: Имани, Ишва, Ишви, БериӀ. Церан йиша яра Серахь.

31 БериӀан кӀентий хӀорш бара: Хьебар, Малкиал. (Малкиала дӀахӀоттийра Бирзайт-гӀала.)

32 Хьебаран кӀентий хӀорш бара: Яплати, Шумар, Хьотам. Ткъа церан йиша ШуӀа яра.

33 Яплатин кӀентий хӀорш бара: Пасак, БимхӀали, Ӏашвати. Уьш бара Яплатин кӀентий.

34 Яплатин вешин Шумаран кӀентий хӀорш бара: РухӀаги, Хьуба, Арам.

35 Яплатин вешин ХӀалиман кӀентий хӀорш бара: Цупахьи, ИмнаӀ, Шелша, Ӏамла.

36 Цупахьин кӀентий хӀорш бара: Сухьа, Хьарнипар, ШуӀал, Бирай, Имари, 37 Бацар, ХӀуда, Шама, Шилша, Итран, Баира.

38 ИтӀаран кӀентий хӀорш бара: Епуни, Писапи, Ари. 39 Ӏулин кӀентий хӀорш бара: Арахьи, Хьаниал, Рица-ЯхӀу.

40 Ашаран тӀаьхьенах болу и нах шайн доьзалийн баьччанаш бара. Уьш, коьрта хьаькамаш а болуш, исбаьхьа а, доьналла долу а тӀемалой бара. Эскархойн цӀераш дӀаязъечу тептар тӀехь оцу тӀаьхьенах тӀамана кийча дӀаязвинарг вара ткъе ялх эзар стаг (26000).

8

Бен-Яманан тӀаьхье

1 Бен-Яманан дуьххьарлера кӀант вара БулаӀ, шолгӀаниг – Ашбели, ткъа кхозлагӀниг – Ахьарахьи. 2 Цуьнан воьалгӀа кӀант вара Нухьа, пхоьалгӀаниг – Рапа.

3 БулаӀан кӀентий хӀорш бара: Адар, Гери, АбихӀуд+ 8:3 *Гери, АбихӀуд *– я иштта: *Ахьудан да волу Гери.*, 4 АбишуӀ, НаӀаман, Ахьохь, 5 Гери, Шапупан, Хьурам.

6 Ахьудан тӀаьхье хӀара яра (ГибаӀ-гӀалара Манахьат-гӀала дӀабигна болчу доьзалийн баьччанаш бара уьш): 7 НаӀаман, АхьъяхӀу, Гери. Гери ву уьш кхечу гӀала баха дӀабигина хилларг. Герин кӀентий бара Ӏузи а, АхьъяхӀуд а.

8 Хьушим а, БаӀарат а цӀераш йолу шен зударий дӀа а бахийтина, Муаби-махкахь вехаш вара Шахьарайм. Цу хенахь цуьнан кӀентий хилира. 9 Иштта цуьнан зудчо Хьудаша бира кӀентий: Ябаб, Цивъя, МешаӀ, Малкам, 10 ЯӀуца, Шахи-ЯхӀу, Мирами. Уьш доьзалийн баьччанаш хилла болу Шахьарайман кӀентий бара.

11 Хьушима цунна бина кӀентий хӀорш бара: Абитуб, Эли-ПаӀал.

12 Эли-ПаӀалан кӀентий хӀорш бара: Ӏебар, МишиӀам, Шемад. Шемада дӀахӀоттийра Овну а, Лодди а гӀаланаш а, цаьрца йоьзна йолу ярташ а.

13 Иштта БериӀ а, ШемаӀ а Айлон-гӀаларчу бахархойн доьзалийн баьччанаш бара. Цара Гати-гӀалара бахархой дӀалелхийнера. 14 Ахьъю, Шашакх, Еримати, 15 Забди-ЯхӀу, Ӏарод, Ӏедар, 16 Микаал, Ишпа, Йохьа – уьш берриш а БериӀан кӀентий бара.

17 Забди-ЯхӀу, Машулим, Хьузакх, Хьебар, 18 Ишмарай, Изли-ЯхӀу, Ябаб – Эли-ПаӀалан кӀентий бара.

19 Якъим, Зикра, Завади, 20 Эли-Ӏенай, Цилтай, Элиал, 21 Ӏади-ЯхӀу, Бира-ЯхӀу, Шимрати бара ШамаӀин кӀентий.

22 Ишпани, Ӏебар, Элиал, 23 Ӏабдани, Зикра, Хьанан, 24 Хьанан-ЯхӀу, Ӏейлам, Ӏантут-ЯхӀу, 25 Ипад-ЯхӀу, Пенуал бара Шашакхан кӀентий.

26 Шамширай, Шахьар-ЯхӀу, Ӏатал-ЯхӀу, 27 ЯӀриш-ЯхӀу, Эли-ЯхӀу, Зикра бара Ярохьаман кӀентий.

28 Уьш, шайн доьзалийн баьччанаш а болуш, тукхамийн цӀераш дӀаязъеш долчу тептаршка хьаьжжина, куьйгалхой бара. Ярушалаймехь бехаш бара уьш.

29 Ткъа ГавӀон-гӀалахь вехаш вара ГавӀон-гӀала дӀахӀоттийна волу ЯӀиал+ 8:29 *Грекийн гочдар тӀехь: *ЯӀиал. *Ӏебархойн тептар тӀехь и цӀе яц.*. Цуьнан зудчун цӀе МаӀха яра. 30 ЯӀиалан дуьххьарлера кӀант Ӏабдани вара. Цул тӀаьхьа хилира Цура, Къуша, БаӀал, Нер+ 8:30 *Грекийн гочдар тӀехь: *Нер. *Ӏебархойн тептар тӀехь и цӀе яц.*, Надаб, 31 Гадур, Ахьъю, Захир, 32 Микхлут. Микхлутан кӀант вара Шема. Уьш шайн вежаршна уллохь Ярушалаймехь бехаш бара.

Шаул-паччахьан тукхам

33 Къуша Неран кӀант вара. Къушин кӀант вара Шаул. ЯхӀуната а, МалкишаӀ а, Абинадаб а, ЭшбаӀал+ 8:33 *ЭшбаӀал *– цунах кхин а Иш-Бошат олу «Дауд» цӀе йолчу тептар тӀехь.* а бара Шаулан кӀентий. 34 ЯхӀунатин кӀант вара Мариб-БаӀал+ 8:34 *Мариб-БаӀал *– цунах кхин а Мапи-Бошат олу «Дауд» цӀе йолчу тептар тӀехь.*. Ткъа Мариб-БаӀалан кӀант вара Мика.

35 Микин кӀентий хӀорш бара: Питун, Малик, ТаираӀ, Ахьаз. 36 ЯхӀу-Ӏада Ахьазан кӀант вара. ЯхӀу-Ӏадин кӀентий бара Ӏаламат, Ӏазмават, Зимари. Зимарин кӀант вара Муца. 37 Муцин кӀант вара БинӀа. Цуьнан кӀант вара Репа. Репин кӀант вара ЭлиӀаса. Ацала ЭлиӀасан кӀант вара.

38 Ацалин ялх кӀант вара. Церан цӀераш хӀорш яра: Ӏазрикхам, Бохру, ИсмаьӀал, ШаӀар-ЯхӀу, Ӏабди-ЯхӀу, Хьанан. Уьш берриш а Ацалин кӀентий бара. 39 Ацалин вешин Ӏешакхан кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера кӀант Улам, шолгӀаниг ЕӀуш, ткъа кхозлагӀниг Эли-Пулат.

40 Уламан кӀентий, секхаӀодаца пхерчий а кхуьссуш, дика тӀемалой бара. Церан дуккха а кӀентий а, кӀентийн кӀентий а хилира. Уьш цхьа бӀе шовзткъе итт стаг вара.

Кхузахь дӀаязбина болу берриш а Бен-Яманан тӀаьхьенах схьабевллера.

9

Йийсарера юхадирзина халкъ

1 Иштта массо а исраилхой шайн тукхамашца дӀаязбинера Исраилхойн паччахьийн тептар тӀе.

Ткъа яхӀудхой Бавел-махка дӀабигнера, уьш Далла тешаме ца хиларна. 2- 9:2, 3 Ӏезар 2:27; Нахьми-ЯхӀу 7:73. Йийсарера юха а бирзина, шайн гӀаланашкахь йолчу шайн долахь хиллачу меттигашкахь дуьххьара юха баха охьахевшинарш бара цхьаболу исраилхой а, динан дай а, левихой а, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болу ялхой а. 3 Ярушалаймехь баха охьахевшира ЯхӀудан а, Бен-Яманан а, Эпрайман а, Маннашан а тӀаьхьенашкара цхьаболу нах.

4 ЯхӀудан кӀентан Парасан тӀаьхьенах цигахь вара: Ӏутай. Иза вара ӀамихӀудан кӀант. ӀамихӀуд вара Ӏумарин кӀант. Ӏумари вара Имарин кӀант. Ткъа Имари вара Банин кӀант. 5 Шилунан тӀаьхьенах цигахь хӀорш бара: дуьххьарлера доьзалхо волу Ӏаси-ЯхӀу а, цуьнан кӀентий а. 6 Зерахьан тӀаьхьенах вара ЯӀуал а, цуьнан вежарий а.

ЯхӀудан тӀаьхьенах верг верриг а ялх бӀе везткъе итт стаг вара (690).

7 Бен-Яманан тӀаьхьенах цигахь баха охьахевшинарш хӀорш бара: Салуъ (иза вара Машулиман кӀант, ткъа Машулим вара ХӀудав-ЯхӀун кӀант, ткъа иза вара ХӀасинуан кӀант), 8 Ярохьаман кӀант волу Ибна-ЯхӀу, Махрин кӀентан Ӏузин кӀант волу Эла, Ибни-ЯхӀун кӀант волчу РаӀалан кӀентан Шапат-ЯхӀун кӀант Машулим.

9 Церан тукхамашкахь исс бӀе шовзткъе ялхитта стаг вара (956). Массо а и нах шайн доьзалийн баьччанаш бара.

Ярушалаймехь баьхна болу динан дай

10 Ярушалаймехь динан дайх баьхнарш хӀорш бара: Яди-ЯхӀу, ЯхӀу-Яриб, Якин, 11 Делан цӀенна тӀехь хьаькам волу Ӏазар-ЯхӀу (иза вара Хьалкхи-ЯхӀун кӀант, Хьалкхи-ЯхӀу вара Машулиман кӀант, Машулим вара ЦӀадукъин кӀант, ЦӀадукъа вара Маръютин кӀант, ткъа Маръюти вара Ахьтубин кӀант), 12 Ӏади-ЯхӀу (иза вара Ярохьаман кӀант, Ярохьам вара Пашихьуран кӀант, Пашихьур вара Малки-ЯхӀун кӀант), МаӀсай (иза вара Ӏадиалан кӀант, Ӏадиал вара Яхьзарин кӀант, Яхьзари вара Машулиман кӀант, Машулим вара Мишламатин кӀант, ткъа Мишламати вара Амиран кӀант).

13 Шайн доьзалийн баьччанаш болу динан дай цхьа эзар ворхӀ бӀе кхузткъа стаг вара (1760). Уьш говза нах бара, царна тӀедиллина дара Делан цӀийнаца доьзна долу гӀуллакхаш кхочушдар.

Ярушалаймехь баьхна болу левихой

14 Левихойх цигахь бехаш хӀорш бара: ШамӀа-ЯхӀу (иза вара Хьашубин кӀант, Хьашуби вара Ӏазрикхаман кӀант, Ӏазрикхам вара Хьашби-ЯхӀун кӀант, ткъа Хьашби-ЯхӀу мерарихойн тӀаьхьенах вара), 15 Бакъ-Бакъари, Хьараш, Галали, Матан-ЯхӀу (иза вара Микин кӀант, Мика вара Зикрин кӀант, Зикра вара Асайпан кӀант), 16 Ӏабди-ЯхӀу (иза ШамӀа-ЯхӀун кӀант вара, ШамӀа-ЯхӀу вара Галалин кӀант, Галали вара Ядутунан кӀант), иштта Элкханан кӀентан Асин кӀант Берех-ЯхӀу а вара. Иза натӀупатхойн ярташкахь вехаш хилла.

Делан цӀийнан кевнехь хилла гӀаролхой

17 Делан цӀийнан кевнехь гӀаролхой хилла болу цигахь баха охьахевшинарш хӀорш бара: Шалум а, Ӏакхуби а, ТӀулман а, Ахьиман а, церан вежарий а. (Царах коьртаниг Шалум вара.) 18 Кху ханналц а уьш малхбалехьа долчу Паччахьан кевнехь гӀаролхой бу. Уьш левихойн меттаметтанийн кевнашкахь гӀаролхой а бара.

19 Шалума (иза вара Кхурин кӀант, Кхура вара Аби-Асин кӀант, Аби-Аса вара Кхорахьан кӀант) а, кхорахьахойх болчу цуьнан гергарчу наха а Делан цӀийнан неӀсагӀина уллохь гӀарол дора, церан дайша Везачу Элан меттаматтана чуволлучохь гӀарол деш ма-хиллара. 20 ЭлиӀазаран кӀант Пайнехьас хиллера хьалха царна тӀехь хьаькам. Веза Эла а вара цуьнца.

21 Делан цӀийнан неӀарехь гӀарол деш вара Мишлам-ЯхӀун кӀант Закри-ЯхӀу.

22 НеӀаршна чуволлучохь гӀарол дан схьахаьржинарг верриг а ши бӀе шийтта стаг вара (212). Уьш шайн ярташкахь цӀераш дӀаязъечу тептарш тӀе дӀаязбина хилла. Уьш тешаме хилла дела, Дауда а, Делера дерг гуш волчу Шамъала а дӀахӀиттийнера уьш оцу гӀуллакхе. 23 Уьш а, церан тӀаьхьенаш а Везачу Элан цӀийнан кевнехь гӀарол деш бара (хьалха Везачу Элан цӀийнан метта Делан четар дара). 24 Оцу цӀийнан еа а агӀор – малхбалехьа, малхбузехьа, къилбаседехьа, къилбехьа – лаьтташ гӀаролхой бара. 25 Ткъа шайн ярташкахь Ӏаш болчу церан гергарчу наха, билгалъяьккхинчу хенахь царна тӀе а богӀуш, цаьрца цхьаьна ворхӀ дийнахь гӀуллакх дора. 26 Левихо волу и виъ хьаькам тешам болуш вара. Уьш бара Делан цӀенна уллохь йолчу чоьнашна а, хазнашна а гӀарол дан дӀахӀиттийна. 27 ГӀарол дар шайна тӀедиллина дела, цара, Делан цӀенна гонах дӀа а хӀуьттуш, буьйсанаш йохура. ХӀора Ӏуьйранна неӀарш дӀаелла а езара цара.

Кхиболу левихой

28 Левихойх цхьаберш бара динан гӀуллакх деш лелош йолчу пхьегӀашна тӀехьажа дӀахӀиттийна. И пхьегӀаш дӀалучу а, схьаоьцучу а хенахь ягаръеш хилла. 29 Вукхарна тӀедиллина дара Делан цӀийнан еза хӀуманаш а, кхиболу гӀирс а, дама а, чагӀар а, зайтдаьтта а, хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а Ӏалашъяр. 30 Динан дайх цхьаболчара хаза хьожа йогӀу хӀуманаш цхьаьна эяр кхочушдора.

31 Кхорахьахочун Шалуман дуьххьарлера доьзалхо волчу левихочун Матит-ЯхӀун кара деллера сагӀанашна хӀуманаш цӀера тӀехь яттар. 32 КхахӀатхой болчу церан цхьаболчу вежаршна тӀедиллина хилла Далла леринчу хӀора шоьтан дийнахь Цунна бепиг кечдар.

33 Левихойн доьзалийн баьччанаш болу илланчаш Делан цӀийнан кертахь йолчу чоьнаш чохь Ӏийра. Уьш кхечу гӀуллакхех мукъабаьхна бара, хӀунда аьлча цара дийнаххьий, буьйсанний шайн корматалла дӀакхехьа езара.

34 Левихойн доьзалийн баьччанаш а болуш, тукхамийн цӀераш дӀаязъеш долчу тептаршка хьаьжжина, куьйгалхой бара уьш. Ярушалаймехь бехаш бара уьш.

Шаул-паччахьан дай а, тукхамаш а

(1 Шерашкахь 8:29-38)

35 Ткъа ГавӀон-гӀалахь вехаш вара и гӀала дӀахӀоттийна волу ЯӀиал. Цуьнан зудчун цӀе МаӀха яра. 36 ЯӀиалан дуьххьарлера кӀант Ӏабдани вара. Цул тӀаьхьа цуьнан хилла кӀентий хӀорш бара: Цура, Къуша, БаӀал, Нер, Надаб, 37 Гадур, Ахьъю, Закри-ЯхӀу, Микхлут. 38 Микхлутан кӀант вара Шемами. Уьш шайн вежаршна уллохь Ярушалаймехь бехаш бара.

39 Къуша Неран кӀант вара. Къушин кӀант вара Шаул. ЯхӀуната а, МалкишаӀ а, Абинадаб а, ЭшбаӀал+ 9:39 *ЭшбаӀал *– цунах кхин а Иш-Бошат олу «Дауд» цӀе йолчу тептар тӀехь.* а Шаулан кӀентий бара. 40 ЯхӀунатин кӀант вара Мариб-БаӀал+ 9:40 *Мариб-БаӀал *– цунах кхин а Мапи-Бошат олу «Дауд» цӀе йолчу тептар тӀехь.*. Ткъа Мариб-БаӀалан кӀант вара Мика. 41 Микин кӀентий бара: Питун, Малик, ТахьраӀ, Ахьаз. 42 Ахьазан кӀант вара ЯӀари. ЯӀарин кӀентий бара Ӏаламат, Ӏазмават, Зимари. Зимарин кӀант вара Муца. 43 Муцин кӀант вара БинӀа. БинӀин кӀант вара Рапи-ЯхӀу. Рапи-ЯхӀун кӀант вара ЭлиӀаса. Ацала ЭлиӀасан кӀант вара.

44 Ацалин ялх кӀант вара. Церан цӀераш хӀорш яра: Ӏазрикхам, Бохру, ИсмаьӀал, ШаӀар-ЯхӀу, Ӏабди-ЯхӀу, Хьанан. Уьш Ацалин кӀентий бара.

10

Шаул-паччахьан дӀакхалхар

(Шамъал 31:1-13)

1 ПӀелаштамхой Исраилан халкъана дуьхьал тӀом беш бара. ТӀаккха и тӀом бечу хенахь исраилхой пӀелаштамхойх бевдира. Дукха исраилхой хӀаллакьхилира цу тӀамехь. Иза дара ГилбаӀ олучу лам тӀехь. 2 ТӀаккха пӀелаштамхой Шаул-паччахьна а, цуьнан кӀенташна а тӀаьхьабевлира. Цу тӀамехь цара вийра Шаулан кӀентех кхо кӀант: ЯхӀуната, Абинадаб, МалкишаӀ. 3 Шаулна гонах болу тӀом чӀагӀбелира. СекхаӀад кхоссархоша, Шаул волчу агӀор пхерчий а кхиссина, къиза чевнаш йира цунна. 4 ТӀаккха шен герз лелош волчуьнга Шаула элира: «Хьайн тур баттара а даккхий, иза суна а Ӏоттий, вехьа со, оцу сунтбаза болчу пӀелаштамхошка со сийсазвоккхуьйтучул». Амма герзлелориг, ша дукха кхераваларна, ца хӀоьттира иза дан. ТӀаккха, шен тур схьа а даьккхина, цу туьрана тӀе вогӀавелира Шаул. 5 Ткъа герзлелориг, Шаул-паччахь велла хилар шена гича, ша а, шен туьра тӀе а вогӀавелла, велира. 6 Иштта велира Шаул-паччахь. Цуьнан кӀентех кхо кӀант а, цуьнан цӀийнах мел верг а цуьнца цхьаьна велира. 7 ТӀаккха, Шаул-паччахь а, цуьнан кӀентий а беллий а хиъна, иштта берриг тӀемалой дӀабовдуш а гина, тогӀи чохь болу исраилхой, шайн ярташ а йитина, дӀасабевдира. Ткъа пӀелаштамхой, церан ярташка а баьхкина, баха охьахевшира.

8 ШолгӀачу дийнахь пӀелаштамхой беллачарна тӀера мехала йолу хӀуманаш схьаяха бахара. ГилбаӀ-лам тӀе баьхкинчу царна Шаул-паччахьан а, цуьнан кӀентийн а декъий карийра Ӏохкуш. 9 ПӀелаштамхоша Шаулан докъана тӀера ерриг а хӀума схьаяьккхира. ТӀаккха докъана тӀера корта а баьккхина, цуьнан герз схьа а эцна, шайн мохк мел бу шайн цӀушна а, халкъана а хьалха шаьш динчух лаьцна дӀасадаржадайтира цара. 10 Цул тӀаьхьа пӀелаштамхоша Шаулан герз шайн цӀуш лаьттачу цӀенна чу диллира, ткъа цуьнан корта шайн дела ву бохучу ДагӀонан цӀийнан чохь ирхъоьллира.

11 ГалӀад-махкара Явеш олучу гӀалара массо адамна хезира пӀелаштамхоша Шаулна динчух лаьцна. 12 ТӀаккха цигахь бехаш болчу майрачу наха Шаулан а, цуьнан кӀентийн а декъий, дӀа а эцна, ГалӀадера Явеш-гӀала деара. Цигахь оцу майрачу наха, и декъий ножан дитта кӀел дӀа а доьхкина, ворхӀ дийнахь марханаш кхебира.

13- 10:13 а: Шамъал 13:8-14; 15:1-24; б: Ӏамалъяр 19:31; 20:6; Шамъал 28:7, 8. Иштта, Везачу Эло бохург а ца деш, Цунна муьтӀахь ца хиларна, хӀаллакьхиллера Шаул-паччахь. Везачу Эло аьлларг а ца деш, жинашца тайна йолчу зудчух дагавала ваханера Шаул. 14 Шаула Веза Эла ца лоьхура дагавала. Цундела и бахьана долуш Шаул валийтира Везачу Эло. Ткъа цуьнан пачхьалкхана тӀехь деш долу олалла Юшайн кӀентан Даудан кара дӀаделира Цо.

11

Дауд паччахь хилла дӀахӀоттар

(Дауд 5:1-10)

1 ТӀаккха берриг а исраилхой, гул а белла, Дауд волчу Хьеврон-гӀала баьхкира. Цара элира Дауде: «Тхо хьан дегӀ а, цӀий а ду. 2 ДӀаяханчу хенахь, Шаул паччахь волуш дуьйна а, тӀамехь исраилхой кӀелхьарбохура ахьа. Хьан Везачу Дала элира хьоьга: „Дауд, хьо хир ву Сан Исраилан халкъан Ӏу. Хьо хир ву Сан Исраилан халкъан баьчча“».

3 ТӀаккха Исраил-махкара берриг а къаной Дауд волчу Хьевроне баьхкира. Ткъа Дауда Хьевронехь къаношца барт бира Везачу Элана хьалха. Къаноша Дауд Исраил-мехкан паччахь хилар дӀакхайкхийра, Шамъал-пайхамарехула Дала ма-аллара.

Дауда Ярушалайм дӀалоцу

4- 11:4 ЮшаӀ 15:63; Куьйгалхой 1:21. Шеца берриг исраилхой а буьгуш, Дауд Ярушалайме вахара. Оцу заманахь Ярушалаймах Явсай-гӀала олура. Ткъа цигахь Ӏаш болчу нахах явсайхой олура. 5 ТӀаккха явсайхоша Дауде элира: «Тхан гӀали чу вогӀур вац хьо».

Амма Дауда дӀалецира церан Цийон-гӀалин гӀап. Оцу меттигах цул тӀаьхьа Даудан гӀала элира. 6 Дауда аьллера: «Уггар хьалха тӀе а летта, явсайхой хӀаллакбиннарг тӀемалойн баьчча а, коьрта хьаькам а хир ву».

ТӀаккха Царуятан кӀант Йоаб массарал а хьалха явсайхошна тӀелетира. Иштта цунах хилира берриг а тӀемалойн коьрта хьаькам.

7 Дауд цу чӀагӀйинчу гӀали чохь ваха охьахиира, цундела цу гӀаланах «Даудан гӀала» элира. 8 Цу гӀалина гонах гобаьккхина гӀишлош дӀахӀиттийра Дауда. Уьш дӀахӀиттийнера Милло олучу гу тӀера дуьйна, гӀалина гонах долчу пенашна тӀе кхаччалц. Ткъа гӀалара важа йолу гӀишлош Йоаба тӀейинера. 9 Даудан ницкъ кхин а хьалаболуш лаьттара, массо а ницкъийн Веза Эла цуьнца хиларна.

Даудан уггар майра тӀемалой

(Дауд 23:8-39)

10 Иштта Даудан тӀемалошна юкъахь а бара къаьсттина майра нах. Ерриг а Даудан пачхьалкхехь болчу исраилхошца, дика накъосталла а деш, Везачу Эло ма-аллара, цуьнан Исраил-махка тӀехь долу паччахьалла чӀагӀдеш бара уьш. 11 ТӀамехь тӀемалошна юкъахь шайн майраллица къаьстинчеран цӀераш иштта яра:

Ткъе иттанна юкъара коьртаниг вара Хьахманин кӀант ЯшбаӀам. ЯшбаӀама цхьана тӀеман къовсамехь кхо бӀе стаг вийнера шен гоьмукъца.

12 Цул тӀаьхьа вара ахьохьахо волчу Додин кӀант ЭлиӀазар, иза майрачу кхаанна юкъахь а майраниг вара. 13 ЭлиӀазар вара цкъа Даудаца пӀелаштамхой тӀом бан тӀегулбеллачу Пасдамим олучу меттигехь. Цу арахь бийна мукх бара. Цигара исраилхой, пӀелаштамхойх кхера а белла, дӀабевддера. 14 ЭлиӀазара, шен тӀемалошца дӀа а хӀоьттина, и аре ларъеш, тӀом бира. Цара толам баьккхира пӀелаштамхошна тӀехь. Везачу Эло иштта доккха-деза кӀелхьардовлар делира исраилхошна.

15 Оцу ткъе итт баьччанна юкъара кхин кхо турпалхо, Дауд волчу тарх тӀе а ваьлла, Ӏадулам олучу хьехана чу велира. Ткъа пӀелаштамхой репахойн тогӀи олучу меттигехь бара. 16 Цу хенахь Дауд шен чӀагӀонан меттигехь вара, ткъа пӀелаштамхошна ха деш болу тӀемалой Байтлахам-гӀалахь бара. 17 Дауд чӀогӀа хьогах вара. ТӀаккха цо элира: «Байтлахам-гӀалин кевнера гӀу чуьра хи цхьаммо малор делахьара суна!» 18 ТӀаккха майра кхо тӀемало, пӀелаштамхойн меттаматтехула чекх а ваьлла, Байтлахаман цу кевнехь йолчу гӀу чуьра хи а эцна, иза Даудана а дахьаш, схьавеара. Амма Даудана и хи мала ца лиира. Цо и хи, сагӀина санна, Везачу Элана хьалха лаьтта охьадоьттира. 19 ТӀаккха Дауд-паччахьо элира: «Веза Эла, иза дарх ларвелахь со! Шайн синош ца кхоийначу кху къонахийн цӀий мер дара ткъа аса?» ХӀунда аьлча, шайн дахарна кхерам боллушехь, деанера цара и хи. Цундела ца лиира Дауд-паччахьна и хи мала. Иштта хӀума динера оцу майрачу кхаа тӀемалочо.

20 Йоабан ваша Абушай вара оцу кхаа тӀемалочунна юкъахь коьртаниг. Абушайс шен гоьмукъца кхо бӀе мостагӀа вийнера. Оцу кхаа турпалхочунна юкъахь иза лараме верг вара. 21 Оцу кхаанна юкъахь гӀараваьлла вара Абушай. Иза церан баьчча а хилира, амма вукху уггар майрачу кхаа тӀемалочуьнга ца кхочура Абушай.

22 ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу шен майраллица а, ша дечу гӀуллакхашца а чӀогӀа гӀараваьлла стаг вара. Иза ша Къабциал-юьртара вара. Оцу БенъяхӀус Муаби-махкара гӀараваьлла волу ши баьчча+ 11:22 *ГӀараваьлла ши баьчча *– я иштта: *Ариалан ши кӀант.* вийнера. Цкъа, ло диллинчу хенахь, цо, саьнгар чу а ваьлла, цу чохь лом дийнера. 23 Пхи дол хиллал лекха а волуш, онда дегӀ а долуш волу мисархо а вийра БенъяхӀус кхин а. КӀади деш йолчу чорхан гӀуркх санна, чӀогӀа беза а, беха а болуш гоьмукъ бара оцу мисархочун карахь. Ткъа БенъяхӀус, карахь гӀаж а йолуш, мисархочунна тӀе а вахана, катоьхна цуьнгара и гоьмукъ схьа а баьккхина, оцу мисархочун шен гоьмукъца вийра иза. 24 Иштта гӀуллакхаш динера ЯхӀу-ЯдаӀан кӀанта БенъяхӀус. И важа кхо турпалхо санна, гӀараваьлла вара БенъяхӀу а. 25 Иза а оцу майрачу ткъе итт тӀемалочунна юкъахь гӀараваьлла вара, амма кхаа турпалхочунна юкъа ца вогӀура БенъяхӀу. Дауда шен ха деш болчарна юкъахь коьртаниг вина дӀахӀоттийнера БенъяхӀу.

26 Ткъа коьрта волу ткъе итт тӀемало хӀара вара:

Йоабан ваша ӀасахӀал,

Байтлахам-гӀалара Додин кӀант Элхьанан,

27 ХӀарар-гӀалара Шамати,

пеланхо волу Хьелац,

28 такхоӀхо волчу Ӏакхешан кӀант Ӏира,

Ӏанатотхо Абу-Ӏезар,

29 хьушатхо волу Субахи,

ахьохьахо Ӏилай,

30 натӀупатхо Махьран,

натӀупатхо волу БаӀнин кӀант Хьалид,

31 Ребин кӀант Ита, бен-яманхойн ГебаӀ-гӀалара волу,

пӀарӀатунхо волу БенъяхӀу,

32 ГаӀаш-тогӀенашкара Хьурай,

Ӏарбатера Абуал,

33 бахьрумхо Ӏазмават,

шаӀалбанхо Элияхьба,

34 гизанхо волчу ХӀашеман кӀентий,

ШагӀин кӀант ЯхӀуната, хӀарархо волу,

35 хӀарархо волчу Сакаран кӀант Ахьиам,

Урин кӀант ЭлипӀал,

36 Махерат-гӀалара Хьепар,

пеланхо АхьъяхӀу,

37 кармалхо волу Хьецари,

Эзбайн кӀант НаӀрай,

38 Натин ваша Юал,

ХӀагиран кӀант Мибхьар,

39 Ӏамминхо Цалакх,

баировтхо Нахьрай, Царуятан кӀентан Йоабан герз лелош верг,

40 итархо волу Ӏира,

итархо ГӀараб,

41 хьетахо УръяхӀу,

Ахьлайн кӀант Забад,

42 ша раабанхо волу а, раабанхой болчу тӀемалойн

коьртехь волу а Шизин кӀант Ӏадна.

Цуьнан а вара кхин ткъе итт тӀемало.

43 Кхин а МаӀхин кӀант Хьанан,

матнахо волу Яшпати,

44 Ӏаштаратхо волу Ӏуззи,

ӀаруӀерхо волчу Хьотаман кӀентий: ШамаӀ, ЯӀиал,

45 Шимрин кӀант ЕдиӀаал,

тайцахо волу цуьнан ваша Йохьа,

46 Махьвим-гӀалара Элиал,

ЭлнаӀаман кӀентий Ярибай, Юшав-ЯхӀу,

иштта муабахо волу Итма,

47 мецабайхой болу Элиал, Ӏабади, ЯӀсаал.

12

Даудехьа бевллачех дуьххьарлернаш

1 Дауд Къушин кӀантах Шаулах къайлаваьлла лелачу хенахь, Даудаца цхьаьнакхетта ЦакхелагӀ-гӀала баьхкинарш хӀорш бу (тӀамехь Даудана гӀо деш болчу турпалхошна юкъахь бара уьш, 2 Бен-Яманан тӀаьхьенах а болуш, карахь секхаӀедаш а долуш, аьтту я аьрру куьйга ширдолаг лелош я пхерчий кхуьссуш болу Шаулан гергарнаш бара уьш):

3 царах коьртаниг волу АхьиӀазар а, иштта ЮӀаш а (уьш бара гебаӀхо волчу ШемаӀин кӀентий);

Ӏазмаватан кӀентий Язиал, Пелат;

Барха а, Ӏанатотхо ЯхӀу а;

4 ткъе итт тӀемалочунна тӀехь хьаькам а волуш, царна юкъахь доьналла хиларца къаьстина хилла волу гавӀонхо ИшмаӀ-ЯхӀу;

Ярми-ЯхӀу, Яхьазиал, Йохьан, гадирахо волу Юзабди,

5 Эли-Ӏузай, Еримати, БаӀал-ЯхӀу, Шамар-ЯхӀу, хьарупхо волу Шапат-ЯхӀу;

6 кхорахьахой болу Элкхан, Йиши-ЯхӀу, Ӏазариал, ЮӀзар, ЯшбаӀам;

7 гадурхочун Ярохьаман кӀентий болу ЮӀела, Забди-ЯхӀу.

Гадин тайпанах болу Даудехьа бевлларш

8 Гадахойх цхьаберш Даудехьа бевлира, яьссачу аренгахь йолчу цуьнан чӀагӀоне а баьхкина. Уьш бара майра турпалхой, тӀом бан кийча болу тӀемалой, карахь турсашший, гоьмукъашший а долуш. Церан, лоьмийн санна, яххьаш яра. Уьш, ламанан лунаш санна, чехка а бара. 9 Царах коьртаниг – Эзар, шолгӀаниг – Ӏабди-ЯхӀу, кхозлагӀниг – Элиаб, 10 воьалгӀаниг – Мишмана, пхоьалгӀаниг – Ярми-ЯхӀу, 11 йолхалгӀаниг – Атай, ворхӀалгӀаниг – Элиал, 12 борхӀалгӀаниг – Йохьанан, уьссалгӀаниг Эли-Забда, 13 уьтталгӀаниг – Ярми-ЯхӀу, цхьайтталгӀаниг – Махбанай вара.

14 Гадахойх болу уьш тӀеман хьаькамаш бара: лахарниг – бӀе тӀемалочунна тӀехь, ткъа лакхарниг – эзарна тӀехь. 15 Уьш бара Йордан-хи дистина догӀуш хиллачу дуьххьарлерчу баттахь, хих чекх а бевлла, цу тогӀи чохь бехаш хилла болу, массо а нах малхбалехьа а, малхбузехьа а дӀалелхийнарш.

Бен-Яманан а, ЯхӀудан а тайпанашкара болу Даудехьа бевлла нах

16 Иштта, Даудан чӀагӀонна тӀе баьхкира Бен-Яманан а, ЯхӀудан а тӀаьхьенах болу нах. 17 Дауда, царна дуьхьал ара а ваьлла, элира: «Нагахь санна шу, суна гӀо дан а лууш, со волчу машарца даьхкинехь, хуьлийла сан шуьца деган цхьаалла. Амма, нагахь санна, суна ямартло а йина, сан мостагӀийн кара со дӀавала шу даьхкинехь, сан куьйгаш къинойх цӀена делахь а, вайн дайн Дала, шуна дагадеанарг а гина, дан дезарг Ша дойла шуна».

18 Ткъе итт тӀемалочунна тӀехь хьаькам волчу Ӏамсайна тӀе Делан Са доьссира. ТӀаккха цо элира:

«Тхо хьоьгахьа девлла, Дауд,

хьоьца ду тхо, Юшайн кӀант!

Боккха машар хуьлда хьуна,

машар хуьлда хьан гӀоьнчашна а,

хӀунда аьлча хьан Дела хьоьгахьа ву».

Дауда уьш, тӀе а эцна, эскаран коьрте дӀахӀиттийра.

Маннашан тайпанах болу Даудехьа бевлла нах

19 Маннашан тайпанах болу цхьаболу нах Даудехьа бевлира, Дауд пӀелаштамхошца цхьаьна Шаулна дуьхьал тӀом бан воьдучу хенахь. (Амма Дауда пӀелаштамхошна гӀо ца дина, хӀунда аьлча пӀелаштамхойн куьйгалхоша, вовшашна юкъахь барт а бина, дӀавахийтина хилла иза, ишттачу дешнашца: «Вайн нах а байина, иза шен паччахь волчу Шаулехьа вер ву».) 20 Дауд ЦакхелагӀе юхавоьрзучу хенахь цуьнгахьа бевлла маннашхой хӀорш бара: Аднахь, Юзабди, ЕдиӀаал, Микаал, Юзабди, ЭлихӀу, Цилтай. Уьш маннашхойн эзарна тӀехь болу хьаькамаш бара. 21 Цара талорхойн тобанашна дуьхьал латта гӀо дора Даудана, хӀунда аьлча уьш берриш а доьналла долу хьаькамаш бара эскарехь. 22 ХӀора дийнахь Даудана гӀо дан нах тӀеэхарна, Делан эскаре кхоччуш, чӀогӀа алсамделира цуьнан эскар.

Даудан эскар

23 Везачу Эло аьлла ма-хиллара, Шаулан пачхьалкх Даудан кара дӀаялархьама Дауд волчу Хьевроне баьхкинчу тӀемалойн тобанийн барамаш иштта бу:

24 ЯхӀудан тӀаьхьенах, карахь турс а, гоьмукъ а болуш волу, тӀамана кийча волу ялх эзар бархӀ бӀе стаг (6800);

25 ШимӀин тӀаьхьенах доьналла долуш волу ворхӀ эзар цхьа бӀе тӀемало (7100);

26 Левихойн тӀаьхьенах – виъ эзар ялх бӀе стаг (4600);

27 АхӀаронан тукхаман баьчча волу ЯхӀу-ЯдаӀа а, цуьнца волу кхо эзар ворхӀ бӀе стаг а (3700);

28 Майра къонах волу тӀемало ЦӀадукъа а, цуьнан доьзалера волу ткъе ши хьаькам а;

29 Бен-Яманан тӀаьхьенах волу а, Шаулан гергарчу нахах волу а кхо эзар (3000) стаг (царах дукхахберш хӀетталц Шаулан цӀенна тешаме биснера);

30 Эпрайман тӀаьхьенах волу, шайн тукхамашкахь цӀе яххана волу, доьналла долуш волу ткъа эзар бархӀ бӀе стаг (20800);

31 Маннашан ахтайпанах берхӀитта эзар (18000) стаг (уьш хӀорра а леррина схьакъастийнера, Даудаца дӀа а бахана, иза паччахь дӀахӀоттавайтархьама);

32 Иссарханан тӀаьхьенах волу ши бӀе баьчча а, царна муьтӀахь болу массо а гергара нах а (уьш заманах кхеташ а, Исраилан халкъо дан дезарг хууш а нах бара);

33 Забулан тайпанах схьакъастийна волу, массо а тайпана герз карахь а лелош, тӀамана кийча волу а, Даудана гӀо дарна тӀехь цхьа барт болу а шовзткъе итт эзар стаг (50000);

34 Напталан тайпанах волу эзар хьаькам а, цаьрца цхьаьна карахь турсаш а, гоьмукъаш а долу ткъе вуьрхӀитта эзар тӀемало а (37000);

35 Данан тайпанах тӀамана кийча волу ткъе бархӀ эзар ялх бӀе стаг (28600);

36 Ашаран тӀаьхьенах тӀамана кийча волу шовзткъа эзар тӀемало (40000);

37 Йордан-хина дехьа агӀор долчу раабанхойн а, гадахойн а тайпанех а, Маннашан ахтайпанах а волу массо а тайпана герз карахь долу цхьа бӀе ткъа эзар стаг (120000).

38 ТӀамана кечвина волу массо а тӀемало доггах веара Хьеврон-гӀала, Дауд дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахь дӀахӀотторхьама. Кхиболу массо а исраилхой а цхьа барт болуш бара Дауд паччахь дӀахӀотторна тӀехь. 39 Дауд волчохь юуш-молуш кхо де даьккхинера цара, хӀунда аьлча церан гергарчу наха массо а тайпана юург-мерг кечйинера царна. 40 Церан уллора болчу а, ур-атталла генахь болчу иссарханхойн а, забулхойн а, напталхойн а тайпанех болчу наха а варраш тӀехь, эмкалш тӀехь, бӀарзанаш тӀехь, стерчаш тӀехь иштта кхача беара: дама, инжираш, кишмаш, чагӀар, зайтдаьтта, дуккха а жа, даьхни, хӀунда аьлча Исраилан халкъана хазахетар хиллера.

13

Бертан тӀорказ Кхиръят-ЯӀаримера дӀадахьар

(Дауд 6:1-11)

1 Массо а баьччанех – эзарна тӀехь болчу хьаькамех а, бӀенна тӀехь болчу хьаькамех а – дагавелира Дауд. 2 Исраилхойн массо а гуламе Дауда элира: «Нагахь шуна иза дика а хетахь, нагахь иза вайн Везачу Делан лаамехь а делахь, Исраилан махкарчу массо а меттера кхиболчу вайн гергарчарна а, шайн дежийлашна уллохь йолчу гӀаланашкахь болчу динан дайшна а, левихошна а тӀе нах бохуьйтур бу вай, халкъ схьагулде аьлла. 3 Вай вешан Делан тӀорказ схьадахьар ду, хӀунда аьлча Шаулан заманчохь вай цуьнгахула Делах дага ца довлура». 4 Массо а гуламо элира: «Хуьлийла иза иштта!» ХӀунда аьлча массо а халкъана и гӀуллакх нийса хийтира.

5- 13:5 Шамъал 7:1, 2. Иштта Дауда схьагулбира массо а исраилхой, Мисар-махкана уллохь долчу Шихьор-хина тӀера къилбаседехьа йолчу Хьамат-Ӏинна тӀе кхаччалц, Кхиръят-ЯӀаримера Делан тӀорказ схьадархьама. 6- 13:6 Арадаккхар 25:22. Дауд а, цуьнца долу дерриг а Исраилан халкъ а ЯхӀуд-махкарчу БаӀала-гӀала (и ю Кхиръят-ЯӀарим-гӀала) дахара, Делан тӀорказ цигара схьадан. (Цу тӀорказца йоьзна ю Везачу Элан цӀе. ТӀорказан негӀар тӀехь дина дӀахӀоттийна дашо ши каруб- малик ду. Царна тӀехула ю Везачу Элан меттиг.) 7 Иштта Делан тӀорказ, керлачу ворданна тӀе а диллина, Абинадабан цӀера дӀадаьхьира. Ӏузий, Ахьъюй и ворда лелош вара. 8 Ткъа Дауда а, массо а исраилхоша а Далла хьалха, шайн ницкъ мел бу эшарш а лоькхуш, тайп-тайпанчу дечиг-пондаршца а, жиргӀанашца а, негӀарш вовшахдеттарца а, турбанашца а мукъам балабора.

9 Уьш Кидунан хьаьтта дӀакхаьчча, Ӏузас, куьг дӀа а кховдийна, Делан тӀорказ схьалецира, стерчаша иза агӀордаьккхина дела. 10 Амма Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Ӏузина. Везачу Эло Ӏуза вийра, цо, куьг дӀа а кховдийна, Делан тӀорказ схьалацарна. Иза циггахь Далла хьалха велира. 11 ТӀаккха Дауд чӀогӀа оьгӀазвахара, Везачу Эло Ӏузина тохар бахьана долуш. И меттиг хӀинца а «Парас Ӏуза» олуш ю (иза «Ӏузина тохар» бохург ду).

12 Цу дийнахь Дауд кхеравелира Делах. Дауда элира: «Со волчу муха дӀахьур ду аса Делан тӀорказ?» 13 Иштта, и тӀорказ ша волчу, Даудан гӀала, дӀа ца даьхьира Дауда. Цо иза гатихо волчу Ӏабади-Эдоман цӀа дӀадаьхьира. 14- 13:14 1 Шерашкахь 26:4, 5. Кхаа баттахь лаьттира Делан тӀорказ Ӏабади-Эдоман цӀахь. Ӏабади-Эдоман цӀа а, цуьнан мел йолу хӀума а Везачу Эло декъалйира.

14

Дауда Ярушалаймехь дина гӀуллакхаш

(Дауд 5:11-16)

1 Цора-гӀалин паччахьо Хьирама геланчаш хьажийна хилла Даудана тӀе, цаьрца баганан дечиг а дохьуьйтуш, тӀулг буттурш а, дечиган пхьераш а бохуьйтуш, цаьрга Даудана паччахьан цӀа дайтархьама. 2 ТӀаккха кхийтира Дауд, Везачу Эло ша исраилхойн паччахьан даржехь чӀагӀвинийла а, Цо хаьржина долчу Исраилан халкъан дуьхьа шен паччахьалла чӀогӀа айинийла а.

3 Ярушалаймехь волуш, Дауда шена кхин а зударий балийра. Кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира цуьнан. 4 Даудана Ярушалаймехь динчу берийн цӀераш иштта яра: ШамуӀ, Шубаб, Ната, Сулим, 5 Ибхьар, Эли-ШуӀа, Эли-Палати 6 НугӀахӀи, Непаг, ЯпияӀ, 7 Эли-ШамаӀ, БаӀал-ЯдаӀ+ 14:7 *БаӀал-ЯдаӀ *– иза ЭлидаӀан кхин цӀе ю. Хьажал 3:8.*, Эли-Пулат.

ПӀелаштамхошна тӀехь толам баккхар

(Дауд 5:17-25)

8 ПӀелаштамхошна Дауд дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахь хила къобалвинийла дӀахиъча, уьш берриш а иза лаха арабевлира. Ткъа Дауд, шена и хезча, царна дуьхьалвала аравелира. 9 Ткъа пӀелаштамхой, схьа а баьхкина, Репайм олучу тогӀи чохь нахана тӀелетира. 10 ТӀаккха Дауда Деле хаьттира: «Со пӀелаштамхошна дуьхьал вала мегий? Ахьа уьш сан кара схьалур буй те?» – аьлла.

Везачу Эло жоп делира: «Мега. Аса уьш хьан кара дӀалур бу», – аьлла.

11 Уьш БаӀал-Паруциме бахара, цигахь Дауда пӀелаштамхой эшийра. Дауда элира: «Дистина тӀедогӀучу хино санна, Везачу Эло дӀабехира сан мостагӀий сан куьйгахула». Цундела цу меттигна, БаӀал-Паруцим аьлла, цӀе тиллира (иза «хи тӀедаларан олахо» бохург ду). 12 ПӀелаштамхоша цигахь шайн деланаш битира, ткъа Дауда, омра а дина, уьш цӀергахь багабайтира.

13 Юха а пӀелаштамхой, баьхкина, тогӀи чохь болчу нахана тӀелетира. 14 Дауда кхин цкъа а Везачу Эле хаттар дира, ткъа Дала цунна жоп делира: «Нийсса царна дуьхьал ара ма вала. ТӀехьахула тӀе а гӀой, комарийн дитташ долчу агӀор царна тӀелата. 15 Хьайна, комарийн диттийн баххьашкахула цхьаъ дӀавоьдуш санна, гӀовгӀа хазахь, тӀом бан аравала. Цунах хьуна хуур ду, Дела, хьуна хьалха а ваьлла, пӀелаштамхойн эскар хӀаллакдан воьдийла». 16 Дауда Везачу Эло шена тӀедиллинарг кхочушдира. Цара пӀелаштамхойн эскар ГавӀон-гӀалара дуьйна ГӀазар-гӀалина тӀекхаччалц хӀаллакдира. 17 Иштта, массо а мехкашкахула цӀе яхара Даудан. Массо а халкъаш цунах кхоьруш дӀахӀиттийна хилла Везачу Эло.

15

Бертан тӀорказ схьаэцарна бина кечам

1 «Даудан гӀалахь» шена цӀенош дайтира Дауда. ТӀаккха цо, Делан тӀорказ дӀахӀотто меттиг кеч а йина, цунна лерина четар дӀахӀоттийра. 2- 15:2 Карлабаьккхинарг 10:8. Цул тӀаьхьа Дауда элира: «Левихой боцучу кхечара цхьаммо а лелор дац Делан тӀорказ, хӀунда аьлча Везачу Эло уьш хаьржина Шен тӀорказ лело а, цаьрга абаденналц Шена гӀуллакх дайта а». 3 Везачу Элан тӀорказ ша кечйинчу метте дӀадахьийтархьама, берриг а исраилхой Ярушалайме схьагулбира Дауда. 4 АхӀаронан тӀаьхье а, левихой а шена тӀекхайкхира цо. Уьш хӀорш бара: 5 кхахӀатхойн тӀаьхьенан баьчча волу Уриал а, цуьнца царах волу цхьа бӀе ткъа стаг а (120); 6 мерарихойн тӀаьхьенан баьчча хилла волу Ӏаси-ЯхӀу а, цуьнца царах волу ши бӀе ткъа стаг а (220); 7 гӀиршанхойн тӀаьхьенах баьчча хилла волу Юал а, цуьнца царах волу цхьа бӀе ткъе итт стаг а (130); 8 эли-цапанхойн тӀаьхьенан баьчча хилла волу ШамӀа-ЯхӀу а, цуьнца царах волу ши бӀе стаг а (200); 9 хьевронхойн тӀаьхьенан баьчча хилла волу Элиал а, цуьнца царах везткъа стаг а (80); 10 Ӏузиалхойн тӀаьхьенан баьчча хилла волу Ӏамминадаб а, цуьнца царах цхьа бӀе шийтта стаг а (112).

11 Иштта Дауда шена тӀе кхайкхира динан дай ЦӀадукъа а, Абу-ЯтӀари а, ткъа левихойх – Уриал, Ӏаси-ЯхӀу, Юал, ШамӀа-ЯхӀу, Элиал, Ӏамминадаб. 12 Дауда цаьрга элира: «Шу левихойн доьзалийн баьччанаш ду. Шу шаьш а, шун вежарий а Далла хьалха цӀан а ло, аша Исраилан халкъан Везачу Делан тӀорказ схьа а да. Аса дӀахӀотто кечйинчу метте дӀахӀоттаде иза. 13 Левихой долчу аша дуьххьара Делан тӀорказ шаьш ца лелийна дела, вайн Веза Дела чӀогӀа оьгӀазвахара. И гӀуллакх муха дан деза аьлла, вай дага ма ца девллера Цунах».

14 ТӀаккха Исраилан халкъан Везачу Делан тӀорказ схьадархьама, динан дай а, левихой а Далла хьалха цӀанбелира. 15- 15:15 Арадаккхар 25:14. Везачу Эло Мусагахула тӀе-ма-диллара, левихоша Делан тӀорказ шайн белшашна тӀедехкинчу хьокхашца дӀадаьхьира.

16 Дауда левихойн баьччанашка омра дира, левихойн тайпанах илланчаш дӀахӀиттабе аьлла, мукъам балочу гӀирсашца – мерз-пондаршца а, дечиг-пондаршца а, вовшахдеттачу негӀаршца а – иштта айдинчу озаца а цаьрга иллеш алийтархьама. 17 Левихоша дӀахӀоттийра Юалан кӀант ХӀайман а, цуьнан гергарчарах волчу Берех-ЯхӀун кӀант Асайп а. Ткъа мерарихойн тукхамах – Кхуша-ЯхӀун кӀант волу Этан дӀахӀоттийра. 18 Иштта церан кхиболу гергарнаш а дӀахӀиттийра: Закри-ЯхӀу, Бени, ЯӀзиал, Шамирамути, Яхьиал, Ӏуни, Элиаб, БенъяхӀу, МаӀсей-ЯхӀу, Маттит-ЯхӀу, Эли-ПалехӀу, Макхни-ЯхӀу, Ӏабади-Эдом, ЯӀиал. Уьш кевнехь гӀаролхой бара. 19 ХӀаймана а, Асайпа а, Этана а цӀестан негӀаршца чӀоггӀа мукъам бало дезара. 20 Ткъа Закри-ЯхӀус, Ӏазиала, Шамирамутис, Яхьиала, Ӏунис, Элиаба, МаӀсей-ЯхӀус, БенъяхӀус лекхачу озаца мерз-пондарш лакха дезара. 21 Иштта, лохачу озаца а локхуш, дечиг-пондаршца мукъам бало безара Маттит-ЯхӀус, Эли-ПалехӀус, Макхни-ЯхӀус, Ӏабади-Эдома, ЯӀиала, Азаз-ЯхӀус.

22 ТӀаккха левихойн баьчча волу Ханан-ЯхӀу, цуьнан корматалла йолу дела, илланчашна тӀехь куьйгалхо дӀахӀоттийра. 23 Берех-ЯхӀу а, Элкхан а бара бертан тӀорказ дӀахӀоттийначу цӀа чохь неӀарехь гӀарол деш. 24 Динан дайша Шабан-ЯхӀус, Яшпатис, Натунаила, Ӏамсайс, Закри-ЯхӀус, БенъяхӀус, ЭлиӀазара Делан тӀорказна хьалха турбанаш локхура. Ткъа Ӏабади-Эдом а, Яхьи-ЯхӀу а тӀорказ долчохь гӀарол деш вара.

Бертан тӀорказ Ярушалайме дӀадахьар

(Дауд 6:12-22)

25 Иштта, Дауд а, исраилхойн къаной а, тӀеман коьрта хьаькамаш а баккхийберца бахара Ӏабади-Эдоман цӀа чуьра Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ дӀадахьа. 26 Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ дӀахьош болчу левихошна Дала гӀо дарна, ворхӀ сту а, ворхӀ ка а сагӀина бейтира. 27 Даудана тӀехь а, иштта тӀорказ дӀахьош болчу массо а левихошна а, илланчашна а, илланчийн куьйгалхочунна Ханан-ЯхӀуна а тӀехь дуткъачу кӀадих йина бедарш яра. Ткъа Дауда тӀекхоьллина кхин втанан ийпад а яра. 28 Мерзпондаршца а, дечиг-пондаршца а мукъамаш а далош, маӀаш а, турбанаш а, цӀестан пондарш а лоькхуш, баккхийберца маьхьарий а детташ, Исраилан дерриг а халкъо Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ гӀали чу доккхура.

29 Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ Даудан гӀали чу доккхучу хенахь, Шаулан йоӀ Михула корах арахьоьжуш яра. Ирх а лелхаш, воккхаверца хелхавуьйлуш волу Дауд-паччахь шена гича, шен даг чохь иза цунах ца ешира.

16

1 Делан тӀорказ, схьа а деана, Дауда цунна кечдинчу четар чохь охьадиллира. ТӀаккха Далла хьалха дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дехира цара. 2 Ша дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш даьхна ваьллачул тӀаьхьа, Дауда Везачу Элан цӀарах халкъ декъалдира. 3 Массо а исраилхочунна, божаршна санна, зударшна а, цо цхьацца бепиг а, Ӏаьвдинчу хурманийн цхьацца курс а, Ӏаьвдинчу кишмашийн цхьацца курс а кховдийра.

4 ТӀаккха цхьаболу левихой Везачу Элан тӀорказна хьалха гӀуллакх дан дӀахӀиттийра цо, цаьрга Исраилан халкъан Везачу Далла доӀанаш дайтархьама а, баркалла алийтархьама а, хастам байтархьама а. 5 Царах коьртаниг Асайп вара, шолгӀаниг вара Закри-ЯхӀу, цул тӀаьхьа бара ЯӀиал, Шамирамути, Яхьиал, Маттит-ЯхӀу, Элиаб, БенъяхӀу, Ӏабади-Эдом, ЯӀиал. Уьш мерз-пондарш а, дечиг-пондарш а карахь долуш дӀахӀиттийра. Асайп дӀахӀоттийнера цӀастанан жима негӀарш вовшехдетта. 6 Динан дай болу БенъяхӀу а, Яхьазиал а дӀахӀиттийнера Делаца бинчу бертан тӀорказна хьалха, цаьрга массо а хенахь турба лакхийтархьама. 7 Цу дийнахь Дауда дуьххьара делира Асайпан а, цуьнан гергарчеран а кара Везачу Элана баркаллин дешнаш алар.

Даудан баркаллин назма

(Забур 104:1-15; 95:1-13; 105:1, 47, 48)

8 Баркалла ала Везачу Элана!

Цуьнан цӀарна хастамаш бе!

Довзийта халкъашна Цуьнан гӀуллакхаш.

9 Иллеш ала Цунна, пондарш лакха Цунна.

Дерриг а Цуьнан тамашийначу гӀуллакхех лаций дӀадийца.

10 Дозалла де Цуьнан езачу цӀарах!

Веза Эла лоьхучийн дегнаш самукъадолуш хуьлийла!

11 Веза Эла а, Цуьнан ницкъ а лаха,

гуттар Цунна уллохь хила гӀерта.

12 Дагахь латтаде Цо дина тамашийна гӀуллакхаш а,

Цо гайтина билгалонаш а, Цо йина кхелаш а,

13 ва Цуьнан ялхо хиллачу ИбрахӀиман хӀух дерш,

Цо хаьржина хиллачу Якъубан тӀаьхьенах дерш!

14 Веза Эла волу Иза вайн Дела ву.

Цуьнан кхелаш массо а лаьттахула ю.

15 Цо даим дагахь латтор бу Шен барт,

эзаран барамехь йолчу тӀаьхьенашна Ша делла дош,

16 ИбрахӀимца Ша бина болу барт,

Исхьакхана, чӀагӀо а еш, Ша дина ваӀда.

17- 16:17, 18 Доладалар 28:13. Цо Якъубана иза чӀагӀдира парз санна,

Исраилана+ 16:17 *Исраил *– и ву Якъуб.* – гуттаренна а болу барт санна.

18 Цо аьллера: «Хьуна лур ду Аса канаӀанхойн латта,

и дакъа хьуна шерет санна кхочур ду».

19 Церан терахь цу хенахь дуккха а ца хилла,

кӀезиг а болуш, уьш махкахь тӀебаьхкина Ӏаш хилла.

20 Уьш дӀаоьхура цхьа къам долчуьра важа къам долчу,

цхьана пачхьалкхера кхечу халкъан пачхьалкх йолчу.

21- 16:21, 22 Доладалар 20:3-7. Дала цхьанна а бакъо ца лора уьш бацо,

церан дуьхьа Цо паччахьашка дӀахьедар дора:

22 «Ас къобалбинчарах дӀа ма хьакхалолаш,

Сан пайхамаршна зулам а ма делаш».

23 Лакха эшарш Везачу Элана массо а дуьнено.

Де дийне мел дели Цуьнан кӀелхьардахар кхайкхаде.

24 Къаьмнашна юкъахь Цуьнан сийлалла дӀакхайкхае,

массо а халкъашка Цуьнан тамашийна гӀуллакхаш дӀадийца.

25 Сийлахь ву Веза Эла, Цунна хастамаш бан хьакъ а ду.

Массо а деланел а Шега болчу ларамах бузуьйтуш ву Иза.

26 Кхечу къаьмнийн массо а деланаш – цӀуш бу,

ткъа Везачу Эло стигалш кхоьллина.

27 Цунна гонах паччахьан сий а, исбаьхьалла а ю.

Цуьнан деза цӀа ницкъах а, хазахетарх а дуьзна ду.

28 Къаьмнийн доьзалш, Везачу Элана хастамаш бейша!

Везачу Элан сийлалла а, ницкъ а кхайкхадейша!

29 Везачу Элан цӀеран сийлаллина лерина кхайкхамаш бейша!

СагӀанаш а дахьаш, Цуьнан цӀийнан керта чу дуьйлийша!

Цо Шен возалла гойтучу хенахь Везачу Элана суждане гӀойша.

30 Дерриг а дуьне, дегаде Цунна хьалха!

Латта чӀогӀа лаьтташ ду, ткъа иза меттахдер а дац!

31 Стигалш сакъералойша, латта даккхийде!

ДӀаала халкъашка: «Веза Эла паччахьалла деш ву!»

32 ХӀордо а, цунна чохь мел долчу хӀумано а гӀовгӀа е!

Кхаш а, царна тӀехь мел дерг а даккхийдеш хила.

33 Хьуьнхахь мел долу дитташ а даккхийдеш хир ду,

Везачу Элана хьалха, хӀунда аьлча Иза вогӀуш ву,

дуьненна тӀехь куьйгалла дархьама.

34- 16:34 2 Шерашкахь 5:13; 7:3; Ӏезар 3:11; Забур 100:5; 106:1; 107:1; 118:1; 136:1; Ярми-ЯхӀу 33:11. Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна,

Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

35 Алийша: «КӀелхьардахахьа тхо, КӀелхьардохург волу тхан Дела,

схьа а гулдехьа, кӀелхьар а дахахьа тхо кхечу къаьмнашна юкъара,

тхоьга Хьан цӀе хастаяйта а,

Хьуна хастам барх тхоьга дозалла дайта а.

36 Хастам бу Исраилан халкъан Везачу Далла,

азалехь дуьйна абаденналц!»

Дерриге а халкъо элира: « Амин! Хастам бу Везачу Элана!»

Ярушалаймехь а, ГавӀон-гӀалахь а Далла лерина дина гӀуллакх

37 Асайп а, цуьнан гергарнаш а Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказна хьалха дӀахӀиттийна битира Дауда, цаьрга массо а хенахь, хӀора а дийнан эшаре хьаьжжина, гӀуллакх дайтархьама. 38 Цаьрца цхьаьна цо витира Ӏабади-Эдом а, цуьнан гергарчарах волу кхузткъе ворхӀ стаг а. Ткъа Ядутунан кӀант Ӏабади-Эдом а, иштта Хьоса а кевнехь гӀарол дийраш бара.

39 Ткъа динан да волу ЦӀадукъа а, динан дай болу цуьнан вежарий а Дауда битира ГавӀонан гу тӀехь долчу Везачу Элан цӀа чохь. 40 Уьш хӀиттийнера, цаьрга дагоран сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь массо а хенахь, Ӏуьйранна а, суьйранна а Везачу Элана дагоран сагӀанаш дахийтархьама, Везачу Эло Исраилан халкъана дӀабеллачу товрат-хьехам тӀехь яздинчу массо а хӀумане хьаьжжина. 41 Цаьрца цхьаьна, Везачу Элана хастамаш байтархьама, цигахь битинера ХӀайман, Ядутун, кхиболу, хӀораннан а цӀе а йоккхуш, схьахаьржина болу нах а, хӀунда аьлча Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. 42 ХӀайман а, Ядутун а хӀоттийнера турбанашца а, цӀастанан негӀаршца а, Далла иллеш аларна лерина болчу кхечу зурманийн гӀирсашца а мукъам балорна тӀехь. Ткъа Ядутунан кӀентий кевнехь дӀахӀиттийна бара.

43- 16:43 Дауд 6:19, 20. Дерриге а халкъ шен-шен цӀа дирзира. Дауд а юхавирзира, шен цӀа декъалдархьама.

17

Дауд а, Ната-пайхамар а

(Дауд 7:1-17)

1 Шен цӀеношкахь ша вехаш Ӏачу хенахь, Дауда Ната-пайхамаре элира: «Гой хьуна, со баганан дечигах динчу паччахьан цӀа чохь Ӏаш ву, ткъа Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ четар бухахь лаьтташ ду».

2 Натас Дауде элира: «Хьайна дан дагадеанарг дерриг а кхочушде, хӀунда аьлча Дела хьоьца ву».

3 Амма цу буссехь Натига Делан дош кхечира: 4 «Ваха а гӀой, Сан лай волчу Дауде дӀаала, Везачу Эло иштта боху алий: „Суна чохь Ӏан цӀа ахь дийр дац, 5 хӀунда аьлча Исраилан халкъ Аса арадаьккхинчу хенахь дуьйна таханлера де тӀекхаччалц цӀа чохь Ӏар а доцуш, цхьана четар чуьра вукху четар чу а, цхьана меттера вукху метте а волуш, ваьлла лелара Со. 6 Исраилан халкъаца Со миччахьахула а лелачу хенахь халкъан тайпанашкара цхьаьнгге а, Сайн къомана тӀехь Ӏуналла дан Айса къобалвинчу куьйгалхочуьнга, хаьттиний ткъа Аса: ‘Аша Суна баганан дечигах цӀа хӀунда ца до?’ – аьлла.

7 Ткъа хӀинца, ваха а гӀой, Сан лай волчу Дауде дӀаала, массо а ницкъийн Везачу Эло цуьнга боху алий: ‘Аса хьо, уьстагӀий дажош волчуьра схьа а валийна, Сайн Исраилан халкъана тӀехь баьчча хӀоттийна. 8 Хьо миччахьа вахча а, Со массо а хенахь хьоьца хилла. Массо а хьан мостагӀий Аса хӀаллакбина. Аса дуьнен тӀехь сийлахь болчарна юкъахь а къаьсттина хьан сий хьаладоккхур ду. 9 Аса Сайн Исраилан халкъана меттиг билгалйоккхур а ю, орамат санна, иза дугӀур а ду, шен долахь йолу меттиг цуьнан хилийта а, цуьнга кхин са ца гатдайта а. Зуламечу наха уьш кхин хьийзор бац, юьхьанца санна, 10 мехкан куьйгалхой Сан къомана тӀехь Аса къобалбинчу хенахь дуьйна иза ма-хиллара. Аса хьан массо а мостагӀий кӀелбуьтур бу. Аса хаам бо хьоьга, Веза Эла волчу Айса хьуна хьан тӀаьхьенах цӀа дийр ду аьлла. 11 Хьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дӀакхелхинчул тӀаьхьа, Аса меттахӀоттор ду хьан хӀу, хьан тӀаьхьенах цхьаъ паччахь а вина. Цуьнан паччахьалла чӀагӀдийр ду Аса. 12 Цо Суна лерина цӀа дийр ду, ткъа Аса иза а, цунах схьабевлларш а абаденналц шайн паччахьан даржехь чӀагӀбийр бу. 13- 17:13 2 Коринтхошка 6:18; Ӏебархошка 1:5. Со цуьнан да хир ву, иза Сан кӀант хир ву. Амма Сайн цуьнга болу безам Аса дӀабоккхур бац, хьол хьалха хиллачуьнга Сайн хилла безам Аса дӀабаьккхинехь а. 14 Сайн халкъана тӀехь а, Сайн пачхьалкхана тӀехь а абаденналц дӀахӀоттор ву Аса иза. Цуьнан паччахьалла гуттаренна а чӀагӀдина хир ду’“».

15 Дерриг и дешнаш а, шена хӀоьттина сурт а Натас ма-дарра дӀадийцира Дауде.

Дауда дина баркаллин доӀа

(Дауд 7:18-29)

16 ТӀаккха Дауд-паччахьо, ваха а вахана, Везачу Элана хьалха дӀа а хӀоьттина, элира: «Со а мила вара, ва Веза Дела, сан цӀа а хӀун яра, Ахьа цу тайпана со даржехь лакхаваккхал? 17 Хьуна-м иза а кӀезиг хетта, ва Дела! Ахьа Хьайн лай волчун цӀийнах хиндерг а схьадийци. Со цхьа сийлахь-доккха адам долуш санна хьоьжу Хьо соьга, Веза Дела! 18 Кхин хӀун эр ду Хьоьга Дауда, Ахь Хьайн лай волчун сий лакхадаккхар бахьана долуш? Хьуна вевза-кх Хьайн лай! 19 Веза Эла! Хьан лай волчун дуьхьа, Хьайн деган лаамца и даккхий хӀуманаш дина-кх Ахьа, и шадерг нахана дӀа а довзуьйтуш. 20 Хьоьца нисван цхьа а стаг вац, Веза Эла, ткъа Хьо воцург Дела а вац, тхайн лергашна тхуна схьа-ма-хаззара. 21 Мичахь ду Хьан санна долу къам? Мичахь ду Исраилан санна долу халкъ? Шен дуьхьа Дела араваьлла долу къам дуьнен чохь цхьаъ бен дац. Дела аравелира, Шена и къам мехах схьаэцархьама а, Шен цӀе айархьама а, уьш бахьана долуш даккхий а, инзаре а гӀуллакхаш дархьама а. Айхьа Мисар-махкара мехах паргӀатдаьккхина долчу Хьайн къомана хьалхара важа къаьмнаш дӀалохкура Ахьа. 22 Ахьа Исраилан къомах массо а ханна Хьайн долахь долу къам дира, ткъа Хьо, Веза Эла, церан Дела хилла дӀахӀоьттира.

23 Ткъа хӀинца, Веза Эла, Айхьа Хьайн лай волчу сох а, сан цӀийнах а лаьцна аьлла долу дош абаденналц чӀагӀдина хилийтахьа. Айхьа аьлларг кхочушдехьа, 24 иза билггал хилийтархьама а, массо а тӀейогӀун йолчу ханна Хьан цӀе язъяйтархьама а. ТӀаккха наха эр ду: „Массо а ницкъийн Веза Эла, Исраилан халкъана тӀехь волу Дела – Иза Исраилан халкъехьа волу Дела ву!“ Иштта Хьан лай волчу Даудан цӀа Хьуна хьалха чӀагӀделла лаьттар ду! 25 Ткъа Ахьа, сан Дела, Хьайн лай волчу суна дӀадилли, Айхьа суна цӀа дийриг хилар. Цундела Хьан лай волу со ваьхьира Хьуна хьалха хӀара доӀа дан. 26 Ва Веза Эла, Хьо Дела ма ву! Ткъа Хьайн лай волчунна иштта дика дан ваӀда дина Ахьа! 27 Хьан лай волчун тӀаьхье декъалъехьа, иза массо а ханна а Хьайна хьалха хилийтархьама. Веза Эла волчу Ахьа сан цӀа декъал ма дина, цундела иза массо а хенахь декъал хир ду».

18

Даудан тӀеман толамаш

(Дауд 8:1-18)

1 Цул тӀаьхьа Дауда, пӀелаштамхошна тӀехь толам а баьккхина, уьш муьтӀахь бира. Иштта, Гати-гӀала а, цунна гонах йолу меттигаш а цо пӀелаштамхойн карара схьаехира. 2 Иштта, муабахой а эшийра Дауда, ткъа уьш Даудан лай хилла дӀахӀиттира, кхунна ял а луш.

3 Цоба-мехкан паччахь волу ХӀадад-Ӏезар Эпрат-хина йистехула Ӏохкуш долчу латтанаш тӀехь шен паччахьалла дӀахӀотто воьдучу хенахь, Хьамат-гӀалахь Дауда эшийра. 4 Цуьнгара цхьа эзар гӀудалкх а, ворхӀ эзар бере а, ткъа эзар гӀашло а схьаваьккхира цо. Шен гӀудалкхашна хьалха дӀайожа бӀе говр бен ца юьтуш, массо а говрийн когийн хьорзамаш хедийра цо.

5 Цоба-мехкан паччахь волчу ХӀадад-Ӏезарна гӀоьнна Дамасакхера арамхой баьхкира, амма Дауда ткъе шиъ эзар арамхо хӀаллаквира. 6 Дауда арамхой Ӏаш болчу Дамасакхехь шен эскаран цхьайолу тобанаш дӀахӀиттийра. Иштта, арамхой а Даудан лай хилла дӀахӀиттира, цунна ял а луш. Везачу Эло араволучу массо а меттера толамца цӀа воьрзуьйтура Дауд. 7 ХӀадад-Ӏезаран баьччанех дисина долу дашо турсаш схьа а эцна, Ярушалайме схьадеара Дауда. 8- 18:8 Сулим 7:40-47; 2 Шерашкахь 4:11-18. ХӀадад-Ӏезаран олаллехь хиллачу ТӀивхьат-гӀалара а, Кун-гӀалара а цо дукха ез схьадаьккхира. (ТӀаьхьо цунах Сулим-паччахьо боккха цӀестан яй а, бӀогӀамаш а, пхьегӀаш а Делан цӀенна яйтира.)

9 Хьамат-гӀалахь паччахь волчу ТоӀина хезира, цобахойн паччахьан ХӀадад-Ӏезаран эскар Дауда эшийна аьлла. 10 ТӀаккха ТоӀас шен кӀант ХӀайдарам вахийтира Даудан сий дан а, цунна ХӀадад-Ӏезар эшаварна баркалла ала а, ХӀадад-Ӏезар шеца кест-кеста тӀом беш схьавеана дела. Ша Дауд волчу вогӀуш, ХӀайдарама дашо а, дато а, цӀестан а пхьегӀаш еара. 11 Уьш а Дауд-паччахьо Везачу Элана лерина дечу гӀуллакхна йитира, ша эшийначу къаьмнашкара – эдомхошкара а, муабахошкара а, Ӏамминхошкара а, пӀелаштамхошкара а, Ӏамалекхахошкара а – схьа мел даьккхина долу дети а, деши а санна.

12- 18:12 Забур 60. Дуьра тогӀи олучу меттигехь Царуятан кӀанта Абушайс берхӀитта эзар эдомхо эшийра. 13 Дауда Эдомехь шен эскаран тобанаш дӀахӀиттийра, ткъа массо а эдомхо цуьнан лай хилла дӀахӀоьттира. Везачу Эло Дауд араволучу массо а меттигера толамца цӀа воьрзуьйтура иза.

14 Дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахьалла а деш, шен халкъаца бакъо а, нийсо а лелош вара Дауд. 15 Царуятан кӀант Йоаб цуьнан эскаран хьаькам вара, ткъа Ахьлудан кӀант ЯхӀушапти пачхьалкхан гӀуллакхаш дӀаяздеш верг вара. 16 Ахьтубин кӀант ЦӀадукъа а, Абу-ЯтӀарин кӀант Ахьи-Малик а динан дай бара, ткъа Шавша йозанчин болх беш вара. 17 ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу кератхошний, палетхошний+ 18:17 *Кератхой, палетхой *– кхечу мехкашкара болу, паччахь ларвеш болу тӀемалой.* тӀехь хьаькам вара, ткъа Даудан кӀентий паччахьан хьехамчийн хьалхарнаш бара.

19

Дауда Ӏамминхой а, арамхой а эшабо

(Дауд 10:1-19)

1 Цхьа хан яьлча, Ӏамминхойн паччахь волу Нахьаш велира. Нахьашан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Хьануни. 2 Дауда элира: «Нахьаш соьца дика хилла дела, со а цуьнан кӀантаца дика хир ву». Цо шен ялхой бахийтира Хьанунига кадам бан, цуьнан велла да бахьана долуш.

Даудан ялхой Ӏамминхойн махка Хьануни волчу баьхкира, кадам бархьама. 3 Амма Ӏамминхойн элаша шайн олахочуьнга элира: «Хьуна баккъалла-м ца моьтту, Дауда хьан дега шен хилла болу ларам бахьана долуш бахкийтина хьуна тӀе хӀара догъоьцурш? ХӀан-хӀан, уьш баьхкина, хьан махкахь дерг дикка талла а теллина, цул тӀаьхьа иза бохо дагахь».

4 Хьанунис, Даудан ялхой схьа а лецна, хӀораннан а месаш дӀаешира, цул тӀаьхьа, царна тӀера бедарш вареш тӀе кхаччалц дӀа а хедийна, уьш дӀахийцира. 5 Цхьаболчу геланчаша, дӀа а бахана, оцу нахах лаьцна хабар Даудана тӀедаьхьча, шен ялхошна дуьхьал нах бахийтира Дауда, уьш чӀогӀа юьхьӀаьржачу хӀиттийна хилла дела. Паччахьо цаьрга хабар дахьийтира: «Шайн мажош яхъяллалц Ерихонехь совца. Цул тӀаьхьа цӀа догӀур ду шу», – аьлла.

6 Шаьш Даудана, лаьхьанна тоьхна гӀаж санна, боьха хетийла хиъча, Ӏамминхоша а, Хьанунис а ши эзар пунт дети дахьийтира Арам-НахӀарайма а, Арам-МаӀха а, Цоба-махка а, цигара гӀудалкхаш а, дошлой а шайна лацархьама. 7 Иштта, ткъе шийтта эзар гӀудалкх а, МаӀхин паччахь а цуьнан эскарца мехах лецира шайна Ӏамминхоша. ХӀорш схьабаьхкича, Мейдеба-гӀалина уллохь меттамотт дӀахӀоттийра. Ӏамминхой, шайн гӀаланашкара схьа а гулбелла, тӀом бан арабевлира.

8 Шена иза дӀахезча, Дауда Йоаб вахийтира цига, цуьнца доьналла долу берриг а тӀемалой а болуш. 9 Ӏамминхой, гӀалин кертара ара а бевлла, тӀамана кечбелла кевнехь дӀахӀиттира. Ткъа схьабаьхкина болу паччахьаш шерачу аренгахь юьстахбевлла лаьтташ бара.

10 МостагӀчун эскарийн могӀарш шена тӀехьа а, хьалха а дӀахӀиттина гича, Йоаба исраилхошна юкъара уггар тоьлла болу тӀемалой арамхошна дуьхьалбехира. 11 Кхиболу эскархой цо шен вешин Абушайн кара дӀабелира, ткъа цо уьш Ӏамминхошна дуьхьалбехира. 12 Йоаба Абушайга элира: «Арамхоша со эшочу далахь, ахьа суна гӀо дийр ду, нагахь санна Ӏамминхоша хьо эшош хилахь, аса хьоьгахьа гӀо доккхур ду. 13 Доьналла долуш хила. Майра лаьттар ду вай, Исраилан халкъ а, вайн Делан гӀаланаш а ларъеш. Ткъа Везачу Эло Шен лаам берг дийр ду».

14 Йоаб шен эскарца арамхошна тӀелетира, ткъа вуьш цунах бевдда дӀабахара. 15 Шайна арамхой дӀауьдуш гича, Йоабан веших Абушайх бевдда, гӀала дӀабахара Ӏамминхой. Юха а вирзина, Йоаб Ярушалайме схьавеара. 16 Шаьш исраилхоша эшийна хилар гича, арамхоша геланчаш а бахийтина, Эпрат-хил дехьа агӀор Ӏаш болу арамхой арабехира. Царна куьйгалла дира ХӀадад-Ӏезаран тӀеман хьаькам волчу Шупака. 17 И хаам шега кхаьчча, Дауд, массо а исраилхо вовшах а тоьхна, Йордан-хих дехьавелира. ТӀаккха, арамхой болчу а веана, царна дуьхьал дӀахӀоьттира Дауд. Уьш вовшахлетира. 18 Амма арамхой исраилхойх бевдда дӀабахара. Церан гӀудалкхех Дауда ворхӀ эзар йохийра, ткъа гӀашлойх шовзткъа эзар стаг а вийра. Дауда иштта арамхойн тӀеман хьаькам волу Шупак а вийра. 19 Шаьш исраилхоша эшош хилар гича, ХӀадад-Ӏезаран куьйга кӀел хиллачара Даудаца барт бира, уьш цунна къера а хилира. Ткъа арамхой кхин цкъа а ца хӀуттура Ӏамминхошна гӀо дан.

20

Дауда Рабба-гӀала схьайоккху

(Дауд 12:27-31)

1- 20:1 Дауд 11:1. Цхьа шо даьлча, паччахьаш тӀамана арабовлучу хенахь, Йоаба эскар арадаьккхира. Ӏамминхойн мохк боха а бина, схьа а веана, Рабба-гӀалина го бира цо. Ткъа Дауд Ярушалаймехь сецира. Йоаба Рабба-гӀала, схьа а яьккхина, йохийра. 2 Дауда церан паччахьан коьртара+ 20:2 *Церан паччахьан коьртара *– я иштта: *МилкӀом-цӀун коьртара.* деших дина, дезачу жовхӀарех кхелина долу таж схьаийцира. И таж дешин шина пуьнтах динера. Иза Даудан коьрта тӀе диллира. Цо дуккха а хӀонс араяьккхира цу гӀалара. 3 Рабба-гӀалахь мел болу бахархой ара а баьхна, уьш херхашца, аьчка отургашца, дагаршца болх бан дӀахӀиттийра цо. Дауда массо а Ӏамминхойн гӀаланашкахь цу тайпана белхаш дӀаболийра. Цул тӀаьхьа Дауд а, дерриг а цуьнан эскар а Ярушалайме юхадирзира.

ПӀелаштамхойн турпалшца тӀом бар

(Дауд 21:15-22)

4 Цул тӀаьхьа ГӀазар-гӀалахь пӀелаштамхошца тӀом дӀаболабелира. Цигахь хьушатхо волчу Субахис турпалш болчу репахойн тӀаьхьенах волу Сипай вийра. ТӀаккха уьш муьтӀахь хилира исраилхошна. 5- 20:5 Шамъал 17:4-7. ТӀаьхьо кхин а цхьа тӀом хилира пӀелаштамхошца. Цигахь ЯӀиран кӀанта Элхьанана гатихо волчу ГӀолиатан ваша Лахьми вийра. Цуьнан гоьмукъа тӀера гӀаж кӀадидархочо болх бечу хенахь лелош йолу еха гӀаж санна яра.

6 Гати-гӀалахь кхин а хилира тӀом. Цигахь цхьа инзаре лекха стаг вара. Цуьнан куьйгийн а, когийн а ялх-ялх пӀелг бара. Уьш берриш а ткъе биъ пӀелг бара. И стаг а турпалш болчу репахойх схьаваьлла вара. 7 Иза, исраилхойх лаьцна вон бага етташ, луьйш вара. И репахо Даудан вешин ШимӀин кӀанта ЯхӀунатас вийра.

8 И кхо стаг Гати-гӀаларчу турпалш болчу репахойн гаранах схьаваьлла вара. Уьш Даудан а, цуьнан эскархойн а карах белира.

21

Халкъан дагардар

(Дауд 24:1-25)

1 Иблис Исраилан халкъана дуьхьалделира. Цо Даудана исраилхой багарбан дагадаийтира. 2 Йоабе а, эскаран хьаькамашка а Дауда элира: «Даха а гӀой, Беар-ШабаӀ-гӀалара дуьйна Дан-гӀалина тӀекхаччалц йолчу меттигашкара исраилхой, багарбай, соьга хаам бе, уьш мел бу суна хаийта».

3 ТӀаккха Йоаба паччахье элира: «Шен халкъ кхин а бӀозза алсамдоккхийла Везачу Эло. Сан олахо волу паччахь, и халкъ дерриг а сан олахо волчу хьан дац ткъа? Ткъа сан олахочунна хӀунда оьшу иза? ХӀунда дуьллу те ахь Исраилан халкъана тӀе и декхар?» 4 Амма паччахьо аьллачу дешнаша къера хилийтира Йоаб. Иштта Йоаб, массо а Исраил-махкахула чекх а ваьлла, Ярушалайме юхавеара. 5 Нах багарбаран жамӀ Дауде дӀаделира Йоаба: берриге а Исраил-махкахь кара тур а лаьцна, тӀом балур болуш волу цхьа миллион цхьа бӀе эзар стаг вара. Ткъа, кара тур а лаьцна, тӀом балур болуш волу яхӀудхо виъ бӀе кхузткъе итт эзар стаг вара. 6 Паччахьо тӀедиллина гӀуллакх шена ца тайна дела, левихой а, бен-яманхой а багар ца бинера Йоаба.

7 И гӀуллакх Далла хьалха там боцуш хилла дела, Цо Исраилан халкъана таӀзар дира. 8 Дауда Деле элира: «И гӀуллакх дар бахьана долуш, аса сайх доккха къа латийна. Веза Эла, Хьан лай волчу суна гечдар доьху аса Хьоьга. ЧӀогӀа хьекъале доцу хӀума дина аса».

9 ТӀаккха Даудах Делера дерг гуш волчу Гада-пайхамаре Везачу Эло элира: 10 «Ваха а гӀой, Дауде дӀаала: „Везачу Эло боху: ‘Хьуна лерина кхо таӀзар ду Сан. Царах хьайна цхьаъ схьахаржа, иза Соьга кхочушдайтархьама’“».

11 Гадас, Дауд волчу а веана, цуьнга элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Кхаа таӀзарх цхьаъ къастаде: 12 Кхаа шарахь мацалла лаьттийла лаьа хьуна, я кхаа баттахь, церан тур хьайна тӀе а кхочуьйтуш, хьайн мостагӀех ведда лела лаьа хьуна, я кхаа дийнахь Везачу Элан тур шайна тӀехь хила лаьа хьуна? Оцу деношкахь махкахь Ӏожаллин ун хӀуттур ду, Везачу Элан Малико берриге а Исраил-махкахула нах хӀаллак а беш. Ойла а яй, соьга хаам бе, хӀун ала аса со Ваийтинчуьнга?“»

13 Дауда Гадига элира: «Соьгахь боккха бала бу! Везачу Элан кара дӀадалийтахьара Ахь тхо, Цуьнан къинхетам чӀогӀа боккха болу дела. Ткъа адамийн кара тхо дӀа ма далийтахьара».

14 ТӀаккха Везачу Эло исраилхошна ун тӀехийцира. Царна юкъахь кхузткъе итт эзар стаг велира, и ун бахьана долуш. 15 Дала Ярушалайме малик дахийтира, иза хӀаллакьяйтархьама. Малик шега аьлларг дан доладелча, хуьлуш болу бохам а гина, дохковаьллачу Везачу Эло адам хӀаллакдеш долчу малике элира: «Тоьар ду! ХӀинца охьадахийта хьайн куьг». Цу хенахь Везачу Элан малик явсайхо волчу Аравнин+ 21:15 *Кхийолчу аяташкахь (Дауд 24:16) санна: *Аравна. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *Орнан.* хьаьттарна юххехь дара.

16 Шен бӀаьргаш хьалахьажийча, Даудана гира лаьттана а, стигална а юкъахь Ярушалаймана тӀехула баттара даьккхина тур карахь долу Везачу Элан малик. ТӀаккха Дауд а, къаной а, тӀехь сингаттаман духар а долуш, шайн яххьаш тӀе лаьтта охьаийгира. 17 Дауда Деле элира: «Халкъ дагардайтинарг со вацара ткъа? Аса латийна и къа, Аса дина и зулам. Ткъа хӀокху наха цхьа а вониг ца дина. Уьш, уьстагӀий санна, суна тӀаьхьахӀиттина лелла. Ва сан Веза Дела, Хьан таӀзар суна а, сан ден доьзална а тӀе доьрзийла, амма Хьан халкъана тӀехь и ун ма дуьсийла!»

18 Везачу Элан малико Гаде элира, Дауде дӀаалийтархьама: «Ваха а гӀой, Везачу Элана сагӀа доккхуш йолу меттиг кечъе явсайхо волчу Аравнин хьаьттарехь». 19 Везачу Эло Гадехула шега аьлларг Дауда кхочушдира. 20 Ша кӀа оруш волчу хенахь, Аравнина юхахьаьжча, малик гира. Цуьнан виъ кӀант цу маликах дӀахьулвелира. 21 Юха Дауд и волчу веара. ДӀахьаьжча, Дауд а гина, хьаьттара схьа а ваьлла, Аравна цунна хьалха лаьтта кхаччалц суждана вахара. 22 Дауда Аравнига элира: «Суна хьайн хьаьтт лохьа, Везачу Элана сагӀа доккхуш йолу меттиг кхузахь соьга кечъяйтархьама, халкъана тӀедаийтина ун сацадайтархьама. Цуьнан билггал шен болчу мехах йохкахьа иза суна».

23 Аравнис Дауде жоп делира: «ДӀаэца хьайна хьаьтт, сан олахо волчу паччахьо шена луъург дойла цунах. Аса хӀара стерчий а дӀало дийнаташ дагоран сагӀина, мекха а дӀало ас дечиган метта, кӀа а дӀало кӀен сагӀина. И дерриг а аса маьхза дӀало хьуна».

24 Ткъа Дауд-паччахьо Аравнига элира: «ХӀан-хӀа, и хьаьтт, шен билггал болчу мехах эца лаьа суна хьоьгара. ХӀунда аьлча хьан долахь йолу хӀума Везачу Элана сайгара сагӀина лур яц аса. Маьхза еллачу хӀуманах дагоран сагӀа а доккхур дац аса». 25 Дауда ялх бӀе шекхал деши делира Аравнина цу меттигах. 26 Цигахь Дауда Везачу Элана лерина долу сагӀа доккху меттиг кечйира. Цо цигахь дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш а дехира. ТӀаккха Везачу Эле кхайкхира иза. Везачу Эло цуьнан доӀанна жоп делира, дийнаташ дагоран сагӀа доккхучу меттигна тӀе стигалара цӀе а йоссош.

27 ТӀаккха Везачу Эло малике, шен тур батта дилла элира. 28 Цу хенахь явсайхочун Аравнин хьаьттахь волчу Дауда, ша Везачу Элана дӀахезна хилар а гина, циггахь сагӀанаш дехира. 29 Ткъа яьссачу аренгахь Мусас дина долу Везачу Элан четар а, дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч а цу хенахь ГавӀон-ломан сагӀа доккхучу гу тӀехь лаьтташ бара. 30 Дауд ца ваьхьира Делах дагавала цига ваха, хӀунда аьлча Везачу Элан маликан туьрах кхеравеллера иза.

22

1 ТӀаккха Дауда элира: «Кхузахь хир ду Везачу Делан цӀа, Исраилан халкъо дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч а хир бу кхузахь».

Делан цӀа дӀахӀотторна кечам бар

2 Дауда омра дира, исраилхойн махкахь тӀебаьхкина Ӏаш болу нах схьагулбе аьлла. Царна юкъара Делан цӀенна кечбеш болу тӀулг хьакха нах дӀахӀиттийра Дауда. 3 Цо дуккха а эчиг кечдира кевнийн неӀаршна оьшун долу хьостамий а, цу неӀарийн кӀажаш а дан. Иштта барам боцуш дукха цӀаста а кечдира. 4 Дагар ца даллал дукха баганан дечиг а охьадиллира Дауда, хӀунда аьлча цӀаданхоша а, цорахоша а вуно дукха баганан дечигаш еанера цунна. 5 Дауда элира: «Сан кӀант Сулим къона ву, иза говзалла йолуш а вац. Ткъа Везачу Элана лерина дан деза цӀа, массо а къаьмнашна хьалха сийлаллина а, хазаллина а долуш, чӀогӀа сийлахь хила дезаш ду. Цундела аса кечам бийр бу цунна». Иштта ша дӀакхалхале дукха хӀума кечдина хилла Дауда.

6 Шен кӀант Сулим тӀе а кхайкхина, Дауда цуьнга весет дира, Исраилан халкъан Везачу Далла цӀа де аьлла. 7- 22:7-10 Дауд 7:1-16; 1 Шерашкахь 17:1-14. Дауда Сулиме элира: «Сан кӀант! Сайн Везачу Далла лерина цӀа дан дагадеанера суна. 8 Амма соьга Везачу Элан дош кхечира. Цо элира: „Ахьа адамийн дукха цӀий а Ӏанийра, баккхий тӀемаш а бира. Суна лерина цӀа ахьа дан ца деза, хӀунда аьлча Суна хьалха дукха цӀий Ӏанийна ахьа лаьтта тӀе. 9 Хьан кӀант хир ву. Иза машаре хир ву. Массо а гонах болчу мостагӀашкахьара синтем лур бу Аса цунна, цундела цуьнан цӀе Сулим+ 22:9 *Сулим *– Ӏебархойн маттахь иза «синтем» бохург ду.* хир ю. Цо паччахьалла дийр долчу заманчохь Исраил-махкана машар а, синтем а лур бу Аса. 10 Цо дийр ду Суна лерина цӀа. Со цуьнан Да хир ву, ткъа иза Сан кӀант хир ву. Исраилан халкъана тӀехь долу цуьнан а, цуьнан тӀаьхьенан а паччахьалла гуттаренна а чӀагӀдийр ду Аса“.

11 Ткъа хӀинца, сан кӀант! Хуьлийла Веза Эла хьоьца, Ша хьох лаьцна аьлла ма-хиллара, хьайн Везачу Далла ахь цӀа дарна тӀехь хьан аьтто боккхийла Цо. 12 Исраилан халкъана тӀехь паччахь хьо дӀа а хӀоттош, Везачу Эло хьуна хьекъал а, кхетам а лойла, хьайн Везачу Делан товрат-хьехам хьоьга ларбайтархьама. 13- 22:13 ЮшаӀ 1:6-9. Нагахь санна Везачу Эло Исраилан халкъана Мусагахула делла парзаш а, тӀедехкинарш а кхочушдан хьо гӀертахь, ахьа до гӀуллакхаш декъалдина хир ду. ЧӀагӀ а ло, доьналла долуш а хила, кхера а ма кхера, са а ма гатде. 14 Аса, къа а хьоьгуш, Везачу Элан цӀенна ши бӀе эзар пунт деши а, ши миллион пунт дети а кечдина, ткъа барам боцуш дукха цӀаста а, эчиг а кечдина. Иштта дечиг а, тӀулг а кечбина аса, ткъа ахьа тӀеоьшург кечъе. 15 Хьан дуккха а белхалой бу: тӀулг хьокхурш а, тӀулгпхьераш а, дечигпхьераш а, иштта дешица а, детица а, цӀастанца а, эчигца а муьлхха а гӀуллакх дан хуур долу нах а – церан барам бац. Хьайн гӀуллакх, дӀа а доладай, чекхдаккха. Веза Эла хьоьца хуьлийла».

17 Исраилхойн массо а баьччанашна Дауда тӀедиллира шен кӀантана Сулимана гӀо дар. 18 Цо элира: «Шун Веза Дела шуьца вац ткъа? Цо шуна массо а агӀор синтем ца белира ткъа? ХӀунда аьлча Цо беллера сан кара мехкан бахархой, ткъа и мохк Везачу Элана а, Цуьнан халкъана а муьтӀахь хилира. 19 Шайн дегнаш а, шайн синош а Делехьа дерзаде, шайн Веза Дела лахархьама. ДӀа а хӀиттий, Везачу Далла лерина деза цӀа де, цу чу Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ а, Далла леринчу гӀуллакхна лелош йолу язйина пхьегӀаш а охьаяхкархьама».

23

Левихошка Делан цӀа чохь гӀуллакх муха дан деза аьлла дӀахьедар

1 Дауд, дикка дуьне а диъна, къанвелира. Шен кӀант Сулим, Исраил-мехкан паччахь а вина, дӀахӀотто лиира цунна. 2 Исраил-мехкан массо а баьччанаш схьагулбира Дауд-паччахьо. Иштта схьагулбира цо массо а динан коьрта дай а, левихой а. 3 Дауд-паччахьо гулбеллачарна юккъера берриг а ткъе итт шо я цул сов хан йолу левихой багарбайтира. Уьш верриг а ткъе берхӀитта эзар стаг вара. 4 Дауд-паччахьо элира: «Царах ткъе виъ эзар левихочо Везачу Элан ЦӀенна тӀехь бечу белхийн куьйгалла дийр ду. Ткъа йозанца болу белхаш бийраш а, кхелахой а ялх эзар левихо хир ву. 5 Виъ эзар левихо ха деш хир ву, ткъа важа виъ эзар левихо зурманаш лоькхучу гӀирсаш тӀехь гӀуллакх деш хир ву. И зурманаш локху гӀирс леррина Веза Эла хасто бина бу».

6 И левихой кхаа тобане бийкъира Дауд-паччахьо. Уьш Левин кхаа кӀентан тӀаьхьенах бара: ГӀиршанах, КхахӀатах, Мерарих.

ГӀиршанан тӀаьхье

7 ГӀиршанан тӀаьхьенах царна юкъахь бара: ЛаӀдан, ШамаӀи.

8 ЛаӀданан кхо кӀант вара: воккхаха верг – Яхьиал, важа шиъ – Зетам а, Юал а.

9 ШамаӀин кӀентий бара: Шалумати, Хьазиал, ХӀарон. И кхо кӀант ЛаӀданан тӀаьхьенан баьчча вара. 10 Кхин а виъ кӀант вара ШамаӀин. Уьш бара: Яхьат, Зиза, ЕӀуш, БериӀ. 11 Яхьат царах воккханиг вара, ткъа Зиза шолгӀаниг вара. Ткъа ЕӀушан а, БериӀан а бераш кӀеззиг дара, цундела уьш цхьа доьзал санна лорура.

КхахӀатан тӀаьхье

12 КхахӀатан виъ кӀант вара: Ӏамрам, Ицхьар, Хьеврон, Ӏузиал.

13- 23:13 Арадаккхар 28:1. Ткъа Ӏамраман ши кӀант вара: АхӀарон а, Муса а. АхӀарон а, цуьнан тӀаьхье а гуттаренна а къастийнера Дала, цаьрга уггар деза гӀуллакхаш кхочушдайтархьама. Царна тӀедиллина гӀуллакхаш хӀорш дара: Везачу Элана хьалха хаза хьожа йогӀу кӀур баккхар а, Цунна Ӏамал яр а, Цуьнан цӀарах адамаш декъалдар а. 14 Ткъа Муса Делан стаг вара. Цуьнан кӀентий Левин тӀаьхьенах лоруш бара. 15 Мусан кӀентий бара: ГӀиршам, ЭлиӀазар. 16 ГӀиршаман воккхаха волу кӀант вара Шубиал. 17 ЭлиӀазаран дуьххьарлера доьзалхо вара Рехьаб-ЯхӀу. Кхин кӀентий бацара ЭлиӀазаран. Амма Рехьаб-ЯхӀун дуккха а кӀентий бара.

18 Ицхьаран воккхаха волу кӀант вара Шалумати.

19 Хьевронан воккхаха волу кӀант вара Яри-ЯхӀу. ШолгӀа кӀант Ӏамар-ЯхӀу вара. КхоалгӀаниг Яхьазиал вара. Ткъа ЕкхамӀам Хьевронан воьалгӀа кӀант вара.

20 Ӏузиалан воккхаха волу кӀант вара Мика. Йоши-ЯхӀу цуьнан шолгӀа кӀант вара.

Мераран тӀаьхье

21 Мерарин кӀентий бара: Махьли, Мушхьи.

Махьлин кӀентий бара: ЭлиӀазар, Къуша. 22 ЭлиӀазаран кӀентий бацара, цуьнан йоӀарий бара. ЭлиӀазаран йоӀарий шайн гергара болчу Къушин кӀенташка маре бахара.

23 Мушхьин кхо кӀант вара: Махьли, Ӏедар, Еримати.

24 Иштта яра шайн тайпанашца а, доьзалшца а йолу Левин тӀаьхьенаш. И тӀаьхьенаш шайн цӀерашца хӀокху йозанна тӀехь дӀаязйина ю. Ткъа шо я цул сов хан йолчу левихошна бен ца магадора Везачу Элан ЦӀа чохь гӀуллакхаш дан. 25 Дауда олура: «Исраилан халкъан Везачу Дала Шен халкъана машар белла. Веза Эла гуттаренна а Ярушалаймехь вуьсу. 26- 23:26 Карлабаьккхинарг 10:8. ХӀинца дуьйна Делан деза четар а, цунна чохь гӀуллакх деш лелош йолу хӀуманаш а лело езар яц шайца левихоша». 27 Даудан тӀаьххьара долчу омранашна тӀе а доьгӀна, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчу массо а левихоша 28- 23:28-32 Лелар 3:5-9. Везачу Элан ЦӀа чохь гӀуллакх деш болчу АхӀаронан тӀаьхьенах болчарна гӀо дан дезаш дара. Левихоша цӀано латто езаш яра цу ЦӀийнан керташкахь а, цуьнан агӀонаш тӀехь йолчу чоьнашкахь а. Цара Везачу Элан ЦӀа чохь а, кертахь а мел йолу хӀума цӀанйора. Левихойн болх бара Везачу Элан ЦӀа чохь а, кертахь а гӀуллакх дар. 29 Левихоша тергам бора Везачу Элан ЦӀа чохь дӀахӀотточу, Далла лерина долчу баьпкан а, цара дола дора ялтин сагӀанашна лерина долчу деман а, иштта совсаза болчу бедах динчу хьокхамийн а, доттучу баьпкан а, бод кечбаран а тергам бора цара. Цара массо а хӀуманан барам лелабора. 30 ХӀора Ӏуьйранна а, суьйранна а Везачу Элана баркалла а кхайкхош, хастамаш бан а безара левихоша. 31 Цара изза дан дезара къастийначу дезачу деношкахь а, керла бутт болалуш долчу дезачу деношкахь а, дезачу шоьтан деношкахь а, хӀоразза а Везачу Элана дийнаташ дагоран сагӀанаш даьхча а. Яздина билгалдаьккхина ма-хиллара, Везачу Элана хьалха гӀуллакх дан дезара левихоша массо а хенахь.

32 Иштта, левихоша гуламан четарна уллохь ха а дора, еза хӀуманаш лар а йора. Цара гӀо дора АхӀаронан тӀаьхьенах болчу шайн гергарчу нахана Везачу Элан ЦӀийнан кертахь Далла гӀуллакх дан.

24

Динан дай Далла гӀуллакх дан дӀахӀиттор

1 Иштта ю АхӀаронан тӀаьхьенах схьаевлла тобанаш. АхӀаронан кӀентий хилира Надаб, АбихӀу, ЭлиӀазар, Итамар. 2- 24:2 Ӏамалъяр 10:1, 2. Надаб а, АбихӀу а шайн дел хьалха дӀакхелхинера. Церан кӀентий ца хилира, цундела динан дай санна гӀуллакх деш ЭлиӀазар а, Итамар а вара. 3 Дауда а, ЭлиӀазаран тӀаьхьенах волчу ЦӀадукъас а, Итамаран тӀаьхьенах волчу Ахьи-Малика а тобанашкахь дӀасабийкъира уьш, царна тӀедехкинчу гӀуллакхашка хьаьжжина. 4 ЭлиӀазаран тӀаьхьенан юкъара болу баьччанаш Итамаран тӀаьхьенна юкъара болчарал совбевлира. Цундела уьш иштта дӀасабийкъира: ЭлиӀазаран тӀаьхьенах ялхитта доьзалийн баьчча, ткъа Итамаран тӀаьхьенах – бархӀ баьчча схьахаьржира. 5 Уьш кхаж тасарца тобанашкахь дӀасабийкъира, хӀунда аьлча Далла хьалхахь а, Цуьнан цӀа чохь а гӀуллакх дан дӀахӀиттийна баьччанаш ЭлиӀазаран а, Итамаран а тӀаьхьенех хилла. 6 Уьш дӀаязбеш вара Натунаилан кӀант ШамӀа-ЯхӀу. Иза левихойх схьаваьлла йозанча вара. Паччахьна а, баьччанашна а, динан дена ЦӀадукъина а, Абу-ЯтӀарин кӀантана Ахьи-Маликана а, динан дайн а, левихойн а доьзалийн баьччанашна а хьалха уьш дӀаязбеш вара ШамӀа-ЯхӀу. Кхаж тосучу хенахь, цкъа хьалха цхьа доьзал ЭлиӀазаран тӀаьхьенах, тӀаккха Итамаран тӀаьхьенах схьахоржура цара.

7 Хьалхара кхаж ЯхӀу-Ярибан белира, шолгӀаниг – ЯдаӀ-ЯхӀун, 8 кхоалгӀаниг – Хьармин, боьалгӀаниг – СаӀуриман, 9 пхоьалгӀаниг – Малки-ЯхӀун, йолхалгӀаниг – Мияманан, 10 ворхӀалгӀаниг – Къоцин, борхӀалгӀаниг – Аби-ЯхӀун, 11 уьссалгӀаниг – ЮшаӀан, уьтталгӀаниг – Шахан-ЯхӀун, 12 цхьайтталгӀаниг – Элишубан, шуьйтталгӀаниг – Якъиман, 13 кхойтталгӀаниг – Хьупайн, бейтталгӀаниг Яшаб-Абун, 14 пхуьйтталгӀаниг – Билгин, ялхитталгӀаниг – Амиран, 15 вуьрхӀитталгӀаниг – Хьецаран, берхӀитталгӀаниг – Хьапицацан, 16 ткъайоьсналгӀаниг – Патахь-ЯхӀун, ткъолгӀаниг – Яхьазкхиалан, 17 ткъе цхьалгӀаниг – Якинан, ткъе шолгӀаниг – Гамулан, 18 ткъе кхоалгӀаниг – Дали-ЯхӀун, ткъе боьалгӀаниг – МаӀаз-ЯхӀун.

19 Исраилан халкъан Везачу Дала, тӀе а дуьллуш, церан дегахула АхӀаронехула билгал-ма-даккхара, Везачу Элан цӀа чохь гӀуллакх дан уьш боьлхучу хенахь, иштта рагӀ яра церан.

Бисина левихой гӀуллакхе дӀахӀиттор

20 Бисинчу левихойн тӀаьхьенах йолчу тобанийн баьччанаш хӀорш бара:

Ӏамраман тӀаьхьенан баьчча хилира Шубиал;

Шубиалан тӀаьхьенан – Яхьди-ЯхӀу;

21 Рехьаб-ЯхӀун тӀаьхьенан хьалхарниг вара Йоши-ЯхӀу;

22 Ицхьархойх баьчча хилира Шалумат;

Шалуматин тӀаьхьенан – Яхьат;

23 Хьевронан тӀаьхьенах хьалхарниг хилира Яри-ЯхӀу, шолгӀаниг – Амар-ЯхӀу, кхоалгӀаниг – Яхьазиал, воьалгӀаниг – ЕкхамӀам;

24 Ӏузиалан тӀаьхьенах волчу Микин тӀаьхьенах – Шамир.

25 Микин ваша волчу Йоши-ЯхӀун тӀаьхьенах – Закри-ЯхӀу;

26 Мерарин кӀентий бара: Махьли, Мушхьи, ЯӀзи-ЯхӀу. 27 Мерарин кӀант волчу ЯӀзи-ЯхӀун тӀаьхьенан баьччанаш хилира: ШухӀам, Закхур, Ӏебар. 28 Махьлин тӀаьхьенан – ЭлиӀазар. ЭлиӀазаран кӀентий бацара. 29 Къушин тӀаьхьенан – Ярахьмиал. 30 Мушхьин кӀентий бара: Махьли, Ӏедар, Еримати.

Иштта ю левихойн тӀаьхьенаш, шайн доьзалшка хьаьжжина.

31 Цара а, АхӀаронах схьабевллачу шайн вежарша санна, Дауд-паччахьна а, ЦӀадукъина а, Ахьи-Маликана а, динан дайн а, левихойн а доьзалийн баьччанашна а хьалха кхаж тосура. Доьзалан баьччано а, шен жимаха волчу вашас санна, кхаж тосура.

25

Делан цӀийнан илланчаш

1 Дауда а, эскаран хьаькамаша а, дечиг-пондаршца а, мерз-пондаршца а, цӀастанан негӀаршца а мукъамаш а балош, Делера болу хаамаш кхайкхоран гӀуллакхна схьакъастийра Асайпан а, ХӀайманан а, Ядутунан а тӀаьхьенах берш. Шайн-шайн гӀуллакхе хьаьжжина, иштта болх бан дӀакъастийначу нехан цӀераш хӀорш ю:

2 Асайпан кӀентех бара: Закхур, Юсуп, Натан-ЯхӀу, Асар-Эла. Асайпан кӀенташа цуьнан куьйгаллехь гӀуллакх дора, ткъа Асайпа – паччахьан куьйгаллехь Делера болу хаамаш бора.

3 Ядутунан кӀентех вара: Гадал-ЯхӀу, Зари, ЯшаӀ-ЯхӀу, ШамаӀи, Хьашби-ЯхӀу, Маттит-ЯхӀу. Уьш ялх кӀант вара. Царна тӀехь куьйгалла а деш, церан дас Ядутуна Делера хаамаш бора, дечиг-пондар лакхарца Везачу Элана баркаллаш а олуш, Цунна хастамаш а беш.

4 ХӀайманан кӀентех вара: Букъи-ЯхӀу, Матан-ЯхӀу, Ӏузиал, Шубиал, Еримати, Хьанан-ЯхӀу, Хьанани, Эли-Ата, Гидалти, Румамти-Ӏезар, Йошбикхаша, Малути, ХӀутир, Махьзиут. 5 Хиндерг гуш волчу а, Делера хаамаш нуьцкъала беш волчу а паччахьан пайхамаран ХӀайманан кӀентий бара уьш берриш а. Вейтта кӀант а, кхо йоӀ а еллера Дала ХӀайманна. 6 Цара массара а, шайн дайша куьйгалла а деш, Везачу Элан цӀийнан кертахь цӀастанан негӀаршца а, мерз-пондаршца а, дечиг-пондаршца а иллеш аларца Далла гӀуллакх дора. Ткъа Асайп а, Ядутун а, ХӀайман а паччахьан куьйгаллехь вара.

7 Шайн гергарчаьрца цхьаьна, Везачу Элана хьалха иллеш ала Ӏемина а, говза волу а ши бӀе везткъе бархӀ стаг вара уьш верриг а (288).

8 Цара массара а, жима а, воккха а доцуш, хьехархоша дешархошца цхьабосса кхаж тосура, шаьш гӀуллакх дан деза рагӀ билгалйоккхуш.

9 Хьалхара кхаж Асайпан тӀаьхьенах волчу Юсупан белира. ШолгӀаниг – Гадал-ЯхӀун а, цуьнан вежарийн а, кӀентийн а белира. Уьш шийтта вара. 10 КхоалгӀаниг – Закхуран а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 11 БоьалгӀа кхаж – Изрин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 12 ПхоьалгӀа кхаж – Натан-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 13 ЙолхалгӀа кхаж – Букъи-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 14 ВорхӀалгӀаниг – Ясар-Элан а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 15 БорхӀалгӀаниг – ЯшаӀ-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 16 УьссалгӀаниг – Матан-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 17 УьтталгӀаниг – ШамаӀин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 18 ЦхьайтталгӀаниг – Ӏазариалан а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 19 ШуьйтталгӀаниг – Хьашби-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 20 КхойтталгӀаниг – Шубиалан а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 21 БейтталгӀаниг – Маттит-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 22 ПхуьйтталгӀаниг – Ериматин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 23 ЯлхитталгӀаниг – Хьанан-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 24 ВуьрхӀитталгӀаниг – Йошбикхашан а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 25 БерхӀитталгӀаниг – Хьананин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 26 ТкъайоьсналгӀаниг – Малутин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 27 ТкъолгӀаниг – Эли-Атин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 28 Ткъе цхьалгӀаниг ХӀутиран а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 29 Ткъе шолгӀаниг – Гидалтин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 30 Ткъе кхоалгӀаниг – Махьзиутан а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 31 Ткъе боьалгӀаниг – Румамти-Ӏезаран а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.

26

Везачу Элан цӀийнан кевнера гӀаролхой

1 Кевнашкахь гӀарол дан дӀахӀиттийнарш хӀорш бара: кхорахьахойх – Кхурин кӀант Мишлам-ЯхӀу. Иза Асайпан тӀаьхьенах вара. 2 Мишлам-ЯхӀун кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера доьзалхо Закри-ЯхӀу, шолгӀаниг – ЕдиӀаал, кхоалгӀаниг – Забди-ЯхӀу, воьалгӀаниг – Ятниал, 3 пхоьалгӀаниг – Ӏейлам, йолхалгӀаниг – ЯхӀу-Хьана, ворхӀалгӀаниг – Эли-ЯхӀу-Ӏейни.

4- 26:4, 5 Дауд 6:11; Арадаккхар 13:14. Ӏабади-Эдоман кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера кӀант ШамӀа-ЯхӀу, шолгӀаниг – ЯхӀу-Забди, кхоалгӀаниг – Юахьи, воьалгӀаниг – Сакар, пхоьалгӀаниг – Натунаил, 5 йолхалгӀаниг – Ӏамиал, ворхӀалгӀаниг – Иссархан, борхӀалгӀаниг – ПаӀултай. Дала декъалвинера Ӏабади-Эдом.

6 ПаӀултайн кӀентан ШамӀа-ЯхӀун а бара кӀентий. Уьш говза нах хилла дела, шайн доьзалшкахь баьччанаш бара уьш. 7 ШамӀа-ЯхӀун кӀентий хӀорш бара: Ӏотни, Рапиал, Ӏабади, Эли-Забда. Цуьнан гергара нах а бара говза нах. Уьш бара ЭлихӀу, Симах-ЯхӀу.

8 Уьш берриш а Ӏабади-Эдоман кӀентех схьабевллера. Шайна тӀедиллина гӀуллакх дан говза а болуш, иза кхочуш а деш, нах бара уьш а, церан кӀентий а, вежарий а. Уьш Ӏабади-Эдоман тӀаьхьенах схьаваьлла волу кхузткъе итт стаг вара.

9 Мишлам-ЯхӀун кӀентий а, вежарий а шайн гӀуллакх дан говза волу берхӀитта стаг вара.

10 Мерарихо волчу Хьосин кӀентий хӀорш бара: коьртаниг – Шимра (дуьххьарлера доьзалхо воццушехь, дас коьртаниг вина дӀахӀоттийнера иза), 11 шолгӀаниг – Хьалкхи-ЯхӀу, кхоалгӀаниг – ТӀабал-ЯхӀу, воьалгӀаниг – Закри-ЯхӀу. Хьосин берриг кӀентий а, вежарий а кхойтта стаг вара.

12 Шайн доьзалийн баьччанашка хьаьжжина, екъна йолчу гӀаролхойн оцу тобанашна, церан гергарчарна санна, тӀедиллинера Везачу Элан цӀийнан кертахь гӀуллакхаш дар. 13 Шайн доьзалшка хьаьжжина, цара жимачо а, воккхачо санна, кхаж тесира, хӀора кевнехь гӀарол дар хьанна кхочу хьожуш. 14 Иштта Шалам-ЯхӀун кхаж белира малхбалехьа долчу кевнехь гӀарол дан. Хьекъале хьехамча волчу цуьнан кӀантана Закри-ЯхӀуна а тесира кхаж. Цунна кхечира къилбаседехьарчу кевнехь гӀарол дар. 15 Ӏабади-Эдомна – къилбехьарчу кевнехь, ткъа цуьнан кӀенташна чӀоьнан цӀеношна ха дан кхаж белира. 16 Шупаймна а, Хьосина а – малхбузехьарчу кевнехь а, лакхарчу урамехь долчу Шалихат-кевнехь а гӀарол дан кхаж белира. ГӀаролхойн цхьана тобано вукху тобанна тӀаьхьа гӀарол дора. 17 Малхбалехьа – хӀора денна ялх левихо, къилбаседехьа – хӀора денна виъ, къилбехьа – виъ, чӀоьнан цӀеношкахь шишша левихо дӀахӀоттавора хӀора дийнахь. 18 Малхбузехьа йолчу кертана тӀебоьдучу некъа тӀехь – виъ, ткъа оцу кертахь ши левихо дӀахӀоттийра. 19 Иштта дара Кхорахьан а, Мерарин а тӀаьхьенан Везачу Элан цӀийнан кевнехь ха дан дӀахӀоттор.

Хазнаш Ӏалашйинарш

20 Ткъа церан вежарий болу левихой Делан цӀийнан хазна а, Далла гӀуллакх деш къастийна йолчу хӀуманийн хазна а ларъеш бара. 21 ГӀиршанан кӀентан ЛаӀданан тӀаьхьенан доьзалийн баьчча вара Яхьи-Эла. 22 Яхьи-Элан кӀентий хилира Зетам а, цуьнан ваша Юал а. Уьш Везачу Элан цӀийнан хазна ларъярна тӀехь куьйгалла деш бара.

23 Ӏамраман а, Ицхьаран а, Хьевронан а, Ӏузиалан а тӀаьхьенашна а дара тӀедехкина гӀуллакхаш.

24 Мусан кӀентан ГӀиршаман кӀант Шубиал хазнаш ларъеш болчийн коьрта тӀехьожург вара. 25 ГӀиршаман вешин ЭлиӀазаран кӀант вара Рехьаб-ЯхӀу. Рехьаб-ЯхӀун кӀант вара ЯшаӀ-ЯхӀу. Цуьнан кӀант вара Йорам. Йораман кӀант вара Зикра. Зикрин кӀант вара Шалумати. 26 Шалуматис а, цуьнан вежарша а Дауд-паччахьо а, доьзалийн баьччанаша а, тӀеман коьрта хьаькамаша а, тӀеман хьаькамаша а, эскаран кхиболчу куьйгалхоша а Далла дечу гӀуллакхна дӀакъастийна хӀуманаш чохь йолчу массо а хазнийн Ӏуналла дора. 27 Шаьш тӀамехь схьаяьккхинчу хӀонсах цхьа дакъа Везачу Элан цӀенна оьшучунна дӀакъастадора цара. 28 Шамъал-пайхамаро а, Къушин кӀанта Шаула а, Неран кӀанта Абунара а, Царуятан кӀанта Йоаба а Везачу Элана лерина дӀаделла массо хӀума а Шалуматин а, цуьнан вежарийн а карахь дара.

Кхечу левихошна тӀедехкина гӀуллакхаш

29 Ицхьаран тӀаьхьенах болу Ханан-ЯхӀу а, цуьнан кӀентий а билгалбехира Делан цӀийнан арахьара гӀуллакхаш дан. Уьш исраилхошна тӀехь сардалш а, кхелахой а бара.

30 Хьевронан тӀаьхьенах болчу Хьашби-ЯхӀус а, цуьнан вежарша а – говза волчу цхьа эзар ворхӀ бӀе стага – Йордан-хин малхбузехьа долчу Исраил-мехкан латтанашкахь Везачу Элана лерина а, паччахьна а массо а тайпана гӀуллакхаш дора. 31 Доьзалийн цӀераш дӀаязйинчу тептаршка хьаьжжина, Хьевронан тӀаьхьенах волу Яри-ЯхӀу хьевронхойн баьчча вара. Дауда паччахьалла до шовзткъалгӀа шо долуш тептарш толлура. Цу хенахь хьевронхошна юкъахь говза нах карийра ГалӀад-махкарчу ЯӀзир-гӀалахь. 32 Яри-ЯхӀун вежарий а говза нах бара. Уьш ши эзар ворхӀ бӀе стаг вара. Шайн доьзалшкахь баьччанаш бара уьш. Делан а, паччахьан а массо гӀуллакх а дойтуш, Раабанан а, Гадин а тайпанашна а, Маннашан ахтайпанна а тӀехь, коьртанаш а бина, дӀахӀиттийра Дауд-паччахьо уьш.

27

Эскаран дакъошна чохь долу низам

1 Доьзалийн баьччанаш а, тӀеман коьрта хьаькамаш а, тӀеман хьаькамаш а, церан ялхой а чубогӀучу исраилхойн тобанийн куьйгалхойн цӀераш иштта яра. Шеран хӀора баттахь эскаран цхьацца тобано паччахьна гӀуллакх дора, цуьнца доьзна долу массо а тайпа хӀуманаш кхочуш а деш. ХӀора тобанна чувогӀура ткъе виъ эзар стаг.

2 Дуьххьарлерчу баттахь хьалхарчу тобанна тӀехь куьйгалла дора Забдиалан кӀанта ЯшбаӀама. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара. 3 ЯшбаӀам Парасан тӀаьхьенах вара. Шеран хьалхарчу баттахь иза вара эскаран массо а хьаькамашна тӀехь коьртаниг.

4 ШолгӀачу баттахь гӀуллакх деш йолчу тобанна тӀехь куьйгалла дора ахьохьахо волчу Додис. Микхлута цунна гӀо дора. Додин тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

5 КхоалгӀачу баттахь эскаран кхоалгӀа хьаькам вара динан да волчу ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара, ткъа иза коьртаниг вара. 6 Иза вара майрачу ткъе итт тӀемалочунна юкъара схьакъастийна волу, царна тӀехь дӀахӀоттийна хьаькам. БенъяхӀун тобанна тӀехь куьйгалла дора цуьнан кӀанта Ӏами-Завада.

7 БоьалгӀачу баттахь – воьалгӀаниг вара Йоабан кӀант Ӏасаал. Цуьнан кӀанта Забди-ЯхӀус цул тӀаьхьа куьйгалла дира. ӀасахӀалан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

8 ПхоьалгӀачу баттахь – пхоьалгӀаниг вара израхьахо волу хьаькам ШамхӀути. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

9 ЙолхалгӀачу баттахь – йолхалгӀаниг вара такхоӀхо волчу Ӏакхешан кӀант Ӏира. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

10 ВорхӀалгӀачу баттахь – ворхӀалгӀаниг вара Эпрайман тӀаьхьенах волу пеланхо Хьелац. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

11 БорхӀалгӀачу баттахь – борхӀалгӀаниг вара Зерахьан тӀаьхьенах волу хьушатхо Субахи. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

12 УьссалгӀачу баттахь – уьссалгӀаниг вара Бен-Яманан тӀаьхьенах волу Ӏанатотхо Абу-Ӏезар. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

13 УьтталгӀачу баттахь – уьтталгӀаниг вара Зерахьан тӀаьхьенах волу натӀупатхо Махьран. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

14 ЦхьайтталгӀачу баттахь – цхьайтталгӀаниг вара Эпрайман тӀаьхьенах волу пӀарӀатунхо БенъяхӀу. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

15 ШуьйтталгӀачу баттахь шуьйтталгӀа хьаькам вара Ӏотниалан тӀаьхьенах волу натӀупатхо Хьелдай. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

Исраилхойн тайпанийн хьаькамаш

16 Исраилхойн тайпанашна тӀехь болу хьаькамаш хӀорш бара:

Раабанан тайпанан коьрта хьаькам вара Зикрин кӀант ЭлиӀазар;

ШимӀин коьрта хьаькам вара МаӀхин кӀант Шапат-ЯхӀу;

17 Левин тайпанан – Къамуалан кӀант Хьашби-ЯхӀу;

АхӀаронан тайпанан коьрта хьаькам вара ЦӀадукъа;

18 ЯхӀудан тайпанан – Даудан вежарех волу ЭлихӀу;

Иссарханан тайпанан – Микаалан кӀант Ӏумари вара;

19 Забулан тайпанан – Ӏабди-ЯхӀун кӀант ИшмаӀ-ЯхӀу;

Напталан тайпанан – Ӏазриалан кӀант Еримати вара;

20 Эпрайман тайпанан коьрта хьаькам Азаз-ЯхӀун кӀант ХӀушаӀ вара;

Маннашан ахтайпанан – Пади-ЯхӀун кӀант Юал;

21 ГалӀад-махкахь долчу Маннашан ахтайпанан – Закри-ЯхӀун кӀант Ида вара;

Бен-Яманан тайпанан – Абунаран кӀант ЯӀсаал;

22 Данан тайпанан – Ярохьаман кӀант Ӏазариал.

Уьш исраилхойн тайпанийн баьччанаш бара.

23- 27:23 Доладалар 15:5; 22:17; 26:4. Ткъа шо а, ткъа шарал лахара а хан ерш Дауда дӀа ца язбира, хӀунда аьлча Везачу Эло Ша, стигалара седарчий санна, Исраилан халкъ алсамдоккхур ду аьлла, ваӀда динера. 24- 27:24 Дауд 24:15; 1 Шерашкахь 21:1-14. Царуятан кӀанта Йоаба долийра халкъ дагардан, амма цо иза чекх ца даьккхира. И гӀуллакх дарна Дела оьгӀазваханера Исраилан халкъана, цундела цӀерийн терахь Дауд-паччахьан паччахьаллин гӀуллакхийн тептаран юкъа ца дахара.

Паччахьан долахь долчунна тӀехь урхалла дийраш

25 Паччахьан чӀоьнан цӀеношна тӀехь а урхалла дора Ӏадиалан кӀанта Ӏазмавата.

Ткъа кхашна тӀехь а, гӀаланашкахь а, ярташкахь а, бӀаьвнашкахь а тӀаьхьалонна дӀадиллинчу сурсаташна тӀехь а урхалла дора Ӏузи-ЯхӀун кӀанта ЯхӀунатас.

26 Латта лелош болчу аренийн белхалошна тӀехь урхалла дора Халубан кӀанта Ӏезрайс.

27 Кемсийн бошмашна тӀехь урхалла дора Рама-гӀаларчу ШамаӀис.

ЧагӀаран чӀоьнашкахь дӀадехкинчу сурсаташна тӀехь урхалла дора шипамхочо Завадис.

28 Малхбузехь долчу лаьмнийн когашкахь долчу зайт-дитташна а, комарийн дитташна а тӀехь урхалла дора гадирахо волчу БаӀал-Хьанана.

ТӀаьхьалонна дӀадиллина зайт-даьттан сурсатна тӀехь урхалла дора ЮӀаша.

29 Шарон-махкахь дажош долчу хьайбанашна тӀехь урхалла дора шаронхо волчу Шитрайс.

ТогӀешна чохь дажош долчу хьайбанашна тӀехь урхалла дора Ӏадлайн кӀанта Шаптис.

30 Эмкалшна тӀехь урхалла дора исмаьӀалхо волчу Овбила.

Варрашна тӀехь урхалла дора марунихо волчу Яхьди-ЯхӀус.

31 Жашна тӀехь урхалла дора хӀагирхо волчу Язиза.

И берриге а нах Дауд-паччахьан долахь долчунна тӀехь урхалхой бара.

Даудан хьехамчаш

32 Даудан гергара волу ЯхӀуната хьехамча вара. Иза, хьекъал а долуш, йоза хууш стаг вара. Ткъа Хьахманин кӀант Яхьиал паччахьан кӀентийн хьехархо вара. 33 Ахьи-Тупал а вара паччахьан хьехамча. Ӏаьркхихо волу Хьушай паччахьан къастийна хьехамча вара. 34 Ахьи-Тупалал тӀаьхьа паччахьан хьехамчаш бара БенъяхӀун кӀант ЯхӀу-ЯдаӀ а, Абу-ЯтӀари а. Ткъа Йоаб паччахьан эскаран хьаькам вара.

28

Дауд-паччахьо Делан цӀийнах бина хьехам

1 Дауд-паччахьо Исраил-мехкан берриге баьччанаш Ярушалайме схьагулбира: тайпанийн хьаькамаш а, паччахьна белхаш беш болу хьаькамаш а, тӀеман коьрта хьаькамаш а, тӀеман хьаькамаш а, паччахьан а, цуьнан кӀентийн а хьал а, даьхни а лардеш болу паччахьан уллоранаш а, берриге а майра турпалхой а, тӀемалой а.

2- 28:2-7 Дауд 7:1-16; 1 Шерашкахь 17:1-14. Хьала а гӀаьттина, Дауд-паччахьо элира: «ЛадогӀалаш соьга, сан вежарий а, сан халкъ а! Суна даггара лиира Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тӀорказ лардан меттиг кечъян. Суна лиира вайн Везачу Далла когийн кӀело хир йолу хӀара меттиг дӀанисъян. Аса Делан цӀа дӀахӀотто кечам бина. 3 Амма Дала элира соьга: „Дауд, ахьа ма хӀоттаде Суна лерина цӀа, хӀунда аьлча ахьа дукха тӀемаш а бина, цӀий а Ӏанийна“. 4 Исраилан халкъан Везачу Дала ЯхӀудан тӀаьхье хаьржира, цуьнга Исраилан халкъан шийтта тӀаьхьенна тӀехь олалла дайтархьама. Оцу тӀаьхьенна юкъара сан ден доьзал къастийнера Везачу Эло. Ткъа оцу доьзал юкъара со хаьржира Цо, гуттаренна а Исраил-мехкан паччахь вина дӀахӀотторхьама. Везачу Элана лиира сох Исраил-мехкан паччахь ван! 5 Везачу Эло дуккха а кӀентий белла суна. Оцу сан массо а кӀенташна юкъара Везачу Эло сан кӀант Сулим хаьржина паччахьан метте охьахао Везачу Эло Исраил-махкана тӀехь дечу паччахьаллехь.

6 Везачу Эло аьлла соьга: „Дауд, хьан кӀанта Сулима дӀахӀоттор ду Суна лерина долу цӀа а, цунна гонахара керт а. ХӀунда аьлча Аса, Сайн кӀант ву аьлла, Сулим хаьржина, ткъа Со цуьнан Да хир ву. 7 Нагахь Сулима хӀинццалц санна, кхидӀа а Сан дерриге а весеташ а, Сан хьехамаш а леррина кхочушбахь, Аса цуьнан паччахьалла чӀагӀдийр ду абаденналц“.

8 Ткъа хӀинца Везачу Эло хаьржина долчу, гулделлачу Исраилан халкъана хьалха, Везачу Элан гуламехь, вайн Далла дӀа а хозуьйтуш, ас боху: „Шайн Везачу Делан дерриге а весеташ леррина кхочушде. ТӀаккха далур ду шуьга кху хьаналчу лаьтта тӀехь олалла, и латта хаддаза шайн тӀаьхьенера тӀаьхьене дӀа а луш“.

9 Ткъа хьуна, сан кӀант Сулим, вовзийла хьайн ден Дела. Хьайн доллучу синца а, доггах а Далла гӀуллакх де, хӀунда аьлча Везачу Элана хаьа хӀораннан а даг чохь дерг а, цуьнан ойланаш а евза Цунна. Нагахь ахьа Веза Эла лахахь, Цо Ша каравойтур ву хьуна. Амма Шегахьара Хьо дӀаверзахь, Везачу Эло гуттаренна а дӀатосур ву хьо. 10 Сулим, хьо кхета веза, Везачу Эло Шен сийлахь-еза меттиг, Шен цӀа, дӀахӀотто хьо хаьржина хиларх. ЧӀагӀлой, и гӀуллакх чекхдаккха».

11 Цул тӀаьхьа Везачу Элана дӀахӀотто дезачу цӀийнан дехкина суьрташ тӀехь долу кехаташ дӀаделира Дауда шен кӀанте Сулиме. Оцу кехаташна тӀехь Везачу Элан цӀенна гонах хир йолчу чоьнийн, кертахь хир йолчу гӀишлойн, цуьнан чоьн-цӀенойн, тӀехула хир йолчу а, чухула хир йолчу а чоьнийн, адамаш къинойх цӀандеш хир йолчу меттиган дехкина суьрташ дара. 12 Иштта Дауда Сулиме делира шен даг чохь мел долчун хӀоттийна долу сурт. Цу юкъахь дара Везачу Элан цӀийнан гонах хир йолчу кертийн а, гонах хир йолчу массо а чоьнийн а, Делан цӀийнан хазнин а, Далла гӀуллакх деш къастийна йолчу хӀуманийн хазнин а хӀоттийна долу суьрташ. 13 Дауда динан дайн а, левихойн а тобанех лаьцна а, Везачу Элан ЦӀа чохь а, кертахь а кхочушдан дезачу гӀуллакхех лаьцна а, и гӀуллакх деш лело езачу массо а хӀуманех лаьцна дерриге дӀадийцира Сулиме. 14 Иштта Везачу Элан цӀа чохь гӀуллакх деш лелош хир йолчу хӀуманашна деши а, дети а мел дезар ду а дийцира Дауда Сулиме. 15 Оцу кехаташна тӀехь билгалдаьккхина дара мел деши а, дети а дезар ду шайн кӀелхӀотторгашца йолчу тайп-тайпанчу чиркхаш чухӀотторгашна а, иштта шен кӀелхӀотторгаца йолу хӀора чӀурам-чиркх чухӀотторгана а, шен-шен Ӏалашонна лело езаш йолчу. 16 ТӀаккха Дауд-паччахьо дийцира, деза бепиг тӀехӀоттош йолчу дешин стоьлана деши мел дезар ду. Иштта детин стоьлаш еш дети мел дезар ду а. 17 Иштта, Дауда дийцира, цӀена деши мел дезар ду, мӀерий, кедаш, боганаш деш. Цо дийцира, деши мел дезар ду, хӀора дашо хедар деш, я хӀора дато хедар деш. 18 Дауда дийцира, деши мел дезар ду, сагӀа доккхуш хаза хьожа йогӀу хӀуманаш тӀехь ягош болу кхерч беш. Кхин а Дауда делира Сулиме Далла лерина кечйинчу меттиган деших дан дезачу Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долчу тӀорказна тӀехула, шайн тӀемаш дӀаса а дахийтина, лаьтташ долчу маликашна гӀудалкх муха ян еза гойту сурт а. 19 Дауда элира: «И аса йийцина Ӏалашонаш Везачу Элан куьйгаллица дӀаязйина яра. Везачу Эло гӀо дира суна оцу ерриге Ӏалашонех кхета».

20 Иштта, шен кӀанте Сулиме Дауд-паччахьо кхин а элира: «Нуьцкъала а, доьналла долуш а хилий, дӀадоладе и гӀуллакх. Хьо кхера а ма ло, цец а ма вала, хӀунда аьлча сан Веза Дела хьоьца ву. Иза юхавер вац хьох, Цо вуьтур вац хьо, Везачу Элан цӀа дӀахӀоттош ахь дан деза гӀуллакхаш дерриге дина чекхдовллалц. 21 Ткъа динан дайн а, левихойн а тобанаш кийча ю Делан цӀа чохь бан беза муьлхха а болх бан. ХӀора шен гӀуллакхан говзанча а кийча ву хьуна оцу гӀуллакхна тӀехь гӀо лаца. Хьаькамаш а, дерриг халкъ а кийча ду хьан муьлхха а омра кхочушдан».

29

Делан цӀенна елла хазна

1- 29:1, 2 1 Шерашкахь 22:5. ТӀаккха гулбеллачу массаьрга а Дауд-паччахьо элира: «Дала шуна юкъара хаьржина сан кӀант Сулим. Иза къона а, гӀорасиза а ву, ткъа хӀара гӀуллакх сийлахь-деза ду. ХӀунда аьлча хӀара гӀишло адамашна еш яц, иза вайн Везачу Далла еш ю. 2 Сайн боллучу ницкъаца кечдира аса сайн Делан цӀенна дашо хӀуманаш яйта деши а, дато хӀуманаш ян дети а, цӀестан хӀуманаш ян цӀаста а, эчиган хӀуманаш ян эчиг а, дечиган хӀуманаш ян дечиг а, оникс олуш долу деза тӀулгаш а, юкъадохку деза тӀулгаш а, бес-бесара хаза тӀулгаш а, массо тайпа деза тӀулгаш а, алссам шагатӀулг а. 3 Сайн долахь йолу кхин а цхьа хазна а ю сан, шена чохь деши а, дети а долуш. Иза а Делан цӀийне болчу сайн безамна Делан цӀенна дӀало аса, айса оцу дезачу цӀенна кечдина долчул а сов. 4 Апар-махкара деана долу ши эзар пунт цӀена деши а, ейтта эзар пунт цӀена дети а делла аса Делан цӀийнан чуьра пенашна тӀе диллийта. 5 Оцу деших а, детих а дакъа делла ас говза куьйгаш долчу адамашка массо а тайпана дашо а, дато а хӀуманаш яйта. Кхин цхьанна а лаьий те тахана Везачу Элана сагӀа дан?»

6 ТӀаккха доьзалийн тхьамданаша а, Исраилан халкъан тайпанийн баьччанаша а, тӀеман коьртачу хьаькамаша а, тӀеман хьаькамаша а, паччахьна белхаш беш болчийн хьаькамаша а шайн даггара сагӀа деара. 7 Цара а делира Делан цӀа дӀахӀотторна итт эзар пунт дашо ахча а, итт эзар дарик олу дашо ахча а, ткъа эзар пунт дети а, иштта цӀестан ахча а – ткъе ялхитта эзар пунт, ши бӀе эзар пунт эчиг а. 8 ТӀаккха наха шайгахь нисделла деза тӀулгаш а делира Везачу Элан цӀийнан хазни чу дахкийтархьама. Уьш гӀиршанхо волчу Яхьиалан кара дӀаделира цара. 9 Массо а тайпана сагӀина хӀума еанчу оцу наха шайн даггара а, боккхачу лаамца а Везачу Элана сагӀа дарна, хазахеттера халкъана. Иштта чӀогӀа хазахетта вара Дауд-паччахь а.

Дауд-паччахьан хаза доӀа

10 ТӀаккха гуламе гулбеллачу массарна а хьалха, Веза Эла декъалвеш, Дауд-паччахьо элира: «Азалера абаденналц декъала ву Хьо, Веза Эла, тхан ден Исраилан Дела. 11- 29:11 Маттай 6:13. Хьоьца ду, Веза Эла, возалла а, нуьцкъалалла а, сийлалла а, толам а, инзаре хазалла а. Стигалшкахь а, лаьттахь а мел дерг Хьан ду. Хьан ду, Веза Эла, паччахьалла а. Хьо ву массо а хӀуманан Коьртаниг. 12 Хьоьгара ду хьал а, сийлалла а, Ахьа до олалла массо а хӀуманна тӀехь. Хьан карахь ду нуьцкъалалла а, чӀагӀо а. Хьан олаллехь ду милла а вазвар а, чӀагӀвар а. 13 ХӀинца оха, тхан Дела, хастаме дешнаш олу Хьуна, Хьан сийлахь-еза цӀе а хастайо оха.

14 Ткъа тхо муьлш ду: я со а, я сан халкъ а, иштта Хьуна сагӀа дан таро хилла долу? Иза-м ша дерриге а Хьоьгара ма ду. Хьан карара тхаьш схьаэцнарг Хьуна дӀа а делла оха. 15 ХӀунда аьлча Хьуна хьалха хан яккха даьхкинарш ду тхо, кхелхина лелаш долу, тхайн хилла болу дай санна. ДӀадолуш долу ӀиндагӀ санна, ду тхан кху лаьттара денош, тӀаьхьало йолуш хӀумма а дац кхузахь. 16 Тхан Веза Дела! ХӀара Хьуна дийр долчу цӀенна, Хьан сийлахь-езачу цӀарна, оха кеч мел дина хӀума Хьан карара ду, дерриге а Хьан ду. 17 Хаьа суна, сан Дела, Ахьа тхан дегнаш зуьйш хилар а, Хьуна цӀена дегнаш дезаш хилар а. Аса и дерриге а сайн цӀеначу даггара сагӀина деана. Ткъа хӀинца кхузахь долчу халкъо хазахетарца Хьуна сагӀа дар го суна. 18 Веза Эла, тхан дай болчу ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Исраилан а Дела! ХӀара Хьан халкъан дӀанисъелла йолу деган ойланаш а, хӀара дика а Ӏалашдехьа гуттаренна а. Хьайгахьа дерзадехьа хӀокху халкъан дегнаш. 19 Ткъа сан кӀантана Сулимна а лохьа Ахьа цӀена дог, Хьан весеташ кхочушдан а, Айхьа дӀадоьллун дерг а, Хьан хьехамаш а, уьш дерриге а кхочушдан а, ас кечбинчу гӀирсах ян еза гӀишло ян а».

20 ТӀаккха Дауд-паччахьо гулбеллачаьрга элира: «ХӀинца декъалве аша вайн Веза Дела!» ТӀаккха оцу гулбеллачу массара а декъалвира шайн Веза Дела, цул тӀаьхьа, гора а хӀиттина, охьатаьӀира уьш Везачу Элана а, паччахьна а.

Сулимах паччахь хуьлу

21 Ткъа шолгӀачу дийнахь халкъо Везачу Элана сагӀина деана дийнаташ дайира. Цара дийнаташ дагоран сагӀанаш а дохура. Цу сагӀина юкъа деара: эзар эса а, эзар уьстагӀ а, эзар Ӏахар а, чагӀаран сагӀанаш а. Иштта, Исраил-мехкан дерриге а халкъо сагӀина еана кхин дуккха а хӀума яра. 22 ТӀаккха Везачу Элана хьалха чӀогӀа хазахетарца юуш, молуш дара халкъ.

Цул тӀаьхьа Дауд-паччахьан кӀант Сулим шозлагӀа а паччахь хӀотторна къобалвира. Иштта, Везачу Элана хьалха Сулим къобалвира паччахьалла дарна, ткъа ЦӀадукъа динан да хилийта къобалвира. 23 Иштта, Везачу Элана хьалха, шен ден Дауд-паччахьан метта, паччахь хилла, охьахиира Сулим. Сулим-паччахь декъал хилира, Исраил-мехкан дерриге а халкъ цунна муьтӀахь дара. - 29:23 Шамъал 2:12. 24 Массо хьаькамаш а, тӀемалой а, Дауд-паччахьан берриге кӀентий а Сулим-паччахьан куьйга кӀел бахара. 25 Иштта, Исраил-мехкан дерриге а халкъана хьалха Везачу Эло Сулим вазвира. Паччахьан хуьлу сийлалла делира цунна Везачу Эло, Исраил-мехкан цхьанна а паччахьан ца хиллачу тайпана.

Дауд-паччахьан дӀакхалхар

26 Юшайн кӀанта, Дауд-паччахьо, олалла дина берриге а Исраил-махкана тӀехь. 27- 29:27 Дауд 5:4, 5; 1 Шерашкахь 3:4. Дауд-паччахьо Исраил-махкахь олалла дина хан шовзткъа шо яра. Хьевронехь – ворхӀ шарахь, ткъа Ярушалаймехь ткъе кхойтта шарахь паччахьалла дира Дауда. 28 ТӀаккха шортта хиллачу хьолах, сийлаллех вуьзна, дикка дуьне диъна, хан яьлла стаг волуш дӀакхелхира Дауд-паччахь. Цуьнан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Сулим. 29 Дауд-паччахьан юьхьанца дуьйна тӀаьххьалц а хиллачу гӀуллакхех лаьцна яздина ду Делера долу хиндерг гуш хиллачу Шамъалан йозанаш тӀехь а, Ната-пайхамаран а, Делера дерг гуш волчу Гада-пайхамаран а йозанаш тӀехь а. 30 Иштта, Дауда динчу паччахьаллех а, цуьнан доьналлех а, цуьнан шен а, Исраил-мехкан хиллачу гӀуллакхех а, гонах хиллачу кхечу пачхьалкхех а лаьцна хӀуманаш яздина ду оцу йозанийн тептарш тӀехь.